КхоалгIа тайпа а дара – ТойсумгIар: керлачу замано шайна лучу аьттонех кхетта, цунна тIе а тевжина, амма цунна шаьш хьанал а боцуш, ма-хуьллу цунах шайна пайда оьцуш, цуьрриг а кхечарна шайх зулам даларх эхь а ца хеташ. Ишттачара, шаьш башха къа а ца хьоьгуш, Iедалан некъ дIакхоьхьу а бохуш, катоьхнна шайн гIуллакх дора хIетахь.

Тавсолтина дагадогIу: билггал ишттачийн аьтто беш мур бара и, хIетахь Ленинан некъ а хийцина, Сталина йукъабаьккхинарг. Ша йайтинчу коллективизацех а кхачам ца хуьлуш, Сталина кестта хIетахь «сплошной коллективизаци» кхайкхийра. ТIаккха Тойсума, йа къехой а, йа шен тайпанхой а ца кхоош, шена мел цавезарг, кулак а веш, ондда дIайаьхьира йуьртахь «сплошной коллективизаци» а. Тойсум «принципиальни» белхахо ву аьлла, кестта парте ийцира, йуьртда а вира. ХIинца иза кест-кеста НКВД-чу оьхуш а хаалора нахана. Цунна дуьхьал ваьлларг чувуллура йа балхах вохавора. Цунна хIума аларх а ларлора нах. «Сексот» боху цIе, цхьанна а гуш йоцуш, Тойсуман букъа тIелетира кестта. Тавсолтина дагадогIу, ша тIаьхьо Далхьаде хаьттичахь хIун ду и «сексот» бохург? – «къайлаха гlo дийриг» – ву цо аьлла.

– Хьанна до-те цо гlo? Нахана-м зуламаш ма до цо, – элира Тавсолтас.

– Iедална… Хьавха… НКВД-на, – къорра дIахадийра и къамел хIетахь Далхьада, ша а оцу гIуллакхна резавацар гIеххьа схьакъажош.

И тайпа «къайлаха гlo дийраш», миччахь а тосабелча, уьш кхахьпанел а боьха хеташ, ма-хуьллу царех ларлора нах.

Хьаькамаллехь берш а къаьхкара царех: уьш царна а кхераме бара. «Мотт беттарш» аьлла, и кхардаме цIе а тиллира ишттачарна халкъо, шена царех гlo ганне а ца го дела. Амма цу тайпана «къайлаха гIодийраш» – «мотт беттарш» – шен халкъана йуккъехь Сталина шуьйрра баржор дара иза халкъах цатешар гойтуш: Ленин веллачул тIаьхьа ша йукъадаьккхинарг халкъана деза хIума доцийла шена а хаьара цунна. Ленина кхоьллина йолу халкъан пачхьалкх, халкъах а йаьккхина, цунна дуьхьал йерзийра Сталина, цундела и тайпа «къайлаха гIодийраш» Сталина халкъана йуккъехь а, пачхьалкхан маьхькамашлахь а тIех шуьйра баржор, халкъан дуьхьа а доцуш, мелхо а, халкъана дуьхьал дара, и халкъ Сталинан буйнахь латто аьтто беш. Амма халкъана и моттбеттарш ца оьшура.

Баккъал аьлча, халкъан йолчу пачхьалкхехь халкъана дуьхьал цхьамма дийриг, цунна гучу а ца долуш генна дIагIойла а дац, халкъан гIорто ша халкъ хиларна, Ленина и ма-аллара.

Ширачу Египтехь, Римехь, ГIажарийн имперехь, Паччахьийн Россияхь, массо а халкъа йоцчу пачхьалкхашкахь цундела Iедалхоша баржош а хилла и тайпа моттбеттарш шайн халкъана йуккъехь. Цундела Гитлера а, цунах терачу вайзаманахьлерачу кхечу диктаторша а шайн пачхьалкхашкахь вайн заманахь а шуьйрра дIахIоттийра и гIуллакх. Амма массарел а чIогIа, массарел а шорта и гIуллакх шен махкахь дIахIоттийнарг Сталин вара: цо йоьттира шен пачхьалкх сексотех, царех халкъана дуьхьал гIорто йеш, адамаш вовшех цатешарх пайдаоьцуш. Цундела халкъана кIорггера ца безара моттбеттарш. «Дош дацар-кха уьш берриш а лаххьийна дистина доьдучу хиэ ца бахьийтича», – олура Тавсолтас а, царах къамел ма-тасаделли.

Амма Сталинна а, цуьнан коьрта гIорто хилла дIахIоьттинчу НКВД-на а чIогIа оьшура уьш: царна тIе а тевжина латтадора Сталина шен карахь Iедал. НКВД-ссий, и моттбеттачарий гlo дира Сталинна парти шена кIелхьаша а. Цундела Сталина, гарехь, церан а аьтто бора.

Тавсолтина дагадогIу, «сплошной коллективизаци» дIахьош, Тойсуман кхин а майравалар: шеца накъостий а оьций, хьеннан а чу воьдий, цIийнах хьожура, карийна йалта «пачхьалкхана» дIахьора, «совнаха бежана» колхозна дIадуьгура, тIечехара, луъу стаг, лоций, дIавуьгуьйтура. Тойсумна дуьхьал наха оьхуьйтучу аьрзнех а хIума ца хуьлура. Нах Iадийча санна бисира. Тойсума байира цу йуьртахойн Советан Iедале болу тIаьххьара безам. Iедалх а наха дог диллира хIинца.

Тавсолтина, хIинца ша вогIуш, цIеххьашха дагадеара: оццу муьрехь шега цкъа сельсовете кхайкхар. Xlapa а волуш, хIетахь кхеташо йира Тойсума, колхозехь цу шарахь, докъар а ца тоьъна, хIаллакьхилла даьхни йуьртахошкара, хьаьнгара мел, xIун схьайаьккхина меттахIоттаде вай, аьлла.

– Хьуна хIун хета, Тавсолта? – аьлла, Тойсума хIиллане бIаьргаш кхунна тIедуггIушехь, чохь инзаре тата делира, коран рама дIакхоьссира, стол харцийра, чу кIур хIоьттира, нах аркъалъийгира. Амма, цхьадика, цхьа а ца лазийра, кегаберса чкъуран чевнаш хилар доцург.

Хилларг теллича: цхьамма-м, хIорш чу а гулбалале, хьалххехь, кхеран стол кIел чуьйна гIуммагIа йиллина хиллера, тоьпамолханах йуьзна, чу чаччамаш а ца йохкуш, пенан кIелдIахула арахьа даьхьна чимчаргIа а долуш. Гарехь, иза арахь лата а дина, дIавахнера зуламхо, xlopш чугулбеллачул тIаьхьа. Тойсума оцунах а шена пайда ийцира. Цу сохьта кехат дахьийтира НКВД-е: «Йуьртахь Советан Iедална дуьхьал кечбеш кулакийн гIаттам бу. Сельсоветана чохь бомба а эккхийтина. Оцуьнан тхан шеконехь берш хIорш а бу», – аьлла, шена ца везачу исс йуьртахочун цIерш тIейазйина кехат къайллах дIаэцна вахийтира цо пхийтта шо кхаьчна волу ден вешин кIант Эмин. Тавсолтина дагадогIу: сатоссуш йуьрта НКВД-н бIо беана. Шиъ лецира. BopxI, шаьш хоьттийла а хиъна, ведда, ЧIап-ломан хьехахь дIалечкъинера. НКВД-ерчу эскархоша, уьш болу меттиг схьа а карийна, вукху дийннахь гуо лецира царна. Карабахка ца туьгура. ТIом бира. ТIаьххьара а схьайуьйлу тоьпаш севцича, ларлуш тIебахна эскархой хьаьвсича: ворхIе а вийна Iуьллура. Амма цаьргахь шиъ бен топ йацара. Толлуш, церан дегIех хьаьвсича, массо а «бандит» цхьабосса ког-куьг дилина, маIарш дIахедийна, чухула цIена дуьйхина, схьагарехь, шайн дагахь хьалххехь гIазот тIеэца кечбелла нах хиллера. Вала охьавоьж-воьжнарг къилбаседехьа йуьхь йерзийна а Iуьллура…

Цу дийннахь меттигерчу НКВД-н хьаькамо рапорт хьаладахьийтира: «Кулакийн гIаттам бохийна. Исс бандит вийна. Герз схьадаьккхина, биснарш бевдда, уьш схьалеца тIаьхьабевлла бу»… Тойсумна грамота а, меттигерчу НКВД-н хьаькамна орден а йелира. Амма царех цхьамма а хIетахь ойла-м ца йира: и гIаттам «кулакийн» муха хуьлу, кулакаш тоххара бохийна махках баьхна хилча? Дагадеънехь а, и санна дерг хIетахь хьахо цхьа а вер вацара: ТойсумгIар тоьлла мур бара. Тойсумах, дукха хан йалале, райкомпартин пленумехь райкоман а декъашхо вира. Цу муьрехь аьттонаш совбуьйлуш вогIура Тойсум.

Амма цунна а ца хуьлура даим а аьттонаш. Тавсолтина дагадогIу, эвла йисттехь вехачу Бетарца хIетахь Тойсуман иккхина дов. Бетара, шеца цхьаьна кертахь вехачу, шел жимахчу шина вешица а барт бина, шун а, малар а хIоттийна, сарахьо чукхайкхинера Тойсуме, тIаккха, мукъна, IадIийр вацара-те иза аьлла, шайгара ца йогIу, совнаха хIуманаш ца йохуш. ГIеххьа маларх а кхетта, дикка самукъадаьлла Тойсум Iаччохь, кIеззиг гIуллакх хилла, Бетар араваьллера. Керла йуург Тойсумна тIейахьаш чуеана Бетаран къона хаза йиша Совпату, пхьарс а лаьцна, Тойсума шена тIеозийнера. Совпатус мохь хьаькхна, чуиккхинера Бетар а, важа ши ваша а. Тойсумна лога тIе шаьлта а хIоттийна, Бетара хаьттинера:

– Ас цхьа лерг доккху хьан! Харжа: муьлхарг?

– Собар!.. Собар!.. Цхьа дош алийталахь соьга! – леткъира Тойсум. – Аш и дахь, нахала а дер ду и, Iедале а дер ду. Оцунах шуна а доккха зулам хир ду тIаккха! Со къера ву сайгара даьллачунна, – Тойсум цу сохьтта ша меллачу маларх меттавеънера. TIe, иза атта къарлун волучарех а вацара. – Вайнехан Iедалехь аша лелориг нийсо йац. Соьгара шуна хилла эхь цхьанна а хууш а доцуш къайлаха ду. TIe хилаза а ду. Ткъа аша сан лерг даьккхича, и дуьненна а гуш хир ду. TIe, оцуьнан бахьанех нах ца кхуьуш а Iийр бац, тIаккха оцунах шун Совпатуна а сий тIекхетар дац. Цундела ас доьху шуьга, со къера ву сайгара даьллачунна! Сох къинхетам а бай, кхин тайпа, къайлаха дуьсу долу таIзар а дай, витахьара аша со!..

Вежаршна Тойсум нийса луьйш санна хийтира. «Дика ду делахь!» – аьлла, тIе шаьлтанаш а лаьцна, Тойсум нара тIе бертал а вижийтина, цуьнга шен шарбал шега охьа а йаккхийтина, цуьнан охьахуучу кIедачу метте, цIергахь цIиййина, ши кепек йиллира Бетара, кхагаран хьожа а йоккхуш. ЧIикъ ца боккхуш, лайра и Тойсума: «Цига хьоьжуш-м мила воллур вара?» – бохург шена дагахь долуш санна. Амма и гIуллакх чекхдаьлча а, Бетара, цу тIехь а ца соцуш, Тойсуме оьгIазе элира:

– Ахь хIун дей хIинца: дIо уьйтIахь, рагIуна тIехьа, тхуна хьаштагIна ор а доккхур ду ахьа, вукху aгlop а хьайна изза хьал дойла ца лаахь!

Йуххехь лаьтташ, шаьлтанаш а йаьхна, важа ши ваша а вара.

– Гур ма ву со.

– Гур вац. Садовш лаьтта. Гонах керт а йу. Сахилале вер ву хьо… Хабар ма дийца!..

Сатассале, и гIуллакх дина а ваьлла, ша дIавоьдуш, Тойсума дийхира Бетаре церан кетIахь:

– Гой хьуна, Бетар, хьо соьгара богIу мах буьззина дIаэцна а ваьлла, со дIабелла а ваьлла. Вайна йукъахь хIинца йуьззина расчет йу. Вийна стаг витинчул тIаьхьа машар беш Iедал ма ду вайнехан. Цундела ас хьоьга доьху, xlapa гIуллакх цхьаьнгге а цкъа а цахьахадар а, хIинца дуьйна вайна йукъахь машар хилийтар а. Сайн aгlop аса дош ло хьуна: шуьца хIинца дуьйна сайн ма-хуьллу дика хила!

– Дика ду! – резахилира Бетар а.

Вовшашка дегазо куьйгаш а делла, дIасакъаьстира ший а. И дерриге а хIеттехь къайлаха хезнера Тавсолтина: Нурбикин гергара хуьлуш йара Совпату. Амма Тавсолтас, кхин цхьаьнгге а ца хьахош, шеггахь дитира и.

Тойсумна цул тIаьхьа кхин цхьа вас а хилира. Шо чекхдолуш, райисполкомо динчу жамIаца Тойсума куьйгалла ден сельсовет дикка тIаьхьайиснера, тIе, кхуьнан йуьртарчу колхозникийн гайтамаш а ледара бара. Цу хьокъехь, кхуьнга а, кхечу йуьртадайшка а дIа а кхойкхуш, – Тавсолтина дика дагадогIу и – райисполкомо хIетахь райцентрехь гулам бира.

Райкомпартина хьалххехь йолчу майданахь дIахIоттийра аннех йина, тIебоьду некъ а аннийн болуш, айаелла гIопаста. Цу тIе а бохуш, церан цIерш а кхайкхош, тоьллачарна, массарна а гойтуш, «толаман байракхаш» а, кхин тайпа совгIаташ а лора хIетахь. Тойсуме а цига тIекхайкхира. Шена кечдинарг хIун ду а ца хууш, курра дIахIоьттира Тойсум. Тавсолтина дагадогIу иза цигахь, цхьа ког хьалхахьа дIа а тесна, кура дIахIоттар. Шина стага, оззийна тIе а йаьккхина, Тойсумна йуххе дIахIоттийра жима сира вир.

– Xlapa вир… цо цабаьхначу кхиамашна Тойсумна ло вай! – аьлла, схьакхайкхийра. Цу заманахь белхан йохьаллин къовсамехь эшначарна и тайпа совгIаташ деш а Iедал дара оцу районехь. «ГIоггI!» – аьлла, нехан белар иккхира. ТIаккха вир а Iаьхира. Нах кхин а чIогIа бийлабелира, хIаваъ декош. Воьхна, дIасахьаьжира Тойсум, ша хIун дер ца хууш.

