Вовшашна весаш йан гергабахана и къийсамаш севцира, урамо голатухучохь дегIана лекха, зоьртала воккха стаг гучуваьлча. Ханна воккха велахь а, хIетта сирйала йоьлла, йоцца лергина маж а, хаза тодина даккхий мекхаш а, цIен бос бетталуш беснеш а йара цуьнан. Атлазан гIовтална тIехула тIедуьйхина дато бустамаш долу Iаьржачу исхаран чоа а, гIодайукъ къевлина дихкина детица кхелина доьхка а, шаьлта а дара. Кхузткъе итт-пхийтта шо хан хир йара цуьнан, амма тIехьаьжча, оцу шен хенал къона хетара иза. Лекха хьаж дIакъовлуш, дуькъачу цIоцкъамашна тIегIортийна тиллинчу месалчу куйнна бухара схьахьоьжучу хьекъалечу бIаьргаша а, дукъ тIе а даьлла, хьаьвзинчу боккхочу меро а бертаза лерам кхуллура цуьнга хьаьжначун дагахь.

Воккхачу стагана тIаьххье гучуйелира тIехь ахьарх а, демах а дуьзна масех гали а долуш, тIаьхьатесна берстина боккха сту а болуш, стерчийн салаз. Воккха стаг, соцунгIа а хилла, салаз шена тIаьхьа а кхиийтина, стерчийн йуьхь лаьцна вогIучу жимачу стаге вистхилира:

– Салаз, чоьхьа а йаккхий, дIахIоттае. Iусмана а, ахьа а оцу старина сихха шаьлта хьакхий, иза тилабе.

Оцу стагана тIе тидам бахара Iелин а, амма бIаьрса гIийла долчу цунна иза генара ца вевзира. Цуьнца салаз йалош веана жима стаг сийсара вевзинера Iелина. Иза Айзин кIант Дауд вара. ХIета, и воккха стаг Акхболатан Ахьмад бен хуьлийла дацара. Iелина хааделира кхузахь долчу дерриг а адамийн тидам цунна а, шена а тIебахана хилар. Ша хиъна Iачуьра хьала а гIеттина, цунна дуьхьалвахара Iела.

– Ассаламу Iалайкум! Хьо марша вогIийла, Iела! – Iелин куьг а лаьцна, мараиккхира Ахьмад. – Эзар балех волийла, кхин керстанан буйна воьдучух Дала ларвойла хьо!

ХIинца, уллора хьаьжча, шеко йоцуш Ахьмад вевзира Iелина. Дуккха а хан йаьллехь а, хьалхалера васташ ларделлера цуьнца.

– Дела реза хуьлда хьуна а, Ахьмад! – шаьшшиъ маракхеттачуьра дIасакъаьстича, куьг дIа а ца хоьцуш вигна, иза шена улло охьахаийра Iелас. – ТIаккха, Ахьмад, гезалойн арахь айхьа со, Iожаллин багара а ваьккхина, хошкалдахойн хьаннашка вигна де дицделлий хьуна?

Ахьмад воьхна хьаьвзира.

– Ца дицделла. Дицлойла а дац оцу шерийн денош.

– Оцу дийнахь со кIелхьарвоккхуш чов хилла пхьарс сакхт бисира хьан…

– Ас динарг вай массара а динарг дара, Iела. Накъосташа со Iожаллех кIелхьарвоккхуш а, ас накъостий кIелхьарбохуш а меттигаш хуьлура. ТIамехь иштта ма хуьлу. Эзарнаш байъина, эзарнаш заьIап бисина. Суна хилларг-м хIумма а доцург дара. Цул дийцахьа айхьа лелийнарг, хьо цIа муха веана?

– ХIун дуьйцур ду? Сибре гена, шийла мохк бу. Ткъа и каторга дуьненан жоьжахати йу. Цигахь хьоьгуьйтучу Iазапо стаг хеназа къанво, Iожалла йо. Тхуна тоьхна итт шо хан чекх а йалале Iожалло дIабаьхьира сан накъостий. ТIаьххьара а соьца висина бено Илес а кхелхира шуьйтталгIачу шарахь. Йисина ткъе йалх шо хан, вайнехан стаг бIаьрга ца гуш, йаьккхира ас. Бакъдерг аьлча, ас дог диллинера со кху махка воьрзур ву, вайна вовшийн гур ду бохучух.

– Хьайна тоьхна итт шо хан текхна ваьлча, цIа ца хийцира хьо?

– ХIан-хIа. Цигахь ваха маьрша витира, амма цIа верза бакъо ца лора. ХIунда сецавора, суна сайна а ца хаьара. Схьахетарехь, Iаьлбаг-Хьаьжа коьртехь волуш хиллачу нохчийн гIаттамо йахйирий-те, моьтту суна, цигахь сан хан. Мосазза а вада гIоьртира со, амма хIоразза а, схьа а лоций, хан тIетухура. ТIаккха, къанвелча, маршонах дог а диллина, цигахь вала сецира. ХIокху тIаьххьарчу шерашкахь цхьа шатайпа тутмакхаш кхийла болийра со волчу. Царах революционераш олура. Вуьшта аьлча, паччахьан Iедална дуьхьал нах бара уьш. Со цига муха кхаьчна а, муха Iаш ву а хиъначу цара, сан гIайгIа беш, паччахьна тIекхаччалц аьрзнаш а йаздина, маршаваккхийтира со. Цаьрца вара, Николаз цIе йолуш, гуьржийн цхьа жима стаг, цуьнан хан чекхйалар а, со маршаваккхар а цхьаьна нисделира. Шеца цIа валийна, со Соьлжа-ГIалахь охьа а воссийна, Гуьржех вахара иза. ХIинца со шуьца цIахь ву. Иза ду-кх, доцца дийцича, ас лайнарг.

– И гуьржи хьайца схьавало везаш хиллера ахь, Iела. Вай хьошалла дийр ма дара цунна, – элира Янаркъас.

– Iойла дацара цуьнан. Хетарехь, даккхий гIуллакхаш вовшахдетташ бу уьш цигахь. Aмма цо дош-м делла шен аьтто баьллачу хенахь хьошалгIа ван.

– Ткъа и ахь буьйцу тамашийна цIe йолу тутмакхаш хIун нах бу, Iела? – хаьттира Янаркъас.

– Уьш хьекъале, майра, догдика, доьналле адамаш ду, Янаркъа. Паччахьна а, хьоладайшна а дуьхьал бу уьш. ХIинцца хIокху Овхьада дийцинарг дуьйцура цара а. Паччахьан, хьоладайн Iедал мел ду, халкъашна маршо хир йац, Россехь дехаш долчу дерриг а къаьмнийн къехой, маршо йезарш, цхьабарт болуш, цхьа вежарий а хилла, хIокху Iедална дуьхьал гIовтта беза, тIаккха бен халкъашна маршо йаккхалур йац, бохура цара. Паччахьера, хьолахошкара Iедал схьа а даьккхина, иза халкъан кара дала, адамашна, къаьмнашна йуккъехь цхьа а дов, тIом ца хуьлийла, уьш цхьа доьзал санна машаре, бертахь, маьрша дехийла, лаьа царна. Цундела Iедало, схьа а лоьцуш, набахтешка кхуьйсу, Сибрех лоьхку уьш.

Йуха а хьалхалерниг долалуш доллийла хиъна, Хьуьса-Молла а, Панта-Хьаьжа а, хьала а гIеттина, дIавахара. Дисина адамаш, вовшийн дIаса а тоьттуш, Iелина тIегулделира.

– Уьш тамашийна нах хилла!

– Ткъа кестта хир дуй-те цара дуьйцург?

– Кестта хир ду, бохура. Цара иза муха дийр ду-м, ца хаьа суна. Вайн хьекъалийн ницкъ кхочур бац оцу гIуллакхийн кIорге ган. ЦIa вогIуш бехачу новкъахь цIерпошта тIехь соьца нисбеллачу оьрсаша дуьйцуш хезна суна, шегарчу Iазапна а, Японица тIом болорна а реза доцу оьрсийн халкъ Россин йаккхийчу шахьаршкахь паччахьна дуьхьал гIуьттуш ду бохуш. Ткъа ас бийцинчу тутмакхаша олура, Россера дерриг а халкъаш цхьаьна а кхетта, цхьабарт болуш ца гIевттича, цхьана къоме шегга паччахьера, хьоладайшкара маршо йаккхалур йац. Оцу гIаттаман коьртехь Россехь уггар доккха долу оьрсийн халкъ хила деза. Оьрсийн паччахьо, хьоладайша Россерчу кегийчу къаьмнашкара дIайаьккхина маршо царна йухаерзо декхар ду оьрсийн къоман. И декхар кхочушдан оьрсийн къомана гIo дан деза дисинчу къаьмнаша массара а. Оцу тIехь и тутмакхаш бакълуьйш санна хета суна.

Iелас дуьйцучуьнга ладоьгIуш Iачу Ахьмада, иза сацо гIерташ, мосазза а муьшка йира цунна. Шен къамел цо ца сацадойла хиъча, хьалагIеттира Ахьмад:

– ХIан, цкъа дIасадовлал, делкъан ламаз дийр ду вай. Схьаоьхучуьра адамаш лагIделлачуьра, Iелас жимма садоIур.


