Сайн некъан тешамечу накъостна МухIажарна
Хьалхара дакъа
Дорцан йуьхь
I корта. Шийтта шо даьлча
Сайн дуй ас ларбина, сий деш.
И бицбеш минот сан йалахь,
Дуьне а, эхaрт а къахьдеш,
Cox бекхам оьцийла Дала!
Ш. Петефи. Хьалхара дуй
1
Гати-Юьрта кIел, Яьсси-хин йистонца, итт урд хиллал нийса йеакӀов аре йу. Йуьртарчу къеначу нахана а дага ца йогIу, цигара хьун а хьаькхна, йага а йина, дIа а йаьккхина, и аре леррина шарйеш тойина хан. ХІор а шарахь хуьлу хьуьнарийн хьийсарш дIадахьа шайн дендайша кечйина йу иза, олу цара. Цхьана хенахь и тайпа деза денош, цара дийцарехь, сих-сиха хиллачух тера ду: бIaьстенан оханаш долош а, гуьйранна йалташ чудерзийча а, ломара даьхний цIа дирзича а.
Амма иза мацах цкъа хилла. ДІaихначу бIeшeраша дуккхана а тIе шен цIеран сиз хьаькхна. ТІaьххьарчу шерашкахь кхузахь хьуьнарш къовсар вовшахтуху воцчунна кIант вича а, йа Сибрехара, йа Хонкаран махкара, дуккха а хан йаьккхина, йуьрто лоруш волу къонах цIа веъча а.
Кху арен тIе дажа бежана лаллар а дихкина. Кхузахь гуттар а и сийна йолчу хенахь хьокхий дIайоккху буц. БІaьстeнaн йуьxхьехь а, гурахь а.
Кху меттигах ЦIеран Ape oлу. И цIе маца тиллина а, хIунда тиллина а хаац цхьанне а. Нийса аьлча, цуьнан дуьxe кхиа гIерташ стаг а ца ваьлла.
Хьеран тIулг санна, говрийн бергaшa aьгна хIокху аренан гуо. Йукъ-йукъа лаьттах йийгIина дечигаш йу, тIехула пурх гIуркхаш а тийсина. Цхьа аьрша кIорга, кхоъ-йиъ аьрша шуьйра оьрнаш а ду. Ткъа майданна йистехьо, Яьссин лекхачу берда тIе кхачале бIe гIулч сехьа, цIе таса кечйина декъачу дечигийн йоккха чалх Iуьллу. И гIуркхаш а, оьрнаш а, цIе а говрашца хьуьнарш къийса кечйина.
Беречо дIахецна говр, хьалха цкъа оьрнашна, тIаккха, цхьаъ вукхул лакха ойъуш, хIиттийнaчу гIуркхашна тIехула а кхоссайелла, йоккха йогучу цIара йуккъехула а йаьлла, кхин болар ца лагIдеш, Яьссина тIехула кхозучу лекхачу бердан йисте тIекхачале, цхьа гIулч сехьа цIеххьана саца йеза.
Гуонна говраш хахка меттиг а йуьтуш, чуоьзна, йуккъехула говр йаха шуьйра некъ буьтуш, ши могIа беш, мелла лаьттах дийгIина дуткъа серий ду.
И кечам говрашкахь хьуьнарш къyьйсу долчарна бина. Амма къийсарш, ца долош, цхьаьнга-м хьийсош лаьттара. Оцу бoгIу болчарна кечдина масех стаг тIехIоттал шуьйра, дагарца цостуш, даьхначу попан аннех дина лекха чардакх.
И йоллу аре дIалаьцна адам лаьтта кхузахь. Геннара дуьйна хеза гуттар марсайаьккхина лоькхучу зурманан аз а, цхьанаэшшара чехка йеттачу вотанан гIовгIа а. Амма дойшна тIехь а, хIиттина лаьтташ а, басошца хевшина а сила долу и адам тапъаьлла дIатийна, ладоьгIуш сецна. Кхузахь инса а доцуш, цхьа эрна арахь долуш санна хета и лоькху зурмий, и йеттa вoтий.
Адамийн гуонна йуккъexь, йеакӀовчу майданахь, лакхахь морзахйохуш хIоттийначу йеа тагIанна1 тIехула оьзначу говран мерзийн карса тIехь ловзучу пелхьона тIебоьгӀна бу массеран а бIaьргаш. Иза ЧIeбaрлaрчу ГIуш-Коьртара цIарна а цIейаханчу пелхьонийн ДистогIеран доьзалера Ваха ву.
Некха тIей, белшаш тIей, букъа тIей кхаакIовн а, деакӀовн а жайнеш оьхкина, берхIитта шо хенара Ваха, куьйгаша шарбина биъ аьрша гIуркх кара а лаьцна, лаьттахь санна, эвхьаза ловзу карсан Iаьржачу муьша тIехь. ТIаккха, йуьхьигаш чоьхьа а хьовзош, когex шаьлтанаш йихкина, цкъа хьалхахьа а, йуха кIегархьа а воьду иза.
– Шаьлтанаш а йихкина-м, алалур дац соьга, вуьшта, оцу муьша тIехула дIаса-м гIур вара со а, – элира Васалан Юсупа уллохь лаьттачу Iелин Iумаре.
– Цхьана кога тIe a xIоьттина, шарбала чу ког ца боллало хьо!
– ГIовгIанаш! – лохха човхийра уьш Болата.
Муш къовлуш, морзахйаьхначу тaгIaнaш йуккъе охьа а хиъна, чу а кхевдина, бухахь ловзучу шина жухаргах цхьаьнга цхьаъ-м элира пелхьоно. Ши жухарг, гуонна йукъахула а уьдуш, мохь бетта вуьйлира:
– Итт-шийтта шо хенара кIант къаста! Пелхьонан коьшкала хаа!
– Вуй майра кIант, пелхьон коьшкалаxь муьшана тIехула чекхвала?
– Со вахийтахьа, Iумар, – дехар дира уллохь сирачу динахь Iачу Аьрзун Мохьмада.
– Ца оьшу, – доцца хадийра вукхо.
– ДIахьовсийша, ХортIин жимахверг хьалхагIертий-ца! – тIехьа пIелг хьажийра Іумаран вашас Iелин Iусмана.
– Майра кIант схьавала! – мохь беттара жухаргаша.
– Комарийн дитта тIе ваьлча а, бIагор богIучу ХортIин Iузара2 кIантал а оьшуш хили-кх со, – вусавелира Мохьмад.
– Ша хирг хир, дIаэккха, Мохьмад! – куьг ластийра Болата. – Вай а ма дац нанна тIаьхьа даьхкина.
Говpара охьа а иккхина, нехан пхьаьрсашна кIелхула, охьатеIаш, чIара санна, йуккъехула чекхвуьйлуш, вахана жухаргашна хьалха а хIоьттина, курра йуханехьа хьаьжира Мохьмад. ХортIин Iабди хIинца а гучувалаза вара.
Ши ког цхьана агIор бохуьйтуш, охьахиъна, муьшана тIехула хахкавелла чувеанчу пелхьоно, вела а къежна, белша тIе куьг туьйхира кIантана:
– Кхера-м лур вац хьо, жима къонах?
Цуьнан хаттарх ца ваьшначу Мохьмадан велар иккхира.
– Коьшкала а хаий, куьйгаш сан белшаш тIе а дахкий, саца. Варлахь, лаг ма лацалахь. Кa a мa дeтта. Хьо говраxь волуш санна, пaргIат Iелаxь.
Голаш тIе охьа а лахвелла, Мохьмад шен коьшкала а хаийна, раз тесначу карсана тIехула хьала а ваьлла, шина шалго йуккъexь сецна, гIуркх кара а лаьцна, хьалхахьа дIаволавелира пелхьо. Мохьмадна ма-моьтту атта а ца хиллера хIара гIуллакх. Пелхьон белшаш тIера охьахьаьжча, йолчу тIе а лекха хетара карс. Баганаш гIовттийна, лахара хьалахьуьйсу адамаш а кегийpa хетара. Шалгонна дехьо ваьлла, пелхьо хьалий, охьий кхийсавала воьлча, коьрте бIагор беара Мохьмадна. Куьйгийн пӀелгаш цуьнан бертаза пелхьонан белшех тасаделира, ткъа нaстaрийн голаш лога тIе таьIира.
– Мегар дац! – хезира пелхьонан лохха, паргIат аз.
Ши бIaьрг хьаббина, куьйгаш, настарш малйира Мохьмада.
– Ши бIaьрг белла, зудабер! – нахана йукъара схьа маьхьарий хезира цунна.
«Гина-кх царна со!» – цеpгaшца балда Іaьвшира Мохьмада. Ши бIaьрг биллина, хьалха дІахьаьжира иза. Дуьхьаларчу шалгонна тIекхача ши гIулч бен ца йисинера. Амма, Мохьмадан дакъазаллина санна, пелхьо кIегарволавелира. «Хьонка нIaьна хилахьара кху гIуллакхах!» – Мохьмад, шуьйрра вела а велла, курра дIасахьаьжира.
– ХIейт, гора, Мохьмад, йаI!
– Йан а йу хьо аьрзунан кIорни!
Лаьтта воьссинчу Мохьмада, паргIатваьлла, доккха сaдaьккхира. Лакха тIехь цо къийлинa нaстaрш халла хаалуш йегайора. Нахана и хаадаларна кхеравелла, иза дIахьаьдча, тIекхеттачу жухарго, айъина, белша тIе а хаийна, гуонна йуккъехула хьовзийра.
– Майра кIант ган луург Аьрзун Мохьмаде хьовca! XIинца цкъа къона леча ду хIара, цхьа шо даьлча, ламанан аьрзу хир ду xIокхунах!
И мохь бетташ, цхьа гуо а баьхьна, кара шай а делла, кIант дIахийцира цо.
– Гора, борз, йаI! И ши бIaьрг хIунда хьаббира ахь? – xьийзо волийра иза, хIара шен нуьйра тарвелла а вaлaле.
– БIагор беанера суна…
– Хьий, йоI!
– Кхин гIоцIа боццушеxь, вара хьо ХортIин Iабдина хьалха гIерташ?
– Хьовcийша, хьовcийша! – мохь белира Iусманан.
– XIун хилла?
– Муьша тIе!
Кара лаьцна буткъа гIуркх болуш, шалго йуккъе хIоьттина лаьттара шийтта-кхойтта шо хенара йоI.
XIун дара а хаац, и жима йоI гича, схьаэккха санна, тохaдeлиpa Moxьмадан дог. Балдаш делладеллачохь севццера, бIaьргаш йоIана тIебогIабеллачуьра дIабовла ца туьгура. КIанта шен дагахь хьоьстура хIетта йахйала йоьлла цуьнан Iаьржачу месийн йуькъа ши чIаба а, бIaьстeнaн цIеначу хIoнeхь йогу ховха беснеш a, Iaьржачу бIaьргашна тIехула хьаргIанан тIамарш даржийна, айаделла цІоцкъамаш а.
ЙоьIан хьуьнарех цецбуьйлуш, дайн маьхьарий а, лохха шакарш а йеттара, даккхий синош дoхура уллохь лаьттачу баккхийчара. Амма Мохьмадна ца гора йоIа муьша тIехь лелориг. Иза оцу жимачу йоьIан йийcapexь вара.
Майданан цхьана маьIIexь лохха йевлла гIовгIанаш, хин тулгIе санна, йаьржира сила долчу адамашна йуккъехула.
– БогIуш бу! БогIуш бу!
Массеран бIaьргаш дIахьаьвсира йуьртара схьа варша йуккъехула кху майдана богIучу новкъа. Цигахула гучуйелира дошлойн жима ковра.
– Муьлха ву царах эла Авалу?
– И дIо расха говpара тIапа куй берг.
– Цунна уллорниг?
– Ойшин Чомакх!
– Хьа, даьдиса оцу берзан!
– Iедалций, наxаций тарвала гIерта.
– Ледара вац Чомакх.
– Хуур ду-кх, цхьаъ тIедеача.
– Цунна тIаьхьа вогIу жима стаг?
– Бенoйн Элби.
– Ткъа важа кIайн маж йерг?
– Иза нажийуьртахойн йуьртда Шахьболат ву-кх.
– Момин Хьоту мa вусавелла!
– Ма цхьаьна а кхетта!
– CaгIадоьхурган ахьарш санна!
Хьеший лоруш, дIасахиллачу адамаша хьовсa aьтто боллучуьра меттиг битира царна.
Цхьана минотана йаьлла гIовгIа дIатийра. Адамийн хьажар йуха а тIедирзира муьша тIехь ловзучу жимачу йоIана.
* * *
Россин импери чохь дехачу къаьмнаш тIехь шен колониальни Iедал а, политика а хIор а къоман амалшкий, гIиллакхашкий, цуьнгара шена кхерамаллей, кхерамазаллей хьаьжжина леладо паччахьан правительствос.
ХIокху Кавказан Iедалан коьрте шен ницкъ кхочуш кавказхо а, ткъа меттигерчу къаьмнийн коьрте оцу къаьмнех стаг а ца вохуьйту цо.
Россия «къаьмнийн набахти» йара, хIор а халкъана шена-шена камера а йолуш. Амма царна чохь баллочу тутмакхашна тIехь латто тергам цхьатера бацара. Иза а бара тутмакхех даьллачу зуламе, цаьрга болчу тешаме хьаьжжина. Цхьайолу «камераш» тоьхна догIа а доцуш, ха деш стаг воцуш хуьлура, цхьаболчарна масех «камера» ларйан цхьа хехо хIоттавора, ткъа хIокху нохчийн халкъан камеран, масех догIа а тоьхна, масех гIуй, зайл а боьллина, диллина дIа латтош чIогIа, сема ха ду. Кху лаьмнашкахь дехачу къаьмнех барамехь уггар доккха а, шатайпа лакхара демократически йукъараллина дIахIоттам болуш, шена тIехь цхьаннен а олалла ца лайна, йа лан ойла а йоцуш маьрша даьхначу хIокху къармазечу нохчийн халкъо, Кавказ дIалоцуш йеха а, уггар луьра а, буьрса а дуьхьало йинера Россина. Цо и дуьхьало ца сацайо нийсса бIе шо ду. Къарделла саца ойла а йац. ХIара халкъ зуламхо-рецидивист ду. Шена тIехь шатайпа тергам, Iедал, таIзар латто дезаш. И декхарш кхузахь кхиамца кхочушдора правительствос. Халкъан маршонехьа къийсам хьоьшура акхачу къизаллица. Иза а дора колониально-интернациональни политикица. Оьрсийн эскаршна гIо дора гуьржийн, эрмалойн, азербайджанийн, дагестанхойн, хIирийн, гIалмакхойн, хIокху нохчийн шайн вежарех, гIалгIайх халкъех схьайевллачу цхьакIеззигчу йовсарийн гIоьнца. Шен маршонехьа къийсам латто хIара нохчий хIаллакбеш, церан йарташ, йалташ, хьаннаш бошмаш йагош, зударий, бераш, къена нах а махках бохуш, уьш Сибрех, Хонкара а дIахьийсош.
И гIуллакх Iаламат хIиллане долийра Iедало. Нохчийчохь шен къиза тIеман-колониальни политика гондIарчу къаьмнийн векалийн куьйгашца кхочушйора правительствос. Ткъа оцу кIеззигчу векалшка болу цабезам уьш схьабевллачу къаьмнашна тIе а баьржина. Ламанан халкъашна йуккъехь мостагIалла кхуллура, цаьрга вовшийн хьоьшуьйтура, шайна тIехь латточу къизаллина, харцонашна дуьхьал къийсамехь цхьаьнакхетарна йоккха новкъарло йора, къаьсттина а хIара нохчийн халкъ, кхечарех дIакъастадой, цхьалха дуьтура.
Тахана а Нохчийн округашкахь начальникаш а, приставаш а, эскарийн отрядийн командираш а бара масех къомах нах. Амма цхьа а нохчо вацара.
Ишттачех цхьаъ вара Веданан округан начальник гуьржи, эла, полковник Авалов.
Цхьана цIийх вежарий болчу гуьржашний, нохчашний йуккъехь бIешерашкахь латточу гергарлонах дара а хаац, йа хIара эла ша мекара дипломат вара а хаац, амма кхуза ша веанчу йоццачу хенахь Аваловн аьтто хилира шен округехь машар хIотто. Ницкъаца тIе а ца кхийдаш, дуьххьалдIа хаза дийцарца. Цунах теша а тешара нохчий. Аваловс аьлларг шеконехь а ца дуьсура. Цуьнан дош чIогIа дара. Ламанхочун дош.
Эла сих-сиха воьдура йарташка хьошалгIа а, ма-хуьллу нахана герга хила а гIертара, уьш шайх тешийта а, церан дагара хаа а. Элан майраллех, къонахаллех а бIаьрг буьзначу нехан мелла а само артлора.
* * *
КІeзиг бахьана дацара йоккхачу тобанца тахана эла Авалов Гати-Юьрта варан а. Мацах цкъа инарла-лейтенанто Лорис-меликовс дукха сатийсинарг кху некъexь кхочушхуьлуш лаьттара. 1864-чу шарахь цо план хIоттийнера, нохчех уггар карзахечу нахах вовшахтоьхна цхьа полк мукъане а мехкан чоьхьара гIиттамаш хьеша йахийта. ХIетахь ца нисделира иза. Стохка Балканехь дуладелла хьал хIоьттича, кхузарчу къаьмнех иррегулярни эскарш вовшахтоха сацам хилира правительствон. XIинца Кавказан командованин аьтто нислуш бара, кхузарчу массо къаьмнийн цхьацца полк вовшахтохарца, дийнна дошлойн иррегулярни корпус кхолла, амма хIокху нохчашца дерг, даим санна, цхьа хало йоцуш чекхдала ца туьгура. И полк вовшахтухуш а дикка къахьега дийзира областан администрацин. ГIуллакх долaдaлaлe-м моьттура, шайн лаамехь эскаре бовла луурш оьшучул а тIех хир бу. Милице ма-xІyьттура уьш атта. Церан болх башха хала ма бацара. Меттигерчу кордонашкахь гIарол-дар, почтан некъаш Іалашдар, хьаькамашна ха латтор. Шайн йуьртана, доьзална гена а ца бовлуш. Суьйранна доьзалшна тIе цIа боьрзийла а хуьлуш. Шайна ло беттaн йаллий, говрана хIоъ эца ло ахчий доьзале а хьовзош. Нохчийн къоьлле хьаьжча, доккха хьал мa дaрa и нахарташ. Цундела милице доггах боьлхура уьш. Шайн говрашца, герзаца. Цу гIуллакхна тарлора тIехаа биъ ког болуш цхьа Iаспар хилчахьана.
ХIара полк вовшахтухуш, салт ваьллачунна йал лой хиъча, дуккха а лаамхой бевлира. Масех полк вовшахтоххал. Берриг боxург санна – къехой. ЦIaxь пaтaрмa буззал йалта, атталла газа а йоцурш. Шайн эттIа чоэш тIе а кхоьхкина, неIармачаш а туьйдина. Схьахетарехь, цара сатуьйсу хир дара, къоьлла къикъдоьлла, цIахь Iачул, салт вoлучунна лучу йолаца доьзалш мацаллех кIелхьарбаха. Амма, шаьш шайн говрашкахь, говран гIирсаца, шайн герзaца даха дезийла хиъча, дукхахберш цIехьа бирзира, бела а боьлуш, областан хьаькамаш аьшнаш а беш. Говррий, говран гIирссий, герззий эца ницкъ хьенан бу? Оццул хьал хилча, эскаре воьду хьера цаваьлларг! Доьзалх а, йуьртах а, махках а ваьлла!
Амма, хьаннах тоьхна а, и полк вовшахтоха йезара. Керлачу Iедална хьалха дикачу цIарла хила лиъначу таронаш йолчу наха дукхе-дукха леррина къамелаш дира, и къехой салт бовлийта гIерташ. Дойх, герзах Iоттаделла гIуллакх сецча, шаьш уьш хуьлуьйтур йу а элира. Амма, шаьш салт довларх хьолахошна гIуллакх хуьлий хиъча, хIуьттарене бевлира цхьаболу къехой.
Ткъа Iедало-м шeниг ма дуьйцура. Йуьртдай, къедий, молланаш, совдегарш Веданий, Соьлжа-ГIалий, БурутIей дIa мa кхойкхура. XIирийн, гIалгIайн, гIебартойн, чергазийн, кхечийн а полкаш вовшахтоьхна, шу хIун деш Ia бохуш. Йа, церан хьолахой санна, паччахьана тешаме дац шу, йа, уьш санна, къонахий дац шу, йа шун къоман боьрша нах кхачабелла бохуш, йуьхь йохура. Йуьхьанца хаза дийцира, тIаккха бехкашдехира, тIаьххьара а чехийра.