ЦIеххьашха, оьгIазвахана, шен куралла дагайеъна, мийра тоьхна, цо и вир Iункарнехьа чуйаийтира, цуьнан цхьа ког а бош. Вир ша йолчохь а йитна, шуьйрра куьйгаш а лестош, курра дIавахара Тойсум, «суна-м аш хIун дер дара?!» – бохучу дагахь…

Цул тIаьхьа кхин цхьа боккха цатам а белира Тойсумна: берриге Советан махкахула, массо радиочухула а, газеташ тIехь а кхайкхош арахийцира Сталинан керла статья: «Кхиамех кортахьовзар». Сталина кхиамаш лорура, йарташкара ах гергга нах, кулакийн цIерш а техкина, шайн бахамах а бохуш, дакъаза бахар а, тIе бисинчу ахархошна тоъал кхачо йеш хиллачу церан бахамийн метта, массанхьа а ша хIетахь – къушний, хьаькамашний бен, аьтто луш а йоцу, колхозаш йаржор а. Ткъа кортахьовзар лорура цо, и гIуллакх кхочушдеш, барамал тIехбуьйлуш меттигерчу хьаькамаша шена хьалха базбала гlepташ, нахана совнаха бина ницкъаш. Сталинна дика хаьара, «сплошной коллективизаци» ечохь, меттигерчу хьаькамаша Iедалан цIарах а, шен цIарах а, нахана совнах ницкъаш бинийла а, шайн дагахь наха хIинца шена а, шен Iедална а бехк буьллийла а. ХIинца нехан оцу бехках шен цIе халкъана гергахь цIанйан лаьара Сталинна, и бехк берриге меттигерчу хьаькамашна тIе а бахийтина. Оцуьнан дуьхьа дара цо и статья арайаккхар а. Сталинан и статья ара ма-елли, цо бохург, гуттар а санна, шуьйрра тIечIагIдеш, массанхьа а Советан махкахь дийнна цхьа мур дIабаьхьира, колхозаш йохкуш, нахана законехь ца богIу ницкъ бина цхьаболу хьаькамаш балхара дIабохуш. И мур кхеран районе а кхечира. Сталинан статья бакъйархьама, дуьххьалдIа оцуьнан дуьхьа, халкъан дуьхьа а доцуш, кху районехь а цхьацца хьаькамаш балхара дIабехира. Мел хазахийтира эскинхойшна, цхьана Iуьйранна районан газето, Тойсум оцу бахьаница йуьртда волчуьра дIаваьккхина аьлла, хаийтича.

Делахь а, Тойсум веха-м ца лийлира балхахь а воцуш: меттигерчу НКВД-н хьаькамо кIелхьарваьккхира иза, партера ца хьавойтуш, тIе, кестта районан хьуьнан верас а –лесничий – вайтира цунах, и меттиг паргIат ма-йелли, «цу меттахь тешаме накъост хила веза», аьлла. Ша хьуьнхо ма-хилли, Тойсума цу сохьта дIахадийра, йуьртахоша хьуьн чуьра дечигаш «лечкъор». Йуьртахойн цIеношкахь шело алсамйелира. Хьуьнах веанчу йуьртахочуьнгара говр а, ворда а дIайоккхура Тойсума, и дан шен бакъо йоццушехь: шена ахча делча, йуха дIа а лора. Хьуьнхара дечиг а, шена мах белча, дохьуьйтура. Bopxle а дех дуьйна а йуьртахоша пайда оьцуш, цара шаьш Iалаш а йеш, церан долахь хилла хьун хIинца Тойсуман дола йирзинера: гонаха ха чIагI а дина («бандиташ ца бахкийта!»), шена ма-луъу хьун йохка йолийра Тойсума ахчанах, харц квитанцеш а луш, нахана и цхьаъ ду а моьттуш. ХIетте а кхуьнан терахьа тIехь гайтамаш лакхарнаш хуьлура, йеанчу ревизино хIоразза а кхуьнан белхан мах дикачех а хIоттабора, районан газето а тоьшалла дора тIаьххьарчу заманахь районан хьуьнхахь нийса низам дIахIоттийна бохуш: хьуьнан боданерчу кIоргехь, цхьанна а ца гучохь, йина безамехь бун йара, кор-неI а, чохь xIиттийна ши маьнга а, стол, гIенташ а долуш. Цу чохь шен-шен хенахь гуллора Тойсуман доттагIий: дукха хьолахь, меттигерчу НКВД-ера а, наггахь райфинотделера а, йукъ-кара редакцера а накъостий.

И болх «дика барна» Тойсум, кхо шо а далале, – Тавсолтина иза а дагадогIу, – райисполкоман председателан заместитель вира, цул тIаьхьа кестта председатель а хилира цунах. Тойсум райисполкоман председатель хIоьттийчхьана районан гайтамаш, дикка лакхабовлар хоуьйтура кест-кеста районерчу а, гIаларчу а газеташа. Цхьадерг, баккъал а, цо, ондда тIетоIIий, дан а дора, нахе дан а дойтура, нах ца кхоош, тIаьххьарниг а цаьргара схьайоккхий: «коьртаниг – пачхьалкхан хьашт ду, неханиг – цара шаьш дер», – бохучу хIетахьлерачу хьесапехь.

Цкъа обкоман пленумехь Тойсума шен къамелехь аьллера (Далхьада, вела а воьлуш, и дийцина дагадогIу Тавсолтина): «Вайн Даймахкана и эшахь, партис, пачхьалкхо и алахь, оха районехь хIинццалцчул кхузза а сов дохур ду йуьртбахаман сурсаташ. ГIалахь шура ца тоьу боху. Оха, иза эшахь, шо далале и хIинцачул пхоьазза сов а йаьккхина, молокопровод а йина, цу чухула схьатоттур йу гIалина и шура, партис алахь»…

Эццигахь, соцунгIа а хилла, зал чу хьаьжира Тойсум, аплодисменташ хуьлий хьоьжуш. Чохь цхьаьнга белар делира, цо аьлларг бух боцуш хетта. Президиумехь а цхьамма-м, лере а таьIна, вукхуьнга элира:

– Вай шурех хьегийта-м ца воллу xlapa!

– Сан нанас а ца йаийна суна оццул шура.., – аьлла, важа а велавелира.

И хезна йуххернаш а бийлабелира. Президиум йоьлуш гича, зала чуьрнаш, оцуьнан дуьхе ца кхиънарш а тIехь, массо а, и чоь а йекош, бийлабелира. Эццахь дуьйхира Тойсуман лоппаг.

ДIаса а хьаьжна, йуха меттавеанчу Тойсума, аз айъина, ондда чекхдаьккхира шен къамел:

– Декъал хуьлда вайн хьоме Парти, вайн сийлахь-воккха тхьамда накъост Сталин!

Ша хьаьгна аплодисменташ а йехира цо эццахь майрра. Амма цу чохь хиллачу Далхьадна, даггара хазахеташ, пленумо цхьадика йуххе а ца дитира молокопроводах лаьцна цо аьлларг. Ткъа нагахь ца хууш а пленумо и тIеэцнехь, – Далхьадна хаьара – Тойсума дакъаза а бохур бара-кх хьуна районера бахархой, и план кхочушйан гIерташ, пачхьалкхан дуьхьа а доцуш (цуьнан ойла-м багахь бен ца йора цо), адамийн дуьхьа а доцуш (уьш-м дага а ца лоцура цо), – дуьххьалдIа хьаькамашна хьалха ша вазваларан дуьхьа, шен цIе йаккхийтаран, ша айъийтаран дуьхьа! Цу заманахь, и воцург а, дукха бара, оцу тайпанчу амалехь хьалакхиъна белхахой. Коьрта долчунна цара хIоттадора цу заманан политикин де а.

ТIехIоьттира эххар а Сталина цIий Iеночу шерашлахь а уггаре а мIаькдаьлла I937-гIа шо. Moгlapepa нах а, баккхий хьаькамаш а, аьтту а, аьрру a aгlop схьа а лоьцуш, гуш бахьана а доцуш, «халкъан мостагIий» бу а бохуш, тIепаза бойуш хан йара. Тойсум санна болчеран дезде хIоьттира. Тойсума массо собранешкахь а массарел чIогIа кхойкхура хIинца, «халкъан мостагIий» шайн орамашца дIабаха беза, бохуш.

Оццу муьрехь кхеран райкоман шолгIа секретарь а ваьхьира, цуьнан метта Далхьад а воккхуш, Далхьадна и хIумма а хаза ца хеташ, амма цунна дуьхьалойар а кхераме дара xleтахь. Хьалхара секретарь а таьIно лелара. Райисполкоман председатель волу Тойсум хIинца цо кхайкхича а дегазо вогIура тIе, ца вогIуш меттиг а йора, тIе, районан активехь цо, демагогех йуьззина, бух боцу критика а йира райкоман хьалхарчу секретарна: «Шен меран кIелахь, ша бIаьрзе волуш санна, ган а ца гуш, «халкъан мостагIа» шолгIа секретарь а вина лелийра цо», – аьлла. Тойсум хIинца, дарехь, нахана а, райкоман куьйгалхошна а цхьабосса чIогIа коьртахвелира. Цунна хIун дийр ду а ца хууш, кIордийнера и массарна а. ТIаккха Далхьада – и хIинца а шерра дагадогIу Тавсолтина – ша волчу дIа а кхайкхина, Тавсолтига шегга къайллаха цхьа хьехам бира Тойсумах лаьцна. Тавсолтас и кхочушбира.

Цул тIаьхьа йуьртахой, Тойсумна луьйчуьра а сецна, мелхо а собранешкахь, хьала а гIуьттуш, шайн къамелашкахь, иза Сталинга дIа нисвеш, хесто буьйлира, тIе xlopа къамел чекхдолуш, массара а, цхьамма санна, мохь туххий кхайкхам а бора:

– Декъала хуьлда халкъийн тхьамда сийлахь-воккха Сталин! Декъала хуьлда вайн тхьамда Тойсум Мотбехов.

Кхин а сонтавелира Тойсум. Цунна ца хаьара и мел кхераме ду! Амма, дукха хан ца йелира: I938-чу шарахь бIаьста, дагахь а доцуш, газето хаийтира, Тойсум, и «халкъан мостагI» хиларна, чувоьллина аьлла.

Цу заманахь керла мур бара Сталина нахана гергахь ша закон мелла а меттадалоран куц xIoттош: ша хIинццалц мел Iенийначу цIийн бехк а халкъана гергахь шена тIера дIахило лууш, Сталина, шен амалехь, лаххьийна цхьаболу лакхара а, меттигера а НКВД-н хьаькамаш, лецна а, байина а, дIа а баьхна, церан цхьа чкъор хийцира. ХIинца тIебаьхкинчу НКВД-н керлачу хьаькамаша гIурбанна шайна эшначохь ТойсумгIар а башха кхоа ца бора: уьш кхин а шортта бара.

Эскинойхь нах къаьсттина баккхийбера, халкъан мостагI ву а аьлла, хIинца эххар а, баккъал а халкъан мостагI волу Тойсум чувоьллина. Амма гойтуш баккхийбе а ца баьхьара: «бIаьрг хиларна» кхоьрура, тIе, «хIун хаьа, цIеххьана схьахоьций а»… – бохург а дара дагахь. Амма, хье ца луш, хIеттахь, районан клубехь суьдан процесс дIайолийра, чубалийна корреспонденташ а Iаш, пропускашца чугулбелла а, арахь лаьтташ а дуккха нах а болуш. НКВД-н хьаькамашна а, Iедалхошна а хаьара и процесс хIинца мелла а «схьайиллина» йолчу хормехьа оьзна йан мегар дуйла: цкъа-делахь, тахана шена тIехь кхел йийриг, халкъана а ца везаш, билггала волу халкъан мостагI ван а вара, меттигерчу Iедалхошна а, нахана а цхьабосса кIордийна. ШозлагIа-делахь, Сталинан Iедал хIинца дуьйна халкъехьа, нийсонгахьа оза даьлла бохург нахана шуьйрра дIагайта дезаш мур а бара. Цхьаболу нах баккъал а, Iехабелла, чу са деъна, хIинца дуьйна-м цхьа диканиг хила а ма мега вайна, бохучу ойлане а бевлира.

Процесс йола ма-елли, церан а ойла хийцайелира: массарна а гира Тойсумна а, цуьнца цхьаьне суьде оьзначу, и санна нахана ца везачу кхин шинна а (районан налоговой инспекторний, Эскинойрчу колхозан председательний) тIетуьтту бехкаш, церан шортта баккъала а болучех а боцуш, мелхо а, чохь ладоьгIучарна а бакъ ца хета бехкаш дара: уьш кхуьй а бехкевора, Тойсум а коьртехь, районехь къайллаха йолу буржуазно-националистически организаци цара кхолларна, халкъан экономикехь зуламаш дарца Советан Iедал харцо дагахь уьш хиларна. Схьагарехь, НКВД-чу хьаькмаша суд йаран хорма, мелла а керлачу Iалашонехьа узуш, нийса хийцинехь а, амма цуьнан чулацаман хатI хьалхалеррачу эшарехь дитинера цара – йа иза оцу Iалашонца нисдан шаьш цакхиарна, йа шайн хьекъал цатоарна: башха хьекъална кIорге йолуш а бацара хIетахьлера НКВД-н белхахой а, йа суьдан куьйгалхой а: уьш дукха хьолахь леррина долу, хьовха, ур-аттал дуьззина йукъара дешар а чекхдаккхаза хуьлура. ГIалитIера ваийтинчу коьрта бехке вечо, прокуроро, дарехь, гIараваьллачу Москварчу генеральни прокурорах – Вышинскийх тарвала гIерташ, аркъал а сетташ, аз стамдина хаьттира:

– Гражданин Мотбехов Тойсум Абастович, даре дой ахьа: айхьа районехь кхоьллинчу къайлахчу буржуазно-националистически организацина коьртехь хьуо хилла хилар?

– Ца до! – доцца, майрра дIатеттира Тойсума шен боцу бехк. – Йа и тайпа организаци кхоьллина а йац ас, йа цуьнан коьртехь а ца хилла, йа и стенца йуу а ца хаьа суна! – тIетуьйхира Тойсума, чуьра цхьаберш бийла а беш.

Оцу тайпана хуьлура цуьнан кхидолу жоьпаш а. Цо бохучуьнга нисдеш, цунна тIаьхьахIуттий, жоьпаш лора вукхашимма а. Амма кхана Iуьйранна арадевллачу районан а, гIаларчу а газеташа зорбатоьхначу репортажехь, нах цец а бохуш, нисса пурхнехьа йаздина хуьлура: «Даре до! Бехке ву со и организаци кхолларна».

Иза а дара цу хенахьлерчу НКВД-н хьаькамийн хьекъалдацар: царна хIунда ца хаьара, пропускашца чубитинчу, шайна тешаме хетачу корреспонденташна а, вукхарна а йуккъехь вер вуй цхьаъ йа шиъ, и репортажаш нийса цахиларх лаьцна кхечаьрга къайллаха аьн дерш?

Йа шайн луьралло уьш массо а совцор бу моьттура?

Къаьсттина эскинхойша тамаш бийриг дара оцу репортажашна кIелахь хIоразза а йазйина «Мотбехов Эмин» – цIе хилар! Иза-х Тойсуман ден вешин кIант вара, да веллачул тIаьхьа Тойсума дола а дина.

Ткъа иза а иштта нисдинера НКВД-рчу хIетахьлерачу хьекъалечу хьаькамаша – цатешарш а тешийта!

Процесс дIаоьхура.

Политически агIонех дерг дийцинчул тIаьхьа, суьдехь хетта долийра Тойсуме а, вукхаьрга а, цара экономикехь динчу зуламех.

Кхузахь йуьхьанца кхин а майра велира Тойсум: цо хецца дагахь охьадагардора ша куьйгалла динчу экономикехь хиллачу кхиамийн терахьаш, уьш зорбатоьхна газеташ а дуьйцуш. Амма кестта йиш йуьйхира Тойсуман а, вукху шиннан а: уьш чубоьхкинчул тIаьхьа йинчу ревизино ма-йарра гучайаьхнера цара мел йина припискаш а, къоланаш а. Царна хьалха уьйхьира цара харц мел йаздина квитанцеш, хIиттийна финансийн ведомосташ. ХIинца-м чохь ладоьгIучарна а дукханне а хуурш дара суьдо Iорадохурш.

Кхааммо а кортош охкийра. Делахь а Тойсум къарвала ца туьгура:

– Аса вайн экономикна дина зулам дац, пайда бина!

– Делахь-хIета, – ша-шех тоьъна элира суьдан председатело. – Ахьа хьайн куьйга колхозан экономикина дина зулам а гойтур ду-кх хьуна вай хIинца!

Тойсум а, чуьранаш а сакх хилира.

– Кху гIуллакхца доьзна долу «вещественни доказательство» схьагайтал хIинца, – элира суьдан председатело неIсагIехь лаьттачу шинга.