3


Лулахойн цIа чу а вахана, ламаз дина, вирд даьккхина, шаьшшиъ паргIатваьлча, оцу къамелана тIе йухавирзира Ахьмад.

– Вайша ваьшшиъ волччуьра, хьоьга цхьаъ ала лаьара суна, Iела. Оцу нахана йукъахь ахь дукха майра хабар дийцира. Хьо сацо гIерташ, хьуна муьшкаш а йира ас, хьо ца кхийтира. ХIaрa Iедал тIедеача, хьалхалерчу къонахийн зама дIайаьлла. Iедало шайна сом делча, шайн да-нана а духкур долуш дукха нах бу. Нахана йуккъехь айхьа къамел деш, ларлуш хила веза.

– Иштта нах хир буйла, хаьа суна. Цхьаммо хаттар дича, жоп ца луш Iойла а, жоп луш бакъдерг йа сайна хетарг ца олуш Iойла а ма дац. Шалхонаш лело ца Iемаш, къанвелла со.

– Бакъдерг ца деза цхьанна а. Суна хетарехь, Дала адамаш дуьнен чу кхоьлличхьана дуьйна схьа цкъа а бакъдерг тоьлла а дац, нийсо хилла а йац. Бакъдерг оьшу, харцдерг тоьлу. Бакъдерг дуьйцучунна иза шена бале, бохаме, зуламе долу. Хьоьга шалхонаш лелае, ца боху ас. И бакъдерг айхьа аьлча, иза хьайна бале, бохаме, зуламе дер долуш хилча, вист ца хуьлуш, IаддаIе, боху. ЦхьакIеззиг бехкбаьлларг йа бехк-гуьнахь а доцург нехан маттаца хIаллакво хIокху заманахь. Хьо къанвелла, Iела. Йуха Сибрех воьду хан йац хьан. Вахча, йуха а вогIур вац.

– Делахьа Ахьмад, ма дика хаьа-кх суна иза. Сибрехь айса лайна ткъе берхIитта шо-м хьехор а дацара, оцу хьалхарчу цхьана шарахь а со дийна висарх цецвуьйлу. Къона хиларна лайна хир йу-кх ас и халонаш. Ткъа нахана йукъаваьлча, сайга хаттар дича, йа цхьаммо гуш лаьтташехь харц, питане хабар дуьйцуш, вист ца хуьлуш, пхьагал санна, дIа а тебна муха Iен веза? Ала дезачохь бакъдерг дуьххьал дIаала, боху Дала.

– ХIета, со пхьагалх тарви-кх ахь! – велавелира Ахьмад. – КIилло а хилла ца ваьлла со маршонехьа къийсамна йуьстах. Вайн къийсам а, оцу къийсамехь хIаллакьхилар а эрна хиларх кхетта со. Хьо лаьцначул тIаьхьа, Симсарара Iаьлбаг-Хьаьжа коьртехь а волуш, гIаттам хилира Нохчийчохь, коьртачу декъана – хIокху Нохчмахкахь. Хьекъале, майра кIант вара иза. ГIаттаман коьртехь хилла кхойтта стаг Соьлжа-ГIалахь ирхъоьллира, гIаттам хьошуш, дуккха а байъира, эзарнаш Сибрех бахийтира. Доцца аьлча, нохчийн къомана пайда ца бира оцу гIаттамо. Бохам бира.

– Дукхахболу бохамаш а, эшамаш а вайн вешан бехкенна а хилла, Ахьмад. Шемалан заманахь дуьйна схьа вайн баьччанаша кхеташ йа кхетамза дийлийтинчу гIалаташа а бина вайн гIуллакхна дуккха а эшамаш. Хьо керта вале оцу Овхьада Iаламат хьекъале къамел дира, амма цо дийцинчух нах ца кхийтира, моьтту суна. Нохчийн баьччанаша хьалха а, тIаьхьа а дийлийтинчу коьртачу гIалатех цхьаъ, суна хетарехь, бусалба динехь доцу лулара а, генара а къаьмнаш вайн мостагIий ларар, царна дуьхьал гIазотан тIом кхайкхор дара. Вайца тIом бечу оьрсийн эскарехь керста гуьржийн, эрмалойн, хIирийн, кхечу къаьмнех а инарлаш, эпсарш хилча, цаьрга цабезам а, мостагIалла а гуьржашна, эрмалошна, хIирашна тIедаржадора вай. Ткъа и къаьмнаш шаьш а, оьрсийн къам а ма дара паччахьан Iедалан лоллехь, Iазапехь. Царна а ма ца дезара и Iедал. ТIаьхьа хиира суна, вай паччахьан эскаршна дуьхьал тIом бечу xeнаxь и гуьржий а, хIирий а, оьрсий а хилла герзаца Iедална дуьхьало йеш. Ткъа вайна, цаьрца цхьабарт а бина, церан а, вешан а йукъарчу мостагIчунна – паччахьна а, хьоладайшна а – дуьхьал гIовтта ца лаьара йа иза дан хьекъал а, кхетам а ца тоьура. Иза дан, керста къаьмнийн къехошца цхьаьнакхета ца лаахь а, уьш вешан мостагIий кхайкхо ма ца безара вай, дIакъехко, дIакъесто ма ца безара. Цундела хуьлура вайн цхьаболу эшамаш.

– Бакъду иза, Iела. Иза керста хилчахьана, муьлххачу а къомах стаг вешан мостагI хетара вайна. ХIинца а хета.

– ХIинца мукъана а, хьалха ваьш бинчу некъе йуха а хьаьвсина, ваьш, галдевлла, бердах, цIерга мичахь, муха, хIунда лилхина а хьаьвсина, тIейогIучу хенахь оцу гIaлатех лардала деза вай. Оьрсийн мехкан а, оьрсийн паччахьан ницкъан а боккхалла, оьрсийн къоман дукхалла со Сибрех вахча хиъна суна. Нохчийн мохк церан уггар жимачу губернел а бац. Россехь масех бIе шахьар йу, йарташ хьехор а йац ас, церан цхьана шахьарахь болу оьрсий а бу берриг нохчел алсам. Гена гIиртина хIун до, хIокху вайн махкахь а бу уьш-м нохчел алсам. Нохчийн къам жима ду, цуьнан мохк а, ницкъ а кIезиг бу, тIамца иза ша цхьаъ ларор дац Россица, паччахьан Iедалца. Цундела, Ахьмад, ас ца боху нахе герз карахь паччахьан Iедална дуьхьал гIовтта. Иза олучарна а дуьхьал хир ву со. Оцу Овхьада ма-аллара, вай санна, паччахьан Iедалан лоллехь дохкучу Россерчу, вайл даккхийчу бусалба а, керста а къаьмнаша хIун до а хьовсуш, царалахь хьалхенаш а ца йохуш, тIехьа а ца соьцуш, йуккъера меттиг дIа а лаьцна, цара дийрриг дан деза вай а. ХIинццалц санна, вешан ницкъ а, мостагIчун ницкъ а ца хууш, герз карахь дуьхьалонаш йахь, вайн къам эрна хIаллакьхир ду. Дала тоьхна цхьа де хир ду вайн аьттонна.

– Оцу айхьа дийцинчух нохчий кхето, церан ойла цу aгIop дIахьовзо ницкъ кхочур буй-те хьан, Iела?

– Дера, бац. Вайн къам Iилманна, кхетамна тIаьxьaдисина. XIopa стеган, xIopa къоман кхетам Iилманца бу. Дала а боху бусалбанашка Iилма Iамаде. Пайхамара а аьлла, шаьш аганара гIевттичахьана дуьйна, кошан лахьте дерззалц Iилма Iамаде. Нохчашна ца лаьа Iилма Iамо. Нохчийн дерриг хьекъал бIаьргаш чохь ду. Нахана Iилма Iамo а, нах кхето а вайшингахь Iилма а, хьекъал а дац, и ший а вайшингахь хилча а, и болх бан хан а йац вайшиннан. Амма нах кхето гIертар, нах зенех-зуламех, бохамех ларбан гIертар, нах эрна хIаллак ца хилийта гIepтар декхар ду вайшиннан, цхьана дийнахь бен дуьненахь ца вахахь а. Ткъа сан бала а кхаьчна, гIалатех со ларван гIортарна баркалла хьуна. Со ларлуш хир ву.

– Къаьсттана Хьуьса-моллех а, Iабдих а ларло. Цаьршиннан бIаьргаш а, лергаш а, меттанаш а ду нахана йукъахь къайлах лелаш.

– Iабди хьенан, мила ву?

– Совдегар ХортIа дагавогIий хьуна? Цуьнан кIант ву-кх.

– Овхьад а вац ткъа ХортIин кIант?

– Ву. Амма иза шен доьзале ца хьаьжна. ХортIа а, Iабди а вицвийр волуш, кхин цхьа кIант а вара ХортIин. ТIаьххьара тIом болуш, йурт тало а, йаго а чубаьхкинчу салташна хьалхаваьлла лелаш, МIаьчига а, Васала а вийра иза.

