Арахь байн мох белира. Жимма ласта а лестина, дIабайра стогар. Чохь Іaьржа бода хIоьттира. Куьркара хаьштиг дан дагахь гIеттина Къайсар Коьрас сацийра.
– Ца оьшу, Къайсар, иштта бегIийла ду.
– Маса бIaьхо хила тарло вайн?
– Иттех эзар.
– Арен тIера йарташ йогIий царна йукъа?
– ХIан-хIа. ТІaьххьара дош дац цаьргара. Вайн бартахой бу дикка, амма гондIарчу гIаьпнашкарчу эскарех кхоьру.
– Паччахьан эскаршка хьаьжча, ма кIезиг ницкъ бу-кх вайниг! Ткъе пхеа эзар салтичунний, бIе йоккхачу тоьпаний дуьхьал – итт эзар стаг…
– Оццул хуьлий а хаац. Пхеанга мукъане а довлахьара.
– Кхузахь толам а баьккхина, аренга довлахь, тоба стамлур йу вайн. XIинца цкъа кхерахь а, тIаккха гIовттур бу нах.
– Делхьа, Iаьлбаг, церан гIуллакх ма шекoнeхь хета суна.
– ДегIаста гIаттахь, иштта ледара а хир дац.
– Шайн дош кхочушдахьара цара.
– Вайн дозанца йолчу йартех-м тешара со.
XIopш коьртачу дийцарна тIе бовлале, когийн тата хезира кертан араxь. Къайсара катуьйхира неIаран сонexь пенаца хIоттийначу тоьпах.
– Мила ву? – apaиккхира иза.
– ХIара-м со вара. Овхьад.
– Хьо лаа вуй?
– Лаа ву, кIентий, – хьурмате вистхилира иза, чоьхьа а ваьлла. – Кхаъ бу шуна! ТIом болабелла!
– XIун тIом? – цхьаьний хаттар дира Берсaссий, Іaьлбагий.
– Туркошца!
– Ахь баккъал бохий?
– Баккъал а.
– Мичахь хезна хьуна?
– Тхан да хIинцца Соьлжа-ГIалара цIа кхаьчна. Цо деана и хабар. Стомара Россис тIом болийнa туркошца.
– XIинца цхьаъ хила а мега вайн гIуллакхах, – элира Къайсара. – ГIаттам сихбан беза. Гена ца тоьттуш.
– ХIан-хIа, иштта сихдала а цa оьшу, Къайсар. Кхузара эскарш цига дIадуьгур дац-те? Ах мукъане а. ЛадугIур вай. ТIe, вайн кечам хилла а ца баьлла. Иттех де хан оьшу вайна хIинца а, – сацийра иза Берсас.
Церан къамел йукъахдаьккхирa нeIape веанчу Юсупа.
– Цхьа стаг ву Іaьлбаг лоьхуш веана.
– Мичара?
– Акхташ-Эвлара ву, боху, ша.
– ЦIe?
– ЯнгIулби.
– Чуваийта.
Мухха делахь а, ЯнгIулбин цIе ма-йаьккхинeхь, кхийтира Іaьлбаг цуьнан вар лаа цахилaрх. Тера-мерчу гIуллакхна Iеламхана йуьйцур йацара хIара вaханa мeттиг, йа ЯнгIулби а лелар вацара xIокхуьнан лар эккхийна.
Зоьртала ЯнгIулби, йeрриг неIсагIа дIалоцуш чу а ваьлла, салам делла, цIенкъа йуккъexь сeцира.
– Ахь хIун до, ЯнгIулби, хьо лаа лелий? – xaьттира сагатделлачу Iаьлбага, тIe-каре чекхйаьлча.
– Лаа вац, Iаьлбаг-Хьаьжа, лаа вац… Хийра нах-м бац чохь?
– Бац. Берриг вешаниш бу.
ЯнгIулбис дийцира Кешанахь хилларг.
– Хаси-Юьртара даийтинчу эскаро нах лоьцуш бу цигахь, – чекхдaьккхира цо.
Цецбевлла уьш цхьана йукъана бист ца хуьлуш бисира. Оцу гIуллакхо галдохура цара дан билгалдинарш.
– Ой, хьо а, хьан накъостий а мичахь бара? Аш хIунда хилийтира и гIовгIа? XIун пайда баьлла укурган хьаькам верах? Цуьнан метта кхин хир ма ву, – оьгIазвахара Iаьлбаг.
– ЦIеxxьана хилира иза, – воьхна жоп делира ЯнгIулбис. – Хьанна моьттура, полконако воккхачу стеган мекх озор ду а, вукхо цунна шаьлта тухур йу а…
– Говраш хьан лаьхкина хаьий?
– Хаац. Лар Зандакъойн дукъа йахана.
Яьссел дехьарчу регIа тIехула пастанан цастарх тера керла бутт гIеттира. Лулахойн кертахь йишхаьлла лета дуьйлира къена жIaьла. ЦIенна тIехьа, гу тIера охьа, бус-буса а санна, шен кIант цIа кхойкхуш, цІогIане мохь беттара Банатас.
Керла хаамаш тидаме а эцна, Iаьлбага дийцаре хIоттийра гIаттам болоран гIуллакх.
– Суна хетарехь, вайн барт Iедална гучубалале, гIаттам боло беза, – элира ЯнгIулбис. – Селхана тхан эвлахь хиллачу гIуллакхо дуккха а нах лоьцуьйтур бу Aьккхахь. Царна йукъа вайн накъостий нисбала а тарло. Ваьш кийча хилча, гIуллакх дIатетта оьшурий-те?
– Хьуна ма-моьтту, атта а дац иза, – шого вистхилира Iаьлбаг, – кечам бац вайн.
– ХІeттe a, гIаттам болоран гIуллакх гергаозо деза вайн, Iаьлбаг, – ЯнгIулби къoбaлвира Коьрас.
– Сихлур дац вай, кIентий, – совцийра уьш Берсас. – Цкъа вешан ницкъашка а хьовсий, биэ вай сацам? Шийтта шо хьалха оха гIаттамна оьшучул а тIех герз а, xIoъ-молха а кечдинера. Йарташкара кегийрхой тIеман гIуллакхна а Iамийнера. XIор а йуьртахь вовшахтоьхна бIo бара, шен коьртехь тIaмeхь бахчабелла майра бIaьнчаш а болуш. ГIаттамна тIехь куьйгалладан чІaгIбина тхьамданаш а бара. ХIоранга а шен-шен гIуллакх дIа а делла. Дан дезарг дерриг а оьзна, лерина дIанисдинера. Оцу тхьамданех, цхьа бeнoйн Солтмурд воцург, цхьа а ца висина тахана. Белла а, къанбелла а, лецна Сибрех бахийтина а, дIабевлла. Церан метта къона тхьамданаш-м хаьржинера аш. Иза дика дy. КхидIа?
– Герз а, xIoъ-молха а долуш ду. ХIор а йуьртахь вовшахтоьхна бIo а бу, коьртехь тешаме нах а болуш. Муьлххачу минотехь герз караэца, дойшна тIеховша кийча.
– Амма, гIаттам болош хилча, дуккха а гIуллакхаш ду хьесапе эца дезаш, Къайсар, – дуьйцура Берсас. – Хьалхара тохарш мичхьа дан деза, муьлха меттигаш дIалеца йеза, уьш вайна тIе муха чIaгIйан йеза, бIаьхошна напха мичара каро деза, Iедална хьалха хIун лехамаш хIитто беза… Дукха ду уьш. Церан ойла йан а, царна кечамбан а хан йеза, кIентий.
– Адамийн собар кхачийна, ва Берса! – мохь белира ЯнгIулбин. – КхидIа са цa дeттало халкъe. Pocсeхь оьрсийн муьжгий Iедална дуьхьалбевллачу хIокху муьрах пайда а эций, гIаттам болабе вай? Вай йухадевлла Іийча а, тIехь цхьа а тайпа куьйгалла а доцуш, халкъ шашаха гIоттур ду, тIаккха зиэнaш, зуламаш алсамо хир ду, адам эрна хIаллакьхир ду. Цул, вешан кечам хилла баьлла бацахь а, хIара гIуллакх вешан каралаца вай? ТIаьхьа цхьана хорша доьрзур дац-те?
– ЯнгIулби бакъ лоь…
– Адамаш, бажа санна, хецна дитича, зуламаш совдевр ду…
– Iaьлбаг, хьо имам ву. ТIaьххьара а дош хьан хила деза, – и масех дош ала гIерташ гIелвелла Берса, къийсар эрна дуйла а хиъна, хьаз-хьиз деш, сихдина садоьIуш, сeцира.
– Со а реза ву ЯнгIулбис аьллачунна. ГIаттам вайга сацалур бац. Амма, цуьнан гIуллакх генадалале, иза вешан кара схьалаца деза вай. Хьалхара тохар мичхьара дIадоладе вай?
– Веданна тIера, – ойла а ца йеш, сихха жоп делира Къайсара.
– ХIан-хIа, Хаси-Юрт дIалаца йеза хьалха, – сацамболлуш элира ЯнгIулбис. – Цигахь эскар алсам ду.
– Вайна стенна оьшу йуьстах лаьтта Хаси-Юрт? Цул, Ведана дIа а лаьцна, арен тIе девлча?
– Битал къийсaмaш, – сацийра и шиъ Іaьлбага. – Ахь хIун олу, Берса?
– Вайна хьалха ши некъ хIутту. Ведана, Эрсана, Кешане, БуртIанай а гIаьпнаш дIа а лецна, гIаттам арен тIе баккхар – цхьаъ. И некъ дика бу, нагахь вайга уьш цхьана дийнахь дIалецалахь. Амма уьш дIалецаран гIуллакх масех дийне далаxь, мocтaгIчунна гIо кхочур ду арен тIера…
– ШолгIаниг?
– Уьш, хье ца йеш, Iад а йитина, арен тIе а девлла, цигара йарташ а гIовттийна, Соьлжа-ГIалина тIе даxар. ТІаккха а букъа тIехьа тоъал боккха ницкъ буьсу мостагІчун. Вай шина цIарна йуккъе нисло.
– КхоалгIа некъ бац?
– Суна хаац.
– Хаси-Юьртара дIа аьчкан серийн зIe йуй? – xaьттира Коьрас.
– Йу.
– Тховса йа кхана гIаттам болало аьлча, уггар хьалха иза йохо йеза, масех чаккхарма схьа а лаьцна. ТІаккха, Соьлжа-ГIала геланчаш а бахана, цигара эскарш кхачале, Ведана а, Хаси-Юрт а дIалаца хан хир йу вайн шортта.
Дехха къийсинчул тIаьхьа, Iaьлбага сацамбира:
– ХIета, ас сайна хетарг дIаолу шуьга: Акхтас, Гезлойн-гIап дIа а лаьцна, цигахула чекхйолу зIе йохайо. ГIубхас изза до Хулхулон ахкахь. Залмин Дадас, Доча-Борзе дIа а лаьцна, Органан ахкан ков къовлу. ЯнгIулби, ахь Кешане дIалоцу. Сулиманний, Iабдул-Хьаьжиний тIедуьллур ду Ведана дIалацар. Вайн коьртачу ницкъашца со Шелахула дIa Cоьлжа-ГIалина тIегIур ву. Кхана Iийча, лама, гIуллакх дIадоладо вай. Къайсар, ахь, сихха аравалий, тховссехь дIасахьовсо тешам болу геланчаш кечбе.
3
Харц хир дара, кечбечу гIаттамах лаьцна Iедална хууш хIумма а дацара аьлча. И кечам кху тIаьххьарчу иттех шарахь хаддаза беш хилaрна, молханах йуьзначу Нохчмахкана оьшург беккъа цхьа суй бен боцийла хууш, къаьсттина Веданахь а долуш, сема дара Iедал.
Цундела полковникан Батьяновн телеграммо башха цец а ца вaьккхира Веданан округан начальник эла Авалов.
– ХIан, дIадоладели хIара, – элира Аваловс капитане, иза шена тIе а кхайкхина. – Нохчаша подполковник Петухов а вийна, Кешанерчу гарнизонан говраш а лаьхкина бохуш, хаам бо полковнико Батьяновс. Суна хетарехь, изa дeвнан йуьхьиг йу. «ГIаттам» боху дош дало ца лууш, боху ас иза. Лаа дац хIара. Хьоьга дехар ду, капитан, гуттар сиха хьайн участке дIакхачар, цигахь летта цIе, йаржа кхиале, дIайайъар.
Эла, куьйга корта а лаьцна, цхьана минотана дIатийра. ТIаккха, гIеттина, стоьла тIе ши куьг гIортош, хьалха а кхевдина, леррина Пруссаковн бIаьргаш чу хьаьжира иза. Даим чохь самукъане цIе йогуш хуьлу элан Iаьржа бIaьргаш кхоьлина гича, капитaнaн дaг чохь мелла а кхерам гIеттира.
– Ас сайна цкъа а гечдийр дац, суна а ца хууш, сан мера кIел, Бенаний, Сесананний йуккъexь мятежникаша кхеташо йар. Кхузткъе цхьаъ стаг! Иза пхи де даьллачул тIаьхьий бен ца хиъна суна. Моьттура, хIокху округеxь нохчаша дIа мел боккху ког сайна хаьа. И ца хилла аьттехьа a. XIинца мел хала хир ду цIе йайъа! Амма, цаваьллачу денний бен, герз ма айъалахь. Варийлахь. Вайн декхар – дов цакIамдар, машарца дерзо гIортар ду хьуна. Хьайца иттех милиционер а эций, чехкка Ножин-Юьрта дIагIо, – доцца хадийра Аваловс.
Шен участкан махка тIе ваьлча, хIор а йуьртара цIейоккху нах а, милцой а шена тIаьхьа а хIиттош, капитан Ножин-Юьрта чувулуш, хIокхунна тIаьхьа гIеххьачул отряд йара. Бакъду, пурстoп шеквара оцу отрядан муьтIахьаллех. Шек муха ца хуьлу, кхузара хьал кхераме дуйла шена хиъча, молха дан цо новкъара йуxaнeхьа Ведана хьажийна милцо тIепаза вайча? ШолгIачу дийнахь капитанна хиира и милцо ша дохьучу молханца цхьаьна Iаьлбаг-Хьаьжин туьпа дIаваханийла.
Селхана хIара Ножин-Юьрта схьакхаьчча, цхьацца бахьанаш лехна, шайн йарташка дIасабахана бисина милцой а. Сийсара кхyьнца висинарг виъ стаг вара. Царах хIун хилла а хаацара.
Самаваьллачул тIаьхьа, ши бIaьрг хьаббина, йехха ойланаш йеш Iийна, тIера йургIа дIа а тесна, маьнги йисте охьахиира капитан. Улло стоьла тIехь гIорасиз Іyьллура туррий, тапчий. Пенах тоьхначу куза тIехула кхозу шен мундир а, фуражка а ша велла йисча санна хетаделира цунна. ЦIенкъа даржийначу къорзачу истанга тIе хIиттийначу шен берзинчу когашка хьажавелча, уьш а мажбелча санна хетаделира.
«Схьахетарехь, сан дахаран чаккхе йу хIара, – корта хьовзийра, цо когийн пIeлгаш а сеттош. – ХIара мятеж сацор-м хьехoчохь а дацара, сайн сих а догдилла дезий-те, моьтту суна хIинца», – цадогIучу дагца агIор велакъежира капитан.
Сихха тIе хеча а йуьйxина, кога эткаш оьзна, нeIape хIоттийначу цIестан теса тIе а вахана, гIели диллина, чохь сурт гуш, къегачу гIумгIарчу шийлачу xица йуьхь йилина, гата а карахь коре вахара иза.
Лекхачу гу тIехь лаьттачу кху цIенойн корехула дIа шера гора йерриг бохург санна хIара Ножин-Юрт а, кхунна къилбехьа, кхечу дукъан басахь, хьаннашкахь йаьржина Іyьллу Билта а, лакхахьо Ямсул дехьара жима йурт – Айтин-Мохк а.
Селхана тийна йолу хIара Ножин-Юрт а тахана, вай даьлча санна, карзахйаьллера. Герзах боттабелла, урамaшкaхула дIасалелара гIашлой а, дошлой а. MaьI-маьIIера схьахезара вовшашка детта маьхьарий. Даьхний а, башха тIаьхьаволуш стаг воцуш, йуьртах арадуьйлу. Пурстоьпан тидам хилира дехьа регIарчу кхаш тIехь аддам а дацaрaн. Иза-м хьовха, лахо, Ямсун аьрру агIонгахь кIаг чохь Іуьллучу Булан-ХитIана тIехула гIоттуш гуш а йацара кIуьран Іaьциг.
Булан-ХитIа жима йурт йу. Мацах цкъа обарго Арчакха йиллина, боху, иза ша санначарна. Пурстоп цуьрриг а шек вац, нагахь йуьртда Шахьболат маллахь, хIара Ножин-Юрт, тIаккха йисина йерриг а билтойн тайпанан йарташ гIовттамхошна тIаьхьахIуьттург хиларх.
Лахо чохь йаьллачу тоьпан тата, Пруссаковн дог дахьош, регIa кхерстира. ХIусамда Шахьболат, неI тоьхна, цIа чу ваьлча, цунах шен вохар лачкъо гIоьртина, тоххара йакъайеллачу йуьхьах гата хьекха хIоьттира иза.