Цу шимма вахана, ара а ваьлла, йуха йиллинчу залан неIарех, массарна а гуш, чутеттира цхьа жима астагIа сира вир. Ах чоьхьа а йаьлла, вир цIеххьашха неIсагIехь сецира, шайн виран амалехь, кхин меттах ца хьовш. Арахьа лаьттачаьрца хилла волчу Тавсолтас – (и цIена дагадогIу цунна хIинца а), – тIе а веъна, тIехьашхула теттина, вир йерриг а чоьхьа йаьккхира, ша а чоьхьа валаран дуьхьа. НеIарш тIечIегIира, Тавсолта а чохь вуьсуш. Вир дIахIоттийра нахана гойтуш суьдана хьалха, кхаа кога тIехь, цхьа ког шен кхозуш а болуш.

– Гой хьуна хIинца? И болх ахь биний? Оцу балхана бехке вуй хьо? – хIиллане хаьттира суьдан председатело.

– Ву.., – корта охьабахийтира Тойсума.

– Суьде ала хIума дуй хьан? – йуха а хаттар дира суьдхочо, и кхузахь ала оьшуш а доццушехь, дуьххьалдIа чохь ладоьгIучарна а Тойсум ша ишта говза кIелвитна хилар дIагойтуш.

Тойсум вист ца хуьлура.

– Алал! – йуха а цавашарца хаьттира суьдхочо.

И чоь а йекош, вир Iаьхира.

Зал йатIийра адамийн деларо.

– Арайаккха и чехка! – мохь белира суьдхочун.

Тохарлеррачу шимма, оззийна, вир арайаьккхира. Иза а дара цу заманахьлерчу йуристийн къоьлла гойтуш: бехкебийраш дукха хьолахь буьззина бехке ца хуьлура, Ткъа хIуъа-а тIеоьзна а, церан бехк чIагIбан дезара.

Суьдан председатель, шех тоьъна, хьоьжура зала чу: цхьацца гIалаташ дийлинехь а, суьдан процесс, коьрта долчунна тIехь, чуьра нах а тешош, дика нисъеллачух тера хетара цунна: бехкебечара шайн бехк оццул тIе а лоцуш (Москвахь санна!), хилла а йацара кху районехь и тайпа процессаш…

Коьрта бехкевечо, прокуроро, суьдан процессан жамIдеш, шен дIадерзоран къамелехь дийхира суьде цу кхаанне а, царех цхьаъ ца къастош, тоьпаш туху кхиэл йар.

Чекхволлуш, тIетуьйхира цо, йуха а, гарехь, Москохарчу гlaраваьллачу генеральни прокурорах Вышинскийх тера хила гlepташ, аз а стамдина, аркъал а таьIна:

– Уьш дуьнен чуьра, лар йоцуш, тIепаза бовр бу, шайн халкъан дагахь ца буьсуш, шаьш цунна йамарта хиларе терра. Церан каш а, эрна лаьттар ду, тIе къух а даьлла, тIевогIуш стаг а воцуш, йукъ-кара шайна тIехула къийгаш а хьийзаш, ур-атталл уьш а церан коша тIе ховша а ца йешаш. ХIу дайла халкъан мостагIийн! – зала чу хьаьжира прокурор ша динчу къамелан Iаткъам толлуш. Чохь тIараш дийкира. Прокурор,тоам хилла, охьахиира: цунна дага а ца догIура суьдан кхиэлаца тоьпаш тоьхначеран каш хуьлуш цахилар а, къийгаш адамийн коша тIехула цахьовзар а, хIунда аьлча цу чуьра хьожа цаьрга дIа ца кхочу дела. Прокурорна и бен а дацара: коьртаниг – аплодисменташ дара…

Прокурор а, коьрта суьдхо а (ший а гIалитIера ваийтина волу) мел гIиртинехь а, важа, кхузара йукъавахийтина, ши суьдахо тIе ца верзарна, хIоранна а, тоьпаш туху кхиэл а ца йеш, итт-итт шо хан туьйхира. Иза, цу замане хьаьжча, башха къаьхьа кхаъ а бацара: и-м бехк банне а боцчарна а тухура хIетахь «кхааммо». Тойсуман шина накъосто шайн тIаьххьара олу дош ца олуш дитира.

Тойсума, шен тIаьххьарчу даша тIехь, дегI нисдеш хьала а гIаьттина, суьдехьа а вирзина, элира, чуьранаш сакхбевлла ладоьгIуш а болуш:

– Сан хIумма а дац суьде ала цуьнан кхиэлах лаьцна: и хилла йаьлла. Амма кху чохь прокуроро шен къамелехь элира, тхох кхаьрдаш, ур-атталл къийгаш а йешар йац тхан коша тIе ховша бохург. Цунах лаьцна оцу прокуроре шегга, амма шуна а хозуьйтуш, суна дIаала луур дара: цуьнан коша тIехь къийгаш ур-атталл нишка а ховшур йац!..

Чохь мел верг – Тавсолтина дика дагадогIу, – тоха са доцуш, гIадвахана велавелира. Хьалхахьо Iачу Далхьаде, лере а таьIна, Тавсолтас элира хIетахь:

– ГIеххьа къинтIера вели-кх со цунна, цо и дика аларна!..


* * *

И дерриге дага а лоьцуш, ойла йеш, вогIура Тавсолта: «Дика ду: хIетахь Тойсумна итт шо туьйхира. Ткъа диъ бен а ца даьлла… Веддаволчух иза тера а вац… Ткъа иза схьа хIунда хецна йалх шо хьалха? Цунна хIинца НКВД-с тIедиллинарг a xlyн ду?..» – цу шеконаша садууш вогIучу Тавсолтас сихдира хIинца ша Далхьад волчухьа эцна болар…


IАЬРЖА ЛО


Тавсолта дIакхаьчча, райкомна хьалххахь репродуктор кIел гулбелла нах лаьттара. ТIевахара: хаам бора мостагIаша Малгобек дIалаьцна, Лаха–Неврехьа тIетеIаш а бу, цхьаццанхьа чу бомбанаш а йиттина бохуш. ЛадоьгIучаьрца Далхьад а вара. Маршаллаш хаьттина, ший а йистехьа велира.

– Ахь соьга хIунда кхайкхина? – Далхьаде хьаьжира Тавсолта.

– Корехула хьо вогIуш а гина, аравелира со… Цу чохь а дийца мегар доцуш, сов къайлаха хIума ду хьоь хаийта дезаш.

– Дера, сан а-м ду! – Iа ца велира Тавсолта, шениг хьалха ца даьккхича.

– Делахь, дийцал хьайниг!

Тавсолтас дийцира, ша хIинцца кхуза схьавогIуш, Эскинойн-эвла йистехь шена цIеххьана Тойсум гар а, цуьнан шеконе лелар а, цунах шена хеттарг а. Цеце корта хьовзийра Далхьада:

– Хьо нийсса схьакхаьчна! Цунах доьзна ду ас хьуна кечдинарг а! – Далхьад кхин а йистехьа дIаволавелира:

– Хьуна дагадогIу-кх хьастагIа ЧIап-ломана тIехьа вай десантхой лаьцна. Ткъа цара гIали тIехь а тIечIагIдина, шайна тIаьххье Эскинойхь чукхисса кечбина кхин а десантхой бу, уьш тIеэца кийча берш хьалхехь билгалбаха дезаш а дара шаьш аьлла. Ткъа вайн НКВД-с и тайпа нах, хьалххехь зиэ а зийна, гучу а баьхна, хIинццехь леца план хIоттийна. Кхийтин хьо: хIунда хьажийна шун йуьрта Тойсум, и лаьцначуьра ведда кеп а хIоттийна? Гой хьуна, Тавсолта, и Тойсум а, цо шеца балон берш а, вайнехан гIиллакхе оьзна, тIеоьцу берш а хила тарло йуьртахь. Ткъа вайн НКВД-с и тайпанаш а, бакъ болу мостагIий а лерина чубухкур бу. Ткъа райкомана шен районехь ца оьшу НКВД-хойн и китарло: царна медалш йезара бохуш, тхуна йуьхьIаьржо хьашт йац. Шун йуьртана а и сийлахь хир дац. Ахьа, сихха гIой, йуьртахошка дIахаийта – хьайна тешаме хеттачаьргахула – и тайпа нах тIе ма оьцийла, мелхо а, гучу ма-бевлли, цу сохьта Iедале дIалойла алий.

– Дика ду, – резахилла Тавсолта, сихха Эскиной вухавахара.


* * *

Тойсум, тIай йистехь Тавсолтех ша дIакъаьстинчул тIаьхьа, сарралц Эскинойн хьуьнчухула а лелла, эххар а эвла йисттехь вехачу Бетаран кетIа хIоьттира.

Садовшшехь догIа доладеллера. ТIевахна, Бетаран кор туьйхира Тойсума. Бетар кетIа велира:

– Мила ву хьо? Чувола. ДогIанехь ма латта, – элира Бетара.

Ший а чувахара.

– Бетар! Со ца вевза хьуна? – хаьттира Тойсума, вела а къежна. – Со Тойсум ву. Хьуна ма-хаъара, цхьа а бехк боцуш, итт шо хан тоьхна, Сибрех вахийтира со. ХIинца, аьтто а баьлла, лаьцначуьра ведда со, кхеран зама дIайолуш а гина. Чувитахь со. Цхьана-шина денна, мукъна а. Вайшинна йукъахь, вон деъна меттиг хиллехь а, машар а бара-кха хIоьттина. Вайнехан Iедалехь чIирхо а чувуьтуш дара-кха, цунна орца эшча. Чувитахь со.

– Дика ду. Чувита-м ца везара хьо. Делахь а чувеъна ваьлла. Сан чохь мел ву – сан тIома кIел ву хьо. ДIатарло хIоккхуза. Ши-кхо де йоккха хан йац! – элира Бетара, и кхин дIа Iайта шен ойла йоцийла хоуьйтуш. Тойсум, дагахь ийзалуш Iара, тохарлера Бетаран йиша цIеххьашха гучу ма-йалахьара бохуш.

Бетаран зудчо хьешана хьалхахIоттийра нехча, сискал, кхерзина хIоаш, гIалмакх-чай. Сонехь, нара тIехь вижа мотт а кечбира. ДIадийшира. Кестта Бетаран цIенна тIехула кема хьаьвзира. Тойсумна дика хаьара и хIун кема ду, делахь а, набъечуха, теббина Iapa. Чуьранаш а наб кхетта бара. Кестта тоьпаш йуьйлу а хезира. Тойсум тIаккха а чIоггIа наб кхеттачуха Iуьллура. Тоьпийн татанаш кхеран цIийнегахьа тIехилира. Бетар хьалаиккхира, шаьлта караэцна, Тойсум а меттахваьккхина, лулачуьра шен ши ваша а схьавалийра. Цхьамма-м ков туьйхира. Теббина, дуьхьалвахара массо а.

– Мила ву? – хаьттира Бетара.

– Ков схьаделлахьа! ДогIано вашийна-кх тхойшиъ.

– Ой! Хьабаз вац и?! – аьлла, иза озах вевзинчуха, Бетарна йуххе таьIира Тойсум. – И суна вевзаш тешаме стаг ву.

Бетара чувигира иза а, цуьнца верг a. TIepa церан йашийна плащаш пенаца хьалаоьхкира. Охьаховшийра.

– Марша догIийла. Аш а хIун леладо буса, догIанехула? Тоьпаш йуьйлу а ма хезира? – хаьттира Бетара Хьабазе.

– Тхойшиъ хьуьнчухула схьавогIуш, муьлш бу а ца хуучара тIаьхьа тоьпаш туьйхира тхойшинна. Халла кIелхьаравели. Бодашкахь кхин дIагIойла а ца хилла, шун коран серлонашкахьа схьавирзира тхойшиъ, – дуьйцура Хьабаза.

Цуьнан накъост, вист ца хуьлуш, сапаргIат Iapa, цигаьрка а уьйзуш.

– XIapa мила ву, вовзийтахьа, – элира Бетара.

– XIapa… немец ву… хIинцца кеман тIера чукхоьссина… Со волчу ас дIавуьгуш..

– Ахь хIун до цунах? – шеквелира Бетар.

– Хьошалла до-кх! ДIалачкъош! ХIорш тоьлла богIу! Ткъа суна хьаьхна колхозаш! – бат aгlop а саттош, элира Хьабаза.

– Хьабаз тешаме стаг ву, соьца чохь ваьллина. Стохка дIахецна и, хан чекх а йаьлла, – Бетар, шен лаамехьа узуш, кхетийра Тойсума.

– Делахь а… со волчу вон валийна, – чордо вистхилира Бетар.

– Бехк ма биллалахь. Ца хууш нисдели и… Сатоссуш дIагlyp ву тхойша…

ДIадийшира…

Баккъала а сатоссуш хьалагIаьттира ший а. Сатассалц наб йина а воцу Бетар а, хIинцца хьалагIаьттина Тойсум а тIевеара царна. Бетаран ший ваша а лаьттара йуххехь.

– Со а кхаьрца дIавоьду. Тхо цхьана тайпанах ду! – забар йира Тойсума.

Уьш цхьаьний дIабахара.

Доккха са даьккхира Бетара а, цуьнан вежарша а. Амма цу сохьта, мичара йели ца хууш, церан кетIа грузовик хIоьттира, тIехь шиъ «энкеведхо», шиъ милиционер, «тешална» валийна Тавсолтий, кхин цхьа накъост а волуш. «Энкеведхой», милцой машен тIера сиха охьабиссина, хаттаза-алаза хецца чубахара.

– Мича ваха немцо? – кIоршаме хаьттира НКВД-н лейтенанта.

– Тхоьгахь-м ца хилла цхьа а немцо! – майрра жоп делира Бетара.

ЦIенойх хьаьвсира. Схьакарийра цIенкъахь Iохкуш немцойн цигаьрканийн йуьхкаш, гIутакх, немцойн маттахь газета, оьрсийн маттахь немцоша Советан Iедална дуьхьал арахецна ши кехат.

– Ткъа хIорш хIун йу? – Бетарна уьш вон меракIел уьйхьира лейтенанта. Карийначу хIуманашна акт а хIоттийна, «понятойшка» кIел куьйгаш а теIадайтина, шайца и хIуманаш а, кхоьа ваша а эцна, райцентре дIабахара уьш. Шайн кетIа кхаьчча, Тавсолта, лейтенанте а хаьттина, охьавоьссира. Вехха лаьттара и арахь, догIана кIел, чу а ца воьдуш, грузовикна тIаьхьа хьоьжуш, ша-шена корта лестош, хIинца Далхьадан бIаьра а ша муха хьожур ву ца хууш: ала мел дезачуьнга а аьллера Тавсолтас, амма Бетар… – Бетар цIенна вицвеллера.


* * *

Чувоьллинчу Бетарний, цуьнан шина вешиний таллам болийра лейтенанта шен хьаькаман омранца цу дийннахь, сихонца – тIеман заманан амалца лерина. Шеца кхин цхьа накъост а волуш. НеIарехь кийчча конвой а лаьтташ. Бетара а, шина вашас а тIе ца лоцура шайгахь буьйса йоккхуш немцо хилла бохург.

– Тхуна уьш муьлш бу а ца хаьара. Шиъ вара. Цхьамма дийхира нохчийн маттахь: чувита шаьшшиъ, хьуьнчухула вогIуш, догIанехь вашийна, бодашкахь некъах а тилла шаьшшиъ, сатоссуш дIа a гlyp вара аьлла. Цаьрца верг немцо хилла, йа ца хилла тхуна хаале уьш дIабахара сатоссуш. Хиънехь, оха немцо Iедале дIа а лур вара!.. Чу-м, муххале а, вуьтур вацара…

Шайгахь хилла лаьцначуьра ведда Тойсум хьаха а ца вира вежарша, талламхоша а ца хоттура иза. ХIорш тIебоьрзург а ца хилла, лейтенанта эххар хаьттира:

– И шиъ воцург цу буса кхин цхьа а стаг варий шуьгахь буьйса йоккхуш?

– Вацара! – чIагIдира Бетара.

– Аьшпаш!.. Вара!..

– Вацара!..

– Дийца!

– Вацара!

