Букар хьаьвзина воьду некъахо, ураман некъаш къаьстачохь йа морзахдовлучохь соций, шен дегI а нисдой, гонаха бIаьрг бетташ, цхьана ханна хIуттий лаьттара, тIаккха, доккха са а доккхий, шен ги тесначу стоммачу гатанан тIоьрмиган доьхкарш белшашкахь нисдой, меллаша дIаволалора. Йуьрта йуккъе мел гIоьрти, лагIлора цуьнан болар, сецар а дукха хуьлура.

Эвла йуккъерчу рузбанан маьждигна тIенисвелча, буйна къевлинчу хьозанан санна, чехка тохаделира цуьнан дог. Говзачу куьйгаша цистина тIулг нийса хьажош доьттина хIара маьждиг а, лаккха хьалайахана момсар а бодашкахь лехнера цо, ша йуьртана герга гIоьртича. Амма бIаьрса гIелделлачу цунна генара ца гира уьш, ша царна тIеIоттаваллалц.

Маьждиган майданара дIасадоьлхучу некъашка бIаьрг а тоьхна, тIаккха дуккха а тилавелла леллачул тIаьхьа некъ карийнчу стагах тера, цIеххьана ша лаьттачуьра меттахваьлла, царах цхьана новкъа дIаволавелира иза.

Шина aгIop тIекхозаделлачу бIарийн дерзинчу дитташна кIелхула болчу урамехула хьалавоьду некъахо, цхьа-ши бIе гIулч дIавахча, гу тIехь хIоттийнчу шина чуртана тIекхаьчча, жимма сецира. Кошан барз боцу уллохь долу и ши чурт Сибрехь йа Хонкарахь докъаза байначеран безамна доьгIна хила тарлора. Царах цхьаннах букъ а товжийна, вехха лаьттира некъахо. Кхузара дIа цунна, керайуккъехь Iуьллуш санна, шера гора йерриг а йурт. Генна, лаха чуьра схьа, къорра хезара чехкачу Яьссин гIовгIа. Дехьо йуккъехь цхьа нIаьна кхайкхира. Дукха хан йалале шозлагIа декачу котаман гIовгIано дуьзира xIaваъ.

«ХIокху йуьртахь, и гIийла серлонаш къегачу цхьана цIенош чохь, бийшина Iохкуш хир бу сан кIентий. Айза а… КIентийн бераш а…» – ойла йира цо.

Некъахочун дог тохаделира, кхоьлина йуьхь гIийлла йекхайелира, кIадделлачу дегIе цIеххьана ницкъ беара.

Чехкка волавелла, Iинца хьала а вахана, лакха маьIIехь, бIарийн къеначу дитташна кIел, сецира иза. Гонаха керт йоцуш, дIатесна беш гича, тIепаза дайра масех минот хьалха цуьнан даг чу иккхина воккхавер. Леррина гонаха дIаса а хьоьжуш, бодашкахь цхьа хIума лоьхура цо. Цуьнан сецар а, лелар а дегIах цIе хьаьрчина хьийзачу адамах тарлора.

Дуккха а иддачул тIаьхьа бешан малхбузе маьIIехь лаьттах дикка хьалаайбелла къаьстачу борза тIехь сецира иза. И барз мацах цкъа кхузахь хиллачу цIенойх йисина херцораш йара.

Оцу борза тIе а хIоьттина, гонаха гIийлла бIаьрг беттара цо. Амма цунна ца карадора ша лоьхург, шен доьхначу дагна там беш цхьа а билгало. Цхьаьннан чIир кхобуш санна, гIайгIане цуьнга хьуьйсура наха генаш хедийна, заьIап дина бIарийн къена дитташ. ЦIенойн херцорех хIоьттина барз а, гонаха кертан хIоз боцу xIapa беш а дIатийсинчу ширчу кешнех тера хетара. Муьлххачу стеган даг тIе сингаттам тосур болуш дара хIинца цунна гуш долу сурт.

Дийнан серлонехь некъахочуьнга хьажначунна гyp дара цуьнан аьтту бIаьрган цIоцкъамна тIехула ирачу герзо йинчу чевнах бисина беха цIен муо, кIез-кIезиг кIайлуш, кийра хьаьвзинчу, цунна шений бен ца хуучу балано кхохкийна бIаьргаш, йего чIениг.

Некъахочо, стигала хьала а хьаьжна, сийна пхенаш тIедевлла озий куьйгаш хьалалецира.

– ХIай тхан ницкъ болу, къинхетаме, сийлахь Дела! Хьуна хаьа-кх ненан кийрара дуьнен чу ваьлчахьана ас лайна халонаш, баланаш. Къанвелла, дегIера ницкъ а эшна, со кIелвисинчу хенахь, ас хIинццалц лайна халонаш, баланаш бицбеш, керлачаьрца со зен воллу-те Хьо? Мичахь бу-те ткъе берхIитта шо хьалха ас кхузахь битина сан доьзал? Йиша-вешех а, доьзалх а ваьлла, цIа-цIе а доцуш, къанвеллачу хенахь, гIаж санна, цхьалха висина со гуш ву-кх Хьуна. Со хьанна хьашт хир ву-те, со хьан тIелоцур ву-те? Йалхитта шарахь тIеман цIергахула со чекхвуьйлучу хенахь Ахь Iожалла йинехьара сан… Хонкаран махкахь вешина уллохь Ахь Iожалла йинехьара сан… Йа генарчу, шийлачу Сибрехь, сан накъостийн санна, сан Iожалла хилийтинехьара Ахь… Нагахь санна керла, тIе а къаьхьа баланаш Iийша Ахь со ларвинехь, тховса Iожалла лохьа суна, xIaй ницкъ болу Дела…

Мохь тоьхна цо болийна кхайкхам, тIаьхь-тIаьхьа лахлуш, шабаре белира. Кхохкийнчу бIаьргаш чуьра йуьхьанца къорра ледда хиш, дуьхьало хаьдча санна, хeцаделира. Хеталора, цуьнан xIopa дош, къамкъаргехь кхехкаш, дуьхьалонаш кегъеш, арадолу. Воккха стага кхойкхура. Мохь бетташ а, шабаршца а, дукхахдерг бIаьргашца дехарш деш а. Амма цуьнан кхайкхамна жоп ца хезара. Воккха стаг дIатийра, амма ца тийнера цуьнан кийрахь хьере деттало дог. Иза десташ, эккха доллуш санна хетаделла, некхах катуьйхира цо.

Цунна шен кийрара кхагаран хьожа йогIура. Иза воьлхура. Воьлхура, шена гонаха дерг а, ша дуьненахь хилар а дицделла. Иза хIинца ойланца генна бералле дIаваханера.

БIаьрхиша дуьхьал бода хIоттийнчу цуьнан бIаьргашна хьалхахула, хино текхо чалх санна, цхьацца-шишша дуьйлуш, чекхдуьйлура цуьнан дахаран ирча, къаьхьа денош…


2


…Кхузткъе кхойтта шо хьалха кхузахь, хIинца иза тIехиъна Iен пенийн херцорийн барз болчохь, тIе латта тесна тхов а болуш, лохачу, кегийчу цIенойн мискачу хIусамашкахь бехара цуьнан ден Абубакаран жима доьзал.

Амма хIетахь дуьнена валазчу Iелина ца доьгIнера шен да а, иза чохь ваьхна цIенош а ган. Iаьржа Iожалла йохьуш, нохчийн йарташ сийначу цIарах йагош, Яьссица хьалаволавеллачу инарлин Розенан йаккхийчу тоьпийн татано цхьана дийнахь дохийра гатийуьртахойн машаре дахар. Iелина ца хезира оцу йаккхийчу тоьпийн хIоьънаша йурт отуш, цIеран меттанаша цIенош хьерчош а, ца хезира цIеххьана оцу къематдийно хьере динчу дохнан акха Iехар а, жIаьлийн yгIap а, ца гира урамашкахула Iохкучу декъашна кIелхула йуьйлаелла цIийн Iовраш а. Цунна ца хаьара хIумма а. Иза оцу дийнахь шен ненан кийрахь вара, ткъа цуьнан нана йуьртарчу кхечу зударшца, берашца цхьаьна, оцу къематдийнах йедда, цу орцахь, йуькъачу хьаннийн хотийн кIоргехь лечкъина Iapa. Ненан кийрахь Iуьллучу цунна ца хаьара шен да а, дейтта шо долу ваша Лоьма а йогучу йуьртахь мостагIех леташ вуйла а, ткъа и шен нана, пхи шо кхаьчна Аьрзуй, цул йоккха ши йоIIий мара а къуьйлуш, важа зударий санна, йуьрта са а диллина Iаш йуйла.

Цул тIаьхьа масех шо даьлча бен ца хиира, оцу буса байъинчеран декъий дохьуш, орца йухабевллачу йуьртахоша майрачун дакъа а, чов хилла Лоьма а шена хьалха охьавиллича, шийла мохь баьлла охьайоьжначу нанас ша хеназа дуьнен чу ваккхар. Берзан кIеза санна, шен дуьнен чу валар акхачу хьуьна чохь, Iаьржачу буса хилар. И дерриг а тIаьхьа хиира цунна. Декъаза хилла цуьнан дуьнен чу волу буьйса. Йистйоцуш йеха, Iаьржа буьйса хилла дIайахана цул тIаьхьа цо дуьненахь йаьккхина хан а.

Iела тIехиъна Iачу борзан шиний aгIop кхин а ши барз бу. Царах цхьаъ атта къаьсташ, лаьттах дикка айабелла, ткъа важа лаьттаца дIашарбала гергабахана, халла къаьста. Цигахь динера церан доьзало хIетахь шайн дагийнчеран метта керла цIенош. Цул тIаьхьа дейтта шо даьлча, и цIенош лардеш вийра IелагIарна ден метта висина Лоьма. Оцу дийнахь оьрсийн эскаро цIеххьана динчу тIелатаро эрчонийн теш ша а хилира Iела.

И де Iелина гуттаренна а даг чохь дисира. Оцу дийнахь байъинчеран декъий наха дIадухкуш, иза ша а вара кешнашкахь. Декъий бармахь цига кхехьа божарий ца тоьура. Уьш ворданашкахь кхоьхьура. Дийна бисинчара лаьтте дIалора шайн байъина дай, наной, йижарий, вежарий, кIентий, йоIарий. ХIетталц беса лаьттинчу сийначу бай тIехь оцу цхьана дийнахь бIе сов кошан барз хIоьттира…

Иза тIаххьара де дацара буьрсачу тIеман. Дуьненарчу йаккхийчу пачхьалкхех йоккханиг, нуьцкъалчу пачхьалкхашна йукъахь а нуьцкъала, къизачарна йукъахь а къиза пачхьалкх шен берриг а ницкъашца жимачу нохчийн халкъан жимачу махка гIертара.

Жимачу халкъо шен маршонехьа къуьйсура. Вийначу ден метта кIант, вешин метта ваша дIахIуттура. Лоьмин метта дIахIоьттира Аьрзу а, Iела а. Оцу дийнахь дуьйна йукъахдихкинчуьра герзаш дIа ца достуш, говран нуьйрара ца вуссуш, бовха кхача а биъна, тхов кIел кIедачу метта охьавижа аьтто ца хуьлуш, дIайахара Iелин къона хан. Уьш дера летара шайн а, шайн дуьхьалончийн а цIий Iеночу оцу акхачу тIамехь. Гора-йаI, ма ца лаьара царна адамана тур-шаьлта тухийла, цхьаьннан а нана, йиша йоьлхийла! Пайда барий ткъа, царна цалаарх? Шайн догIмаш, синош, шайн доьзалш, йарташ, даймокх къизачу мостагIех лардан дезара церан.

IелагIар а ма дара адамаш. Машаре, маьрша даха лууш. Дена-нанна бераш а, берашна да-нана а дезара, кIенташна мехкарий а, мехкаршна кIентий а безара, машаре, маьрша, ирсе дахар а дезара, цуьнга са а туьйсура. Гобаьккхина тIом, оцу тIеман эрчонаш йелахь а, Iелина а йезаеллера шайн йуьртара Айза. Цаьршимма сатуьйсура тIом чекхбаларе, цхьаьнакхета, безамах марзо а оьцуш, маьрша, машаре, ирсе даха. Сатуьйсура, ши сту а боьжна, дечган нахарца шайн ирзо аха, цхьа йетт а нисбина, къен оти а денйина, шайн доьзал болоре. Амма церан сатийсар кхочушхила гена дара, тIеман чаккхе гуш йацара.

…Шемал тIелоцуш, нохчашна моьттура тIом сихха чекхбер бу, оьрсийн эскарех Нохчийчоь цIанйинчул тIаьхьа шаьш Шемал ДегIастана цIехьа эккхор ву, тIаккха шаьш, хьалха санна, машаре, маьрша дехар ду. Амма тIом ткъа шарахь бахбелира. Халкъ къиза хьийзадора: цхьана агIор – Шемалан наибаша, вукху агIор – паччахьан инарлаша. Оцу шиний агIорхьарчарна дуьхьало йеш, шайн маршо ларйан гIиртира нохчий тIеман тIаьхьарчу итт шарахь. Амма кхидIа дуьхьало йан ницкъ бацара церан. Паччахьан эскарша нохчийн тIаьххьара йурт, Ведана, дIалоцуш, ткъе ворхI шо дара Iелин. ХIетале а, оцу дийнахь а нохчийн дуккха а наибаша дIатесира Шемал. Бакъду, Шемал ша а ведира, Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а дIа а тесна, шен са дадийна ДегIастана. Веккъа цхьана бенойн БойсагIара дIа ца тесира имам. БойсагIарца цхьаьна суьйлийн лаьмнашка бахара цхьакIеззиг нохчий. Цаьрца вара Аьрзу а, Iела а, Маккхал а.

Шемал Барятинскийна йийсаре воьдучу дийнахь, БойсагIаьрца цхьаьна оьрсийн эскарийн кхолха гонна йукъара довлуш, мостагIчун туьро йинчу чевнан муо бара Iелин хьаьжа тIехь бисинарг.

Чим беш, йагийна йарташ йуьтуш, хийла доьзал байлахь буьтуш, хийла да-нана доьзалх къастош, дийна бисинчарна цкъа а дицлур доцу ирча сурт хIоттийна чекхбелира и иттаннаш шерашкахь бахбелла къиза тIом. Цо лаьхкина лелийна, гIелбелла нах йохийна шайн йарташ меттахIитто буьйлира. Масех шарахь вовшех хьегначул тIаьхьа цхьаьнакхета аьтто хилира Iелин а, Айзин а. Къоначу шиммо, кIад ца луш, къахьоьгура шаьшшиннан бахам кхолла гIерташ. Мацах шайн ден цIенош хиллачохь цхьа миска лаппагIаш хIиттийра. ЦIа чохь цхьана маьIIехь пенаца терхешна тIехIоттийна дечиган а, кхийра а масех пхьегIа а, цIенкъа тесна ши кхакха а, тиша истанг а, сийначу боьзан тIетухургаш йолуш, тIергIан кенашца дуьзна ши йургIа а, цхьа гIайба а. НеIаран сонехь кохьар а, цунна уллохь чохь цхьа гирда хьаьжкIаш йолуш йоманаш летийна гали а. Иза бара цаьршиннан берриг а бахам. Амма и шиъ хьега, кхин тоьлла бахам болуш цхьа а доьзал бацара Гати-Юьртахь. И шиъ цхьаьнакхетча, ловзар-м хьехочохь а дацара, атталла кегийрхой цхьаьнакхетта синкъерам а ца хилира. Цаьршинна совгIаташ дохьуш йуьртахой а, гергарнаш а ца баьхкира. И гIиллакхаш цкъа а ца хилча санна, моллас мах а бина, тийна-таьIна дIадерзийра.

Шайгахь мел къелла йелахь а, шаьшшиннал ирсе адамаш дуьненахь а дац, моьттура цаьршинна. Халонаш, оьшург алсам мел хуьлу, чIагIлора цаьршинна йуккъера безам. Амма иза цхьа йоца, гена гIур йоцуш йукъ йара. Мецачу барзах тера, бага а гIаттийна, тIегIертачу мацаллей, къеллей дIахьажа ца лууш, шаьш шайн Iехо гIерташ, цаьршиммо токху денош а чекхдевлира.

Гора-йаI, ма атта дара бIаьргашна гуш, дуьхьал волчу мостагIчуьнца герз карахь лата а, къийса а, вала а. Амма муха къийса деза мацаллица? Муха йицйан йеза дайшкара схьа лаьттина маршо, муха лан деза лан ца Iемина хIокху Iазапан, лоллин дукъ?

Иштта вехачул-м, хIокху дуьненара велла дIавалар гIоли ма йу, бохура хIораммо а ша-шега. Иза олий, гIоттура хIора а паччахьан Iедална дуьхьал, амма церан некъ йа тангIалкхашна тIе, йа Сибрех хуьлура. Ирхъоьллира къена БойсагIар а, Сибрех вахийтира къена Iумма а, Атаби а. Iедало, шен аьттоне хьожжий, дIасалоьхкура йарташ. Дуьйцура, нохчий гIебартойн махкий, Теркал дехьа гIалагIазкхашна йукъий кхалхийна, нохчашкара мохк дIабоккхур бу, нохчий керста дине берзор бу бохуш. Нохчийчоь сийсош оьрсийн эскарш лаьттара. ТIаккха цхьа нах буьйлабелира йарташкахула, нахе, шаьш керста дине дерзадале, бусалба динна маршо йоцчу хIокху махкара дIа а довлий, бусалба динна маршо йолчу, шайн бусалба вежарий болчу Хонкара махка дIагIо, цигахь бен карор йац шуна маршо, цигахь бен хир бац шуна синтем, цигахь йу дуьненан йалсамане бохуш.

Иттаннаш шерашкахь лаьттинчу тIамо чIанабаьхна, мацаллой, къеллой бIарзбина, кхана шайна тIе хIун керла баланаш, бохамаш богIур бу ца хууш, бIарзбелла хьийза цхьаболу нах, оцу эладитанех а тешна, Хонкара кхелхира. Аьрзу, Чора, Iела а вахара уггар хьалха новкъа бовлучаьрца. ХIорш кхуьй а кхелхина ца ваханера.

Хонкаран паччахьо нохчий шен махка дIакхойкху, цига дIабаьхкина нохчий, дика бахамаш тарбина, баха ховшор бу бохуш, цхьана наха кхузахь даржийна хабарш бух болуш дуй-те, цига хьалха дIабоьлху нах туркоша тIеэцар а, дIатарбар а муха хили-те, тIаьхьа цига кхалха ойла йолу нах совцо беза-те, йа дIакхалха бита беза-те аьлла, Хонкарахь долу хьал хаа Аьрзу а, Чора а цига хьажийра Нохчмехкан тхьамданаша. Цхьаъ бен воцу ваша гена, хийрачу махка ша ца вахийта, Iела а вахара цаьршинца.

Йуьхьанца Iелина а, цхьанна а ца хаьара нохчашна йукъахь и эладитанаш лелош болу нохчий паччахьан Iедало хIирийн Мусехула ахчанах эцна нах буйла а, нохчийн цига кхалхар оьрсийн а, туркойн а паччахьашна чIогIа лууш хиллийла а, дуьнен чохь цхьаннахьа а нийсо цахилар а. БIарзбелла нах тийшира оцу нехан мотт-эладитанех.