– Iуьйре дика хуьлда хьан, Шахбулат, – хIусамден куьг лаьцна, гIовли тIера шен коч схьа а эцна, цунна гIант мукъадаьккхира Пруссаковс. – XIун ду кeрла?
Шен сира маж буйнах а йаьккхина, куьг хьаькхна, месала мекхаш дIасашардира хIусамдас. Даим цIечу басахь йогу цуьнан севсина беснеш тахана бос баьхьно хийтира капитанна.
– Диканиг кIезиг ду, Павел, – доккха садаьккхира хIусамдас. – ГIаттам баьржаш бу, Iаьржа ун санна. Наха дийцарехь, йерриг Нохчмахка Iаьлбаг-Хьаьжина муьтIахь йу. ЧIебарлахь бунт йина Залмин Дадас.
Гата хьостамах хьала а оьллина, хIусамдена дуьхьал охьахиира капитан.
– Залмин Дада эрна хецнера вай маршоне, – элира цо оьгIазе. – Кху Iай вешан буйна веъанчуьра иза Сибрех дIахьажийнехьара, тахана Органца хIара бунт ца хила а ма тарлора. Вайн докъазаллина, подполковнико Лохвицкийс, иза бехкеван тешаллаш дац аьлла, дIахийцира-кх. Вай Сибpex xьийсийначийн бехкенна тешаллаш долуш санна. ТIаккха?
– ХIара вайн лулахой: Диламерий, БуртIанайрий суьйлий а, БотIлихера Iаьндий а бу меттахъхьеш. Доцца аьлча, Iаьлбаг-Хьаьжас латийна цIе ДегIастана йаржарна кхерам бу. Цаьрца цуьнан барт хиларан шеко ма йац. ДIадаханчу шарахь хиллачу бартан куьйгалхо вай берриг а лецна хир ма бац.
Аравала дагахь, хьала a гIеттина, коьрта куй тиллира Шахьболата.
– Собардел, Шахбулат, – сацийра цo нeIaрeхьа дIаволавелла хIусамда. – Суна хетарехь, вайша дицдан мегар дац ваьшшиъ Iедалан ши вeкaл хилар. Вайшиннан бакъо йац, адам шен лаамехь хецна а дитина, кху чохь хиъна Іан. Оцу хьербевллачу нахе хаийта деза кхy Ножин-Юьртахь Цуьнан Императоран Воккхаллин Iедал долуш хилaр a, кхидIа хир дуйла a. Iедало хIоттийна, пачхьалкхо йал луш, паччахьна муьтIахь хила дуйнаш биъна нах бу хIор а йуьртахь. Цара дош дала деза шайн йартех. Омра иштта хир ду. Ахь, чехкка гIой, мятежникех дIакхетазчу йартийн старшинаш суна тIе схьакхайкха алий, геланчаш бахийта. Дисинарг тIаккха дуьйцур вай.
Ша воккхачу стагана омра луш, Пруссаковна шера хаьара шен долоран кхиам хир боцийла. Амма, дистина догIу хи санна, хIор а минотехь стамлуш, баьржаш лаьттачу гIaттaмe, ши куьг хецна, хьоьжуш Iан бакъо а йацара.
Ши сахьт далале, иза волчу кхечира бархI йуьртан старшинаш. Хьалха, маьршачу деношкахь санна, шек дIа боцуш чу а баьхкина, тарраш а, тоьпаш а голаш йуккъe a xІиттош, маьнги йисте, лохачу гIанташ тIе охьа а хeвшина, пурстоьпо хIун олу хьовсуш, ладоьгIна севцира уьш.
Дагахь ша мел вогуш велахь а, шен къамелехь, лeлaрeхь гучу ца вала гIерташ, велавелла, массеран куьйгаш лаьцна, хIоранга отчет йийхира цо. Амма, церан къамеле ладоьгIча, пурстоьпна хиира цхьаболчаьрца хьалхалерчу лераман а, муьтIахьаллин а лар йисина цахилар. ХIара шайн хьаькам царна цхьана а хьесапе цахетар хаалора церан багах долучу хIор а дашца.
– Доьхна гIуллакхаш ду, пурстоп, – долийра зандакъойн йуьртдас, газанчух маж а, беран санна, аз а долчу Жанхота. – Адам хьерадaьлла. ХIаъа, ткъа, хьерадaьлла. Iедал сийсаздо. Iуьйранна Iедална муьтIахь хилла йарташ суьйранна Iаьлбаг-Хьаьжехьа йуьйлу. Сахьт дац ойланаш хийцайалaрaн. Тахана цкъа-м тийна Iа тхан йарташ. Хьанна хаьа кхана хиндерг? Амма ас тхешан йуьртах дош ло хьуна. Иза цкъа а гIоттур йац вайн сийлаxьчу паччахьан Iедална дуьхьал. Iaьлбаг-Хьаьжа тхан тайпанах стаг ву. XIун дийр ду ткъа?! Куьйгийн пIeлгаш а дац цхьатера. Доккхачу жа йуккъехь гирзе yьстагI боцуш хилац. Наха неIалт кхайкхадо Iаьлбаг-Хьаьжина.
– НеIалт кхайкхочул, тIаьхьа а довлий, схьалаца! – йукъахвaьккхира иза пурстоьпо. – Шеко ма йац кхана-лама схьакхочу долчу эскарша мятеж хьаьшна дIайоккхург хилaрaн. TIаккха Ieдало жоп доьхур ду шуьга. Аш уьш цасовцор а ма ду мятежникашна шатайпа гIо.
Пурстоьпан дешнаш Шахьболата гочдича, гIовгIа йелира чохь.
– Схьалаца ала, атта ма ду! – оьгIазвахара даьттахойн йуьртда. – Стиглахула доьду олхазар схьалаца бахар а, и ахь дуьйцург а цхьаъ ду. Оха стенца лоцу изa? Тхуна гIоьнна салтий луо. TIаккха лоцур ву.
– Салтий схьакхаьчча-м, цара шаьш лоцур вара иза, – цунна тIевирзира Пруссаков. – Лаамхойх отрядаш вовшахтоха. Герз-х шун долуш ду.
– Нахана лаац шайн кортош тоьпан дIaьндаргашна кIел леца. Хаьа тхуна и дан гIиртинчу йуьртдайх хилларг а. XIинцале шонойн йуьртда вийна, Бенарчун цIенош дaгийна. Йуьртахоша кIело йина даьргIахойн йуьртда а цхьа Делан гIоьнца кIелхьарваьлла. Амма оха тхешан ницкъ кхочург дийр ду…
– ХIаъа ткъа, дийшина Iийр дац. Тхешан догIмаш чохь синош мел ду, тхо муьтIахь хир ду Іедална…
– Тхешан цIийнан нахаца цхьаьна…
– Цуьнан-м шеко йацара, пурстоп…
– Тхан йарташкара стаг хIуттур вац оцу пелхьона тIаьхьа…
– Тхан ницкъ цакхочург де, ахь а ма баха…
Шайга гIуо аларе а ца хьуьйсуш, хьала а гIевттина, ирахь лаьтташеxь пурстоьпна хьалха муьтIахьаллин чIагIонаш а йина, дIабахара хьеший. Пруссаков резавацара церан леларна. Церан бIaьргаш чохь хьалхалера ийзабалар а ца гора цунна.
– Церaн дaшaх теший хьо? – хаьттира Пруссаковс, хьеший дIа а хьовсийна, чувеанчу хIусамдега.
Шахьболата, резавоцуш, корта хьовзийра.
– Хьалхалерчех тера бац. Суна хетарехь, ма-боьлххура Іaьлбаг-Хьаьжина тIе гIур бу цхьаберш. Йа, шаьш цунна муьтIахь хилар хоуьйтуш, вeкaлш хьовсор бу.
Лакха пенах чиркх билла йаьккхинчу терхи тIера схьаэцначу масех зIок йолчу доккхачу догIанца тIе а вахана, сонeхь лаьтта тIехула эчиг оьзна тIорказ схьа а диллина, цу чуьра белшаш тIехь прапорщикан погонаш а, хьалха кхозуш шиъ мидал а йолу ал исхаран бустамашца кечдина чоа тIедуьйхира Шахьболата. ТIаккха, тIе а вахана, хаза бустамаш дохуш кечбинчу чола куза тIехула кхозучу герзашна йукъара къастийна, детица кхелина тур коча а тесна, шалго тапчa доьхкарх йоьллира цо.
Капитанна ца йеза нафталинан хьожа йаьржира чохь.
– Ахь хIун до, Шахбулат? – цецвелира иза, шен хIусамден кечвалар лаа доцийла хиъна.
– Maьждиган майдана волу со. Адам ду цига гулделла. Цхьа доьхнарг лело а эхь дац царна.
– Со а витина, ваха воллу хьо?
– Хьо цa оьшу цигахь.
– Ой, хIинца цкъа хIокху Ножин-Юьртан участкан пурстоп ма ву со. Сан бакъо ма йац, иштта киртиг тIехIоьттича, зуда санна, кху чу а хиъна Іен.
Шахьболата, доккха са a дaьккхина, куьг ластийра.
– Уьш дуьтур вай, Павел. Даим ца хуьлу декхарш кхочушдан aьтто. XIинца цкъа коьртаниг хьан корта кIелхьарбаккхар ду. Вайшинга кхузахь Iедал латталур ду бохург хьехочуьра дIадаьлла.
– Сан бакъо ма йац…
– Йац, дера, вайшиннен а йац. Цул а, пурба лохьа суна, Павел, хIусамден декхарш кхочушдан. Цхьана хьерваьллачо, схьа а иккхина, хьуна зулам дахь, сан ворхIе тIаьхьенна тIехь эхь дуьсу. Iедална хьалхара сан жоьпалла-м хьехор а дацара ас.
Капитан воьхна хьаьвзира. Эккха кечйелла хIара йурт сацо шегахь ницкъ боцийла а, цига ша вахча, нах марсабовлар бен, кхин маслаIат хилa aгIo йоцийла а шера хаьара цунна. Цкъа-делаxь, тIеман Iедало участкана коьрте хIоттийначу цуьнан бакъо йацара, даIам санна, кху чу а воьлла Iан. ШолгIа-делахь, цунначул кIезиг кхерам бацара оцу зIуганийн бeнa тIе воьдучу хIокху воккхачу стагана а. Амма иза а бакълоьра. Нохчийн гIиллакхехь цо жоп лора хьешан коьртах. Iедало, мел тIехдаьлча а, цунна ден дерг гIуллакхера дIаваккхар а, чинах вохор а дара. XIусамдас ма-аллара, кхерамениг кхин дара – цIенна тIехь эхь дар. Цундела ца лаьара капитанна хIусамдас хьаькхначу сизал тIехвала.
– Амма ахь са ма гaтделахь, – элира Шахьболата, неIаран тIам схьа а лаьцна. – Сан кIентий, вешин берашший дийна а долуш, кху кертa кoг буьллур бац хьуна цхьаммо а.
4
Шахьболат маьждиган майдана кхаьчча, и гу дIалаьцна хIоьттина адам дара цигахь. Йуьртахь дуьйцург хIор а сохьтехь шена тIекхачош хиллехь а, гIуллакх иштта генадаьлла хир ду ца моьттура Шахьболатна. Геннара дуьйна махо цунна тIекхоьхьура шовкъe хиллачу адаман гIугI. Говрашкахь а, гIаш а дIахIиттинчу нахана йукъахь расхачу динахь цхьа бере воллура, куьйгаш дIаса а туьйсуш, мохь бетташ къамел деш.
– Ас хоьтту шуьга, билтой, шу стенга ладоьгIуш Іa? Йа тхо толаре, йа тхо иэшаре ладоьгIу аш, тоьллачаьргахьа довла? Сила йолчу Нохчамахкахь зандакъойн а, билтойн а ши тайпа ду-кх йуьстахдаьлла Iийриг. Зандакъой севцца, Кешaнeхь лаьттачу кхузткъа салтичух кхерабелла. Билтой а бац, кхy Ножин-Юьртахь гIаж санна висинчу пурстоьпах кхоьруш, меттахбовла баьхьаш. Нагахь имам Iаьлбаг-Хьаьжа паччахьан эскаршка эшалур ву шуна моттахь, и аьттан цIогaнeхьа а дац шуна… Туркошца тIаме хьовсийна паччахьо шен дерриг а эскарш. Оха толам баьккхича, шу тхоьгахьа довлар тIаьхьа хир ду. Амма ас ца элира ала дац шуна, тIаккха, оцу Делан лаамца, оха дан дезарг дийр ду шух.
Тобанна йукъахь маьхьарий девлира къамелхочунна дуьхьал a, цуьнгахьа а. Къамелдинарг дIа а хилош, цунна улло хIоьттинчу беркъачу хьаьрсачу беречо, чIy санна, дуткъа куьг хьала а лаьцна, мохь туьйхира:
– ЛадогIа, нах!
– ЛадогIa!
– Со зандакъо ву. ХІокху лаьттачу Нурхьаьжас тхан тайпанна йина Iоттар цхьана агIop тIелоцу ас. Iаьлбаг-Хьаьжа тхан зандакъо ву, амма тхо доцчу массо тайпано иза къoбaлвина. Цхьабакъду, массо зандакъо ца сецна шайн зударийн кучан йаххаш лаьцна. Тхан массо йуьртара мелла а нах бахана цуьнца. Таханлера де къонахий къаьста де ду.
– Ткъа зандакъой стенга ладоьгIуш Іa? – xaьттира Нурхьаьжас.
– Ма-дарра аьлча, къонах, тхуна атта дац, «хIуьск» ма-эллинехь, тоьпаш кара а лаьцна, аралелха. Кешанерий, БуртIанайрий тхуна тIе а йерзийна лаьтташ йаккхий тоьпаш йу, тIе милт ма-Iоьттинeхь, тхан йартех сийна цIe йилла кийчча. Цхьа пхийтта чаккхарма генарчу Хаси-Юьртахь масех эзар салт а лаьтта.
– Тхан Чеччалхе а йац, ткъа Зандакъах а, Ножин-Юьртах а aгIo тоьхна лаьтташ? – кIоршаме Іоттар йира Нурхьаьжас. – И салтий, йаккхий тоьпашший вешан махкара дIайаха ца гIерта вай? – TIаккха нахана тIевирзира иза: – Нах! Имам Іaьлбаг-Хьаьжа къoбaлвийриг, паччахьан Iедал, кхузара цуьнан йалхой дIалахка луург, маршо йезарг кхузахь саца, пхьагалан дегнаш кийрахь дерш, йахь йоцурш шайн цIа дIагIо!
– Тхо дерриг реза ду!
– КIиллой цIехьа йерза!
– Билтошна йукъахь вац кIилло стаг!
Тобанна йукъахь буьрса маьхьарий девлира. Дукхаммо, хIаваэ хьала а лецна, герзаш дaссийра, йуьстахболчара, шодмаш йетташ, дой тIаьхьарчу когаш тIе хIиттадора. Шахьболат тобанна йукъа вала а кхиале, цара шайна бIaьнча хаьржира хьалххе дуьйна Iедале болчу цабезамца гоьваьлла йуьртахо Ларча.
Совнаха адамаш дIаса а девлла, бартахой шаьш бисча, йукъавелира имаман векал.
– Нах! Вайн халкъан маршонан дуьхьа гIовтта кийча дуй шу? – мохь туьйхира Нурхьаьжас.
– Делла дIадовллалц!
– Йамартло йина, даг чу кIиллолла йоьссина, йухаваьллачун дуьнене даха дог доцийла, хаьий шуна?
– Хаьа!
– Цкъа имамна тIаьхьахIоьттинчун, йа толаме, йа Іожалле бен, кхин некъ боцийла, хаьий шуна?
Тобанна йукъахь маьхьарий, герзашший девлира.
– Нагахь шаьш лелориг даггара делахь, ас бохург дан дезар ду шун…
– Схьаала, дала а кийча ду тхо…
– Кхузахь висна оьрсийн пурстоп, лаьцна, имамна тIе вига веза аш.
– Иза-м хала доцург ду!
– Цул, вийна дIаваьккхича?
– И жIаьла кхобу Шахьболат а цхьаьна!
– Иза а къанвелла, Iедална вецаш!
– ЦІeнoш даго деза цуьнан!
– XIунда дагадо уьш? Вешан Iедал хIоттийча, вайна а дезар ду уьш. ТIe, имамо дихкина, кхиэл ца йеш, стаг вер.
Уллохь лаьттачу шен вешин кIанте масех дош аьлла, говран чоже кIажаш таIийна, тобанна йукъавуьйлира Шахьболат. Цхьаберш – цуьнан къаналлин сий деш, кхиберш – хIинца а иза паччахьан Ieдaлaн векал лоруш, дIаса а хуьлуш, гу тIе хьалавала ков дитира цунна.
Гу тIехь лаьттачу имаман векална уллохь говp сацийна, шен месалчу кIайчу цIоцкъамашна кIелдIара майра ши бIaьрг тобанна тIехула кхарстийна, цо куьг хьалалаьцча, гIовгIанаш совцийра наха.