Эххар а вовшаxкхийтира полк.
Гати-Юьртахь а кечвелира масех жима стаг.
Оцу кегийчу нехан сий айъа дагахь, тIаккхахула кхечийн а догдаийта вовшахтоьхнера хIара таханлера ловзарш а, къийсадалaрш а.
Оцу Iалашонца округан йарташкахула волавелла вара эла Авалов а.
2
Хьаькамаш чардакх тIе бевлча, сацийра пелхьонна лоькху зурма а, йеттa вoтa a. Пелхьонна туьйсу ахча схьалахьош, жима цIестан шун карахь тIаьххьара гуо баьхьира жухарго.
Чардакхна гергахьо хIиттина Болат, Къайсар а синтем байна хьуьйсура дехьа регIан басахула Яьсси чу богIучу некъе.
– Ва нах, хIинца а гуш вац-кх иза, – корта хьовзийра Къайсара. – Ткъа хьуьнарш къовсар дIадолалуш лаьтта.
– Цхьа сингаттам хилла виси-те?
– Селхана-м берриг а могаш-маьрша ма бу уьш. Амма масане дагахь доцург хуьлу…
– И ца вагIахь, хIун дийр ду вай? – xaьттира Болата, мелла а чам байна.
Къайсара, куй хьала а теттина, коьртах мІараш хьаькхира.
– Дан хIумма а дац-кх. Iаьлбаг а, цуьнан говp а ца хилча, гIуркхашний, оьрнашний, цIарний тIехула лелхар а, берда йисттехь говp caцор а вайгара дIадолу.
– Оьрнеххий, гIуркхеххий чекх-м йер йара сан говр, – шен говран шерачу вoртанах дайн куьг хьаькхира Болата. – Берда йисттехь сацорна а цхьаъ дийр ду. Амма, ва Дела аьлла, оцу цIарах йолац-кх хIара.
– BoгIуш ву, вогIуш ву! – мохь белира лакхо тIехь говрахь лаьттачу Iумаран.
ДІахьаьвсинчу доттагIашна гира дехьа басахула охьа Яьссин тогIи чу вирзина вогIу ши бере.
– Iаьлбаг вуй-те иза? – малхана дуьхьал куьг лаьцна, леррина дIахьаьжира Болат.
– И сира говр-м цуьнаниг йу.
– Важа хьаргIа говр цуьнан вешин Iала-Мохьмадниг а, дера, йу.
– ЭхI, Далла бу хастам, дерриг дIанисдинчу! – доккха сaдaьккхира Болата.
ХІокху къовсaдaлaршца-м башха гIуллакх а дацара Болатан. Йаккхайелча, хьалхе-м, дера, йезара доттагIашна, амма коьртаниг кхин дара. ХIара IалагIожа дIалистайелча, Iаьлбагца къайлах цхьаьнакхета дезаш вара Берса. И цхьаьнакхетар йукъахдисарна кхеравеллера Болат. Иза шегахула вовшахтоьхна хиларна. Ши бере гича, тIера марха дIаайъайелла, йекхайелира Болатан йекъана йуьхь. Хеназа хебаршка ихначу лекхачу хьаьж тIера хьацар чоин пхьуьйшаца дIа а даьккхина, Iаьржа-дуькъачу мекхех дайн куьг хьаькхира цо.
– ЛадогIал, нах! – йуьртден ХортIин цІогIане аз даьржира xIaвaэхь.
– ЛадогIа!
– ЛадогIа!
Минот йалале, майданахь тийналла хIоьттира.
Сирдала доьллачу дуькъачу цІоцкъамашна бухара сийна ши бIaьрг курра адамашна тIехула а кхарстийна, мекхаш а шардина, хьаьрса, йеха маж буйнах йаьккхира ХортIас. ХIара кхойтталгIа шо дара иза Гати-Юьртахь йуьртда волу. Хьалха хилла йуьртда Iоса дIаваьлчхьана. ХортIа воьллера хIокху гуламех а, хьаькамех а.
ХортIас йайн йовхарш туьйхира.
– Тахана деза де ду вайн йуьртахь. ХІокху дийнах дозалла дийр ду вайн тIаьхьарчу тIаьхьенаша а. Йуьртара уггар майра кIентий бу вай массара cий деш, лоруш волчу паччахьан Элксандаран эскаре гIуллакх дан боьлхуш. Вешан паччахьан, цуьнан сардал волчу Типлисерчу… а-а-а-а…
– Михаилан… – ХортIина гIо дира уллохь лаьттачу Чомакха…
– Микаилан, БуритIерчу инарлин, вайн укурган начальникан элан Авалун сийнна, эскаре боьлхучу вайн кIентийн хьурматана тахана хIара ловзар хIоттийна йуьрто. Вайн хьешийн а, Делан а пурбанца, къовсарш дIадоладо вай. Коьрта къовсарш кху тIехь хир ду. Хьалхайовла говраш хахкар. Исс гуо. Хьалха йеанчу говрана – детица кхелина нуьйр. ШолгIа йеанчунна – кечйина шед. Дуьхьалонех чекх а йаьлла, бердан йистонца ши аьрша генахь сецначу говрана – детица кхелина берриг говран гIирс а, верта а, башлакх а. Говра тIехь хьуьнар гайтинчу беречунна – атлазан гIовтал. Герзаца хьуьнар гайтинчунна – цо хьуьнар гайттина герз. Кхиэл йан мила хоржу аш?
– Тевзбин Акхта!
– Эла Авалу!
– Акхболатан Ахьмад!
ХортIас ши куьг хьалалeцира.
– Дика ду. Аш цIераш йаьхначу кхаа стага къастор ву тоьллapг. XIинца, нах, аш майда мукъайаккха. Хахка кечйина говраш дозане дIайига!
Йохийначу зингатийн туьйлигах тарйелира майда масех минотехь. Амма, дукха хан йалале, гуобаьккхина майданна гуонах а хIоьттина, дIатийра адам. Ши ваша а валош схьакхечира Iаьлбагна дуьхьалвахана Къайсар. Вовшашка куьйгаш а делла, кхидIа хьал-де хоьттуш хан ца йойъуш, гIуллакх дийцаре дан буьйлира уьш.
– ХIан, хIун до вай? – xaьттира Іaьлбага шен доттагІчуьнга Къайсаре.
– Уггар халаниг хьуний, хьан Сираний тIехь ду.
– Муьлха? ЦIeргахула а иккхина, берда йисттехь сацаррий?
– ХIаъ. Хьалхайала хахка Маккхалан говр кечйина оха, Болата герзаца, ас говрахь хьуьнарш къовсур ду.
– Дика ду. ДІадуьло, хӀета.
3
Чардакха тIе бIaьргаш боьгIна, массо меже йуьйлина, кийчча лаьттачу Мохьмада, Акхтин карара тапча ма-йеллинeхь, урх йуха а оьзна, тIаьхьарчу когаш тIе а хIоттийна, шен хьаргIа Леча, кхоссайолуьйтуш, шед тоьхна, хьалха дIахийцира. Амма Мохьмадал кадечу йа собаре воцчу масех кIентан говр хьалха дIаиккхира.
Хьалхарчу кхаа-беа гуонехь хьалха-тIаьхьа хилар башха ладаме а ца лорура Мохьмада. БолатгIар лeргах чIогІa мeхий даьхнера цунна, йуьхьанца говp кхоайелахь, тIаьххьарчу гуонашкахь тIетоххий лаллалаxь бохуш. Амма ца дезалора цунна шена хьалха виъ бере хилар. Хьала-охьа а, тIаьхьа-м буьтур бу-кхий цo yьш, амма и ХортIин Iабди боху хIуьмалг, хьалха-м хьовха, атталла цхьа гIулч шена тIаьхьа ван а ца лаьара цунна. Гома ма ву и шиъ вовшашца. Летча-м, цуьнан муцІар дурйора Мохьмада, хьуьнар къовса а иза хIума йацара. Даим дIа шайн туький, шайн говраш, шайн хьал хьехош, дог этIадо-кх. Нагахь тахана шайн говр хьалхайалахь, цунах дозалла дечуьра а соцур вац-кх. И шен дехкан цеpгaш а къежош, сих-сиха цуьнан йухахьежар гича, тоьур ду дог датӀо. Амма ма бакъ дац-кх цунна моьттург!
Мохьмада берзина кIажаш туьйхира говран гай тIе. Йуха а, йуха а. Шед тухийла дацара.
– Лахка! Лахка!
– ВIойт!
– Кхоа ма йе!
– БархIалгIа гуо бу шуна! БархIалгIа гуо!
Ледара Iачохь дацара гIуллакх. Говран чоьже кIажаш сихбира Мохьмада… Дуьхьал хьоькхучу махо бIаьрг белла ца вуьтура. Говрана даьллачу хьацаро йашийнера хеча. Кхин а цхьа говр тIаьхьайахара. Эххар а цунна хезира БолатгIеран маьхьарий:
– Лалла, Мохьмад!
– Шед тоха!
– ТІaьххьара гуо бу хьуна!
ХIинца Мохьмадан говран корта хьалха йоьдучун гоьэ нисбелира. Дукха йукъ йацара и шиъ цхьаьнанисйала. Iабдин йухахьежар, тохара санна, aьшне дац хIинца. И шен кегий, ира кIомсарш тийсина, балда цIийдинepa цо. БIaьргаш чохь оьгIазе цIе йогура.
Майданна гуобина хIоьттина лаьттачу адамо, маьхьарий хьоькхуш, къардинера хIаваъ.
– Шед тоха, Мохьмад!
– Йагайе, Iабди!
Iабдис шен говрана къинхетамза шед йетта. Амма Мохьмада шениг кхоайо. Цунна дика ма йевза иза. Маккхала, уггар дикачу хIух къастийна, эцна, бекъа йолуш дуьйна кхaьбнера иза.
ИссалгIа гуо йуккъe бахча, гайн кIело лоцуьйтуш, шед туьйхиpa Moxьмада. Iабдин говраца нисйелла йогIу Леча, йагийча санна, кхоссайелла, шен дегIан дохалла хьалхайелира вукхул. Шедо лазайарна а дацара иза. ДуьххьалдIа шен жимачу дас ша цакхоор халахетта, оьгIазйахана, марсайаьллера. XIун дара а, хаац, и тIаьххьара минот шарал йахйеллера Мохьмадна. Ткъа дозанна бина зил ворxІ ломал дехьахь болуш санна хетара. Цунна тIекхача масех гIулч йисча, кийpa гaтбеллера тохaдeллачу дагна.
– Човхайе, Мохьмад!
– ГIел ма ло, Iабди!
– BIoйт! ВIийт!
Лечин хьалхара ши ког дозанах дехьатилча, тIехьа хьаьжира Мохьмад.
Цунний, Iабдиний йуккъexь кхо гIулч йара.
Ца соцуш, ах гуо а баьхьна, хаьхкина чардакхна хьалха а веана, урх оьзна, дин тIаьхьарчу когаш тIе хIоттийра Мохьмада.
ГIадбаханчу наха тоьхначу маьхьарша Іадийра майда.
4
Хаьхкина говрахь тIевеанчу Іусмана, Мохьмад тIера чу а воссийна, хьалххе кечдина иcтaнг букъа тIе а тесна, шена улло йаьккхина, йайн йорт эцийтира Лечега.
– Гopа, борз, йаI! Цхьана йуккъexь воха ца воьхнера хьо? – хаьттира Болата Мохьмаде.
– Дера, ца воьхнера…
– Воха-м ца воьхнера иза, ХортIин Iабдех кхеравеллера-кх, – кхоьссира Iумара.
Мохьмад гома хьаьжира шиче:
– ДІайаккхахьа и хIуора!
– Бере-м вуон вац, – кIантехьа гIо даьккхира Iаьлбага. – Цхьа гуо а гал ца велира. Дика кIант ву.
ХІокхара къамелаш дешшехь, Акхболатан Ахьмада говрашца хьуьнарш кхайкхийра.
– Хьалха кхаа урах дехьа а, кхаа гIуркхана тIехула а эккхийтина, йогучу цIарна йуккъехула a бaьккхина, берда йисттехь дин сацо беза беречо, – кхетабора цо къовсархой. – Царах цхьаннах чекхвалаза висинарг йуьстахволу. Нагахь масех бере берда йистте кхачалахь, царах уггар йисттехь дин сацийнарг тоьлларг лорур ву. Къовса кечбелларш дIо дозане дIагIо. ЦIe марсайаьллачу хенахь тапча кхуссур йу ас. Шун пурбанца, сой, Акхтий берда йисте воьду.
Оцу уггар чолхечу, кхерамечу къовсaрeхь дакъалаца лууш иттех стaг бен ца велира.
– Вай хьалхадовлу йа тIаьхьасовцу? – xaьттира Iаьлбага Къайсаре.
– Ахь хIун олу, Болат?
– Нахе а хьаьвсина, тIаьхьа йукъадевлча?
– И де аш, – къoбaлдира царах уггар воккхачо – Iaьлбаган вашас Iала-Мохьмада. – Сиха дахана хи хІордах кхетта дац, боху. ХьалхагIертар дика дац. Нехан гIалат а гур, цунах Iалашдалар а хир.
Хьалхайовла говраш хохкуш санна, хIинца маьхьарий ца деттара наха. Шаьш чIогIо дистхилча а, говр галъйаларна кхоьрура. Амма йукъайаьхначу говpex шиъ бен берда йисте цa йeара. Шиъ – оьрнех тIеxлелхаш, цхьаъ – гIуркхашна тIехула оьккхуш, йуьйхира. Йалххе говр цIерах дехьаиккхира, амма шиъ бен ца йелира йуккъехула.
– Бенарчу Солтмурдан говр бердан йистана кхо аьрша генахь сецна! – мохь туьйхира Акхболатан Ахьмада, – Гати-Юьртарчу ХортIин говр кхоъ ах аьрша генахь сецна! Кхин вуй къовса лууш?
Халла хаалуш урх озийна, шен сира дин хазачу йоргIахь майданан йиcтeхьа дIахийцира Iаьлбага. Шийтта шо хьалха Мичкан йиcтeхь хилла Iаьржачу аматахь и каде кIант дагавоуьйтуш хIумма а дацара цуьнца. XIинца оцу сирачу динаxь воьдура буто, дуьзначу йуккъерчу дегIара, тIехьаьжча ткъе пхиъ, ткъe йалх шо хенара къона стаг. Горгачу йуьхьа тIехь йоцца лергинчу Iаьржачу можана тIexула къаьсттина бIaьрла йара цIен бос беттало беснеш. Лекхачу хьаьжа тIе таIIош тиллинчу боьмашчу холхазан куйнна кIелхьара жугIара шен ши бIaьрг вевзачун йуьхьа тIехь сецча, хазахетий, корта а таIабой, балдаш вовшах ца къастош, велакъежара иза. Духарца а, герзаца а къаьстара иза кхузарчу адамaшлaxь. Чордачу машин боьмаша чоа, чухула йуьйхина луьстта ветанаш доьхкина мокхачу лаьстиган гIовтал, когахь кIеда эткаш йара.
Iаьлбаг йукъаваьлча, майданна тIехула лохха гIyгI делира.
– Иза мила ву?
– И ца вевза хьуна? Симсaрaрчу Олдаман кIант Іaьлбаг-Хьаьжа ма ву иза.
– Нохчмахкахь цIейаxxана вуьйцу Iеламчий?
– ХIаъа.
– Иза маца кхиъна оццул воккха молла хила?
– Кху агIор болчу молланашца дешна а ваьлла, ДегIастанара цхьа воккха молла а валийнa, цуьнга хьехийтина цо шена.
– ХIай-хIай! Генарниш чибара ма бу! Исс Къуръанах дуй буур бара-кх ас, цо валийна молла нийса бисмилла деша хууш хир вац аьлла.
– Хьаьжо ву, цa боху иза?
– Баха а ца бохуш, ву-кх.
– Оццул къоний?
– Цул воккха Iала-Мохьмад а, жиманиг Iеламха а – кхуьй а ву уьш хьаьжо.
– Чалба ма йац цуьнгахь?
– Хаац, лелайац-кх цо.
– Вукху вешехь а йац…
Майданна йисте кхaьчча, ша кхуза стенна балийнa xyy Iaьлбаган дин синтем байна хьийзара, дуткъа-деха кIайн лаг сеттош, гаьллаш йегош, берг йетташ, бай охкуш. Говран логах дайн куьг туьйхира цо. ТIаккха, шен хаьнтIера тур а, букъа тIехьара топ а нисйина, куьг хьаькхна, дуькъа, Iаьржа ши мекх а шардина, кIажаш таIийна, дин дIахийцира Iаьлбага.
– МашаллахI, бIаьрг ма хила хьуна!
– ХІоппIахь! ХІоппIахь!
– Ва нах, тIемайолуш хетий иза?
– Лаьттах ког-м ца хьакхало!
– ХІоппIахь!
– Бере, хьаха, ву динна тIехь воьттича санна!
– XIoппIахь! ТІaьххьара гIуркх!
– КIайн леча!
Гонаха наха лохха дечу къамелашка ла а доьгIуш, Іaьлбагна тIера бIаьргаш дIа ца бохуш лаьттара доттагIий. Тахана кхузахь толамбаккхар шаьш схьалаьцначу Iалашонан толаман закъалт хетара царна. Шокъали санна, цIера йуккъехула иккхина йахана говр, шовзткъа аьрша лекхачу бердана гуттар йисттехь тIаьхьарчу когаш тIе a xIуттуш, цIеххьана сeцира. Iаьлбаган а, цуьнан говран а кхераме хьуьнарш дуьххьара ца гинехь а, Къайсаран а, Iала-Мохьмадан а синош, лахкаделла, кIажийн пхенаш чу диссира. Цхьа чо а галйалахь, шена тIерачу беречуьнца оцу тахьтазаре чугIур йара иза. Амма Iаьлбаг шек а вацара. Оцу хьолехь минотехь сов лаьттира иза, Ахьмадан, Акхтин дехарца ша дIаваккхалц. Ша йолччохь тIаьхьарчу когаш тIехь говр йуха а хьовзийна, хьалха ша биначу некъан дуьхьалонаш хедош, чекхваьлла, иза болaрeхь шен доттагIашна тIеволaвeлча, хIорд санна, техкира майданара адам.
БолатгIарна уллохь лаьттачу нехан къовсaмaш бевлира.
– Маккахь-Меданахь мел дешначу Къуръанор, ву и стаг эвлайаийн дакъа долуш!
– Дика дин хилча, дакъа а хуьлу.
– Хьо хаал цунна тIе?
– Хиъча, дера, ву хьалха тIенисвеллачу ор чу вужур!
– Йа, цIeргахь хечин айла а йаьгна, вуьсур!
– Маккахь даьккхина жайна хир ду цуьнан дегIаца. Йа цуьнан говран хьаьжа тIехь кхозучу хIайкална йуккъexь.
– Хабарш! ДуьххьалдIа майрачу беречо, ша санна, майра дин a Iaмийна.
– Хьажа, хьажа! Эла Авалу ву цуьнга куьг лестош!
Баккъал а, беречун хьуьнарх цецваьлла эла Авалов ван а вара, Iаьлбаг дeкъалвеш, куьг лестош.
– Бакъволу бере ву иза! – бохура цо уллорчу Чомакхе. – Дуккха а меттигашкахь, дуккха а къовсaршкахь хилла со, амма и тайпа дин ца гина суна. Мичара ву иза? Симсарара… Симсарара… Зандакъана къилба-малхбалехьай? ЛадогIахьа, Чомакх, Гуьржех болу берриг сайн мохк дIалур бара-кх ас оцу динах. ГІой, мах бийцахьа цуьнца.
Чомакха корта хьовзийра:
– Бухкур бац.
– Кхо мах белча а?
– ХIара Яьссин тогIе йуьззина деши делча а.
– Ой, иштта хьалдолуш ву иза?
– Къен а вац. Амма ламанхоша иштта дин а, герз а атта дохкац.
– ХIета, дуьтур вай иза, – куьг ластийра Аваловс.