Iелина дагадеара 1865-чу шеран бIаьста, салтийн ха улло а хIоттийна, кхелхачеран хьалхара тоба туркойн дозанашка йигар. ТIаьхьа тIекхелхарш Хонкара дIакхаьчча, Муш, Эрзерум, Эрзинган шахьаршна гонаха пхи эзар нохчийн доьзал гулбелира. Цигахь йалх бутт хан текхира цара. КIелхIитта тхов а боцуш, йерзинчу стигала кIел. Мацалло гIелбинера мухIажарш, тайп-тайпанчу цамгарша хIора дийнахь бIе, ши бIе стаг дIахьора. Мацалла бIарзбелла нах талораш дан шозза Муш шахьарна тIелетира. Шаьш Iехийнийла хиъначу нохчаша даймахка цIа берза сацам бира. Шаьш даймахка цIа берзийтар доьхуш, Кавказан сардале кехат йаздира цара. Сардало и дехар йухатоьхча, туркойн а, оьрсийн а Iедалийн бертаза даймахка цIа берза новкъа бевлира уьш. Iелина хьалха хIоьттира хIетахь туркойн-оьрсийн дозане кхаьчначу ши эзар йалх бIе нохчочун сурт. Зударий, бераш, къенанаш. Чохь синош ду аьлча, стаг хала тешар волуш, беснаш мажделла, даьIахкаш тIе а йевлла, адамаш аьлча а, адамийн чархаш. Шаьш Россин дозане кхачар а, цигахь, туркойн эскарша шайна тIе йаккхий тоьпаш йетташ, хIоьттина сурт а. Оцу дийнахь туркойн эпсаро тапча тоьхна вийра Iелин цхьаъ бен воцу ваша Аьрзу…


3


Шен ойланашца хьалха дIадахана шовзткъа шо листина, хIинца йуха а тховсалерчу буьйсанга вирзинчу Iелин бIаьргех мела хи хьаьдира, легашка шад хIоьттира. Аьрзу вийна де дара цуьнан дахарехь уггар доьхна де. Дагабаьхкира кхузахь тIаьххьара сахьт тIехIотталц шеца даймехкан маршонехьа къийсина, Хонкарахь шеца йерриг а халонаш лайна бIаьхаллин накъостий: самукъане, амма дарвелча лоьмах тарло Мовла а, гIийла-миска, амма майра, тешаме МIаьчиг а, даим буьрса, амма догдика Къосам а, мискачеран молла, хьекъале, оьзда, майра, доьналле Маккхал а. Мел дукха бара уьш, хIокху декъазчу Нохчийчоьнан майра, тешаме кIентий.

ХIун хилла-те шух? Генарчу даймахке кхойкхуш, хийрачу Хонкарахь мацалла делла-те шу, йа, хIетахь санна, дай баьхначу лаьтте, лаьмнашка, шайн халкъе сатуьйсуш лела-те шу цигахь?

Амма дуккха а халонаш эшош, новкъахь лечкъаш, цIа вирзинчу Iелин а ца хилира шен доьзалца маьрша, машаре ваха аьтто. Иза цIа веана шо а кхачале, керлачу гIаттамна кечам болийра Нохчмахкахь. Къонахчун декхаро, вешин весето бакъо ца лора цунна къийсамна йуьстах латта. ГIаттам кечбечу тхьамданех уггар жигарчарех цхьаъ вара Iела. Амма царна йукъа тарвеллачу цхьана йамартхочо уьш, къайлах Iедале дIа а белла, лецийтира. Итт шо хан а тоьхна, Сибрех хьажийра Iела.

И цхьаъ вацара цига хьажийнарг. Уьш масех бIе вара. Кхин а цкъа хадийра Нохчийчоь шен уггаре тешамечу, майрачу кIентех. Мацаллин гIело хьоьгуш, Iазапехь дуьсучу шен халкъан а, кертахь цкъа хьакхо йалтин чим а боцуш, шина кIантаца йуьсучу Айзин а ойла йеш, болатан шийлачу буржалша когаш, куьйгаш къуьйлуш, генарчу Сибрех вахара Iела.

Ткъе кхаа шарахь шен ненан маттахь адам дистхуьлу ца хезира цунна. ХIинца къанвелла, къежвелла, дегIера ницкъ а эшна кхечи иза ша дукха сатийсинчу винчу йуьрта. Каторгин халонаш ца лайна, мацалло а, цамгарша а эгийна, веллера цуьнца цигахь хилла масех нохчо. Уьш лаьтте дIа а берзийна, ша цхьа висча, Деле хийлазза шена Iожалла йийхира Iелас. Амма Дала Iожалла ца лора цунна. Ца велла йалхитта шарахь тIеман цIергахь а, Хонкаран жоьжахатехь а, ткъе берхIитта шарахь Сибрен жоьжахатехь а.

Ненан кийрара ваьллачу минотехь дуьйна, хIокху кхузткъе кхойтта шарахь цхьа а ирсе де ца хилла цуьнан. ХIинца дуьненахь цо йаккха йисинчу кIеззигчу ханна ирсе ван валийна-те иза Дала хIокху винчу йуьрта, йа и хьалха цо лайна халонаш а, баланаш а бицбеш, кхин а баккхий баланаш лан валийна-те?

Ойланаша дIалаьцца Iела кхузахь хиъна Iаш дикка хан йаьллера. ХIинцца хааделира цунна ша шелвалар. ДегIан лахе, шелъелла, лехнера. Можана тIехула охьа некха тIе Iенначу бIаьрхих а ша бинера. «Кхузахь кхин а жимма висахь, со-м гIорор ма ву, – дагадеара цунна. – Амма со мича ваха веза?»

Гонаха бIаьргтоьхча, цунна гира бешан цхьана мaьIIехь гIийла йогу чиркхан серло. Мила ву-те оцу хIусамехь вехарг? Милла велахь а, цунна вевзарг хир вац иза. Цуьнан хенара нах кIезиг хир бу дийна. Дийна висинарг а Iелина вевзий а, ца хаьа. Амма миччахьа а, цхьанхьа вахана, йовхачу хIусамехь буьйса йаккха йезара. Ткъа уггар хьалха цунна хаа луург Айзех а, шина кIантах а хилларг ду. И кхо адам, вина йурт, даймохк – валале цкъа цаьрга бIаьрг тоха сатийсаро цIа валийнера къена Iела. КхидIа хIуъа хилахь а, хIинца иза даймахкахь, винчу йуьртахь ву…


4


Дахаран халонаша а, Iедалан харцонаша а, адамийн йамартлонаша а ларвала Iамийнера Iела. Цкъа хьалха йуьртара хьал муха ду, адамийн гIиллакхаш а, амалш а муха йу, дIадаханчу ткъе берхIитта шарахь кхузахь хIун хийцамаш хилла ца хиъча, ша вовзийта а ца лаьара цунна. ХIара бакъонца Сибрехара цIа веънехь а, кхузарчу Iедална хIун эхь ду, цхьа бахьана тIе а кхоьллина, цига йуха дIахьажо а. «Цкъа хьалха, сайн доьзал дийна бу-бац, хьожур ву со. Нагахь уьш дийна белахь, тIаккха со вовзуьйтур ву ас, бацахь… Дала дайттинарг дийр ду-кх. Цул даккхий вонаш а лайна ас, иза а ловр ду…», – сацам бира цо.

Тхьузйоьлла настарш меттайало гIерташ, меллаша цхьацца-шишша ког боккхуш, сецаш, серло гучу керта воьдуш, цо ойла йора, оцу хIусаман дайшка ша хIyн ала-те бохуш. Цунна дагавеара тIом чекхбаьллачул тIаьхьа шен гергарло тасаделла Оьрза-ГIалара Андри цIе йолу цхьа гIалагIазкхи. Керла бахам вовшахтухуш шений, Айзиний цхьацца оьшург эца ахча а, йа ахчанна дохка йалта а, бежана а ца хилла, шен а, Чорин а сту а боьжна, дечиган кIорий, хьаннашкара лахьийна акха стоьмашший бохка дагахь ворданахь Оьрза-ГIала вахча вевзинера цунна и гIалгIазкхи. Андрин ков-керт, эчиган пхьалгIа а йара, оцу пхьалгIахь шортта кIора а бара. Муха ца хуьлура, церан йуьртана гена йоццуш йоккха хьун хилча. Амма Iела мича дезаро араваьккхина кхуза веана хиъначу Андрис, цуьнан ворданара кIора пхьалгIи чу охьа а боьхкина, цунна дуьхьал масех бел а, цел а, марс-мангал а, бахамехь оьшу кхин цхьацца хIуманаш а йелла, цIа хьажийра Iела а, Айза а. ХIетахь тасаделла хьошалла лаьттира царна йуккъехь Iела Сибрех вахийтталц. Андрис, Гати-Юьрта а вогIий, кхузарчу нахана мехах цхьацца эчиган гIирсаш бора. Иштта веана Iела волчохь ши бутт сов хан йаьккхира цо, xIapa Хонкарара цIa веача а.

«Ас ца вовзийтахь, кхузахь со цхьанна а вевзар вац. Оьрсийн мотт а суна дика хаьа. Хьо мила ву аьлла, сайга хаьттинчуьнга, Андри ву, эр ду ас», – шена маслаIат дира цо.

Кертара схьа жIаьла хьадарна кхоьруш, кетIара ринжа деллале шозза-кхузза йовхарш туьйхира цо. Амма мeттаxъхьовш хезаш хIума дацара. ХIетте а кертахь цхьанхьа жIаьла хирг хиларх тешаш, ларлуш, гонаха а хьоьжуш, тхов тIе латта тесначу кегийчу цIенойн уча а ваьлла, меллаша кор туьйхира Iелас. ЦIа чохь цхьаъ меттахъхьайра. ТIаккха неIаре догIуш берзинчу когийн тата а хезира. Дукха хан йалале, неI йиллина, тIекхоьллина чоа а, кога туьйдина неIармачаш а йолуш, уча велира хIусамда.

– Буьйса дика хуьлда хьан, хIусамда! – маршалла хаьттира Iелас оьрсийн маттахь.

ХIусамдас, халла оьрсийн дешнаш а лахьийна, жоп делира.

– Бехк ма биллалахь, буьйсанна хан йоцчу хенахь хьо гIатторна. Хан йоцчу хенахь кхаьчна cо a хIокху йуьрта. Арахь буьйса йаккха а шийла йу. Ахь пурба лахь, тховса хьан xIycaмexь буьйса йоккхур йара ас, – бехкала вахара Iела, цунна оьрсийн мотт гуттар а ледара хаарх кхетта, ша эриг ма хуьллу къостуьйтуш ала гIерташ.

– Хьаша хIусаме витар а, буьйса йаккхийтар а xIycaмдайшка хоьттуш ца хуьлу. Чу а волий, хьайн хIусамехь санна, пapгIатвала, – аьлла, неI йиллина, куьг хьалха тесира хIусамдас.

Цо куьг хьалха дIатосуш, беллабеллачу чоин тIома йуккъехула Iелин бIаьрг кхийтира цуьнан хечин борчах йоллучу тапчех.

Iела цIа чу велира. TIеxь шиша а доцуш, чуоьзна гIийла богучу чиркхо халла серло лучу хIокху цIа чохь поппаран маьнги тIехь набкхетта Iуьллура диъ бер. ХIетта гIеттина хIусамнана, набаро дохийнчу шен дегIан меженаш а сеттош, шуьйрра бага гIатторца наб дIа а къахкийна, новкъара хIуманаш дIасалиста йолайелира.

Дукха хан йара Iелина xIycaмexь иштта доьзал ганза. Маьрша дийшина Iохкучу оцу берашна тIе а вахана, уьш сама а даьхна, хьаста хьаьгнера иза. ХIокху йовхачу хIусамо а, нохчийн кхерчан цхьа шатайпа дагна там бечу, кийра бузочу хьожано а, набарш кхетта Iохкучу оцу кегийчу бераша а, дукха хан йоццуш шен кхайкхамашца цо йехна Iожалла йицйина, цуьнан даг чохь дахаре безам а, лаам а кхоьллира.

– Же, ма Iелахь, зуда! – зудчунна тIевирзира xIycaмда. – Вайн хIусаме воьссинарг хийра хьаша ву. Кхечу къомах стаг. Оьрси. Уггар хьалха йуучунна там белахь цунна. Ткъа хьо, хьаша, хьайна тIepa кетар а, когара мачаш а дIа а йахий, паргIатвала, – аьлла, тIетуьйхира цо, Iелигахьа а вирзина.

Баттахь сов генара бинчу некъо дегI, тIехулара а, чухулара а йерриг бедарш бехйина Iела воьхна хьаьвзира, кетар а, валенкаш а дIайаха дезча. Амма иза уьш дIайаха волаваларе а ца хьоьжуш, тIевеанчу хIусамдас цуьнан когара валенкаш, озийна, схьайехира. Шен гира тIоьрмиг схьа а баьстина, тIера кетар дIа а йаьккхина, уьш шена улло цIенкъа охьайехкира Iелас.

XIapa шиъ и болх беш воллушехь, хIусамнанас йовхачу шурех буьзна боккха кхийра кад а, стомма йеттинчу сискалан йуьхкаш а чохь йолуш шун хIоттийра Iелина хьалха маьнги тIе.

– Бовха кхача кечбан хан йац xIapa, тховса цкъа кхунах кхачо а йина ца Iийча вер вац хьо, алахьа цуьнга, – дийхира зудчо шен хIусамдега.

Цаьршиннан къамелах ша ца кхетачуха, вист ца хуьлуш Iapa Iела.

– Хьаша, хьуна сихха охьавижина, садаIа ца лаахь, вай кхин бовха кхача а кечбийр бу, цкъачунна и хьайна хьалха йиллинчух кхалла хьажахьа, – элира хIусамдас.

– Баркалла шуна, бераш. Дала дукха дахадойла шу, Дала беркат ма эшадойла хIокху шун хIycaмepa. Аш суна xIapa кхача ца белча а, хIокху йовхачу хIусамехь, дIога дуьххехь, цхьана сонехь дIатевжина, буьйса йаккха меттиг хилчахьана а, тоьур ма дара суна-м.

Оцу дийнахь Iуьйранна цкъа-шозза йакъайелла баьпкан йуьхк кхалларх, кхин кийра рицкъа дахаза волу Iела, сискал кегийра шури чу а кагйина, меллаша йаа вуьйлира. Ша хийла сатийсина и сискал йоккха кхоллуш, чам боккхуш, марзо а оьцуш йаа цергаш а, кхелаш а хуьлуьйтург дуккха а мах лур бара цо. Амма уьш йацара. Йиъ йоцург, каторгехь цинга цамгаро йерриг а охьаэгийнера уьш.

– XIapa хIун муьжги ву? – хаьттира зудчо майрачуьнга.

– Хьанна хаьа иза.

– Амма милла велахь а, Iаламат маьттаза муьжги ву-кх. Доккха xIyмa ду-кх, иза тIе а вижийтина, цуьнга мотт-гIайба бехйайтар, – корта хьовзийра зудчо, хьешан йахйеллачу можей, кIужалш хилла хьийзинчу коьртан йехачу месашкий, силамаша а, модаша а йуьзначу бедаршкий хьаьжна.

– И хIун ду ахь дуьйцург? – човхийра иза вукхо. – Эхь ца хетий хьуна и ала? Хьо санна, Дала кхоьллина адам дац иза?

– Ас-м иза, корта а, маж а йаьлла, беркъа волу дела бохура, – йоьхна жоп а делла, дIатийра зуда.

– Хьанна хаьа, вайна тIе хIун догIур а. Деэшначу, гIаддайнчу стагах кхарда ца веза, дог лаза деза. Ша кхаьрдинарг шена тIедогIу.

Церан къамеле ла а доьгIуш, кедара шура лаххьийна дIа а мелла, шуьна тIера йухахилира Iела. ХIетталц шуьне бIаьрг тоха дага ца догIуш Iийна хIусамнана, кхин а тIе шура йотта дагахь, пеша тIера кхаба схьа а эцна, тIехьаьдира.

– Баркалла, кхин ца оьшу, – дуьхьал куьг лецира баккъал а вуьзначу Iелас. – Дела реза хуьлда. Дала беркат ма эшадойла хIокху шун хIycaмepa.

Хьаша вуьзна, паргIатваьллачул тIаьхьа цуьнга гIуллакх-болх хаьттира хIусамдас.

– ХIинца, нагахь цхьа йоккха къайле йацахь, хьо мила ву, мичара ву, мича гIуллакхо валийна хьо хIокху тхан йуьрта дийцахьа, хьаша. Хьанна хаьа, ахь айъина лелочу гIуллакхана гIо дан сан ницкъ кхочур бацара-те?

– Со Червлени станицера ву. Оьрза-гIалара.

– ЦIe хIун йу хьан?

– Андри.

– Андри… Андри… Мацах цкъа и цIе йохуш сайна хезча санна хета-кх суна, – ша шега вистхилира xIycaмда. – Ткъа лаа веаний хьо Нохчмахка?

– Къелло, эшамаша валийна. Доьзал хене баккха, жимма йолах болх бан араваьлла лела.

– Доьзал дукха буй хьан?

– Диъ бер… КIентан диъ бер. ТIамехь вийна церан да.

– Муьлхачу тIамехь?

– Японица болчу хIокху тIамехь. Дукха хан а йац иза вийна.

– ХIаъа, муьлххачу а тIамо баланаш, бохамаш бохьу адамашна. Тхан эвлара а кхо стаг вахана оцу тIаме. Цхьаъ, пхьарс баьккхина, дукха хан йоццуш цIа веана. Вукху шиннах хабар дац. ХIун болх бийр бара ахь?

– ЦIенош дотта а, дечиган пхьола дан а хаьа суна. Мах белчахьана, муьлхха а болх бен бац суна.

Шаьшшиннан хилла къамел майрачо шега дийцича, хIусамненан йуьхь йекхайелира.

– Делахьа, ма дика ду-кх xIapa вайга нисвелла! Кхана вайн божалара кхелли цуьнга беша тосуьйтур йу вай…

– Цунна дала ахча дуй хьан?

– Вайгахь буьйса йаьккхича, маьхза и гIуллакх дан а ца мега цо?

– Ванах, ма тамашийна адам ду-кх хьо, зуда, – корта хьовзийра майрачо. – Массара а, хьекъале, къинхетаме, оьзда зуда йу олу хьуна, ткъа цкъацкъа хьайгара лартIахь доцург долуьйту ахь. Оьрси, жуьгти, милла велахь а, хьаша ма ву вайн хIусамехь сецнарг. Нохчийн гIиллакхехь иза лера ма веза вай. Цо кху чохь буьйса йаьккхинера, сискал йиънера аьлла, цуьнга маьхза болх байта йоллура хьо? Иза дагадар а эхь ма ду. Варийлахь, со цIахь волуш а, воцуш а оцу гIалагIазкхичунна хамталла ма йелахь, мегар дац хьуна. Йа хIокху йуьртахь болх а ца карийна, дIагIур ву, йуьртахь болх карабахь, и болх болчаьргахь Iийр ву. Сатоха, собаре хила. Вайгахь висахь, шена лаахь, кертахь суна гIo дийр ду цо, ца лаахь, вижина Iийр ву. Цул и хьайна хир доцург а ца хьехош, хьаша охьавижо гIайгIa бе. Пекъар, кIадвелла хир ву иза.

– Мича вижаве ас иза?

– Хаац. Хьешан цIа чохь, тIай кIелахь санна, шийла йу. Бераш цIенкъа а дахкий, маьнги тIе мотт биллахьа цунна.

Iелас хIyммa а бехк ца буьллура хIокху хIусамнанна, цунна ша жерга хетарх. Iелина шена а хетара ша жерга. Корта а, маж-мекх а даьлла, баккъал а къеначу муьжгичух тарвеллера иза. ТIера бедарш хийцаза, цIандаза долу дeгI кIамлора, меза бинера. Шен дeгIax цунна шена а муьста а, кIон а тайп-тайпана ийна, цхьа вон хьожа йогIура. Кхузахь кхана суьйренга валахь, нагахь аьтто нислахь, шен дeгI цIандина, корта а, маж-мекх а цIандина хIума ца дахь, хIокху куьцехь кху хIусамехь буьйсанаш йахар хьехочохь а дацара.

И шиъ дан гIертарг хиъна Iела, цара дуьйцучух ца кхеттачуха, вистхилира:

– ХIинца, аш пурба лахь, охьавижина, садоIур ду ас. ХIоккхуза неIарехь, цIенкъа таса тишо истанг-черт хир йарий-те?

– Хьо дIога вуьжур ву, – берашна тIе пIелг хьажийра хIусамдас. – Цигара бераш цIенкъа а даьхна, хьуна цига мотт буьллур бу зудчо.

– ХIан-хIа, со кхуза, цIенкъа, вуьжур ву. Бераш самадаха, меттахъхьедан пурба дац шуна!

– Со ву хIокху хIусаман да. Хьо сан хьаша ву, ас аьлларг дан дезаш!

– Шун къоман гIиллакхаш суна дика девза, жима стаг. Хьешан лаам хIусамдена закон ду. Аш и бераш самадахахь, со лулахошка гIуp ву.