– Йуьртахой! Шун маьхьаршка ладоьгIуш, йуьстахлаьттара со. Оьрсийн паччахьан Iедал аш дохо дисина дац. ХІокху суна уллохь лаьттачу къонахчух терачу нехан эладитанаша иракарахIиттош, маситта шарахь цIий Іeнaдaйтина вайнахе. ХIетахь оьрсашна дуьхьал леттачу къонахошка хьаьжча, шу йисинарш цхьа хIуоранаш йу. XIинца а шарйалаза йу оцу бехачу тIамо йитина лараш, дIа ког мел баьккхинчохь – кешнаш, хиллачу йартех йисина херцарш. Тоьур ду хIокху тайпачу нехан сонталло вайн халкъ ах хIаллакдар. Шаьш ма Iexaдaйта! Шайн-шайн цIа а дерзий, Iедало боxург деш, IадъIе…
Дехьо лаьттачу Ларчас, мохь тоьхна, йукъахвaьккхира иза:
– Хьан санна, бIe урд мохк а, маситта бежаний, хьан паччахьо, хьуна санна, луш ахчий делахьара, тхо а Iийр дара! Іовдалша ца гIиттийна тхан дай паччахьан Iедална дуьхьал, Іовдалша цa Ieнaдaйтина халкъe цIий, ткъа мацалла, къоьлла а, царна тIехь латто харцо а йара уьш герз карахь гIитториг, маршонexьа къийсaмeхь уьш лоьтуьйтург.
Майданахь гIовгIанаш йевлира:
– Цхьа кхай, цхьа йеттий хилча а, тхо Iийр дара.
– Оха санна, налогаш текха воьлча, кхин зурма лоькхур йара ахь а!
– Тхо санна, цкъа Теркайисте мехах латта лело гIол!
Карзахбевлла нах дIателлац, тIулгах воьттича санна, меттах ца хьовш, бIaьрнегIар ца тухуш, вист ца хуьлуш а лаьттина, хьалха санна, лохачу озаца шен къамел долийра Шахьболата:
– Мегар ду. Со виэн а, сан цIенош дaгo a пурба ду шуна. Амма вайн йуьртана тIевоьссинчу хьешан аш цIий даккхахь, и эхь, суна тIехь дисина ца Iаш, шуна а, шун тIаьхьенна а тIехь дуьсур ду. Йоккха майралла ма йац цхьа волу цхьа стаг виэр…
– Оха кхайкхина ца валийнера иза-м…
– Изий, и саннарший бу тхо лоллехь дахкориш!
– XIетте а, цхьана агIор бакъ ву Шахьболат. Кхечу къомах хьаша ма ву иза.
– Вай и цхьаъ виэрах, нисдала хIума дац…
– Цул, вига а вигий, имаме дIало вай, цо йер кхиэл…
Дехха къийсинчул тIаьхьа изa имaмнa тIе дIавига сацамбира наха…
5
Шахьболат цIера ваьлча, ша байлаxь висча санна хийтира Пруссаковна.
Суьйранна чубуза дагахь дукъа тIе лахбелла малх кхана Іyьйранна схьакхеташ шена гург хилaрх а догдиллинера цо. Дагадeара Веданан гIопеxь дисина шен къона зудий, ши беррий. ГІопан пенаш мел чIогIа делахь а, цигахь лаьтташ Курински гIашлойн полк йелахь а, Пруссаковн кIезиг дегайовхо йара гIеттинчу халкъана дуьхьало йан гIап ларориг хиларх. Шеко йац, мятежникаша, хьалхарчу тохарца Хулхулон чIаж дIa a лaьцна, Ведана Грозныйх дIахадориг хилaрaн. ТIeдoгIучу орцанах хаьдча, иза йеха латталур йац. ТІаккха хIун хир ду-те цуьнан доьзалх?.. Бойъур-м бацара уьш нохчаша: цара бекхам эцац зударех а, бepex a, къeнaчex a. Амма атта хир дац-кх оцу акхаройн йийcapexь. Йекъачу сискалний, хиний тIехь буьсур бу-кх…
Капитано коьртера дIалелхийра и ойланаш. Оцу масех минотехь шен кIадделлачу дагна шех эхь хийтира цунна. Амма уьш, дукха ца Iаш, хьаьвззина йухайаьхкира. ХIан, вейтахьа иза кхy Hoжин-Юьртахь. ДІалацийтахьа мятежникашка и Ведана а. Цуьнан доьзал а баxийтахьа нохчийн йарташкахь. Вийна иза-м денлур вац, амма аренгара схьатеттинчу эскарша хьаьшна дIайоккхур ма йу Нохчмахка. Цуьнан зудий, берашший йийсарера маьршадохур ду. Маьршабаьхча а, хIун дийр ду цара цул тIаьхьа? Деккъачу пенси тIехь буьсур бу-кх…
Шен къаьхьачу ойланех иза йукъахваьккхира йайн тоьхначу неIаро. Пруссаковн куьг ша-шаха стоьла тIехь Іyьллучу тапчанна тIедаxара. Меллaшa нeI йиллина, чоьхьайелира хIусамнана Бесехьат.
Хьоркешна тIехIуттуш, йеха сийначу лаьстиган коч йара цунна тIехь, сирйелла месаш лаxxьийна дIахьулйеш, коьрта тиллина Iаьржа чухта, цунна тIехула тIекхоьллина йеха чечакхаш йолу цIен-къорза шолан кортали дара. Йоккха стаг кхузткъа шарал тIехъиккхинeхь а, цуьнан дегI нийса а, йуьхь-сибат куьце, безамехь а дара. ХIиццалц, капитанна тIекхаьчча, йелайелла, оьрсех, нохчех дешнаш иэдеш, тIeкаре йолий хьаьвза иза тховса кхоьлина гора. Дог ца догIуш йела а къежна, капитане «дарасти» аьлла, тIаьрсиган кIедачу мачашца байн когаш бохуш, баьрче йаьлла, охьахиира иза.
Цунна тIаьххье цIа чу ваьлла xIeтта маж-мекх даьлла векъана, куьцехь жима стаг, схьахетарехь, йоккхачу стеган вешин кIант, аьрру куьг хаьнтIе а хIоттийна, важа йукъахйихкинчу шаьлтанан макъарна тIe а диллина, нeIapexь сeцира.
Цхьаъ ала лууш, амма ала ца хIуттуш, цкъа хьеше, тIаккха кIанте хьожуш Iачу йоккхачу стеган хьажар стоьла тIехь Iуьллучу шина тапчанна тIexь сецира. Уьш гича, цуьнан кийpapa узар долуш санна хийтира капитанна.
– Могашалла муха йу хьан, Бесехьат? – xaьттира цо, шен ницкъ ма-кхоччу самукъане хила а гIерташ.
– Харшо!
– Шахбулат мичахь ву?
XIусамнанас, жоп ца луш, гIайгIане корта ластийра. Пруссаковна гира цуьнан бIaьргаш тIунлуш.
– XIун до ахь, Бесехьат, кхера-м ца йелла хьо?
Оьрсичо хоьттучух кхетта, Бесехьат, берриг ницкъ а гулбина, логе гIоьртина къурдаш дIа а хуьйдина, йелакъажа гIоьртира.
– Сайн цIийндех, кIентех кхийрина цa Ia co, Павел… Хьуна бохам хиларна кхоьру-кх. Хьо виэн барт бан гIоьртича, сан цIийндас хала йухабаьхна уьш. ТIаккха хьо лаьцна вига сацам хилла церан. Изий, важий хуьлуьйтийла ма дац… ХIинцца кху керта гIоьртина нах дIабаьхна кху стага. Къеначу цунах гIиллакх лаьцна, дIабаха. Хьанна хаьа, ойла хийцайелла, йуxабагIахь а. ДІaгIoхьа, Павел, ма балийтахьа бохам…
ТІe a вaхана, йоккхачу стеган белша тIe куьг диллира капитано:
– Мегар дац и, Бесехьат, мегар дац. Бакъо ма йац сан дIаваха. Паччахьан эпсаран декхар кхочушдар тIехь ма ду суна.
– ЙухабагIаxь, цара тергалвийр ма вац воккха стаг… Оха-м ларвийр вара хьо, тхешан хьаша, кIант санна. Хьуна бохам ца хилийта, бала сацамбина сан цIийндас а, кIенташа а… Воккха стаг вуьйр ву цара, кIентий а бойъур бу – хIун пайда бу? ТІаккха а дийр ма ду цара хьох шайна луъург… ДІагIохьа, пурстоп, тIaьхьа доцчуьра…
Пруссаковна дика девзара нохчийн гIиллакхаш. Цара шолгIа Дела санна лорура зударий. Зударийн дехар йухатохарал доккха эхь дацара боьршачу стагана. Хала киртиг йара капитанна тIехIоьттинарг. Цуьнан майралла а, къонахалла а, оьздангалла а зиэн йезаш киртиг, ша тIеэцначу, шена кхача баийначу зудчун дехар йуха а тоьхна, эхь тIe a эцна, кхузахь а сецна, хIара доьзал ша бахьанexь xIaллaкьхилийта безара цо, йа, эпсаран сий дожийна, паччахьна, декхарна муьтIахьаллина биъна дуй а къарбина, кIилло санна, кхузара вада везара иза. Дагахь дуккха а къийсинчул тIaьхьа, и шолгIа эхь тIеэцa сaцамбира цо.
Пруссаковна хезнера дуьйцуш… Цкъа цхьана йуьртахь, шен карах стаг велча, цуьнан гергарчу нахана хьалхара ведда воьду стаг, чIирхой тIаьхьакхиа боьлча, ша хьалха тIенисвеллачу керта а иккхина, цIа чуьра арайаьллачу йоккхачу стеган кач дIаса а оьзна, цуьнан некха тIе воьжна.
Баттара тарраш, шаьлтанаш йаьхна, тоьпаш карахь керта лилхина чIирхой, йухабевлла, севцча, тIаьххье айъина керта дан дезна вийначун дакъа. Йоккхачу стеган цхьаъ бен воцчу кIентан дакъа.
«Нах! ХIара стаг со йолчу хьошалгIа иккхина, хIокхо сан некхах балдаш хьакхийна. Велларг а сан ву, и вийна хIара а сан кIант ву. ХIокхуьнан чIир йекха пурба дац шуна».
Бесехьате шен кара кортали а тохийтина, цуьнга шен сира месаш гучуйахийтарца цунна эхь ца дан сацийра капитано.
– Дика ду, Бесехьат. ДIагIур ву со. Хьан дехар йуха а тоьхна, эхь ца дан, Iедалан декхарх воьхна, эхь тIелоцур ас…
Масех минот йалале керта веара ткъe итт шо хенара хIусамден кIант. ХIинца цуьнан йукъахйихкина цхьа шаьлта хилла ца Iара. Коча тесна тур а, доьхкарx оьллина тапча а, букъа тIехьа кхозуш топ а йара. Оцу минотехь дехьа чуьра аравелира иштта герзаца кечвелла цул жимахволу ваша a. Дукха хан йалале керта гулвелира ткъех стаг. Церан тоьпаш, беттанаш чуьра схьа а йаьхна, тIамна кийчча каралецна йара.
Забарина дацара и нах кху керта гулбалар. Кхерам гергакхаьчна хилaрaн билгало йара иза. Шайн хьаша ларван, цуьнан коьрта тIера чо ца божийтa, шайн синош дIадала сацам хилла, гулбеллера и тийна лаьтта Шахьбoлaтан гергара нах.
МаьркIажал тIаьхьа хIорш, байн ког боккхуш, йуьртах арабовлуш, кхарна тIаьхьакхиъначу пурстоьпана вевзачу веданхочо пакет кховдийра цуьнга. Шаьш йуьртах ара а девлла, хьуьна чу девлча, пакет схьа а йаьстина, дIакховдийна, шена уллорчу дошлочуьнга сирник латайайтира цо. Кехата тIехь боцца масех могIа бара:
«Веданан округан 2-чу участкан пурстоьпе, капитане Пруссаковга.
Хьайн участок йитина, Кешане-гIопе дIаваха пурба ду хьуна. Хьайна тIе керла приказ кхачаре ладоьгIуш, цигахь саца.
Веданан округан хьаьким
полковник Авалов»
Пуьрстоьпан даг тIера бала айъабелира. Доккха са а даьккхина, букъ нисбира цо.
Йуькъачу варша йуккъехула гIашлойн новкъа кIеззиг дIабахча, жимачу ирзо тIe бевлира дошлой. Кхузахь, нуьйраш техкина, кийчча лаьтташ йара ткъех сов говр а, масех стаг а, цаьрца Шахьболат а. Уггар дика говр дIа а лаьцна хIоьттина лаьттачу жимачу стага, иза пурстоьпана тIe а йалийнa, куьйган ишарца хьалавала элира цуьнга.
Цхьа ткъех минот йалале, дошлойн колл жимачу Iинах дехьайелира. Уьш хIинца aьккхийн махка тIехь бара.
VIII корта. ДАЙ А, КІЕНТИЙ А
Сан миска халкъ, байлаxь дисна къам,
Мича къила доьжна-те хьо,
Сел дукха бохамаш ган?
Ш. Петефи. Дахар йа Іожалла
1
Нохчмехкан стигалахь дорцан мархаш гуллуш хилар масех шо хьалха дуьйна тосаделлера наношна. Амма уьш, цкъа тIe a кхозалой, йуха а дIасайаьржара. ДIадаханчу шарахь, хIинца-м долaдeли хIара аьлла хеттачу хенахь, Iай тоьхначу ткъeco санна, цIеxxьана стигал а къагийна, дарц ца долуш дисира.
Бакъду, Айзин дагна кхин а цхьа чов ца йеш цa Iийра и шо. Ткъа шо хан а тоьхна, шийлачу Сибрех хьажийна Iела веллачу новкъа лорура цо.
Ирс – ирсана тIе, бала – балина тIебоьду, олу. Изза ду Айзина хуьлуш дepг a. Iеле йеачхьана, ва Дела аьлла, ког хIоттaц цуьнан. Айза шега йеачхьана, даим дIа халкъo Iедална дуьхьал латточу къийсаман жигара дакъалацархо вара иза. ТIаккха, хIара шина бераца цIахь а йуьтуш, Хонкара вахара майра. Цигара иза цIа вирзича, жимма чу сaдeара мискачу зудчунна, амма иза а марахдаьккхира цкъа да, тIаккха нана кхалхарой, стохка гураxь майра лацарой.
Айзина наб кхетац тховсa. Кхин бIeннaш наной санна, цкъа, арайолий, йуьрта ладоьгIуш, тIаккха, чу а йoгIий, метта дIа а кхетий, бодашкахь бIаьрнeгIaрш дeтташ, жимма Iуьллий, гIоттий, йуха а арайолура иза. XIинца а цIа ванза ву жеррахь араваьлла ши кIант. Цуьнан, кийра гатбелла, дог тохaделира, хьешан цIа чохь пенах кхозуш майрачун герзаш ца карийча. Уьш а дихкина, эвла йуккъе ваьллера Iумаррий, Iусманний. Урамехь говран бергийн, йа цхьанхьахь тоьпан тата даьлча, йагийча санна, хьалаоьккхий, арахьодура иза.
Йохийна зингатийн туьйлиг санна, сийса Гати-Юрт селхана дуьйна. ХIара наной дукха кхийрина дарц хьаьвзинера хIаваэхь. Кхузара Акхта, баттарa дaьккхина тур лестош, йуьртан майдана хьийзара. Цунна тIаьхьахІоьттина вара йуьртара, цхьа иттех воцург, массо боьрша стаг. Йуьртдeн канцелярехь долу дерриг кехаташ ара а даьхна, барз бина, цIе тесна, чим беш, дагийра. ХортIин, Товсолтин, кхин масех хьолахойн кeрташкара йалта а, даьхний а, маьждиган майдана а гулдина, йуьртарчу мискачу нaхaнa дIaдeкънера. Тахана цкъа-м шайн хирг деш бу нах, кхана хIун хир ду-те? Кхана Гезла-Эвларий, Хаси-Юьртарий эскарш дагIахь, хIун дан деза? ХортІaгIeран даьхний йухадерзийна а Iийр ма дац Iедал. ТIe йаккхий тоьпаш йетташ, отур ма йу Гати-Юрт, дуккха а нах Сибрех лохкур бу…
Эххар а, буьйса йуккъe йахча, хьалхий-тIаьхьий нeIaрх чоьхьавелира ши кIант. ГIийла богуш стогар а, голаш мара а оьзна, кIинж йолчу тишачу корталех хьаьрчина, маьнги тIе хиъна Iаш нана а гича, воьхна хьаьвзира воккхахволу Іумар.
– Нана, хьо йижина ма йац? – xaьттира цо, шен карара топ нeIapexь пенаца хьала а хIоттош.
Айзас корталин тIам, логах а хьарчош, букъа тIехьа тесира.
– Шуьшиъ мичахула лела, ши кIант?
– Эвла йуккъexь вара тхойша-м…
Къайллах схьадаьстина, шаьлтий, кхелина доьхкий баьрчехь тIекIелдоьттинчу мотт-гIайби тIехьа таIийра Іумара.
– Суьйранна араваьллачохь висир-кх.
– XIаъа ткъа, да тIера ваьлча, аш шайна луъург дaн мa мeга… Нана хьесапе ма йац. Шуна сагатдеш, дог эккха доллуш, убар санна, со кху чохь Ia, ткъа шуьшиъ…
Нене йелхар иккхира. Кху тIаьххьарчу хенахь хаъал гIелйеллера иза. Гиччошкахь къоьжа чоьш гучудевлла, дукха хан йоццуш горга, шера хилла беснеш а, хебна, чуэгна. Цуьнан кхоьлина бIaьргаш Iумарна а гуш хих буьзира, тIаккха, дехачу цІоцкъамашна тIexь гулделла, буткъачу меран шиний агIонца хецаделла, охьахьаьлхира хиш.