Бетара хьесап динера: «Вара, аьлла, аса-айса и тIелацахь, тIаккха аса-айса и гучудоккху, тIе, охьадийца а дезар ду. Ткъа иза хIокхарна шайна вуьшта а хууш делахь, кхара и гучудоккхур ду, тIаккха дуьйцур-кх аса а»…

Лейтенант аравелира. Йуха чувеара… Тойсум а валош! И «очни ставке» – йуьхь-дуьхьал xIотто!

Чуваьллачу Тойсума элира, бIаьрга тIе бIаьрг а хIоттийна:

– Со-м вара. Хьуна и немцо вуйла а хаьара!

Дерригенах а цу сохьтта кхийтира Бетар:

– КъутIа!.. Шен хеннахь, хьо кхоа а ца веш, оха хьан лерг даьккхинехьара-м, хьо цу сохьта вовза а вевзина, чувитина а хир вацарий аса! КъутIа!

Бетара лейтенанте дийцира:

– Иза берриге a xIoкxo суна хьалххехь кеч а бина, хIоттийна тешнабехк бу, соьца шен йолчу чIирна. Немцо a xIoкxo ша чу валийна суна, xlapa ша а, суна бодашкахь вовзале, ша чувеъна, йуха, сатоссуш, цаьрцаний дIа а вахара… ДIайазде дерриг а!..

– И хIун «чIир» йу ахь йуьйцург? – хаьттира лейтенанта. Бетара дийцира Тойсума шайн чохь динарг а, шаьш цунна тIаккха йуха динарг а. Шина вашас и тIечIагIдира. Цецваьлла, вовшашка хьаьжира ши талламхо.

Бетара элира:

– Хьовсал шу, шаьш ца тешахь, цуьнан тIехьене? Цигахь оха таIийначу шина кепекан мухIар гур ду шуна! Йа циггахь горга мо хир бу! Хьовсал!..

Тойсум вист ца хуьлуш лаьттара. Иза дIавигира.

Лоьраша чIагIдира Бетара аьлларг.

Ши талламхо шайн хьаькамашца кхеташо йан вахара: цара хьалххехь хIоттийна йолу талламан кеп йоьхнера, xleттe a, xleтахьлерачу йуристийн барамехь кхачаме дара талламан жамI: Бетара а, цуьнан шина вашас а, тIаьххьара а даре ма дира шайгахь буьйса йоккхуш немцо хилар а, лаьцначуьра ведда Тойсум шаьш тIеэцар а, уьш цабовзарна шаьш чубитинера бохург цара мел чIагIдахь а.

Кхеташоно а вежарийн бехкан барам, царна тоьпаш туху кхиэл йаллал (оцунах тешна вара Тойсум!) хьала ца кхачахь а, амма царна тIеман заманахь йаккхий хенаш тоххал боккха лерира. Вежаршна «кхааммо» итт-итт шо хан туьйхира.

Районан НКВД-н хьаькамна а, лейтенантана а лакхарчу Iедало мидалш йелира, райкомна замечани йира, и санна долчу гIуллакхна йуьстаха ма хила аьлла.

Тойсум, и гIуллакх цо «цIена» цадарна, схьа а ца хоьцуш, ша хиллачу лагере шен хан йаккха юхахьажийра: мел хьоьстуш лелабахь а, ТойсумгIар а цу заманахь НКВД–с, шайна гlypбана эшначохь кхоа ца бора – уьш тоъал шорта бара.


* * *

НКВД-с тахана тешаллина кхайкхинчуьра вухавогIу Тавсолта, корта оллийна, шена реза воцуш, бакъонца ша йуьхьIаьржачу хIоьттинарг лоруш, кIоргге ойлане вахана вара: баккъала а цунна оьшуш а, йа сийлахь а дацара, шен зудчун Нурбикин а мелла гергара а хуьлуш, буьззина къонахий болчу, Бетарний, цуьнан шина вешиний, дуьхьал а хIоьттина, и тоьшалла дар, амма ца дича-м ца волура йа xlapa а, йа важа «понятой» а, вухавалан цхьа а некъ боцуш, гуш долу бакъдериг дара иза! Делахь а корта оллийна вогIура Тавсолта…

– Хьо ма кхоьлина ву? – хаьттира Далхьада, иза шен кабинета чу ма-велли.

Тавсолтас дийцира. Вехха вист ца хуьлуш Iийра Далхьад. Эххар а:

– Масаний хуьлу уьш вайна ца луурш!.. Са ма гатде ахь. Хьо царна хьалха бехке вац хьуна. Чу ма битинехь муьлш бу а ца хуу нах тIеман заманахь, массаьрга а шайга и дIааьлла доллушехь! – Тавсолтин дог ийцира Далхьада.

Тавсолтин тидам хилира цуьнан оьздангаллин: хIинца а ца элира Далхьада, и ала шен бух а боллушехь: «Ас ма бехира!.. Ас баьхнарг ма хили!»…

«Хила-м хилира!»… – чIагIдира шен дагахь Тавсолтас. ТIаккха хаьттира:

– Дика ду: Тойсуммий, Хьабазий-м ший а церан къайлаха гIоьнчий хуьлуьйтур вай, ткъа важа – немцо?

– Мичара немцо? – велакъежира Далхьад. – Иза а вар-кха уьш берриш. Кхузахь цхьанна а и ца вовзийта, эццара, лула махкара валийна.

– Ой! Ткъа и дерриге а дехка ма хуьлу! – цецвелира Тавсолта. – Ткъа мега иштта?

– Дера ца мега. Йа Ленина магийтина а ма дац, ур-атталл Революцин дуьхьа а! Цу тIехула ца дира цо Октябрь а хилале гIараваьллачу Камона а выговор.., – дагадеара Далхьадна книги тIехь ша дешнарг. Iийна-а тIетуьйхира: – Ленина хIетахь ца магийна. Амма… Сталина… тахана магийна… шен дуьхьа! – элира реза воцчу Далхьада.

Эмин чувелира, кханалерчу газетан номеран макет а йахьаш, Далхьадана гайта.

– Фронтах йолу материал хIоккхуза йаккха, – тадира Далхьада.

Йуххехь Iачу Тавсолтас цIеххьашха хаьттира Эмине:

– Ва, Эмин, и тохара суьдо хан тоьхна Тойсум хьан гергара ма вара. Ткъа хIетахь xlop газета тIехь цунна дуьхьал йолу заметкаш ахь куьг таIийна ма хуьлура. И хIун дара?

– Ахьа а таIор дара сан метта хиллехь!

– ХIундий?

– «ХIундий»? Хуур дара–кх, суна санна, хIетахь хьуна тIетаьIнехь?

– Муха? Дийцахьа!

– Цкъа хьалха, кхайкхина, дIавигира гIалитIе… «ТIиэ – йуьххье»1… Цигахь цкъа хьалха куьг таIадайтира шаьш хIинца соьга аьндерг аса цхьангга а дуьйцур дац, дийцахь – шаьш тоьпаш тухур ю аьлла…

– ТIаккха?

– ТIаккха… тIаккха суна тIедиллира-кх цара суьдан процессехь хилар а, цигахь Тойсума а, цуьнан шина накъосто а суьдан хеттаршна мел ло жоьпаш, цара ма-аллара а ца йаздеш, суьдана товчу агIорхьа йаздар.

– ХIа-а… Кхийти со хIинца. Ткъа хьан йиш йацара хьайн метта «царна» кхин маго? – («царна» бохург кхузахь «тIиэ йуьххьернаш» бара).

– Йара… Делахь а «цара» билггала со хила веза аьлла сацийра, со цуьнан гергара хиларна – цатешарш а тешийта.

– ХIа-хIа-а!.. Ахь дуьхьало йинехь? Церан стоьла тIехь ма Iохкура Тойсума йина йолла припискаш.

– Iаьхкича хIун дара?..

– Тойсума уьш ша а ца йеш… сан куьйга, соьга йойтуш ма-йара!

– Хьий, жIаьла йаI! Ша хьан гергара а воллушехь, ца кхоийна-кх цо хьо.

– ХIаанний! – газета а эцна, аравелира Эмин…

– И а вац, хьуна, башха Тойсумна генаваьлла, и шиъ хIетахь дуьйна ийгIина велахь а! – элира Далхьада…

Вовшийн Iодика а йина, Тавсолтий, Далхьаддий дIасакъаьстира.


* * *

Тавсолта Эскинойн сельсоветана йуххе кхоччуш (I942-чу шеран 20-чу октябрехь, делкъал тIаьхьа) дийна йуккъехь, йоллу стигал а дIалоцуш, бода беара. Мела Iаьржа ло дара цIеххьана тIеоьхуш.

– ХIа! Дуьне духуш лаьтта! Маьждиге дIагулло жамIатан ламазашна! – элира Эскинойхь моллин метта лелаш волчу Асхьаба.

Баккхий нах цунна тIаьххье дIабахара. Тавсолта а вахара. Маьждигехь Асхьаба а, цунна тIаьхьа наха а, гора а эгна, дийхира:

– Веза-Воккха Дела! Хьайн кхиэлашкахь и тарлуш делахь, кху балех хьалхадаха Ахь тхо! Къинхетам бе ахь тхох а, тхан мискачу берех а! Веза-Воккха Дела! Хьан кхиэлашкахь и тарлуш дацахь, хьо реза хин волччу aгlop, иманехь а, къонахаллица а, айхьа делла валар тIеэца аьтто а бе Ахь тхан. Кху дуьненан къинойх цIандай, хьайн цIенчу хьаьтта цIена дIаэца Ахьа тхан синош, Веза-Воккха Дела!

Асхьаб воьлхура.

Цхьацца берш а боьлхура. Моллин гIоьнча маьждиган момсарна тIевелира, кхин а нахе схьакхайкха. Цуьнан мохь белира:

– Ва-а нах! Кхузара гуш Соьлжа-гIала цIергахь йерриг йогуш йу!

Массо, горабахна, йуха а доIанаш дан буьйлира.

Бодашкахь жим-жимма кхин а тIегуллора нах. Ца соццуш ламазаш дора.

Эххар мох белира.

Стигал жимма серлайолуш санна хийтира.

– Хастам бу Хьуна! Хастам бу Хьуна! Тхан мискачу дехарна жоп даларна, хастам бу Хьуна, йо АллахI Дела! – кхойкхура Асхьаба, куьйгаш стигала хьалатуьйсуш.

ХIинца йерриг а стигал серлайелира, вовшийн йаххьаш гуш. Дукханнийн а йаххьаш, кIормодаш хьаькхча санна, Iаьржа йара.

Хьацарна Iийдалучу говрахь маьждига хьалха хIоьттира Сату:

– Со гIалара вогIу. Цига чу тахана, дийнахь шиъ долуш, бомбанаш тоьхна. Мехкадаьтта чохь долу даккхий йайш лилхина. ГIала йогуш йу.

Нах кхийтира хиллачух, делахь а, йуха а йиш йуьйхира церан: «ХIинца хIун де вай?»

Вистхилира Тавсолта:

– ГIалахь иштта хьал делахь, цигахь даа хIума а, мала хи а оьшур ду. ЦIе йайъа гIоьнчий а беза. Вай хIинццехь уьш вовшахтоьхна, иттех ворда, мукъна, дIахьажо йеза гIала.

Оцу дийннахь оьшу гIиpc вовшахтоьхна, бархI вордий, цаьрца пхийтта жимхий гIала дIахьажийра эскинхойша.

И къобал а дина, шозлагIчу дийнахь Райкомо а гIала дIахьажийра кхин а йоккха ворданийн къепал…


КЪАЬХЬА ШЕКОНАШ


Гуьйре тIеттIа мажлуш йогIура.

Занятеш шайн рожехь дIаоьхура. Селита перерывехь шен дитташна уллохь лаьттара, къахьоьгуш там хилла йуьхь йайн цIийелла, бел лаьттах а гIортийна, ойла йеш: «Шениг… Даудниг… Увайсниг!..» Чохь са а долуш, церан векалш хетара цунна xlopш: «Амма хаам ца беш хIунда Iа-те уьш?»

Йуха горгали бийкира… Урок дIайолайелира, классан неI а йиллина, Расулан йогу йуьхь чукъедира. Хьехархочуьнгара пурба а даьккхина, уча йелира Нурседа. Дешархоша вовшашка забаре бIаьцаш йира: массарна а хаьара цу шиннан йукъаметтиг. Хье ца луш, йекхаелла, йухайеара Нурседа. Расул веанера, почте ваханчохь нисделла, «Берсановой С.» тIейаздина, кехат дохьуш. Нурседас, партана кIелдIахула, ша хьалхахьа а хьоьжуш, пхьуьйшара схьа а даьккхина, Селитин кара диллира Увайсера кхаьчна кехат. Шина йишас роггIана дийшира и къайллах. Йуха перерывехь а, «Дада-бIар» кIел йахана, ша а йаьлла, и деша хIоьттира Селита, цхьамма новкъарло йарна кхоьруш, aгlop а йирзина. Хазахетарна йуххехула кехато кхерамаш а хьоьхура:

«Сан хьоме безам! ХIинццалц мукъа воцуш Iийра со. Тхойша цхьаьна ву. Тховса тхо атаке доьлху. Сан кителан аьрру кисанахь, дог детталучохь, цунна ницкъ луш, леладо ас хьан йовлакх. Ларделахь вайн безаман зезаг! Кхин йаздан мукъа вац. Дерриг хоуьйтуш, доккха кехат кхана, тIом ма-сецци, йаздийр ду ас. А. У.».

Селитина уллохь «Ау! Ау!» хезира: «Дада-бIарана» тIеххьа йекара, кху шара дуьххьара школе йеана хьехархочун йоI – Терентьева Нина, шеца лечкъаргех ловзучу шен накъосте Албастов Каташе хаам беш. Схьалаьцна, маракъевлира и Селитас.

– Карий! Карий! – тIеведда, Каташа дIаозийра Нина. – ХIинца ахь со лахал! – дIахьаьдира.

Цхьаъ-м дагадеана Селита, кисанара къолам а баьккхина, йуха «Дада–бIарехьа» йирзира. Диттан гIодах кховр даьллачу шерачу меттехь леррина йаздира цо: «А. У. 30.X .– I942». И таханлера, Увайсера кехат деана а, кхуьнан I7 шо кхаьчна а де дара.

Классаш чохь йуха а марсабелира йижарийн сингаттам:

«Дийна бу тахана. Амма кхана? Хаац!» – ойла йора цара, уьш атаке бахар дагалоций. Оцу ойлано ира йу хьийзайора хье чу, тIеттIа карзахйуьйлуш: «ХIан-хIан, селхана дийна… хилла! Амма тахана буй? Хаац», – бохург хIинца дагатесна, ший а шаьш йолччохь дIатийра, и вовшашка хьахо ца йаьхьаш…

Вукху переменехь «Даудан диттах» бIаьрг кхетта Селита, цIаста санна, цIийелира, ша «Дада-бIар» тIе йаздина, «А.У.» дагадеана, и шен вешина гергахь хьарамло хетта. И элпаш дIадайа «Дада–бIарана» тIейахара, амма цигахь йогIайелира къолам буйнахь: Увайс дуьхьал хIуьттура! Эххар а ша йаздинчунна йуххе кхин ши элп тIетуьйхира цо: «Б. Д.» Массарел шена хьоме хета и шиъ: Увайссий, Дауддий – хIинца, шен дагахь, цу тайпана вовшаххоьттира цо. Цхьанна а и гале, аьлла, Селита сихха Нурседина тIейахара: цунна йуххехь диттийн гонах хьийзара, кегий белаш Iуьттуш, Ниночкий, Каташший. «Дада–бIарана» тIехьа нийсачу могIаршца дIахIиттина дуткъий дитташ а тера хийтира хьехархочунна хьалха дIахIиттинчу кегийчу дешархойх…

ДIаоьхура занятеш… ДIаоьхура денош… Кехаташ ца догlypa…


* * *

Гуьйрено дерзина даьхначу гонахарчу аьрцнашна а, дитташна а Iаьно йуха а тIетесира шен кIайн верта, гаьннашна тIеховшийра лайх дина кIайн месала кхокхий.