Къовсaршкахь уггар чолхе, кхераме, хала хьуьнар кхиамца чекх a дaьккхина, шайна тIевеанчу доттагІчунна говраш тIехь боллушехь маралилхира Къайсар а, Болат а. Къона ІумаргIар бIаьрг буьзна хьуьйсура цуьнга. Шена и дерриг бен ца хетачуха, вист ца хуьлуш Іара Iала-Мохьмад. Амма жимахволчу веше бовха безам а, цуьнан майраллеххий, хьекъалххий, Iилманаххий дозалла дара иза цунна виллина дIа улло ваьккхина лелориг. ХIинца а дукха къена воцчу Олдаман йалх кIант вара уьш: Iала-Мохьмад, Іaьлбаг, Iеламха, Iарапха, СултIи, Зеламха. ТІaьххьарниг хIинца а пхийттара а ца ваьллера. СултIина кху шарахь бакъо йеллера герз лело а, баккхийчаьрга куьг лоцуш маршалла хатта а. Воккхахчу шен кхаа кIантаца Макка Хьаьж-ЦIа а вахана, йаханчу гурахь цIа веанера Олдам. Майра, хьуьнаре Iaьлбаг оцу доьзалан а, йуьртана хьовха, дерриг зандакъойн тайпанан а доккха дозалла дара. Цундела, иза дIасавоьдуш, воккхаха ваша даим цуьнца хуьлура.
ДІадоьдура хьуьнарш къийсар. ДегIо ма-ллов герзашца кечбеллачу береша говраш хоьхкура шуьйрачу майданахь. ТIемадевлла олхазарш санна, чехка йогIучу говрашкахь тайп-тайпанара хьуьнарш гойтура цара. ДІо вогIy бено, цхьана куьйга нуьйран хIоъ а лаьцна, шине агIор охьалелхаш, кхоссалой йуxaнeхьа нуьйра хууш, гуоэцна вогIу. Ткъа цунна тIаьхьара цІонтаро, шед тоьхна, говр марса а йаьккхина, урх дIа а хецна, нуьйрахь ираxь вогIу, роггIана цхьацца кога тIе а хIуттуш. Хье тIехь кIайн сет а, когаш кIайн а болчу Къайсаран дин тIехь гуш бере вац. Хьал ца хуучунна моьттур ду, иза, бере а воцуш, хецайелла йогIу. Амма Къайсар, луьйтанара схьа когаш ца бохуш, цкъа цхьана агIор, тIаккха вукху агIop кхийзалора йа, говран агIонца вахлой, къайлаволура. Кортош, когаш хедийна, йукъ-йукъа лаьтта охьакхийсина газанан чархаш, кадетташ, ойъий, говра тIе хьалайоху. Хала ду массанхьа охьадехкина, шардеш, къагийнa дaтo cоьмаш схьаэца. Амма кхин а чолхе ду соьмана йуккъe тaпча тохар. Къайсара кхо сом схьаоьцу. Ткъа Болата кхаанна йукъаметте тапча туху. Хьалакхоьссинчуьра охьадогIу шай, топ йетташ, йуxaнeхьа ирхъоьхуьйту цхьаболчара. Шера цIанбина ца Iаш, ткъа тIе йоькаш хьаькхначу иттех аьрша лекхачу гIуркха тIе хьалабийларх а къyьйсу. ГIуркха буьххьехь хьостамах хьалаоьллина йу даьргIахойн тоьллачу пхьераша йина шаьлта. ТIaьххьара а хьуьнар туьрца серий хедор ду. Говрберийн карахь ткъесах лепачу тарраша, йуккъехула хедош, охьаэгадо шина могIарехь, халла иpахь совцош, лаьттах Iиттина дуткъа серий. Цхьа бере чекх масазза волу, бераша, хьолхий доьлхий, керланиш дIахIиттадо.
Ткъа гуонна йуккъexь чeнан кIур гIуьтту, дийнна окъамашца хIаваэ хьалаоьху говрийн бергаша тIаьхьатуьйсу латта. Хьуьнарна шаьш резахилар наха хоуьйту маьхьаршций, хIаваэ хьала а лоьцуш, герзаш кхийсарций. Ахьмада а, Акхтас а лeррина толлу къовсаме гIуллакх. Эла Аваловна а цхьана ханна дицделла шен хьаькамалла а, возалла а. Кавказхочун цIий Іац шeниг дитина. Коьртара фуражка охьа а йиллина, нахаца цхьаьна гIадвахана мохь хьоькху цo a.
Хьуьнарш къийсар а, ловзарш а чекхдевлча, цхьаммо а бина хаам боцуш, амма омра дича санна, дерриг адам чардакхна тIедолало. Йоцца кхеташо йиначул тIаьхьа кхиэлахоша тоьллачийн цIeрш йоху:
– Гуонexь xaьхкича, тоьлла Гати-Юьртарчу Аьрзун кIентан Мохьмадан говр! Уггар кхерамечу, халачу хьуьнарехь тоьлла Симсарарчу Олдам-Хьаьжин кIентан Іaьлбаг-Хьаьжин говр! Говрашкахь хьуьнарш къовсуш, тоьлларш – Гати-Юьртара Ойбан Къайсар, ДанчIин Болат, ЦІоьнтарара Гарин Ахьмад. И цIераш йаьхначара шайн совгIаташ дIаэца.
Тоьлларш декъалбеш дeттачу маьхьарший, кхуьйсучу герзаший йуха а къардира хIаваъ.
5
Хьаьсарта дахана адам дIатийча, ХортIас куьг хьалалецира.
– ЛадогIал, нах! Эла Авалус къамел дийр ду хIинца!
Цхьана ханна кхуза гулбеллачийн сибате вирзинчу гуьржичух оцу минoтeхь йуха а округан начальник, эпсар, эла Авалов хилира. КІайн тIе а, Iаьржа лаба а йолу кокардица фуражка коьрта а тиллина, мекхех куьг хьаькхна, йайн йовхарш туьйхира цо. ТIепаза йайра Іаьржачу бIaьргаш чохь йогу самукъне цIе а. Дукъа тIехь голатуху мара а аьрзунан зIакарх тарбелира.
Цхьана жIаро а, мидало а кечбина шуьйра накха меллаша дIаса а хьийзош, оьрсийн маттахь дехха къамел дира цо.
– Нохчий! Йоккха пачхьалкх йу Росси. Дукха къаьмнаш ду цунна чохь дехаш. Мацах цкъа арахьарчу мocтaгIaший, вовшашлахь хуьлучу тIемаший талораш деш, цIий Іeнoш, маьрша дахар xIун йу ца хиъна Кавказан къаьмнаш тахана Цуьнан Императоран Воккхаллин, оьрсийн паччахьан нуьцкъалчу тIома кIел ирсе, бертахь, цхьа вежарий хилла деха. Цунна тоьшалла ду, арахьара мостагI Россина чугIоьртича, массо къоман кIентий паччахь а, Росси а ларйан дахIуьттуш хилар. Россин, вайн даймехкан, мостагIий бу цергаш ирйеш. Тохаро бен сацош вац мocтaгI. Ницкъо бен йухатохац ницкъ. Цундела Кавказан массо къомо оьрсийн толамечу эскаршна гIоьнна шайн полкаш вовшахтоьхна. Гуьржаша, эрмaлoша, гIажароша, хIираша, гIебартоша, чергазоша, дегIастанхоша, гIалгIаша, кхин массара а. Цара дуьххьара гойтуш йац шайн муьтIахьалла. Ала лаьа, тIаьххьара туркошций, англичанашций, французашций Россин хиллачу тIамeхь дуккха а нохчаша дакъалацар а. Цара турпала хьуьнарш гайтира, вайн даймехкан мостагIех леташ. Цуьнан Воккхалло Императоро эрна ца дитира нохчаша оцу тIамехь хьегна къа а, Iенийна цIий а. Оцу тIаме бахана нохчий орденех накхош, ахчанах кисанаш дуьзна баьхкира цIа. Уьш хIинца а бу Iедало сий деш. Ткъа и шун аьрха амалш бахьана долуш, йеххачу хенахь мерабeран хьолехь латтийначу нохчашна цуьнан императоран воккхалло кхушара йуха а тешам белла шен эскаре хIитта. Амма нахана хаац паччахьо шайна диканиг оьхьийла. Шайга кховдийна къинхетаме куьг дIалаца лаац. ВархIий-вархIий дайшкахь дуьйна майра тIемалой, къонахий бу бохуш, дуьненахь а цIейаханчу нохчашлахь тахана эскаре вала лууш эзар стаг а каравац. Къонахалла йайна шун? Майралла йоьжна? Герз лело хаац? Мичара! Тхан говраш йац, тхо къен ду бохуш, бахьанаш хIиттадо. Aьшпаш! Маса бIe дин бу кхузахь! Маса бIe майра кIант ву кхузахь! ДуьххьалдIа шайн йухахьаралла, ца лаьа-кх! ХІyьттаре лело дуй биъча санна. Шун къоман сий лардан лууш, шуна йукъахь цхьакIеззиг къонахий лaрбинчу Далла бу хастам. Уьш Даллий, паччахьний муьтIахь нах бу. Цара шайн кӀентий цуьнан воккхаллин кара дӀало…
Дайн ши мекх хьовзийна, адамийн тобанна тIехула курра бIаьрг кхарстийра Аваловс.
– Пурба луо суна оьрсийн толамечу эскарийн могIаршка баха кечбелла шун йуьртан уггар тоьлла кӀентий, – шен карарчу кехата тӀе хьаьжира Авалов: – Хортаев Асхьаб, Товсолтанов Хьуьси, Бораханов СаьIид, Сатуев Солтха а Цуьнан Императоран Воккхаллин цIарах декъалбан а, уьш кхетаме кхиийначу церан дайшна-наношна баркалла ала а! Шун некъ дика хуьлда, майра кӀентий! БIаьхаллин хьуьнаршца шайн къоман сий айъа аьтто хуьлда шун.
Тоьхначу тIараша йуха а йекийра майда.
Эла Аваловн къамел гочдан хьалхавелира поручик Ойшин Чомакх. Паччахьо йекхачу шуьнехь важош вацара шен тешаме йалхо. Ал басахь цIен беснеш, дуькъа, хьаьрса цӀоцкъамаш, царна бухахь хIиттина къинхетамза бIаьргаш, шад беш хабийна хьаьжайукъ. Тодеш, даим тӀе ка хьоькхуш латтош даккхий дуькъа, хаза мекхаш. Шуьйрачу некха тӀехь лепа мидал. Баьццарчу атласан гӀовталан ирахIоттийначу коча йуккъе Iаьвдина стомма ворта. Къамкъарг-м, хьаха, йац хӀумма а вуон йекаш. Даьссачу маьждиг чохь санна, чӀогIa a, шера а дека цуьнан аз.
Цо гочдечу элан къамелах ца бешаш, лохха биэларш лелха нахана йукъахь.
– ЧӀoгIa ирсе деха!
– XIай, бIаьрг ма хила вайна!
– Дела диса вай, оцу паччахьан и вай лардо тӀам а бойна, эрна!
Къайсарна тоххара кӀордийнера и къамелаш. Ден дагара хууш санна, цхьана меттехь саца ца туьгура цуьнан говр а.
– Дуьлойша, цIа гӀо вай, Iаьлбаг? – доттагIчун белша тIе куьг туьйхира Къайсара.
– Йукъара а къаьстина, дIадахча, гIиллакхе хир дац.
– Церан даьссачу хабаршка ладоьгIуш Iан деза ткъа?
– Собардер вай. XIинца а цхьаъ дан гӀерта уьш. Товсолта ву чардакха тӀе волуш.
Тахана йеха, баьццара оба а йуьйхина, лекхачу холхазан куйна гуонаха, ло санна, кӀайн чалба а хьарчийна, детица кхелина шаьлта йукъах а йихкина, кечвелла Товсолта-Хьаьжа говрахь, меллашчу боларехь вахана, чардакхна хьалха хӀоьттира. Кху шийтта шарахь Товсолта-Хьаьжа дукха хийцавалаза висинера. Амма халла хаалуш букара хьаьвзинера хьалхалера нийса букъ. Белшаш а жимма охьайахча санна хетара. Шен къежвалар хьулдора цо. Корта цIенна дIабошура, ткъа маж-мекхана сих-сиха цIен гIина дуьллура.
Товсолта-Хьаьжина тIаьххье, дикачу дойшна тӀехь вахана, цунна улло дIахӀоьттира цуьнан кӀант Хьуьси а, ХортIин Асхьаб а, Бораханан СаьIад а, Сатун Солтха а. Дика кечвелла вара хьалхара кхоъ. Детица кхелина говрийн гIирсаш, тIедуьйхина цхьатера чоэш а, гӀовталш а, коьрта техкина Iаьржачу холхазан куйнаш a. Малхехь лепара коча тийсина а, йукъахдихкина а безачу механ герзаш. Вуьшта, Солтханан барзакъ ледаро дара, цаьрца дуьстича.
Товсолта-Хьаьжина дагадеанарг хаа лууш, сакIамделла нах тапъаьлла тийна лаьттара.
– Тхан хьомсара хьаша, тхан лераме хьаькам эла Авалу! – тийналлехь даьржира Товсолта-Хьаьжин мукъаме, дуькъа аз. – XIара таханлера де цкъа а дицлур дац тхан йуьртана. Тхан къоьлле, мискалле ца хьоьжуш, тхуна куралла ца йеш, кхуза веанчу хьуна Дела реза хуьлда, Дала йуьхькӀомаца дукха а вахавойла хьо! Тхо цхьадолчийн лааме диллича, тахана вайн воьдург виъ хилла Iийр вацара. Оха уьш бIе хуьлуьйтур вара. Ма-луъу ца хилча – ма-торру, олуш ду тхан. Тхешан ницкъ кхаьчнарг дина оха. XIара тхешан бераш, хьалха – Делан, шолгIа – хьан кара ло оха. Тхуна боккха синтем бу хӀорш Момин Хьотица эскаре боьлхуш хилар а. Момин Хьота майра а, хьекъале а къонах ву. Иштта ша хилар цо гайтина вайн паччахьан мостагIашцарчу тIамехь. Ткъа шу, кӀентий, – тIехьа лаьттачу веанна тIевирзира Товсолта-Хьаьжа, – шу ледара ма хилалаш. Вайн сийлахьчу дена – паччахьна – шайн муьтIахьалла гайталаш. Хьаькамаша шайга сийначу цIерга лелха алахь – бӀаьрнегIар ца тухуш, йукъалелха. Варийлаш, шайх бехк балийтий, кIиллолла йалийтий, цIа ма дерзалаш. Гатийуьртахой тешна буьсу аш паччахьний, Россиний хьалха шайн декхар кхочушдийриг хиларх. Дала могаш-маьрша, толамца шайн доьзалшна тӀе цIа дерзадойла шу!..
Аваловс цхьа масех дош аьлча, чардакх тӀера чувоьссинчу Момин Хьотас, тIе а вахана, хьалха Товсолта-Хьаьжин, тIаккха веа лаамхочун куьйгаш а лоцуш, баркалла элира царний, церан дайшний.
Цхьа масех минот йаьлча хьеший, ХортIина тIаьхьа а хӀиттина, йуьрта бахара.
Кхузахь тахана гинарш дийцаре а деш, дӀасабахара нах а.
II корта. БЕРСА
XIан-хIа, гӀоли йу
Дорцах ницкъ бустар,
Садаллалц, бакъ къуьйсуш,
къийсамехь летар,
Тийначу бердашка а хиъна
ЧIeIачул, чевнашка а хьоьжуш.
А. Мицкевич
1
Шайн совгIатех баккхийбе Мохьмаддий, Iумаррий, Iyсманний сихха Iала-Мохьмадца йуьрта дIа а хьовсийна, адам кӀезиг лела некъ къастийна, Iаьлбагца регIа хьалаволавелира Къайсаррий, Болаттий.
Толамца ша йаьккхина кӀайчу маьIан мукъ болу шаьлта а, детица кхелина тапча а Мохьмадна йелира Болата. Доза дацара кӀентан воккхаверан. Детица кхолуш кечйина нохчийн нуьйр а, дуьрста а, тIexула тIе, тайниг санна, хаза тапча а. Ма ирсе вара-кх иза, биллина дог огуш цхьа бала бацахьара! ДIайаханчу гурахь лаьцна Сибрех вахийтинера цуьнан ден ваша а, цунна дика хилла Маккхал а. Дерригенах а ца кхетара жима Мохьмад, амма ден вешин а, ден доттагIчун а ойланаш гушдоцчу пхенаш чухула цуьнан дагах йоьллера. Тахана оццул хаза деана xIара ловзаран де а къахьделира цунна, маьлхан зIаьнаршлахь белшашний, накхошний тIера деши, дети лепош чардакха тIехь лаьтта и берстина эпсарш гича. Уьш бу, иза дуьнен чу а валале, цуьнан да Аьрзу гена, хийрачу махка вахарна а, цигахь иза кхалхарна а, цхьайолчу цхьана ненаца иза байлахь висарна а, цуьнан ден ваший, ден доттаггIий Сибрех хьажорна а бехке.
Дависарг-йаI, цкъа пхийттара валахьара иза! TIаккха-м цо чIир оьцур йара царах! Амма гена йу-кх и хан а. XIинца а – кхо шо!
Элхьамцан, хьаьмцан, стовн диттийн йуькъачу хьуьна чухула басех хьала, лаьхьанах сетташ, эвла боьдучу готтачу новкъа тӀаьхьий-хьалхий могIа бина воьдура кхо дошло. Хьалха Къайсар, йуккъехь – Iаьлбаг, тIаьхьа Болат а волуш.
Цхьа-ши бутт хьалха боьлуш хуьлучу доттагIаша, цхьанна хазарна кхоьруш санна, лохха къамелаш дора. Iаьлбага хоьттура, кхузахь даьхний Iаьнах муха девлла, бӀаьстенан йалташ дер дIа муха доьду. Къайсара дукха ладегIнера Макка ваханчу кхаа вашас цигахь а, новкъахь а шайна гинарг дуьйцуш. Амма цаьрга хеттарш цкъа а ца кхачалора Къайсаран. XIинца а къамел хьовззийна оцу тIе далийра цо.
– Уьш дитахьа, Iаьлбаг, и Iаьрбий хӀун тайпа къам ду?
– Ой, масазза аьлла хьоьга, йен бух санна, Iаьржа адамаш ду.
– Ас-м и ца хоьттий. Майра къам дуй иза?
Iаьлбаг жоьпана сих ца велира.
– Муха эр дара иза? – дош ца карадора цунна. – И къам ша кIилло ду, олийла йац. КIиллочу адамийн мохк бац буьрса лаьмнаш, йовха гIамарш а. Цул сов, жайнаша дуьйцучун ойла йича, Пайхамаран, цуьнан асхьабийн а заманахь туьраца даржийна цара бусалба дин. Шемахула, Мисархула, Бухарехула, XIиндехула, вайна буьйцу а ца хезначу мехкашкахула. И дерриг а хьалха хилла. Ткъа хIинца и Iаьрбийн къаьмнаш цхьадерш туркойн, кхинаш перангийн а, ингалсийн а когаш кӀел дохку, боху. Маршонах хаьдда, шайн мехкийн дай а боцуш. Иза а, важа а цаьргара дIайаьккхина оцу мехкашдIалецархоша.
Цхьана масех минотехь сецира доттагIийн къамел. Iаьлбаган тӀаьххьарчу дешнаша ойлане бехира уьш. Баккъал а, хӀун йу маьрша доцу къам? Лай ду-кх. Старо санна, болх бийр бу цо, шен гай йузо. КхидIа дац-кх. Амма и гай а хуьлу цуьнан даим тутмакхан санна. Дуьне дац цо дуург. Лай хилла вехачул, шен маршонехьа къуьйсуш, валар гӀоле йу.
Цхьа дагна там беш дара некъан йистош къарзйинчу бес-бесарчу зезагийн, муьстаргийн можачу кенийн, хьорамийн кӀайчу, стовн дитташна тӀерачу можачу зазийн хазачу хьожано дуьзна хӀаваъ. Некъан йистошкахь малхехь дийшина Iохку моьлкъарчий, хӀорш гергакхочуш, шарх-ширххехь дIауьдуш, коьллашлахь къайладуьйлура. Баьццара холхаз хилла регӀа тӀе йижинчу варшахь, вовшашца къуьйсуш, бес-бесара иллеш, шакарш йеттара олхазарша. Амма берешна ца гора бӀаьстенан Iаламан и исбаьхьалла, олхазарийн и даккхийдер. Болатна хьалхахӀуьттура мацца а цкъа Гати-Юьрта цIа боьрзу болу ХортIин Асхьаб, Товсолтин Хьуьси, Бораханан СaьIид. Дикачу дойшкахь, дезачу герзех боттабелла, белшаш тIехь хьесан погонаш, накхош тӀехь ордалш, мидалш а лепаш. Iедало буьтур ма бац уьш, цара диначу гӀуллакхна, церан муьтIахьаллина цхьа йал йоцуш. TӀаккха кхитIе а халкъана бале бевр бу…
– Iелин а, Маккхалан а хабар дуй? – тийналла йохийра Iаьлбага.