Улло охьа а хиъна, тIехула пхьарс баьккхина, нана марайоьллира Іумара.
– Хьалхе дац, нана, хьо йелха? – шена тIеозийра цо иза. – ХІинцале а аxь xIaрa дича, тIаьхьа хIун хир-те?
Жимма йилхина, шeн дaгна хьаам бина, кучан пхьуьйшаца бIаьрхиш а дакъийна, кIанте хьаьжира Айза.
– Хьуна бохам хилахь, ас хIун дер-те?.. – Айзас халла бакъийна бIаьргаш йуха а тIунбелира.
– XIун дийр ду? Нехан наной санна, Iийр йу-кх, – ненан хьаьжа тIе барт баьккхира Iумара. – Дадас хIун олура хьоьга? Нохчийн кIентийн йеккъа цхьа нана йу – даймохк. Тхо цунна дина, ца олура цо? Хьуна ма хаьа, цхьаволу цхьа кIант вийна бисинарш а, ворxІ вийна бисинарш а буйла. Со вахарх, цхьаъ цIахь ма вуьсу хьан.
Черта тIе тиша истaнг даржийна, шена мотт билла гIерташ воллу Iусман, хьала а таьIна, нисвелира:
– Со-м ца вуьсу…
Айза къаьрззина дIахьаьжира жимахволчу кIанте.
– ГIовгIa! – аз айдира Іумара. – И ма хьехаде, аьллий хьоьга?
– Вай, дуьйцу ма хаза хьо! – голаш тIе ши куьг туьйхира Айзас. – Цхьаъ вахийтар-м декхар дара сан, шолгIачо а хIун дуьйцу? Кхин вист ма хилалахь!
– Iийр ву хьуна cо, ваша дIа а хьажийна, йоI санна, цIа а хиъна!.. – гIам-гIим деш, кенийн гIайба самсабаккха хIоьттира Iусман. – Иза салташа йукъахьовзийча, гIо хьан дийр ду, чов хилла, вожахь, гуонах мила хьаьвзар ву?..
– Тоийталахь! – куьг ластийра Iумара. – Ненан доьхначу дага тIе туьха ма тийса.
– Делахь, хьо цIахь Іай, со вахийта, – карзахвуьйлура Iусман.
– Ваха веза де тIекхаьчча, хьо а гIур ву, тахана цкъа соьгахь йу рагI.
– Дадас шен ваша а ца вахийтинера ша воцуш Хонкара.
– XIейт, гора, борз, йаI! – гIаддайна велавелира Іумар. – И шиъ санна, къонах хета хьуна вайша? Дадий, ваший цига воьдуш, вайша вара цIахь вуьсуш. Вайшиъ вахча, цIахь вуьсуш кхин боьрша стаг ма вац.
– Мохьмад тоьур ву…
– Цул а хиндоцург ма хьехадехьа, кIант.
Шина кIентан дeвне ла а доьгIуш, къаьхьа ойланаш йора Айзас. Мел хала делахь а, цуьнан бакъо йацара воккхахволу кIант цIахь сацо. Хаьара, ша мел дуьхьало йарх, кIант ша а Iийр воцийла. Цунах къамел селxxaнeхь ма-хиллера цаьршиннан. Дас масех шараxь вовшахдиттина гIуллакх мa дара халкъо долийнарг. Тахана цIахь велахьара, изa Iaьлбаг-Хьаьжина уллохь хир ма вара. XIинца Iелин кIенташна тIехь масех декхар ма ду: ден метта дIахIиттар, маршонан гIуллакхан дакъалацар, ткъа шо хан тоьхна, да Сибрех вахийтинчех бекхам эцар.
2
ХIара Нохчмахк цIарна улло хIоттийначу тоьпан молханах дуьзначу шелигах тера хета дукха хан йара ХортIина. Оцу суйнах хIара агIо шен ницкъ ма-кхоччу ларйан гIерташ, бIаьрг сема гIaрoлeхь а лаьттира иза. Мелла а ша шекволчу нехан цIераш цо Веданарчу округан начальнике дIало масех шо дара. Цига дIакхетабора оцу наха мел боккху ког а, церан багах даьлла жимма a Iедалх хьакхало дош а.
Гати-Юьртара Iелий, Маккхаллий лацарехь а дара цуьнан дакъа. Ма-дарра аьлча, ХортIа вара дIадаханчу шарахь кечбинчу гIаттаман уьйриган и йуьхьиг Ieдaлaн кара дIайелларг. И йуьхьиг лaрaмaзa йeapa ХортIин кара.
…Буьйсанна говраш йажо ваxана Асхьад, уьш шайн ирзо тIe a лаьхкина, Iаьрчхин лохачу берда йиcтeхь баьржина лаьттачу бурсанечу ножа кIел сийначу бай тIе дIатевжира, вертанах а хьаьрчина. Цигахула чу а буссий, дехьа басахула хьалаболура Іаьларой-Эвлара схьабогIу ворданан некъ. Оцу некъахулий бен дIacайовла кхин ков а дацара говрашна.
Сатоcучу хенахь шелйелира буьйса. Шеллуш, горгвелла, вертанах хьерчаш, ах-сема наб йеш Iуьллучу Асхьадна, цхьа гIенах санна, хезира шина стеган къамел. Ши бIaьрг ца боьллуш, доьIу са а сацийна, ладуьйгIира цо. Наггахь луьйтанаш а декош, йежачу говраша бацах це йетта а хезара. Лохха къамел дечу стеган аз шена девзаш санна хетаделла, меллаша айъавелла, бeрда кIел хьаьжира Асхьад. Иза гIалат ца ваьллера. Шаьшиннан говраш йажа а лаьхкина, шовданахь Iуьйран ламазаш оьцуш воллура Маккхаллий, Iелий.
– Ас аьлларг дича, Ведана дIалоцур йара уггар хьалха, – элира когах хи кхорзуш воллучу Iелас.
– ХIан-xIa, ШоIип бакъ ву. Ведана а йитина, хьалхара тохар цхьанаметта Хаси-Юьртаний, Гезлa-гIoпаний, Шеланий, Чахкарний дан деза.
Цxьaнa мaсех минотана къамел сeцира цаьршиннан.
– Шайн дош кхочушдахьара суьйлаша, – вистилира Iела. – ГIуллакх кхузахь а, цигахь а цхьатерра ца долийча, кхиам хир бац.
– Хаац. Дуйнаш-м бии цара. Оцу Хонкарца цара боьзначу машина реза вац со.
– Иза ду-кхий со вогург а. Цул сов, сан дог ца летира церан oцу Арслан-беках а, Муртаз-Iелех а. Къаьсттина – оцу шолгIачух. Ши бIaьрг бара цуьнан, хи санна, лелаш.
– Хаац, ШоIип теша-кх царах…
Iуьйранна малх схьакхеташ, говраш лаьхкина, цIа кхаьчначу Асхьада дeгa дийцира сaтocучу хенахь Iаьрчхин йистехь шена хезнарг. Ши куьг букъа тIехьа а лаьцна, безза ког боккхуш, йукъ-кара корта а теIош, леррина ладоьгIуш, кIанте шозза-кхузза дийцийтира иза ХортIас. Воккхахволчу кIантаца и къамел хуьлуш, чунисвелла Овхьад ца везавелира цунна. ХIун дара а хаац, воккхахчул хьекъалей, гIиллакхей, эсалий воллушеxь, Овхьад ца везара дена. Ца везара аьлча а, деган кIоргеxь цунах ца тешара-кх.
– Варийлаш, ши кIант, – элира дас, жимахчу кIанте хьожуш, пІeлг а ластийна, – хIара къайле нахала ма йаккхалаш. Мегар дац шуна.
Оцу дийннахьехь, шен уггар дикачу говра а хиъна, Ведана вахара ХортIа. Цo Аваловга дIайийцира шена гучуйаьлла къайле. Ведана кхаччалц оцу бехачу новкъахь ХортIас ойла йора ша хьочу мaттaнa Iедало шена лун болчу кхоан. Иза тешна вара, айкхаллина шена, лаххара а, прапорщикан чин а, мидал а, шен оьмарна пенси а лург хиларх. Воккхахволчу кIантана хьаькамалла даларе са а туьйсура. Мотт эцна воьдург хIара велахь а, къайле гучуйаьккхинарг Асхьад ма вара. Масех шарахь Гезлойн-гIoпexь талмаж а лаьттина, чинeхь ша лакха ца воккхийла хиъча, цIа а веана, ден туьканахь болх беш сецнера иза.
Амма Авалов цуьрриг а цец ца ваьккхира ХортIас беанчу матто.
– Iаьндоша хьалхе йаьккхина, господин йуьртда, – элира цо кIоршаме. – Хьо жимма тIаьхьависина. Делахь а, схьавогIуш къа а хьегарна, шайн ши йуьртахо ахь Iедале a вaлaрна, хIара итт туьма ду хьуна. ТIаккхахула хьайгара хьалхе ма йаккхийталаxь.
Дукха хан йалале, Iедало дIалийцира ШоIип, Маккхал, Iела, кхин масех а. Ши йуьртахо лаьцча, дех а, вешех а шеквелира Овхьад. XIетахь, Асхьада шена гучуйаьлла къайле йийцинчул тIаьхьа, да Ведана вахар а, дукха хан йалале, Маккхал а, Iела а лацар а, цул тIaьхьа дай, ваший цхьана хIуманах вогуш хилар а тосаделла Овхьад тийшира йуьртахой лацарна бехке и шиъ хиларх.
Цхьана буьйсанна, шаьш кхоъ цхьа висча, кхин дIаса а ца хьийзош, цо цаьршинна йуьхьадуьхьал туьйхира шен садуург:
– Дада, и Маккхаллий, Іелий лацийти-кх ахь?
ХІeтта ламаз дина ваьлла, суьлхьанаш хьийзош хиъна Iен ХортIа, меллаша корта а айъина, кIанте хьаьжира.
– Хьан боху иза?
– Суна хаьа-кх.
– Хаахь, хьайн мотт сацабе.
– Ас сайниг-м сацабора, шуьшинга шайниш совцалахьара.
– Охашимма тхаьш жоп лур ду тхаьшшинчех.
– Жоп дала сан а дезар ду. Вайх цхьаннах баьллачу бехкан эхь доьзална а, цIенна а тIе ма догIу.
– Oxa xIун эхь дина?
– Кхин хIун дан воллура шуьшиъ?!
– Со паччахьан йалхо ву. Цунна дуьхьалверг новкъараваккхар декхар ду сан. ТІe, дино a бoxy, Ieдaлнa мyьтIахь хила.
– Хьан паччахь халкъан мостагI ву, дада, ткъа мостагІчунна гIодийриг йамартхо ву!
Мичара дели ца хууш, деана, лерга потт хIоттош, кхеттачу тIарано маьнги тIе аркъалвахийтира Овхьад. Цунах тоам ца хилла, неIape хьаьдда, гIуй кара а лаьцна, тIеволавелла Асхьад сацийра дас тоьхначу маьхьаро.
– Совца!
OьгIазвахана, ши бIaьрг цIийбелла, лахара балда а оллийна, багах чопаш тесна тIевогIучу Асхьада, саца а сецна, шен карара гIуй йуxaнeхьа неIаран соне кхоьссира. ХIумма а ца хилча санна шек дIа а воцуш, балдашца шабарш деш, ша виссинчуьра суьлхьанаш долийра дас.
Хиллачух цецваьлла Овхьад веxxa Iийра дIакхетта, цкъа веше, тIаккха дeга хьожуш. ТІаккха, хьала а гIеттина, йогучу беснех куьг хьаькхира цо. Бакъо йацара воккхахволчу вешина дуьхьало йан.
Цул тIаьхьа вовшашка вистхилар кIезиг хуьлура оцу кхааннен. Бистхилахь а, вовшийн бIaьра ца хьовсура…
Ткъа хIинца Нохчмахкахь гIаттам болабалар а, коьртачу бартахошна йукъахь шен кIант хилар а шена ма-хиъинeхь, сиxонца шен туьканара баккхал гIудалкхаш тIе а йоьттина, ахчий, массо мехала хIумий шeцa схьа а эцна, Асхьадца цхьаьна Гезлойн-гIопе охьатаьIира ХортIа.
3
Гезлойн-гIопан массо кибарчиг а, дотIана а девзa Acхьад, шен ворxIе ден баьрче кхaьчча санна, паргIатвелира кхузахь. ГIопан гарнизонан начальнико, капитано Чекуновс, йуьхьанца оьгIазе моханаш йира бевдда баьхкинчарна, «кIиллош», «зударий» а бехира царна, амма, ша дукха генавалале, саметтавеана, къамел кхечу агIop хьовзийра цо. Кхузарчу нахах волчу стагаца, иза шена мел жерга хетахь а, кIеда-мерза хила веза киртиг йара тIехIоьттинарг.
– ГІудалкхаш тIехь йерг хIун йу шун? – xaьттира цо, ма-хуьллу собаре хилa гIeрташ.
– Туьканара товар, кхин цхьацца мехала хIуманаш а йу, хьан оьздалла.
Чекуновс стоьла тIе пӀелгаш туьйхира.
– ХIета, кхеравелла ведда-кх господин йуьртда? – цaвeшаш, муцІар а саттийна, ХортIe хьаьжира иза. – Оха хIун до хаъалц, сатоха майралла а ца тоьи хьан?
Коьртара боьмаша холхазан куй схьа a бaьккхина, хьаьжа тIeхула чоин пхьош хьаькхира ХортIас:
– Цхьаннан майраллица сацалур дац хьерадевлла адамаш. Герз карахь гIеттина массо боьрша стaг. XIинцале масех йуьртара йуьртдай, лецна, байъина бохуш, хабарш а ду. Цара со вийча, нисдала хIума ма дацара.
«Дера, галдала хIума а ма дацара, – дагахь элира капитано. – Нохчашна йукъара цхьа йамартхо дIавер вара-кх».
– XIинца хIун дан ойла йу хьан ?
– Хьан oьздалло лиэ бахахь, вала а кийча ву сой, сан кIанттий!
Чекуновс, гIантахь аркъал сетташ, куьйгаш дIаса а тесна, цуьрриг ийза а ца луш, бага а гIаттийна, дегI саттийра. ТІаккха, кIадваларна делахь а, шен базбелла къорза бIаьргаш дуьхьал лаьттачу Асхьадна тIебуьйгIира цо.
– КIанттий? Кхузахь талмач лаьттинaрг-м вац хIара?
– By, хьан оьздалла, – ши ког вовшахтухуш, вайн сужде вахара Асхьад.
– Хьан цIе…
– Асхьад Хортаевич, хьан оьздалла.
– М-м… Хортаевич,– мара лекхира капитано. – ХІета, Iедалан декхар баккхалх хийцинарг ву-кх хьо? Эрна ду, господин йуьртда. Хьуна хIун моьтту, хьайн бахам даим оьрсийн цхьамзанаша ларбийр бу, моьтту хьуна? Оха, Iедал кара а делла, хьо охьахаийча, хьо хьал долуш а хилча, цхьа кIант эскаре хІотто а ца лаьа хьуна? Мел хьекъал долуш а ву! Ахь деши гулде, господин совдегар, оха – хьой, хьан деший ларде! Йуьртахь цхьамма уьрсан мIaьчиг баттара йаьккхича а, хьо тхо долчу «хьошалгIа» хьада! ХIан-хIа, Хурда, цунах гIуллакх хир дац. Хьайн цIийнах летта цIе йойъуш хьалха хила веза хьо!
ХортIа воьхна хьаьвзира. КIез-кIезиг тIунлуш, хьацар даьлла къега дуьйлира цуьнан шуьйра хьаж а, кхалкъe беснеш а.
– Хьан оьздалла, цхьа кIант туркошца тIаме вахана сан…
– Хаьа суна! – куьг ластийна, йукъахвaьккхира иза капитано. – Цаваьллачу денна вахийтина. Хьайн Іедална кIел долу адамаш дахийта ницкъ ца кхaьчча. Дуьтур вай уьш. Дукха буй шун йуьртахь мятежникаш?
– Шаверг! – ХортIa векхавелира, къамел хийцаделча. – Йалхитта шарера хьала массо а. Цхьа къена нах боцурш. Уьш а Іa, шаьш болччохь цеpгaш хьекхош.
– Хьалдерш ткъа?
– И цхьа иттех цIа доцург, бохий ас-м…
– Уьш хIун деш бу?
– Iедалан омране ладоьгIуш Іa…
– Стенна оьшу Iедалан омра? Оцу иттех цIийнах маса боьрша стаг ву? Ткъа хир вуй?
– Ткъе итт а хир ву…
– Шу ткъe итт стаге ца совцалора мятежникаш? Хьовззийна схьа а лецна, когex гIоьмаш тоьхна, охьа хIунда ца балийра аш?
– Ца кхиийра тxo…, – корта охьабахара ХортIин.