– МIаьчигах а, Васалах а хIун хилла?

– МIаьчиган цIа чу а къовлавелла, тIом бира цаьршимма оцу дийнахь. Дуккха а салтий байъира цаьршимма, и шиъ а вийра.

– Дала декъалвойла и шиъ. ГIийла, къен-миска ши стаг вара и шиъ, амма майра а вара доза доцуш.

Хьеший баьхкина аьлла, веанчу Дауда дIавигира и шиъ.


4


Iела ган догIу йуьртара а, арахьара а адамаш севцира. Шайн цIа дирзира Ахьмад а, Айза а. Шен къаьхьачу ойланашца йаьссачу хIусамехь цхьа висира Iела.

Амма цул а холчохь дара Ахьмад а, Айза а.

Пхьуьйра ламаз а дина, суьлхьанаш дохуш, поппаран маьнги тIехь голаш тIе йуьхьар а вахана хиъна Iapa Ахьмад. Цуьнан ойланаш дукха гена йара ша Далла йечу Iамална. Цуьнан хIусамнана нехан стеган цIаpтIexь зуда ма йу. Iела дийна хиларх массара а догдиллинчул тIаьхьа, ткъа шо даьлча, йалийна. Ахьмада ша дагаваьлла а ца йалийна. XIapa, хIусамнана а йелла, доьзалхо а воцуш, цхьа висча, цхьана наха, вовшашца дага а бевлла, йалийна. XIoкху шиннан а бертаза. Ахьмадан декхар дацара Iелех йисина зуда йало. ДIора гepгapa дацахь а, доттагIалла ма дара цаьршинна йуккъехь. Цул сов, вовшийн чIогIа сий деш ши къонах ма вара и шиъ. Амма нахана карийра Ахьмад а, Айза а бертадало бахьанаш а, некъаш а. Йуьрта баьхкинчу салташа воккхахволу кIант а вийна, цIенош а дагийна, кертахь мел долчу хIуманах а йаьккхина, пхийтта шо долчу Iусманца йисинера Айза. ЦIа-цIe а доцуш, керт-ков а йоцуш. Къаналло а, цамгаро а кIелвитина да воцург, доладан кхин верас а воцуш. Ахьмад а ца хьистинера дахаро. Доьзалхо а воцуш, къанвеллачу хенахь хIусамнана а йелла, цхьа висинера иза а. Къанвелла, цамгаро лаьцна кIелвисарна а кхоьрура. ТIаккха шен дола дан верас цахиларна а кхоьрура. Айза шега йеача, Iусманах шен верас хиларе дог а дехира, цIа-цIе а, керт-ков а доцуш дисинчу ненан а, кIентан а ша дола дича, цаьршимма шен доладаре а, ша цушиннан дог эцча, Дала иза цхьана йоле дилларе дог а дехира. Азаллехь синош кхуллуш, Дала йина кхел лелла, рицкъанаш а хилла, цхьаьнакхийтира и шиъ. Йуьхьанца шийла лаьттира цаьршиннан йукъаметтигаш. Айзас къайлах дог ца дуьллура Iелех. Амма кIант хиллачул тIаьхьа, Iелех дог а диллина, Ахьмадана дика а, муьтIахь а хIусамнана хилира Айзех.

Массара а велларг лерина, вицвина Iела, ткъе берхIитта шо даьллачул тIaьxьa, хIинца цIa веана. Эхартара веача санна. Цуьнан зуда Ахьмадехь марехь йу. Нахана дуьйцу хезна xIyмa а ма дац xIapa. Нехан цIартIехь маре йахана зуда а, иза йигнарг а – ший а дуьйш Iадат ду нохчийн. Ткъа хIокху шинна йукъахь лелларг шатайпа гIуллакх ду. ХIуьттаренна-гамонна дина а дац. Доьналла доцчу, оьзда боцчу наха мостагIалла а хьедийр долуш, оьздачу къонахаша машаре а дерзор долуш, дерзо бусалба динехь некъаш а долуш, хилла гIуллакх ду. Сибрех ваххалц Iелел оьзда а, майра а, къинхетаме а, доьналле а стаг вацара хIокху Яьссин тогIица. Махках а ваьлла, халкъах а хаьдда ткъе берхIитта шаро амалш, гIиллакх хийциний-те цуьнан? Дардиний-те цуьнан дог? Дицдиний-те цо шен къоман оьзда гIиллакхаш а? Дегнаш боьхачу адамийн мотт-эладитанаша дIовш дуттурий-те цуьнан даг чу?

Ши-кхо де хьалха уллохула тIехволуш, Iабдин туькана чувирзира Ахьмад. Чохь Iабди а, Хьуьса-молла а бен, кхин адамаш а дацара. ХIара нeIapx чоьхьаваьлча, шиннан а велавалар иккхира.

– Ахьмад, шариIато цхьана стеган йиъ зуда хила магадо. Амма, цхьана зудчун ши майра хила магийна бохуш, ца хезна цхьанна а. Айза хьоьгахь марехь йу, ткъа наггахь Iелин кIант волчу а йоьду. Шуьшиннах муьлхачун сте йу иза? – хаьттира Хьуьсас, вела а къежаш.

«Кхи-кхи-кхих», – аьлла, велавалар иккхира Iабдин а.

Вист ца хуьлуш, вахана неI тIе а чIаьгIна, чухула гIуй а боьллина, Хьуьсина тIе а веана, шен нуьцкъалчу куьйга цуьнан атлазан гIовталан кач а лаьцна, ветанаш лоьлхуьйтуш, озийна, иза шен мера кIел валийра Ахьмада:

– Кхахьпано дина кхахьпа! Хьакхин хотIах даьлла хьакха! Ирс хили хьан, йукъах йихкина шаьлта а йоцуш, со кхуза нисвелла. Амма хаалахь, нагахь санна ахь диканна а, вонна а Iелин а, Айзин а, сан а цIе йаьккхина бохуш, суна хазахь, хьайн хьакхин корта дегIах къаьстарг хилар! Стен а, боьрша а доцу гIизби!

Кхеравелла, ши бIаьрг схьаэккха санна, хье тIе баьлла Хьуьса, хьала а айъина, гIопастанал дехьахь вегош лаьттачу Iабдина тIе а кхоьссина, аравелира Ахьмад.

Ахьмадна хаьара и тайпана мотт-эладитанаш йуьртахь даржош лелаш цхьа нах буйла. ХIокху гIуллакхан цхьа йист йаккха сацам бина иза, къайллах арентIарчу цхьана воккхачу Iеламстагана тIе а вахана, цунах дагаваьллера. Цо дийцарехь, майра веллачул тIаьхьа биъ бутт а, итт де а даьлча маре йаха бакъо йу зудчун. Ткъа гена махка мехе, тIаме вахана, йийсаре вигна йа кхечу бахьанашца доьза вайначу майрачух дог диллина зуда кхечу стаге маре йахча, ткъа и хьалхара майра, xIapa Iела санна, цIа верзахь, и зуда йигначо, шариIатехь йита а йитина, хьалхалерчу майрачунна йухаерзо йеза. Ткъа оцу хьалха хиллачу майрачо, нагахь санна и зуда шена йезахь, иза цуьнга йухайан реза а йелахь, дуьххьара йалош санна, шариIатехь цуьнца мах а бина, шен дола йаккха йеза. Иза йухайало шена ца лаахь, йа йухайан и зуда реза йацахь, шена луъучу маре йаха маьрша йита йеза. Нагахь санна зудчунна хене йала рицкъа а, духар а, кхин оьшург а ца дуьтуш, майра генна мехе, тIаме, йийсаре лаьцна йа Сибрех вахана биъ бутт а итт де а даьлча, иза дийна велахь а, маре йаха бакъо йу зудчун.

ШариIатехь-м иштта дара, амма нохчийн къоман гIиллакхашца ца товш, лело оьзда доцуш а гIуллакх ду-кх иза. Делахь а цхьана агIор ца листича ца долу. Амма муха?


5


Товханна хьалха кхакханах бинчу кIедачу миндар тIе охьа а хиъна, иштта суьлхьанаш а дохуш, оццy ойланаша дIалаьцна Iapa Айза а. МаьркIажал тIаьхьа товхана йиллина ножан стомма гуьйриг алу хилла йаьгна чекхйаьллера. Терхи тIе хIоттийна чуьра мехкадаьтта лахделла чиркх а серлонна гIелбала боьллера.