– Сан хьешо, цIенкъа а вижина, буьйса йаккхар нахана хиъча, муха хир ду? Суна эхь дан гIерта хьо? Цуьнан ойла йиний ахь?

– Цхьанна а хуур дац, вай ца дийцичхьана. Буьйса йукъал тIехъйаьлла. Суна ца лаьа бераш набарха даха. Ас вуьшта а сайх бала бина шуна. TIe, сан дегI а, бедарш а боьха йу. Кхана сарахь, со кхузахь висахь, дeгI цIандина, чухулара бедарш а хийцина, тIаккха ахь бохург дийр ду ас. Ткъа тховса ас бохург дехьа, диканиг.

Мел шега дехарш дарх, хьаша шен сацамна тIера а ца ваьлла, къарвелира хIусамда. Дехьа чу йаханчу зудчо чах йуьзна тиша гоьй, кенан гIайбий, боьзан йургIий деара. Цо биллинчу метта а ваьлла, охьавижначу Iелина там хилира, ша месийн назбаршла охьавижча санна. ХIусамдай охьабийшаре ца хьаьжира цуьнан кIадделла къена дeгI.

Ах сахьт а далале хьешана чIогIа наб кхийтира…


V корта. КЕРЛА АДАМАШ, ШИРА АМАЛШ


Хьуна тIехь yгIyp йу

Къанъелла меца борз,

Хьоьха дог лозур ду

Iаьржачу хьаргIанан…

Халкъан илли


1


Iуьйранна хьалххе самавелира Iела. Малхбалехьара схьагIерта де хIетта гучудала гIертара хил дехьарчу peгIa тIехула. Тайп-тайпанчу аьзнашца кхойкхура лулахойн нIаьнеш. Хезара гена доццуш дегаза летачу къеначу жIаьлин йишхаьлла гIoвгIa а.

ЦIийнан доьзал набарха балаза бара. Берех цхьаъ гIенах, цхьанна оьгIаздахана, луьйра. Оцу буса хьаша а веана, мотт гатбелла, ца тарлучу цара йургIа къуьйсуш, наггахь вовшийн човхабора, дIасатоьттура, йуха а тапъолий дIатуьйра.

Самадолучу Iаламе ладегIахь а, Iелин ойланаш генахула хьийзара. Цунна хIинца а теша хала дара шен даймахкахь, ша винчу йуьртахь, маршонехь ву бохучух. Цо сатийсира хIара де тIекхачаре, ара а ваьлла, дуьнене бIаьрг тоха. ХIинца цунна гур йу ша вина, бераллехь левзина меттигаш. Цаьрга а хьоьжуш, цо дагалоьцур йу шен декъаза бералла, къаьхьа къоналла. Гур ду дайн кешнаш. Хьанна хаьа, шен Айза, Iумар, Iусман ган а мега. Цаьрга цкъа бIаьрг тоьхча, ша велча а шек ца волура иза.

Дагабаьхкира каторгера шен накъостий а. «ХIун деш хир бу-те суна сайн кIентийн метта хилла Петро, Кирилл, Датико, кхин иттаннаш накъостий? Схьахетарехь, уьш хьун хьокхучу дIакхачча бохкуш хир бу. Ткъа Николаз? Иза кхана кхочур ву шен йуьрта. Дала дукхавахавойла иза. Сибрехь, дуьненах а дог диллина, сецна Iаш волу со цIа валийнарг иза ма ву. Дала мукъалахь, цигахь бисина сан накъостий а арабевр бу оцу жоьжахатера. Уьш къона бу, царна тоьхна хенаш дукха йац. Хан чекхйаллалц Iийр буй, ца хаьа. Кхиберш санна, бовдур бу. Йуха а шайн цIа а бирзина, маршонехьа къуьйсур ду. Веза Дела, аьтто белахь церан, Iалашбелахь уьш! Хьекъале, майра, къона уьш хIаллакьхилар кхоам бу. Цара дош делла суна, шаьш маьршабевлча, сан хIусаме бахка. Нагахь санна Нохчийчохь керла гIаттам болалахь, масех бIешарахь шен маршонехьа къуьйсучу сан декъазчу къомана орцахбовла. Сан халкъана а, суна а хиллачу бохамашна бехкечарех бекхам эца, суна гIo дан…».

Iела шен ойланех йукъахваьккхира, хьала а гIеттина, товханехь цIе лато тохаеллачу хIусамнанас. Дукха хан йалале цIе кхерстира кхерча тиллинчу ножан дечигах. Iелина там беш, коьрте кхин ойланаш туьйсуш, лестара хIусамненан карахь цаца. ХьалагIеттина хIусамда, бедарш тIе а йуьйхина, гIуммагIа карахь, вист ца хуьлуш, аравелира. ХIинца хьалагIатта мегаш дара Iела а. Ша чохь вуйла хаарна кхоьруш санна, схьаэцна, шен миска барзакъ меллаша тIе а дуьйхина, кога валенкаш а оьзна, чуьра аравелира иза. Уггар хьалха кешнашка ваха дагадеара цунна. Ден а, ненан а, Лоьмин а кешнийн баьрзнаш тIе хIотта. Амма тахана цкъа цига гIойла дацара. ХIара «керста муьжги» шайн кешнашка хьийзар дезар дацара нахана.

Сийсара шена ши чурт гинчу гy тIе хьалавелира Iела. Цигара дIахьаьжча, кера йуккъехь санна, гуш йара йурт. Iела Сибрех вахале динчарех цхьа наггахь цIа дисинера. Шира дитташ а, къанделлий, хедийний, дIадевллера. Цхьадерш, генаш а хедийна, чIанадаьхнера. Къанделла, пайда ца лучу девллера шовзткъа шо хьалха Iелас дийгIина бIарийн синтарш а. Мацах цкъа цо шайн коре боьгIна Iаж а бакъабеллера. Беккъа цхьа малх бара, хьалха санна, схьакхеташ а, чубузуш а. Кхидерг дерриг а хийцаделлера.

Хийла сатийсинчул тIаьхьа, хIинца шозлагIа хьоьжура Iела даймехкан Iаламе. Амма Хонкарара цIа веача а, хIинца а цхьатера йацара дог-ойла. ХIетахь, мел къен-миска хиллехь а, цIахь къона Айза а, ши кIант а вара, къона хиларе терра, ша а дуьненах Iехалора, стеннах а самукъадолура, кхана-лама дахар тодаларе сатуьйсура, догдохура. Халчу дахаро теIош, хьоьшуш, ницкъ эшийна, къанвеллачу, мел ваьхча а, шина-кхаа шарахь бен вехар воцчу цуьнан кханенга сатуьйсийла а дIайаьллера хIинца. Доьзалх хилларг а ца хаьа. ДегIехь ницкъ бац. Къаналло гергаийзайо Iожалла. ХIинца цо сатуьйсург Iожалла йара. Амма цунна лаарх, иза хир йац, Дала тоьхна хан тIекхаччалц. Шен лаьтта тIехь ваха ца витинехь а, хан тIекхаччалц кхузахь ваха а, вала а, шен каш хила а лаьара цунна. Йуха а кхузара дIа а ваьккхина, нехан хийрачу махкахь шен каш хиларна а кхоьрура. ХIинца цунна кхин хIумма а ца оьшура, кхузахь цхьана тоьли чохь паргIат ша вала витичхьана, велча, иттех дол латта делчахьана.

PeгIa тIехула хьалаайабеллачу маьлхан шийлачу зIаьнаршна кIел, дети санна, лепара семсачу лайно дIахьулдина Iалам. Iелина уллохула тIех а буьйлуш, шовдан тIе оьхура Iуьйранна даьхни хи тIе далош а, хи эца а богIу зударий. Улло нисбелча, къаьрззий цуьнга хьовсура уьш. Наггахь зуда, ша тIехйаьлча а, йухахьоьжуш хуьлура. Эрна дуйла хуъушехь, Iела а хьоьжура баккхийчаьрга, йевзарг гape дог дохуш.

Пхьаьрсех тийсина гIели диллина цIеста кIудалш а йолуш, вовшашца забарш а йеш, зевне йоьлуш, ши йoI тIехйаьлча, Iелина карлайелира шен декъаза къоналла. IелагIеран цIийнан корехула дIахьаьжча, гучу лулахойн бешан маьIIехула схьахьаьвзачу урамехула, хIинцца тIехйаьлла йахана и ши йоI санна, пхьаьрсах кIудал а кхозуш, хи эца шовдане йогIура Айза. ТIаккха Iела, цунна дуьхьал а воьдий, и шиъ цхьаьний шовдане доьдура. Айза хи эцна йаьлча, изза некъ йуханехьа а бора цаьршиммо.

И хан а, хIетахь лелийнарш а гIан дагалоьцуш санна, хетара Iелина хIинца. ХIетахь дуьйна шовзткъа шо сов хан йаьллера. ХIинца вац хIетахьлера Iела. ХIинца иза къанвелла, къежвелла, букархьаьвзина, баланаша, бохамаша йуьхь аьхна, настарш а шелйелла…

«Нагахь дийна йелахь, гича, Айза йевзар йарий-те суна? – дагадеара цунна. – БIаьргаш девзар дара. Уьш, цхьа шатайпа, кхечарех тера доцуш, ма дара. Хьекъале, къинхетаме, эсала. Iаьржа, безаман цIаро лепош. Уьш девзар ма ду суна дуьненарчу дерриг а бIаьргашна йукъахь».

Цигахь хIоьттина латта кIордийча, цIа верза ойла хилла, цкъа дIа а волавелла, тIаккха мухха делахь а, йуха а вирзина, шина чуртана тIевахара Iела.

ГIайракхан тIулгах цхьатерра кечдина дара и шиъ. Цхьана говзачу пхьеро царна тIехь лерина дехкинера туьран, шаьлтанан, тоьпан, тапчин суьрташ, чоин бустамаш а. Чарташна тIехь Iасанан, суьлхьанийн суьрташ цахиларо гойтура, и ши чурт къоначу нахана – тIемалошна – доьгIна хилар. Говза йаздинчу Iаьрбийн йозанаш тIepa басарш махой, малхой дIадайъинехь а, Iелига цIерш йешайелира. Цхьанна тIехь цуьнан вешин, Аьрзун, цIe йара, ткъа вукхунна тIехь… цуьнан шен цIе! Шен шина бIаьргах ца тешаш, йух-йуха а йийшира цо и цIерш. ГIалатволийла дацара. И ши чурт цунний, Аьрзуний доьгIнера.

Шена хIоттийна чурт гича, цкъа дегIе зуз хьаьдира Iелина. ГIенах хуьлура ишттаниг. Ткъа xIapa дерриг а самах ду. Цхьа хан йаьхьира цо, догдоьхна. Амма иза цIеххьана xaзaxeтарца хийцаделира. Аьрзуна а, цунна а цхьаммо чурташ доьгIна. ХIета Iелин ши кIант дийна ву. ХIокху шинна чурташ догIа кхин стаг вац, Iумар а, Iусман а воцург. Iелин дахаре болчу безаман цIарах бисинчу гIийлачу суйнах цIе летира.

«Ма тамашийна дуьне ду-кх хьо, – ойла йира цо. – Къанвелча а, вала ца лаьа. XIapa дуьне къахьделла, велла дIавалар гIоли ма йу аьлла, бIарзвелча а, дикане цхьакIеззиг дог дохийла гучуйаьлча, мелла а ваха лаьа. Кханенга сатуьйсу, оцу кханено, ламено шена берриг а дика болх бохьур болуш санна, къаналлин шераш охьа а оьзна, къонвийр волуш санна, цамгарех цIанвина, шена могашалла лур йолуш санна, къелла йицъеш, хьал-бахам лур болуш санна. И мерза ойланаш а йеш, буьйсанна охьавуьжу, наб кхеташ а, ца кхеташ a, axI-ихI деш, узарш деш Iуьйренга ваьлла, бIаьргаш диллича, цхьа а хийцаделла хIума ца карадо. Керла баланаш, гIайгIанаш йохьуш догIy xIopa керла де.

Лекха лам хадор санна, хIума ду стеган дахар. Оцу ломан буьххье хьалаваьлча, шена хьалха хIетталц массарна а къайле хилла лаьттина керла дуьне схьаделлалур ду моьттуш, оцу буьххьехь шена дуьненан ирс карор ду моьттуш, цига хьалагIерташ, шен берриг а къона ницкъ кхачабо адамаша. Ткъа шен дахаран хан дIа а луш, шовзткъа шарахь некъ бина, оцу лакхенга а ваьлла, дIахьаьжча, хIумма а ца карадо. Мелхо а, и ша реза воцуш йаьккхина шовзткъа шо хан ирсе хета, йуханехьа цуьнга сатуьйсу, иза дагалоьцу. ХIунда аьлча, хIинца оцу ломара охьа некъ бан беза цо. Иза къаналлин некъ бу. Иза лаха, ломан вукху aгIop когашка кхаьчча, цуьнга хьоьжуш, кIелхиъна Iаш Iожалла йу. Ткъа хьанна хаьа, оцу ломан бyхьа тIера охьа, лаха когашка кхаччалц цо некъ беш, цунна тIе хIун догIур, цунна хIун гур? Ткъа xIapa дуьне баланийн, гIайгIанийн, бохамийн цIа ма ду…».

«Нагахь xIapa чурташ доьгIначул тIаьхьа ши кIант веллехь? Со Сибрех ваханчул тIаьхьа тIом ма хилла кхузахь. ХIетахь цаьршиннан йалхитта-вуьрхIитта шераш хилла хир ду. ТIаме боьлху хенаш ма хилла церан. Аьрзу а, со а дуьххьара тIаме воьдуш, цаьршиннал жима ма вара. Аьрзун вуьрхIитта, сан пхийтта шо. Оцу тIаме ца воьдуш Iийна хир ма вац и шиъ. Ден чIир йекха. Ден ден а, ден вежарийн а чIир йекха. Оцу тIамехь и шиъ вийнехь? Нагахь дийна висинехь, лаьцна, Сибрех вахийтинехь? Гур вуй-те суна и шиъ? Веза Дела, ахь динчунна, хьан кхелана реза хир ву-кх со…».

Ша буьйса йаьккхинчу керта вирзина Iела, цIа чу а ца воьдуш, ма-воьдду божали чу вахара. ХIусамнанас сийсара хьехийна кхелли дIайаккха дагадеара цунна. РагIун кертахь цхьана маьIIехь лерина тIекIелйиллинчу кхеллин боккха барз бара. Схьахетарехь, иза беша йаржо йахкайалийта гулйинера цига. Цкъа ойла хилира Iелин, оцу кхеллих дан дезарг хIусамнене хатта. Амма хьешан дагахь дерг хиъча, цо бакъо лур йацара и болх бан. Кертал дехьа беша а ваьлла хьаьжча, цигахь цунна карийра рагIу чуьра схьатийсинчу кхеллин жима барз. Шеко йацара, рагIу чохь йолу кхелли а оцу тIе таса йезаш хиларан. Божали чохь шада а карийна, тIера кетар дIа а йаьккхина, хIусамнанна ца хоуьйтуш, къайллах болх болийра цо.


2


Болх чекх а баьккхина, серагех дуьйцина динчу лохачу хьаьвди тIе охьа а хиъна, садоIуш, Яьссига хьажа ваха дагадеара Iелина. Яьсси-хи чохь чекхйолура кхузарчу берийн йерриг а аьхке. Цхьаццанхьа тогIин шина агIор лекха бердаш дара. Оцу бердашна кIел, куьйгаш хьала а лаьцна, чу ирахIоьттича, и куьйгаш а хьулдеш кIорга айманаш хуьлура, тIехула хьере бурош а хьийзош. Ханна даккхий бераш оцу айманаш чохь луьйчура, кегийнаш хи гомхачохь луьйчура.

Лийча кIордийча, йа гIамарлахь керчаш, малхехь Iохкура бераш, йа тIехь бедарш а йоцуш, дерзина, бердашца хьаладуьйлура, олхазарийн баннаш чуьра йа хIоаш, йа кIорнеш схьаэца. БIаьстенан йуьххьехь дуьйна Iа герга гIортталц оцу бердашца хуьлура бес-бесара олхазарш. ХьаргIанаш, къийгаш, алкханчаш, кхокхий, бухIанаш, чIегIардигаш, маьрсаьлдигаш, тайп-тайпана хьозарчий а. Бердашца харанаш а, Iуьргаш а чохь баннаш хуьлура церан, дукхахдерш адам тIе ца кхочехь. Церан маьхьарша Яьссин гIовгIа а къарйора.

Iай а ловзура бераш Яьссин тогIи чохь. Хина бинчу стоммачу ша тIехь, шодмаш йетташ, дIаьндаргаш хьийзайора цара. Йуьртара охьа тогIи чу буссучу новкъахула охьа куьйга-салазаш, кIег-салазаш а хоьхкура. Мацделча а цIа ца доьлхуш, тогIи чохь йолчу хьуьнхара хьаьмцаш, элхьамчаш, хьорамаш а дуура.

Цига а вахана, шайн бералла дагалаца Iелин сацам хилча, ши чурт долчу гу тIера схьа чIоггIа бетта мохь хезира цунна:

– Ва-а-а, ладогIалаш, нах! ЛадогIалаш!

Iелас ладуьйгIира.

– Делкъан ламаз а дай, маьждиган майдана гуллолаш! Тахана йуьртан гулам бу. Хезий шуна, нах, делкъан ламаз а дай, массо а маьждиган майдана гулло, йуьртан гуламе!

Туркхан маьхьаро Iелина карлайаьккхира генна дIайахана хан. Йуьртан йукъараллин гIуллакхаш оцу маьждиган майданахь дийцаре дора наха. Цигахь, гуламехь, чIагIйора йуьртан къаноша йина кхел. Къанойн кхел йуьртахоша кхочушйарна тIехь тергам латтабора гуламо хаьржинчу баьччас. Цо буьгура йуьртахой тIаме а. Йуьртан къаной хоржура уггар хьекъале, оьзда, собаре, къинхетаме, догцIена, хьанала нах. Йуьртарчу нахана йукъа галморзахаллаш йаьхкича, дов даьлча, оцу къаноша нийса кхел йора. Озабезам ца бора шайн дегахьа, вежаршкахьа, кIенташкахьа, гергарчу нахехьа. ХьагI-гамонца харц кхел ца йора шайн мостагIчунна а. Оцу къанойн Iедал шариIат а, нохчийн къоман Iадат а дара, церан Iалашо йуьртахь машар, барт, нийсо, беркат латтор йара.

«Муьлш бу-те хIинца йуьртан баьчча а, къаной а? Цара кхел а муха йо-те? Цигахь хIун до, хьажа веза со», – сацам бира Iелас.

Делкъан ламазана молла кхайкхинчул тIаьхьа цхьа сахьт хан а йалийтина, хIинца цига адамаш гулделла хир ду аьлла хеттачу хенахь маьждиган майдана вахара иза. Цига дикка адамаш гулделлера, амма тIеоьхучеран тIаьхье хадаза йара. Кхузахь деш дерг шена бен ца хетачуха, йа ша ца кхетачуха, амма цара дуьйцург дика хезар долччу, майдана богIучу беа урамах цхьаьннан керта улло а хIоьттина, нах тергалбора Iелас.

Мухха хиънехь а, Гати-Юьрта «гIалагIазкхи» веаний хиънера нахана. Хетарехь, Iела тIевоьссинчу цIийнан xIусамненера дIа зударшкахула даьржинера. Iелина уллохула тIехбовлучу наха, куьг а лоцуш, маршалла-могашалла хоттура цуьнга. Къамел доца хуьлура, шина-кхаа дашца, дисинарг куьйгашца, доьлучу бIаьргашца дуьйцура.

– Как дела, муьжги? Матушка яхши? Баранчук яхши? Баранчук чорак ест? – хоьттура цара, чIоггIа Iелин куьг а Iуьйдуш.

Цара буьйцу и «оьрсийн мотт» нохчашлахь баьржина дукха хан йара. Жима волуш дуьйна Iелина а хаьара иза. «ГIуллакхаш муха ду, муьжги? Зуда могаш йуй? Бераш могаш дуй? Берашна сискал йуй?» – хоьттура цара Iелига. Массарал а тIаьхьа вогIучу буьрса йуьхь йолчу лекхачу стага, ша маршалла хаьттина ваьлча, нехан тоба йолчухьа дIаозийра Iела:

– Вало, гIазкхи, гуламе. Тхан йуьртда селхана Ведана, шен ден цIа, вахана веана. Цо тхуна хIун совгIаташ деана, хьожур ву хьо.