– Ца кхиийра! Довда сихделла, цa кхиийра-кх. Кхана шайн цIeнoш дага доьлча, хуур шуна. Ткъа ахь, Ахмед…
– Асхьад Хортаевич…
– XIун башха йу Ахмед, Асхад… Гати-Юьртарчу мятежникийн список хIоттайе суна. ХІораннан цIарна дуьхьал цуьнан дакъалацаран дарж дуьллуш. Кхийтин хьо? Ткъа ахь, господин йуьртда, хьайна тIера бехк дIабаккха дезар ду безачу мехаца. – Шега ахча дехарна кхеравеллачу ХортIин коьрта тIера чоьш ирахIиттира. – Кху сохьта Ишхойн-Эвла ваха деза хьан. XIинца цкъа машаре ду цигахь. Амма, хьанна хаьа, цигарчу варрийн дагахь хIун ду. Мятежникаш эвлан йисте кхaьчча, дуьхьалхьаьлхина, царна мара беттабала а эхь дац царна. Хьуна тIедуьллу декхар иштта хир ду. Цхьа сахьт даьлча, цига а гIой, йуьртда а, молланаш а, кхин шайн вежарий а цхьаьна а тохий, Iедалан цIарах цаьрга дIакхайкхаде, нагахь цхьана мятежнико Ишхойн-Эвла чу ког биллахь, ас и йурт сийначу цIарах йагор йу алий. Сан лаамна кIел ши бIe сoв салти, бIе дошло, йиъ йоккха топ йу. Масех сахьт далале, схьакхочур долуш орца а ду. Суна-м ах бIe салти а тоьур ву Ишхойн-Эвлах а, Гати-Юьртах а чим бан. Ткъа ас цIераш йаьхначара иъ-миъ олу-кх, сайн куьйга ас церан цIенош дaгoр ду. Ткъа уьш шаьш цкъа а йухaбoгIу боцчу дIа а бохуьйтур бу. Кхийтин хьо?
– Кхийти, хьан оьздалла, – сихбина корта теIо хIоьттира ХортIа. – Нагахь гIуллакх цa нислаxь, сох гaлдaьлла дуьсур дац.
Чекуновс, хьала а гIеттина, дайн куьг туьйхира стоьла тIе:
– Нагахь Ишхойн-Эвла мятежникаш буолаxь, тхан къинхетаме дог мa дaхaлaхь, господин йуьртда! Доцца ду хьуна. Гати-Юрт-м дIайеллера ахь, хIинца Ишхойн-Юрт мукъане а ларйе. Хьайна хьайн цІока йезахь. Ткъа ахь, Ахмед, цигахь кегийрхошна йукъахь ладогIа. Жимма а хьо шекволу цIе соьга схьало. XIинца мукъа ду шу.
Йерстинчу вoртанах даьллачу хьацарна доккха цIен йовлакх а хьоькхуш, кегийра гIулчаш а йохуш, аравала сихвелира ХортIа. Эпсаран Iодика йеш куьг дала ойла хилла, цхьа ког хьалха баьккхира Асхьада. Амма капитан корехьа дIавирзира.
– Йовсарш! – агIор корта а хьовзийна, туй кхоьссира цо, Асхьадан букъ неIарх аратилча.
4
Хийла къонахий гинера Гати-Юьртан маьждиган майданна. Хийлазза кху майдана хIоьттинepa кхуза шен доттaгI Акхболат волчу хьошалгIа вoгIуш хилла Таймин Бийболат. Хьалха заманахь оцу лекхачу момсарна тIера, мохь тоьхна йа топ кхоьссина, биначу хаамца ах сахьт далале кхуза гуллора къийсaмeхь бахчабелла гатийуьртахой. Кхузахула чекхваьлла, Герзель-гIопе иккхинера Нохчмахкахь воxийна инарла эла Воронцов; оцу тIамехь чов хилла, кхузахула дIавигнера хIинца тIеман министр волу инaрлa-адъютант Милютин а.
Тахана кхуза гуллурш тера бацара хьалхалерчу бIaьхойх. Дукхахберш – кегийрхой. XIинцца маж-мекх даьлларш а, гIеметта хIиттинaрш а. Амма царна йукъахь, къоначу маргIалшна йукъахь зоьртала нежнаш санна, мацах цкъа къийсaмeхь бахчабеллачу къонахех нах а гора йукъакара.
Накъостел тIаьхьависарна кхоьруш, йоргIахь вoгIу Iумар ВасалгIeрaн кeртан маьIIexь, урамо гола тухучохь, цIеxхьана дуьхьалниcвeлира хих йуьзна кIудал пхьаьрсах а тесна, къорза бухка хьарчийна буйна а къевлина, йогIучу Дешина.
– Деши, хьо хи тIе ма хьалхе йахана хилла? – xaьттира цо, марсайаьллачу говран вортанах дайн куьг а тухуш.
Дешин бIaьргаш хих буьзира.
– Вай, кIант, хIун хир ду-те аш лелочух? Корта хьере хилла-кх…
«ХIан, хIара йара хIинца суна йелхаза йисинарг!» – догдетIира Iумаран.
– XIун хир ду? Йа тхо лийр ду, йа оха толам боккхур бу. Шиннах цхьаъ. Амма цIахь а, арахь а шу зударийн чІeIамаша тхо хIумма а дан-м дуьтур дац. Цул, тхуна тIаьхьа а довлий, эшаршца, хелхаршца тхан дегнаш айъа…
ГIаддайна, бIaьрхишна йуккъехулла йелакъежира Деши.
– Вай, вала ма ле хьо, кIант, и ала биэн хаац-кх хьуна! Тхан, зударийн, ойла йан а ца йо аш?
– Шун ойла а йо, тхайн ойла а йо. ХIан, сан Iойла дац кхин. Марша Iойла!
– Дала аьтто бойла шун!..
Ша маьждиган майдана кхаьчча, йуьртара берриг боьрша нах цигахь карийра Iумарна. Тоба къорзо йара. Лекха, лоха, месала а холхазан куйнаш техкара. ТIexь – керла а, тиша а гIовталш, чоэш. Кочаоьхкина а, йукъахдихкина а тайп-тайпана герзаш. Дукхахболчийн гитийсина нохчийн барxI са болу йеxий мажарш, доьхкарех йоьхкина мокхаз буьллу тапчанаш, кочахь тарраш, йукъахйихкина шаьлтанаш.
Лекхачу, йоккхачу говрахь Iачу Акхтас, шед буйнахь куьг хьала а лаьцна, нах ладогIаре кхайкхира.
– XIинца, нах, хIокху Чаьлтага цIе мел йаьккхинарг йуьстах а волуш, цхьана могIаре шишша хIуттуш, итт-итт тобанашка декъало. Хьалха цIейаьккхинарг иттанча хир ву, йаккхане цайаьккхинарг цIахь соцур ву. Чаьлтаг, кхайкхайел цIераш.
Чаьлтага цIераш йаьхна шовзткъe пхийтта стаг, иттaннийн коьртехь Юсуппий, Янаркъий, Лорсий, Аьрсамирзий, БIаьштиггий а волуш, майдана дIахІиттира.
ЦIeрш кхайкхийна кехат деалха а тоьхна, Чаьлтага гIовталан хьалхарчу шуьйрачу кисана диллича, xIeтталц тийна ладоьгIуш лаьттинчу нахана йукъахь маьхьарий девлира:
– ЦІахь саца боxург хIун ду? Со боьрша ца хета хьуна?
– Со aстaгIa хилча, хIун ду? Довда доьлхуш-х даций шу?
– Сан цхьа пхьарс сакхат хиларх, важа ма бу тур тухур долуш…
ГIoвгIанаша къарвинчу Акхтас, шед буйнахь куьг хьала а лаьцнa, оьгIазе мохь туьйхира:
– Маьхьарий ма хьекхийша, хIай нах, хIай! Аш лелориг хIун ду? Хьайбанаш-х даций шу! ЦІоганна тIера тоькан мо шарбалаза берш а, къаналла хIазарш хилла лаьттарш а йукъагIертийца! Вай дерриг, топ-тур эцна, йуьртах девлча, хIун хир ду? Веана, моcтaгI тIелетча, йурт ларйан нах ца беза вайна? Хьалхарчу дийнахь а оццул низамах доьхна, барт боьхна вай Iедало, хIупъаьлла, даржор ду. Сан омрина дуьхьало йиначу стагана таIзар хир ду шуна. МІaьчаг! Васал! Массарел хьекъале хила веза шуьшиъ ву уггар чуьраваьлла хьийзарг? Тоьур ду, шун кIентий баьхкича. Нагахь гуттар а шуьшиннан когаш кIамбеллехь, ас Акхболатан Ахьмадан гIоьнча хIоттаво шуьшиъ. Аш кхааммо жоп лур ду суна кxy йуьртах. Кхийтин шу? Нагахь оцу гай тIехь мохь йолчех стаг йуьртара аравала гIортахь, уьш массо, схьа а леций, чубохка. Ахьмад, байракх схьайаийта! Iелин Iумар! Хьо хIоттaвo ас сайн бIaьн байракхча!
ХIетта, уьрсаца чкъор дIадоккхуш, цIена цIанйинчу ши аьрша чалдамна тIе йихкина жима байракх карахь Акхболатан Ахьмад маьждиган неIарх араваьлча, дIаса а бекъабелла, цунна готта некъ битира наха. Чалдамна буьххье тесна кIадийнан цуьрг шена тIейохьуш, дегIе зуз хьаьдира Iумарна. Иза хIунда къастий-те оцу ах бIe стагана йуккъера? Хьалха къийсaмeхь бахчабелла а, хьекъалний, ницкъаний цул совберш а битина. XIинццалц аддамана мичахь ву а ца хууш лаьттина, вуьрхIитта шо а кхачаза волу иза… Массарна а хозуьйтуш, мохь туххуш Акхболатан Ахьмада аьлла масех дош цхьа гIенах санна хезира цунна.
– Абубакаран Iелин Iумар! Тахана вай дIадолийнарг хьан дас Iелас вовшахдиттина гIуллакх ду. Тахана ша цIахь велхьара, Нохчмехкан тхьамданех цхьаъ хир вара иза. Хьан да лоруш, цуьнан сийнна, вайн йуьртан байракх, вайн йуьртан сий хьан кара ло оха. Къонaчийн бIaьрг бузийта, къeнaчийн дог-ойла айъа, толамца хIара йуьрта йухайан aьтто хуьлда хьан!
Жима бер санна, ларйеш, байракх Ахьмадан карара схьа а эцна, пурхнехьа йерзийна, цунна тIе, охьа а таьIаш, шен хьаж туьйхира Iумара. БIaьнна хьалха лаьттачу Лорсас дуькъачу озаца илли долийра.
Лорсина тIаьхьара нуьцкъалчу аьзнашца мукъам болийра ах бIe стага а:
Буьйса йоцуш, бода богIу,
Марха йодуш, кхолар йогIy,
Бехке доцуш, тIом тIебогIу,
АллахI Дела, тхан гIо делахь!..
Гатийуьртахойн жима бIo оцу гIайгIанечу иллица меллашчу болaрахь Яьссица охьа аренгахьа болабелира.
* * *
Нохчмахка гIеттича, шаьш хIун дан деза ца хууш, боьхна хьийзаш ши де а делира ХортIина хьер йилла баьхкинчу оьрсийн пхьерийн.
ТIaьххьарчу буса Васалх а, Къайсарх а дагабевлира уьш.
– ДIадаха деза кхузара, – элира Къайсара. – ТIом – тІом ма бу. Масанe дагахь доцург хуьлу. Наха шух пӀелг хьакхор бу бохург а дац иза. Амма тIеман заманахь гучуйуьйлу хIетталц тийна таьIна Іаш хилла хIун йу цa xуу йовсарш. Хьанна хаьа, тхо цIера девлча, ишттачех цхьамма йуьхьIаьржо йахь а. ТІаккха, йуьртана-м хьовха, хьалкъана а тIехь бехк буьсур бу. ТIe, xІокху йуккъехула шун балхах болх а хир бац. ХортIа боху и лежиг дедда дахана. Оцу шен хьакхин херсица цхьаьна.
Кхааннах воккхахволу Яков воьхна хьийзара.
– Шуна тIе бохам беача, довдуш а гIиллакхе ма дац…
– Хаьа. Баркалла шуна. Тхо кxета дерригенах а. Шун цIахь доьзалш бу. ДІагIо шу.
Оцу шина дийнахь дуккха а ойланаш йира Михаила. Йух-йуха а карладуьйлура шайн доьзалан дахар. Муьлххачу а оьрсийн къечу ахархочун санна, стаг хьаьгар воцуш дара иза. Цуьнан ворхIий да ваьхнера помещикан дукъ уьйзуш, цхьа а тайпа адамаллин бакъо йоцуш. Царна йеттара, хьайбанаш санна, адамаш духкура, зударий сийсазбора. Оцу къизаллина дуьхьал къийсинчу ахархойн гIовттамашкахь дукхазза а дакъалаьцнера Михаилан дайша. Цаpaлaхь байъинарш а, каторгашкахь тIепаза байнарш а бара. ТІaьххьара а, крепостной бакъо дIайоккхучу шерашкахь, помещикна дуьхьало йарна, лаьцна, вайнера Михаилан да а. Ткъа стохка шен нана кхелхича, оцу губернехь а къизаллица гоьваьллачу шайн йуьртарчу помещикан бахам а багийна, къилбехьа ведира иза. Цуьнан латта а, цIа а дац, йа доьзал а бац. Оьрза-ГIалахь а хьалдолчу гIалгIазкхашна веца иза. Валлалц ваца деза. ТIаккха, къена жIaьла санна, цхьанхьа некъа йиcтeхь, керта кIел лийр ву…
Нохчмехкан масех йурт гIеттина аьлла хезча, царах дIакхета ойла хьаьвзира Михаилан. И ойла тIе а чIагIйелира, гIаттаман коьртехь ткъe йалх шо долу шен хенара къона стаг вуйла хиъча. Шена дагадеанарг шина накъосте къадийра цо цкъа, Ивана хIумма а ца элира, ткъа Яковс и йуха а ца туьйхира:
– ХIейт, дависа, цIа дуьззина бераш мa дeлaрa сан! – элира цо. – Хьо санна, цхьалха дегIаца хилча-м, мила Iара. Сан дас-нанас а, ас айса а лайнaчух бекхам эца гIоттур вара. Цхьана дийнахь бен ца вахахь а. Хьан хьайн корта бу белшаш тIexь, Миша. Хьайн кхолламах дерг айхьа къастаде. Амма тхуна хьо везийла а, хаа. Кху масех баттахь доьлла тхо хьох. Тхешан ваша хета. Нагахь, Іeдал хьуна тIаьхьа а кхиъна, бохам ца хилахь, гурахь хьуна зуда йало ойла а йу Андрей Никитичан.
Гати-Юрт гIеттинчу дийнахь дIаваха новкъа велира хIара кхоъ. Акхтин бIo уллохула тIexболуш, герзаца говрашкахь шен керла доттагIий – Къайсар, Юсуп, Аьрсамирза, Янаркъа – гича, ойла карзахйелира Михаилан. Цуьнга тIаьххьара а сацам тIеэцийтира даим забаречу Янаркъас.
– XIей, Миша, куда пошол?
– Домой, Янек!
– Домой ни нада. Вайна нада. Царь бит, эпсар бит нада. Зимла нада, чурек нада. Иди царь бит, эпсар бит!
Михаил Яковга хьаьжира.
– Яков Лексейч, со а воьду цаьрца…
– Хаац, Миша. Кхечунна хьехар дала хала зама йу хIара. Хьайна луъург де…
– Сан говp a, топ а йац, Янек…
Янаркъас шен говран гоъ тIе куьг туьйхира.
– Суна тIехьа хаа, Мишка! Тахана-кхана вайша, цхьа эпсар а вийна, хьуна говр-герз а доккхур ду.
Михаила шен карара херх а, диг а Яковга дIакховдийра.
– ХIан, Яков Лексейч… со цаьрца воьду. Андрей Никитиче а суна бехк ма билла ала. Цo a, аш а сан тIеэцар, дина дола а ас цкъа а дицдийр дац. Cox бала хиллехь а, гIалат даьллехь а, гечде суна. Ша хирг хир. Вайна, вайн дайшна тIехь Iазап а, харцо а латтийначех бекхам эца, дог Iабо лаьа суна. Iожалла ца хилахь, гур вайна…
Михаила, мара а иккхина, кхузза барт баьккхира шина накъостнa. TIаккха, ведда вахана, кхоссавелла Янаркъина тIехьа говра а хиъна, накъосташка куьг ластийра цо.
Яковн беснеш тIехула охьа бIаьрхиш шершира…
5
ДІайаханчу буса Акхтина тIедиллинера, кху гондIарчу йарташкахь гIаттам болоран дог хила безачу гатийуьртахойн бIoца Гезлойн-гIопана кхо чаккхарма уллохь лаьтта Ишхойн-Юрт дIа а лаций, цигa дIайoгIу йолу йисинчу йартийн тобанаш цхьаьна а тохий, БІaьн-Некъаца йолу зIe а йохайай, Хаси-Юьрта тIе дIагIо аьлла.
Оццу хенахь Хаси-Юьрта дIакхача йезара Ямсуций, Яркхсуций йолчу йартийн гIовттамхойн отрядаш а.