Шийлачу мохо раз деттара, Iов санна, гlopгla ло. Киса хьарчийча санна, шекарал кIайчу башлаьмнийн кортошна тIехь наггахь хаалора, цIийн томмагIнех тера, маьлхан хьоькхнаш. Геннара схьахьоду стигалан къекъар санна, лаьмнийн даккъашкахула схьахьоькхучу махаца кху йуьрта а схьакхочура хIинца Кавказан аренашкахула бекачу тIеман гlyгI, амма, бердах кхетта хIордан тулгIе санна, лаьмнийн тархех кхетий, даьржий, довра иза. Генна Россехь, Волгин йистошкахьа, Чилеково-станци йолчохь нохчийн-гIалгIайн полк немцоша хIаллакйина боху хабар а схьакхечира эххар а, и хиллачул тIаьхьа дикка хан йаьлча. Цу полкаца дукха бара Эскинойра нах. Эскинойхь тезетийн кхин цхьа paгI а чекхйелира.

Даудера а, Увайсера а кехаташ ца догIура.

«ХIун хилла-те цу атакехь?» – дагара ца долуш, хила тарлучун ойла йан ца йаьхьаш, къийлайала а ницкъ ца кхочий, ший а йиша цхьаьний йоьлхура хIинца кест-кеста.

Тавсолта а тата дайна лелара, вониг ма-хуьллу даг чуьра дIатоьттуш, мукъа ца виса гIерташ, саццанза гIуллакхаш деш цIахь а, колхозехь а: иза шен даг чохь хьалххе дуьйна а кечвеллера, мичча а хенахь, нахана санна, шена а тIехIотта тарлу дика а, вон а, наха санна, ша а лан дезийла хууш.

Нурбика, синтем байна, амма татанза хьийзара: Тавсолтас ца могуьйтура «эрна чIечкъар». Ша йисча-м хоьцций йоьлхура иза: даго, цо и тIе мел ца дитахь а, вониг алсам хьоьхура цунна, ишттачохь массо а нанна санна. ТIаьххьарчу деношкахь гIенаш а вонаш сов гора. Самайаьлча а, диц ца луш даг чу дижина гIан лорура цо декхадала хьаьхначех. Дийнахь шена керла мел гинчу хIуманца дустуш и, шен хьесапехь декхадаллац, ладоьгIуш, сагатдора Нурбикас.

Иштачех гIан дара, тахана а даг чуьра ца долуш, цунна сийсара дайнарг. Школин кертахь гly хуьлу. Нурбика йоьду цига хи дан. Чухецна чийлик, зIе мел чIогIа схьаозайарх, хьала а ца даккхаделла, xlapa чу хьаьжча, гIy бухахь, хин куьзганахь Даудан сурт гира нанна, тIемалочун хормехь, ведарх а тасавелла, и дIаийзош: «Хьовсийша, гly чу воьжна-кх и!» – дагатесна Нурбика, гIори-гIоддах и хьалаваккха йоьлча а, зIе дIаийзо ницкъ сов а баьлла, гly чу йуьйжира xlapa ша а, нисса шега схьахьоьжучу Даудан сурта тIе…

ЧIогIа дог доьхна самайелира Нурбика. Тахана а, йуьхь жимйелла, кхин а кIорге чуэгна сийна бIаьргаш Iаьржа хеташ, бос а баьхьна йара и. Сихха чуьра гIуллакхаш дIа а дерзийна, аьхна тужурка а йуьйхина, кортали а кхоьллина, тIергIан пазаташца калош а туьйдина, ведар чохь хи дан школе йаха арайелира иза, шен дагахь – и гIан Iexo!

Нурбикас цкъа хьалха шен и гIан, цхьаьнгге а дийцале, шайн кертахула доьдучу татолан йисте а йахана, шабарш деш, цуьнга дийцира, и хица дIадахьар доьхуш. ТIаккха хи чу эппаз а кхоьссина, кхин цкъа а дагахь доIа а дешна, школе йахара и. Леррина школин кертарчу татола чу хьийжира: хин куьзга сирла цIена къегара. Цу чуьра эцна дуьззина хин ведар уьйтIахь а дитина, чуйахале, школи чу хIоьттира Нурбика, мехкарий цIабахккалц а дан собар ца хилла, цига мукъна а кIантера кехат деанийла хьажа.

Xlapa комсорган цIа чохь Нурседица Iаш, цIеххьана чувелира, машенахь школина кIорий, дечиггий дахьаш веъна Расул. Чохь Нурбика йайча, кIеззиг вуьйхира иза. Нурбика шеконца хьаьжира кегийчаьрга: хьалха а цхьацца хезнера цунна.

– Xlapa… Даудера кехат дохьуш веанера со-м, – стоьла тIе конверт а диллина, Iодика а йина, сихха аравелира Расул. Ненан бIаьрг серлабелира: «Дийна ву!.. Дийна ву!..» – некхан ваз а дегош, детталора дог. Конверта чуьра сержантан хормехь, некха хьалха шортта мидалш гун, Даудан сурт караэцча, Нурбикин хеназа хебаршка йахана йуьхь, шарлуш, нур санна, къегира…

«ХIун ду-техьа ирс? Шен долахь хилларг, цкъа дан а дайна, йуха схьакарор ду-те? Йа хан йаларца, цуьнан буьззина болу мах бовзар ду-те? Тохара Дауд денна а, ма-варра, хьалха гучу хенахь ма ца хьоьжура и цуьнга иштта лерина, хIинца цуьнан сурте санна. ХIетахь ма ца хуьлура ненан йуьхь цкъа а иштта ирсе», – бохучу ойланца хьоьжура, ша а йоккхае Нурседа нене. Суртах шен энжеде куьг хьоькхуш, барташ дохура Нурбикас. Беснешна тIехула охьаоьхура бIаьрхиш. Нурбикин дог хIинца Iийжадора тохара и цIахь волчу хенахь ша цунна цкъацца барт беттар дагаоьхуш: «ХIан-хIа, и цIа веъча, кхин цкъа а дийр дац ас цунна дов», – нигат дира цо дагахь. Оба а аьлла, цкъа некха тIе а таIийна, кIентан сурт чета диллира цо. ТIаккxa цIеххьана: «ГIан а декхаделлийца сан!» – дагадеана, сапаргIатделира цуьнан. Шуьйра йелакъежира и ша-шена, цу гIено ша эрна кхерайар дагадеъна. ТIаккха йоIехьа йирзира:

– Иштта эвхьаза кху чу оьху «иза?» – Расул араваьллачу неIарехьа корта ластийра Нурбикас.

– Кху чу дуьххьара веана… Керта-м вогIу… школина дечиг дохьуш.

– Ча тешийла хьайх!.. БIаьргаш дукха сийна бу хьан!

ТIаккха Нурседас, нана къевллина мара а йоьллина, йуха хаьттира цуьнга дуьххьара:

– Нана! И ма олу ахь даим… Хилча хIун ду бIаьргаш сийна?

– Эхь доцчийн хуьлу ма олу уьш сийна.

– Хьайниш а… ма бу уьш… сийна! – эккхийтира йоIа, нанна барт а луш.

– Дера, хир бац-кх! ХIинццалц соьга-м ца аьлла цхьамма а… «сийна бIаьргаш!»… Со-м ца хилла эхь доцуш.

– Ой, куьзгана хьаьжча а ца гина хьуна, ва нана?.. Цунах ца хаьа хьуна и бакъ доцийла?

– Шу санна, куьзгана хьежа мукъа мила хилла?.. Ткъех шо хьалха, шун дега йогIуш, хьаьжчахьана кхин суо куьзгана хьаьжна де дага, дера, ца догIу суна… И-м вайнехан Iедалехь осала а лорий… Шу санна, гуттар куьзгана хьалха хьийзар, баккъал, товш ду моьтту хьуна? – аьлла, корта а ластош, дIайахара Нурбика, шен ведар а эцна, Тавсолте гайта четахь сурт а хьош.

И дIайахча, Нурседа, класса чу ца йоьдуш, шен кабинета чохь ойлане Iapa: цо нанна ца доьшуш дитина могIанаш а дара кехата тIехь: «Атаке даханчул тIаьхьа тхо, тIеман аре а йуьтуш, цкъачунна духадовлуш тхоьца хилла Увайс, схьакхетаза висина, хIинца а карош вац. Цунах лаьцна кхечухьахула шайга хаам кхачахь, соьга а йазделаш. Со, чов хилла, госпиталехь кхо бутт а баьккхина (и нене ма хаийта), хIинца, то а велла, йуха фронте дIавоьду».

Нурседас сацийра: «Увайсах дерг, Керимера а кехат доцуш Iачу цомгашчу Кесирега а (цу тIе Селитега а!) кху сохьта дийца эшац, шайна хаъалц».


** *

И шийла Iа ша доькхуш санна, йовха а, йекхна а йеара бIаьсте. КIайчу башлаьмнашна тIехула шершара деши басахь йогу мархаш. Церан дуткъий IиндагIаш лаьмнийн басешкахула, вовшашна тIаьхьа а уьдуш, дIаоьхура сих-сиха шайн аматаш хуьйцуш. ХIаваъ сихха дохлуш догIура, Iаь а гIуьттуш, денлучу бай тIера хьалагIертара заза-буц. БIаьстено кхелина Iалам нускалх делакъежара.

Йурт а айайеллера: фронтера дика хаамаш совбуьйлура. Малгобекера а фашисташ тоххара лаьхкинера, хIинца йоллу Кавказ а дIацIанйеш лаьттара. Волгин йистошкахь вайн эскаро, кхо бIе эзар сов немцойн салтий, шайн коьртехь волчу фельдмаршал Паулюсца цхьаьна, йийсар а веш, толам баьккхинчул тIаьхьа, мостагI сихвинна дIалоьхкуш вара берриге а Советан махкара.

Iамерко, Ингалсо шаьш хуьлуьйтур йу аьлла «шозлагIа фронт», нагахь цара ца хилийтахь а, хIинца цхьанна а даг чохь шеко а йацара xlapa тIом, Советан мохк тулуш, чекхбериг хиларх.

Цу хазахетаран шаьш дакъалоцуш санна, школера бешан дитташ, луьстта сенарш а хецна, зазадаьккхина, нийсачу могIаршца, кечделла дIахIиттинера, дуьххьара ловзарга баьхкина мехкарий санна, и керт къагош…

Денош сиха дIауьдура…

Селхана тIаьххьара экзаменаш а дIайелла, чекхделира йижарийн дешар а. Даудера кехат а кхечира: могуш ву, лейтенант а вина, парте а ваьлла ша, бохуш… Амма цо йуха а хоьттура Увайсах хезнарг. Кесире кхаьчнера Увайс «тIепаза вар» хоуьйту кехат. Амма и хIинца а билгалдерг ца хеташ, даго бакъ ца лоруш, цкъачунна дIатеттина дитира, тезет ца xIoттош. Делахь а, оцо ойла кхолайора, къаьсттина Селитин. Амма Нурседин даг чохь, цхьана а хIуманан а къарйан ницкъ боцуш, къайллах, кхин тайпа эшар йекара: хIинцца школе веана Расул, дешна бовларца йижарий декъал а бина, йуьстах йаьккхина, Нурседица шецца цхьа къамел а дина, дIавахара. Тахана, школа чекхйаккхаран кехаташ кара а кхаьчча, ша тIаьххьара дIайаьхьначу комсомольски собранехь Нурседас керлачу комсорге дIаделира комитетан гIуллакхаш. Цигара цхьаьна цIа йогIура ши йиша. Нурседина лиира, Яссе а хьожуш, хи йистехула йан. ЦIен бердах чу а йоьссина, хин кIажехь сецира и шиъ. Нурседас хи тIехула, «чIепалгаш» деш, сицкъарш шершадора: «цхьаъ… шиъ… пхиъ…» – дагардеш. Шен карарчу акказин гаьн тIера гIаш, цхьацца дохуш, хи чу а кхуьйсуш, чхар тIехь тийна Iapa Селита. Тамаше дара цу шиннан йист ца хуьлуш иштта Iер.

– Ас цхьа хаза хIума дийций хьуна, Селита!

– Дийцахьа, Нурседа.

– Ас Расулна хан йиллина! ШуьйтталгIачу июлехь цуьнга маре йоьду со.

Селитин карара га а, гIаш а хи чу ийгира: цу сохьта хиэ, цкъа йисте а хьовзийна, тIаккха, вовшех а даьхна, даржийна, дIададийра уьш. Йуьхь озайелира Селитин, цецйаьлла. Нурседа дохкойелира, цуьнга ша и хIинца хьахийна.

– Хьо ма цецйели, Селита? Хьуна ца хууш-х йацарий тхойшиннан йукъаметтиг?

– Дауд тIамехь а волуш, цунах хIун хуьлу ца хуучу кху муьрехь, йа сох а, йа цхьаннех дага а ца йолуш… и муха дало хьоьга, ва Нурседа!

– Дало–кх! И… сан сайн гIуллакх долу дела!

Селита кхин а цецйаьлла хьаьжира йишега:

– Хьажахьа! Иштта йу-кх хьо!.. Увайсан тезет а дIадерзаза… Цуьнан нахана хьалха а оьзда ма дац и!..

– Селита! Ас и дарх цхьанна а тIедан йа зулам а, йа эхь а дац! Массарна а санна, халахета суна тIом болуш а, Увайс вайна а, Дауд кхерамехь хилар а… Амма хIинца со сайна везачуьнга маре йахарх, царна хIун вон, йа со ца йахча – хIун дика хуьлу? Ткъа ас хIун дан деза… сайна и везаш хилча?

– Собар дан деза-кх… тIом дIабаллалц! Эхь ма ду: денна тезеташ лаьтташехь шен… синкъераман гIуллакх хьалхадаккхар…

– Синкъераман гIуллакх дац… и сан йахаран гIуллакх ду!.. Ас и кIелдитарх тIамна йала са а йац!..

– Суна-м… хьарамло хета и вайн тIамехь болчарна хьалха…

– Суна-м ца хета! – хьалагIаьттира Нурседа.

Кхин вовшашка йист ца хуьлуш, цигара йухайеара и шиъ. Нурседа библиотеке йахара. Селитас, чу а йеъна, йелха ийзош, нене дийцира, Нурбикас хIусамдега хаийтира. Тавсолта инзарвелира: «Муха, йоккхахйолчу йишел хьалхий!.. Воккхахволу ваша тIеман цIергахь а воллушехь!.. Алаза – хаттаза!» – корта хьийзабора цо. – ХIей, хезий хьуна!.. Хьо йу уьш дIахецнарг! – мохь хьаькхира Тавсолтас. – ДIахаийтал цуьнга: цу суьйличуьнга и гIахь, ас хьан а, цуьнан а кортош дохург хилар!

Расулан да, маццах ДегIастанара схьакхелхина, Iаьнди вара, ткъа нана кхузара нохчо йара. Уьш тIом а эккхале беллачул тIаьхьа, Iаьндара тIаьхьавеанчу девашас дIаийзошшехь, Расул кхузахь, ша кхиийначу ненахошца висира. Тавсолтина лаьара шен нуц ондда тайпа долчу нохчех хуьлийла. Тавсолта аравелира, Нурбикина дов а дина.

Чуеъна Нурседа ша а йаьккхина, Нурбикас шена майрачо дина дов дIадира йоIана:

– Хьай, гаур йаI! Йоккхачу йишел а хьалха!.. Хьайн вешех а хIун хуьлу а ца хуъушшехь… Эхь ца хетий хьуна, нажжаз! Жимма сатоха ца мега… ваша цIаверззалц!

– И-м цIахь долчу вайх а ца хаьа хIун хир ду! – къар ца лора йоI.

КIантах йоьIан дог даккха а гIоьртира Нурбика:

– И суьйли бен кхин ца каравора хьуна кху ломахь?

– Имам Шемал а хилла суьйли! – жоп делира йоIа, Тавсолтин цIа чохь кхозучу суьртехьа корта а ластош.

– Хьажал! Хьо адам делахьара.., – Нурбикас, ша гуттар а ишттачохь хIинццалц эриг хIинца ца олуш, эццигахь шен дош хийцира. – Массарел жима хьо, массарел хьалха йала йийзи-кх!.. ШайтIанан ког!