Iела ца вахара цуьнца. Нехан хеттарех къехкара иза. Хьанна хаьа, йуьртдас кехаташ хаттахь а. ТIаккха нахана хуур ма ду, хIара мила ву.

Маьждигана гонаха йинчу аьчган кертана арахьахула охьадехкинчу аннаш тIе охьа а хевшина, вовшашка лохха къамелаш деш Iapa баккхий нах. Бисинарш тIехIиттина, цара дуьйцучуьнга ладоьгIуш а, шайн-шайн тобанаш йина, къамелаш деш а лаьттара. Нехан йаххьаш тIехула бIаьрг тоьхча, хиира Iелина шаьш кхуза гулдинчу гIуллакхна уьш цуьрриг а реза боцийла, дегаза гулбеллийла а. Амма, мел хаа гIертарх, цунна ца хаьара оцу баккхийчу нахах баьчча мила ву а, къаной муьлхарнаш бу а. ТIаккха, уьш хIинца а схьакхаьчна хир бац аьлла, хийтира цунна.

ТIеоьху адамаш севцча, гонаха керт йоцуш, шакъаьстина лаьттачу цIенойн гIишло чуьра араваьлла масех стаг веара майдана. Хьалха вогIучу буточу, лекхачу стеган коьртарчу куйнна хьарчийна кIайн чалба а, гIодайукъ къевллина дихкина цхьа куьг шуьйра Iаьрбийн доьхка а дара. БIаьргех доьхкина куьзганаш а, кара лаьцна суьлхьанаш а долуш, йуткъа-йеха хьаьрса маж а йолуш, кегий гIулчаш йохуш, цунна тIаьхьауьдура йуккъерчу дегIара эгIаза стаг. Хьалхарниг хьаьжо хилар билггал гуш дара, ткъа хIapa шолгIаниг моллех тера хийтира Iелина. Духаре а, боларе а хьаьжча, важа шиъ а таро йолчу нахах вуйла, хиира цунна. И виъ стаг тIекхаьчча, майданахь къамелаш лагIделира.

ТIаьхьа тIевеанчу веаннах цхьаммо, говран коьртах тера йеха йуьхь а, мукадехкачух тера муцIар а, бIаьргаш а, йоцца лергина хьаьрса маж а, хаза тодина дуткъа мекхаш а долчу лохочу дегIарчу верстинчу стага, гонна йуккъе а ваьлла, куьг хьалалецира.

– ХIан-хIани, нах! – мохь туьйхира цо гIоргIачу озаца. – Шуна ма-хаъара, вайн укурган начальнико кхайкхина Ведана вигначуьра селхана сарахь цIа кхаьчна со. Пурстопал тIех а ваьккхина, лаа кхойкхур вац полконака шена тIе. Со дIа хIунда кхайкхинера, цо соьга хIун аьлла, дуьйцур ду ас шуна. Царах хьалхарниг ду вайн йуьртарчу наха Iедална такхамаш цабар. ДIадаханчу шерийн шуна тIехь дисина декхарш дуьйцур ду ас шуна…

Нахана йуккъехь, резабоцуш, гIовгIанаш йевлира:

– Тхайна тIехь дисина декхарш дагахь хаьа тхуна!

– Уьш-м бIозза дийцинера ахь!

– Кхин керланиг делахь, и дийцахьа, СаьIад!

– Бакълоь, БIаьштиг. Кху шелехь эрна хан йайа ца оьшу…

– Керланиг дийца лаьа шуна? Лаахь, иза а дуьйцур ду, – шен гIовталан хьалхарчу кисанара схьадаьккхина, деалха тоьхна кехат даржа а дина, цунна тIехьаьжира СаьIад. – Соьмаш а, кепекаш а йагарйийр йац ас. Пачхьалкхан налог дезткъа туьма. Йуьртан йукъарчу гIуллакхашна йала йеза налог шийтта туьма. Йуьртан махка тIехь дика некъаш а, тIайш а, йуьртахь цIена хиш а хила-м лаьара шуна, амма оцу гIуллакхашна харж йан ца лаьа. БIон налог йу ткъа туьма. ХIора йуьрто оц-оццул налог ца йелча, иза мел IаьIа, хаьий шуна? Аш ахча ца делча, Нохчийчохь эскарш кхабалур дуй-те Iедална?

– Дера деза хIета шайн Расе дIадига. Нохчаша дехна а, хьошалгIа кхайкхина а ца далийна уьш кхуза, – мохь туьйхира хьалха лаьттачу лохачу, векъначу, беркъачу воккхачу стага.

– Янаркъа, и эскарш вайн дехаршца а, хьошалгIа а кхуза далийнехьара, тоххара дIадахана хир дара. Патарма буза а ахьар доцчу хьан кертара уггар хьалха а доьлхуш. Вайга хоьттуш схьа а ца далийна, вайна лаарх дIа а дуьгур дац. ТIаккха, салт цадовлархьама, вай токху налог дезткъе итт туьма йу йуьртана тIехь. Салт ваьллачунна хьакхин жижиг даадо, керстанашца вижар-гIаттар хуьлу, цара кечбина кхача баар къилахь ду бохуш, салт довла а ца лаьа шуна, йа шаьш цIахь дитарна тIера Iедална налог а ца ло. Йа пачхьалкхан декхар охьадилла, йа йаханчу бIаьста эскаре а бевлла, япон тIаме баханчарна тIаьххье дIaгIo. Цхьана шарна тIаме ваханчунна ткъе диъ туьма ахча делла Iедало. Иза цхьана стеган бахам бу! Шо кхочуш доллу Аьрсамирзин Эламирза а, Аьрзун Мохьмад а тIамехь волу. Бакъду, Солтханан Солта, цхьа пхьарс а баьккхина, цIа веана. Пхьарс баьккхинехь а, ахча хилла-кх цунна. Iедало цхьа кепек а ца луш, тIаме боьлхуш, чевнаш а хуьлуш, байа а бойуш, схьадогIуш дац xIapa дуьне? Иштта туркойн тIаме ца даханера тхо а? Цига ваханчу тхо веаннах кхоъ цIа веара. ХортIин Асхьабан цигахь Iожалла хилира, Сатун Солтха, пхьарс а баьккхина, цIа веара. Иштта xIyмa ма йу тIом. Йа тIаме гIo, йа тIаме баханчарна дала Iедална ахча ло. TIaьxхьара а кхин цхьаъ ду. ДIабаханчу баттахь Оьрза-ГIалахь лачкъийнчу шина говран лар вайн махка тIеxь сецна. Церан мах ткъа туьма бу. И ахча хIинца а схьа ца делла аш…

– Вайн махка тIе йалийнарг харц лар йу! Тхоьгара гIyда даккхархьама йалийна!

– Вайн эвлахь къуй бац!

– Хилча а, шайн йуьртана йамартло йийр йацара. Кхечу йарташкарчу наха дина иза.

– Шайн вopxIe дена неIалт хуьлда и къола динчарна!

– ГIовгIанаш совцаел, нах! – ши куьг хьала а лаьцна, мохь туьйхира СаьIада. – Вайн йуьртахь къуй, бац элира ахь, Доша? Хьуна уллохь лаьтта Хьомсуркъа мила ву? Эвлайаъ ву иза? ДIога лаьтта Мудар малик ду? Цо къаьркъа стенах муьйлу? Теркал дехьарчу гIалагIазкхийн а, ногIийн а даьхни лечкъош, хене волуш вац ткъа Хьомсуркъа? Цо стенах эцна тоьлла говр а, дика герз а? Полконака омра дина, йуьртана тIехь долу ши бIе шовзткъе итт туьман диъ сом а, къоланна тоьхна ткъа туьма а кхо бутт балале Ведана укурган хазне охьа ца диллахь, ша бIаьста йоллушехьа кхуза тражникаш а, салтий а бахкийтина, чуьра йийбар, сал-пал дIалахьор йу, тIе цхьацца нах Сибрех а бохуьйтур бу аьлла. Шу паччахьна дуьхьал ду, шайн йуьртдас а, къаноша а аьллачуьнга аш ла ца дугIу, аш йийриг бунт йу, боху цо. Цул совнаха, полконакна хиъна, Зеламхас шен обаргашца вайн йуьртахь буьйса йаьккхинийла. Ас дуьххьал дIабоху шуьга, Доша, Хьомсуркъа, и обаргаш а, къуй а кхуза ма кхийла, xIoкху йуьртана бохам боккхур бу аш. ШолгIа иштта меттиг хаалахь, кху йуьртахь виллина Iен гIалагIазкхийн бIе дошло воуьйтур ву ша а, боху полконака. ТIаккха атта хир ду шуна дуучуьнца-молучуьнца уьш а, церан говраш а кхаба. ТIехула тIе, герз лелор нохчашна дихкинийла шайна шал шера хуъушехь, герз ги а доьллина веана шу массо а кхуза. Цуьнан хIун до аш, ги а доьллина лелийна? Шу хьанах лата, мила вен дохку? Йа шух лата, шу дайа гIерташ мила ву? Шун чIир а хьаьнца йу, шуьца чIир а хьенан йу? Цкъа марах дер ду шуна и герз. Иза шуьгара схьадаьккхина а ца дуьтуш, лан ца даллал гIуданаш деттар ду шуна, ткъа цхьаберш бахнарш йуха ца богIучу Сибрех а бохуьйтур бу…

– Шу айкх ца дийлахь, Веданахь волчу полконакна, кхузахь оха хIун леладо, хуур дац!

– ГIалагIазкхашна йоллу бакъонаш хила йеза нохчашна а. Цхьана паччахьан Iедална кIел хилла ца Iаш, гIалагIазкхашца цхьана махкахь, цхьана лулахь дехаш ду вай. Нохчашна герз лелор дихкина, ткъа гIалгIазкхашна, лело бакъо йелла ца Iаш, доцчунна маьхза ло иза!

– ГIовгIанаш ма йейша, хIай, нах, хIай! – Iаса хьалалаьцна, мохь туьйхира чалба йолчо. – Герз лело бакъонаш йоькъург xIapa СаьIад ву-м, ца моьтту шуна? Полконака шуьга дIаала аьлла шена тIедиллинарг ду цо дуьйцург. Шаьш резадацахь, Ведана а гIой, оцу полконакна хьекхийша и маьхьарий. Шy хIун адамаш ду? Эхь-бехк а, гIиллакх а бохург хIун йу а хаьий шуна? Къамел дан витийша и стаг!

– ЛадогIа, нах, ладогIа, – хьала а таьIна, лохха вистхилира хевшина Iачарех цхьа воккха стаг. – Шайна хетарг тIаьхьа эр аш. Дийца ахь, СаьIад.

Баккхийчу наха резабоцуш ладоьгIура йуьртден кIоршамечу къамеле.

– Сан-м дац дийца кхин хIумма а. Дийцарх, ладугIуш стаг а вац кхузахь. Со мукъа а ваккхий, кхузахь кхин йуьртда хIоттаве, эр ду ас полконаке. Сан метта хIитто нах шортта бу йуьртахь. Хьомсуркъа, Янаркъа, Доша, БIаьштиг, Мудар а мегар вy хIокху йуьртана. Цара дийр ду хIокху йуьртан дола.

СаьIада дегабаам бича, мелла а гIиллакх лаьцна дIатуьйчу меттана, мелхо а, карзахбевлира нах.

– Уьш хьайл оьшуш-м ца хета хьуна?

– Оха тхаьш хIоттор ву тхаьшна луъург.

– Кхин цкъа а налогаш йийца тхо гуламе ма кхайкхалахь!

– КIордийна, хьехъевлла тхуна и налогаш а, хьо а!

– Цкъа собардайша, нах! – вистхилира Iелина моллех тарвелла эгIаза, бIаьргех куьзганаш долу воккха стаг. – Делах мукъана а эхь хIунда ца хета вайна? Делах мукъана а хIунда ца кхоьру вай? Бусалба велахь а, керста велахь а, паччахьаш Дала хIиттийна ма бу. Делан лаамца лелаш ма бу. Паччахьаша, церан Iедало, цара хIиттийнчу хьаькамаша бохург цадинарг Далла дуьхьал ма ву. Мила ву xIapa СаьIад? Делан лаамца хIоьттинчу паччахьо вайн йуьртахь шен Iедал латто xIоттийна стаг ву. Вайн йуьртан Iу ву xIapa. Жа долчунна хьалха Iуьно санна, паччахьна хьалха вайх жоп ло хIокхо…

– Жана Iу веза, борз ца йеза!

– Вайх уьстагIий тардина Iедало!

– Собаре хилийша, муъма вежарий! Аш къобал ца до Делан лаамца вайна тIевеанчу оьрсийн паччахьан Iедал? Делан кхелана реза дац шу? ГIопал хила гIерта шу? Шаьш динчу вочу гIуллакхашна дохкодовла. Дела къинтIера вер ву шуна. Iедало тIейиллина налог, бера1, пхи ламаз, ткъе итт марха а санна, вай кхочушдан дезаш пераз ду шуна. Нагахь санна Далла а, Iедална а хьалха вай вешан декхарш кхочуш ца дахь, йалсамане дог дохийла йац шуна вайн…

– Тоийтахьа, Хьуьса, и хьехамаш маьждиган мимбар чу хIоьттича бер ахь тхуна.

– Тахана ма хецавели xIapa!

– Ас цхьа-ши дош эр дара, нах. Пурба дуй суна?

Хьуьса наха къамелах йукъахваккхарх пайда а эцна, гонна йукъавелира цхьаъ. Iела гуламе кхойкхуш, шеца дIаийзийнарг вара иза.

– Делхьа, Хьуьса, маситта шарахь нохчийн цIий а Iенош, деана xIapa оьрсийн паччахьан Iедал Делера ду, боху ахь. И паччахь а, цуьнан хьаькамаш а Дала хIиттийна, Делан лаамца лелаш бу, боху ахь. Бакъ ду иза. XIapa дуьне-Iалам Дала кхоьллина а, цуьнан лаамца лаьтташ а ду. Ахь цкъа дийцира тхуна, паччахьаш, хьаькамаш шайн куьйга кIелхьарчу адамашна йуккъехь нийсо йеш, церан дола деш, царна рицкъанна гIайгIа беш, догцIена, хьанала хила беза бохуш. Ахь масална валийра Iумар-паччахь. Ткъа тахана кхин дуьйцу ахь. Вайна тIехь къизалла, Iазап, харцонаш латтош волу керста оьрсийн паччахь а, цуьнан Iедал а, хьаькамаш а хестабо ахь, церан лаам кхочушцабинарг Далла дуьхьал ву, цуьнан Делерчу къинхетаме догдохийла йац, иза жоьжахатин цIергахь вогур ву, боху ахь. Халкъ Iазапехь латточу, къизачу, йамартчу паччахьашна, хьаькамашна кIел а таIий, лолла а ловш, Iен боху ткъа адамашка?

– Эхартахь Дала цаьрга жоп доьхур ду, Дала йийр йу царна нийса кхел…

– Дала царна эхартахь кхел йийр йара бохуш, хIокху дуьненахь церан харцонаш ловш, садетташ ваха веза со?

– Вайга паччахьаш а, лакхара хьаькамаш а хийцалур бац, – йуькъагIоьртира кхин. – Амма вешан йуьртахь ваьшна луург дан бакъо йу вайн. XIapa ХьуьсагIар, СаьIадгIар, IабдигIар, ИнарлагIар, мерзаниг дууш, хазаниг тIедухуш, месийн назбаршла а керчаш, шишша-кхоккха зударий а хьоьстуш, бехаш бу. Ткъа вай йекъа сискал а йоцуш, тIелхигаш тIе а кхоьхкина, кенийн мотт-гIайби тIе а дуьйшуш, цхьацца зуда а ца кхабалуш деха. Iедало хIиттийна йуьртда а, къаной а дIа а баьхна, кхин харжа беза вай. Нахана йуккъехь нийсо а, барт а латтош, йуьртан дола дийр долу нах.

– Бакълоь, Доша!

– Кхечу йарташкахь изза деш ду!

– Вай а дац нанна тIаьхьа даьхкина!

– Ас цхьа-ши дош эр дара, аш ладоьгIча!

– ЛадогIа, нах! Хьомсуркъа ву вистхила лууш!

– Алал, Хьомсуркъа, хьайна хетарг.

Нахана йукъара схьакъаьстира йукъанеккъара духарца кечвелла, йукъах дихкина детица кхелина доьхка а, шаьлта а долуш, шовзткъа шо хенара лекхочу дегIара стаг. Шен даккхийчу, Iаьржачу мекхех хьажо пIелг а хьаькхна, нехан йаххьашна тIехула бIаьрг а тоьхна, СаьIадана тIевирзира иза:

– Нах! Шуна хьалха, йерриг йуьртана а хезаш, хIокху лаьттачу СаьIада суна къу ву элира. Цундела, шуна массарна а хезаш, хIокхунна жоп дала лаьа суна. СаьIад, со вац къу, дIогара Панта-Хьаьжий, Хьуьсий, Iабдий, ИнарлагIар, ЧIонакъагIар а – шу ду къуй. Аш къайлах-къулах таладо адамаш. Тхьамданаш, шун сий Дала дойла, сан доьзалехь исс са ду, Дала сох тешийна кхоьллина. Оцу доьзална рицкъа даккха латта дац сан. Тхан ден хилла кхо урд кха хIокху СаьIада дуьйш-дерзош ду. И кха, тхан да тIамехь вийча, тхан нана тхоьца, кегийчу берашца, дан амал доцуш, гIаддайна кIелйисча, тхан бохамах пайда а эцна, тхан нанна гирда хьаьжкIаш а йелла, шен доладаьккхинера СаьIадан дас Товсолта-Хьаьжас. Иза йуьртана а хаьа. И кха шега дехарх, СаьIада схьа ца ло, иза Iедалехула схьадаккха а, йа кхин латта эца а сан ницкъ бац. Ас и кха аьхча, оцу тIера со дIаваккха къонах-м вацара xIapa СаьIад, амма Iедале дIа а велла, Сибрех вохуьйтур ву. Iедал хьолахочуьнгахьа ма ду. Аш сан латта лачкъийна, СаьIад. Хьан да Товсолта а хилла къу, хьо а ву къу. Со вац. Со хьанна къола дина гучуваьлла хьуна?

– ОхI! Хье тIехь маIаш йолуш хила веза, моьтту хьуна, къу? ГIалагIазкхийн, ногIийн, гIумкийн говраш а, даьхни а лечкъош, уьш Нохчмахкахь, Iаьндахь духкуш вац хьо?

– Ас ногIийн, гIумкийн, цхьана а бусалба стеган цкъа кхалла рицкъа ца лачкъийна, СаьIад. Ас Теркал дехьарчу гIалагIазкхийн даьхни лечкъийна. Къечу гIалагIазкхийнаш а ца лечкъийна. Мискачеран цIий муьйлуш болчу, шу тайпанчу, хьал долчу гIалагIазкхийн даьхни лечкъийна. Йа нийсса аьлча, цигарчу къечу гIалагIазкхаша хьолахойн лачкъийна, сайга схьаделча, хьала а далош, кхузахь йа Iаьндахь дIадухку. Оцу тIера йолучу хIуманах доьзал хене баккха гIерта со. Цкъа доцург, со а, сан накъостий а бахьанехь цхьана а йуьртана гIуда а ца тоьхна… Иза а оха, совнаха а токхуш, дIатекхна оцу йуьртана. Иза жайнахь муха хир ду, ца хаьа суна, Хьуьса, хIинца дуьйна дIa цхьа ойла йу сан. Теркал дехьарчу сан хьешаша гIалагIазкхаша даим а соьга даьхни хьалакхоьхьуьйтуш, ткъа со даим а ши куьг лестош, царна тIе а воьдуш, гIиллакхе ца хета суна. Схьатоьхча, дIатоха олуш, цхьа кица ду вайн. Иштта, шу цхьа таро йол-йолчу нехан даьхни наггахь мукъана а Теркал дехьа ца дигахь, цигарчу сайн накъосташна хьалха йуьхьIаьржа хуьлу со…

– Тхан даьхни а дигна, стигала вала воллура хьо, лаьттах вола воллура хьо, Хьомсуркъа?