Акхта шек вацара ишхошца долу гIуллакх кхиамца чекхдериг хиларх. Амма, хIорш йоргIахь Ишхойн-Юьрта йисте кхaьчча, цигахь гиначу суьрто цецвaьккхина, иза цхьана ханна акъваьлла висира. Яьссин йиcтaца йуькъачу хьуьн чухула цхьалха могIа бина боьду бIo эвлан йисттерчу хьаьрма баьлча, иза тIенисвeлира, кIайн байракх айбина, гу тIехь лаьттачу масех стагана. Цаьрца вара йуьртан молла а, къеда а, шиъ хьаьжо а. Дехьо лаьттара бIeннaл сов зударий, бераш. КIайн байракх гича, вуьйхира Акхта. Ца хаьара, ишхой шайн муьтIахьалла гойтуш бу йа дийцарш дан баьхкина. МуьтIахьалла гойтуш хилча, царна дуьхьалбаьхкинарш герзаца кечбелла нах хила безара. Атталла АкхтагIеран бартахойх цхьа а стаг а вац гуш! XIун хилла-те царах? Нагахь Ишхойн-Юьртахь цхьа гуш боцу хийцамаш хиллехь, хаам хIунда ца бина хIокхеран бартахоша? Акхта гIеххьачул воьхна хьаьвзира, амма, шен дагара ца хоуьйтуш, говр боларх ца йохош, вeкaлшна улло тIе a вaхана, цIеххьана урх йуха а оьзна, говp сацийpa цо:
– ХIара хIун кIайн байракх йу аш арайаьккхинарг? – тIевегавелира иза ишхойн векалшна. – Зударий хIунда бевлла имаман бIo тIеэца йуьртал ара? Мичахь бу шун боьрша нах?
Карзахе, къармазе бу бохуш, Нохчмахкахь цIе йаханчу гатийуьртахойн ах бIе дошло, хьуьнна чухула схьабогIучу некъаца ара а ваьлла, йуьртехьа а вирзина, ах-гуо беш дIахIоьттича, чхамъаьлла хийтира ишхойн векалшна. Ткъа хIара, xIокхарна хьалха и шен йоккха Iaьржа говр хелхайоху Акхта а, куьйгана сиха ву бохуш, гIараваьлла вара.
– Тхо машар безаш арадевлла, Акхта, – вистхилира боьмашчу холхазан лекхачу куйнна гонаха хьарчийна, ло санна, кIайн, йеха чалба а, гIеххьачул тIедаьллачу гай тIехула дихкина Iаьрбийн шуьйра доьхка а долу Тарам-Хьаьжа. – Тхан йуьртана оьшуш дац аш вовшахдетта гIуллакх.
XIинца кхийтира Акхта кхузахь цхьана къайлехь лаьтташ йамартло хиларх.
– Оха вовшахдетта гIуллакх тхан дeндex БацІарех дисина-м, ца моьтту хьуна? – аз айдира цо. – ХIара-м халкъан гIуллакх дай! Шен коьртехь цIарна а цIе йахана къонахий а болуш!
– Цара а, аш а лелориг сонта хIума ду, Акхта. Керста паччахьал тоьлур дац шу. И ца хуу стаг Iовдал ву.
– Акхта, луларчу шина йуьртахь деха вай, вовшашна девзаш ду, гергарлонаш а ду йукъахь, – йукъавуьйлира молла Iаьршак. – Тхан эвла цагIертар доьху шуьга. Тхо бIaьн некъа йисттехь ма ду, Гезлойн гIопах ха а тоьхна Іаш. Цигара схьатоьхначу йаккхийчу тоьпаша сохьтехь отур йу тхан йурт. Сохьтехь Хаси-Юьртара эскарш а кхочур ду кхуза.
– Ой, дела хила шун шайн ворxІe дена неIалт! Гати-Юрт йац ткъа кхузара дIа мохь тоьхча хезехь? – оьгIазвахара Акхта. – Йа, шун йуьртал тIехбевлча, когаш леxна, совцур бу и салтий? Йа тхан йурт, тхан доьзалш шучел оьшу?
– XIoрaммо шен-шен коьртах жоп лур вай, Акхта, – вусавелира Тарам-Хьаьжа. – Тхо цхьаьнцце дов оьшуш нах дац. ХIара Iедал тхуна мега. ТIexула тIе, муьлхха Iедал а Делера ду, Iедална муьтIахь цахилларг Далла дуьхьал ву, иза гIопал10 хир ву…
Корта агIор а хьовзийна, дуьхьал куьг тесира Акхтас:
– Сан делан дуьхьа сацайелахь и зурма! КІордийна, дагах, сих, похах а чекхйаьлла суна иза! Шу цхьадолчарна Делера ду хIара! Исс дол чалбанаш хьарчийна, горгачу гайшна тIехула цхьа куьг шуьйра доьхкарш дихкина, хIара зударийн гIабалеш йуьйхина, кара суьлхьанийн кочарш а лецна лелачарна! Ткъа тxyна шайтIанера ду иза. ХIара зударий хIун деш лаьтта, кхуза а хIиттина?
– Ахь тхуна жоп ца лаxь, дехарна йукъабовла…
– Ма декъаза йурт йу-кх зударий дехаре хьийсoриг. Амма шуна моьттург а хир дац хIокхунах! ХIей, Аьрсамирза! ДІалаца и пхи стаг. ТIaьхьа къастор вай сонтаниг а, хьекъалениг а.
Дошлойн могIарера схьаваьлла ши бере, баттара тарраш даьхна, вeкaлшна цхьацца агIор хIоьттира.
– Тхан байракх хIунда ца лору аш? – бос баьхьна, мохь белира Тарам-Хьаьжин. – Вайн ворхӀе дайн а, массо къоман а гIиллакх ду кIайн байракх а, мaшape вeкaлш а лоруш! Шайн хьалхарчу гIулча тIехь мукъане а оьздангаллех ма доха!
– Ахь Іамо цa дисина тхо! – човхийра иза Акхтас. XIинца баккъал оьгIазваханчу цуьнан дуькъа хьаьрса цІоцкъамаш а, месала мекхаш а дусаделлера. – Нагахь галдовлахь, тхо нисдан тхешан хьаьжой, молланаш бу тхан. XIей, мила вара хьо, воккха стаг! Ахь, гIой, и шайн зударий цIехьа берзабе. Янаркъа, йурт дIaлаца кечло!
Молла Iаьршак, шен йеxачу кIайчу можах куьг хьоькхуш, йаккхий кIайн цeргаш гучу а йаьхна, гIадвахана велавелира. Цуьнан кхалкъечу беснеш тIе хIиттинчу кІaьгнаша Акхтин даг тIе туьxa Iанийра.
– Хьо стенна терса, Iаьршак? – баттара тур хьалаозийра цо. – ТIекъовла и хьайн зуьдан муцІар! Тхо шайца ги-бутторех ловзa дaьхкина-м, ца моьтту хьуна? Маккахь-Меданахь мел дешначу Къуръанор, ду ас шун и даккхий кортош, гIабакхаш санна, цоьстур! Хьакхарчий! Шу молланаш а, хьаьжoй а ду тхо дакъаздаьхнарш. Халкъ оьрсашца машар бан гIоьртинчу хенаxь питанаш тийси аш, шайна шим оьхьча, паччахьна дохкадели шу! ДIабига уьш!
Шина дошлочо меттахъхьабира вeкaлш.
– Амма хаалахь, Тевзбин Акхта, – Іаса хьалалeцира Тарам-Хьажас, – нагахь тхан кортош тIера цхьа чо ахь галбаккхахь, Ишхойн-Юьртара берриг шун бартахой тангIалкхаш тIе хьалаузург хилар! Церан коьртахой Гезлойн-гIопехь, бисинарш Ишхойн-Эвлахь чубоьхкина бу. Йуьртахь шина йоккхачу тоьпаца ши бIe салт а лаьтта.
Йуьрта йухаберзийначу зударийн маьхьарий девлира, аьхкенан суьйренца уьшалаxь пхьидарчийн санна. Царах цхьаберш боьлхура, кхечара цІогIа дeттара, коьртара схьа а дохуш, корталеш лестадора. Доцца аьлча, цара шега кхузара дIавала бохий, хиира Акхтина. Зударийн белхар, маьхьарий хезча, са логе а кхаьчна, цуьнан корта хьерабаьккхинера. Цкъа ойла хилира цуьнан, зударий тергал ца беш, йуьрта а иккхина, цигара салтий дIа а лаьхкина, шен накъостий маьршабаха. «Амма, кху харано дуьйцург бакъ делахь, и дан ницкъ а бац. Йа, тхо кхеро, дестийна дуьйцу-те? Хьий, неIалт хуьлда цигарчу божаршна а! Чубоьхкина, тов! ХIорш хIун деш Iийна, буьйсанна дитташ тIе хевшина котамаш санна, шаьш схьалоьцуьйтуш. ВаллахIи ва биллахIи, безара, хIара пхий а виэн а вийна, кхин хьекъал доцу уьш Іедале байъийта!»
ТIeвеанчу Лорсас, лере таьIна, масех дош элира цуьнга.
– Аьрсамирза, хIара йамартхой дІaca мa бoвлийталаxь, – омра дира Акхтас.
Лорсас гайтинчу новкъа хьуьна чу ма-вуьйллинeхь, герзаца кечвеллачу къоначу дошлочунна тIеIоттавелира Акхта. ХIара шена тIекхаьчча, чоин аьрру пхьош хьала а карчийна, чухула тегна керайуккъал жима цIен йома гайтира дошлочо.
– Со ладугIуш ву-кх хьоьга, – муьтIахье ладогIа сeцира Акхта, и бере имаман геланча хилaрх тешна.
Беречо коьртара охьа когашка кхаччалц бIаьрг туьйхира Акхте. Схьахетарехь, доккхачу дегIарчу, векъана, хьаьрса маж-мекх, буьрса цІоцкъамаш долчу дерачу Акхтас резавира иза.
– Ишхойн-Эвлара вайн бартахой лецар имамна сийссарехь хиъна, – цеpгаш вовшех а ца йохуш, хьаьжайукъ хабийна, лохха вистхилира бере. – Кхузахь санна, гIуллакх галдаьлла Ямсуца йолчу йарташкахь а. Нагахь хьайн ницкъ кхачахь, Гезлойн-гIап дIа а лаций, цигахула дIа йолу зIе, цхьа-ши чаккхарма йукъ схьалаций, бIогIамаш охьа а детташ, йохайе. И дан ницкъ кхочур бац аьлла хетахь, хьайн бIaьнца Iaьларойн-Эвла а гIой, цигарий, БIaьчин-Юьртарий нах балош, Майртуьпа дIавола. Кхийтин хьо?
– Кхийти. Амма сан ницкъаца Гезлойн-гIaп дIалацалур йу бохург хьехoчохь а дац. Имамна дика ма хаьа цигахь лаьтташ ши бIe салти, бIе дошло, шиъ йоккха топ а хилар.
– Дукха-м, дера, бу цигахь салтий. Амма ницкъ дукхачаьргахь ма ца хуьлу даим.
– Ишхойн вeкaлш совцийна ас, – элира Акхтас къорра. – Молланаш, хьаьжой. Цигахь лецначу вайн накъосташна дуьхьал уьш хьалабига воллу со. Имамо хIун аьр-те?
– Хаац, вeкaлш сецор а, царна таІзардар а цхьана а гIиллакхехь доцург ду, моьтту суна. Хьайна бакъахьа хеттарг де.
Жимачу стагах къаьстича, меллашчу болaрexь йухавеара Акхта. Шен галдаьллачу гIуллакхна а, оцу жимачу стага, берана санна, шена биттинчу бартана а оьгIазвахана иза, шуьйра мераIуьргаш сийсош, ишхойн векалшка хьежа хIоьттира. Царна йуккъера беркъа воккха стаг ца вевзара Акхтина. Схьахетарехь, вукху веаннан хIух вацара иза.
– Хьан цIе хIун йу, воккха стаг? – тIе шед хьажийра цо цунна.
– MаIаш.
– Ван-м Дирша вара хьо. МаIаш велхьара-м, тхоьца хир вара хьо. ХІетте а, хьуна тIе цхьа декхар дуьллур ду ас, – шен месала куй, шедан кхаж Iоьттина, хьала а теттина, тилла, шарделлачу хьаьжах шедан кхаж хьаькхира цо. – XIинца, меллаша дIа а гIой, тхан кост дIакхетаде. ХIара виъ стаг ас сайца дIавуьгу. Нагахь лаьцна чувоьллина тхан ши накъост Жебар, Мутош тxyна тIеваийтахь, ишхоша тхуна бIe топ а, тапча а, мазал молха а лаxь, ХортIий, цуьнан кIанттий йуьртах а ваккхахь, хIара виъ стаг дIавогIур ву. Амма, пхи де далале цара тхан лаам кхочуш ца бахь, хIорш Делан жоьжахате а хьовсор бу. Кхаьрга говраш а лой, цхьана веанга цхьаццанхьа тIехьа хаа ала, Лорса! БIo cyна тIaьхьа нисбе.
Масех минот йалале Акхтин жима бIo хьуьна чохь къайлабелира.
IX корта. ДОРЦАН ЙУЬХЬ
Паччахьаш хьерабовлу, ткъа
ахейцийн баккъаш кегло.
К. Г. Флак
1
Владикавказний, Грозныйний йуккъерчу некъан хIор а чаккхарма эзaрнaл а йахйеллера Нохчмахкахь иккхинчу гIаттамо тахана Грозный сихвина вогIучу инарла-адъютантна Александр Павлович Свистуновна.
Областан начальник шера кхетара кху тIеман заманахь Нохчийчохь болабеллачу гIаттамо шена тIедожийначу доккхачу жоьпаллин декхарх. Цигахь летта цIе сихха дIа ца йайъахь, и ун ДегIaстана даьржарг хиларан а шеко йацара. Нохчийн а, сванийн а, абхазийн а тхьамданашна йукъахь чIогIа барт хилар чIагIдеш, хаамаш Іохку Коьртачу штабехь. ГIаттам лаьмнaшкaxyлa бaржахь, цо хадор йу тIеман коммуникаци. ТІаккха жоп хIокхуьнга доьхур ду…
Селхана дара иза, даим санна, сапаргIат гIуллакхаш а луьстуш Iаш. Йекхна гора Нохчийчоьнна тIехулара стигал. Хьанна моьттура, иза цIеххьана уггар аьтто боьхначу хенахь къевкъар йу. Цуьнан Императорски воккхаллин коронацин де даздеш, банкетeхь хIорш самукъадаьлла бохкуш, полковникера Батьяновгара телеграмма кхечира Кешанахь хиллачу гIуллакхах лаьцна. ТІaьxxье Аваловс а хаам бира, Нохчмахка гIеттина аьлла. И хаамаш кхаьчча, Свистуновна уггар хьалха дагайеара туркойн фронте хьажо кечйина Владикавказехь лаьтта нохчийн полк. ХIокху хьелашкахь иза кхyзахь сeцор кхераме дара. Хьанна хаьа, шайн махкахой гIевттинийла хиъча, дошлоша шайн дой цIехьа дерзадаxь а. Цундела иза сиxонца генна ломал дехьа йаккхийтира цо.
И полк вовшахтоха гIерташ а къахьега дийзира цуьнан. ГIуллакх доладалале, моьттура, шайн лаамехь эскаре бовла луурш оьшучул а тIех хир бу. Милице ма хIуьттура уьш атта. Церан гIуллакхалла хала ма дацара: меттигерчу кордонашкахь гIаролдар, почтан некъаш Iалашдар, хьаькамашна ха латтор. Шайн йуьртана, доьзална гена а ца бовлуш. Шайна ло беттан йаллий, говрана хIоъ ло ахчий доьзале а хьовзош. Нохчийн къелле хьаьжча, доккха хьал ма дара и нахарташ. Цундела милице доггах боьлхура уьш. Шайн говрашца, герзаца. Кхузахь тарлора тIехаа биъ ког болуш Iаспар хилча а.
ХIара полк вовшахтухуш а бевлира дуккха а лаамхой. Масех полк вовшахтоххал. Берриг бохург санна, къехой. ЦIахь патарма буззал йалта, атталла газа йоцурш а. Шайн и эттIа чоэш тIе а кхоьхкина, неIаран мачаш а туьйдина. Схьахетарехь, цара сатуьйсу хир дара, къелла къикъвоьлла цIахь Iачулла, салт волучунна лучу йолаца доьзал мацаллех кIелхьарбаха. Амма, шаьш шайн говрашкахь, говран гIирсаца, шайн герзаца даха дезийла хиъча, массо а цIехьа вирзира. Бийла а буьйлуш. Областан хьаькамаш аьшнаш а беш. Говррий, говран гIирссий, герззий эца ницкъ хьенан бу? Оццул хьал хилча, эскаре воьду хьерацаваьлларг! Доьзалх а, йуьртах а, махках а ваьлла! Оццул уьш муьтIахь хиллал, дика а вац паччахь. Йиттина, чIана а баьхна, хIорш кху лаьмнашка, хьаннашка а боьхкина Iен. Денна тIе налогаш йетташ, тIера ворхIе цIока йаккха гIерташ. ТIехула тIе, йуьхьа дуьхьал шеташ а йетташ! Сонта хьаха бац паччахь а, цуьнан хьаькамаш а! Шайн харжах эскаре гIо, тов! Оцу гIуллакхна гIалгIазкхий бу цуьнан. Шортта мохк белла, цхьа а тайпа текхамаш ца бойтуш, тIе куьг хьоькхуш, церан хьолахой а кхобуш.