– Дика ду, нана! Дика ду! – аьлла, и тейира йоIа, ша тIетайна моттуьйтуш, дагахь къайллах кхин а сацийна.

Тавсолтас, йоI ца Iахь а аьлла, шега балу кечам бира, цо йиллинчу хенахь и ларйан…

ЙалхолгIачу июлехь, Iуьйранна, да балха ваханчул тIаьхьа нене, ша Анна Львовна йолчу йоьду а аьлла, арайаьлла Нурседа йуха ца йеара. Селитина этажерки тIехь карийра Нурседас дитина кехат: «Аш суна бехк ма билла! Сайн дош а, сайн лаам а кхочушбеш, со маре йаха айса хаьржинчу кIанте. Делахь а, даим дагца шуна хьанал йолу Нурседа».

Нурбикий, Селитий йилхира ший а.

Ша и дIадийца а ца йаьххьашехь, амма и къайладаккхар кхин а шена кхераме хиларна, Нурбикас кехат, куьг а эгош, дIауьйхьира делкъанна чувеанчу Тавсолтега:

– Йаха-кх!.. Йаха-кх! Гаур, йаха-кх! – бохура цо, куьйгаш хьалатуьйсуш.

Тавсолтас кехат, этIийна, цIенкъахула даржийра:

– НеIаллит цунна!.. Иммансиз! Кхин сан йоI йац иза!.. Эхь-бехк а, да, ваша а ца лоруш йахана-ц. Цуьнан цIе а ма йоккхийла кху чохь! Кхул тIаьхьа цуьнца уьйр лелорг а сан вац!.. – кога неI тоьхна, аравелира Тавсолта.

Нурбика, йоьлхуш, йиш йоьхна хьийзара. Селита Анна Львовна йолчу йахара цу сохьта.

Анна Львовна а цецйелира Нурседа шех а дага цайаларх, амма хиллачух хIумма а, Селита санна, вас хилла-м йацара:

– Расул дика кIант ву! – аьлла, мелхо а, къобалдира цо тIаьххьара а Нурседин маре.

Вукху сарахь, Тавсолтин кетIарчу гоьзанах дой дIа а тесна, схьахIиттира, лекха холхазан куйнаш коьртахь, гIовталш а йуьйхина, кечбелла, вайнехан Iедалехь захало дIадерзо баьхкина, Расулан кхочарш. Таьлсийн оганаш дуьзна дара: йух-йуххехь лаьттара цара йалийна йоккха старгIий, ши жий. Жимма манкха а луьйш, къамел динчу царех воккхачуьнга ла а доьгIна, Тавсолтас доцца дIадерзийра:

– ЙоI сан йац!

БIогIам санна, меттах ца хьовш, лаьттара Тавсолта. Баьхкинарш кхин а къамелаш дахдан дагахь бара, амма оцу сохьта, мичара вели ца хууш, Тавсолтин кетIа, дейтта-пхийтта шо хир долуш, бIегIаган куй а коьртахь, йайдакх говрахь цхьа бере хIоьттира. Багара чопа а йуьйлуш, гаьллаш Iуьйшучу шен говрал а хьуьхьвоьлла, шена тIедиллинчу гIуллакхах воккхаве кIант сиха луьйра:

– Тавсолта! Хьоьга колхозан керта гуламе кхойкху кху сохьта! Москохара баьхкина хьаькамаш бу… Сихло бахара! – цо берзана ког Iоьттина расха говр, шад бина цIога а ластийна, бергийн тата ойуш, дIаиккхира.

– ХIа! Аш бехк ма билла! ГIуллакх, шуна ма-гарра, сиха ду! Со ца вахча валац! – аьлла, Тавсолта, церан Iодика а йина, дIавахара…


* * *

Лохочу дегIахь, стоммо, хьена лепачу йуьхьца, шалха кхалкъ а йолуш, эскаран хормехь цхьа стаг вара, гонаха накъостий а лаьтташ, трибуна тIера къамел деш. Тавсолта лерина дIахIоьттира цуьнга ладогIа, иза бIаьрла стаг хетта. «Церетели» бохуш, йохура наха цуьнан цIе. «Сталина ваийтина»… «Бериян гергара», «Инарла» ву… бохуш, дуьйцура. Цо къамел оьрсийн маттахь, амма кавказхойн акцентаца дора:

– Цхьайолчу меттигашкахь партизанашна герзаш ца тоьу. Шуьга гlo деха даьхкина тхо. Шайн долу герз, башха а дац, муьлхха а схьалахьара аш: шалгу тоьпаш, шаьлтанаш, тарраш… Тишанаш а мегар ду. ХIокху муьрехь а муьлхха герз а оьшу вайн партизанашна. Шун массо йарташкахь а хIинца гулдеш ду герзаш. Шу царел эша мегар дац…

Дисина гIуллакх шеца баьхкинчарна тIе а диллина, «виллис» тIехь дIавахара иза…

Вукху дийнахь сарале, хьалхаваьлла Тавсолта а волуш, Эскинойхь герз дIагулдира: шалгу-тоьпаш, тарраш, шаьлтанаш… Тавсолтас, шен шалгу-топ а, доьхкарца кхелина шаьлта а ша дIалуш, элира:

– Граждански тIамехь кIайчарна йиттира… хIинца а вайн хуьлда аьтто!

Наха цIенчу даггара дIаделира шайн долу герз. Бакъду, наггахьчо, и дIадала ца лууш, цхьацца бахьана хьовзадора. Тавсолтас тIаккха цхьаболчаьрга Къуръана тIехь дуй боуьйтура. Пхьадуьхерачу, аьхка а кхакханан месала куй лелочу, тIехьаьжча цхьа пекъар хетачу Додин Якъубан а йу ворхIазза йолу тапча, олуш хезира.

И шатайпа стаг вара. Цуьнан багара, сих-сиха схьакъедий, цIен мотт, дакъаделла балдаш дашош, цхьана йистера вукхузхьа разбодий, дехках тера, дIалечкъара йуха. КIарул-Iаьржа хаза бIаьргаш сапаргIат хьуьйсура, дуьзинчу цициган санна. Виллина ламанца къахьоьгуш – йа жехь, йа бежехь, йа нахана дечиг кхоьхьуш – лелачу цунна хIунда оьшу а ца хаьара герз, амма цуьнан и хилар чIагIдора цхьаццамма. Ша Тавсолтас ца витича, цкъа шен чу а вахана, йуха схьа а веъна, цо дуй биира Тавсолтина нахана а хьалха:

– Со кхетам чохь а волуш, xlapa корта ас аганара айичхьана, цхьа а герз хилла ма дац сан карахь!

Нах шайн дагахь буьйлура.

Пхьакхочехь вехачу Сатус а, лоьдгашца ийзинчу томкано мажйина, аьрзун зIок санна, чухьаьвзина, пIелган мIара тIе а йетташ, биира дуй:

– ХIокху Делера охьадоьссинчу, хIокху Делан Къуръанора и хьуьлларниг йоцург кхин топ ма йац сан долахь! – аьлла, шайн цIийнан геннарчу туьнкалган тоьпа тIе пIелг хьажийра цо, массо а бийлош. Ша а тIаккха кIажвахана велавелира и, хераевлла можа цергаш гучуйохуш. Нахана хаьара, цо шен топ цу чухула хьалаоьллина хила тарлой.

Амма цуьнца къовса лууш цхьа а вацара. ТIехьашха «Чамзаркъа» олура цунах наха.

Цуьнан бегаш а, шеха-а шога хуьлура. «Хьо ма хьалхе къежвелла?»– хаьттира цуьнга цхьамма бегашена.

– «Дера, ца къежвелла, хьуна, со дуьненан гIайгIанна-м… Къаьркъа дан ваханарг схьакхаьчна ца волуш, дог эттIа къежвелла-кх», – шен даимлера жоп делира Сатус.

– И таьжгенаш а йитий, долчо герз охьадилла. Ца диллахь, Iедало могуьйтур дац! – элира Тавсолтас.

– Ва Тавсолта! Дуй биъча-м, лачкъийна говр а ма йуьту! Бита беза ахь уьш! – элира маслаIате наха. – Тхан кIоштахь кхин герз дисина дац хьуна!..

Герз шайн долахь доцчара а, дакъалацархьама, таллархойн туьканашкара эцна, тIейехкира шалгу тоьпаш:

– Тхоьгара а хилийта! Партизанашна! – олура цара. Нахана лаьара тIемалошна гlo дан.

Гулдина герз, даьхьна, сельсоветан чу охьадиллира.

Кхано шен «виллис» тIехь, веана, «воккха хьаькам» – Церетели схьакхечира. Резахилира. Тавсолтин белшах дерстана куьг туьйхира цо:

– Молодец, воккха стаг, молодец! ЦIен партизан а эрна ца хилла хьо!

Там хиллачу Тавсолтас чукхайкхира хьешашка:

– Шу иштта дIадахийта йиш йац… Вай цхьа кавказхой ду… Тхуна халахетар ду, тхан кхачех кхетаза шу дахча.

Церетели, велакъежна, гонаха хьаьжира: гIеххьа мацбелла накъостий резахилира, шайца райкомера Далхьад а волуш.

– Дика ду… Дика ду… – аьлла, хьалхавелира Далхьад. Тавсолтас сов сиха, лере цхьа-ши дош аьлла, шайн чу хьажийра, говрахь дIаиккхина тохарлера жима кIант…

ХIорш чукхаьчначул тIаьхьа, дукха хан йалале, Нурбикас хьалха йиллира йуург.

– Цкъачунна xlapa шозза йайина котамаш йу шуна… ХIинцца ас цхьа кхин гIайгIа а бер вайна! – элира Тавсолтас, хьеший охьа а ховшош.

– Муха… шозза йайина? – хаьттира цецваьллачу Далхьада.

– Цкъа – уьрсаца, тIаккха – кечйан цахаарца.

Котамаш, шортта хохаш а, даьтта тоьхна, мерза кечйина йара, амма нахана хьалха зуда хастор осала лорура Тавсолтас.

Хьешашка хьажар Далхьадна тIе а диллина, аравелира и. Цхьа хан йаьлча кертара схьа, къиладаьлла доьлхучу беран мохь хезира Далхьадна. ХIун ду хьажа уьйтIа ваьлча, цунна гира, шен цхьаъ бен йоцу газа дитта кIел охьа а тоьхна, шаьлта хьакха гIерта Тавсолта. Газанан къаьрзинчу можачу бIаьргех, ладар санна, бIаьрхиш охьаоьхура: Iоьхуш, йалан ца лууш, ворта дIасахьийзайора цо шаьлтанна кIелхьара.

– Хьо хIун деш воллу, Тавсолта?

– Цхьанххьа а уьстагI ца карийна, xlapa авст, мукъа, йен воллу-кх…

Хьешаша маларца цхьаьна чомехь йиира къона газа. Далхьада мотт ца туьйхира.

Хьеший дIабахча, Тавсолта йуха а кхоьлина вара: иза реза вацара Нурбикина, – шега геланчо дIааьллашехь, цуьнга урс ца хьокхуьйтуш, газа цо кхоайарна… TIe, Нурседас динарг а ца долура даг чуьра…

Кхин цхьа кIира даьлча хезира: Расул, райцентрехь керла квартира а йелла, шен нускалца ваха хиъна аьлла.


* * *

Тавсолта волчохь доьзалехь цхьамма а Нурседин цIе ца йоккхура.

ЦIентIера гIуллакхаш a, гlap йайина, тийна дора Селитассий, Нурбикассий. «Дауд… Увайс… хIинца… Нурседа!» – шайх къаьстинарш йух-йуха дагахь багарбора Селитас. И хIинца кест-кеста йоьдура Анна Львовна йолчу: селхана хьехархо хиллачух гIайгIано тахана нийсархо йинера.

Анна Львовнас шайн школехь йуьхьанцарчу классийн хьехархочун балха а нисйира иза, тIе, партин историн «Краткий курс» Iамочу кружоке эхар тIе а диллира, рогI-рогIана Лев Толстойн, Тургеневн, Чеховн, Горькийн, кхечийн а книжканаш, йеша а лора, мукъа ца йита гIерташ. Селита чуйуьйлира книжкаш йешарна…

Денош дIаоьхура.

Кху гурахь шайн бешара дуьххьара гулбина стоьмаш, кIезиг белахь а, посылка а йина, фронте бахьийтира дешархоша, йуккъе Селитас йаздина кехат а диллина. Бутт а балале жоп деара, майоран Терентьевн, капитанан Албастовн цхьаьний даьккхина сурт а чохь. Амма Увайсах хаам хIинца а бацара: цунах лаьцна Кесире кхин цкъа а деара, иза «тIепаза вайначех ву» аьлла, кехат. Иза воцург а лерина, селхана тезет а дина, цIерачара хIоллам буьйгIира цунна йуьртан кешнашкахь.

Селитин даг чу ша биллира. Даудера а кехат ца догIура йуха а дукха хенахь дуьйна. Почтехь кехат дуйла хьажа арайелира иза.

Почте дIа а кхачале сельсоветан маьIIехь гулйелла пхьоьха гира, хил дехьарчу гарнизонехьа куьйгаш а туьйсуш, карзахе цхьаъ-м дуьйцуш. ТIейахара:

– Уьш хIунда гулло-те кхуза?..

– Сийсара-м уьш шозза а совбевлла…

– Дера, шек ма ву со, «и» бакъ дуй-те аьлла! – пхьоьхана йуккъера дIавахара цхьа воккха стаг…

– Цо бохург хIун дара? – хаьттира цхьамма цеце.

– Ца хезна хьуна? И доллу эскар вай дерриш а, нохчий а, гIалгIай а, шайн доьзалшца цхьаьна махкахдаха гулдо бохуш?..

– И-м бакъ хир дацара…

– Ткъа хIунда гулдо xlopш сел лерина?..

Селита, йагийча санна, сиха чуйахара: и тайпа хабарш наха цкъа долийнера масех бутт хьалха, и эскар дуьххьара кхуза ма-оьззинехь. Амма хIетахь райцентрехь, туп а тоьхна, Iачу церан полковника, нах гул а бина, хаийтира: эскар кхуза ломан арешкахь Iаморан дуьхьа гулдеш ду. Хабарш севцира.

TIe, кестта эскархоша йуьртахошца цхьаьна, хелха а буьйлуш, синкъерамаш бан болийчахь-м, и хабарш диц а делира. ХIетте а, кхано, цхьа хан йаьлча, эскархоша сихдина ломан некъаш а тадеш, мел оьшучохь тIеш тохкуш, зIенаш йалош, шайна гича, цхьаберш йуха а шекбевлира:

– Стенна тадо некъаш сел лерина? ХIунда йохку зIенаш?

– Хьанна оьшу кхузахь оццул тIеш?.. – адамийн даг чохь йуха карзахйевлира къаьхьа шеконаш.

Амма йуха а и тайпа «провокацин къамелаш» дийраш, ца кхоош, Iедало чубохка болийча, севцира и хабарш: тIехула тIе, шайх цхьа а ца тешшал тIех акха а, даго тIе ца оьцуш инзаре а дара уьш. Амма тахана йуха а уьш карзахдевлира.

Селитас, чу ма-кхеччи, ламаз тIера гIаьттинчу дега хаьттира:

– Дада, и хIун ду цу арахь наха дуьйцурш?

– ХIун дуьйцу? – мохехь кол санна, дусаделира Тавсолтин цIоцкъамаш. Нурбика пешана уллохь тебира.

– И доллу эскарш, вай, нохчий, гIалгIай, – дерриш а махкахдаха гулдина ду боху-кх!

– Муха? Дерришший? Со партизан ву, Революцин тIамехь дакъалаьцна. Сан кIант фронтехь ву!.. Ткъа ишттанаш кхин а шорта бу! Бахахь, махкахбоху берш бандиташший, дезертирашший хир бу-кх!