– Стигала а ца волуш, лаьттах а ца вулуш, Зеламхех дIакхетар вара-кх, Инарла.

– Хьайца со а вигалахь, Хьомсуркъа!

– Зеламхина ца оьшу Хьомсуркъа тайпа къуй а, хьо тайпа малархой а, Мудар!

– ТIаьххьара а цхьа-ши дош олу ас, – шен къамел дерзо вуьйлира Хьомсуркъа. – Вайн йуьртана харцонца тIедожийна ткъа туьма гIуда йа Iедале дIадаккхийта, СаьIад, йа бехкениг а каравай, цуьнга такхийта. Иза а, важа а дан шаьш къонахий дацахь, шайн кисанара дIало. Таханчул тIаьхьа нахана йуккъехь диканна а, вонна а сан цIе ма йаккхалахь. Со Iедалан бага а ма Iитта. Со дIавоьду кхузара, соьца вoгIypг схьатIаьхьахIотта.


3


ДIаволавелла Хьомсуркъа а, цунна тIаьхьахIоьттина масех стаг а сацийра, доцца лергина маж-мекх а долуш, оьрсийн духарца кечвеллачу шовзткъе итт шо хенарчу стага.

– Хьомсуркъа, ас цхьа-ши дош аллалц совцийша. Дукха латтор дац шу.

ХьомсуркъагIар дегаза йухабирзира. Нехан гIовгIанаш дIателлац собаре ладоьгIуш а Iийна, мохь ца хьоькхуш, куьйгаш дIаса а ца лестош, оьздда къамел дира стага:

– Йуьртахой, вежарий! Кхузахь динчу къамелах сайна хетарг ала лаьа суна. СаьIада дийцинарг округан начальника шена тIедиллинарг ду. Цунах лаьцна, Iедало лелориг йоккха харцо йу алар бен, кхин дийца хIyммa а дац сан. Амма Хьуьсас а, Хьомсуркъас а доцца динчу къамелех масех дош эр ду ас. Хьуьса, хьо Iеламстаг, йуьртан къеда цIе йолуш ву. Делан дош адамашка нийса дIакхачо а, церан дегнаш чу дижо а, уьш нийса кхето а декхар долуш ву хьо а, хьо саннарш а. Ахь тахана Делан цIарах, Дала аьлла бохуш, дина къамел нийса дац, ахь нийсса бIостанехьа а даьккхина дийцира. Шайн куьйга кIелхьарчу халкъана йукъахь нийсо, барт, машар, ийман-беркат латтош, халкъан бала болуш, халкъах доглозуш болчу паччахьашна а, церан хьаькамашна а муьтIахь хила, цара кхайкхийначу Iедалца нийса некъ а бе, боху Дала. Амма и паччахьаш а, церан хьаькамаш а, Iедал а харцонаш, йамартлонаш лелош, халкъ Iазапехь, лоллехь латтош белахь, церан Iедал халкъана зуламе, бохаме делахь, царна муьтIахь ма хила, церан метта Ша бохучу некъашца куьйгалла дийр долу, цIена, хьанала, къинхетаме паччахьаш а, хьаькамаш а хIиттабе, Iедал а кхолла, боху Дала. Тахана вайна тIехь волу паччахь а, цуьнан хьаькамаш а, церан Iедал а Дала бохучу некъаш тIера бевлла. Цара халкъаш лоллехь, Iазапехь дахкадо, цара харцонаш, йамартлонаш лелайо, цаьргахь къинхетам бац, уьш къиза бу. Цундела оьрсий а, Россера кхидолу халкъаш а царна реза дац, уьш паччахьна, цуьнан Iедална дуьхьалдевлла. Ткъа ахь паччахьна а, кхузарчу цуьнан хьаькамашна а реза боцчу нахана жоьжахатица кхерамаш туьйсу, царна дуьхьал верг Далла дуьхьал ву, иза жоьжахатин цIергахь вогур ву, боху. Гуш лаьтташехь харцдерг ма дийца…

– ЭхI, ма бакълоь хьо, Овхьад!

– Дала догдика де хьан!

– ХьуьсагIар санначарна дика ма ву оьрсийн паччахь…

– Цундела уьш цуьнгахьа бу…

– Дала мукъалахь, жоьжахатехь а цхьаьна хир бу уьш…

– Ткъа хьо, Хьомсуркъа, хьайна а, нахана а зуламечу новкъа ваьлла, и ахь йуьхьарлаьцна некъ Дала магош бац, оцу новкъахь ахь доккхуш долу рицкъа хьуна а, хьан доьзална а, цунах мел кхеттачунна а хьарам ду. Хьо къелло ваьккхина, боху ахь, оцу новкъа. Айхьа къола бусалба адамашна ца до, керстанашна, гIалагIазкхашна до, боху. Ткъа Дала дихкина бусалбанан а, керстанан а, муьлххачу динехь, муьлххачу къомах долчу адаман а долаллина тIе куьг кховдор. Нехан хьакъ диъначунна, цунах пайдаэцначунна ша гечдийр дац, гечдан шен бакъо а йац, боху Дала. Мацалла леш велахь а, нехан хьакъ а, рицкъа а кхаллий, валарх кIелхьара ма вала, боху. Нехан хьакъ, нехан рицкъа ца даа, хьакхин а, къен йеллачу бежанан а, экханан а, олхазаран а жижиг даа магадо. Мацвелла, къийвелла, гIаддайна, хьо кIелвиса волахь, къола ма де, сагIа деха боху. Къола дар эхье а, къилахь а ду, сагIа дехарх эхь дац. Вайн лулара бусалба суьйлий, шаьш къийбелча, къола дан ца богIу Нохчийчу, ткъа caгIa деха богIу. Ахь буьйцучу гIалагIазкхаша, хьацарца къахьоьгуш, кхиош а, кхобуш а ма ду аш лечкъадо даьхни. Масех шарахь цара къахьоьгуш кхиийна даьхни а лачкъадой, уьш чIана ма боху аш. Церан а ма ду, хьан санна, бераш. Даа а, тIедуха а, даха а дезаш. Къа дац оцу адамийн? Кханалерчу къематдийнахь Далла хьалха а, оцу дохнан дайшна хьалха а жоп дала дезар ма ду шун…

– Оцу хьайн вешин туька йахьарна, йа СаьIадгIеран, ХьуьсагIеран, ИнарлагIеран даьхни дигарна кхоьруш, цаьргахьа гIo доккхуш, бо хир бу ахь и хьехамаш? – мохь туьйхира Хьомсуркъас.

– Аш сан вешин туька йахьарца а, вукхеран даьхни дигарца а сан гIуллакх дац, Хьомсуркъа. Хьо санна, боьрша нах бу уьш, шайн туька а, даьхни а цара шаьш лардийр ду. Нагахь санна, шун аьтто а баьлла, аш къола дахь а, шаьш къонахий белахь, цара схьадохур ду шуьгара. Иза шун вовшийн гIуллакх ду. Ткъа ахь а, хьо санначу кхечу нохчаша а гIумкийн, ногIийн, гIалагIазкхийн даьхни а лечкъош, талораш а деш, летийнчу къинойх а аш Далла хьалха жоп лур ду, Дала шуна тIехь кхел а йийр йу. Со ала гIертарг кхин ду. Нохчех даьлла дерриг а вониг дIайаздо оьрсийн газеташа. Къоланаш, талораш, адамаш дайар, доцца аьлча, кхечу къаьмнийн вайх безам бовр берг дерриг а. ЦхьакIеззиг дерг, дестадой, харцахьа доккхий. Амма цара йаздийриг цхьа бух боцуш ца хуьлу. Вайн цхьаболчу нохчаша къоланаш, талораш до, адамаш а дойу. ГIалагIазкхашна а, гIумкашна а, ногIашна а, луларчу кхечу къаьмнашна а. Вовшашлахь а. Ахь а, хьо санначу нохчаша а лелочу зуламаша вон цIе йоккхуьйту дерриг а нохчийн къоман. Кхечу къаьмнашна хьалха сий дойу, нохчашка цабезам, цатешам кхуллу. Шу тайпачу наха доккха зулам до вайн халкъана. КхозлагIа. Къелло а, мацалло а бIарзбина дуккха а нохчий, оцу аш йуьхьарлаьцначу, Дала ца магийначу новкъа ца бовла, Теркйистерчу гIалагIазкхашна йолах болх бан а, цхьана ханна мехах эцна а, йукъахь латта лело а боьлху xIopa шарахь. Царах цхьаберш, цхьана ханна кегий кIотарш а йехкина, бехаш а буьсу цигахь. Ахь а, хьо санначара а гIалагIазкхашна деш долу къоланаш а, гIалагIазкхий байар а бахьана долуш, и хьанала къа а хьоьгуш, шайн доьзалшна сискал йаккха гIерташ болу къен-миска нохчий цигара дIа а лахка, церан кIотарш а йохае, карахь йуьртдегара, пурстопера кехат доцуш а, карахь герз долуш а веана нохчо, схьа а лаций, набахти чу а таса аьлла, омра дина областан начальнико. Къа дац оцу мисканийн? Ахь а, хьо санначара а бохам ма баьккхина царна. Гена гIиртина хIун до вай, вешан йуьртарчу Болатан кIантана бина бохам вайна гуш ма бу. Гой хьуна, Хьомсуркъа, оцу шайн къоланашца, талорашца, цкъа-делахь, Далла хьалха бехке хуьлу шу, шолгIа-делахь, нохчийн къоман сий дойу аш, кхозлагIа-делахь, Нохчийчуьра ара а бевлла, кхечу къаьмнашна йукъа а бахана, хьацарца къахьоьгуш, шайн доьзалшна хьанала сискал йоккхуш болчу нохчашна бохам бина аш. Гати-Юьртан махка тIе лар йалийна говраш axь лачкъийна, ца боху ас. Амма хIокху йуьртахь вехаш къу вуйла хууш, йурт бехке йан дина хIума ду иза. ХIинццалц айхьа бина зуламе некъ а битий, кхиболу нах санна, хьанала къа а хьоьгуш, ваха веза хьо а…

Iелина хетарехь, и Хьомсуркъа кхета а, къарвала а дагахь вацара.

– Хьуна атта ду иштта ала! – мохь хьоькхура цо. – Шун долахь туька а, хьераш а, аннаш доху чарх а йу. Со къен-миска стаг ву, Овхьад. Шу санна, хьал долуш велахьара, со а ваьлла хир вацара ахь буьйцучу новкъа!

– Со да волуш сайн дегI доцург хIумма а дац, Хьомсуркъа. Ахь багарбина бахам сан вешин Iабдин бу. Цунах цхьа тилор-тай а, цхьа хьостам а суна оьшуш а бац. Хьо къен-миска ву бохуш, нахана мохь а ма хьекха. Хьо къен-миска вац. Хьан дика гoвp а, герз а ду. Хьуна тIера духар сайчул а дика ду. Къен-миска нах бац гIалагIазкхашна, ногIашна, гIумкашна къоланаш, талораш дийраш. Ги тIоьрмиг а боьллина, кара гIаж а лаьцна, гIаш цига вахалур вац къен-миска стаг, вахавелча а, цигара говраш, даьхни а далалур дац. Къен-миска нах, шайн латтанийн коржамаш тIехь белхаш а беш, бежана, газа-уьстагIа а кхобуш, шайн аьтто берш Теркйисте гIалагIазкхашна йолах балха а боьлхуш, хене бовлуш бу. Ткъа и къоланаш, талораш дийраш дика дой а, тоьлла герз а долу нах бу. Мацвеллачу стага йалтин гали лачкъадо, говраш а, даьхни а ца лачкъадо, почта ца талайо.

Овхьада ша дIатаIийча, СаьIадана тIевирзира Хьомсуркъа:

– Ткъа ахь, СаьIад, сан ден хилла кха бертахь схьало. Ца лахь, ас бIаьста охур ду иза!

– Даим а и кха хьехош, кIордийна, хьех чекхваьлла-кх хьо! Кха а делара иза а. Куйна кIел а хоьур долуш ирзо. Гирда хьаьжкIех йетт лучу хенахь, сан дас гирда хьаьжкIаш а йелла, хьан ненера эцна и кха. Эцна, шен бераш мацалла леш дахкара, эцахьара ахь бохуш, хьан нана йоьлхуш, тIаьхьара а ца йаьлла. Хьо гIаддайна а велахьара, ахь кхерамаш а ца тийсахьара, ахь хаза а алахьара, и кха хьуна дIалур дара ас. Амма хIинца-м лур дац. Хьайн говр йа герз а дохкий, цхьана аьттан мах суна схьа а лой, дIаэца. Кха а, къоланаш дитар а – ши пайда хир бу хьуна!

Ша вистхилийта бохуш, мохь бетташ, хьалхалелхара кхин цхьаъ. Эххар а цуьнга ладуьйгIира наха.

– Алал, Iабди.

– Тхан туька а, хьер а, чарх а суна тIехъетташ нах а бу хIокху йуьртахь. Уьш тхуна хIокху йуьртарчу наха йина а йац, йа стигалара охьаэгна а йац. Тхан дас а, доьзало а маситта шарахь къа а хьоьгуш, йехкина уьш. Шуьга туька а, хьер а, чарх а ца йуьллуьйтуш мила ву? Оцу Яьссин тогIи чохь бIе хьер, бIе чарх хIотто меттигаш бу шуна а. Чу туька йилла цIенош а ду шун. Шу хIун деш Ia, уьш ца йохкуш? Дика ду, ас тхешан туька а, хьер а, аннаш доху чарх а дIакъовлур йу. ТIаккха аш йалта мичахь охьур ду, цIенойн гIирс-коьчал мичахь йоккхур йу, кIади, коч-хеча, кад-Iaйг, бел-шада, кхиерш мичара оьцур йу? Кхечу йарташка лелар ду шу? Муьлш бу и хабарш дуьйцу нах? ХIокху йуьртара ара а бевлла, БIаьн-некъал лаха а бовлаза нах бу-кх. Йозанах цхьа элп а, шинна тIе шиъ тоьхча маса хуьлу а ца хууш нах бу-кх. Карахь бурмах бовла шай а доцуш, нах бу-кх. Москохара, Ростохара, Петарбухера товар а дохьуш, дохка туькана охьадиллалур дуй оцу нахе? Дика ду, туька а, хьер а, чарх а йуьллур йу цара. ТIаккха нахана маьхза товар доькъур ду цара? Йа бол ца боккхуш, йалта охьур дуй? Йа маьхза ханнаш чорхах дохур дуй? Ас-м цхьа гIаддайначун йалта бол ца боккхуш охьу, херхах дечиг а йоккху, туьканара туьха-мехкадаьтта а, тай-маха а ло. Иза а дийр ма дац суна и хабарш йуьйцучу наха. Шайн долчун а, нехан долчун а ши бала болуш, и Iаьржа дегнаш лелха дохку церан!

Малхбузу ламазан хан гергагIоьртича, цхьацца-шишша воьдуш, майданара дIабуьйлура нах. ТIаьххьара а гIевттира баккхий нах.

– Аш хIун олу хIокху гIуллакхана, Лорса? – царна тIевирзира СаьIад. – Со йуьртда хиларх, йуьртана тIе дика-вон деача, цуьнан бала кхача безарш а, листа дезарш а шу ма ду. Лакхарчу Iедало, кхана схьа а деана, йуьртан къаной схьагулбе, эр ду соьга. Шу хIун дан дохку тIаккха?

Лорсас ойла ца йира жоп лоьхуш.

– Йуьртах жоп дала, тхо йуьрто хаьржина къаной а дац, СаьIад. Пурстопа а, ахьа а цIерш йаьхна билгалдар бен. Йуьртара нах оха аьллачуьнга ладугIур долуш боцийла а, хаьа хьуна. Уьш жоьпе, таIзаре озо тхан ницкъ а бац. Тхоьга жоп деха ца оьшу ахь а, лакхарчу Iедало а. ШолгIа. Ахь дагардина декхарш такха долахь, хIора доьзало цхьацца бежана дохка деза. Дукхахболчу нехан кертахь цхьацца бежана а, атталла газа-уьстагIа а дац. Цхьана болу цхьа йетт боьхкича, бераш шуьрех хедар ду, сту боьхкича, гIуллакхаш кхин а галдевр ду. Нехан аьттонаш бац, СаьIад. Цу тIе, ахь ма-дуьйццу дукха а дац йуьртана тIера декхарш. Аш хьарамлонаш лелайой-те, моьтту тхуна. Адамийн собар кхачийна, СаьIад. Адамаш оьгIазе ду. Хьо а дукха тIехваьлла чугIерта нахана. Жимма собаре а, ларлуш а хила.

Вовшийн Iодика а йина, шайн Iасанаш а луьйзуш, дIасабекъабелира баккхий нах.


VI корта. ТIаьххьара чевнаш


Суна гац хьан бIаьргаш лепаш,

Дуьххьара со вохвеш санна,

Массарал а ирс долуш хеташ,

Айъина со лелош санна.

Алахьа, ца йисна хьоьца

Вай тIомахь лелийна йовхо?

Дог сацац, къоналла лоьхуш,

Даханчух богу суй боьхуш…

М. Мамакаев


1


Ша къона волуш баккхийчу наха дуьйцу хезнера Iелина, оьрсашца тIом хилале хьалха нохчий чIогIа Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, оьзда, къинхетаме, собаре, барт болуш а бара бохуш. Цара дийцина нохчийн къоман и оьзда гIиллакхаш цхьадерш тIеман халонаша, бохамаша, эрчонаша хьешний, дохийний, дагийний дIадаьхнера, цхьадолчеран лараш, гIаларташ дисинера.

ТIом къизалла йу. ТIамо синош ца кхуллу, синош дойу. ТIамо цIенош ца до, йарташ, шахьарш ца хIиттайо – йохайо. Йалташ, даьхни ца кхиадо – хIаллакдо. Машаречу адамаша бIеннаш, эзарнаш шерашкахь хьекъалца, безамца, собарца, хьацарца къахьоьгуш кхоьллинарг дерриг а къинхетамза хIаллакдо. ТIамо, тIера дай а бойуш, бобераш, къона жоьра-зударий, кIентий а бойуш, къена дай-наной буьту, заьIапхой бо. ТIамо адамаш харцонна, йамартлонна, къизаллина тIетоьтту. Цкъа а адаман са даккха дага цадеанарг, сагалмат хьаша а ларвелларг, цуьнан шен бертаза адамаш дайа Iамаво. Шена тIе герз а лаьцна, чугIертачу мостагIчуьнга ша ца вейта, иза воь цо. Дуьххьара адаман са даккха хала хуьлу стагана, амма цхьаъ, шиъ, масех а адам дийча, цуьнан дог чIагIло, къизло, иза цIийх, къизаллех вулу. ХIетталц хьарамчух ларвелларг къола дан, талор дан Ieмa. Ша мацалла ца вала, шен доьзал мацалла ца балийта. Халкъе беанчу бохамах пайда а оьцуш, шайна хьал-бахам гулбо цхьаболчара. ТIамо дуккха а адамийн эхь-ийман, йахь-оьздангалла, къинхетам боь, собарх дохадо, акхаройн амале дерзадо. Ткъа и тIом цхьадолчу адамийн корматалле, говзалле, церан дахаран Iалашоне боьрзу. Уьш нахаран баьлчанах, марс-мангалх, машаречу дахаран кхечу гIирсех херабовлу. Царна герзах дIакъаста ца лаьа, цуьнца лоху шайн рицкъ.

TIoм болуш а, цул тIаьхьа а оьрсийн Iедалан йерриг а Iалашо нохчийн къоман барт бохорна, иза оьздангаллех дохорна, йуккъера ийман-ислам дIадаккхарна тIехьажийна йара. Оцу тIехь дика кхиамаш а баьхнера Iедало. Дукхахдолчунна оццу Iалашонца Нохчийчу, нохчашна йукъа баржийна охьаховшийнера бIе эзар сов оьрсий. Цаьргара дикка амалш а, гIиллакхаш а схьаэцнера нохчаша. Диканаш, пайденаш, оьзданаш ца эцнера, ткъа оьзда доцурш, зуламенаш, къизанаш схьаэцнера. Нохчашна тIе и бохаме Iаткъам хилийта кхуза охьаховшийнера и оьрсий. Цул совнаха, тIеман заманахь а, цул тIаьхьа а нохчашна йукъа баьржинера суьйлий, гIазгIумкий, хIирий, гуьржий, чергазой, гIебартой. Мацах цкъа цIена цIий долуш хилла нохчийн къам кхечаьрца эделлера, цуьнан амалш а, гIиллакхаш а хийцаделлера.