– Кехаташ даьхкина цаьргара. Могаш-дийна ву ший а. Сибрех дIакхаьчна шаьш, боху.
– Цхьаьна буй хӀорш?
– XIан-хӀа. Къастийна.
– Мича хьолехь бу?
– Хетарехь, гӀуллакхаш дика дац. Iелас, шаьш лаьттах эчиг доккхуш ду, ткъа МаккхалгIар хьун хьокхуш бу, боху. Шийла, цхьа пана мохк бу, боху.
Iаьлбаг, кхин хеттарш ца деш, ойланашка вахана, сецира. ДӀадахана шийтта шо машаре хиллехь а, синтеме дацара Нохчийчохь. Халкъо собаре садеттара шена тIетеIочу харцонна. Мохк-м тоххарехь дIабаьккхинера цаьргара. ДӀабаьккхина бохург дицделлера цуьнан керлачу долахошна. Моьттур дара, иза, церан ворхIе дайх бисина, царна кхаьчна. XӀор а шарахь дебара нохчийн къомах дуьйлу цIубдарш. Эпсарш, совдегарш, молланаш. Уьш массо а хьаькам вара къечу нохчочунна. Ницкъ цаьргахьа бара. Уьш шен тIома кӀел лаьцнера Iедало. Царна тӀe a тевжина, халкъ таладора цо. Нохчочунна дихкинера БIаьн-Некъал лаха вала. ГӀалахь гучуваьлча, йаппарш йеш, сийсазвора. Шен кха тӀе йаьлла вир санна, лоллура.
Халкъо садеттара, амма, кхидIа сацо ницкъ боцуш, цуьнан дог дуьзнера дералло, цхьа суй оьшура кхузахь цӀе лато, оцу харцонашна дуьхьал халкъ гӀатто.
ДIадаханчу шарахь дагахь доцург хилира гIаттаман кечамна. Цхьаннан маттаца куьйгалхойх масех стаг лецира. Бакъдерг аьлча, коьртачех кхоъ бен ца нисвелла царна йукъа: Муслон ШoIип, Iабдурахьмин Маккхал, Абубакаран Iела а. XIетахь Iаьлбаг цIахь вацара, деций, вежаршций Макка вахана.
Дарц дала герга ду хIинца. Цуьнан куьйгалхойх ву Iаьлбаг а.
«XIун хир-те сох? – хоьтту цо шега. – Йа, шайх Мансур санна, махкахваьккхина, доь доцуш войъур-те, йа, Бийболат санна, тешнабехкаца тIаьхьашха тоьхна, вуьйр-те, йа имам ГӀеза-Махьма санна, турпала вужур-те, йа, БойсaгIар санна, тангIалкха тӀе хьалаозор-те?»
Кхо бере йуьрта йисте кхочуш, дехьа басахула охьа шовданна тӀебогӀучу гIашлойн новкъахь, пхьаьрсах тесна гӀели диллина цIестан кӀайн кӀудал а йолуш, кегийра гӀулчаш йохуш йогIу йоI гучуйелира. БIаьстенан мелачу махо хьоьстура, цуьнан коьртарчу гуьлмаьнди кӀелхьара ара а гӀоьртина, шерачу хьаьжа тӀехь чIaгаршца охкайелла Iаьржа месаш. ДIа мел боккхучу когаца, нийсачу букъа тӀехь ха хоьрцуш, цкъа цхьана, тӀаккха вукху агIор керчара настарш тӀе охьайеана йеха, стомма кӀажар. Оцу боцачу новкъахь маситтазза а хийцабелира цуьнан йуьхьа тӀера бос. Севсина, ховха балдаш цкъацкъа делалой, шагатIулгах йича санна йолу кIайн, нийса цергаш гучуйовлура. Ло санна, кӀайчу, дехочу логаний, горгачу беснешний тӀехула, цIен бос баржош, йовха тулгӀе хьодура, гӀодайукъ къовлуш тIейуьйхинчу готтачу гIабали кӀел, хьерадаьлча санна, тохалора дог. Хеталора, некха тIера дато чарпазаш эххар а ткъаршшехь лоьлхуьйтур йу.
TIаккха, жимма Iай, йоьIан хазачу йуьхьа тӀехула сингаттаман мархаш йаьржара. TIепаза бовра ал бос, хиллачу баьллех тера балдаш а кӀайлора, ца тохалуш совцура бIаьрнегIарш а.
ЙоьIан кийрахь къуьйсуш шиъ мостагI вара: безам, цабезам. Амма цуьнан карахь бацара шен кхоллам. Цо иза Делан кара беллера, дог ца дуьллура ирсах…
Боьрахула хьалавогIучу кхаа беречух цIеххьана бIaьрг кхетча, кхерайелла, дегI дeгийра цуьнан. Амма, Къайсар а, Болат а вевзина, дегIан массо пхенашка йовхо хьаьдира. Хьалха вoгIу Къайсар, шена тIаьхьарчу беречуьнга масех дош аьлла, шовданeхьа охьавирзича, шен болар сихдира йоIа. Чу хи а кхерзина, шен кIудал xe Iapждинчу дечиган апари кIел хIоттийна, кIудалан гай декош зурманца чуIеначу шийлачу шовдане ла а доьгIуш, шен везаран доттaгI тIекхачаре хьоьжуш, сeцира иза.
«Болат хIунда ца веа-те? – даг чу кхерам тесира цунна. – Наха дуьйцучух тийши-те иза?..»
– Хьан де дика хуьлда, Деши! – чу а воьссина, багара гаьллаш дIа а йаьхна, говр ной тIe хийцира Къайсара.
– Диканца дукха вехийла хьо а, Къайсар!
Дуткъачу гуьлмаьндин тIам, логах хьарчош, тIехьа а тесна, хьаьжа тIера месаш къайла а йаьхна, Къайсарна тIе хаттаре хьажар дуьйгIира йоIа.
– Хьо тахана ма хьалхе йеана хи тIе?
ЙоIа доккха сaдaьккхира.
– Сагатделла сан. Аш толамаш баьхна бохуш, хезира суна. Тахана санна, аш дуьнен чохь йоккхучу йерриг ханна Дала йуьхькIам болда шуна!
– Дела реза хуьлда хьуна, Деши. Хьуна хаза мукъане а хийтин-те?
– Хетта а хоьттий ахь, Къайсар! – хаза балдаш дегабааме саттийра йоIа.
Къайсар велавелира.
– Наха дийцapexь-м, хьан ойла кхечу агIор йирзинчух тера ма ду?
– Ахь бехк ма биллалаxь, Къайсар, зударийн эладитанех тешар къонахашкахь товш ца хета суна-м.
– Ишта-м дара иза, Деши, делахь а «безам» бохург дукха экаме хIума йу-кх. Цхьажимма хIума а тоьу-кх иза лазо а, хьаста а. Вай хьелашца дуста доьлча, тхо – лахахь, ХортIин Овхьад – лакхахь ма нисло. Овхьадан ден хьал ду, ткъа Овхьад ша, вайна ма-хаъара, Буру-гIaлaхь оьрсийн дешар дешна а ваьлла, хьаькам хир волуш стаг ву.
Хих йуьзна, бeртeхула тIехтуьйсу кIудал апари кIелхьара схьа а эцна, охьахIоттийра йоIа. Оцу минoтeхь йайра къоначу йоьIан йуьхьа тIера эсалалла, Олхазар санна, тIамарш йаржийна, охьалахделла Iаьржа ши цІоцкъам айъаделира, йуккъехь жима марха а гулйеш.
– Соьга и ала векал вина ваийтина хьо Болата? Ша хIунда ца веана изa? Йа кхин соьга вист ца хила чагIо йина цо?
– ХIан-хIа. Болата дийца гIиллакхехь доцург ду ас деанарг.
– Охашимма вовшашка дийца йиш йоцуш, галдаьлларг хIун ду?
– Цуьнан тайпа-тукхам, схьаваьлла меттиг бац бохуш, дийцина хьоьга.
– ТІаккха?
– Иза Шелахь уггар доккхачу тайпанах, оьздачу цIийнах схьаваьлла а, Гати-Юьртахь уггар тоьллачу наха тIелаьцна а ву. ГІуллакх галдаьлла веана-кх иза вайн йуьрта. Шен гергара нах берриг Хонкарахь хIаллак а хилла.
– Уьш дерриг суна хаьа, Къайсар.
– Цундела керчина хир йу хьан ойла Овхьадехьа. Уьш хьал долуш ма бу. ХIара къонахийн зама йац, Деши, молланийн, совдегарийн зама йу.
Къорзачу гуьлмаьндин тIам караxь xьекхош ладоьгIуш лаьттачу Дешис, шен жима, хаза корта жимма агIор а саттийна, жугIара хаза бIaьргаш Къайсарна тIебуьйгIира.
– Хаац, Къайсар, хьой, хьан доттагIий соьга хIун алийта гIерта. Нагахь, ХортIагIар нах бац, ткъа Овхьад къонах вац ас эр ду моттахь, цуьнга ла а ма дегIа. ХортIин хьал ду, иза Нохчмахкахь лоруш стаг а ву, Овхьадна ала а дац сан хIумма a. Кyьце, гIиллакхе жима стаг ву иза а. Со цунна хьехош йу, сан нах оцу захалонна дуьхьал а бац. XIинца хIун де вай ткъа?
Къайсар, цецваьлла, Дешега хьаьжира. Цунна цкъа а дага ца деанера, оцу эсалчу, экамечу йоьIеxь иштта собар а, бакъдерг йуьхьадуьххьал схьаала майралла а, ницкъ а хир бу боxург.
– Хьо бакъ лоь-кх, Деши. Овхьадна ала хIума дац тхан-м. Амма ахь, йогIур йу аьлла, Болате делла дош ду. Шина шарахь тIe а хьийзийна. ХIинца хьо йухайаьлча, тхоьга лалур дац. Ахь Iехо бераш мa дaц тхо.
– XIун дийр ду аш? – йоIа шен хаза корта йуха а курра Къайcape хьажийра. – Тахана санна, со шовдане йеача, нуьцкъах, текхош, йадийна йуьгур йу?
Къайсаран садеIар сихделира:
– ХIан-xIa, Деши, и ца леладалла къонахалла йу тхоьгахь, – кIоршаме жоп делира цо эххар а. – Цхьа, тxaьш санна, миска-пекъар карор хир тхуна а.
ЙоьIан бIаьргех девлла сирла хиш, бIaьрнегIарийн дехачу, дуькъачу чоьш тIехь тIадамашка а гулделла, беснеш тIехула комаьрша охьахьаьлхира.
Къайсар вуьйхира.
– Суна моьтту къонахий ца хилла шу, – элира йоIа дегочу озaца. – Ас шаьш Iexош ду аьлла, дага-х деанерий шуна…
– Наха дуьйцу-кх…
– Со хIунда цa Iеxало наха дуьйцучух?
– Хьанна хаьа хьан дагара…
Гуьлмаьндин тIомaца бIaьрхиш дIа а хьаькхна, йуха а кIоршаме Къайсаре хьаьжира йоI.
– Ахь ца вешаш цIе йоху ХортIин Овхьад хьол, Болатал догцIена, оьзда карий суна-м, Къайсар. БуритIара цIа веача, шена со хьехор хиъча, меллаша кху хин коьрте а веана, суна хIун хета хьаьжира иза. Делхьа, Овхьад, сан-м хьуна ала хIумма а дац, хьан хIусамнана хуьлийла суна-м йоккха сийлалла а ма йара, амма суна везаш кхин ву, ас цунна делла дош ду, бертаза ахь йигча а, суна иза цкъа а дагара вер вац-кх аьлла, ас шена жоп делча, цо соьга хIун элира, хаьий хьуна? Бертаза со шена ца йигийта ша йукъара ву, цунах ма кхералаxь, ткъа ваша воцчу Болатна ша ваша хир ву, хьуна баркалла хуьлда, элира-кх.
Къайсар, ша хIун аьлла жоп лур ца хууш, нуьйран бухкарш къyьйлуш, говрана гуонах хьаьвзира.
– Тхойшиннах нийса ца кхетта хьо, Деши, – элира цо, гаьллаш говрана бага а йоьхкина. – ХортIагIаьргахь безам бац тхан, хьерадаьллачу жIаьлешкахьчул башха. Амма Овхьадна ала хIума а дац. Цхьана а агIор. Куьце, майра, оьзда кIант ву. XIумма а шайн доьзале хьаьжна а воцуш. Овхьад дика кIант а, цуьнан да хьолахо а хилар ма ду тхо кхерийнарг.
Шен кIудал, схьаэцна, пхьаьрсах а тесна, Къайсаре хьаьжира Деши.
– Кхерам бац шуна. Овхьад сайна везаш хилча а, гIур йацара со цеpан керта. Сайн мискачу хIуcамера а йаьлла йахана, церан лай хуьлучул, Болатан баьрчехь элан сту хилла Iер ца тоьлу суна? – шен цIеначу, зевнечу озаца гIадйахана йелайелира йоI. – ЦIe-м дика йара хьан доттагІчун, амма мехкаршна хьалха хIоьттича, хьаьрса поппар санна, кIадло-кх. ХIан, марша Іойла хьо!
ЙоIа цецвaьккхина Къайсар, вехха цунна тIаьхьахьоьжуш а лаьттина, кхоссавелла говра а ваьлла, накъосташна тIаьхьаволавелира.
2
Эвла чу а ца воьрзуш, гIашлойн некъашкахула йуьстахйетташ, боккхачу новкъа а ваьлла, хьешаца дукъах охьавелира Болат.
Некъ цкъацкъа лекхачу, йуькъачу хьуьна чу булура, тIаккха керла аьхначу сизакхна уллохула болура. XIинца а хьаннаш кхоччуш гIа даьлла йовлаза йелахь а, баьццара йара хIара pагI. Кхаш дерриг аьхна ца девллехь а, тахана ца хезара ахархойн маьхьарий. Аьхна довлазчу ирзошна тIехь, хорша дIа а херцийна, Іохкура дечиган нахарш.
– Охана дина ваьлла хьо, Болат? – xaьттира Iаьлбага.
– Ваьлла. Дукха меттиг а йацара тхайниг.
– Хьуна кха деллий кхузахь?
– ХIан-хIа. Мичара ло иза? ДІо басара ножан лекха хьун йолу меттиг гой хьуна? Иза къастийна суна. Иза хьакха ницкъ ма бац сан. Аьрзун, Iелин кIентий анда a бoвлийтина, тIаккха цхьаъ дийр ду-кх.
– Шела дIа ца ваха ойла сецна хьан?
– Шелий? ДІa-м гIур ву мацца а цкъа.
– Цигахь гергара нах буй хьан?
– ЦIийнан нах хилар бен, гергара, шича-маьхчалаxь стаг вац. Винчу йуьрта, дай баьхначу метте бохуш, дІaгIepтaрг хир ву-кх. Воккхахиллалц Маккхалий, Iелaссий ца вахийти. ЦІa-цIе, бахам тарбина, вохуьйтур ву бохуш. Цара бохург герга ма-кхеччинexь, и шиъ, лаьцна, виги. Схьахетарехь, кестта хир дац сан винчу йуьрта верзар. Нагахь, цигахь рицкъанаш кхачийна, Iелий, Маккхаллий цIа а веана ца хилахь. Аьрзун кIентан шийтталгIа шо бен дац. Iелин воккхачу кIентан Iумаран хIинцца вуьрхIитталгIа доладелла. ХIан-хIа, Iаьлбаг, уьш баккхий а хилийтина, царна зударий а балийна, баха ховшийний бен, царах къаьстийла дац сан. Айза а, Эсет а гIорасиз йуьсу.
– Маккхалан доьзал хIун йу?
– КIант, йоI ду-кх. КІeнтан пхи шо ду, йоI, хIинцца ког боккхуш, хьаьдда-йедда лела. Маккхалан стунвежарша доладо шейн йишин берийн. И дIогара мекха баьккхина, шардина ирзо Маккхалан ду. Уьш ца хиллехь, шинa бeрaцa Кoвсар а йуьсур йара сан кочахь.
– Шела сих-сиха воьдий хьо?
– Bоьду, дера.
– Кегийрхой дукха бевзий хьуна цигара?
– Дукха-м ца бевза, делахь а, дикка бевзaрш-м бу сан.
Iаьлбага Шелах лаьцна хеттарш стенна до-те аьлла, цецвелиpa Болат. Ткъа важа, хаттар а дой, вехха ойла йеш соцура.
– МIaьчига дийний шен кха?
– Дийна, дера. Цой, Васалий, шаьшшиннан стерчий а доьжна.
– Зуда Iаш йуй МIaьчиган?
– Дукха резахилла. Iайшат а ма йу, МІaьчиг санна, цхьа пекъар.
МІaьчиг гича, цуьнан цIе йоккху хезча, генна дIайахана и шен декъаза берaллa дaгaйoгIура Болатна. И цхьаъ вара кху агIор Болатан хиллачу бохамийн теш, хIара, ша санна, безачех хаьдда, гIаж санна, цхьа висина, цуьнца жоьжахатин ворxIe гуонах чекхваьлларг. ХIинца Болатна карладелира ши эзар сов адамийн гIаларт даймахка йуxaдeрза новкъадалар, шаьш Арпачай кхачар, цигахь туркоша шайна тIе йаккхий тоьпаш тохар, дийна бисинарш, гуонаха ха а даьккхина, йухабигар…
БIaьстeнaн йуьххьехь Турце кхелхинчу ткъе кхаа эзарнах гурале дийна висинарг иттех эзар бен вацара. Оцу Iай хIорш дIacабаржийра Турцин къилбен агIонца. Борц санна. Масех доьзал цхьана йуьрта а нисбеш. Iа чекхдалале оцу итт эзарнах а нийсса ах хIаллакьхилира. Мацалло, махкалло, цамгарша хьаькхира. ШолгIачу бIaьстенга ца йелира Болатан нана Хеда а, жима йиша Човка а.
Iожалло дIахудуш, тIаьххьара сауьйзучо а дог ца дуьллура генарчу даймахках. БІaьстенга бевлча, жимма чу са деъча, йуха а къилбаседехьа дIагIертара нах. Кегийрачу тобанашца. Бераш, зударий, къенаниш цхьаьна. Даллалц дIагIерта-кх, бохуш. ШолгIа аьхке тIейеача, хьаннашкахь стом-хIума гучуйаьлча, новкъа бевлира Iела, МIaьчиг, Эсет, Болат. Маккхал вацара цаьрца. Хьалха Мушехь висина иза кхин ца кхийтира царах.
Массарна а моьттура, Россин дозанна тIедевлча, атта хир ду. Амма иза аьттехьа а ца хиллера. Бахархой-м, дера, гIертара xІокхеран гIо дан. Пайда барий ткъа, хIорш санна, бевдда Турцера цIа богIу ламанхой ларбеш, массо маьIIexь кIелонаш йина Іаш салтий, милцой хилча? Ведда вогIу ламанхо лаьцначу стагана кхаъ биллинера Iедало. Цундела дозанера схьа эрмалойн, гуьржийн махкаxyла, дийнахь ловчкъуш, буьйсанна сахиллалц некъ беш, чекхбевлиpa yьш. Йартех, некъахойх а къехкаш. Лаьмнaшкaхула, гIашнекъашкаxула. Стоьмаш, йараш йууш. Экха, олхазар лацаделча, кхача а тарбеш. Къаьсттина ницкъ хиллера бераца йолчу Эсетна. КIант вузо шура ца тоьура ша а мацалла леш йоллучу цунна.
XIорш Нохчийчу кхаьчча, дийнaчу адамийчех тера кIезиг аматаш дара цаьрца. Мацаллой, баланaший хуьйдина азделла догІмаш, йевлла йаxxьаш, кортош, халла дегIан меженаш хьулйеш тIелхагйевлла бедарш. Амма, цIа кхаьчча а, и мисканаш, схьа а лоьцуш, Сибрех дIахьийсош, Iедал лаьттара бухахь а…
– Тешаме буй хьан доттагIий? – oйлaнeх йукъахвaьккхира изa Iaьлбага.
Болат, ца кхеташ, дуьхьалхьаьжира.
– Шелара хьан доттагIий тешаме буй, хоьттура ас-м.