Iела а, Ахьмад а боккхачу балехь вуйла, хаьара Айзина. Амма цаьршингахь берг бала бацара, Айзин кийрахь кхехкачуьнца буьстича. Iелина тIедеанчу эхьана бехке, Айза йоцург, цхьа а вац. Ахьмад ванне а вац. Шега йеача, зуда йигна цо. ХIокху бохамна бехке иза ша цхьаъ йу. Сибрех доьза вайна майра а волуш, маре йахана. Ткъа шо даьлча хIун дара? Iийр йара-кх кхин а ткъа шарахь а, йаллалц а. ЦIa-цIе а, керт-ков а цахиларх хIун дара? Цхьа бун а йина, caгIa а доьхуш, кIант а кхобуш Iийр йара-кх. ТIаккха, воккха хилча, кIанта иза а кхобур йара. Ша йаллалц. И сацам бинера Айзас. Iелех дог ца дуьллуш. Амма цамгаро кIелвитинчу къеначу дас бохийра цуьнан сацам. Ша дуьненара дIакхалха герга ву, бохура цо. Хьан а, кIентан а йиша-ваша дац, гергара нах бац. Шел тIаьхьа хьо кIантаца цхьа йуьсу. ЦIа-цIе, керт-ков доцуш. Доладан верас а воцуш. КIантана зуда йало йеза. Зуда йалийча, шуна цIенош, бежана, сту-ворда дезар ду. Ахьмад хьекъале, оьзда, къинхетаме, доьналла долуш, наха лоруш, сий деш стаг ву. ГIеххьачул таро йолуш а ву. Цо дола дийр ду шуьшиннан. КIантана цIенош дийр ду, кертахь оьшург а тардийр ду. Цул совнаха, нагахь санна Дала азаллехь йаздинехь, хьо Ахьмаде йахча, Iусманна йижарий, вежарий хир бу. Вайн устаз соьга вистхилийта ойла йолуш бу Ахьмадан гергара нах. Устазан дехар йухатоха бакъо йац вайшиннан. Iелех дог ца дуьллу, боху ахь? Мел хьуна ца лаахь а, Iелех догдилла деза ахь. Ткъа шо даьлла цуьнан цхьа а хабар доцу. Дийна велахьара, цхьа кост ца кхетош, Iийр вацара иза. Тоьур ду ахь ткъа шарахь ладегIча. Хьо хIинца а къона йу. Шен де тIекхаьчча, массо а ву вала везаш. Амма дийна верг ваха веза. XIapa сан тIаьххьара дехар ду хьоьга…

Дела ву-кх и дерриг а хууш. Iела вицвелла а, маре дагадеана а ца йахара иза. Ша къона йелахь а, цунна майра, маре ма ца оьшура. Къона йолуш а цуьнан аьтто ца хиллера безамах марзо эца. Сихха цIа воьрзур ву аьлла, Хонкара вахча, кхо шо даьлча, цIа веара. ТIаккха дукха хан йалале лаьцна, итт шо хан а тоьхна, Сибрех вахийтира. ТIаккха бархI шо даьлча, салташа Iумар вийра. Иза вийна а ца Iийра. ЦIенош а, керт-ков а дагийра, церан миска йийбар а йагийра, халла кхиийна ши сту а, йетт а дIадигира. XIapa жимачу Iусманца йерзинчу стигала кIел йисира. Маре а, майра а дагадогIучохь йара ткъа иза? Цунна минотана а ца вицлора Iела. Шен дуьххьарлера а, тIаьххьара а безам. Iусманан а, шен къеначу ден а дуьхьа резахилир-кх. Ахьмаде безам бохург хьехочохь а дацара. Шена а, Iусманна а иза мел дика велахь а, цуьнга даг чохь йовхо ца гIоттура. Iусманна цIенош а дира Ахьмада. Ши сту а, бежана а ийцира. ХIетте а Iела дагара ца волура, Ахьмадах безам ца летара. Йуьхьанца кIант, тIаккха йоI хилча, шен кхолламна къера а хилла, кIелсецира. Даг чохь керла безам ца кхоллабеллехь а, Ахьмадана муьтIахь, тешаме, дика хIусамнана хилира цунах. Амма Далла дика хаьа-кх Айзина майра а, маре а оьшуш хилла цахилар. XIapa хир дуйла хиънехьара…

– Айза, – лохха кхайкхира Ахьмад.

– ХIун боху ахь? – гIийлла йистхилира Айза.

– Iела цIa веачахьана ойланаша хьере дина вайша. Иштта Iийна девр дуй-те вай?

– XIyн дийр ду ткъа?

– Вайшиннан кхоллам муха хилла, хаьа-кх хьуна. Бакъдерг аьлча, хIусамнана а йелла, доьзалхо а воцуш, цхьа висинчу суна хIусамнана оьшура хIетахь. Амма хьо майра оьшуш а, маре дагадогIуш а йацара. Азаллехь синош кхуллуш, Дала йина кхел кхочушхуьлуш, вайшиннан рицкъанаш цхьаьна нисделла. Ахь дина йоI а, кIант а ду сан. ХIинца Iела цIа веана. Iеле а, вайшинга а дуьхьал схьа ца алахь а, тIaьxьaшxa лелаш нехан питане мотт-эладитанаш ду. ХIун дича бакъахьа хета хьуна?

– Хаац суна. Хьоьга йале йа Iела цIа вале со йеллехь, дика хир дара. Далла ца лиъна-кх иза а.

Цхьана ханна цIа чохь тийналла хIоьттира.

– ХIокху дуьненахь цкъа а ирсан чам ца хууш, къанвелла Iела. Дала кхоьллинчу цхьана а стагана ца лабаллал баланаш, халонаш, бохамаш лайна цо. Сол а декъаза стаг ву иза. Бусалба динехь а, адамаллин гIиллакхехь а, хьайна лаахь, цуьнга дIайаха бакъо йу хьан. Кхин xIyсамнана а йалийна, цуьнца ваха хаа къанвелла иза. Ахь мукъана а дог ца эцча, къанвеллачу хенахь иза хьанах, стенах Iехалур ву?

Айза йист ца хуьлура. ХIун аьлла хила йеза? Ахьмада дийриг оьзда къамел ду, цо лелориг оьзда гIиллакх ду. Амма Айзин иза дан бакъо йац. Цуьнан кхоъ бер ду. Цигахь – кIант, кхузахь – кIант а, йоI а. Iела а, Ахьмад а – ший а дика хилла Айзина. Амма даим дIа цуьнан даг чохь лаьттинарг Iела ву. Айзин дуьххьарлера безам. Масех шо хьалха дIабаьлла иза, деган кIоргехь сийсаш цхьа гIийла суй буьтуш. ХIокху къизачу кхолламо къинхетамза бийна. Айзин бIаьргех комаьрша дуьра хиш хьаьлхира.

– Ахь жоп хIунда ца ло, Айза?

Айза хецайелла йилхира. Цуьнан дог хьаъалц вист ца хуьлуш, дикка Iийра Ахьмад.

– Алахьа, Айза, хьайна хетарг…

– Берриг а бехк сан бу… Хьоьга йеана. Даго хьоьхура суна, Iела дийна ву, велла вац бохуш… Массара дог диллича а, ас дог ца дуьллура цунах. Маре гIyp йу бохург цкъа а дага а ца догIура. Вала гергаваханчу къеначу дена луург а дина, байлахь висинчу, верас воцуш висинчу кIентан ойла а йина, йеара хьоьга. Хьайн дикалла, ахь дола а дира тхойшиннан. Иза тхойшинна дицделла йа дицлур ду, моьтту хьуна? Амма хIетахь мацалла дала диси делара тхойша…

– Уьш дIадевлла, Айза. Ас кхочушдинарг бусалбанан декхар ду. ХIинца вай дохкодийларх а, делхарх а, нисдала хIумма а дац. Бехкениг а ца лоьхур вай. Лелларг Делан кхел йу. Iелин дагахь хIун ду-те?

Айза, букъ нисбеш хьала а таьIна, Ахьмаде хьаьжира.

– Суна муха хаьа цуьнан дагахь дерг? Цуьнга и хоьттуш со лелар йоцийла, ца хаьа хьуна?

– ГIаддайна хоьттура ас-м.

Цхьа хан йелира, и шиъ дист ца хуьлуш.

– Ахьмад, хилларш а, лелларш а хьуна дика хаьа. Iелин кIант Iусман а, хьан Дауд а, Седа а ас бина йиша-вежарий бу. Шуьшиннах цхьанна хилла лазам оцу кхааннан дегнех чекхбер бу. Со-м хьехор а йацара вай. Цхьанна-шинна хиъна хIума, кхечу-кхечуьнга дуьйцуш, дуьне ма-дду кхарста долу. ТIедетташ, дестош. Шуьшиъ наха лоруш, хьекъале, оьзда, цIена бусалба ши къонах ву. Нах йукъа а ца бохуш, хаза ший а цхьаьний охьа а хаий, хIара гIуллакх машаре дерзо бусалба динехь а, нохчийн гIиллакхехь а цхьа некъ лахийша…

Ахьмад йуха а, голаш тIе йуьхьар а вахана, суьлхьанаш даха вуьйлира.


6


Ши-кхо де хьалха Iусманца дехха къамел хиллачул тIаьхьа, шайн шина доьзална йуккъе хIоьттинчу хьолан кIорггера ойланаш йан вуьйлира Iела. Iусмана, цхьана мaьIIepa дуьйна схьа, ма-дарра дийцира цунна шен нана маре йахар муха нисделира. ХIинца Айзехь а, Ахьмадехь а болу бала а, шен воьхна хьийзар а. Айза маре йахарна хIетахь резахиларна хIинца ша бехке хетара кIантана.