Тахана хиллачу гуламехь шера гора шайн дайн оьздачу гIиллакхех нохчий бохар. Кхузахь гучуделира адамийн бартбацар, хьагI-гамонаш, сутаралла, декъаза кураллаш, дозаллаш, вовшех цадашар, цатешам. Iелина уггар халахеттарг и нах, Далла Iамал йеш белахь а, Делах цакхерар дара. Баккъал а уьш Делах тешаш а, кхоьруш а хилча, цара къоланаш дийр дацара, хьарамчу дохнах, рицкъех пайдаоьцур бацара, нехан долаллина тIе куьг кховдор дацара, адамаш дойур дацара. Церан дегнаш чохь хьагI-гамо, мекха, сутаралла, куралла хир йацара. Уьш собаре, къинхетаме хир бара, царна йуккъехь барт, марзо хир йара, къен-мискачунна орцахбовлуш, гIo деш хир бара.

Iела къона волуш йуьртан гуламехь низам хуьлура. Къеначарна а, къоначарна а шайн-шайн меттиг ларйан хаьара. Баьччера пурба доцуш цхьа а вист ца хуьлура. Цхьаммо къамел деш, цунна йукъа а ца лелхаш, лерина ладугIура. Гуламо тIеэцна сацам, йина кхел цхьа а дIасахьийзор доцуш кхочушйора.

Таханлерчу гуламехь уьш дацара. Баккхий нах, мичахь бу а ца хууш, бист а ца хуьлуш, хевшина Iара. Царах баьчча а, къаной а муьлш бу а ца къаьстара. Цхьаммо къамел деш, цуьнга ладугIуш стаг а вацара. Собар дацара. ОьгIазе маьхьарий хьоькхура. Веккъа цхьана Овхьад цIe йолчу стага бен, хьекъале, пайден къамел ца дира цхьаммо а. Бисинчара вовшашна тIехбеттамаш бора, Iиттарш йора, вовшийн сийсазбора.

Доцца аьлча, Iела махкахваьлла лелачу оцу шовзткъа шарахь, тIе галбовлар бен, хьекъале, кхетаме, иймане ца баьхкинера Гати-Юьртара нах. Изза хир ду-кх нохчийн кхечу йарташкахь а.

Замано а, Iедало а къинхетамза болх бинера нохчийн къам шен оьздачу гIиллакхех а, амалех а дохорна тIехь…


2


Оцу дийнахь суьйранна бен шен хIусаман да ца гира Iелина. ХIара Iуьйранна хьалххе гIеттина араваьлча, рогIехь жа дажо вахана иза суьйранна бен цIа ца веара. Шайн хьешо божали чуьра кхелли дIайаккхар хиъча, оьгIазвахана, зудчунна дов дан вуьйлира.

– ХIай, стаг, хIай, ахь соьга хIун де боху? – йелха ийзайора бехкалъйахана хIусамнана. – Вайн устазора, ца хиъна суна цо динарг делкъехь бен. Ас пхьарс лаьцна ийзаварх, чу а ца веара, даккха гIертарх, шада соьга схьа а ца делира. Ахь сайн бехк бийр буйла хууш, со-м дукха гIиртира цуьнга и дIа ца йаккхийта.

Дарвелла хIусамда генавала воллийла хиъначу Iелас хала меттавалийра, дерригенна а ша бехке ву, мукъалла са а гатделла, хIусамнене а ца хоттуш, и болх шеггара бира ша аьлла.

Iелас хIусамдега дийцира тахана ша йуьртан гуламе нисвалар, амма цигахь дуьйцуш шена хезначух дош а ца элира.

– Цигахь хилла воццушехь, хаьа суна йуьртдас хIун дийцина, – цавашаре куьг ластийра хIусамдас. – Iедалан налогаш а, гIуданаш а дIатакха деза, ца такхахь, тражникаша, схьа а баьхкина, кертахь мел долу xIyмa дерриг а лаххьийна дIахьур ду, баьхна хир ду цо. Хьесап дина ца валлал дукха йу и налогаш, цхьацца цIерш а техкина. Ког а тасабелла, галвалахь а гIyдa туху. Йуьрта мел веана а, йуьртахула чекх мел волу а хьаькам кхаба веза, цунна говраш, гIудалкх латто йеза дIасавига. Сайн шина старах чомахь дезар эца йиш ца хилла сан цкъа а. Даим дIа Iедалан гIуллакхашна лаьхкина лелош. ДIадаханчу шарахь йетт белла сан, бердах а бахана. Цунна тIаьхьара шинара тIедогIучу шарахь бен дехкар дац. Кертахь шура йоккхуш бежана ца хилча, берашна дан xIyма ца хуьлу. Суна тIехь пхи туьма Iедалан налог йу. Йуьртдас а, писаро а тIе мосазза кхечи а, керта хIуьттуш дIайоьху иза. Ас мичара ло Iедална пхи туьма налог? Аттана тIаьхьа кхиъна дохкуна духкур ду, олийла а дац. Шиннах цхьа сту боьхкича, ши куьг а хаьдда вуьсур ву. Стохка тражникаш а балош веанчу пурстопа налогана дуьхьал кIудал а, тиша куз а баьхьна сан. ХIинца, базара йаьккхича, мах хоттур болуш хIума йац сан декъа тIехь. Тхешан ден хилла герз дахьа гIоьртича, царна дуьхьало йира ас. Оцу тIехула оьгIазло а йина, суна тIера ах декхар бен дIа ца даьккхира. TIe къорза истанг а даьхьира. Зуда, и саьрамсекх а, кад а, оккхало а лохьа соьга, берам кечбе ас.

ХIун дара а хаац, хIокху хIусамехь хан мел йолу, ша цхьа дагна гергарчу адамашна йуккъехь волуш санна, паргIат хетара Iелина. ДегIана цхьа хаза там беш йара товханехь йогу йоккха летта цIе. Буркъаш туьйсуш, кхехкара товханарчу очакха тIе хIоттийна кIай долу чуьйнан йай. ЦIенкъахь, голаш тIе а лахйелла, хьолтIамаш йеш йоллура хIусамнана. Хьакхийна ахьаран межарг, холаха бухь баьккхина, ирахь лаьттара текхахь. Цунах кIез-кIезиг межаргаш а дохуш, цкъа буйнахь горгдеш, тIаккха, кера йуккъе теIош, чIапдеш, цхьана агIор текха охьадохкура цо. Жимахдолу кхо бер а доллура, нанас шайна беллачу межаргех йина кегий сискалш алу тIехь йатта гIерташ, товханна хьалха хьийзаш.

– Гуттар а хьийкъина деанчу шарахь тхешан йалтица халла бIаьстенга довлу тхо, – дуьйцура хIусамдас, саьрамсекхан цергаш цIанйеш. – Цхьа йетт, ши стуй Iаьнах баккха Теркйисте боьлху кхузара цхьаболу нах. Масех стаг цхьаьнакхеташ, мехах дежийла а лоцуш. Мах луш, цхьана ханна лело латта а оьцу. Латта долчу деца йукъахь и лело а боьлху. Хала хуьлу доьзалх а, йуьртах а ваьлла, цигахь масех баттахь болх бан. ГIаддайна боьлху-кх. ХIинца цига латта лело дахар а, Iаьнах даха цига даьхни дигар а дихкина, боху, тхуна БуритIарчу цхьана воккхачу хьаькамо. Оцу берашкахь дерг го-кх хьуна, Iай кху чуьра арадовла де дац церан. ТIедуха а дац, когадуха а дац. Берзина бу. Боцу аьтто, тIеетта налогаш. TIeхула тIе, цкъацкъа, балабой, йуьрта масех баттана салтий ховшабо нахе кхабийта. Цара дуург-мерг новкъа дацара, тхан делахьара. Шайна доьгIнарг бен дуур дарий цара? Новкъа дерг кхин хуьлу. Оьздангаллех чо бац церан догIмашца. Хьакхарчий йу-кх, боьха хьакхарчий. Шишша-кхоккха охьахааво xIopa керта. Шайн вopхIe ден баьрчехь санна, эвхьаза лела. ТIекхаьчнарг йуу, хазйелларг дIаоьцу. Кертара говр а, стерчий а, ворда а церан гIуллакхна кийча, даим дIахIиттийна хила деза. Кертара а, арара а хьайн гIуллакх дойла мичара хуьлуьйту хьан. Салтий дIабахча, йуьртахь йекаш котам хезар йац хьуна. Лаххьайой йуу. Маьттаза йаппарш йо. Цхьадика, зударий а, бераш а ца кхета церан маттах. Йа царах летта, вала веза, йа уьш а ловш, котам санна, таьIна Ieн веза. Цкъацкъа ойла хуьлу, царах а, хIокху Iедалх а летта, велург вийна, Зеламхин тобанах дIакхета. ТIаккха а доьзална, кегийчу берашна хIун дийр ду а ца хуий, сатухий, соцу.

Iелина тахана мосазза а хезнера наха оцу Зеламхин цIе йоккхуш.

– И Зеламха мила ву?

ХIусамда, цецваьлла, хьеше хьаьжира.

– Хорачойн Зеламха вуьйцу ца хезна хьуна?

Iела вуьйхира. Зеламха цIейаххана стаг хилча, Оьрза-ГIалахь ца вевзаш йа вуьйцу хазаза хуьлийла а ма дац. Оцу тIехь ша гучуваларна кхеравелира Iела.

– Вуьйцу хезна суна, амма цунах лаьцна тайп-тайпана хабарш ду тхан агIор.

– Зеламха мила ву, хоьтту ахь? Зеламха обарг ву. Цуьнца бу уггар майра нохчийн, гIалгIайн кIентий. Иза паччахьан Iедална дуьхьал гIеттина, цо бекхам оьцу къизачу, йамартчу хьаькамех, гIийла-мискачеран догъоьцу. Иштта ву-кх хорачойн Зеламха!

Пхьор диъна, шаьш паргIатдевлча, ларлуш, шен доьзал хетта вуьйлира Iела.

– Шовзткъа шо хьалха дика таро йолуш вехаш вара со. Сан долахь аьчган пхьалгIа, дика беш, ши говр, бежанаш а дара. ХIетахь сих-сиха хIокху йуьрта вогIура со, нахана цхьацца гIирсаш а бохка, пхьола а дан. Оцу заманахь кхузахь, хIоккху йуккъехь, цхьа хьаша вара сан, со тIевуссуш. Хонкара а вахана, шо а даьккхина, цIа веача, дукха хан йалале лаьцна, Сибрех вахийтира иза. Оццу хенахь сан гIуллакхаш а галдевлира. Доьзал хене баккха гIерташ, Донехула, Кубанехула, дуьне мел ду волавелла лела дийзира сан. ХIетахь дуьйна вовшийн гина вац тхойшинна йа, хIyн хилла а, ца хаьа.

ХIусамдас цецваьлла ладоьгIура хьешан къамеле. Гуш дара, иза цхьаъ дагадаийта гIерташ хилар.

– ЦIе хIун йара хьан хьешан?

– Цуьнан цIей… – ойла йечуха, тховх хьалахьаьжира Iела. – Цуьнан цIе Iела йара, моьтту суна. Суна дагахь, шел воккха цхьа ваша а вара цуьнан. Иза а Хонкарахь вийнера.

– Сийсара ахь хьайн цIe Андри йу аьлча, охьавижначул тIаьхьа дукха ойла йира ас, и цIе йохуш суна мичахь хезна-те бохуш. ХIинца дагадеа. Мацах цкъа, со жима волуш, тхайн нанас дуьйцу хезнера суна, аьчган пхьола дан кхуза вогIуш, Андри цIе йолуш, Оьрза-ГIалара цхьа гIалагIазкхи вара бохуш. Оцу гIалагIазкхичо шайна дуккха а гIо дина, олура цо. Хьо хилла-кх иза.

Iела дуьххьара гуш санна, лерина цуьнга хьаьжира иза.

– ТIаккха, оцу сан хьешах Iелех хилларг хаьий шуна?

– ХIетахь лаьцна, Сибрех вахийтина иза, кхин хабар доцуш, вайна ткъе берхIитта шо ду. Цуьнца лецнарш а байна, иза а вайна.

– Суна вевзинчу хенахь зуда а, ши кIант а дара цуьнан. Царах хIун хилла-те? – садаIар сацийна, ладуьйгIира Iелас.

– Цхьаберш дийна бу.

Хазахетта, Iелин дог тохаделира.

– Мичахь бу уьш? ХIокху йуьртахь буй?

– Бy дера. Цуьнан жимахволу кIант ву со, ткъа…

ДIахьажавеллачу хIусамдена гира бос баьхьна, макхвелла шен хьаша.

– Ой, хьуна хIун хилла? – хьалаиккхира хIусамда. – Же, ма Iелахь, зуда, шийла хи далахь!

– Ца оьшу, – меллаша хIусамда дIахилийра Iелас. – Цкъацкъа коьрте цхьа чIогIа лазар туху суна. Сихха дIадолу. ХIинца дIадели. ТIаккха, дийцал ахь. Хьан цIе хIун йу?

– Iусман.

– ХIаъа, Iумар, Iусман йарий цуьнан шина кIентан цIерш. Iумар хIун деш ву?

Iycманан йуьхь кхуьйлира.

– Iумар воцуш ву…

Iелин дагна кхин а цхьа чов хилира, амма дерриг а лан Iеминчу цо сатуьйхира.

– Муха хилла цуьнан Iожалла?

– Iаьлбаг-Хьаьжина тIаьхьа а хIоьттина, тIаьххьара де тIехIотталц тIом бира цо. Цкъа чIогIа чов хилира. ГIаттам хьаьшначул тIаьхьа нах леца йуьрта салтий баьхкича, церан кара ца ваха, вада гIоьртира иза. Салташца хиллачу тасадаларехь Iожалла хилира цуьнан.

Хилларш карладевлла, цхьана йукъана вист ца хуьлуш, ойланашка велира и шиъ.

– Iелин вешин зуда а, кIант а дара. Цаьршиннах хIун хилла?

– Цуьнан зуда пхи шо хьалха кхелхина. КIант волуш ву. Дукха xан йоццуш хIокху эвларчу шина стагаца японца болчу тIаме вахана иза.

Хьаша йуха а дIатийра.

– Шайн ден цIенош хилла меттиг дIа хIунда тесна аш?

– Тхан цIенна товш йацара иза. Оцу меттига тIехь тхан ден дас дина цIенош а, тIаьххьара а тхан дас дина цIeнoш а дагийна. Иза-м хьалха тIом болуш хиллера. Ткъа цул тIаьхьа тхан дас шозлагIа доьгIна цIенош а, иза лаьцна Сибрех а вахийтина, пурстопа дагадайтира. Наха олура тхоьга, и меттиг шуна товш йац, шун цIийнах висина ши кIант хIаллакьхилахь, цIийнан кIур бовр бу, меттиг хийцийша, олий. ТIаккха, меттиг а хийцина, кхузахь xIapa цIенош дира оха.

– Шун ненан цIе xIyн йара? – хаьттира Iелас эххар а.

– Айза.

– Ткъа цунах хIун хилла, йолуш йуй иза? Дукха къанйеллий?

– Дера къанйелла.

– Хьоьца йехаш йац иза?

– Йац. Кхечухьа марехь йу.

Оцу дешнашца Iоьттина, Iелин дагах чекх шаьлта йаьккхира Iусмана. Шен коьрта тIехь ларбелла масех Iаьржа чо оцу минотехь кIайбелча санна, шен дегI кхин тIе а букархьаьвзина, IаддаргIа хилча санна, хийтира цунна. Шен дахарехь дуккха а баланаш, халонаш лайнера Iелас. Амма цуьнан дегI, дахар, деши санна, цIена дара, цхьа а тайпа эхьан томмагIа доцуш. ХIинца, къанвеллачу хенахь, вала гергаваханчу хенахь, ша дийна а волуш, зуда маре а йахана, эхь деана цунна тIе. Шена а, шен накъосташна а тIехь хIиттинчу акхачу эрчонийн теш хиллачу, бIозза Iожаллина дуьхьал хIоттарх бIаьрнегIар ца тоьхначу Iелин дог, жIормаках тардеш, хабийра кIанта аьллачу кхаа дашо.

«Гора, Айза, йаI! Хьо дийна а йолуш, хIокху хьолехь карочул, хьо йелла а йолуш, хьан коша тIехIотта дезаш хилла велара со. Йа суна сайн Iожалла карийна йелара генарчу Сибрехь… Амма сатоха ахь, декъаза Iела, дукха хан ца йисина дуьненан баланех хьо чекхвала», – элира цо шега шен дагахь.

Хеттарш а совцийна, ойлане ваьллачу шен тамашийначу хьеше а хьоьжуш, дIатийра Iусман а.

– Делхьа, Iусман, хьуна совйаьлла хилла-те нана? Воккха кIант а волуш, Сибрех вахийтина майра дийна ву-вац а ца хууш, маре хIунда йахана хьан нана?

– Нана совйер йац цхьанна а. Суна хIетахь а йезара сайн нана, хIинца а йеза. Ткъа сан да цо цхьана минотана а ца вицвина. Жима волуш дуьйна хала кадетташ, Iyмap а, со а кхиийра цо. Iyмap вийча, со цхьаъ висира цуьнан. Цул тIаьхьа иттех шо а делира. ХIокху йуьртара цхьа дика стаг висинера, зуда а йелла. Мухха делахь а, цхьана наха оцу стагана хьахийнера тхан нана. Иза къобалдо, бохура, тхан ненан дас. Оцу деношкахь даим гIийла, кхоьлина, бIаьргаш цIийбелла хуьлура нана. Цхьана дийнахь тхан ненан дас, ша волчу дIа а кхайкхина, къамел дира соьга. «ХIapa къамел хьуна дезар доцийла, хаьа суна, – элира цо. – Нана маре йахийтар кIанте хьехор оьзда доцийла а, хаьа. Амма, xIapa къамел хьоьга ца дича, валац со. Вайн эвларчу Акхболатан Ахьмадана хьахийна Айза. Ас а, Айзас а тIе ца дитира и захало. Амма наха оцу захалонна йукъаваьккхина сан устаз. ХIусамда велла йа доьза вайна цхьа хан йаьлча, бусалба дино а, нохчийн Iадато а зудчунна маре йаха бакъо ло. Кхузахь эхье-бехке xIyмма а дац. Шу ши кIант а кхобуш, йерриг а къона хан дIайахана хьан ненан. Велларг йуха ца вогIу, дийна висинарг ваха везаш а ву. ХIинца, хьо воцург, шун цIийнах боьрша стаг йа зуда а ца дисина. Нанас цхьана дена вина цахиларх, ваша а, йиша а хуьлу. Айза кхечухьа маре йахча, хьуна вежарий, йижарий хиларе дог а дохура ас. Айзас-м шега хьеха а ца дойту маре. И захало дар доьхуш, тховса суна тIе стаг воуьйтур ву устазо. Устазан дехар йухатоха бакъо йац сан. Амма хьан бертаза иза хуьлийла а ца лаьа». Сайна мел хала хиллехь а, ненан дена луучунна тIетайра со.

– Оцу Акхболатан Ахьмадехь йу иза?

– Йу.

Iелас ойла йира…


3


Цунна карладелира тIеман тIаьххьарчу шеран аьхкенан цхьа довха де. Стаг йукъа а ца гIорталуш йуькъачу, дIаьвше кIохцал долчу оьртханан коьллаша дIалаьцна гезлойн аре. ЦIеххьана Хошкалдана тIегIоьртина инарла Бакланан дошлойн эскар. Оцу гонахарчу шина-кхаа йуьртара зударий а, бераш а регIаца йолчу йарташка дIакхалххалц, нохчийн оцу агIор болу ницкъ гезлошний, хошкалдахошний тIехьарчу дукъаца чIагIбаллалц, и тIегIерта оьрсийн эскарш совцо дезаш йа вала везаш дIахIоьттина ши бIе гергга нохчо. Царна йукъахь вара Iела а. Де делкъанга даьлча, тIеетта йолийнчу йаккхийчу тоьпаша бухйохуш, ирхъоьхуьйтура оьртханан коьллаш. Дага дуьйлира хошкалдахойн цIенош. Йухадовлуш, дIайадо аьтто хирриг, шайн ши йоккха топ гу тIе, варшахь къайленга а хIоттийна, царна кхераме йоцчу метте хьуьна чохь говраш дIа а йихкина, мостагIа тIекхачаре хьуьйсуш Iapa хIорш.