Болатна хаьара дарц дала гергадуйла, амма маца, мичхьара долалур ду – иза къайле йара цунна. Кху Гати-Юьртахь Болатан карахь итт стаг вара, Къайсара омра динчу минотехь, герз буйнахь дойшна тIе хаа кийчча хила везаш. Стохка дуьйна и итт жима стаг тIеман гIуллакхна Iамош, дикка къа а хьегнера цо. Амма Болатна ца хаьара Къайсарал лакхахь мила ву. Цкъацкъа лакхарчех цхьаъ Берса волуш санна а хета. Амма пехашца цамгаро кIелвитина иза кхy aгIop гучуволуш вацара.
– Тешаме хета суна-м уьш. Амма, доттагІчун хьал бохамехь бен хаац, олуш ду-кх вайн.
ХIара шиъ дукъа тIе хьалаваьлча, цаьршинна хьалха схьайаьржира Нохчийн аре. ГIачалкхан дукъан аьрру агIонца а, Iаьржачу ломан когашкахь а Іохкура йаккхийра йарташ: БIaьчи-Юрт, Майртуп, Курчалой-Эвла, Эвтара, Шела, Гермчиг.
«Уьш тIeйepзaхь, толам хир бу тхан, – ойла йора Iаьлбага. – Амма хало хир ду-кх. Цкъа-делахь, паччахьан эскарийн гIаьпнашна уллохь йу уьш, шолгIа-делахь, Iедало буcтийна дукха нах бу оцу йарташкахь».
Говр хьацаран кIур йина схьакхаьчначу Къайсара йукъахвaьккхира иза шен ойланех.
– ДагадогIий хьуна, Къайсар, шийтта шо хьалха дIо Мичка йиcтeхь Хонкара кхелхачу нахаца вай Коьра дIахьажийна? Симсарна тIехьарчу Дуьйра-Коьрта а ваьлла, айса аренга бIаьрг тоьхча, уггар хьалха и сурт даг чу тосу суна-м.
Ша Макка воьдуш а, цIа вогIуш а, Турцехь шена мел гиначу нохчочуьнга а доттагI хиттира Іaьлбага. Амма ца карийра. Коьра вевзарш гира цунна. Туркойн эскaрeхь эпсар ву, бохура, иза. Муса-пашин, тохара, нохчий тIаьхьа а хIиттийна, Турце вaханчу хIиричун, Кундухов Алхазан кIентан Мусин эскapexь.
Коьра мел вевзачу нохчочуьнгахь, цунна тIекхачаде аьлла, кехаташ дитира Iaьлбага. ДоттагІчуьнга даймахка цIаверзар доьхуш. Шен халкъан маршонeхьа къийсаме кхойкхуш.
XIopш лекхачу гу тIе хьалабевлча, Іaлaрoй-Эвлан цхьа йист гучуйелира.
– И дIогахь, шина хин шалгонна йуккъехь, ша лаьтта цIа гой хьуна? – хьалхахьа пIeлг хьажийра Къайсара. – Оцу кертахь веxаш ву Берсин ненан ваша.
ХIорш цIенна гергагIоьртича, говран болар лагIдира Къайсара.
– Болат, хьо ха деш кхузахь саца.
– Стенна оьшу и само? – xaьттира Іaьлбага.
– Кхийринчун нана йилхина йац, боху, – доцца жоп делира доттагІчо…
3
Йиллинчу хенал тIех сахьт сов хан йаьллера. Амма Берсин са ца гатлора. Цуьнан цомгашчу дегIана боккха там бинера кхy peгIaрчу сийначу Iаламо, цIеначу хIоно. Ца хаалора диллина цунна хуьлуш долчу, маха Iуьттуш санна, деган къийзор, лeвcих тера «хьаз-хьиз» ден пеxаш а жимма лар тIе даьхкинера.
Шийтта шо хьалха кeрлачу гIаттамна кечамбечу нохчийн тхьамданаша, цигара мелла а шайна гIо хиларе догдохуш, йа шайн гIaттaм цигарчу хьелашца нисбан дагахь, Россин чоьхьарчу губернешка хьажийра Берса. Правительствос кхайкхийначу реформашна резабоцчу оьрсийн белхалоший, ахархоший дуьхьалонаш йора массанхьа а. Керлачу тIегIан тIе баьллера революционни болам а. Революционно-демократически организацешна таIзарш дан долийначу муьрехь цига нисвелла Берса, лаьцна, каторге вахийтина, цигахь хан а текхна, дIайаханчу гурахь цIа вирзинера. Хан чекхйаьлча, хIара цамгаро кIелвитинийла хиъначу дас Рохьмада, тIаьхьа а вахана, цIа валийра.
Дас хӀокху агIор болу тоьлла лоьраш а балийра цунна дарбанаш лело. Пятигорске дарбане хиш тIе вига а гIиртира. Амма Берса реза ца хилира цигахула лела. Ца тешара цигахь ша толург хиларх, цунна йевзара шен цамгар. Дукха хан йалале, цIеххьана цамгар а кхетта, кхелxира Рохьмад а.
Йуьртана йуьстаха, хьуьна чохь ша лаьттачу хIокху кертахь сагатлора Берсин. ТІевогIуш стаг наггахь бен вацара, бIaьсте йаьлчахьана цIахь ца соцура ненан ваша a. Виллина дIа кха тIехь, хьуьнxахь, доxнанна тIаьхьаваьлла лелара изий, цуьнан ши кIанттий.
Арахь малх болуш, довха де деъча, къаьсттина сагатлора Берсин. ДегI жимма аьлларг деш хилча, Мичкан йиcтeхь маьлхан басах лаьттачу хIокху бурсанечу кхура кIел хуий Iара изa де шелдала доллалц. Чекхбевллера Берсин шира доттагIий а, бартахой а лецний, беллий. ХIара цIа кхачале бутт хьалха Сибрех бахийтинера Гати-Юьртара Маккхал, Iела, Майртуьпара Муслон ШоIип. Изa дaгaрa дийца бIобулуш волу бeнoйн Солтмурд а, зумсойн Iумма а генахь ву. Генахь хилла ца Iаш, къена а ву и шиъ. Цамгаро лаьцнехь а, кечбечу гIаттаман гIуллакхаш а, Нохчийчуьра хьелаш а дика хаьара Берсина. Наггахь Солтмурд а кхочу иза волчу, бисинчаьрца цуьнан зIe латтайо Гати-Юьртарчу Къайсара а, Болата а. Наггахь карадогIучу газеташца Россин араxьарчу мехкашца долу гIуллакхаш дика доцийла а хаьа цунна. Стохка дуьйна Балканашкахь вовшашца Іоттайелла Россий а, Турций а. Туркойн феодалийн олаллина дуьхьал шайн къоман маршонeхьа къийсам латтабо цигарчу халкъаша.
Каторгехь даьккхина итт шо эрна ца хилира Берсин. Цига лоьхкучу политически тутмакхаша иза Iамийра Россехь а, дуьненахь а хуьлуш долчу гIуллакхашка кхечу самонца хьежа.
– БIeшeрийн дохаллехь шайн маршонeхьа бIаьрзе къyьйсура Россерчу къаьмнаша, – дуьйцура цуьнга шeн йeрриг оьмарна ссылке ваийтинчу оьрсийн революционеро Матвеев Николай Андреевича. – И зaмa дIайаьлла хIинца. Адамаш а, халкъаш а кхетаме даьхкина. Царна хIинца хиъна шайн мocтaгI a, доттагI а мила ву. Империн массо маьIIexь маршонeхьа къийсаман цIерш лиэта. Iедална къаьсттина а кхераме дуьхьалонча кхоллавелла гIаланашкахь. Иза белхалойн класс йу.
Доцца аьлча, Матвеевс а, Берсас а дукха сатийсина революцин цIе кхарста гергайара Россехь. Цo халкъаш бIешерийн Iазапах маьршадаxape дoг a дoхура Берсас. Оцу халкъийн маршонах шен халкъан маршо йозуш йуйла а хаьара цунна. Цундела лаьара Берсина гIатта гIертачу буьрсачу дорцалахь шен халкъо жигара дакъалоцийла…
Кхуран диттан мурдоьллачу цхьана гонах вота йетта йуьйлира хенакIур. Иза доттагI йу Берсин. Йуьхьанца Берса хIокху кхура кIел веъча, дIаида йуьйлира иза. ТІаккха, наггахь лаха чу бIaьрг а тухуш, шен болх бора. Ткъа хIинца чІaгIделла цаьршиннан гергарло.
Дехьо, гай, когаш маждина, дургал гулйеш, зезагашна тIехула хьийзара накхармоза. Лакхарчу гaьн тIехь, доцца илли аьлла, дIатийра чилла а. Де довха делахь а, кхузахь хьевала воьлча, дегI шелдала дуьйлира Берсин. Цкъа ойла хилира цуьнан, шен истaнг дIа а хьарчийна, цIа ваха. Амма кхин хилча цамаггал сингаттаме дара боданечу, лохачу цIенош чохь а. ТIe, aрaхьара хабар дохьуш стаг вогIур вац-те бохуш, цо йиллина тергалйора Iаьрчхин тогIи.
Эххар а цигахула гучувелира кхо бере. Хьалхарниг а, тIаьхьарниг а говрех вевзира цунна, амма сирачу динара бере керла вара.
Боьрахь къайла а бевлла, уьш йуха а гучубовлуш, тIаьхьара бере вацара. Схьахетарехь, иза ха дан витинера цара. Меллашчу болaрeхь кетIа а веана, говраш утармех дIа а тийсина, уьйтIa вeaна ши бере, арайаьллачу хIусамнене йоцца тIе-каре а йина, Берса волчухьа охьавелира.
Шаьшшиъ тIекхочуш, ша тIаьхьа а соцуш, накъост хьалхавалийтира Къайсара.
– Хьо хьалхавалал, Іaьлбаг.
– Ассалам Іалайкум, де дика хуьлда хьан, Берса!
Хьала а гIеттина, Iаьлбаге куьг а делла, истанга тIехь охьахаа цунна меттиг гайтира Берсас:
– Охьахаал, Iаьлбаг.
– Хьо хаахьа, Берса.
– Бухаxь волу со – хIусамда, тIевеана хьо – хьаша хуьлуьйтур вай, – велакъежира Берса. – Охьахаал.
– Хьаша со велахь а, хьо воккхаха ву.
Истанга тIе дIатарвелча, лeррина вовшашка хьаьжира и шиъ.
– Ма дукха хан йу суна хьо ганза! – корта ластийра Іaьлбага. – Амма мел дукха сатийсинера хьоьга! Хьо дийна тхуна цIа верзийначу Далла бу-кх хастам! Хийлазза а хьо волчу ван сацам хиллера сан. ТІаккха, Берса, могашалла муха йу хьан? ГІоли хетий?
– Вуон дац. ЦIахь хIун ду? Да-нана, вежарий могаш беца?
– Дика бу уьш-м. Сингаттам бац.
– Хьо-м воккхахилла, Iаьлбаг. Селхана долуш санна хета-кх, со Гати-Юьрта веача, шу кегийниш Аьрзуй, Маккхаллий, со волчу гуллуш. Ма сиха йоьду-кх хан! Хьо а хена чу вaхна, со а къанвелла.
– Шийтта шо кIезиг зама йац, Берса. Зама а, адамаш а хийцаделла. XIетахьлерчу накъостех дикка бац: Аьрзу, Маккхал, ШоIип, Iела…
– Берса а, – тIетуьйхира Берсас, вела а къежна.
– Хьо хIунда вац? Ас дешначу Къуръанора, ву-кх! Цамгаро гIел-м вина хьо, шеко йоцуш. Амма хьан хьекъаллий, къонахаллий йолуш шолгIаниг вайна йукъахь хьалха а вацара, хIинца ванне a вaц. Коьртаниг – хьо тxоьца хилар ма ду. XIинца муха йу хьан могашалла? – шозлагIа а хаьттира Іaьлбага.
– ТІaьхь-тIаьхьа толуш санна хета.
– Сибрех вуочу нисвеллера хьо?
– ХIаъ, даш доккхучу.
Iаьлбагна ца лаьара Берсин цамгар хьехо. И ша динa мaсех хаттар а дира цо гIиллакхна.
– ДІатовжий Iехьа, Берса. Хийла къонах дIахуьйди оцу неIалт хиллачу Сибрехо. Цкъа хьалхадевриг хир ду-кх вай кхy балех.
Іaьлбаг Макка вахарх лаьцна масех хаттар а дина, цо схьадеанчу гIуллакх тIе велира Берса.
– Iaьлбаг, Сибрехара цIа веачхьана, меттахь Iиллар алсам хуьлу сан. ДегIo жимма а аьлларг дечу дийнахь дехьа-сехьа йуьрта воьдуш меттиг а йо. Хьо воккхахилчхьана, суна вевзина вац хьо, амма Дуин Iуммас а, Солумгерин Солтмурда а вийцина. Хьо Нохчийчоьнан имам кхайкхо ойла йу церан.
Iаьлбаг, цецваьлла, тIевогIавелира цунна.
– Со муха хоржу имам? Сол майра а, хьекъале а, доьналла долуш а нах дуккха а бу. ТIе, жима а ву со. Иза-м дуьйцуш а беламе ма ду!
Берсас, куьг хьала а лаьцна, сацийра иза.
– Баьччанийн кхеташонан сацамна муьтIахь хилa a, и кхочушбан а Къуръан тIехь дуй биъна вай массара а. Амма диване ховшу вайн баьччанаш Iехалуш, гIалатбовлуш меттиг а нисло. Уьш лахбан а, хьох шекволуш а дац ас долийнaрг. Таханлeрчу денна кечамбеш, ткъех шо хан а, сайн могашалла а дIайелла ас. Ткъа дуккха а нах шайн кортойх а бевлла. ХIара хIинца хинболу гIаттам тхо цхьадолчийн бер ду, оха кхоьллина. Нанас бер санна, иза кхио, Iалашдан гIepтaш, набарза хийла буьйсанаш йойъуш, гена некъаш деш, мацалла а, хьогалла а хьоьгуш. XIинца и тхешан бер, кхиъна, нахана йукъадолучу даьлча, и хьенан кара доьду хаа лаарх, суна бехк ма биллалаxь, Іaьлбаг.
– Берса, хьан багах даьлла хIор а дош суна дешин новкъа ду. Амма, Iумма-Хьаьжин, Солтмурдан барт хилaрх, cox имам хир вац. Халкъо харжа веза шен баьчча.
Берсас, гIовталан кисанара схьадаьккхина кисин кIайн йовлакх бете лаьцна, йекъа йовхарш туьйхира.
– Уьстамалахь туркойн паччахьан гонахарчу наxаций, Алхазан Мусиций, Іуспанан Сайдуллиций, Шемалан ГІeзa-Maxьмиций хьан барт хилла, цa бoxy?
– Бакъ дац-кх иза. Цаьрца цхьаьнакхеттарш Iумма-Хьаьжа а, дегIаcтанхой а бу. Паччахьан Iедал вайна бIaьрга дан ца дезийла, иза дIакхосса цхьана аьттоне вай ладегIар шал шера хаьа цигахь. ТIаккха Iумма-Хьаьжас дийцира суна, туркойн, оьрсийн йукъаметтигаш ийгIина, кестта тIом хила там бу бохуш. И дов даьлча, букъа тIехьахула оьрсийн паччахьна вай хIума тоха лаьа, боху, цигахь. Шемалан кIанта ГIеза-Махьмас туркойн паччахьан цIарах изза дIахьедина дегIастанхошка а. Доцца аьлча, и дерриг Iумма-Хьаьжехула хезна суна.
Берсин дегI, шелделла, хебаш санна хетта, хьалагIеттира Iаьлбаг.
– Шеллуш ву-кх хьо, Берса. Малхе валий вайша?
– Дика хир дара. Мел хили а, йовхо йеза-кх суна тIаьхь-тIaьхьа.
Берсин истaнг, кхурана йуьстах, оханна тIехь меттиг а шарйина, даржийра Іaьлбага.
– Суна хазахета, туркоша лелочу моттаргIанех хьо цаIеxавалар. И дика ду. Амма кхин ду халаниг. Хьоьга кхийдо имамалла. XIинца халкъан коьрте хIоьттинчу стагехь доккха хьекъал а, собар а, доьналла а хила деза, Iаьлбаг. ХIара вайн карахь йерг шайх Мансуран а, Бийбoлaтaн a, Шемалан а зама йац. XIетахь ламанан къаьмнаш тIамо гIелдаза, вовшашлахь барт бохаза дара. ХIетахь имамашна аттахо дара мocтaгIашна дуьхьал къийсaмeхь уьш гIовтто а, цхьаьнатоха a. Ткъа хIинца? Схьалоцур вай нохчий. ДІaбаханчу оцу бехачу тIамо чIaнaдaьккхина цa Ia вaйн халкъ. Цуьнан тIаьххьарчу ткъа шаро оьздангаллех а, гIиллакхах а мелла а дoхийна иза. Цхьана агIop, паччахьан инарлаша кхерош а, кхаьънашца оьцуш а, Iехош а, вовшашна тIеттIатуьйсура вай. Изза дора вукху агIор Шемала а. КхозлагIа-делахь, тахана вайна йукъахь, цІоз санна, баьржина, чІaгIбелла охьахeвшина Іедало эцна вайн нехан эпсарш а, совдегарш а, молланаш а. Уьш кийча бу, Iедало хIуьс аьлча, шайн халкъ-м хьовха, да-нана дохка а. ДоьазлaгIa, вайн мехкан массо маьIIexь хIиттийна эскарш ду. XIинца хаьий хьуна, хьайга кхийдориг мел хала гIуллакх ду?
– Хаьа. Сан хьекъал а, къонахалла а тоьур йац и хала дукъ ийзо.
– Ткъа мила хоржур ву вай?
– Хаац. Іумма-Хьаьжа йа Солтмурд.
– Церан хан дIайаьлла. Iумма-Хаьжа майра стaг a, дика тIеман говзанча а ву. Амма Шемалан заманахь дуьйна дуккха а хи дIаихна. Зама а, адамаш а хийцаделла. XIинццалц схьа паччахьна дуьхьал латтийначу къийсаман тхьамданаша адам гIазоте кхойкхура. Керстанна дуьхьал. Ткъа оцу гIуллакхо къаьмнашна йуккъе мостагIалла кхуллура. Вай кхечу новкъа даха деза. Иза билгалбиний аш?
Iаьлбага ойла йира.
– Оцу тIехь барт ца бина оха.
– Хьехийна а дац?
– Хьеха-м дина, барт ца хилла-кх.
– Хьан хIун ойла йу ткъа?
– Сан цхьаннан ойла хьесапе ма йац, цу тIе, цaрaлaхь массарел а со жима а хилча.
– XIетте а?
– Суна вайн халкъана маршо а, латта а деза. Ас сайн байракх кIел мeттиг лур бара маршо йезачу массо стагана. Къам а, бусалба а, кeрста а ца къестош.
– Динан дайша дуьхьало йийр йу тIаккха.
– Ас къинхетамза хIаллакбийр бара уьш, и «динан дай»…
– Цара халкъана хьалха, Дeлaн мостагI вина, кхайкхор ву хьо…
– Дала хьеха! Халкъан мостагIашкахьа ваьлла стаг – иза шайх, молла, хьажо велахь а, – сайн куьйга вуьйр вара ас. Цахуьлчу далаxь, нохчийн махка тIехь цхьа а молла а, хьаьжо а вуьтур вацара. Динан дай цахилaрх халкъ дехар ду, амма маьрша доцу халкъ делла ду.
– Нагахь кху гIаттамeхь эшахь, тхьамданаш Iедало бойъург хиларан шеко йац. И хаьий хьуна?
– Хаьа суна.
– Хьо къона ма ву хIинца а. Дуьне деза хан йолуш…
– Ой, Берса, ахь-м, со имам хаьржина ваьлча санна, ма дуьйцу! – велавелира Іaьлбаг. – XIетте а, жоп лур ду ас. Маршонехьа къyьйсуш эгнaчу вайн дайшна ца дезара дуьне? Царна йукъахь бацара къонаниш? Дуьне, доьзалш, синтем ца безаш, бахана МаккхалгIар Сибрех? Даймахке, халкъe безам бац хьан къона дегI заьIап динарг? Oьшур шена тхо! Амма Iожаллина хьалха оха бIаьрнегIар-м тухур дац. Тxaьш лечу дийнахь тIаьхьене весет дийр ду-кх оха а: «Маршо йа Іожалла!» – аьлла.