– Делахьа, Iусман, шу оццул доьхна хьийза, ма доккха хIума дац вайна тIедеанарг, – элира Iелас, кIанте леррина ла а доьгIна. – Цунах шайна бала хIунда бо аш?

– Ахь и шиъ ден деза бохуш, хабарш дуьйцу наха…

Iела гIадвахана велавелира, тахана дуьххьара.

– ХIунда? Мича бахьанина? Со дийна вуйла а хууш, нах безна, хьуна а, суна а эхь дина, и хьан нана маре йаханехь-м, нохчийн Iадатехь мостагIалла хьедан, цхьа бекхам эца безара ас. Вуьшта аьлча, иза тIедужура суна. ХIусамда веллачул тIаьxьa ларйан йеза бусалба дино тоьхна хан чекхъйаьлча, маре йаха бакъо йу зудчун. Ткъа хьан нана, массара а со велларг а лерина, вицвинчул тIаьхьа а ткъа шарахь Iийна маре ца йоьдуш. Ахь дийцарехь, ша йаллалц Iийна а хир йара, къанвеллачу, цамгаро кIелвитинчу шен къеначу ден дехар йухатоха бакъо а хиллехь, кIелхIотта тхов а боцуш, йерзинчу стигала кIел висинчу хьан ойла а ца йинехь. Ткъа Ахьмада а йигна, иза шега йеача. Бусалба динехь, нохчийн Iадатехь цаьршиннан хIун бехк бу? Делан кхел йу лелларг. Майра велча, кегий бераш дIа а тийсина, маре бахана зударий дукха гина суна. Хьайниг дуьххьара а, тIаьххьара а ца йахана. Бакъду, «веллачул» тIаьхьа «денвелла», со цIа варо жиммa чолхедаьккхина хIара гIуллакх. Делахь а, вай доьхна хьийза оьшуш хIумма а дац. Вайгахь доьналла хилчахьана, дерриг а дика дIанислур ду.

КIантаца хиллачу къамелана тIера йаьлла Iелин ойла, хьаьвззина, ткъе пхи шо йуханехьа Сибарен каторге йахара. Шеца лаьцна валийна масех нохчо – хьалхарчу кхаа шарахь, тIаьххьара висина цхьаъ шийтта шо даьлча а велла, цхьа висча, лагерехь волчу цхьана узбекаца уьйр тесира Iелас. Бусалба хиларал совнаха, кIорггера бусалба динан Iилма хууш стаг хиларо цуьнга безам бахийтира Iелин. ХIора буьйсанна а, мукъачу деношкахь а Iелина бусалба динан Iилма хьоьхура Сулеймана. Масех шо далале гIеххьачул узбекийн, Iаьрбийн меттанаш а Iемира Iелина. ШариIат Iамош, маре дар а, зуда а, майра а дIасакъастар а йукъадаьлча, оцу тIехь дуккха а хеттарш дан вуьйлира Iела. Маренаш тIехь Шемала шариIат талхош меттигаш лелийна бохуш а, хезнера цунна. Маре йаха хан кхаьчна йоI а, къона жерой а церан шайн бертаза, нуьцкъах маре бохуьйтуш. Зуда а, бераш а долчу нахе а. Зудчунна йаха а, стагана йига а ца лаахь а. Боьрша нах тIамехь бойуш, уьш кIезиг бара, ткъа зударий алсам бара, цундела боьршачу стеган цIахь зуда а, бераш а делахь а, шолгIаниг йигар нуьцкъах тIедожадора. Шемала лелочух-м кхетара Iела. TIaмo хIаллакден адам, къаьсттана божабераш, дебо Iалашо йолуш дора цо иза. TIe, марехь а боцуш, IаьIна къона зударий хьарам новкъа ца бовлийта, церан сий, оьздангалла ларйан а дора. Шена ца везачу стаге йа зудчунна а, берашна а тIе маре йаха ца лаьа зуда а, шена ца йеза зуда, йа зудчунна а, берашна а тIе зуда йига ца лаьа боьрша стаг а зиндан чу кхуссура, уьш реза хиллалц ара а ца бохуш. Оцу зиндан чохь йоккхучу xIopa буьйсанна тIера цаьргара цхьацца эппаз гIуда а доккхура.

– ШариIат талхош хиллехь а, Iаламат хьекъале стаг хилла и шун Шемал, – элира Сулеймана, Iеле ла а доьгIна. – Зуда йало хан кхаьчначу боьршачу стагана, шега йогIуш йелахь, зуда йалор а, ткъа йоIана маре йахар а тIедожадо шариIато. Зуда ца йалош а, маре ца йоьдуш а Iep доккха къа лору бусалба динехь. Цкъа-делахь, адамийн хIу таса Дала дуьнен чу даьккхина ду и шиъ, шолгIа-делахь, шариIатехь гайтинчу некъашца марехь йоцу зуда а, зуда йоцу боьрша стаг а зинан новкъа бовла тарло. Иза ца хилийта, цунах адамаш лардан, бусалба дино тIедожийна зуда йало хан йолчу боьршачу стага зуда йалор а, маре йаха хан хилла йоI, къона зударий маре бахар а. Амма ца йеза зуда боьршачу стаге нуьцкъах йигийтар а, ца везачу стаге нуьцкъах зуда маре йахийтар а дихкина. И шиъ ший а реза хила деза шайн маренна. Оцу тIехь шун Шемала шариIат талхийна.

Сулеймана дийцинчун ойла а йина, цхьа масех де даьлча, йуха а оцу хаттаршна тIевирзира Iела:

– Сан къона зуда йисина цIахь жимачу шина кIантаца. Тхан къоман Iадатехь, со цIа верзаре ладоьгIуш, маре ца йоьдуш Iен йеза иза. Суна тоьхна итт шо хан тоххара чекхйаьлла. Сан зудчунна а, гергарчарна а сох хилларг ца хаьа. Со велла бохуш, дог диллина Iаш хир бу уьш. Со даймахка, доьзална тIе йухавоьрзург хиларх ас а дог дуьллу цкъацкъа. TIe, Iожалла а ма йу когаш кIел. Сан зудчо, маре ца йоьдуш, соьга ладегIар, йа сох догдиллинехь а, маре ца йоьдуш, ша йаллалц Iep а муха хир ду? Маре йаха бакъо йуй цуьнан?

– Майра веллачул тIаьхьа биъ бутт а итт де а даьлча, маре йаха маьрша хуьлу зуда.

– Со дийна ма ву ткъа?

– Майра цхьанхьа дийна велахь а. Майрачо ша тIаме, генна меха воьдуш, йа вайша санна, лаьцна вуьгуш, цIахь йуьсучу зудчунна ша цIа верззалц йолчу ханна рицкъа а, тIедуха а, когадуха а, кхин оьшург а дита деза. Нагахь санна зудчунна оьшург а ца дуьтуш иза ваханехь, шариIатах дага а йаьлла, цуьнга кхел а йайтина, биъ бутт итт де а даьлча, маре йаха бакъо йу зудчун.

– Цунна маре йаха ца лаахь? Тхойшиннан ши кIант ма ву?

– Маре йахар, цайахар цуьнан шен лаам бу, ткъа хьан декхар шена луург дан цунна маршо йалар ду.

– Ас муха ло цунна маршо, и дIакхето кхузара дIавоьдуш стаг а, дIадоьдуш кехат а ца хилча? Ас йитина а йоцуш, иза маре гIахь, хIун дан деза?

– Нагахь санна Далла хьалха хьо цIена хила хьуна лаахь, Дела теш а лаций, цхьацца бутт хан йукъа а йолуьйтуш, кхузза цIе а тасий, йита. ТIаккха Далла хьалха а, хьайн зудчунна хьалха а бехказа хуьлу хьо.

– Ас йитина а йоцуш, и сан зуда маре йаханехь, сан цIа верзар а хилахь, тIаккха хIун хир ду?

– Нагахь санна хьан зудчунна хьоьга йухайан а лаахь, хьуна иза йухайало а лаахь, хьан зуда йигначо иза йита йеза, ткъа ахь, айхьа дуьххьара йалош санна, шариIатехь мах а бина, йуха а хьайн цIар тIе йоккхур йу. Нагахь санна хьуна иза йухайало а, цунна йухайан а ца лаахь, йигначуьнгахь йуьсур йу. Иза а, важа а шушиннан йа шиннах цхьаьннан лааме хьаьжжина хир ду.

И къамел хиллачул тIаьхьа, Сулейман а, кхин цхьа гIезало а тешаш а хIиттийна, цхьацца бутт хан йукъа а йолуьйтуш, кхузза цIе а тосуш, Айза йитина, шен цIар тIера маршайаьккхира Iелас. ХIетахь, ша иза деш, цунна ца моьттура ша дийна цIа воьрзур ву а, цIа вирзича, Айза маре йахана карор йу а…


7


Сагатлуш, кертахь цхьацца гIуллакхаш дан гIерташ а лелла, чувирзина, маьркIажан ламаз а дина, вирд даккха охьахиира Iела. Медана, шен да-нана долчу йахана, цIахь йацара, кIентан ши кIант а кхарста ваханера. XIyсамехь даьсса, тапъаьлла тийна, сингаттаме дара. Цхьадика, хьера вахана Iусман цIа кхечира.