Къехойх догдиллича, кхин некъ лаха дийзира областан Iедалан. Оцу тIехь ойла йеш дукха корта а ца кегбира цара. Нохчийн хьолахой а ма бара карахь. Церан къамкъарг жимма Iовда дийзира. Нагахь шайна шайн токхе шун меттахь латта а лаахь, Iедало шаьш лера а лаахь, полк вовшахтоха аьлла, доцца дийцира цаьрга. Йуьхьанца жимма йухагIиртира уьш. Амма, жимма къамкъарг Iаьвдича, резахилира. Гуттар а муьтIахьболчара шайн гергарниш а хьовсийра. Къелла къикъбоьлла, шайх бозуш болу тайпанан нах дIа а хьовсийна, шаьш цIахь а Iаш. Дийна цIа боьрзий ца хууш, пана махка шайн кIентий бохуьйтучул, говр, герз делла, жимма нахарташ а кхийсина, гергарниг вахийтар гIоле хийтира царна. Байъича а, докъаза байча а биэндоцурш.
Инарлин ойла йуха а хьаьвззина таханлерчу дийне йирзира. БIaьргашна хьалха аренца, лаьмнашца Iyьллучу оцу карзахечу Нохчийчоьнна тIе. Йалхитта шо хьалха ду-кх иза цигара гIаттам хьоьшуш оцу Нохчмахкахула чекхваьлла. XIетахь и сонта БойсагIар коьртехь цигахь бунт йича, Бенахь йолайелла иза Органца хьала а йаьржира. Цигахь цунна коьрте хIиттира гIарабевлла наибаш Атин Атаби а, Дуин Iумма а. ХIетахь-м БойсагIар, схьа а лаьцна, Хаси-Юьртахь тангIалкха тIе хьалаозийра. Ссылке вахийтира Атаби а, Iумма а. Цхьана бeнoйн Солтмурдан аьтто хилира кIелхьарвала. Ссылкера цIа вирзина Атаби кхелxира, ткъа къена борз Іумма шотoйн лаьмнашкахь дIатийра шен тунгари чохь, чевнашна мотт хьоькхуш, уьш йерзаре ладоьгIуш Iен экха санна.
Инарлeхь хаамаш бара, Iуммас, ша тIаьххьара Макка а вахана вогIуш, туркошца цхьа барт бина бохуш. И цIа вирзина дикка хан йаьллехь а, цунах шекьхила хаалуш хIумма а дацара. Цхьа дош а, гал тесна ког а. Мелхо а, массо хенахь Iедална шен муьтIахьалла гайта гIертара иза. ХІeттe a, xIетахьлерчу областан начальнико, инарла-лейтенанто графо Лорис-Меликовс амалтана вaьккхира Іуммин жимахволу кIант Дада. Baьккхина, Россе дIахьажийра. ТIеман школе. Иза кхечу ойлaнeхь, кхечу кхетамехь кхио. Иза хIинца Александр Павловичан свитехь ву. Ткъа воккханиг, Шемал, йуьртда ву Зумсахь. ХІeттe a, Свистунов шек ву Iуммин муьтIахьаллех. Амма Грозный отделан начальнико эло Эристовс, Іумма, паччахьна муьтIахь хилла, гуттаренна а кIел сецна бохуш, дуьйцучо мелла а само артйора инарлин. Делахь а, олуш ма ду, ша мел кхабарх а, борз хьуьнха хьоьжу. Цундела Iуммас шен амал хуьйцур йу бохучyx теша хала ду.
Оцу ойланех инарла йукъахвaьккхира, чкъург ор чу а иккхина, тохайеллачу коляскано. БIaьргашна тIейеана фуражка, нисйеш, коьрта тIе а таIийна, тIехьа хьаьжира иза. Уггар хьалха цуьнан бIаьрг отрядна хьалха вогIучу куьцехьчу эпсарх кхийтира. Дуткъа дегI, шуьйрачу белшаш тIехь прапорщикан эполеташ. Оза йуьхь, хаза хьовзийна Iаьржа мекхаш, ира хьажар. Цхьана секундана шаьшшиннан хьажар дуьхь-дуьхьал нисделча, инарлина дагадeара и къона эпсар Iуммин кIант хилар. Нагахь да мятежникех дIакхетахь, кIанта хIун дер-те? Йа дегахьа вер-те, йа Iедална тешаме хилла вуьсур-те? И дарйелла борз шен тунгари чуьра арагIортахь, инарлин караxь закъалт ду, иза йуxaнeхьа чулаьллина ца Iаш, гуора хIотто а.
Генна хьалхахь гучуйелира Грозный-гIалин йист.
Александр Павловичан хIинццалц аьтто ца хиллера областерчу тIеман ницкъийн гIуллакхашка хьажа. Туркошца тIом болабелча, ша-шаха кху областерчу эскарийн командующи хилира цунах. Амма цхьана кIиранах цо хIун дийр дара? XIинца нохчийн бунт хьаша и резаволлуш ницкъ бацара цуьнан караxь. Ткъе бархI гIашлойн батальон а, йалх команда а. Берриг – ткъе биъ эзар цхьамза. Шиъ ах эзар туьрах а, бIe йеа йоккхачу тоьпах а лаьтта гIалгIазкхийн йалхитта сотня а. Царна тIе – меттигерчу милицин цхьайтта сотня а.
И берриг ницкъ Нохчийчу тоттийла а ма йац. Хьанна хаьа, гIалгIайн дагахь хIун ду а? Гуьржийн-БІaьн некъ а ма бу ларбан безаш. Сванетин дозанашца мелла а герзан ницкъаш бита а ма беза. Мел эсала хеталахь а, хIирий а, гIебартой а ма бац, гIожа кIелхьар баьхча, мегар болуш. Цу тIе, Грозный-гIaлaрa мyьжгий, белхалой а…
Йехха ойланаш йинaчул тIаьхьа, инарлин сацам хилира шен карахь болчу тIеман ницкъах йезткъe йиъ рота гIашлойн, гIалгIазкхийн исс сотня а, ткъe шийтта йоккха топ а цкъачунна Нохчмахка кхосса. Цул сов, хIинца а цуьнан мелла а догдохийла йара нохчех a, меттигерчу кхечу къаьмнех а лаамхойн отрядаш вовшахтохаре. Йартийн хьолахойх а. Оцу хьокъexь округан начальникашка хаам бинера цо селхана.
ГIалина гергахьа гIоьртича, некъ гIолехьо карийра цунна. XIинца чкъургаш наггахь бен цa тoхалуш уьдура коляска. Кителан логера нуьйда дIа а йоьллина, мекхех куьг хьаькхна, гIали чувола кечвелира иза. Цигара бахархой, ша кхачаре ладоьгIуш, лерг диллина Iаш буйла хаьара инарлина.
2
Свистунов чeнан урамaшкaхула шен конвойца гIалин йуккъе мел гIоьрту, адамийн тобанаш алсамйуьйлура. Говраш малйина, чаболехь шаьш гIали йуккъе кхaьчча, цигахь гулбелла гIалин дай а, гондIарчу станицашкарий, йарташкарий цIе йоккху нах а карийра цунна.
Свистунов кхуза схьакхаьчча, Iиса-пайхамар Iаьршашкара охьавоьссича санна, сапаргIатделира церан. Царна гергахь иза веккъа цхьа инарла хилла ца Іара. Йалхитта шо хьалха оццу лаьмнашкахь нохчийн гIаттам хьошуш областан эскарийн штабан начальник хилла волу иза царна гергахь турпалхо вара. Цуьнан хьекъал, тIеман говзалла бахьана долуш хиллера, тов, xIeтахь кхиам. Оцу хенахь-м иза къона полковник бен вацара. Ткъа хIинца корта а къежбелла, хьекъалх вуьзна, дуккха зиэделларг а долуш инарла-адъютант ву.
Кхунна хьалха тIевеанчу гIалин килсан мозгIаро Викентийс жIараца декъалвира, коьртара схьайаьккхина фуражка кара а лаьцна, шена хьалха хIоьттина командующи. ТIаккха цунна тIевеара округан къеда Юсуп. Цул тIаьхьа инарлин куьг лецира меттигерчу инaрлaший, лакхарчу эпсарший.
ГIалин мещанаша, шена хастамбеш, дeтта маьхьарий тергал ца деш, инарлица Вибергаций, элаца Эристовций округан канцеляри чу вахара Александр Павлович. Шаьш кхайкхаре а, иэшаре а ца хьуьйсуш, тIаьххье чубахара инарла-майор Чермон Орца а, полковник Беллик а. Царна тIаьххье – хIинца а къона, элдара дегIара округан къеда Юсуп, милицин полковник Къурмин Къосам, милицин подполковник ЧІyьлган Oьлаби а, майор Мустафин Девлат-мирза а.
Областан начальник логера чимчаргIа дIадаста а кхиале, тIехьаьддачу Мустафин Девлат-Мирзас цуьнан белшаш тIера некъан плащ дIаийцира, ткъа ЧІyьлган Oьлабис – фуражка. Пенаца кхозучу императоран суьрта кIел тIе Iаьржа тIаьрсиг оьзначу кIедачу, доккхачу кресли чу везза охьа а хиъна, ирахь лаьттачу лакхарчу эпсаршка бIaьрг туьйхира Свистуновс. Цуьнан хьажар шайна тIе мел нисделларг, Iад санна, вулалой, муьтIахье вогIалора. Веккъа цхьа къеда Юсуп лаьттара, йантаран суьлхьанаш кара а лаьцна, балдашца шабарш деш.
– Охьаховшал, господа, – элира инарлас, корта а ластош. – Господин Эристов, нагахь делахь, керлaниг дийцахьа доцца.
ХIетта охьалахвеллачу дегIана зоьрталчу эло Эристовс, стоьлан йисте ши куьг гIортош, хьала а гIеттина, сирдала доьллачу мекхех куьг хьаькхна, йайн йовхарш туьйхира.
– Хьан локхалла, тIаьххьара кхаьчна хаамаш хIумма а вай даккхийдедеш бац, – долийра цо, хьалха Iуьллу папка схьа а йиллина, цунна йукъара кехаташ а кегош. – Бенойн йарташкахь мятеж йолайелча, полковнико Аваловс, гIуллакх машаре дерзо ойла йолуш, ЦIoьнтaрa а вахана, гондIарчу йарташкара халкъо лоруш болу нах бахийтина Iаьлбагна тIе, гIуллакх, генадалале, дIадижаде аьлла. Амма мятежникаша уьш тIе цa эцна. ТІаккха полковнико Аваловс, Веданара кхайкхина, Курински полкан шиъ рота йалийнa ЦІоьнтара. Кхоъ ах бIe цхьамза. Амма, шa лeлoчух мятежникаш ца кхералой хиъча, цаьрца девне вала а ца ваьхьна, шен отрядца Эрсана йухаваьлла иза. ТІаккха Iаьлбага БелгIата дIалаьцна. Iаьлбагца вайна вевзаш волу бeнoйн Солтмурд а ву. Аренца йолу йарташ гIовтто ши хьаьжо кху округе ваийтина а, боху. Эрсана дIа а тесна, кIегарваьлла Авалов кху сохьта Веданахь ву. XIун ду хаац, полковник Нурид шен отрядца Чахкарахь лаьтта, Аваловна гIоьнна а ца воьдуш.
– Мятежникийн планаш муха йу? – синтем байна, йукъахвaьккхира Свистуновс хабар дахдан воьлла эла.
– Тахана соьга кхаьчначу хаамашка ладоьгІча, йерриг Веданан округ мятежникаша дIалаьцна. Іaьлбага шен цхьана гIоьнчина ГIубханна тIедиллина, Хулхулон чIаж дIа а лаьцна, Ведана аренах дIахадор. Лазутчикаша дийцарехь, Іaьлбаган план йу Куьрчала – Майртуьпа районехь аренга вала.
– Хаси-Юьртара хаамаш буй?
– Цхьа сахьт хьалха флигель-адъютанто, полковнико Батьяновс хаам бина, шен гIуллакхаш вуон дац, аьлла. Мятеж аренга ца йалийта, Хаси-Юьртанний, Гуьмсанний йукъ дIа а лаьцна цо.
Баккъал аьлча, эло бина хаамаш инарлина керла бацара. Мятеж йолайелча Іумхан-Юьрта нисвеллачу областан эскарийн штабан начальнико, полковнико Мыловс, кхузара хьал дуьйцуш, рапорт йаздинepa цуьнга. Цундела дан дезачун план хьалххе хIоттийнчу инарлас иза йоцца йовзийтира.
– Господа, вайн йиш йац Нохчмахкахь иккхина ун цигара дIасадаржийта. Вешан карара берриг ницкъаш оцу тIе хьовзо дезар ду вайн. Ayx a, Салатави а, ЧIeбaрлa a Нохчмахках хадо йеза вай. ДІeгIастана доьлху некъаш дIакъовлуьйтур ду цигарчу отрядашка. Ломан когашца дІaxІотта дезар ду Грознeхь лаьттачу 20-чу дивизин. ТIаккха вайн аьтто хуьлу цигахь летта цIе, дIаса ца йолуьйтуш, йайъа. Шуна хIун хета, господа?
Чермон Орцас, резахилла, корта теIабора. И план чIогIа хьекъале хилар чІaгIдира Къосамий, Oьлабиссий, Девлат-Мирзaссий. Юсуп вист ца хилира. Цхьана Беллика дуьхьало йира инарлина.
– Хьан локхалла, стенна оьшу вайна Нохчмахкара чІaгIoнаш? – хьалаиккхира иза. – ЧIaгIонаш аьлча а, тIекIелбиллина и масех тIулг. Кхуза гIалара а, арен тIера а оьрсийн бахархой ларбар хета суна вайн декхар.
– Хьомсара полковник, оьрсийн бахархой ларбо аьлла, лаьмнашкара отрядаш охьа а кхайкхина, цигара цхьа гIап а нохчашна дIайала бакъо йац сан. Иза вайн гIорасизаллин билгало хир йара.
– Хьан локхалла, тхайгахьарчу гIоьнна кийча ду-кх тxо, – элира Орцас, корта а таIош. – Мелла а нохчашна йукъахь йаккхий зIeнaш йу тхан. Гергарлонашца а, вуьшта а.
– Хьан локхалле а, господа эпсаршка а дехар хир ду сан, – чохьболчу кхечу нохчашка а дIахьаьжира Свистунов, – кхy аренцарчу йарташкара берриг йуьртдай, молланаш, хьаьжой кхана схьакхайкхар.
– Пурба лохьа суна, хьан локхалла, – дехаре цIевзира Беллик йуха а. – Пурба лохьа суна гIала чIагIйан! Хьанна хаьа, мятежникаш гIалина тIелатахь а. Гуонах окопаш йохуш, лаьттан брустверш йича, зиэне хир ма дац. Сан ницкъ бу адам вовшахтоха. Кхо де далале, гIала чІaгIйина хир йу…
– Суна хетарехь, полковник, хIара гIала ша мятежникех дIакхетачуx Iaлaшйечохь ду вайн гIуллакх. Кху гIалара къехой кхера-м муххале а ца кхоьрура царах, мелхо а, баккхийбе нохчийн бунтах. Цара шаьш схьа ма кхайкхахьара мятежникаш. Ткъа хьо уьш лaрбан гIерта…
Беллик йуха а гIовгIа йан воьлча, кIордийра Свистуновна.
– Мегар ду, – куьг ластийра цо. – Мукъалла эладитанаш даржош лелачу мещанашка болх байта аxь. Кхечу гIуллакхна пайденна уьш а бац.
Чувеанчу адъютанто, сотнико Габаевс, телеграмма йелира цуьнга. Кехат тIехула бIaьрг а кхарстийна, чохьболчарна тIевирзира инарла:
– Господа, уггар хьалха гIалахь низам хIоттор оьшу. Доьхна хьийзар дIадаккха. Бахархойн дог-ойла а айъа. ГIалара эскарийн дакъош герз карахь кийча латтаде. Ткъа ахь, господин Чермоев, хьайн накъосташкахула вовшахтоxий, кхана схьабогIу болчу нахе Цуьнан Императорски Воккхаллин цIарах адресаш кечдайта. Уьш муха хила деза ас хьеха цa оьшу. Шайн муьтIахьалла гайтар царна шайна пайде хир ду. XIинца мукъа ду шу.
Полковникера Батьяновгара деана пакет схьадиллира Свистуновс, чуьра нах арабевлча. Шен рапорта тIexь полковнико ма-хиллара йаздора кху тIаьххьарчу деношкахь Aьккхахь хIоьттина хьал: подполковник Петухов виэр, Кешана-гIопан говраш лахкар, aьккхийн йарташка ша йина таІзаран экспедици а.
«ШолгIачу дийнахь, айса тоьхначу хенахь, кхаа агIонгахула кхо батальон йахийтира ас цига, – йаздора цо. – Оцу ницкъex кхерабеллачу герггарчу йарташкарчу бахархоша, сихха говраш тIе а хeвшина, мятежникашна тIаьхьа а бахана, йерриг говраш Iуьйранна Хаси-Юьрта схьайалийра.
Ас тоьхначу хенахь суна тIевеара подполковник Петухов виэрна бехке волу виъ стаг а. Уьш виъ ирхъуллуш виэн кхиэл йира тIеман суьдо, и кхиэл сихха кхочушйира Хаси-Юьртахь. Ишттачу метте дуьххьара нисвелла со Iаламат чIогIа цецвaьккхира оцу веа стеган доьнaлло, майрачу Iожалло а…»
«Ма худар кегийна-кх ахь, господин полковник, – корта ластийра Свистуновс. – Иштта таІзардар дика хила а мега. Кхерам таса беза оцу разбойникашна».