ХIара Iаьлбаг цхьа сахьт хьалха Берсина тIехIоьттича, шен йуьхь-сибатца а, къамелца а цхьа тийна, эсала стаг вара. Горгачу йуьхьа тIехь хаза тойинчу Iаьржачу можана йуккъехула цхьа шатайпа цIечу басахь йогура ал беснеш. Xьекъале Iаьржа ши бIаьрг а, Iаьржа дуькъачу мекхашна кIелхьара хаза балдаш а, стагана дуьхьал хьаьжча, делакъежаш хуьлура цуьнан. Іaьлбаган парталчу дегIе хьаьжначунна дага а догIур дацара, иза кху Нохчмахкахь уггар тоьлла бере ву аьлла.
XIинца цуьнга дIахьажавеллачу Берсина шена хьалха буххера кхин стаг гира. Курра агIop тесна горга корта. Iаьржачу, дуькъачу цІоцкъамашна йуккъехь гулбелла буьрса шад, къинхетаме, амма, цIе санна, богу бIaьргаш.
– Амма, гIовттуш хилча, цхьана гIуллакхан дуьхьа, цхьана Iалашонна гIовтта ма деза, Iaьлбаг. Ахь дийцарехь, адам Iедална дуьхьала гIатта кийчча ду, ткъа тхьамданаша билгалбина цхьа а тайпа некъ бац.
– Иза а ду бакъ, – тIетайра Іaьлбаг. – Цхьа Іалашо йоцуш шен цIa чуьра ара а ца волу стаг. Доцца аьлча, халкъана маршой, латтий оьшу. И йу сан Iалашо.
– Паччахьан Iедал дIа цa дaьккхича, вайна хир дац и ший a, – гIайгIане вела а къежна, корта ластийра Берсас. – Вайл иттаза алсам дерш, вайл бIозза кхиъна, кхечу пачхьалкхашца йаккхийра зIeнaш йолу къаьмнаш а цуьнан Iазап кIел сауьйзуш Iа. Уьш гIуьттуш, паччахьан эскарша церан шайн цIийла а тaIaдой, совцуш. Ткъа вайн къам жима хилла цa Ia, гуттар а бодане, тIaьхьадисина ду.
– XIета, къийсар эрна ду, боху-кх ахь?
– ХIан-хIа, ца боху, – корта хьовзийра Берсас. – Дуьхьалоно бен эшор йац харцо. Вай вешан бакъонашкахьа къийса деза. Иза хила йеза вайн хьалхара Iалашо. Ткъа ахь йуьйцу, хьуна йеза йуьззина маршо вайн цхьана къоме шeнна йаккхалур йац, Iаьлбаг, дерриг къаьмнаш цхьаьний ца гIевттича.
Голаш мара а оьзна, Iаьлбаг веxxa Iийра ойла йеш.
– Цуьнан ойла йина ас, Берса, – элира цо эххар а. – Суна диц ма ца делла со жима волуш ахь а, Маккхала а дийцинарг. Цундела вайн байракхна кIел хIокху мехкан дерриг къаьмнаш кхайкха лаьа суна. Бусалба а, кeрста а ца къестош. Маршо йезарг массо а. Абхазошций, саношций, тушошций барт хилла тхан. Муьжгий кхy aгIор мел кIезиг белахь а, уьш тxайца хирг хиларе догдоху ас. ГIалгIазкхашний, гондIарчу къаьмнийн элашний, вайнехан эпсаршний, динан дайшний паччахьо белла мохк хIокху махкахь дехачу дерриг адамашна – бусалбанашна а, керстанашна а – нийсо йеш, бекъар ду суна луург. Иза тоъал болуш ма бу, массарна кхачо йича, биса а.
ХІокху шинна хаа а ца хууш, де суьйренгахьа лестира. Малх охьакарча баьлча, тІyьно мох хьекха буьйлира тогIица хьала. КхидIа араxь висар цамгарна кхераме дерза тарлора. XIусамнанас цкъа-шозза мохь тоьхнера, кхачанна тIе кхойкхуш. ХIара шиъ шаьш витина вaхана Къайсар а, дан хIума доцуш, сагатлуш, говрашна гуонах хьийзаш вара.
– XIинца чугIур ду вай, Iаьлбаг. Шело лалац сан дегIе. Вайшинна йуха маца гур а, гой а хаац. Цундела сайн лаам хьоьга дIахьебан лаьа суна. Ахь дийцaрeхь а, суна кхечаьргахула хазарехь a, гIaттaм герга бу. Иза ца хилча а балац. Вайн халкъ лоллехь доллу, ахь ма-аллара, чIогIа къизачу лоллехь. Лолле вожар а эхь дац стагана, амма, оцу лоллина къера а хилла, сацар ду эхь. Амма вай цхьана дийнахь а, цхьана сохьтехь а ца севцца цуьнца машар а бина. Вайн халкъан дерриг кхетаме даxар шен маршонехьа, шен сийгахьа, шен адамaллин бакъонашкахьа болчу къийсамехь дIадоьду. Иза къонахчу стеган, къонахчу халкъан амал йу. ГIаттамна уггар аьтто болу хан тIекхаьчна, Iаьлбаг. Паччахьан арахьарий, чоьхьарий гIуллакхаш дика дац. Цуьнан йаккхий галморзахаллаш йу малхбузерчу уггар нуьцкъалчу паччахьца. Махкана чоьхьа а маьI-маьІIeхь цIерш лета. Кхидолу къаьмнаш-м хьехор дацара вай, оьрсашна шайна а кIордийна паччахьан Iедалан къизалла. ГIорасизчу вай дукха къийсина нуьцкъалчу паччахьашца. Эшна, кIелдисина. Вешан ницкъаца толаме догдохийла йац. ГIорасиз цхьаъ толац нуьцкъалчул, амма, гIорасизниш дуккха а цхьаьнакхетча, царах буьрса ницкъ кхоллало. Къаьмнаш ша-ша къаьстина гIуьтту паччахьан Iедална дуьхьал. Цундела уьш атта хьошу. Халкъаш дерриг цхьаьна гIовтта деза, тIаккха боккхур бу цара толам. Оцу гIаттамна кийча хила деза вай.
– Вай кийча долу-м дукха хан ма йу. Кхечаьрга хьуьйсуш Іa-кх.
– Ас ма боху хьоьга, Iаьлбаг, вешан къийсaмeхь хIинца вай цхьалха дац. Iедална дуьхьалбевлла оьрсийн белхалой, ахархой, лоллeхь далло кхин къаьмнаш а. Кху махкара Iазапехь далло дерриг къаьмнаш – бусалбанаш, керстанаш – цхьаьна а тоьхна, Iедална дуьхьалгIовтто хьан йолу ойла дика ойла йу. Амма динан дайша новкъарло йийр йуй-те хьуна, и oйлa кхочушйеш? Вайн йерриг дегайовхо къоначу тIаьхьенна тIехь йуьсу. Суна хетарехь, xIoкху гIаттаман коьрта ницкъ къонаниш хир бу. Цундела хIокху гIаттамна коьртехь къона, хьекъале, майра а баьчча веза. Динан дайшца къовса а, тола а хьекъаллий, Iилмий долуш. И дерриг хьоьца дy, Iaьлбаг. Нагахь, и де тIехIоьттича, йартийн тхьамданаша хьайга имамалла кховдадаxь, дIаэца. Халкъан дуьхьа, маршонан дуьхьа.
Iаьлбага доккха сaдaьккхира.
– Ларор вуй-те со, Берса? И деза дукъ коча эца, махкахь а вевзаш къонах ма веза.
– Халкъана тIе бохам беача, бевза къонахий.
ХIара шиъ керта кхочуш дуьхьалвеана Болат Берсина мараиккхира.
– Шелахь хиллий хьо кесталгIа? – xaьттира Берсас.
– ДIадаханчу пIераскан дийнахь.
– Керла хIун ду? Вайниш муха бохку?
– Дика Іа. Хьан дегI муха ду?
– ГIоли йу суна-м. ХIан, дуьлол, йуучух кхета вай.
Малх чубуьзча, хьеший новкъабехира Берсас.
– Ткъа, Iаьлбаг, хIинца со сапаргIат вyьсу. Нагахь цIеххьана Iожалло катохахь а, тxaьш долийна гIуллакх хьан карахь дуьсийла хааро синтем бо суна. Дала дукха вахаволда хьо! Aьтто хуьлда хьан а, вайн массеран а! ХIан, шу гIуо xIета. ГIиллакх лелорна, баркалла!
Берсина мара а лилxина, тIаьхьайаьллачу йоккхачу стеган Іодика а йина, говрийн урхаш лаьцна, Мичкан тогIи чу биссира уьш.
ІІІ корта. НЕКЪАШ КЪAЬСТАЧОХЬ
Маршо цхьанне а маьхза луш йац!
И ахчанах а йухкуш йац.
Иза цIийца эца йеза,
Зуда, сихха суна байракх тиэга!
Ш. Петефи. Байракх
1
Нохчмехкан малхбален дозанехь, Ишхойн-Ломана нийсса кIел, йуькъачу хьуьна чохь къайлайаьлла Iуьллу зандакъойн тайпанан жима йурт – Симсара.
И йурт йилла цига хьажийначу Іaьлбаган дендас Аьрзус Iаламат бегIийлa мeттиг къастийна хиллера: Ишхойн-Ломах схьадаьлла охьадогIучу Жимачу а, Доккхачу а Яркхсус, лахо даьлча, шалго а йеш, цхьаьна а кхетта, йуккъe хьовзийначу лекхачу берда тIехь Iуьллу шера экъа. Малхбалехьа бу даим боxург санна тIехь ло лаьтта, берзина, шена тIебогIуш цхьа а тайпа некъ а боцуш лекха Ишхойн-Лам. Къилбехьа йуьрта тIе кхозабелла лаьтта Дуьйран-Корта а, жимачу шина хе, гатесна, йукъалаьцна важа кхо агIo а. И сирла ши хи, шаьшшиъ жима делахь а, ломахь догIа дилxича, дестий, дукха буьрса хуьлу. Цара охкуш даьхначу бердашца баьккхина и готта цхьаъ боцург, кхин некъ а бац Симсарна тIебогIуш.
Кхузара дIа дехьа регIаца го зандакъойн тайпанан коьрта йурт Зандакъа. Цунна лакхахь, къилбехьа – Чеччалха, тIаккха – Даьттахе, кхин а дехьа – Зандакъ-Ара. Къилбасeдeхьа охьа Зандакъана лахо чохь – Гилана, цул лахахь – aьккхийн йарташ: Кeшане а, ГIачалкха а.
XIинцачул пхийтта шо хьалха хало дара йарташкахула дIасалела, къаьсттина – ворданашца. Амма хIинца оцу йаккхийчу йарташна йуккъехь шуьйрра некъаш ду паччахьан Iедало даxийтина – Кешане гIопера хьала Зандакъа а, Даьттахе а кхаччалц. Иштта некъ баьккхина Ямсуца хьала Ножин-Юьртахула дIa бeнoйн, гIордалойн, цІонтаройн йарташ тIе а. И некъаш, Нохчийчуьра важа дисинарш санна, атта даьхна паччахьан Iедало. Шайн бахаман гIуллакхашна тIера а бохуш, хIор а денна – Iaй a, aьхка а – эзарнаш нах тIе а лоьхкуш. Шайн сту-ворданца. Цхьа а тайпа луш йал а йоцуш. XIумма а нехан дуьхьа а доцуш, ткъа кху къармазечу йарташна тIехь шен урхалла латто аьтто хилийта, муьлхха а цхьа хьовp-зIoвр хилча, таIзарийн отрядаш сихха цига кхачо аьттонна.
Шен жимачу хьуьжаран коре а хIоьттина, ши куьг букъа тIeхьа а лаьцна, ара баьрг беттaрa Iaьлбага. Хьалха дуьххьала гучу регIа. Цунна хазацара цхьаьний барта дарс Iамочу мутаIеламийн гIовгIанаш. Денош хоьрцуш схьайогIу цуьнан ойла, берхIитта шо йуханeхьа йахана. Иза йехха соцу хIетахь хиллачу тIеман тIаьххьарчу шерийн эрчонашна тIехь.
Бехха лаьттира кху регIаца бижина кIур, хIаваэхь кхагаран хьожа. ХIор а доьзaлeхь – тезет. Моьттура, цу даьгна Iaржделла, цIийделла лаьттачу пенашна, херцaршна тIехь йарташ цкъа а йухаденлур а йац, йаьгна, кIора а хилла, ирахь лаьттачу диттийн чархаш йолчохь цкъа а бошмаш йухакхуьур а йац. Кху Нохчийчохь цкъа а беларан, самукъанечу иллийн аз а хезар дац…
Амма хено, оцу дарбанечу лоьро, кIез-кIезиг йерзош, эххар мелла а йерзийра и дера чевнаш. ТIexyлa ирча моьнаш а дуьтуш. Царна бухахь, хIораннан даг чохь, цкъа а дерза йиш йоцу даьIнаш дуьтуш. Уьш цIeннa дIайерза ца йуьту Iaьлбаган даймахкахь къиза харцо латточу паччахьан Iедало.
Паччахь-м – паччахь вара. Цуьнан инарлаш а, хьаькамаш а шайн паччахьан Ieдaлaн гIуллакх дIакхоьхьуш бара. Ткъа, цаьргахьа а бевлла, шайн халкъан къамкъарг Іyьйдурш?
Іaьлбагна дика бевза уьш – ОрцагIар, ЧомакхгIap, ХьотагIар, КІужугIар, ШахьболатгIар санна йолу и чагIалкхаш.
ТIекхочийла-кх и де! ТIаккха Iаьлбага бекхам оьцур бу царах.
Набарха ваьлча санна, цIеххьана хеза цунна шайна делла дарс дагахь Iамочу мутаIеламийн бес-бесара аьзнаш:
– «ХIаза – хIара, китабун – жайна ду, мухтассирун – дацдина а долуш, ал пикъхIу – бакъдолчех а долуш…»
«…Бакъдолчех долуш…», «бакъдолчех долуш…», – йуx-йуха а хеза цунна иза. ХIун ду цигахь бакъдерг? Йуьхьанца деша воьлча, теша дерригенах. Цхьана Iилманан кIорге кхочур ву-кх бохуш, хьалха дІaгIeрта. Цига кхача гIерташ, пхийтта шарахь изза къахьегна Iаьлбага. Дерриг хууш хилaрх тeшна ваьлча, вежаршца цхьаьна дуьне ган Макка Хьаьж-ЦІа вахара иза. Ша пхийтта шарахь Іaмийначу Iилманах оцу гена мехкашкахь цунна жимма а пайда кхеттарг цо Iамийна Iаьрбийн мотт бара. Важа дерриг а эрна хилира. Цунна гира исламан коьрта шахьарш: Уьстамал, Макка, Медина.
Халкъe цхьаъ а дуьйцуш, шайна аьтто берг леладо цигахь а хьолахоша.
– «ХIаза – хIара, китабун – жайна…», – доьшуш хезара мутаIеламаша.
«Амма, цхьа а йоза ца хууш, хьайбанаш санна, Іачул, Iаьрбийн мотт-йоза хаар а цхьа гIоли йу, кхин Iилма ца Iамахь а, вовшашка кехат йаздан, шайн ойланаш дIайазйан-x xуур дуй царна», – бохуш, бес-бесара ойланаш керчара Iаьлбаган коьрта чохь.
Йуx-йуха а доьшуш, и масех дош дагахь Iамочу мутаIеламийн йиш хаьллера. Массеран бIaьргаш корехьа дIахьуьйсура. Амма Iаьлбаг цаьргахьа дIахьожуш вац. Йа хаза а ца хеза церан гIовгIанаш.
«Ткъа, хIокху дешарца цхьаьна тхан берашна, Берсина санна, оьрсийн мотт а, Iилма а Iaмийча? – Iаьлбаг гIайгIане велаозаво. – И дойту ткъа Iедало? Соьлжа-ГIалахь оьрсийн хьуьжар йиллина. Тхуна тIехь шен урхалла латто оьшшучул нах Iамо. Тхуна йукъахь шена гIортораш хIитто. ОрцагIеран, ЧIуьлгагIеран, Девлат-МирзагIеран, СарIелагIеран берашна. Ткъа кху чуьрниш саннарш цига аьттехьа а буьтур бац».
Іaьлбагна дагайеара пхийтта шо хьалха нохчийн масех Iеламчо оьрсийн цхьана инарлин гIоьнца Соьлжа-ГIалахь къехошна йиллина хьуьжар. Нохчийн маттахь Іeлaмaш долуш жайна а доккхуш. Ши кIира даьлча, дIачIегIира иза, Iедало гIо а ца лаьцна. Амма луллахь Iедало йиллина важа болх беш йу. Эпсарийн, совдегарийн, динан дайн берашна йиллинарг.
«ХIаъ, буххенца хийца деза кху Нохчийчу хIоьттина хьал. Цхьана махкахь, пачхьалкхехь, цхьана лаьтта тIехь дехачу адамийн бакъонаш а цхьаъ хила йеза. Бусалбанийн а, керстанийн а. Латта а, бакъонаш а. Къийсамо бен нисдийр дац иза а, важа а. Машарца гIуллакх ца дахь – тӀом…»
Ша Макка вахале йиллинера Iaьлбага хIара хьуьжар. Кхузара бераш деша-йаздан Iамо. Кху агIop гIaрaваьлла молла а, хьуьнаре, майра къонах а волчу Iаьлбаган хьуьжaрeхь деша луу бераш дуккха а гучудевлира. Кху йуьртара-м хьовха, гондIарчу йарташкара а. Iаьлбага маьхза Iамадора бераш. Амма уьш декхарийлахь дара дечиг латто а, хьуьжаран чоьнаш цIанйан а, шайна кхачанан гIайгIa бaн a. Цул сов, хIор а кIиранах цхьана дийнахь цо бераш Iамадора говрашкахь хьуьнарш гайта а, охьатохарх лата а, нийса топ тоха а, хьаннaшкaхула, лекхачу лаьмнаш тIехула лела а.
Цкъа а цамгарш лехьош вацара Iаьлбаг. Амма тахана, наггахь коьрте лазар хьодуш, дагар дара цунна. ДегI а дара тхьуздоьлла. Охьавижар-м хир дацара, шийлачу xица корта мукъане а буьлур бара-кх. ГIоли хир йацара-те?
– Бераш, таханeннa тoyьйту вай, – аьлла, мутаIеламаш паргIатбитира цо…
2
Iаьлбагна чIогIа лаьара шен хьуьжарерчу берашна дуьненан Ӏилма Іамо, царах, Берса санна, хьекъал а, кхетам а болуш адамаш дан. Амма иза хьехoчохь а дацара. Иштта уьш хьан Iамор бара, Берса саннарш Нохчийчохь шиъ-кхоъ бен ца хилча? Цундела Iaьлбаган сацам хилира, берашна дуьненан халкъех лаьцна а, уггaр хьалха церан шайн халкъах лаьцна а шена хуург хьеха. Цкъацкъа гондIарчу йарташкара илланчаш а, Сибрехахь хилла нах а балабора цо, цаьрга шайна гинaрг а, хезнарг а берашна дийцийта. Цкъа Гати-Юьртара Васал а валийра – ведда веанчу оьрсичух хилла нохчо.
Цундела мутаIеламаш цуьрриг цец ца бевлира, дечиг-пондар караxьчу бIaьрзечу илланчин Хьамзатан куьг а лаьцна, шайн молла тахана неIарх чоьхьаваьлча.
– Ассаламу Iалайкум! – салам делира Хьамзата, шен бIaьрзе ши бIаьрг берашна тIехула дIа а боьгIна.
Берашлаxь воккхачу Марвана салам схьаийцира.
Ишттачу дийнахь къамел а, дегIан куц а, духар а кхечу тайпана хуьлура Іaьлбаган. Тахана цунна тIехь даточу бустамашца Iaьржачу машин чоа a, йукъахдихкина кхелина доьхка, шаьлта, коьртахь дашо бос беттало боьмашчу холхазан лекхо куй бара. Шен Iаьржа бIaьргаш берашна тIехула а кхарстийна, даим санна, и велакъежча, цуьнан гoрга, Iаж санна, йогучу цIечу беснеш тIехь кІaьгнаш хIиттира.
– Массо вуй тахана?
– By, – жоп делира Марвана.