Дуьне къардан санна, оьрсаша цхьана-шина сохьтехь тIeйиттинa йаккхий тоьпаш жимма лагIйелира. ХIоьънаша аьттачу оьртханан коьллийн арахула шуьйра йукъ дIалаьцна хьалха доладелира гIашлойн эскар. ХIора минотехь гергайогIура йеттачу вотанийн гIoвгIa. Малхехь лепара салташа хьалха лецначу тоьпашна буьххьера ира цхьамзанаш, эпсарийн белшаш тIера дешин хьесан кIужалш. Эскар гергакхаьчча, йека йолайелира кегийчу тIулгех йуьзна хIокхеран ши йоккха топ. Нийса ниша лоцуш, хIокхара дуьхьалйеттачу тоьпийн дIаьндаргаша охьабохкура хьалхарчу могIаршкара салтий. Амма уьш, цхьа а леш воцуш санна, хьалха гIертара. ХIинца шера къаьстара церан къиза йаххьаш. Наггахь совцуш, бертахь тоьпаш а тухуш, зингатий санна, хьалха гIертара уьш. IелагIеран жимачу бIона йуккъехь байъинарш а, чевнаш хилларш а бара. Цхьаболчара уьш peгIa дIакхоьхьура, вукхара мостагIа сецавора. Эххар а мостагIчуьнца чуьччабахара уьш. Йукъ-кара бен топ йолу а ца хезаш, дека доладелира болат.

Бист а ца хуьлуш, оьгура шина а aгIopxьapa. Амма IелагIар йуха ца бовлура. Йухабовлийла а дацара. Шайна тIехьа лаьтта зударий а, бераш а кIелхьардаххалц мостагI сацо везара. Iелина гира шина салтичо цхьамзанаш Iоьттина хьалаайбина Iаларойн Вара йуьстахкхуссуш а, мескатахойн Эдала оцу шиннах цхьанна гайх шаьлта Iуттуш а, вукхунна некха тIе а таIийна, тапча тухуш а, говра тIера охьа а кхевдина, цо Вара хьалавоккхуш а. ЦIийн Iовраш, узарш, кIур, шаьлтанийн, цхьамзанийн лепар, терса говраш…

Салтий кIез-кIезиг йухабуьйлура, амма геннахь гучубевлира коьллашкахула чаболахь богIу дошлой. IелагIap, шайн ши йоккха топ а такхийна, боьлака йуха а бевлла, дойшна тIехевшира. ХIинца уьш бIеннал кIезиг бара, итт мостагIчунна дуьхьал цхьаъ а ца кхочура. XIун дийр ду ткъа, шаьш белла а, кхин а цхьана сохьтехь мостагI сецо везара цара.

ХIинца уьш говраш тIехь тасабелира. Iелина уллохь каде хьийза Акхболатан Ахьмад. Цуьнан шина а буйнахь цхьацца тур ду. Аьтту а, аьрру а – шина а aгIop мостагIий цоьсту цо. Iелин цхьа ност кIел а йуьтуш, охьакхета цуьнан говр. Цунах маршавала гIертачу Iелин аьтту белш дIаьндарго йагайо. Ша хIетта цунна тоьхна, кIур туьйсу тапча доьхкарх а йуллий, тур ойу хьаьрсачу дошлочо. Iелас шен сих дог дуьллу. Амма оцу минотехь хьаьрсачу дошлочун корта белшах къаьста. «Воха ма вохалахь, Iела! Суна тIexьа говра вала!» – мохь бетта Ахьмада. Iела говра тIе хьалавала гIоьрту, амма ницкъ ца кхочу. ТIаккха Ахьмада шен андийчу куьйгашца озийна хьала а ваьккхина, шена хьалха пурхалла вуьллу иза.

Цул тIаьхьа шех хилларг ца хиира Iелина. Буьйсанна йуккъехь синкхетаме веача, цунна йуххехь хевшина Iаш бара Аьрзу а, Маккхал а, чов хилла пхьарс кочахь Акхболатан Ахьмад а…


4


Iела, доккха са а даьккхина, Iусмане хьаьжира. Хаац, цо стенан ойла йора, цунна а хIун карладаьллера. Амма иза а вара, куьйга корта а лаьцна, гIайгIане-гIийла.

Акхболатан Ахьмад, йуьртахо хилар бен, гергара а, йа доттагIалла долуш а вацара Iелин. Амма иза вуьззина къонах вара, цIахь а, арахь а шел дика кхин хуьлийла доцуш, тешаме а, дика накъост а вара. Iелина цкъа а ца дицлора хIетахь цо ша Iожаллех кIелхьарваккхар.

– Муха стаг ву и Ахьмад? – хаьттира Iелас.

– Дика стаг ву. Суна а, да санна, дика ву.

– Ткъа Айза реза йуй цунна а, шен маренна а?

– Нанна а дика ву. Массарна а дика ву иза. Aмма сан нана ирс дайна, декъаза зуда хилла. Шa цIа мосазза йoгIy, тхан хьалха хиллачу беша а йоьдий, цIенойх бисинчу борза тIе охьа а хуий, дукха йоьлху иза. Тхан да ца вицло цунна. Амма Ахьмадана хамталлаш а ца йо. Мацах цкъа Ахьмада цхьана тIамехь тхан да Iожаллех кIелхьарваьккхина, боху. Цунна а чIогIа сий до ас Ахьмадан.

«Маржа, Айза, йаI! Цхьаьнакхета хьоьгуш ма дукха лийлира вайша, цхьаьнакхетча, безамах марзо ма кIезиг ийцира вайша. Вайшинна вовшийн ца дезний, вовшашка са ца тийсина а ца къаьсти-кх вайша вовшех. ХIун дийр ду ткъа, Дала азаллехь иштта йазбина хилла-кх вайшиннан кхоллам», – ойла йора Iелас.

Йерриг а къона хан а, безам а, тешам а шена схьабелла, шеца цхьаьна а, ша Сибрехь волуш а йагарйина ца валлал дукха халонаш лайна Айза ган сатеснера цо. Амма иза муха гур йу цунна? Церан хIycaмe гIойла а дац, кхуза схьакхойкхийла а дац. Цуьнан кхин хIусамда ма ву. Амма ган йеза, мухха гина а. Айза гича, цуьнан озе ладоьгIча, шен кийрара бала байлур болуш санна, цо иза ах дIаоьцур болуш санна, хетара Iелина.

– Генахь йехаш йуй Айза?

– Йац дера. Цхьа масех цIа ду тхуна йуккъехь.

– Цигахь дина бераш дуй Айзин?

– Цхьа кIант, цхьа йоI ду.

«Дика ду-кх иза а. Сан кIантана ваша ву-кх. Амма суний, Айзиний йуккъехь боккха берд а бу-кх иза».

– Кхайкхича, схьайогIур йарий-те Айза?

– ХIунда ца йогIу?

– Цо кечбина дукха кхача биъна ас цуьнан хIусамехь. Со гича, вовза а мегара цунна. Оьрза-ГIалара веана Андри цIе йолуш цхьа гIалагIазкхи ву хьо ган лууш, нагахь йогIийла делахь, схьайола, алахьа цуьнга.

– Иза хала доцург ду, – зудчунна тIевирзира иза. – Хьада, йалол, зуда, нана йолчу а гIой, иза схьакхайкхал. Оьрза-ГIалара веана Андри цIе йолуш, цхьа гIалагIазкхи ву хьо ган лууш, ала.

ХIусамнана, сихха ара а йаьлла, йахара. Iусман шайн халчу дахарх лаьцна цхьацца дийца вуьйлира. Амма вист а ца хуьлуш, леррина ладоьгIуш велахь а, Iелина ца хезара цо дуьйцург, иза дог детталуш хьоьжура неIаре.


5


Iелас, неIаре бIаьрг а бетташ, сема ладоьгIура арахь когийн тата хазаре. ХIетте а шена хезаш санна хетара цунна маситта шо хьалхалера Айзин самукъане аз, дог хьоьсту йелайалар. Хан мел йели, гатделла детталора дог. Набарх санна хезара Iусманан балхамаш. Эххар а цо дуьйцучунна тIейирзира Iелин ойла.

– Хала ду, Андри, тхан дахар. Латта кIезиг ду тхан. Ткъа тхан дерриг а хьал лаьттаца ду. Хьалха Теркан йистошций, Соьлжа-хиций хилла нохчийн уггар дика латтанаш паччахьо, дIадаьхна, шун гIалагIазкхашна делла. Цигара меттахбаьхна, иттаннаш эзарнаш нохчий кхуза лаьмнашка кхелхина. Цара йолчу тIе а гатто йина тхуна, латта къийдина. ХIетахь дуьйна дерриг а тIекIел xIoкху кIажахь дохку тхо.

– Дерриг а ахь ма-дуьйццу а дац и, Iусман, – йукъахваьккхира иза Iелас. – Шун лаьтта тIе гIалагIазкхий баха ховшар бакъ ду. Шайн цIийца оьцу гIалагIазкхаша шайна луш долу латта. Паччахьо и латта ло царна, муьлхха а тIом хилча, шайн герзаца, говрашца, духарца тIаме боьлхург. ГIалагIазкхийн а дац массеран а латта. Нийсса ах сов гIалагIазкхий лаьттан коржам а йоцуш, даьхни доцуш, къен бу. Ткъа инарлийн, эпсарийн, хьолахойн долахь бIе, эзар десятинаш латта ду. Царна Беци къен гIалагIазкхий. ТIехула тIе, шуьгара дIадаьккхина латта цхьана гIалагIазкхашна делла ца Iа. Шун мохк дIалоцуш паччахьан Iедална гIo динчу нохчашна а, луларчу кхечу къомах нахана а делла.

– Иштта хила а тарло. Сан долахь цхьа кха ду, куйна кIел хоьур долуш. Ткъа тхан йуьртан мохк цхьана иттех стеган долахь бу.

– Царна мичара хилла и мохк?

– Iедалан хьадалчаш а, йалхой а хилла, нах бухкуш, талораш деш, хьарам, йамартлонца карадеанчу ахчанах эцна-кх. Хьаьнгара эцна? ТIамой, мацаллой, къеллой, паччахьан Iедалой божарий а баьхьна, шайн долара лаьттан коржам дуьйш-дерзош лело ницкъ боцуш, берашна сискал а йоцуш, кIелбисинчу зударшкара цхьа сахь, гирда йалта а луш, эцна-кх. Йа и зударий, бераш Iехош. Йа кхерош, шайн доладаьхна. Йа цхьадерг, ахь ма-аллара, Iедало совгIатана делла.

Нийсо йацар, харцонаш, йамартлонаш Iелина дукха гинера туркойн а, оьрсийн а мехкашкахь. Амма харцо ца йезачу, ворхIе дайшкахь дуьйна оьзда, къинхетаме хиллачу бусалба нохчашна йукъахь ишттаниг хир ду, ца моьттура Iелина. Цунна дагадеара ши бутт хьалха Петрос шега дина къамел: «Оьрсийн паччахьо шайн мохк дIалаццалц элий, хьоладай боцуш, шайн лаамехь даьхначу нохчийн къомана ца йевзина харцонаш, йамартлонаш, къизалла. Амма хIинца шуна а йевзар йу. Шу а декъалур ду шина декъе – хьолахошкий, къехошкий. Хьалхарчара и шолгIанаш Iазапехь, лоллехь латтор бу. Хьолахой кIезиг бу, къехой дукха бу, амма паччахь а, Iедал а, дин а, эскарш а хьолахошкахьа ду. Хьайн махка цIа вирзича, и дерриг а хьайн бIаьргашна гур ду хьуна». ХIетахь Iела ца тешара Петрос шега дийцинчух. Ткъа хIинца иза бакъ карийра цунна.

– Муьлш бу-те и Делах бевлла нах?

– Айхьа хIун дуьйцу хаьий хьуна, Андри? – велавелира Iусман. – Царна-м ца моьтту шаьш Делах девлла! Шаьш Делан уггар гергара нах хета царна. Панта-Хьаьжина, Хьуьса-Моллина, Iабдина, СаьIадна, ИнарлагIарна, ЧIонакъагIарна. Уьш а, кхин а бу хIокху йуьртахь, хIара дерриг а дуьне дIахуьйдича а, бузур боцуш!

«Шун а, тхан а динехь, йа, вуьшта аьлча, бусалба а, керста а динехь, Дала аьлла бохуш, дуьйцу, ша адамаш цхьатерра бакъонаш йолуш, маьрша кхоьллина, царна массарна а рицкъина Iалам а кхоьллина. И Iалам дерриг а адамийн йукъара ду, цхьадолчу адамашна эшам а беш, кхечаьрга иза шайн дола ма хьийзаде, боху Дала. Ша массарна а цхьатерра бакъонаш а, маршо а йелла, вовшашна йуккъехь нийсо ларъе, ницкъболчара гIорасизнаш, гIийланаш, къен-мисканаш охьа ма теIабе, уьш лоллехь ма латтабе, цаьрца харцонаш, йамартлонаш ма лелае, ша жоп доьхур ду шуьга, ша бекхаме таIзар дийр ду шуна, боху Дала. Амма вайн динадайша Дала бохург ца до, цара дин хьолахошна, ницкъболчарна пайдехьа хьийзадо. Паччахьаш а, церан хьаькамаш а, церан Iедал а Делера ду, уьш Делан лаамца лелаш бу, царна муьтIахь хила деза, дуьненахь халонаш, баланаш лайнарг эхартахь декъала хир ву бохуш, хьоьху динадайша къехошна. Амма шаьш хIокху дуьненахь декъала хила гIерта, дуьненан хьал-бахам гулбо цара Дала хьарамдинчу некъашца», – дуьйцура цуьнга Петрос.

Цуьнан дешнаш бакъ хилар чIагIдира тахана гуламехь къамел динчу Хьуьса-Моллас.


6


Iела оцу ойланех йукъахваьккхира уьйтIа деанчу когийн татанаша а, зударийн аьзнаша а. Iелин бIаьргаш неIарна тIебогIабелира. Ткъе берхIитта шо хьалха ша цунах дIакъаьсташ ма-хиллара, къона Айза оцу неIарх чоьхьайаларе ладоьгIура цо. Амма неIарх чоьхьайаьлларг кхин зуда йара. Карахь Iaca а йолуш, букархьаьвзина йоккха стаг…

Iаса нeIapaн соне а хIоттийна, коьртах хьарчийна доккха кIинжийн кортали cxьa а даьстина, несан кара а делла, хьеше маршалла а хаьттина, товханна хьалха кхакханан миндар тIе охьахиира иза.

– Алахьа цуьнга, Iусман, хьо гича, сайн кIентан да, денвелла, цIа веача санна, хазахийти суна, тхо цадицдарна нанас баркалла боху хьуна, алий.

– Суна цкъа а ца вицлора Iела а, хьо а, шун доьзал а. Ас дукха сатийсира шу гape. Амма xIapa дуьне вайн лаамашка а, сатийсамашка а ца хьоьжу. Вай вовшашна ца гуш йаьккхина хан ас хIокху махкана генахь йаьккхина. Хено а, замано а къандина вай. Кхечухьа тIеттIакхаьчнехь, вовшийн девзар а дацара вайна.

– Бакъду иза, Андри. Шовзткъа шо гергга хан йу вайна вовшийн ганза. Амма суна цкъа а ца дицло со Iеле йеанчу шарахь, тхойшиъ тхаьшшиннан бен тарбан гIepташ, эшамо Оьрза-ГIала далийча, ахь тхойшинна дина гIуллакх. Тхойшинна йетта гIалагIазкхий тIегулбелча, Корнес кIелхьардаьккхира. Ахь шайгахь буьйса а йаккхийтина, маьхза тхойшинна оьшург а йелла, шолгIачу дийнахь новкъа а даьккхина, цIа хьажийра. Ас сих-сиха дуьйцура иза шина кIанте… Iусманна а ца дицделла иза…

Айзин кIоргга хьех чуэгначу кхоьлинчу бIаьргаш чуьра схьаIийдало хиш, цуьнан беснеш тIерачу хебаршна йуккъехула меллаша сетташ, хьийзаш, охьадуьйладелира.

Вист ца хуьлуш, лерина цуьнга хьоьжуш Iачу Iелин хьаьжа тIе, берцан буьртигаш санна, кегийра хьацаран тIадамаш хIиттира. Лергаш долу кхакханан куй коьртара схьа а баьккхина, хьаьжа тIе хьаькхира цо. «Ас хIун де-те? – хоьттура цо ша-шега. – Со вовзийта-те ас, йа сайх догдиллинчу xIокxapнa ца вовзуьйтуш, тийна-таьIна Николаз волчу Гуьржех дIагIо-те со? Хьайн де доьхна, гIо эшна меттиг нислахь, ша волчу дIавола, ма аьлла цо соьга. Нагахь санна уьш маршонан гIуллакхна гIовттахь, къена велахь а, церан могIаре а хIуттур со. Хьанна хаьа, шаьш маьршабевлча, соьца каторгехь хилла накъостий а цига бахка а ма мега…».

Хьаьжа тIера хьацар дIадаккха Iелас коьртара куй дIабаьккхича, Айзин къамел, мотт сецча санна, цIаьxхьана хедира. Цуьнан бIаьргаш къаьрззина Iелина тIебогIабелира. ТIаккха меллаша хьалагIеттина, цунна тIе а йахана, Iелин хьаьжа тIерачу бехачу, цIечу муонах дайн куьг хьаькхира цо.

– Нагахь со эсах йаьлла йацахь, xIapa муо ас йерзийнчу чевнан муо бу-кх, – элира цо шабарца, тIаккха Iелина а бен ца хезаш кхайкхира: – Iела?

Iелин корта, шина а куьйга къевлина схьа а лаьцна, шен некха тIе таIийра Айзас.

– Iала-а-а! Хьанна моьттура, хьо дийна хир ву… Тахана со йеллачу хIунда ца кхечи хьо, Iала-а-а?..

КIант а, нус а, цецдаьлла, дист ца хуьлуш лаьттара, Айзас лелочуьнга а хьуьйсуш. Iусман ца кхетара шен нанас лелочух. И муьжги мара а къевлина, хIокхуьнан ден цIе хIунда йоху цо? Шен майрачун доттагI гича, майра карла а ваьлла, эс галдаьлла-те цуьнан?

Айза, дегI а малделла, ша йолччохь цIенкъа охьайахара. ТIехьаьддачу Iусмана, пхьаьрсаш кIелхьара схьа а лаьцна, айъина маьнги йисте охьахаийра иза. Несо, марненан йуьхьах шийла хи а хьаькхна, масех къурд байтира цуьнга. Ша саметта йеача, шиний куьйга схьалаьцна корта охьа а бахийтина, цкъа мохь олуш, тIаккха узарш деш, сауьйзуш, шиний aгIop дIаса а техкаш, йелха йуьйлира. Иза йоьлхучуьра саццалц цхьа а вист ца хуьлура цIа чохь. Шен дог а Iабийна, эххар а йоьлхучуьра сецира Айза. Iусман шекваьллера нанас лелочух. Нанна хьалха охьа а лахвелла, цуьнан голаш тIе куьйгаш дехкира кIанта.

– Ахь лелориг хIун ду, нана? И муьжги мара хIунда къевлира ахь? Хьо хIунда йоьлху? Коьрте лазар-м ца деана хьуна? – хеттарш дора цо.

– Нана лойла хьан, Iусман! XIapa-м муьжги ваций, хьан да вай! – йистхилира иза эххар а. – Цуьнан хьаьжа тIехулара муо ца гo хьуна?.. Ас хьоьга дукха ма бийцира иза…

Iусманна хIинцца гира и муо. Тховса бен, хIокхарна гуш бIаьштига тIе таIийна коьртахь латтош болу и куй дIа ца баьккхинера хьешо. Хьала а гIеттина, Iадийча санна, Iеле хьаьжира Iусман. ТIаккха, хорша йеача санна, балдаш а, чIениг а йегийра цуьнан.