Буьйса йацйан цхьа а чу ца вогIуш, хIара дог диллина Iаш, уьйтIахь цкъа-шозза йовхарш а тоьхна, цIа чу велира Ахьмад. Вовшашкара хьал-де а хаьттина, йуьртара керла хабарш дийцина ваьлча, ша деана гIуллакх дийца вуьйлира Ахьмад. Цо а, хьалха Iусмана дийцинарг а цхьаъ дара.

– Иштта, Делан кхел лелла, цхьаьна рицкъанаш нисделла тхойшиннан, – дерзийра Ахьмада шен къамел. – Хьайна лаахь, нохчийн Iадатехь соьца мостагIалла лело некъ а бу хьуна, ткъа вайшинна лаахь, бусалба динехь хIара гIуллакх машаре дерзо некъ а бу. Дела сан дог гуш а, сан дагахь дерг хууш а ву, Iела, хилларг а, лелларг а Айзин а, сан а бехкенна дац, лелларг Делан кхел йу. ЦIенчу даггара и Айза хьан хIусаме йухайоьрзийла лаьа суна. ХIара гIуллакх хьан кхеле дуьллу ас.

Ахьмадана жоп ца луш, Iycман чукхайкхира Iелас.

– Хьада, чехкка гIой, Панта-Хьаьжа, Лорса, Доша, Солтха схьавалавел.

Цхьа сахьт далале уьш схьабаьхкира.

– ХIокху Ахьмаданий, суний йукъа хIоьттина хьал, аc ца дийцича а, шуна а, йуьртана а хууш ду. Доцца аьлча, сан доьзало а, йерриг йуьрто а со дийна хиларх догдиллинчул тIаьхьа ткъа шо даьлча, и сан хилла хIусамнана Айза хIокху Ахьмаде маре йахана, ткъа хIокху Ахьмада, шега йеача, иза йигна. Бусалба динехь цхьа хьаьрк а гал хIума доцуш, Делан лаамца хилла кхоллам бу иза. Соьгахь бархI шарахь Iийна Айза, ткъа хIокху Ахьмадан хIусамнана хилла иза йехаш йолу берхIитта шо ду. Суна вина цхьа кIант ву Айзин, ткъа хIокху Ахьмадана дина кIант а, йоI а ду. Оцу берхIитта шарахь, шен кIентан санна, сан кIентан дола дина хIокху Ахьмада. Сан кIант а, Ахьмадан кIант а, йоI а цхьана ненан кийрара схьабевлла йиша-вежарий бу. Сой, Ахьмаддий, Айзий къанделла, мел даьхча а, хIокху дуьненахь дукха дехар дац. Амма тхан бераш а, церан тIаьхьенаш а йаха йеза. Вовшашца мостагIалла-м хьовха, хьагI-гамонаш лело хан а ца йисина сан а, Ахьмадан а, йа уьш лело бахьанаш а дац, нагахь санна тхойша цIена бусалба а, къонах а велахь. Далла а, суна а бен ца хууш, кхин цхьа хIума а лелла хIокху гIуллакхна йукъадогIуш. Сибрех ваханчул тIаьхьа пхийтта шо даьлча, со дийна цIавоьрзург хиларх дог а диллина, сайца цигахь нисвеллачу цхьана воккхачу Iеламстагах-узбеках дага а ваьлла, и узбек а, кхин цхьа гIезало а – и ши бусалба стаг тешаш а болуш, оцу Iеламстага сайна хьехначу шариIатан некъашца, кхузза цIe а тесна, и Айза, сайн цIар тIера дIа а йаьккхина, йитинера ас. Шена лаахь, маре йаха а, лаахь, ца йаха а, сайна декхар йолчуьра маьршайоккхуш. Нагахь санна ас дуьйцучух шу ца тешахь, айса иза дина аьлла, шуна хьалха Къуръан тIехь дуйнаца чIагIо йан кийча а ву со. ШариIате даьккхича а, адамаллин гIиллакхе, оьздангалле даьккхича а, мискъалан зарратал бехке дац Ахьмад а, Айза а, цаьршиммо йа суна а, йа шайна а дина эхь а дац. Соьгахьара цхьа а тайпа хьагI-гамо хир йац цаьршинна. Сан кIант воккха хилла, иза шен зуда а, бераш а долуш вехаш ву. Ткъа Ахьмадан кIант а, йoI а жима ду, вуьрхIитта, пхийтта шераш долуш. КIанта зуда йало а, йoI маре йаха а йеза. Айза шен шина бераца Ахьмадан хIусамехь йиса лаьа суна. Сайн кIант а, Ахьмадан йoI а, кIант а, йиша а, вежарий а хуьлийла лаьа суна. Панта-Хьаьжа, ас йина кхел бусалба динца, шариIатца нийса йуй?

– Суна хуучу бусалба динан Iилманца лерича, цхьа хьаьрк а гал хIума доцуш, нийса кхел йина ахь, Iела.

ТIаккха вукху кхаанна тIевирзира Iела:

– ХIокху йуьртахь а, арахь а лоруш ву шу кхоъ. Ас йинчу кхелаца суна эхь долуш хIумма а дуй?

– Дера, дац, Iела. Хьо цIена бусалба а, оьзда стаг а, вуьззина къонах хиларна тоьшалла ду ахь динарг. Изза олу оха хьоьга а, Ахьмад. Дела реза хуьлда шуна. Дала безам а, марзо а латтайойла шун доьзалшна йуккъехь.

– ХIинца тIаьххьара а цхьа-ши дош олу ас. ХIокху йуьртахь зударша а, царал а оьшучу цхьацца божарша а сох а, Ахьмадах а лаьцна питане мотт-эладитанаш леладо бохуш, хезна суна. Цундела тховса вайн хилла xIapa къамел йуьрте дIахаийта. Тховсачул тIаьхьа и тайпа мотт-эладита лелош стаг суна хаалахь, цуьнца цкъа а сан машар хир боцуш, мостагIалла хир дуйла а хаийта. И дехар къаьсттана хьоьга ду, Панта-Хьаьжа. ХIунда аьлча, цкъа-делахь, хьо йуьртан къеда ву, шолгIа-делахь, и мотт-эладита айъина леларш хьоьца уьйраш йолу нах бу а, боху. Иза чекхдели, хIинца кхин хабарш а дуьйцуш, шуна кIордадаллалц сакъоьрур ду вай.

Меданас йовхха сискал а, кхехкийна кхоьш а йехкира царна хьалха.


***

ЗОРБАНЕРА МОГIАНАШ


Вайн Iедало хIитто йуьртдай хьалха къуй, талорхой хилла, сий дайна нах бу. Iедал шайн каракхаьчча, цара харцонаш, йамартлонаш, хьарамлонаш лелош, ницкъ бо бахархошна. Iедална хьалха бехк-гуьнахь а доцчу нахана таIзарш до, цаьрца шайн хьагI-гамонаш нисйеш. Йуьртдай шаьш а хуьлу къуйн а, талорхойн а гIеранийн декъашхой. Цаьрга болчу цабезамна, уьш йуьртдай хIиттош долу оьрсийн Iедал а ца деза нахана.

Я. Абрамов


Нохчийн долара латта мел кIезиг ду хаа, сурт хIотто хала хир ду шуна. Хьан латта мел ду аьлла, шега хаьттича, вертан кIел хоъал ду, олу нохчочо. Латта механа деза ду церан. Цхьа йетт тIехIоттал долчу лаьттан оцу аьттан мах бу. Оцу хьолан ойла йича, уьш, мацалла ца леш, хене муха бовлу-те олий, цецволу.

1905-чу шеран 5 июлехь депутата

А. П. Масловс Пачхьалкхан Думехь

динчу къамелана тIера


Ламанан Нохчийчоьнан 90% бахархой данне а латта доцуш бу, 77% аренгара бахархой латта кIезиг долуш бу. Нохчийн дуккха къехоша, беза мах а луш, ханна лело латта оьцу гIалагIазкхийн а, шайн а хьолахошкара. Иштта латта оьцуш, xIopa шарахь царна 400 эзар сом ахча ло нохчаша.

Лаьттах пайдаэцаран хьокъехь

Теркан областан администрацис

кхоьллинчу комиссин отчета тIера


VIII корта. Декъазнаш


Ша-ша вай кIезиг а,


гIорасиз а ду,

ткъа бертахь катохахь,


лам ластор бу.

К. Хетагуров


1


XIapa берриг а бохамаш буьйлабелира, докъан пхьор хиларшна, Инарлин говрашна тIехула. Буьйсанна дIахоьцу уьш Хьомсуркъин стундех дисинчу жимачу ирзо тIерачу хьаьжкIашна йукъайоьлхура. Цара цу йукъахь хIоттийнарг дийр дацара хьакхарчаша а. Цкъа а, шозза а, кхузза а элира Хьомсуркъас оцу Инарле, и говраш ма лехка цига, шен йан а йоцу хьаьжкIаш хIаллакйо цара. Амма Инарла дуьхьал жоп дала а ца вешира. ТIаккха, цхьана Iуьйранна лехча, Инарлин йиъ говр ца карийра. Йахана меттиг а ца хууш, лар а ца карош, тIепаза йайра уьш. Хьомсуркъас уьш къайлайаьхнийла хаьара Инарлина, иза бехке а вина, даррехь Iедале дIавала ца ваьхьара. Къайлах барт а бина, стражникашца Гати-Юьрта пурстоп Хамов валийра цо.