– Делахь-хIета, сийсара и эскар шозза а сов хIунда даьлла?.. – йелхар иккхира Селитин… Нурбикас «ошшада» дийшира. Тавсолта, йоIе цкъа дIа а хьаьжна, ойлане вахана, сиха аравелира. Сельсоветехьа вахара иза, нахе хатта а, гарнизон йолчухьа ша бIаьргтоха а. Цига дIа а кхачале, новкъахь, говрахь дуьхьалвогIу Сату кхийтира. Цуьнга шен безам бацахь а, Тавсолтас хьалха салам хаьттира, мелла а шел и воккха хиларна:

– Хьо ма вогIу, Сату?

– ГIалара вогIу-кх.

– ХIун ду гIалахь?

Сату, говрара охьа а ца вуссуш, кIон велакъежира:

– Тавсолта! Вайн вежарша гIалгIаша олуш хезний хьуна: котамо, мIараш а хьаькхна, кхеллий йуккъера ша схьадаьккхина урс, кхано хIусамдас шен логах хьокху долу. Изза ду, хьуна, хIинца вай динарг а.

– ХIун хилла? – Тавсолтас говран дирста схьалецира.

– И… ахьа a гlo деш… сел лерина, «мIараш хьоькхуш», вайгара дIагулдина и доллу герз, шаьш вай махкахдоху дела, вайх ларлуш, дIаэцна ду, хьуна!

– Хьуна мичара хаьа?! – Тавсолтин бIаьргашкара, куьркара санна, сийна суйнаш тесира.

– Дера, хаьа массара а и дуьйцу дела. Со хIинцца гIалитIехь базарахь волуш, тIе а хилла, соьга цхьана гIалагIазкхийчо а, мохь тоьхнна, ма элира: «ХIей, чечен, соьгара xlapa кетар оьций ахь? Йораха ло хьуна ас. Сибирехь оьшур йу хьуна!»… гонахарнаш а бийлабелпра… Муха хета, хьуна?.. ГIалахь–м и массара а дуьйцуш ду! Ткъа стенна тадеш ду моьтту хьуна сел сихдина и некъаш а, тIеш а?

– Сату! Схьайтахь говр! Ас доьху хьоь!

– ХIун дан воллу хьо?

– Эцца райцентре а иккхина, схьавогIур вара со… Сахьт далале ас йуха хьан кеттIа дIахIоттайо, хьуна, ма-йарра. – Сатус, кхин вист ца хуьлуш, тIера охьа а воьссина, говр дIайелира Тавсолте…


* * *

Тавсолтина цIеххьана дагадеанарг дара гарнизонан полковникал а лакхара волчу Церетелига хатта. Райцентрехь милицин начальникан Джабраилан хIусамехь Церетели сецна хилар хаьара цунна.

Джабраила хьасене тIеийцира Тавсолта:

– ХIоккхуза охьахаий, жимма собарде, иза луьйчуш воллу эцца чохь,–олуш, Джабраила, велакъежна, корта ластийра аьрру агIорчу цIенгахьа. Тавсолтина йуххехилийра тIе цIен бархат а лаьцна долу кIеда гIант. Тавсолта охьахиира.

Цхьана минотна аьлла, Джабраил араваьллачохь мелла а хьевелча, Iе а ца велла, Тавсолта жимачу корехула чухьаьжира Церетели луьйчуш волчу цIа чу: шурула кIайчу йоккхачу ной чохь хиъна Церетели а волуш, цунна тIе чамешца хиш а дуьттуш, букъах цхьа горгам а хьоькхуш, иза, хи йистехь цхьа дика айгIар санна, леррина лийчош воллура, гIодайуккъелц верзина ваьлла, къона ши салти: гай йоккха хиларна Церетели ша охьа-хьала ца таIалора. Тавсолта шен дагахь: «Тхан санна дац гIуллакх-м» аьлла, шен метте йуха охьахиира. Кехатна йуккъе хьарчийна шишанаш а дахьаш, Джабраил чувеара. Лийчина ваьлла Церетели, лепа йуьхь а йина, дайчу боларца, верриг а векхавелла, схьа чу велира, шен доккха гай хьалхадаьккхина. Цунна цу сохьта вевзира Тавсолта:

– О-о, марша вогIийла, воккха стаг! – элира цо, куьг а кховдош.

Тавсолтас, гIантара гIаьттина, ийза ца луш, нийсаре санна, куьг делира Церетелига.

«Шена хаахьарий-м и мел воккха хьаьким ву, тIаккха-м сов лерина хир вара цуьнца Тавсолта», – дагатесира Джабраилна.

Массо охьахевшира. Тавсолтас, кхин хьем а ца боккхуш, Церетелига, нийсса бIаьра а хьаьжна, хаьттира ша деънарг:

– Церетели! Кхузахьа денна а тIеуьйзуш эскарш а ма го, сихдинна тадеш гонахара некъаш а, тIеш а ду, йохкуш керла телефонан зIенаш а йу. И бахьанехь цхьацца хабарш а девлла. Цхьаболчара олуш хеза и доллу эскар кхузара нохчийн къам дерриге а махкахдаккха гулдеш ду. Оцу хабаро сагатдо нехан. И хьоьга хатта веъна со, и хаа декхар а долуш, кхузахь массарал а лакхарниг хьо вуй сайна хуу дела.

Джабраила гочдира. Тавсолта сапаргIат хьоьжура Церетелига: и мел воккха хьаьким велахь а, Тавсолтас оцул а коьрта лорург дара, иза а, ша а, цхьабосса ши кавказхо, ший ломаро хилар, иза кхуьнан цIийнан беркатах а кхетта, кхуьнан хIусамехь а хилла, хенаца а кхуьнан нийсархо хилар. Оцо, Тавсолтин хьесапехь, йуьззина бакъо а лора цунна Церетелица долу къамел а, и мел воккха хьаькам велахь а, шен нийсарца санна, ца ийзалуш, дан.

Церетели кхийтира Тавсолтин къамелан эшаран кепах а, цуьнан бухарчу бахьанах а: иза вай велакъежира шатайпанчу – цхьана aгlop сирла а, йуха, оцуьнца цхьана, мекара а долчу шалхаллин велакъажарца. Церетелина хаьара массо а ламанхочунна – кхузахь а, Гуьржехь а – шайл лакхара цхьа а ца хетийла. Амма Церетелина, цунна йуххехула, дагатесира шаьшшинна йуккъехь баккъалла а йолу йоккха башхалла а, ша кхуза хIунда веъна а, кхузарчу нахана, Тавсолтина а тIехь, ша кечдинарг хIун ду а, цунах а доьзна, шена хьалха лаьтта и чолхе, хала декхар а.

И дагалаьцна, цунна гергахь шен йолу Iалашо хIинца коьрта лерина Церетелис, тIехула куц xIoттош, шуьйрра велакъежна, схьаийцира Тавсолтас къамелехь йалийна нийсархочун кеп, йуха, оццу доттагIаллин кепехь, Тавсолта тешош, цуьнан белша тIе куьг а диллина, элира:

– Хьоме Тавсолта! Уьш дерриш а эрна хабарш ду. Царех ма теша. ТIеман заманахь дукха хуьлу уьш. TIe уьш мелла а шайца питане хьу йолуш а ду. Нохчий махкахбахар гергахь а дац. Бакъду, бандиташ совцо дагахь-м ду тхо. Эскар кхузахь гулдина, нагахь къилбаседехьара Турци вайна тIелатахь а аьлла, некъаш а, тIеш а тадо, зIенаш а йохку эскаран маневрийн хьашташна. ХIумма а сагатдан эшац!..

ТIаккха, хIусамдегахьа а вирзина, тIетуьйхира Церетелис:

– Джабраил!.. – Джабраил, дегI нисдеш, хьалагIаьттира. – Ахь хIун дей, и йамарт къамелаш даржораш схьа а лаций, кханнехь чубохка! ТIеман заманца йогIу кхиэл йайта царна!

– Кхочушдийр ду, накъост генерал! – жоп делира Джабраила.

ХIусамнанас стоьла тIе хIоттийра саьрамсекхаца кечдина жижиг-галнаш, баIарийн тIамаршца кхерзина меаш, хохашца шури тIехь кхехкийна москал. Лепаш шишанаш а лаьттара стоьла тIехь.

– ТIехилал хIинца! – самукъане элира Джабраила.

– Баркалла! Со хIума йууш Iийр вац. Сихо ву… – аьлла, церан Iодика а йина, Тавсолта воккхаверца дIавахара и кхаъ эскинхойшка дIакхачо…

Цигара ша вухавогIуш, xlop дуьхьалкхеттачу вевзачуьнга и кхаъ а хоуьйтуш, Тавсолта Сатун кетIа кхечира. Ков туьйхира. Сату аравелира:

– Баркалла, Сату, гIоза лелайойла. Дика говр йу. Кхуьнца вахча, дика кхаъ а беа.

– ХIун?.. Дийцахьа!

Тавсолтас дийцира Церетелис аьлларг.

– Ча тешийла шех-м! Хьовсур-кх! – аьлла, Сату чувахара. Вукху дийннахь, мел вевзачуьнга и кхаъ хоуьйтуш, йуьртахула чекхвелира Тавсолта.


НУРБИКА

Гуьйре сихха макхлуш йoгlypa.

Даудера кехат ца кхочуш, сингаттаме дара ТавсолтагIеран чохь.

Тавсолта араваьлча, пеша хьалха жIай-гIанта а хоий, Даудан сурт а карахь, гIийла тийжара Нурбика.

Дауд тIаме вахачхьана а, Нурбикин дахаран йерриг марзо а цуьнгара кехат кхачарца йара, массо а нанойн санна. КIантера кхаьчначу кехато цу сохьта башабора, йехачу буьйснашца сагатдеш, кийра биллина ша. Амма xIop деъначу кехато, цунна йуххехула, сингаттаман алу а тухура коьрте: «ТIаьххьара-х даций-те xIapa? Кхин догIурий-те?» – бохург дагатосий. ХIетте а, мел дукха хIума лур дара-кх Нурбикас тахана, тохара Расула схьадеънарг санна, цIеххьана кIантера кехат кхочург…

Эххар а, 1943-чу шеран ноябрехь, 13-чу дийнахь, Нурбика ша Iаш, почтальон велира чу. Схьакховдийра конверт. Нурбикас сиха схьадаьстира и, юха а чохь кIентан сурт карадаре сатуьйсуш. Чохь сийна кехат дара, зорбатоьхначу могIанашна юккъехула куьйга яздина цхьа-ши дош а долуш. Серлаяьллачу юьхьца Нурбикас дийхира почтальоне:

– Дешахьа xlapa, дукхаварг.

Почтальоно, тIе а хьаьжна, Нурбике духаделира иза:

– Тавсолте ду… Цуьнга дIало… – аьлла, сиха дIавахара почтальон, къамеле ца волуш.

Цуьнан шийла хиларх шекйелира Нурбика. ЦIеххьана йуьйхира иза, настарш малйелира, дегIе зуз хьаьдира цуьнан. Нурбика чуьра араиккхира Тавсолта лаха. Дегочу куьйгахь, кIега санна, дIасакерчош кехат а долуш, бос а баьхьна, лесташ йогIура иза урамехула.

– Хезий хьуна, хIей, ахь хIун до? – сацийра Тавсолтас, ша а ца гуш, тIехйолуш йоллу Нурбика.

– ХIан, хьажахьа, xIoкxo хIун боху? – балдаш дегадора Нурбикин. Тавсолтина, бIаьрг ма-кхийтти, девзира иза: и тайпа сийна кехат кхаьчначу кертахь тезет хIуттура. Деша дика ца хаахь а, кехатан шолгIачу могIанехь куьйга йазйина шен кIентан цIе йевзира дена.

Дехьарчу кех йуха ара а ваьлла, чехка дIавоьдучу почтальоне схьакхайкхира Тавсолтас:

– Дешал xlapa, хьо сиха велахь а!

Цаваьллачу денца почтальоно дийшира: «Хьоме накъост Берсанов Т. Б.!

Командованис даггара халахетарца хаам бо шун турпал кIант лейтенант Берсанов Дауд Тавсултанович Даймехкан сийлахьчу тIамехь майраллица валарх лаьцна. Тхо теша, вайн Даймохк, вайн халкъ дага а лаьцна, и доккха вон лан шун къонахаллин ницкъ кхочург хиларх»…

Кадам а бина, малделлачу боларца дIавахара почтальон: кху йуьртахь тахана и пхоьалгIа «похоронка» йара цо дIайелларг.

Йух-йуххе хIоьттина, дист ца хуьлуш, дахьийча санна, лаьттара Тавсолтий, Нурбикий цхьана ханна. ДогIанна дазделла генаш санна, охьадахара Тавсолтин цIоцкъамаш. Леш боллучу стеран санна, севцинчу бIаьргашца шена хьалхха лаьтта охьахьоьжура Тавсолта, меттах а ца хьовш. Нурбика, мохехь гla санна, йегайора. Меллаша вовшашка хьаьжира. «Остопираллах!!!» – шозза, кхузза элира Тавсолтас. Меллаша чудеара ший а. Балин бозалло Iадийна, тийна Iapa ший а нара тIехь. И хезна, цу сохьта, йагийча санна, чуиккхира Селита. Стоьл тIехь Iуьллура сийна кехат. Дийшира. Маьхьарца йелха йолаелира. Тавсолта, вист ца хуьлуш, чуьра аравелира.

Нурбика, шена хиллачух хIинца буххера кхиъна, коьртах кадетташ, кIентан сурт кара а эцна, маьхьарца йоьлхура:

– Сан Дауд! Сан кIант! Со-м совнаха хьан бIаьра хьажа а ца йаьхьарий, хьуна бIаьрг хиларна кхоьруш, сан цхьаъ бен воцург! Иштта хир дуй хиънехь, ас-м хьуна тIера бIаьрг боккхур а бацарий, нана йаларг!.. Со йиси – хьо лаьтто ваьхьи… Дуур дара-кх ас и латта!..

Белхарга цу сохьта схьакхечира Iаьржа духар дуьйхина Анна Львовна а, Кесира а, лулара зударий а. Уьш боьлхура, Даудан цIе а йохуш…

Цхьана кIиранах лаьттира тезет…

Берриг йуьртахоша, школерчара, райкомерачу накъосташа – массара а даггара дакъалецира цигахь.

Амма Тавсолтас тезетехь а шена тIе ца дитира Нурседий, нуцций. Билхина, билхина, дIабахара уьш, шозза а доьхначу дагца: Нурседин къаьсттина дог Iийжадора хIинца, дас-нанас боххушехь, хIунда йахара-те ша маре, Дауд тIамехь а волуш, бохург дагаоьхуш.

Тавсолтас, хьиэ ца луш, йуьртан кешнашкахь, шен вешиний, Увайсаний боьгIначарна йуххе, дIабуьйгIира Даудна лерина лекха хIоллам… ХIоллам бугIуш гIo динарш дIа а бахийтина ша вехха лаьттира цигахь Тавсолта: кIентан дегIах ур-атталла цхьа а цуьрг кхузахь доццушехь, хIетте а, и хIоллам, и дечиган бIарлагIа йара хIинца дуьйна Тавсолтин дог Iовжош, цуьнан бIаьрг шена тIехь сацо ницкъ кхочург, и бух боцчу ойлане кхоьхьург. «Вара. ХIинца вац. Мича ваха и? ДIавели. Цкъа а и хила а ца хилча санна, дIавели. Ткъа ван а хIунда вина хилла и? Ваха а стенна ваьхна? Мича махкахь ву хIинца сан кIант? Сан кIант!.. Сан Дауд!..» Жоп дацара цхьанхьара а схьахезаш: йа стиглара а, йа лаьттара а…

ХIолламна тIехула хьала-охьа куьг хьоькхуш, дIаваха ницкъ боцуш, лаьттара Тавсолта кхузахь хIинца: шен латтар а, йа кхузара дIавахар а, цхьабосса хьесапе доцийла шена хуъушехь, амма кхузахь ша мел лаьтти а дагна хьаам хуьлуш санна, Дауд шена мелла а гергахь волуш санна хетара. Йух-йуха хIолламах дай куьг хьоькхуш, доIанаш дора:

– «Йо, АллахI-Дела! Ахь кхоьллинчу хьайн дуьнен чохь айхьа хIоттийна низам тIеэца а, кхочушдан а, ницкъ ло ахь тхуна… Реза де ахь тхо хьайн кхиэлана»…– Тавсолта гонаха дIасахьаьжира, гонаха ирахдахна шортта кхин а хIолламаш дара схьахьоьжуш, дуккха а чарташ а, шира кешнаш а гора: «Со-м башха цхьалха а вац кху дуьненахь… Цара а йайтина-кх цхьана нахе цхьа ойланаш», – дагатесира цунна: «Кхин берш а дIабахна кхузара шайн белларш а битна!.. Со а тIаьххьара а дIа ца вахча ца волу-кха…». – Йуха а куьг хьаькхира хIолламах. ДIавахале аьлла, ирахь, тIаьххьара а кхин цхьа доIа дира цо хIолламна хьалха – шен дешнашца: «Йо, массанхьа а кхочуш, амма цхьанхьа а гуш воцу Дела! Массо а кхоьллина, массо а дIаоьцу Дела! Ас доьху Хьоьга: ма виталахь со цхьалха сайн балехь, хьайгара гIo доцуш. Айхьа суна велла сан цхьаъ бен воцу кIант, суначул дукха везна, дIаваьхьна Дела, ас доьху Хьоьга, Хьайн дуьнен чуьра дIа ца дойуш, дахийталахь даим сан кIентан са, Ахь-Айхьа кхоьллина, хьан нуьрах схьабаьлла и суй».