– Дадий? Дада! – мохь аьлла, тIекхетта, иза маравоьллира Iусмана. – Хьо хIун деш Iapa хIинццалц ца вовзуьйтуш? Дада…

Цхьана ханна белхар хIоьттира цIа чохь. Ден голашна тIе йуьхь а таIийна, къорра воьлхура Iусман. Шина куьйга корта а лаьцна, ши бIаьрг цIенкъа а боьгIна, охьа а таьIна, йуха а догIанха йелха йуьйлира Айза а. Корталин тIемаг чIенга тIе а лаьцна, гIийлла йоьлхура нус а. Самадевлла бераш, баккхийчара лелочух ца кхеташ, цецдевлла, тапъаьлла тийна Iapa. Веккъа цхьа Iела вара кийрахь воьлхуш. Цуьнан совцо ницкъ ца кхаьчна бIаьрхиш, сирчу можа тIехула охьа а Iийдалуш, карахь Iуьллучу кIентан коьрта тIе Iенара.

Къаьхьачу ойланаша лаьцнера ден а, зудчун а, кIентан а ойланаш. Оцу кхаанна хаьара, Iела цIа верзаро шайн xIycaмe ирс ца деанийла. Церан дегнаш вовшах доьзначу гуш доцчу пхенаша дIасалора кийрахь кIежтуьйсуш кхехка бала. Велхаро дагна маслаIат до, амма цо бала дIа ца ойу. Дегахь а, кIантехь а болчул тIех боккха бала шегахь хиллехь а, уггар хьалха саметтайеара Айза. БIаьргех ихначу хишна кучан йух а хьаькхна, доккха са а даьккхина, йистхилира иза:

– Iусман, вай доьлхуш Iepax гIуллакх хир дац. XIapa цIа веаний хиъча, йуьртара а, арахьара а дукха адамаш догIур ду хIокху керта. ХIинца ша ма-варра хIара нахана гойтийла дац. Корта а баьшна, маж-мекх а лергина, дегI цIандина, бедарш а хийцина, жимма сибате вало веза. ХIокхунна тIедуха, хьайна тIехь долчул совнаха, хьан коч-хеча а дац, Iусман. Хан ца йолуьйтуш, Iабдин туькана а гIой, хIокхунна тIехула а, чухула а духар эца. Ахча ас кхана дIалур ду. Ткъа ахь, Медана, дехьа цIа чу цIе а латайай, цIа а, хи а дохде. Ас, дIа а йахана, Дауд схьавоуьйтур ву. Керта-арара дечиг а, кхиерг а йуьстахйаккха.

КIант а, нус а сихха араделира. Вовшашка дист а ца хуьлуш, цхьа хан йалийтира Iелас а, Айзас а.

– Хьо чукхачаре сатуьйсуш Iийра со, Айза. Вайша селхана вовшех къаьстича санна, хьо къанйелла а хир йац, къона сайна хьалха хIуттур йу, моьттура суна.

– ХIетахьлера хьан Айза хIинца йац, Iала. Иза берхIитта шо хьалха йелла. Ас дукха сатийсира хьоьга. Дийнахь а, буса а хаддаза. ТIаккха дог диллира. Ткъе ворхI шо хьалха махках ваьлла, Сибрех вахийтина ХортIин кIант Овхьад, массара а велла лоруш волу, кхо бутт хьалха цIа веара. ХIетталц хьо дийна хиларх догдиллина Iаш йолчу сан даг чохь йуха а хьо дийна хиларе, цIа верзаре дог дохуьйлин цIе къедира. И кхо бутт, кхачанах а хаьдда, буьйсанна наб йайна баьккхина ас. Цхьана aгIop, хьо дийна хиларе, винчу йуьрта, хьайн кIантана тIе цIа верзаре сатуьйсура. Ткъа вукху aгIор… Хьо цIа вале суна Iожалла лолахь бохуш, Деле доIанаш дора… Амма Дала жоп ца дели сан дехаршна…

Айза йуха а йелха йолаелира.

– Хьо хIунда йоьлху, Айза?

– Со бехке йу хьуна хьалха. Со кхечу стагаца йеха берхIитта шо ду…

– Хаьа суна.

– Ас хьуна эхь дина… Сан цIий хьанал ду хьуна…

– Хьан бехкенна хилла а, лелла а хIумма а дац, Айза. Дерригенна а бехке хIара хала зама йу. Замано къастийра вайшиъ вовшех. Замано кхоьллинчу халонаша, баланаша, бохамаша йахийтина хьо маре а. Далла хьалха а, суна хьалха а цIена йу хьо, Айза. Со Сибрех вахча, жимачу шина кIантаца цхьа йисира хьо. Кертахь, цхьа гирда бен, йалта а, бежана а, атталла газа-уьстагI а доцуш. Дола дан, гIo дан да-нана а, вежарий а, марзой а боцуш. Со дийна ву-вац а ца хууш, биъ-пхи бутт баьлча, хьайн а, шина кIентан а дола дийр долчу стаге маре йаха бакъо йара хьан бусалба динехь. Ахь ткъа шарахь ладийгIина соьга. Айхьа къахьоьгуш, баланаш, халонаш ловш, ши кIант а кхиийна. Цхьаъ Дала дIавигча, шолгIаниг, зуда а йалийна, ваха а хаийна. Хьо маре муха йахана а, хIунда йахана а, хаьа суна. Оцу тIехь вайшиннан къамел, цунах лаьцна кхин дуьйцур доцуш, чекхдоккхур ду вайшиммо. Со даггара къинтIера ваьлла хьуна, со санна, и Дела а волийла хьуна къинтIера. Ахьмад ас даим сий деш, лоруш хилла, хьекъале, оьзда, доьналле къонах ву. Кхуза схьаоьхучуьра адамаш севцча, хьох дага а волуш, паргIатехь охьа а хиъна, охашиммо къастор йу вайн йукъаметтиг. Дала ма-бохху, бусалба дино, шариIато ма-бохху. Цхьа а вуьйр а вац, цхьанна а бохам а бийр бац. ХIинца хьо цIа гIo. Ахьмаде а хаийта хIapa гIуллакх…

Айза дIайахара. Къена, гIорасиз шен Iала ойланаш йан цхьа а витина…


VII корта. Къонахий


Дерриг а дуьне ду


къонахчун меха,

XIapa дуьне-м къонахийн


белшаш тIехь дай!

А. Сулейманов


1


ХIокху тIаьхьарчу кхаа баттахь инзаре тамашийна ши керланиг хиллера Гати-Юьртахь. Массара а велла, доьза вайна лерина, дог диллина ши стаг цIа веанера Сибрехара. Ткъе ворхI шо даьллачул тIаьхьа ХортIин Овхьад а, ткъе берхIитта шо даьлча, Абубакаран Iела а. Мелла а къона Овхьад дийна цIа верзарх-м башха цец а ца бовлура нах, тамашийниг къена Iела цIавар дара.

КIеззиг хилларг а, кога долий, сиха даьржа нохчашлахь, миччахула деъна а, хьаьнггахула арадаьлла а, ца хууш кхарста долу. ШолгIа де делкъанга долуш, гондIарчу йарташкахула даьржира доьза вайна, массара а велларг лерина къена Iела цIа веана боху хабар. Иза массо а цецвоккхуш керланиг дара. Къаьсттана мотт-эладитана сутарчу адамашна. Iела цIа веана, ткъа цуьнан зуда кхечухьа марехь йу. Цуьнан ши майра ву хIинца. Адамашна дуьйцу хезна хIума дуй ткъа ишттаниг? Айзас хIун дийр ду-те? Iелин а, Ахьмадан а йукъаметтиг муха хир йу-те?

ДогцIена, дика нах гIайгIане а лаьцнера оцу гIуллакхо. Оцу шина стагана йуккъе хIоьттина хьал, цаьршинна йуккъе мостагIалла дожа тарлуш, кхераме дара. Иштаниг ца хилийта некъ лоьхура цхьаболчу наха.

Гуш чаккхе йацара Iела волчу оьхучу адамийн. Кхуза богIура генара а, гергара а, гIаш а, говрашкахь а. Шайн хьоле, аьттоне терра, совгIаташ а дохьуш. Дакъийнчу жижиган коржамаш, йоьхьаш, кедаш чохь ахьарш, даманаш, кхоьаш, гIабакхаш. ХIоранна а лаьара къечу Iycманна шайн ницкъ кхочу гIо дан. Цуьнан таро ма йацара шен керта лестало сила долу адамаш, кхачанах а кхоьтуьйтуш, дIадерзо.

Кертахь а, урамашца а дукха адамаш лаьттара. УьйтIахь диллинчу шина дукъо тIехь, кара суьлхьанаш а лаьцна, Iасанийн йуьхьигаш лайла а Iуьттуш, хевшина Iapa баккхий нах. Ша церан хенара вацахь а, царна йукъахь вара ХортIин Овхьад а. Миска Iела, тIаьхье ца хедаш кхуза оьхучу наха охьахаа ца вуьтуш, Iуьйрре дуьйна ирахь лаьттара. Иза тера вацара сийсарлерчу Iелех. Корта а баьшнера, маж-мекх а, хаза лергина, тодинера. TIедуьйхина тIергIан машин боьмаша чоа а, цунна чухула исхарин гIовтал а, тIехула дихкина детин сеталш йолу доьхка а дара. Коьртахь дуькъа хьийзинчу боьмашчу холхазан куй а, когахь пезагаш тIехула йуьйхина керла неIармачаш а йара.

Баккхийчу наха xIоpaммо а шен рогIехь дуьйцура къоначу хенахь шаьш лелийнарш а, шайна гинарш а, хезнарш а. «ДагадогIий шуна…» – олий, волалора хIора а, тIаккха цуьнга ладоьгIучеран бIаьргаш хьалха хIуьттура оцу денойн эрчалла, карлабуьйлура тIеман иттаннаш шераша хеназа дIабаьхьна шайн дай, вежарий, доттагIий, нийсархой, наной, йижарий. Йа тIамo, оцу халчу замано, халкъан иллешкахь бийца кхоьллина турпалхой.

– ЭхI, ма кIант вара иза! Кхоам бара цуьнан лаьттах гIойла! – хезара йукъ-кара.

– Кхин вайна гур йоцуш, дIайаха вайн маршо. Ирсе хили хIетахь белларш. Делан цхьана таIзарна санна, вай цхьа декъазнаш дийна дисина, хIapa баланаш, халонаш лан.

– Шек ма довла шу, кIентий, вайна маршо гун йолу де гена дац, – гIайгIане эгначу нехан дог-ойла айа гIоьртира Овхьад.

– ХIан-хIа, Овхьад, иза Iедало йухалур йац вайна.

– Вай схьа ца йаккхахь, лур йац. Цуьнгахьа къийса деза.

– Къийсарх гIуллакх хир доцийла, хиъна вайна. Йуьхьанца вешан маршо ларйан гIерташ, тIаккха, иза ваьшкара дIайаьккхича, йухаерзо гIерташ, масех бIешарахь тIом бина вай а, вайн дайша а. Дерриг а эрна хили. Нийсса ах къам оцу къийсамехь хIаллакьхили. Вай лаьмнашка а лаьхкина, керстанаш вайн мехкан дегайуккъе охьахевши. Вайн махкахь цхьа а керста воцчу хенахь уьш чугIоьртича а ца ларийна вай, хIинца муххале а ларор дац. Керла тIом болабахь, дисинарш а хIаллакьхир ду вай. Ткъа делла дуьненара дIадаьллачу халкъана маршо ца оьшу.

– Ас тIамна гIовтта ца боху, Янаркъа. Со дуьхьал ву тIамна. Керла тIом болабахь, ахь ма-аллара, нохчийн къам хIаллакьхир ду. Кхин тайпа, машаре некъаш а ма ду вайна вешан маршо йухайерзо. Вай оьрсашна, керстанашна дуьхьал тIом бийр бац. Оьрсийн паччахьан Iедална кIел, вай санна, лоллехь, Iазапехь латтош, дуккха а къаьмнаш ду Россехь. Нохчийн къомал уьттазза, бIозза даккхий, керста а, бусалба а къаьмнаш. Царалахь уггар доккха къам оьрсийниг а долуш. Оьрсийн паччахьо а, хьоладайша а нохчийн халкъана бинчу бохамашна дерриг а оьрсийн халкъ бехке дора вай, цуьнца мостагIалла а дара вайн. Оьрсийн халкъана ца оьшура шен паччахьаша, хьоладайша нохчашца бина тIом, ца лаьара шайн кIентий, вежарий кхузахь бойъийла. Амма паччахьаша а, хьоладайша а шаьш дийриг халкъе хоьттуш ца до. Оьрсийн халкъ а ду паччахьийн, хьоладайн кога кIел, Iазапехь, лоллехь. Царна дуьхьал дукхазза а гIеттина оьрсийн халкъ, амма даим а къинхетамза хьаьшна цуьнан дуьхьало. Оьрсийн паччахьаш а, хьоладай а Россехь дехачу дерриг а къаьмнийн къехойн йукъара мостагIий бу. Вовшех къесташ, ша-ша, цхьацца гIиттарх, паччахь а, цуьнан Iедал а дохалур дац халкъашка. Иза данне а далур дац нохчийн жимачу къоме. ХIетте а, нохчий даим а девнна хьалха гIиртина, цундела царна даим бохамаш а хилла. И хьалхенаш йохур йац вай кхидIа. Вайл даккхийчу а, вай санначу а къаьмнаша хIун до а хьовсуш, хьалха а ца гIерташ, тIехьа а ца лечкъаш, йуккъера меттиг схьа а лаьцна, къуьйсур ду вай вешан маршонехьа. Оцу къийсамехь керста оьрсий, гуьржий, эрмалой, хIирий, кхидолу къаьмнаш а вешан мостагIий хилийта ца деза вай, ткъа накъостий хилийта деза. Церан гIоьнца вохор ву вай вешан йукъара мостагI, церан гIоьнца йухаерзор йу вай вешан маршо.

ХIетталц ладоьгIуш Iийна Хьуьса-Молла къамела йукъавуьйлира:

– Маржа Овхьад йаI, оцу керстанашна йуккъехь даьккхинчу ткъе ворхI шаро хаза кхоччуш тиларчу вигна-кх хьо! Айхьа дуьйцург хIун ду, хаьий хьуна? Керстанах ма теша, иза доттагI а, накъост а ма лаца, цуьнца гергарло а ма леладе, боху Дала Къуръан чохь. Керстанашна а, бусалбанашна а йуккъехь барт а, машар а хир ма бац цкъа а. Хила йиш а ма йац. Керста доттагI, накъост лаьцнарг Делах ма волу, Делерчу къинхетаме дог дохийла ма йац цуьнан!

– Стомара гуламехь-м иштта ма ца элира ахь, Хьуьса, – накъосташка бIаьрг а таIош, кхоссар йира Янаркъас. – Оьрсийн паччахь а, цуьнан хьаькамаш а Дала хIиттийна, Делан лаамца лелаш бу, царна а, церан Iедална а муьтIахь хила деза, царна дуьхьалверг Далла дуьхьал ву, иза жоьжахатин цIергахь вогур ву бохуш, ма дийцира ахь. И оьрсийн паччахь а, цуьнан хьаькамаш а бац ткъа, бисина оьрсий санна, керстанаш?

– Паччахь а, цуьнан хьаькамаш а, муьжгий а цхьаъ бац! Муьжгий цхьа а дин доцуш, Делах ца тешаш адамаш ду, xIapa ДошагIар, ХьомсуркъагIар санна, къуй, талорхой! Уьш доттагIий а, накъостий а лаца мегар дац.

Нахана йуккъехь белар иккхира.

– Делахь, Хьуьса, со Iеламстаг а вац, суна Iаьрбийн мотт а ца хаьа, – элира Овхьада. – Со Бакохь волуш, цхьана воккхачу Iеламстеган кертахь петарехь Iийна со. ТIаьхьа, Сибрехь волуш а, гIезалойн къомах волчу цхьана Iеламстагаца а масех шо хан цхьаьна йаьккхира ас. Цара дуьйцуш а, сан хеттаршна жоьпаш луш а, бусалба динах дуккха а хиъна суна. Пайхамара Маккарчу керстанашна дуьхьал ша тIом бечу хенахь, цаьрца мостагIалла долчу, цхьана а динехь боцчу Iаьрбийн тайпанашца барт а бой, цаьрца цхьаьна Маккарчу керстанашца тIом беш хилла. Пайхамара бусалбанашна, бусалба динна аьттонна цхьана ханна динарг, вешан маршонан дуьхьа вай дан хIунда ца мега? И цхьаъ ду. ШолгIа, сан вашас Iабдис, керстачу оьрсийн махка а воьдуш, керстачу оьрсийн совдегаршца гергарло а лелош, цаьргара товар а оьцуш, кхуза схьа а дохьий, шуна духку. Йуьртден СаьIадан вежарий бу оьрсийн пурстоп а, округан начальник а. Оьрсашна полицехь хьалха гIуллакх дина Инарлас а, ЧIонакъас а. ХIинца изза деш бу цушиннан кIентий а. Шу хьолахошна а, динадайшна а хIунда мега керста оьрсий доттагIий а, накъостий а леца а, цаьрца гергарло лело а, царна гIуллакх дан а, ткъа къен-мискачу нохчашна хIунда ца мега?

– Э, Овхьад, шена уьстагIа белча, моллас жен-жIаьла кешнашка дIадолла магийна бохуш, ца хезна хьуна?

– Делахь, Хьуьса, и керста оьрсий вайн мостагIий бу бохуш, ахь питане хьехамаш бича, хьан Iедало могуьйтур дуй-те хьуна?

Цхьана йукъана воьхна хьаьвзира Хьуьса.

– Ас буьйцурш, тIамца кхуза а баьхкина, нохчий бойуш, йарташ йагош лелла муьжгий бу…

– Паччахьо а, хьоладайша а герз кара а лой, нуьцкъах нохчашна тIелоьхкура-кх уьш а. И салтий а, вай а тIамехь хIаллакьхуьлура, ткъа цара а, вай а Iенийна цIий, деши а хуьлий, паччахьийн, хьоладайн кисанашка Iенара.

– Овхьад, хьо тиларчу вахана стаг ву, – Хьуьсигахьа гIoдаккха гIоьртира Панта-Хьаьжа. – И тайпа хабарш дуьйцург хьо схьавеанчу йуха дIахьажаво кхузарчу Iедало. И хаалахь, хьайна йуха а Сибрех ваха ца лаахь. Ткъе ворхI шо Сибрех даьккхича мукъана а, кхета мегар дара!

– Сан гIайгIа ма белахь, Панта-Хьаьжа. Оцу ткъе вopхI шаро мелла а кхетаме валийна со. Дуккха а мехкаш, халкъаш, адамаш девзина. Суна цхьаъ хаьа. Дала ша хIокху дуьнен чу даьхна адамаш а, къаьмнаш а цхьатерра, цхьанийсса бакъонаш йелла кхоьллина. Вовшех леташ, вовшийн дойуш, цхьакIеззигчара дукхахдерш дацаде, лоллехь, Iазапехь латтаде, вовшийн мостагIий а хилий даха аьлла, ца кхоьллина, вовшашлахь бертахь, машаре даха, харцонаш, йамартлонаш ма лелае, аьлла кхоьллина. Оьрсий керстанаш бу, ткъа нохчий бусалбанаш бу. Амма керстачу оьрсийн паччахьо а, хьоладайша а цхьатерра Iазапехь латтабо шайн керста оьрсий а, бусалба нохчий а. Изза хьал ду керстачу гуьржийн а, эрмалойн а, бусалбачу туркойн а, гIажарийн а мехкашкахь а. Дуьненан массо а мехкашкахь а. Массанхьа а къечу, мискачу, гIийлачу адамийн а, халкъийн а йукъара цхьа мостагI ву паччахьаш а, хьоладай а, церан гIоьнчий а. Ткъа массо а динадайша, Дала а, пайхамарша а, Товрато а, Забуро а, Инжило а, Къуръано а гайтинчу некъашна тIера йуьстах а буьйлуш, паччахьийн, хьолахойн аьттонна дIахьийзадо. Кхузахь изза до aшa а.

ОьгIазвахана Хьуьса-Молла, кхузара дIавала дагахь хьалагIатта вуьйлира, амма Панта-Хьаьжас, чоин тIам озийна, охьахаийра.


2

Загрузка...