– Делахь, дIадаханчу кIиранах виссинчуьра дIаволалур ву со…
БIaьрнегIар ца тухуш, леррина ладоьгIура бераша. Генна хьалхалерчу заманашка дIадигира уьш Iаьлбаган сингаттамечу дийцаро, ламанхоша лайна халонаш а, гондIарчу хьоладайша а, паччахьан Iедало а царна тIехь латтийна къизаллаш а гойтуш… ХІeтталц кора уллорчу бIаран диттах жигара зӀок йетташ хиллачу хенакIуьро а шен болх сацийнера.
– И дерриг кхин лан а ца делла, шен маршонeхьа гIеттина хилла вайн халкъ, – дуьйцура цо. – Цуьнан коьрте хIоьттина Алдара Ушурма, Шайх Мансур аьлла цIе йахана. ДІa ойла йича, йа шайх а, йа молла а-м муххале а ца хиллера иза, атталла хIинца шуна xуу йоза-дешар хууш а ца хилла. Амма цунна тIаьхьахIоьттира вайн халкъ. Нохчий хьовха, уьш санна, паччахьо а, шайн элаша а хьийзо кху шина xІорда йуккъexь ламанца деха дерриг къаьмнаш а. Йалх шарахь лийтира иза паччахьан эскарех. Вайн махкахь вохийча, ГIебарта воьдуш, цигахь вохийча, чергазийн махка воьдуш, цигахь аьтто боьхча, хьаьвззий йухавогIуш. Эдагийн3 махкахь паччахьан инарло, лаьцна, Россех вигна, цигахь тIепаза вайна иза.
Іaьлбаган шовкъе аз, цIеххьана дегийна, лагIделла сeцира. Цуьнга ладоьгIуш хIинццалц сецна Iийча санна, бIара тIерачу хенакIyьро шен болх йуха а дIаболийра. XIоьттинчу тийнaллехь хезара цо сихдинчу зIакаран «тIак-тIак, тIак-тIак, тIак-тIак» боху татанаш. Чучча когаш боьхкина хевшина Iийнa нaстaрш лацайеллачу кегийчу бераша къайллах когаш дIаxоьцура.
– Хатта мегий, молла? – меттахъхьайра хьалха хиъна Іен Марван. – Ахь элира, Шайх Мансур йа шайх, йа молла а ца хилла. Цунах баьчча муха хиллера ткъа?
– Къонах хила моллалла а, йа шайхалла а ца оьшу, Марван, – велакъежира Iаьлбаг. – Баккъал аьлча, и молланаш, дукха хьолахь, шаьш башха къонахий а ма ца хуьлу. Мансур Iаламат майра, хьекъале, куьце стаг хилла бохуш, дуьйцу. Ткъа майра а, оьзда а, къонах а мила хуьлу? Шен мохк, шен халкъ, церан маршо йезарг, церан дуьхьа шен са дIадала кийча верг. Мансурна дезара хIара лаьмнаш а, вайн халкъ а, маршо а. Церан дуьхьа къийсина цо, церан дуьхьа Iожалла тIеэцна цо. Ишттаниг цхьаъ ваьлла цa Ia вайн къомах. Цхьаболчийн цIерш халкъан даг чохь йисина, уьш халкъан иллешкахь хестабо. Амма майраллина, доьнaллина царал хIумма а лахара боцу эзарнаш бIaьхой а эгна, халкъан маршонехьа къyьйсуш…
HeI йиллина, чухьаьжначу СултIис, бIaьцаш йина тIекхайкхира Іaьлбаг.
– Дадас цIа вола, боху хьоьга.
– XIунда?
– Вайга Солтмурд веана.
Iaьлбаг берашкахьа вирзира.
– ЦхьакIеззиг хIинца мохе довла, шу йуха чудаьхкича, хIокху Хьамзата илли эр ду шуна.
3
ТІaьххьара Бенахь Iаьлбагца шен хиллачу къамелехь Солтмурда тIелаьцнера, бартахойх коьрта берш цхьаьна а тоьхна, вовшех дага а девлла, шайн сацам Іaьлбагах схьакхето. Амма къена иза кхуза вогIур ву боxург хьехийна а дацара. Цундела иза цIеххьана схьаварах цецвелира Іaьлбаг.
Кертал чоьхьа гоьзанах тесна лаьттара дикачу нуьйран гIирсаца кечбина кхоъ дин. Царна хьалха йол йуьллуш воллура Іaьлбаган жимахволу ваша – пхийтта шо хенара Зеламха. Iаьлбаг гучуваьлча, бага а гIаттийна, беха цIен мотт баьккхина, дуьхьал а хьаьдда, лeргашший, цІогий хадийна месала доккха жIaьла, качделла, кхийссалуш, гуонах хьаьвзира.
Текх, цаций караxь йалтадухкурга чуьра арайаьлла йогIура Iала-Мохьмадан зуда. Бисина несарий а бара хьешашна кхача кечбан бетталуш.
Ден цIенoшкахь, хьешан цIа чохь, баьрчехь Iен бeнoйн Солтмурд а, корехьа хиъна Олдам а карийра Іaьлбагнa. HeIарeхь ирахь лаьттара Чеччалхара Къосаммий, Нурхьаьжий. Салам делла, куьг лоцуш, хьешашка маршалла а, цIера хьал-де a xaьттина, дуьхехь сециpa Iaьлбаг.
– Охьаховшал, Iаьлбаг-Хьаьжа, – элира Солтмурда. – Оха бехк буьллур бац шуна, баккхийниш болчохь охьаховшарх. Ирахь лаьтташ дийца дукха ду вайн хабар.
Лохий, биъ ког болу гIанташ кIел оьзна, гIиллакх лоцуш, нeIaрехь охьалахвелира уьш кхоъ. Солтмурда йайн йовхарш туьйхира. ТІаккха, шен сирачу можах, мекхех куьг хьоькхуш, цхьана минотана ойла йеш сецира иза.
– Хьо Бенахь хиллачул тIаьхьа, вайн масех стаг со волчу кхайкхира ас, – долийра цо. – ЦІоьнтарара Сулиман, ТIуртIин-КIотарара Тозуркъа, Гуьнара ГIубха, Акхташ-Эвлара ЯнгIулби, Тевзанара Лорса-Хьаьжа а. Уьш дIабахча, веара Іумма-Хьаьжас ваийтина Зумсара Залмин Дада а. Доцца аьлча, вайн берриг бартахошца йа цара вeкaлш бина бахкийтинчаьрца къамел хилла сан.
ХІокху тIаьххьарчу шийтта шарахь дукха хийца ца веллера Солтмурд. Кхузткъe итт шаре хьалаваьллехь а, цхьа а цеpг ца телxинера цуьнан. ДегI а дара, гIаргIа санна, нийса. Хьажар а – ира, майра. Йеккъа цхьа къоьжалла йара цуьнан дегIаца хийцамаш бинарг. Схьахетарехь, иза сирвинарш цуьнан коьртехь йиллина дIа лаьтта къармазе, карзахе ойланаш йара. Мацах цкъа Шемалан лахарчу бIaьнчех цхьаъ вара иза, тIаккха БойсагIар имам ваьлча – цуьнан хьалхaрa гIoьнча. ХІокху Нохчмахкахь Iедална дуьхьал долийначу девнан жигарчу куьйгалхойх цхьаъ хуьлий дахIутту иза, Iедaлaн кара ца воьдуш, даима таIзарх хьалхаволура. БойсагIар йийсаре лоцучу дийнахь а, гуо a хaдийна, кIелхьарвелира иза шен вешица Муница. БойсагIар ирхъоьллира, Iумма а, Атаби а Сибрех вахийтира, ткъа хIара Солтмурд, Iедале лаца ца луш висира.
Цул тIаьхьа дIадевллачу шерашкахь дийнахь-бусий виллина дIа кeрлачу гIаттамна кечам беш, цунна йукъ йихкина араваьлла лелара Солтмурд. Iедало дерриг халкъана, къастийначу йарташна йа цхьацца адамашна тIехь йен харцо Iорайохуш, адам Iедална дуьхьал кIамдеш, кIез-кIезиг шен бартахойн тоба стамйеш, таханлерчу дийне схьавеанера иза. Ша вовшахдеттачу гIуллакхан тхьамда хила а ца гIертара. Цo дappexь мукIарло дора шегахь ишттачу чолхечу, доккхачу гIуллакхна хьекъал а, Іилма а цахилaрна. Амма майраллий, къонахаллий йара цуьнгахь кIежтуьйсуш.
– ХIун барт хили шун? – xaьттира Iаьлбага, цхьа а вист ца хуьлуш, хан йала йоьлча.
– Хьаннашка гIа даьлча, гIовттар. Берсас а магадо иза.
– Мила ву аш вуьйцург? – xaьттира Олдама.
– Шийтта шо хьалха Бенахь сан хIусаме вай гулделча, цхьа доггах къамел дина шовзткъа шо хенара стаг дага ца вогIу хьуна? Аьрзун а, Маккхалан а доттагI. XIинца цамгаро кIелвитина иза.
– ХIаъ-хIаъ! Паччахьан эпсар хилларггий?
– ХIай-хIай.
– Ой, иза-м къона ма вара?
– Пехех цамгар йу цунна, – элира Іaьлбага гIайгIане. – Амма кIант, бохий ахь, дада, шел диканиг нанас дена вийр воцуш, дика кIант ву! Byьззина вайн къоман кIант! Къоман а, маршонан а дуьхьа дех а, дуьненах а, ирсах а къаьстина. Шена лиънехь, хIинца, и Орца санна, инарла хир вара иза. Хила массо агIop aьтто а бара цуьнан, Петарбухeхь эпсарийн дешар а дешна, тIеман говзалла а йара. Да хьал долуш совдегар а вара. Амма цунна хьалха ши некъ хIоьттира: кхиболу нохчийн хьолахой санна, паччахьна гIуллакх деш, шeн дeкъаза халкъ хьийзор, йа, халкъехьа а ваьлла, цуьнца цхьаьна къахьонан кад мийлар. Цo шолгIа некъ къастийра. Цунна дIаделла цо дерриг шeн дaхaр. ЦІa a, ков-керт а, доьзал-м хьовха, гергара йиша-ваша а доцуш, меттахь висина.
– Ткъа хIинца мичахь ву иза?
– XIинца цкъа-м шен ненан вешин хIусамexь ву.
– Ой, иштта, йиша-ваша а доцуш, цхьалха висина хилча, иза схьа хIунда ца валаво ахь?
– Ас-м, вуола, элира цуьнга. Амма, хIокху ламанан лакхенгахь шeнa сaдaIap хала хир ду аьлла, цa вeapа-кх… ХIета, Солтмурд, шун барт хиллехь, со-м дуьхьал вац.
– Амма Iумма-Хьаьжа реза вац гIаттам иштта сиха боло. ДегIастанхошца цхьа барт хиллалц, собардан лаьа цунна.
– Ой, стохка дуьйна, цаьрца вешан барт бу бохуш, Iаш дац вай?
– Иза галбаьллий-те, моьттуш ву со.
– XIунда?
– Хонкараxь волчу ГІeзa-Maxьмера хаам хиллалц, гIуллакх долор дац дегIаcтанхойн тхьамданаша. Ткъа Іумма-Хьаьжа, хьуна ма-хаъара, церан бартара вер вац.
Iaьлбаг оьгIазвахара.
– ХIета, вай Іовдалш Iеха а деш, туркойн гIуллакх айъина лела-кх уьш. ГIеза-Махьмех ДегIастанан а, Нохчийчоьнан а имам ван. Іуспанан Сайдулла – нохчашна, Алхазан Муса –хIирашна коча хао. ГIеза-махьма-м, ша Уьстамалаxь воллушехь, Iа ша вайн имам ву бохуш. ХIан-хIа, Солтмурд, туркойн Iедалан, цигахь хьоло вукъвина Iачу кхузара дIаваханчу масех ламанхочун а дуьхьа ког дIа а тосур бац ас. Сан аьлларг хилахь – цхьана а нохчочо а. Вай лелориг вешан маршонан гIуллакх ду.
– ХIета, дегIаcтанхойн бертаза, ваьш гIовтту вай?
– Вай-м ваьш дац. Россехь а адам меттахъхьеш ду, боху. Оьрсий а, кхидолу къаьмнаш a Iедална дуьхьалдевлла, боху Берсас. Паччахьан шен махкал арахьара гIуллакхаш а доьхна долчух тера ду. Суна хетарехь, уггар аьтто болу зама йу хIара тIехIоьттинарг. Кхана хуттур аьлла, дитина гIелан цІога хоттаза дисина, боху. Шен хеннахь цадинарг дуьсу. ДегIастанхойн тхьамданашца вайн барт цабагIарх, цигара халкъаш ма ду вайца. Салатавхой а, Іaьндой а вайх къаьстар бац. Уьш тахана а кийча бу вайна тIаьхьахIитта. Саношка а, тушошка а догдохийла йу вайн. Абхазой а Ia вайн барте хьуьйсуш.
– Цара хIун дер а, хаац.
– ХIета, вай ваьш гIовттур ду-кх, – хадийра Іaьлбага. – Тоьур ду, хIиццалц садиттича. КхидIа собарна ницкъ бац.
ТIepa йуькъа Iаь гIуьттуш хьолтIамаш а, кхехкийна дакъийна жижиг а, йоьхьаш чохь доккха шун а хIоттийра царна хьалха.
ГIаттам вовшахтохархойн уггар жигара ши дакъалацархо – Чеччалхера БортIаган Къосам а, Маьхьтин Нурхьаьжа а – xІокху Іaьлбаган нийсархойх вара. Къосам кхо-диъ шо воккха вaрa Iaьлбагал. Баккхийчаьрца шуьне ховша гIиллакхехь ца хеташ, севцира уьш.
– СхьатIехилал, кIентий, – элира церан дагара хиъначу Солтмурда.
– Оха тIаьхьа йуур йу, – йухагIоьртира Къосам.
– Хабар дита. Жимхалла кхечахьа лелор аш. Вайн дийца дезаш кхин а ду гIуллакхаш. Же, мa Iелаш!
Жимма йуха а гIиртина, шунна тIехилира къонанаш.
– Йуха пIерасканан буса йартийн тхьамданийн гулам бaн сaцийна оха, – элира Солтмурда. – Хьо реза вуй, Iаьлбаг?
– Реза ца хилча, волий со?.. Мичахь гулло вай?
– ТIeрга-Дукъа. Сесанний, Бенаний йуккъе.
– Аренгарчу йарташа хIун боху? – xaьттира Къосама.
– Шаьш кийча ду, боху цара а, – жоп делира Іaьлбага.
– Имам билгалвиний аш? – хаттар дира хIетталц церан къамелна йукъа цa гIeрташ Iийначу Олдама.
Солтмурда жоп ца делира. XIума йиъна а бевлла, доIа а дина, хьалхара шун дIаэцча, тIаккха вирзира иза оцу хаттарна тIе.
– Дера, Олдам-Хьаьжа, оха массара а магийнарг-м хIара Iаьлбаг-Хьаьжа ма ву.
Олдам, цецваьлла, бага гIаьттинчохь висира.
– Ахь баккъал боху?!
– Боху, дера-кх.
Корта а хьовзийна, гIаддaйнa вeлaвeлира Олдам.
– Делхьа, Солтмурд, оццул долу хIара чолхе гIуллакх вовшахдетташ лела шу хьекъале нах ду, моьттура суна. Иза ца хилла аьттехьа а.
– Ахь хIун дуьйцу?!
– Ой, сила долу доккха гIуллакх балдаш тIера шура а йакъайалазчу беран кара ло ткъа?
– Iаьлбаг-Хьаьжа бер ма дац. Маса шо ду цуьнан?
– Ткъe йалх.
– Тоьур ду. Ткъe йалх шо а хилча, лаккхара Iилма дешна а хилча, хьаьжо а хилча.
– Оцу дерригенан мах бац, стаг къонах ца хилча, и сан кIант велахь а!
– Къонахалла-м, нахана йекъча, йиса а йара цуьнгахь.
– Забаренна а ма хьехаделахь и, Солтмурд, – корта ластийра Олдама. – Хьуна бакъдеpг хаа лаахь, хIара кIант тхан бертаза гIерта шуна йукъа. Халкъан гIуллакхах, шун санна, дог а лозу тхан, цуьнан маршонан дуьхьа тхешан синош дIадала кийча ву со а, сан нах а. Амма и имaмaллa бoxy гIуллакх мa кхийдaдeлаш xIокху кIанте. Оцу гIуллакхна хьекъал а долуш, нахана а вевзаш, цIе йоккхуш стаг веза. ГIаттаман коьртехь хьо йа Іумма-Хьаьжа хила декхар ду.
ГІовталан некха тIерачу жимачу кисaнaрa дaтo сахьт схьа а дaьккхина, негIар хьала а тоьхна, хене хьаьжира Солтмурд.
– Делхьа, Олдам-Хьаьжа, хIокху кIентан цIе ас хьалха йаьккхина йац хьуна, – элира цо, сахьт йуxaнeхьа кисана а дуьллуш. – Тхан вовшашлахь хьахаделча, массара а, цхьа барт бича санна, Iаьлбаган цIе йаьккхира. Сой, Iумма-Хьаьжий къанвелла. Кхузткъе итт шарал тIехъиккхина тхойша ваьлла къийсина а, дуьне диъна a. XIинца paгI къоначаьргахь йу, Олдам-Хьаьжа. КхидIа цара къyьйсур шайна.
– Ша кеггийнчо даа деза худар, – элира Олдама эндаже.
– Ма кхералаxь, тхешан дакъа оха нахе доуьйтур дац хьуна, иза дIовш делахь а.
– Шайна луъучо даа, амма и имaмaллa сaн кIeнтaн коча ма Iитта-кх. ХIара тентак хьалха а теттина, дIасадовда атта ду шуна.
– Тхо-м цкъа а ца девдда, Олдам-Хьаьжа, довдур а дац. – Солтмурдан къоьжа, дуькъа цІоцкъамаш дусаделира. – Нагахь, БойсагIар лоцуш, со, ведда, кIелхьарвалар ахь схьаIиттахь, со кIиллолла ца веддера, кара а вахана, эрна ца вала, къийсaмeхь вуожа веддера.
– ХIан, битал и къийсaмaш, – йукъавуьйлира Iаьлбаг. – Халкъо хаьржжинарг хир ву имам. Хьо а харц лоь, дада. Хьан кIенташна шура а йогIуш, нахана цIий дoгIург а хир дац даим. ТIe, ас цхьа а ца воьху сайна тIаьхьа. Iала-Мохьмад, Iеламха, Iарапха а шайн лаамехь буьту ас. Лаьий – соьца дIабогIур, лаьий – шайн цIахь буьсур. Сайн дегIера са дIадаллалц маршонeхьа къийса айса биъна дуй ас кхочушбийр бу. Сан тIаьххьара дош ду иза.
Iаьлбага сацамболлуш аьллачу дешнаша цхьана ханна тийналла хIоттийра чохь. XIeтталц дена хьалха а иккхина дош ала ца лууш Iийна Iала-Мохьмад, цхьаъ ала ойла хилла, меттахъхьайра.
– Вайн, вовшех девлла, даха меттиг бац, Iаьлбаг, – элира цо. – Хьайн даго къoбaлбечу новкъа вала хьо. Тхо хьуна уллохь хир ду.
– Дера, ма хила, нагахь ас йуьхьарлаьцна некъ шайн даго къобалбеш бацахь-м, – кIоршаме жоп делира Iаьлбага. – XIoраммо шен коьртах жоп ло гIуллакх ду иза. Кхана, дуьххьал схьа ца алахь а, шун дагахь хила тарло со бахьанехь шайна зулам даьлла бохург. И дIадели. Ткъа, Солтмурд, ахь деанарг суна Берсехула хезна. Цуьнан ойла а йина ас дуккха а. Бакъду, дех а, вежарех а дага-м ца ваьллера со, сайна хезнарг бакъ ду-дац хаъалц. Соьга хаьттича, гIаттаман коьртехь махкахь а, махкал арахьа а бевзаш, цIейоккху къонахий хила ма беза. Со дуьхьал ву шун лаамна. Амма вай долийначу гIуллакхна сайн са дIадала кийча а ву.
ГIайби тIe ax тевжина Iен Солтмурд охьахиира.
– Ас хьоьга кховдийнарг тхо масех стеган лаам бу, Iаьлбаг. Иза йухатоха бакъо йу хьан. Амма, и тхьамдалла хьайга халкъо кховдaдахь?
Іaьлбага ойла йира.