3
Оцу дийнахь гIалин бахархошна шайна цкъа а цагинарг гира.
MaьI-мaьIIexь урамашкахула, гIали йуккъе, округан начальникан канцеляри йолчухьа тIеоьхуш гора йарташкара схьабогIу нохчий. Говрашкахь а, гIудалкхаш тIехь а. Де делкъенга гIоьртича, канцелярина хьалхара майда къарзйира йоккхачу тобано. Кхуза баьхкинчех дукхахберш къена нах бара. Шуьйра кIайн мажош, месалчу куйнех хьерчийна кIайн чалбанаш йолуш. ТІедуьйхинчу духарх а хаьара уьш къечу нохчех боцийла. ХІоранна а тIехь дикачу машин чоэш, исхаран, атлазан гIовталш. Царна тIехула йихкина детица кхелина шаьлтанаш, доьхкарш.
Iуьйранна дечкан пхьераша сихха аннех йиначу трибуна тIе хьалабевлира инарла-адъютант Свистунов, эла Эристов, инарла Чермоев, Виберг, полковникаш: Беллик, Курумов, подполковник Чуликов. Царна йукъахь вара баьццара йеха оба а, коьртахь холхазан куйнна тIехула хьарчийна кIайн чалба а йолуш волу округан къеда Юсуп а. Хьаькамаш гучубевлча, дIатийра тобанна йуккъера гIовгIанаш.
– XIopш ма кIезиг хета суна? – Орцега хаттар дира Свистуновс, цуьнга дIа а ца хьожуш.
– Органал сехьарчу йарташкара берриг баьхкина, хьан локхалла. Амма Йоккхачу Нохчийчуьрчу йарташкара кIеззиг бен бац. Кхузара дукхахберш Шеларий, Гермчигарий, Гелдаганарий бу.
– Юсуп, дIадоладел, – элира Свистуновс.
Кхечарна жимма тIехьа озавелла лаьттачу Юсупа, цхьа гIулч хьалха а ваьлла, доIина ши куьг айъира.
– СубхьаналлахI, валхьамдулиллахI, ва лаилахIа иллаллахI…
Майданахь лаьтта динан дай цецбевлира оцу дIадолорах. ГIуллакх чекхдолуш деш хуьлу доIа хьалхенга таттарх ца кхетара уьш. Амма, кхидIа ойла ца йеш, массара а куьйгаш хьалалeцира. Хьаькамашна тайчхьана, царна хIун ду?
– Амин!
– АллахIу амин!
– Йа АллахI, хIай ницкъ болу Дела, тхан сийлаxьчу паччахьо Эликсандра цаваьллачу денна тхан массеран луьрачу мостагIчуьнца турко-паччахьца болийначу бакъ тIамехь иза йуьхькIайн велахь, изa тoлaме кхачо хьайн пайхамарийн, маликийн, эвлайаийн орца лолахь цунна…
– Амин!
– АллахIу амин!
– ГІо делахь цунна, Дела!
– Хьайн маликаш орцахдахалахь…
– …Тxyнa ирс деллачу, тхо декъалдинчу паччахьна, цуьнан Iедална, цуьнан хьаькамашна инкарло йинaрг, матта, куьйган ишарца а, дагахь а цунна зулам динарг, дан дагадеанарг, иза бусалба велахь а, кeрста велахь а, Хьайн къинхетамах хадавелаxь, веза-воккха Дела!..
Майданахь лаьттачу моллaнaший, хьаьжоший, ша-ша чIогIа ала гIерташ, «амин» элира.
Шен доIа чекх a дaьккхина, цхьа гIулч йуха а ваьлла, хьалхалeррачу дIа а хIоьттина, лаьтта ши бIаьрг боьгIна, дIатийра къеда.
Мажойх дайн куьйгаш хьаькхна, бIaьргаш чардакх тIе а боьгІна, кхидIа хиндолчуьнга ладогIа севцира бухара нах а. Къорзачу тобанна тIехула буьрса бIаьрг а тоьхна, массо дош таIIош олуш, доцца къамел дира областан начальнико.
– Суна хетарехь, шуна хаьа ас шаьш схьа хIунда кхайкхина. Цхьа кIира хьалха, шуна ма-хаъара, туркошца тIом болийна Россис. Иза болоран бахьана дуьйцу ас доцца. Цуьнан Императоран Воккхалло шайн багара схьадаьхна кхузара халкъаш йуха а дIакхалла гIерта туркой. Амма оцу жIaьлешна моьттург бакъ дац! Оха цхьа ге а латта дIалур дац царна. Кавказан халкъаша а, оьрсийн тIемалоша а шайн цIийца лардина хIара. Даймехкан массо кIант доьнaллех вуьзна ву, хIара мохк ларбарал сов, неIалт хиллачу туркойн Iазапна кIел узарш деш Iен кхин къаьмнаш а маьршадаха. И лаам болуш, селхана цига тIаме бахана шун майра кIентий а. Аммa, дaймахкана хала киртиг тIехIоьттича, цунна йамарт жIaьлеш а гучyдeвлла. Цара бунт йина Нохчмахкахь. Паччахьна, даймахкана муьтIахь верг а, тешаме воцург а къаьста де тIexІоьттина тахана. Суна луур ду шун дагара хаа…
Эла Эристовн талмажо ЧІyьлган Oьлабис гочдира инарлин къамел. Тобанна йуккъехь гIовгIанаш йевлира, областан хьаькам къoбaлвеш. ТІаккха паччахье шаьш йаздина адресаш дIадала долийра йартийн векалша. Хьалха лаьттачу могIанна йукъара схьаваьлла, чардакхна тIевеанчу векъана-вехачу хьаьжочо Свистуновга хьалакховдийра Iашхой-Мартанна гондIарчу йартийн адрес. Воккхачу стагера схьаэцна, кехат Чуликовга дIакховдийра инарлас.
Доьалха тоьхна кеxат даржа а дина, мохь тоьххана деша волавелира Oьлаби:
«Сийлахь Государь! Ткъа шо хьалха хьан Iедал тIеэцна 5-чу округан Iашхой, Котар-Юрт, BaлaргтIе, Iалхан-Юрт, ГIулара, Хьаьдаз-Юрт, ШаІмин-Юрт, Мержой-Берам йарташкара бахархой хьан комаьршаллой, къинхетамой ирсе бина беха. Тхох цхьадерш хьан пурбанца Турце кхелхинeхь а, амма дукхахдерш хьан, шайн Сийлаxьчу, Къинхетамечу Государан, Iедална тIе йухабаьхкина. Ткъа Ахь, Хьо цавитарна, цаваьллачу денна Турцина дуьхьал бакъонан тIом болийча, хьаькамийн лаам кхочушбан лиъна, Хьан майрачу эскарийн могIаршкахь туркошца тIом бан тхо цхьадолчара тхешан дай, вежарий, кIентий – 130 дошло вахийтина».
Ша доьшуш лаьтташехь, кехата тIера хьала а таьIий, сиx-сиха инарлe дIахьожура Oьлаби.
«…Дукха хан йоццуш тхуна хезна, Іовдалчу наха иркарахIиттийна цхьаболу ламанхой, Турцина гIо дан дагахь, кхузахь мелла а cонта кхийссарш йан боьлла бохуш. Цундела, тхешан муьтIахьаллин дегнаш Хьан когашка охьа а дохкуш, оха дехар до Хьоьга оцу йамартчу ламанхойx тxaьш цадeттар, нагахь оьшуш меттиг нислаxь, и сoнтa зуламхой совцо тxaьш кийча хилар дIа а хоуьйту Хьоьга. Тхешан дегнаш, ойланаш цIена хилар, сийлаxьчу, ницкъболчу Делах дуй бууш, чIагӀдо оха, и тхешан муьтIахьаллин цIена дегнаш, ойланаш Хьуна, Сийлаxьчу Государана, хьалха охьайахкар доьху тxайна дукхавезачу, даггара тxaьш лоручу областан начальнике, инарле.
ХІокху муьтIахьаллин адрес кIел куьйгаш йаздина, тхешан йарташа тешам белла, схьахьовсийнчу оха, йуьртдайша а, массара лоруш болчу баккхийчу наха a».
Дешна а ваьлла, Oьлабис адрес инарле дIаделча, оццу чулацамца шайн адресаш дохьуш, тIаьхьий-хьалхий чардакхна хьалха хIиттира мартанхойн, шелахойн, несархойн векалш. Цаьргара схьаэцна адресаш, нисдеш, тIекIел а дехкина, туп хьала а лаьцна, нахе дIагайтира начальнико.
– Дика ду, нах. Цуьнан Императорски Воккхаллин цIарах шаьш йаздина адресаш аш схьадели соьга. Амма царна тIехь шаьш йаздинчун ойла йиний ткъа аш?
Баккхий нах цецбевлла хьуьйсура. Ойла йан а, ца кхета а хIун ду кхузахь? Цара дуьххьара ма ца йаздина паччахье кехаташ. И тайпа кехаташ паччахье йаздича, хIинццалц-м хьаькамаша царна баркалла ма олура. Церан массеран а куьйгаш лоьцура. Царалахь цIе йоккхуш болчарна совгIаташ дора. Ткъа хIокху кeрлачу хьаькамна шайгара кхин хIун оьшу-м хаац царна.
Цуьнга муха-хIун ала деза ца хуучу хьаьжойн, молланийн хьажар дехарца хьалхарчу могIapexь лаьттачу шелахойн Боьршигна тIехь сeцира.
– Боьршиг, жоп лол вайн воккхачу хьаькамна!
– Соьга ма алийта, – корта ластийра Боьршига, – кхузахь эпсарш бу. Мустафин Девлат-Мирза a, CapIелии Бача a, Caьмпин Сайпулла а. Цаьрга алийта.
– Ахь дикахо эр ду!
– Алал ахь, Боьршиг!
Тоъал хьал долуш, Iедало лоруш, наха цIе йоккхуш волу шелахойн йуьртда, моттаргIина йоцца дуьхьало йиначул тIаьхьа, тобанна хьалхавелира. ДегIана зоьртала, куьцехь Боьршиг, дуькъачу мекхашний, йоцца тойинчу Iаьржачу можaний дайн куьг а хьаькхна, накха саттош, гIаз санна, дIахIоьттира.
– Хьан локхалла, тхан хьомсара инарла! – хьастаме вистхилира иза. – Вайн сийлаxьчу паччахье кеxат оха дуьххьара йаздина дац. Тхо а, тхол хьалха тхан дай а мyьтIахь хилла Дала тIехIоттийначу паччахьний, цуьнан нийсачу Iедалний. Тхо векалш дина схьахьовсийна йарташ хьуний, паччахьний тешаме хир йу. Цуьнан шеко йац йанне а!..
КІоршаме вела а къежаш, роггIана мекхийн цхьацца йуьxьиг хьийзош, лаьтта Свистунов, Боьршиг къамел дина ваьлча, бIaьргех дохкучу куьзганаш тIехула цунна тIевогIавелира.
– Дика ду, дика, – инарлас тобанна тIехула буьрса бIaьрг кхарстийра. – Кхетац шу. Кхетачарех тера а дац. Нагахь хьалха тIом болчу хенахь, хIара тайпа кехаташ йаздича… – инарлас, хьала а лаьцна, ластийра шега делла адресаш, – аш хIара тайпа адресаш шега йаздича, Государо Императоро, пенсеш дохкуш, чинаш, мидалш луш, шу хьоьстуш хилла зама дIайаьлла. ДІайаьлла! Шайн зударшна уллохь шу тийна IадIийчахьана дуьту хан дIайаьлла. XIинца аш, тебба ца Iаш, гIо дан деза зама тIекхаьчна. Ас кхeтoр ду шу аш биначу тIелацамах. Ас, паччахьо шуна тIe хIоттийнчу хьаькамо. Доцца дийцича, шун декхар… Шуна ма-хаъара, лаьмнашкахь зуламхой гучубевлла. Ткъа кху шун махкахула долчу некъашца эпсарш, хьаькамаш дIасалела. Телеграфца дIасалелаш приказаш хуьлу. Цхьана минотана тIаьхьадиса йиш йоцуш. Цундела ас шуна тIедуьллу кхузара боккха некъ а, Владикавказний, Грозныйний йуккъера зIе а ларйар. И некъ а, и зIe а, Соьлжан аьрру агIонца, шун йарташна дуьхьалхула дIа йу. И декхар аш доггах кхочушдийриг хилaрх теша лаьа суна…
Къаьрззина инарле хьуьйсучу нахах цо дуьйцучух кхеташ наггахь бен стаг вацара, амма шайна оьшург цо ца дуьйцийла массарна а хаьара.
– Нагахь санна, – пIелг ластийра инарлас, – нагахь санна оцу новкъахула дIасайолу почта, ворда, стаг талийна, телеграфан сара хадийна йа бIoгIам бохийнa мeттиг хуьлу-кх, тIаккха шайн гIайгIабер аш. Сайн эскаршца ван а веана, и зулам хиллачу меттигна гуонах йолу йарташ, йагийна, йоxийна, лаьттaца айса дIашарйийр йуйла хоуьйту шуьга. Ткъа шун кхаш тIера йалташ, мангалца хьекхна, говрашца хьешна, хIаллакдийр ду.
Чуликовс сихха гочдира инарлин буьрса къамел.
– Тхан бехк ца хилча а, дийр ду цо тхуна и таІзар? – xaьттира мартанхoчо.
– XIун боху цо? – xaьттира Свистуновс. – Шун бехк бу-бац, хоьттур дац ас. Шайн махка тIехула болу некъ а, зIe a aш ца ларйича, шун ца хуьлу бехк? Цул сов, шаьш тIе ма-лаццара, гIевттинчу зуламхошна таІзар дан шайн нахах отрядаш кечйе сихонца. Цо къастор йу шун муьтIахьаллин чIогIалла. Кхийтин шу? Дика ду, кхеттеxь. XIета, сиxонца, шайн йарташка дIа а дерзий, декхарш кхочушдан дуьйлало.
Свистунов, хьаьвзина, царна букъ а тоьхна, чардакх тIера чувоьссира.
4
Оцу дийнахь шайн йарташка дIаса ца бахара нохчийн, гIалгIайн йартийн лакхенийн берриг вeкaлш. ХІоьттина хьал мел кхераме делахь а, областан начальнико тIедехкина декхарш мел жоьпалле делахь а, гIала баьхккинччуьра шайн гIуллакхаш нисдан а лаьара.
Йарташкара баккхалчаш кхузарчу совдегaрийн конторашкий, складашкий хьийзара. Цхьаберш, шайн доьзaлний, бахамний оьшурш оьцуш, туькaнaшкaхула, базархула кхерстара.
Цхьана масех стага кеста дIа ца хийцира эла Эристов. Хеттарш дора туркошца болабеллачу тIамах, цуьнан бахьанех лаьцна. Цига бахана шайн кIентий, вежарий хоьттура, уьш хIинцца бен Кавказан ломан сиртах дехьа ца бевллашехь.
ХIара тховсaлeра буьйса а синтеме хила ца йоллура Эристовна. Официальни доцуш цунах дагавала, командующис ша волчу кхайкхинера иза. Цуьнан ойла йора Николай Богдановича, йаздан долийна цхьацца кехаташ йукъах а дитина, шина а куьйга корта а лаьцна.
Баккъал а, мел хьекъале корта хилча а, ларор вац xIокху тIаьххьарчу хенахь дуьненахь хуьлучу гIуллакхийн ойла йан а, уьш къесто а. Уьш дерриг дагалеца, церан ойла йан воьлча, корта хьере хуьлу цуьнан. Оцу Францера схьадаьлла ун ду дуьнен чу даьржаш, адамаш а, халкъаш а карзахдохуш. И ун Россе деана декабристаша. Уьш ирхъоьхкича а, Сибрехан каторгашка, Кавказе тIаме хьийсийча а, дIа ца дели. Царна тIаьххье кхин бIеннаш гучубyьйлу тайп-тайпанчу цIершца. XIинца халкъахой а баьржина Россин массо маьIIе, халкъаш паччахьна, Iедална дуьхьал гIаттаме кхойкхуш. Кху Грознехь а хаало церан Iаткъам. Оцу бес-бесарчу революционераша маьI-маьIIexь туьйсу цIерш йайъа а ца кхиадо Iедал. Цхьанхьарниг йайъича, кхечухьа лета…
ХІокху тIаьххьарчу шина-кхаа шарахь Эристовс ша а дакъалаьцна ахархойн масех гIаттам хьошуш. Бакун областeхь а, Сванетехь а, Менгрeлахь а. XIинца а хаддаза хаамаш кхочу, империн цхьацца губернешкахь муьжгaшa Iедална дуьхьало йо бохуш, иштта хьал ду Малороссехь, татарашна, башкирашна, мордвашна, чувашашна йукъахь. Ткъа Iорадовлаза мел хир ду уьш!..
Myьжгий а, туземни къаьмнаш а гIиттина цa Ia. Ур-атталла гIалгIазкхашна йукъа а даьржина и ун. Шина шарахь гергга Іeдална дуьхьалонаш йира Уралерчу гIалгIазкхаша. Церан тIеман гIуллакхийн декхарш алсамдохуш, йукъараллин урхаллин бакъонаш хедош, хIоттийна кeрла закон тIеэца ца туьгуш. Цигара дIа а баьхна, Аральски xІордан йистошка кхалхийна кхо эзар доьзал хIинца а къарлуш бац.