Йуха а ша динчу доIанех буьззина тоам ца хуьлуш, Тавсолтас тIетуьйхира: «Йо, Веза-Воккха Дела, таханлерачу кху луьрчу дийнахь, къиза мостагIа тхан Даймахкана тIелеттачу муьрехь, тхан халкъана, тхан толамна гергахь эрна доцу, пайденна гIурба хилийталахь сан кIентан валарх!» ХIинца эххар резахилла ша динчу доIанна Тавсолта, «амин» аьлла, йуьхь тIехула куьйгаш а хьаькхна, кешнашкара меллаша цIехьа волавелира.


* * *

Сингаттамаш, дIа меллаша эхахь а, амма тIе, жIуга йой, таттало цкъацца.

Даудах долу тезет дIадирзина дукха хан йалале Тавсолтин цIен тIе керла бохам беара: Нурбика шайн чохь, гал а йаьлла, цIеххьана охьакхийтира цIенкъа йуккъе. Дехьачуьра схьахьаьддачу Тавсолтина гира, хьала а ца гIатталуш, бос баьхьна, балдаш а сенделла, йоьжна Iуьллу хIусамнана.

И хьалаайа охьатаьIначу Тавсолтас, зудчун аьрру ност сеттинчух тера хетта, цигахула куьг хьаькхира. Нурбикин мохь белира.

– Ност йойна-кх хьан!.. И муха йой ахь кху шерачу цIенкъахь! – корта ластийра Тавсолтас.

Истанг тесначу нара тIе охьайиллира цо иза, ларйеш, кIел гоь а йаржийна, гIовла гIайба а буьллуш.

– Сан йойнарг ност йац… Дог ду. Вала хьаьхначунна… шерачу цIенкъахь а… карадо бахьана, – шех хIумма а тамаш ца беш, гIийла элира Нурбикас, шега хIинца къинхетаме хьоьжучу майрачуьнга.

– Йоха ма йохалахь! ХIинцца ас лоьраш балор бу! – аьлла, Тавсолтас сихха Селита дIахьажийра.

Селита йуха чу а хьажийна, Анна Львовнас цкъа маса йуьртан фельдшере кхайкха дешархо вахийтира.

ТIаккха телефонехула райцентрера лор а вехна, сиха ша а схьакхечира иза. Нурбикин коьрте а хиъна, цуьнан хьаьж тIе шийлачу хица дашийна гата дохкуш Iapa Селита.

Схьакхаьчначу фельдшеро, цкъа хьалха пхьаьрсах маха а тоьхна, Нурбикин йойна ност, Тавсолтас гlo а деш, зоьпарш а лоьцуш, бинтаца дIайихкира.

Лор схьакхаьчча, Нурбика гIоле а хилла, узарш ца деш йара.

Лергех йаккхийра чIагарш а кхозуш, дегIана лохо йолчу къоначу лоьро, фельдшере ла а доьгIна, йист ца хуьлуш, Нурбикин куьг а лаьцна, бетталу пха багарбира, тIаккха меллаша коч хьала а теттина, леррина даге ладуьйгIира.

– Аравалахьа! – дийхира Нурбикас Тавсолте, шен чет лоьро дIасахилийча.

Йуха чувеанчу Тавсолтегахьа а йирзина, элира лоьро:

– Меттахъхьейан мегар дац. Кхуззахь Iиллийта. Эшахь, соьга йуха а кхайкха, – тIаккха фельдшере: – И молханаш леладе. Xlapa мехий а детта… дийнахь кхузза… чIу ност йорал совнаха… инфаркт а йу кхузахь, xlapa охьакхетарна а бехке. Прогнозис пессима2… – аьлла, Iодика а йина, дIайахара лор.

Лазархочунна наб озийча, дIадахара Анна Львовний, фельдшеррий. Чохь тийна дара, цаьпцалгаш а йекаш. Хье ца луш йуха самайаьлла Нурбика, Селитига шен коьрта кIел кхин цхьа гIайба а биллийтина, кIеззиг хьалаайайелира:

– Тавсолта! – дуьххьара майрачун цIе йаьккхира цо. Цуьнан аз а тамашина дийкира. Зудчо шен цIе йоккху хезна Тавсолта вогIавелира ша волччохь: цо лоьручу Iадатехь цхьана доккхачу дийнахь бен йоккхуш ца хуьлура зудчо майрачун цIе.

– Со йалале… цхьа дехар ду сан хьоьга. Хьуна муьтIахь, ахь бохург деш… тахана сайн эхартан неIаре кхечи со. Соьгара дийлинчу гIалаташна къинтIеравала суна цкъа… Цул сов… со лечу дийнахь… сан дуьхьа… ахь сайн цхьа дехар кхочушдойла а лаьа… суна.

– Дийцал, Нурбика! Со къинтIераваьлла-кх хьуна… – элира весете ладогIа кечвеллачу Тавсолтас, шаьш къастадахкарх дог кхиъна, ша а дуьххьара зудчун цIе а йоккхуш.

– Ас доьху хьоьга… со йалале… кхуза схьа а йалаяй… суна а гойтуш… гечдехьа цу йоIана… Нурседина!

Тавсолта IадIара.

– Ас тIаьххьара доьху хьоьга, – аьлла, шен коьртара йовлакх а Тавсолтин когашка тесира Нурбикас. ТIаккха гIелйелла, йуха шен гIовлана тIе охьайахара.

Меттах ца волура Тавсолта! Шена гергахь йоккха киртиг йара цунна тIехIоьттинарг: доьзална а хьалха деллачу шен даша тIера шозлагIа а вухавалар – стоглара валар санна хетара.

Делахь а, йала йоьжначу зудчо, когашка йовлакх а тосуш, тIаьххьара дина дехар кхочушцадар наха а магор дацара. Зудчух къа а хетара. Ойлане лаьттара Тавсолта. Селита ден коча хьаьрчира:

– Дада, ас доьху хьоьга, дада!.. – йоьIан довха бIаьрхиш вортан тIехула чухьаьдира Тавсолтина.

– Дика ду! – доккха са даьккхира Тавсолтас. – Валлалц йина чIагIо, хьан дуьхьа, йохайо ас… тIаьхьа дохко ма волийла… Дика ду. Ас дош дели хьуна.

– Дела резахуьлда хьуна! – Нурбикин сапаргIатделира. ТIаккха кестта, дагар лакхадаьлла, иза харц лен йелира. Молханаш малийча, йуха а кхетаме йеана, наб озийра цунна.

Оццу сарахь, Селитас хабар дахьийтина, Нурседий, Расуллий схьакхечира.

Корта а оллийна, де доьхна лаьттара Расул.

Нурседа, йоьлхуш, дена мараиккхира. Тавсолтас, вист ца хуьлуш, белша тIехула куьг даьхьна, ховхха тIеуьйзира шена йоI, йуха а тохара жимачохь хилларг и хетта.

Даккхий хилча а, шен бераш бералара ца довлу. Цуьнгара хилла вас, йоI шех хIинца схьахьакхалушшехь цIенна йиц а йелла, хьаьира Тавсолтин дог, амма шен чIагIйеллачу амало и гайта а ца вуьтура: марахь хье ца йеш дIахийцира цо Нурседа. Да дехьа чу велира. ЙоI нанна улло охьахиира, цуьнан коьртах куьг хьоькхуш:

– Хьо-м толур йай, тхан нана, са ма гатде ахь! – хьоьстура цо иза.

– ДоьгIнехь, хир ду-кх иза а. Ца талахь а, дац хIумма а… Йалар-м ловр дара ас, шун бартхилар гичхьана… Iожаллел а хала ду-кх нанна доьзалехь барт эгIар… – доккха садаьккхира Нурбикас.

– Хьоьгара бала схьаэца… и бекъа йиш, мукъна, йелара тхан, нана! – элира Селитас.

– Дика ду и йоцуш а… Аш и дIаоьцур бара… Со йуьсур йара… Кху дуьненахь хIорамма а ша-ша такха беза шен бала… Бала боцуш цхьа а вуьсур вац… ХIинца paж соь кхаьчна.

Кхораш санна, даккхий бIаьрхиш оьгура, нанна уллохь лохачу гIантахь Iачу Селитин.

– Ма йелха… Делха эшац… Со йелча а, куьйгаш хьалха а туьйсуш, нахана ма делхалаш: нехан а белла… Йахь хила! Нах гIиллакхехь тIеэца… Делха кхуьур ду шу шаьш дисичахьана… Веллачун цхьа де бен хилац… Цуьнан гIуллакх цкъа хьалха дIадерзаде сихха… Дохий ма хьовза…

– Хьо-м лийр йаций!.. И ма дийцал ахь!.. – йуха а ненан коьртах куьг хьоькхура Нурседас. ТIехиллачу Расула, белша тIе куьг а диллина, хьаьстира йоьлху Селита:

– Баккъал а, делха бахьана дац… нана дика йу… кхин а гIоле хир йу.

Селита тийра. Нурбикин а сапаргIат делира: кхоь а бер бертахь шена хьалхха гора цунна хIинца: иза, ца Iебаш, серладевллачу бIаьргашца хьоьжура цаьрга.

– Схьайтал и… – этажерки тIерачу Нурседин деакIов куьзганехьа пIелг хьажийра цо. Селита Нурседега хьаьжира: тамашина хеттера, цкъа а ша чу хьожуш а доцу куьзга хIинца нанас дехар. Нурседас, тIе гата а хьаькхна, дIаделира нене куьзга.

Лерина чу а хьаьжна, Нурбикас:

– Дан а ду… сийна, – аьлла, йухакховдийра куьзга.

Нурседа кхийтира, вукхарна-м йуха а иза харц лен йаьлла моьттура.

ТIаккха, стол шена йуххе а хилайайтина, цу тIе Даудан сурт а хIоттийна, сов лерина цуьнга хьиэжа йелира нана, тIера бIаьрг а ца боккхуш. Моьттура: шен берриге тIаьххьара ницкъ гулбина и кIентан амат чухудуш йоллу, ша йоьдучу, сел шеко йоцуш ша тешачу, цу кхечу дуьнена шеца иза а дIадахьа дагахь…

Иштта иза Iаччохь Нурбикин йуьхь цIеххьана кIайелира, меран буьхьиг ирлуш, бIаьрганегIарш охьадийшира, корта охьабахара…

– Нана!.. Нана!.. – мохь белира йижарийн. Расул а воьлхура. Сехьа чу а ваьлла, Тавсолта меллаша йеса деша хиира цуьнан коьрте. ТIаккха, Нурбикин бIаьргаш дика ша дIа а хьабдина, вист ца хуьлуш, аравелира иза. Нурседий, Селитий, йоьлхуш, ненах хьерчара. Амма, церан белхар хIинца хезехь йоцу, Нурбика сапаргIат аркъал Iуьллура нара тIехь.

Цуьнан дакъаделла, доьзална даьцна, шен дуьхьа цкъа а вовшахтоьхна а, йа тоха деза моьттина а доцу, ши куьг, шаьш кху дуьнен чохь дийриг дина даьлла, шайн энжаде пIелгаш чу а хьаьвзина, хIинца паргIат, дегIан дохалла нисдина Iуьллура, цхьанна а кхин ца оьшуш, охьатесна ши кагтуха санна…

Цо, ача дIайохуш, йайшна чу хьекхначу куьйгийн разйевллачу мIарех бIаьрг кхетта Селита, дог Iаьвжийна, горайахара нанна хьалха, цуьнан куьйгашна, церан берчашна, цу мIарашна барташ дохуш: «Со йала хьан», – бохуш, ахIи-декъехь йоьлхура йоI…

Баккхийчу зударша лийчийна, марчо хьарчийна, кечдира дакъа. Сатоссушехь баханчу кегийчу наха каш а даьккхина, божарша барамахь, къонахчунна санна, тIехула верта а тесна, кешнашка йаьхьира Нурбика…

Кешнашкахь къуббана улло керла кошан барз хIоьттира…

– Иштта ду-кх xIapa дуьне, Тавсолта! ХолчухIоттарх хила гIоле йац… – кадам бора наха хаъал кхоьлинчу, таьIначу Тавсолтега. – Вохий ма хила! Дала гечдойла Нурбикина.

– Милла а соьга йогIучу дийнахь йеъна, цкъа дакъаза а ваьккхира, хIинца, цхьа а ца йогIучу дийне со кхаьчча, йелла, шозлагIа дакъаза а ваьккхи xIoкxo со… Дела резахуьлда, – олура Тавсолтас, ша мел балехь велахь а, зуда бахьана долуш, нахана таьIна ша гайтар осала лоруш…

Цуьнан цIен тIехь и шозлагIа тезет а дIадирзира…

Цо кхин Iен а ца магийтина, иттех де а даьккхина, дIадахара Нурседий, Расуллий, Нурбикин коша гонаха дика керт а йаьхьна, чурт а доьгIна…


* * *

ХIинца Тавсолтин цIа деса дара. Селита ша йисира деца. Цо дагахь йух-йуха а багарбора шех белларш: нана а тIекхийтира царна хIинца.

Халкъалахь а и ма-аллара, ваша велча мархалдоьлла Селитин даг тIера зезаг, хIинца нана йелча, охьадуьйжира. Селитин бIаьргаш, шайна чохь хIинццалц гIийлла баьгна чиркх а хIинца берриг а дIабайна, хIинца, буьйса санна, гуттар Iаьржа гора. Денна йоьдура иза кешнашка.

Анна Львовнас кхин а алсамбаьккхира Селитина ша тIебиллина болх, шен ма-хуьллу цуьнан хан паргIат ца йита гIерташ. Амма Анна Львовна ша а, Иван Саввичера дукха хенахь дуьйна кехат доцуш, гIайгIане йара. Цунна а сингаттаме дIаоьхура денош… Балхахь а шайн мукъачу хенахь дукха хьолахь цхьаьна хуьлура Селитий, Анна Львовний, ца йаьлла бен шайн чу а ца йоьдуш.

Тахана а, занятеш дIаевлча а, цIа ца йоьдуш, цхьаьний Iapa и шиъ хьехархойн цIа чохь, корах ара а хьоьжуш, радиохула лоькхучу Огинскийн полонезе ла а доьгIуш. Кху шеран дуьххьарлера ло дара догIуш: мох боцчу арахь, чекх генна са а гуш цIена долчу хIаваэхь, цхьамма-м комаьршачу канашкара чухецча санна, саццаза охьаоьхура месала, даккхийра кIайн чимаш. Селита лаьттара корехь, букъ тIехула ши чIаба охьа а йахийтина, коьртах шарф а хьарчийна, меттах ца хьовш. ЦIеххьана цуьнан белшаш кеггийра йегош, ши чIаба а йай техкаш, тидам хилира Анна Львовнин.

Загрузка...