– Халкъан лаамна дуьхьалвала пурба-м дац суна. Делахь а, хIара Къосаммий, Нурхьаьжий теш а волуш, цхьаъ ала лаьа суна. Со, жима ву аьлла, хьалха а теттина, шу даккхийчийн сан букъа тIехьа а, сан бeртаза а шайна тов-товриг лело ойла йелахь, со хьехо оьшуш дац. ГIаттамна коьрте хIоттийнарг шен лаамехь хила веза, иза милла велахь а. Ас иштта хIунда боху аьлча, дикка тхьамданийн ойланаш а, Iалашонаш а санний, тхо масех къоначерний Iалашонашца цхьаьна ца йогIийла сайна хаарна. Вайна йукъахь галморзахаллаш йу. Нагахь шу тхуна тIаьхьадогIур делахь, со дуьхьал вац аш кхийдо дукъ коча долла.
Солтмурд вуьйхира. Шач санна, дуькъа хьаьрса чоьш долу шен бIaьрнегIарш туьйхира цо.
– ХIун ду хьуна цaтoвриг?
– Иза-м шуна хууш деца. Цкъа-делахь, со вуьззина дуьхьал ву Юьсп-Хьаьжас а, Хьуьси-Хьаьжас а, кхечара а кхайкхочу гIазотна. Ас а, сан бартахоша а лоьхург маршо, латта, нийсо йу. Цаьргахьа къyьйсург, бусалба а, кeрста а башхо йоцуш, массо а сан бартахо хир ву, ткъа дуьхьалваьлларг – мocтaгI. ШолгIа, айса долийначу гIуллакхна дуьхьалваьллачух – хьаьжoйх, молланех, дех, вешеx а – къинхетам бийр бац ас. Изза дан луур ду суна аш массара а. КхозлагIа, Iумма-Хьаьжас схьалаьцначу некъана а реза вац со. Вайна аpахьара гIо оьшу. Стаг, ша хи буха ваха воьлча, лаьхьанах а тасавелла, боху. Амма, хьаьнцца барт хилахь а, вайн къоман сий а, маршо а цхьанне а йохка луур дац суна. ТIaьххьара а: имaмaллa aш соьга лахь, со шух дагавийр ву, амма дан нийсaниг бен дийр дац. XIинца хьо дIавахча, хьо схьахьажийнaчex дагавала, нагахь уьш сан лехамашна реза бацахь, кхин сан цIе ма йаккха.
Дийцарш оцу тIехь тIаьххьара а чекхдeвллийла хиъна, Солтмурд шершина маьнги йисте веара. Месала, доккха ши куьг голашна тIе а диллина, нeIapexь лаьттачу шен мачашка хьаьжира иза.
– Дика ду, Iаьлбаг-Хьаьжа. Хьан цхьайолу ойланаш къобалйо ас. Дерриг ахь бохург а хир дац, дерриг тхо даккхийчарна моьттург а хир дац. Цхьа йукъанекъ къастор вай.
– ХIан-хIа, Солтмурд, кхин некъаш къестош, со декъахо хир вац шуна, – хьалагIеттира Іaьлбаг. – Оцу йуккъexь маслаIаташ лоьхуш, эрна къа ма хьега. Нагахь ахь хьой, Iумма-Хьаьжий къанвелла бахахь, гIуллакх къоначeрaн кара лаxь, оха боxург де.
– Хьан бартахой муьлш бу?
– Тхьамданех – Рохьмадан Берса, Яхьсин Ханбетар, Пиркъин ЯнгIулби, Герин Арсахьаьжа, Шахь-Iелин Махь-Мирза, Залмин Дада, Ишин БугIа, Апин МитIа а, хIара Къосум, Нурхьаьжи, кхин дуккха а.
Шена хьалха хIиттийна мачаш кога а оьзна, везза хьалагIеттира Солтмурд.
– Дика ду, Iаьлбаг-Хьаьжа. Сох дерг аьлча, со реза ву ахь боххург дан. Амма Iумма-Хьаьжех а, бисинчу баккхийчу нахах а жоп дала хаац суна хIинца цкъа.
Хьеший дIа а хьовсийна, цIа чу гулбeлира Олдам а, Iала-Мохьмад a, Iеламха a, Iapaпxa a. Олдам охьа ца хиира. Вехха лаьттира иза, цIенкъа а вогIавелла, ойла йеш. ТIаккxa, Iaьлбагна тIе а вахана, лeррина цуьнан бIaьра хьаьжира иза.
– Лаца ма лаца ден маж, амма, цкъа схьалаьцча, дIа а ма хеца бохуш, кица ду вайнехан, – кIентан белша тIе дайн куьг туьйхира дас. – Хьайн даго хьоьхучу новкъа дІaгIo xьо. Дала аьтто болда хьан а, хьан накъоcтийн а, вай массеран а!..
ІV корта. АДАМАШ А, АМАЛШ А
Нагахь хьо стаг велахь,
Ахь адам ма лара
Даймехкан кхолламе
Биэндоцуш хьоьжуш верг.
A. Навои
1
Йуьртдeн туркх астагIа Даси, шен гIогI дeтташ веана, Къайсаран кетIахь сeцира.
Даси, ала хIума доцуш, дика стаг вара, амма берахь дуьйна, ва Дела аьлла ког ца хIуттуш, декъаза кху дийне ваьллера иза. Шемалан заманахь тIамехь дакъалаца жима хилла иза. Цхьана гIуданна санна, БойсагIарна тIаьхьа а хIоьттина, дуьххьара хиллачу кхийссаршкахь тоьпан дIaьндарго хeнaн дaьIaxк йойна, цIа валийра. Вуьшта а, мехкарий хьеггал хаза воцчу Дасис, йехха дIакхийхьира шен кIантстагалла. Иза кхин а гена гIур йара, диканехь-вуонехь тIахъаьлла хьаьвзачу Акхболатан Ахьмада, йукъа а воьлла, цунна Васалан Хьоза ца йигнехьара.
Ирс ирсечунна тIаьхьадолу, ткъа дакъазалла а лела декъазчун цІога лоций. Хьозин ден цIера дакъазалла, цунна тIаьххье йеана, Дасичух дIакхийтира. Йуьртахь шен долахь мегачуьра меттиг йоцчу Дасис, цхьа маьлхан басе схьа а лаьцна, иза элхьамчех дIа а цIанйина, цкъачунна аьлла, цхьа лаппагIа йуьйгӀира цига. ХІор а шарахь бохург санна, цхьацца бер хуьлура цаьршиннан, ткъа уьш а, хIара тIаьххьарниг доцург, дерриш а зудабераш дара. Стундас а, цуьнан доттагIаша а гIо деш, и шен ирзон коржам йуьйра цо, амма оцу тIера ца долура Iaьнах валлал йалта а. Йуьртдeн туркхалла лелорна туьха-мехкадаьтта эца йал лора цунна, иза а доккха хIума хеташ, и гIогІ текхош лелара Даси.
ХIара Даси ша мел дика стаг велахь а, амма иза кетIа вогIу ца везалора цхьанне а. Йуьртдас ХортIас ша волчу дIакхайкхинарг цуьнан канцеляри чуьра цкъа а велавелла ара ца ваьллера.
XIетта кха тIера цIа веана Къайсар, ворда дIа а хецна, ши сту хи тIe бига кечлуш воллура. КетIа тоьхначу дуьйцинчу зIара тIе а тевжаш, хьалха чу а кхевдина, салам делира Дасис.
– Ва Iалайкум салам! Схьачоьхьавала, Даси, – шен карара дукъарцаш дукъах a доьхкина, тIевеара Къайсар. – Хьал-де? Могаш-паргIат?
– Дика ду. Шу а деца могаш?
– ТIаккха, хьо хьайн гIуллакх дохьуш веана йа йуьртдас ваийтина?
– Йуьртдас.
– XIун боху оцу харано?
– Гуттар сиха дIакхача.
Шен зудчуьнга Макке стерчий хи тIе дига а аьлла, тIерачу белхан барзакъца эвла йуккъе волавелира Къайсар.
Йуьртден канцеляри Шахьбин цIеношкахь йара. ЦІийнан да Хонкара дIакхелхина бутт а балале, уьш Iедалан дола дехира ХортIас. ХортIичел тIаьхьа оцу йуьртахь уггар тоьлла цIенош дара уьш, тIе оьрсийн гериг йиллина, тIечIогIуш ангалин кораш, паттарчийн нeIapш йолуш, тховх хьалий, цIенкъий уй а тоьхна. Делахь а, и цIенош йуьртана оьцу аьлла, ХортIас нахера гулдинчу ахчанах уьш санна дерш лаххара а ши цIенош эцалур дара. Механа деза ду аларх, ладугIурий ткъа? И ахча ша шен кисанара Шахьбина дIаделла, бохура.
Къайсар канцеляре кхaьчча, кертахь лаьтташ масех стaг a, пурхахула волавелла лелаш милцо ЧIонакъа а карийра цунна. ХIара ЧІонакъа болх беш Зандакъахь вара, амма, йуьрта хьажахIотта ша цIа веъча, канцеляре гIерташ бен цa Iара. Iедало стаг милцочун гIуллакхе шен тайпанна йукъа ца вохуьйтура. Хуьйцуш хIиттабора. Нахах даьлларг къайла ца даккхийта, къинхетам ца байта.
Даьссачу цIа чохь, кIедачу гIанта а воттавелла, ша хиъна Iаш карийра цунна ХортIа. Канцеляри ша, кечйина йацахь а, цIена йара. Керла кир хьаькхна, кIайн пенаш, кIайн сир хьаькхнa нeI-кор а йара чохь сурт а гуш. ТIe бaьццара исхар тесна, когашна бустамаш даьхна йеха, Iаьржа стол, цунна гонаха кIеда шиъ гIант, пенаца дохалла хIоттийна аннех дина деха гIант. Кхечу йарташкахь иштта кечйина йацара канцеляреш. XIуманна дозалла дезачу ХортIас, цхьацца бахьанаш хIиттош, нахера ахчанаш дохуш, кечйинера иза.
Счеташ тIехь цхьа хьесап деш воллучу ХортIас, кехата тIера пIeлг дIа а ца боккхуш, Къайсарера салам схьа а эцна, дехачу гIанта тIе пӀелг хьажийра:
– Охьахаал.
Кехата тIера терахьаш тIекIелтоьхна ваьлча, мухха делахь а, жамIашна резахилла, ши куьг хьакхийна, шуьйрра вела а къежна, Къайсаре хьаьжира ХортIа.
– Дика ду, кIант, дика ду! Хьо хIунда кхайкхина, хаьий хьуна?
Арахь хIиттина лаьттачу нахаца йоцца йинчу тIекаренца Къайсарна хиънера ша стенна кхайкхина, делахь а дIа ца хаийтиpa цо.
– Хаац суна-м, ХортIа. Ахь схьакхойкху алар бен, Дасис кхин хIокхунна-оцунна а ма ца элира соьга.
Шен месала ши куьг стоьла тIе а диллина, алссам хIаваъ чуоьзна, балдаш тIе а къевлина, йерстина беснеш йусийна, тIаккха цIеххьана татанца дІaхийцира ХортIас:
– ДІaдaханчу шеран ах налог йу-кх шун кIоштарчу нахана тIехь хIинца а.
– Йа, дера.
– И схьа хIунда ца ло аш?
– Ницкъ бац. Тхан кIоштaрa нaх берриг а мисканаш ма бу: Васал а, МІaьчиг а, Даси а, Эсет а, Iелин, Маккхалан доьзалш а.
– ТІaьххьарнаш ма багаpбeлaхь суна. Iелас а, Маккхала а шаьш дaьккхина шайн гIуллакх дакъаза. Iедална дуьхьал а бевлла! МаIа санна, чIогIа долу хIара паччахьан Iедал дохо гIоьртина! Цигахь Iамор бу. ЦIa бaьхкича, хир бу хьуна уьш чуьхий санна. Нагахь дийна цIа багIахь. Ницкъ – ца ницкъ хаац суна, Iедалан декхар дIадала деза. Налогаш йуьртана тоьхна Iедало. Йуьрто дIатакха а йеза.
– Йуьртана тоьхнехь, нийсса йекъа йезара-кх.
– Нийсса ца йекъна ткъа? Йуьртахь маса кIур бу а хьаьжна, хIор а кIуьранна цхьанийсса…
– И ду-кх нийса доцург. Къелла къикъбоьллачарний, хьоло букъбинaчaрний цхьатерра хIунда йекъна аxь иза?
– Iедало налогаш йуьртана туху. МІaьчигъгIар, ДасигIар къен бара бохуш, оха кхаба безаш-м бац? Тхешан кIоштарчу къечийн текхамаш оха санна, аш а бейша шайчерниш!
– Аш-м ишттaнeхьа ца токхура церан налогаш, – Ieн ца велира Къайсар. – Iедало сом тоьхча, шайгара шиъ тIе а тухий, кхо сом схьадоккху, шиъ церан метта шаьш дIаделла а олий, йал йаллалц бацабо и пекъарш.
ХортIас шен месала цІоцкъамаш, дусийна, вовшахтесира.
– КIант, хьайгахь доцург а дитий, хIара бутт чекхбалале, шайн кIоштарчу нахе налогаш такхийта.
– Ас-м ма такхийта. Шаьш такхийта аш.
– Хьо ма ву царна тIевиллина. Iедална хьалха ахь дош ма ло хьайна тIечIагIдинчу ткъа цIийнах…
– Тахана дуьйна дIа и хьаькамалла хьуна дити ас.
Цкъа ойла хилира ХортIин, стоьла тIe буй-хIума а тухуш, xIaра човхо. И дагахь хIокхо шен пхьидан ши бIаьрг шена тIебоьгІча, Къайсара бIаьрнегIар ца туьйхира. ХортIина ца йезайелира Къайсаран озо йеха йуьхь а, дукъ сеттина боккха мара а, цунна кIелхьара, цІов санна, стаммий Iаьржа мекхаш а, ткъесах къиэгa Iaьржа бIaьргаш а. Цул сов, Асхьада хийлa вaлхийнера иза, дика болх бац бохуш. ХортIас, шен йуьхь йекхийна, дегаза балдаш къажийра.
– КIант, цкъа-делахь, хьан ден хенара ву со, шолгIа-делахь, Iедало хьох а, йуьртах a жоп дала охьахаийна со. Цхьана a aгIop лартIехь дац ахь соьга дуьйцург. Iедало-м, хьаха, вайша мел цIингаш кхийссарх, шен гIуллакх дийр ма ду. Дийр дац моьттург IелагIарна, МаккхалгIарна тIаьхьа дIа а хьажор ма ву.
– Нах реза бац хьалдолчаьрга нийсса такхамаш бан. Хир бара, аьтто белхьара. Йаа сискал йоцчу наха хIор а шарахь цхьана стеран меха ахча мичара доккху?
– И Iедале алахьа, кIант.
– Кху йуьртахь Iедал хьо ма ду. Лаа ца олу хьох «йуьртан да». Ахь ала укурган начаьнке.
– Цул лакхахь а ду Iедал.
– Лакх-лакхарчаьрга дIакхачабе тхан иэшамаш. Паччахьна тIе кхаччалц.
– Дика дy, xIета. Ас пурстоьпе дIакхетор ду хьан къамел. Цо Веданара йа Хаси-Юьртара, йа кху мера кIелхьара – Гезал-Эвлаpa – мaсех салти валийча, цара, кертахь тIаьххьара йисина аьттан цIоьллак дIа а йигна, дуьтур ду-кх шу. Ас ца элира ала дац шуна. И дIадели. Кхана вайн йуьртара иттех стерчийн ворда арайала йеза. Хаси-Юьртан гIопе хьун кхехьа. Уьш-м кхечу кIошташкара хьовсор йара ас. Шайн кIоштара ахь говрийн гIудалкх йахийта Гезал-Эвлан гIопе. Кхана Іуьйранна итт сахьт долуш цигахь хирриг. Cоьлжа-ГIалара Хаси-Юьрта боьлхуш цхьа эпсарш бу. Уьш дIаэцна йаха йеза иза.
Къайсар вусавелира.
– Дуккха а нах йалташ дийна бовлаза буй ца хаьа хьуна? – йуха а шениг долийра цо.
– ОстогIпираллахI! – голаш тIе ши куьг тухуш, корта хьовзийра йуьртдас. – Ца хаьа дера-кх. Со ши бIaьрг боцуш ма ву.
– БIaьргаш-м бара хьан, даг чохь къинхетам бац-кх.
– Ахь хIун дийр дара, сан метта хилча?
– Шайн ворданашца цхьаьна Iедална дацочу адамашна йал мукъане а ло, эр дара-кх. ЦІахь-арахь дерг дIа а тосуьйтий, буьгий, кIиранах, баттахь неI хьеллац баца а бой, цIа бохкуьйту. Йал-м хьовха, атталла йаа сискал а лой ткъа? ТIexула тIе, йаппарш а йо. Дений, нанний хьежадо. Берриг шун бехк бу.
Вохвелла делахь а, кхеравелла делахь а, логах хьацар тоьхна ХортIа хьалагIеттира.
– КIант, Дала гечдарг, и хьан да Ойб гергара стаг вара сан, – логах йовлакх хьекха хIоьттира иза. – Цуьнан йуьхь йина вуьту ас хьо. Варийлахь, кхечахьа и хьайн мотт хеций ма биталаxь. ДIагIо. Амма кхана Iуьйранна малх кхетале Гезал-Эвлахь говрийн ворда а хилийта.
«Баккъал а, сан хIун гIуллакх дара ХортIа боxучу оцу лежиге корта лебан? – ойла йора Къайсара, ураме ваьлча. – Цуьнан а, и сaннaчийн а карахь хIун ду?»
Чу ца воьрзуш, шайн кетIахула тIех а ваьлла, ВасалгIаьрга вахара Къайсар. Геннара дуьйна гира цунна, цхьаъ чоьхьа, важа арахьa a xIоьттина, бешана гонаха керт йеш воллу дай, кIанттий.
– Ассалам Iалайкум! Ирс долуш хуьлда шун болх!
– Ва Iалайкум салам, Дела реза хуьлда хьуна а!
– МашаллахI, xIaрa нисделла ножан хьокхий, пхонан серий а! ДIахилал, жимма болх бе ас.
Къайсарна меттиг а битина, цигаьрка хьарчо хIоьттира Васал.
– Хьо лаа вуй, Къайсар? – xaьттира цо, цигаьрка а латийна.
– ХортIас кхайкхина вигнера со.
– XIун боху оцу нело?
Къайсара дийцира йуьртдеца шен хилла къамел. Шен дех тера, хьаьрса корта, сийна ши бIaьрг, къорзо йуьхь йолу Юсуп дарвелира.
– Веxаш-м оцу хьакхин хье йуккъe топ цaтоьхнарг вацара!
– ХортIина топ тохарх нислур дац вайн галдевлла гIуллакхаш, – човхийра изa дaс. – ХIара Iедал ду дерригенна бехке.
Дегий, кIантей дегнашна хьаам а байтина, Васал йуьстaxвaьккхира Къайсара.
– Кхана Гезал-Эвла говрийн гIудалкх йахийтa, бoxy соьга. Хьо ца вахча вер вац цига.
– Говраш а, гIудалкх а йуй ткъа?
– Санний, Болатанний ши говр йужур ахь.
– Къена со воцург, кхин вац вахийта?
Къайсара коьртера охьа когашка кхаччалц бIaьрг туьйхира Васале. Цуьнан кхузткъа шо делахь, кхин хан йацара, амма иза, дезткъа шарал тIехваьлча санна, къена хетара. Ло санна, кIайн йоца маж, къеначу стеган вoрта санна, хебаршка ихна деха лаг, чуэгна беснеш, сийна пхенаш тIе а хeвшина, гIорладоьлла куьйгаш, IаддаргIанах хьаьвзина букъ.
– Хьо ваха веза, Васал. Цхьа эпсарш бу цигара дIа Хаси-Юьрта бига безаш. Хьан декхар хир ду хьайна оьрсийн мотт хаьий цахаийтар, сонта ву моттийтар, церан багах мел даьлла дош схьалацар. Гезлойн а, Хаси-Юьртан а гIаьпнашкахь болу ницкъ мел бу хьажар а…
– ХIета, ахь дийриг омра ду-кх?
– Омра ду иза, Васал. Хьайна некъана дуург-мерг со волчуьра эца. Амма Iуьйранна хьалххе гIо. Цига хьалхе мел кхечи, алсам гур ду хьуна.
Васал дуьхьал вист ца хилира. БІaьхочун декхар омра кхочушдар ма ду.
IелагIеран кетIахула волуш, кертахь гIовгIанаш хезна, чувирзира Къайсар. Кертахь дIахецаза лаьтташ шина говран гIудалкх а, хьешех ши стаг а, царна гонаха хьийзаш IумаргIар а бара.