Герз лаха цIийнах хьовсу аьлла, бахьана а хIоттийна, талораш дан буьйлира салтий. Иза уггар хьалха Хьомсуркъина тIера дIадолийра. Шен йоIаца забар йан гIоьртина салти, цуьнгара герз схьа а даьккхина, гIибаваллалц йиттина охьа а виллина, ведда йуьртара дIавахара Хьомсуркъа.

Пурстоп оьгIазвахана а, дог доьхна а дIавахара Гати-Юьртара. ХIетахь кхуза вогIуш, цо чIагIо йинера, Хьомсуркъа а, Овхьад а, Солта а, лаьцна, букъа тIехьа куьйгаш а дихкина, дIавига. ТIаьххьара шиъ xIapa кхуза кхачале йуьртара араваьллера, ткъа Хьомсуркъа, хIокхуьнан мера кIел салтичунна гIибаваллалц йетта а йиттина, цуьнан герзаца ведда ваханера. ЦIийнах хьаьжча, карийнарш а хIун йу? Итт патармица цхьа берданга а, мокхазан кхо топ а, тиша бархI шаьлта а, ши тур а. Бердангин да лаьцна Ведана дIавигира Хамовс. Амма округан начальникана подполковникана Ханжаловна цунах кхачо ца хилира. Теза-маьттаза дешнаш ца кхоош, Хамовна барт биттира оцу хьожа йогIучу суьйличо. TIe, Гати-Юьртара хIара йухавирзича, Саьмби-КIотарарчу бахархоша тIулгаш а кхийсира хIокхуьнан отрядана тIе. Царах цхьаъ пханарх кхетта, масех дийнахь букъ лезира Хамовн. Бакъду, оцу кIотарара лаьцна вигна виъ стаг набахти-м кхоьссира цо.

Карзахечу Гати-Юьртана таIзар дарехь доггаха гIуллакх цадарна а, кхузара коьрта кхо бунтовщик кIелхьарвалийтарна а Хамовна дIахьедар а дина, и гIуллакх шен кара ийцира Ханжаловс. Стомара Гати-Юьрта веанчу Хамовс, нах майдана а гулбина, царна дийшира Ханжаловн омра.

«Цуьнан Воккхаллина, йерриг Россин… императора, цуьнан цIенна дуьхьал, цуьнан Iедална, цо хIоттийнчу къепена дуьхьал гIеттинчу Гати-Юьртана тIедожадо:


§1.

Нийсса итт де далале 100 топ а, царна 2000 патарма а, 500 шаьлта а, 50 тур а Ведана гIопе охьадиллар.


§2.

Схьайалаза йисинчу хIора тоьпа тIера 50 сом, тур-шаьлтанна тIера 10 сом, патарми тIера 50 кепек ахча охьадиллар.


§3.

Герз схьаделлачул тIаьхьа цIийнах хьаьвсича, нагахь санна кертахь йа карахь герз карадахь, иза дIадаккхарал совнаха, бехкечуьнгара xIapa гIуда даккха:


3-линейки тоьпана – 300 сом,

японски тоьпана – 200 сом,

бердангина – 100 сом,

мокхазан тоьпана – 50 сом,

тапчина – 50 сом,

тур-шаьлтанна – 20 сом,

патармина – 50 кепекана тIера 3 соьме кхаччалц.


§4.

Йуьртана тIехь долу 5104 сом – пачхьалкхан а, Ieдaлан а декхар – итт де далале охьадиллар.


§5.

Йурт Iедална дуьхьалйохуш, зуламе питанаш лелош волу Хортаев Овхьад, Солтханов Солта, Сулиманов Хьомсуркъа, лаьцна, Iедале схьавалар.


§6.

Тоьхначу хенахь xIapa омра дуьззина кхочуш ца дахь, Гати-Юьртана луьра таIзар дан.


Ведана округан начальник,

подполковник Ханжалов


2


Гати-Юьртахь хиллачу оцу хьовр-зIовро Соьлжа-ГIала базара валийна Янаркъа, ша деанчу пxea вертанах диъ бархI-бархI соьмах дIа а доьхкина, тIаьххьара дисинарг белша тIе а кхоьллина, иза оьцуш стаг валаре хьоьжуш, гIийлла бIаьрг бетташ, вертанаш духкучеран могIарехь хIоьттина лаьттара.

Селхана делкъал тIаьхьа Гати-Юьртара охьа, гIaш ткъа чаккхарма некъ беш, Гезлойн станце а веана, цигахь хьешашкахь буьйса а йаьккхина, сатоссуш цига кхаьчначу цIерпоштахь малх лакхабаьлча, кхуза кхаьчнера Янаркъа. Ша цIера араваьлчахьана цхьана хIуманах вогуш веара иза гIала. Иза шайн кех ара ма-веллинехь, цунна тIенисйелира йаьссачу кIудалца хи тIе йоьду Сету. Хих йуьзна шийтта кIудал цуьнгахь хилча а, иза ша тоьур йара стеган некъ эгIо. Кхин тIе а, Янаркъин дог дохийнера сийсара цунна гинчу гIено. Дуккха а адамаш, цара буьйцу xIapa ца кхета мотт, маьхьарий, дов, цIий. ГIенах цIий гар-м дика ду олура, хIетте а Янаркъа резавацара оцу гIанна.

Схьакхаьчча, цунна кхузахь хеза хабарш а дацара хIумма а маслаIате. Базархоша дийцарехь, карзахе хьал дара гIалахь. Заводашкахь, фабрикашкахь, мехкадаьтта доккхуш а болх беш болу оьрсий шайн алапаш алсамдахар, къинхьегаман а, Iep-дахаран а хьелаш тодар, шайна цхьацца бакъонаш йалар Iедале дIахьедеш, белхаш а совцийна, гIалин майданашкахь гулбелла, бохура. Салтий а, гIалагIазкхий а уьш цигара дIасалахка гIоьртича, цара вовшашна буй-тIара йеш а, белхалошна тIе герз тухуш а меттигаш хуьлу, бохура. Iедална дуьхьалбевллачу оцу оьрсашций, йарташкарчу нохчашций кхузара салтий, гIалагIазкхий лара а ца бина, царна гIоьнна кхечу областашкара эскарш далош ду а, бохура. Иштта балош болчу салташа а, гIалагIазкхаша а, кхо де хьалха шаьш тIехь долу цIерпошт Несарехь сецча, цунна гондIарчу гIалгIайн йарташкахь талораш дина, цигахь хиллачу тIамехь дикка гIалгIай а, гIалагIазкхий а байъина бохуш а, дуьйцура. Дийцарехь, и кхерам гIалахошна а герга бара. Сийсара шаьш Соьлжа-ГIала ма-кхоччура, тIе мел нисбеллачу ламанхошна йетта буьйлабеллачу цара, цхьана чIебарлочунна лен чов а йина, уьш маларш муьйлуш, талораш деш, хьерабевлла лелаш бу бохуш а, дуьйцура.

TIe, иза ца хилча а, кхин шортта бала ма бара Янаркъин кийрахь. Цо Iедална такха дезаш налогаш а, гIуданаш а цхьаьнатоьхча, йалх туьма ахча дара. Iалелай, Янаркъина ма дукха ахча ду-кх иза! Мел дика а боккха цхьа йетт. Ткъа Янаркъин кертахь, йеккъа цхьа аьттан цIоьллаг йоцург, беа кога тIехь кхин хьайба дац. Янаркъа а, цуьнан йоккха стаг а хене доккхурш цаьршиннан маззакъдоьлла къена куьйгаш ду. Тохара, цхьа пхийтта-ткъа шо хьалха-м, шарахь ткъе пхи верта дора цаьршиммо, цхьаннан мах туьма а болуш. Амма хIинца дегIехь ницкъ бац. ДогIмашкара ницкъ эшна, бIаьрса а гIелделла. Иттаннал тIех верта ца дало. ТIехула тIе, хьалха цара вертанаш шайн тIергIах дора. ХIинца церан долахь цхьа уьстагI а бац. XIapa карахь дисина верта дохкалахь, диъ туьма хуьлу цунна. Цхьа туьма мукъана а шаьшшинна Iаьнан духарна ца дайъича а ца долу. Миска, корта шелло шен, кIинжа йолу кортали далахь шена бохуш, йисина цуьнан йоккха стаг. Шена хIумма а ца эцна а, цунна и кортали оьцур ду Янаркъас. Кхо туьма мукъана а цIа кхачалур дац-те? ТIаккха ах декхар тIерадоккхур дара. Амма дерриг а йалх туьма дIаделча а, кIелхьара ца волу. Герз а, ахча а доьху. Ткъа Янаркъин, атталла, мокхаз буьллу нохчийн тапча а йац. Цхьа тиша шаьлта йоцург, кхин герз дац. Тохара, и къона волуш, цо тIом бечу хенахь дара цуьнан уггар тоьлла герз. Цхьадерг Iедало дIадаьккхина, ткъа цхьадерг, къелла шайн гIаддайча, доьхкина. Къанвелча, цо хIун дора герзах?

Янаркъина хаьа шайн йуьртахь итт стеган бен оьрсийн а, япон а тоьпаш цахилар. Царах цхьаъ Хьомсуркъица цхьаьна хьуьнах йахана. ХIан, йолчу дайша важа исс дIаелча а, ма йуьсу йуьртана тIехь йезткъе цхьайтта топ. Уьш эцна йала йеза йа церан метта хIоранна тIера пхиппа туьма ахча дала деза. Тур-шаьлтанаш а, патармаш а ма ду такха дезаш. Мел ахча лоцу цара? Хьанна хаьа иза лара! Лаххарчу хьесапехь, исс-итт туьма ахча тIедужу Янаркъина. Дерриг а лерича – налог, гIуданаш цхьаьнатоьхча, – йалхитта туьма. Иза такха долахь, дууш-молуш а, тIедуха-когадуха а доцуш, шина шарахь къахьега деза цаьршиммо… Амма гатийуьртахоша лур дац Iедална йа и декхарш а, йа герз а. Цара муха, мичара ло уьш, шайн ца хилча? ТаIзарна салтий йуьрта багIахь, царна дуьхьало йан барт хилла гуламехь.

– Эткаш хьанна йеза! Дика эткаш! ЧIогIа эткаш! Йорах эткаш йезарг схьавола! – сих-сиха мохь тухура Янаркъина уллохь лаьттачу векъначу, бесечу оьрсичо, шина эткан бертигашна чу куьйгаш а доьхкина, эткийн айраш вовшах а детташ.

Стигал кхола йолайелча, сагатделира Янаркъин. Нагахь и дисина верта хьалхехьо дохкалахь, ша оьцург а эцна, тахана цIа ваха ойла йара цуьнан. Амма цунах цхьаммо а йалх соьмал тIех ца лора. Муха лур ду цо иза оцу мехах? Йоккхачу стага буьззинчу баттахь хьегна къа. Вукху деаннал ледара-м, дера, ду хIapa. BopхI-aх делча-м дIадохка реза хир вара иза.

– Вон ду вайшиннан гIуллакхаш, ваша, – элира эткаш йухкучу оьрсичо. – Вайшиннан товар дорах деза массарна а. Ткъа сан цIерачу, хIорш йохкаре хьоьжуш, ладоьгIучу бархI къамкъарган бала бац цхьанна а. Эткаш йезарг схьавола! Йорах дIало шуна!

ХIетталц паргIат мах беш хилла базар, йохийнчу зингатийн туьйлигах тарлуш, цIеххьана меттахъхьайра. Янаркъина гира, шайн хIуманаш дIа а лоьIуш, уьш пхьаьрса кIел лаьцна а, ги йетташ а, базарара адамаш дIауьдуш. Дехьо йалташ духкучу могIарехь гIовгIанаш йевлира. Цигахь мах бийраш дукхахберш нохчий хуьлу дела, хIун хилла-те аьлла, сагатделира Янаркъин.

– Хьажал хьо, ваша, и схьагIерта бехна тIуртIазбевлла гIалагIазкхий! – Янаркъина муьшка йира эткаш йухкучо. – Слепцовскера тхан станичникаш бу уьш. ЦIахь а, арахь а синтем бац-кх цаьргахьара! Хьолахойх бу уьш. Хьажахьа, хьажахьа! Велла волийла со, царна хьалха вoгIypг тхан станицера къу Игнат вацахь! Ой, иза лаьцна, набахти чувоьллина ма вара? ХIинца гIалахь, базархула маьрша лела! Диканна схьа ца гIерта уьш. Кхузара дIавалий вайша?

Цо дуьйцучух ца кхетахь а, иза хьоьжучу агIор дIахьаьжча, Янаркъина гира, нах дIаса а тоьттуш, воьлуш, терсаш, шайна тIе схьагIерта пхи стаг. Ламанхойн духарца кечвелла, коча тийсина тарраш долуш волу виъ гIалагIазкхи вуйла хиира Янаркъина, царах бIаьрг ма-кхийтти. Ткъа царна хьалха вогIу лекха, зоьртала стаг гIалахойх вухавелла вара. Янаркъина ца везавелира маларо бIаьргаш цIийдина, йаххьаш севсина, техкаш, кхийсалуш цунна тIаьхьавoгIy виъ гIалагIазкхи. Цара дагадаийтира цунна ши-кхо де хьалха Несарехь а, ткъа сийсара кхузарчу вокзалехь а хилла бохуш, дуьйцу дов.

– ХIей, дед, верта духкуш дуй хьан? – Янаркъин белшаш тIекхоьллина кхозучу вертанах пIелг Iоьттира оцу веанна хьалха вогIучо. – ХIун доьху ахь?

– Цхьа туьма, – элира цо, пIелг хьала а лаьцна. – Один чорвон.

– Къена Iовдал, оцу истангах туьма хьан ло хьуна? Ишттанехьа схьало, мах боцуш, – Янаркъин белшаш тIера чоа, озийна, схьа а даьккхина, хьаьрсачу, стоммачу, лохачу гIалагIазкхичун кара тесира лекхачо. – ДIаэца, гIалагIазкхи, хьоьгахь товш хир ду хIара!

Уьш шегара верта эца ца гIертийла-м хаьара Янаркъина, амма, цара иза дийр ду, ца моьттура. Цхьана минотана цецваьлла, воьхна висира иза, тIаккха шена ахча а ца луш, уьш дIабоьлхий хиъча, тIаьхьа а хьаьдда, гIалагIазкхичун пхьаьрса кIелхьара шен верта, катоьхна, озийна схьа а даьккхина, маракъевлира цо. Амма царах цхьаммо, эрабугIано санна, ворта а саттийна, чухьаьдда, чоьже буй тоьхна, кхоьссина аркъалвахийтира иза.

– Аш хIун до, ва станичникаш? Мича бахьанина йетта аш оцу мисканна? Делах мукъана кхера, – мохь оьхура эткаш йухкучун, амма лекхачо, бетах буй тоьхна, аркъал вахийтира иза а.

– Вежарий! Йетта нохчашна!

– Йетта ордина!

– Ата азиаташ! Церан бехк бу, цIepa а даьхна, вай схьадалор!

– Йетта акхарошна!

ШолгIа тоьхначо синкхетамах ваьккхина Iуьллучу Янаркъина ца хезира цара хьоькху акха маьхьарий а, ца хаалора, мийраш бетташ, ша хьоьшуш а…


3


Синкхетаме веача, ша цхьана ца евзачу хIусамехь карийра Янаркъина. БIаьргашна тIеуззуш, шен хьаьжа тIе диллина хица шелдина гата хьала а теттина, цIа чухула дIаса бIаьрг туьйхира цо. ХIокху чохь дерг цунна цкъа а цагинарг дара: хIapa ша тIехь Iуьллу лекха гIовлеш йолу сетта маьнга а, стол а, лекха диъ гIант а, баьрчерчу пенан сонехь тIехула гата а тесна кхозу цхьана безамехьчу стеган сурт а. Уллорчу гIанта тIехь хих дуьзна доккха йоьзан зока а. НеIарехь кхозучу бедарш йуккъехь шен чоа а, куй а, неIарехьа цIенкъахь неIармачаш а гира цунна. Верта гуш дацара цхьанхьа а. «Ванах, со мичахь ву-те? – ойла йора цо, шех хиллачух ца кхеташ. – ХIapa гIенах ду-те йа самах ду-те?».

Корах чуеанчу маьлхан асано цхьа тамехь бохбинера цуьнан дегIан аьтту aгIo. Оьрсийн йовхачу чоьракан чомехь хьожа а йогIура. Хьогалла хааелла, хи мала дагахь зоки тIе куьг кховдо гIоьртира иза. Цхьадика, аьтту куьг дукха лазоза хааделира цунна.

КIез-кIезиг хIуттуш, цуьнан кхетамехь меттахIоьттира селхана хиллачун сурт. Амма муха кхаьчна-те иза xIoкху йаьссачу хIусаме? Верта а дац гуш. Цунах а хIун хилла-те? ХIун хилла-те бохуш а, хоьттий! Оцу хьакхарчаша дIадаьхьна хир ду-кх. Иза-м дайча а хIун дара, ахча мукъана а хилахьара цуьнан гIовталан кисанахь. Хьала а гIеттина хьожур вара бохург хьехочохь а дацара. ДегI ма ду, зоьпарш тоьхча санна, лацаделла. ГIаттавелча а, хIусамдай чохь а боцуш, хIусамехь волавелла лелча а, гIиллакхе хир ма дац.

Дукха хан йалале неIарх чоьхьайелира безамехь, ткъе пхийтта шо хенара меташка. Самаваьлла Янаркъа гича, хазахетта тIехьаьдда, цунна улло гIанта охьахиира иза.

Загрузка...