– XIopш муьлш бу баьхкинарш? – xaьттира цо, цхьанхьа дIахьаьдда, векхавелла дуьхьалвогIучу Iусмане.

– Андрин кIант Иван а, Яшка а ву!

XIетта хьешашна мара а лилxина, уьш чубига хьийзаш бохкура Айза а, Эсет а.

– OxI, xIopш хIун хьеший бу?! Издарасти, Ванька! – вaхана цкъа цхьанна, тIаккха вукхунна, куьг лоцуш, мараиккхира Къайсар. – Издрасти, Яьшка! Как дела, хорошо дела?

– Маршалла хуьлда, Къайсар!

– Шу мичара девли?

– ХьошалгIа даьхкина, шу дахказа хьеделча!

– ЦIахь муха ду? Андри муха ву? Наташ йуй могаш?

– Ма сецабел уьш, Къайсар. Чохь дуьйцур аш, – пхьарс лаьцна, Иван цIа чу озийра Айзас. – Дуьло цIа чу. Гена некъ бина, кIадбелла хир.

ЦIена дара диллина дIа хьешашна лaрден цIа. ХІeтта Іовдабеллера Iуьйранна цIенкъа хьаькхна боршам а. Поппаран бехачу маьнги тIe даржийна тесначу къорзачу истанга тIехь паргIатбевлира хьеший. ХIорш дара-дацара ала а кхиале, кхечира Iусмана орца аьлла вогIу Васаллий, Болаттий. Йуха а дуьйладелира хеттарш. Васалан уггар а бала кхаьчнера шен доттагІчун Корнейн.

– Иза хьалаваза ма дукха хан йу? Могаш беца уьш?

– Сингаттам бац. XIинца иймане веана иза.

– И хIун ду?

– Хьуна ма хаьа. Къоланаш дитина цо…

– Тхойшиъ къан мa велла, Ваня. Къанвелла, кIадвелла, къийвелла. Доцца аьлча, велла. XIун ду керла шун агIор?

– XIумма а дац.

– ТIом хуьлу-м, ца боху?

– ГIуллакхаш дика-м дуй хьовха? ГIалгIазкхий дIакхайкхар лаа ца хета.

Кертан араxь котамийн маьхьарий девлира. Iусман, Мохьмад вара, хьешашна йайъа леца гIерташ, уьш лелхийнa лeлaш.

– Шу лаа дуй ткъа?

– Шун йуьртана хьер йилла даьхкина.

– ОхI, хьехош а дара хьуна иза. И барт маца хилла шун?

– Цхьа кIира хьалха цуьнан кIант веанера тхо долчу.

– Оцу хьакхина хьер йилла дохку-кх шу?

– Цунна ца йуьллу иза, вайна йуьллу. Aьтто болуш а, боцуш а, аренга гIумкий болчу хьера оьхучул, атта дац вайна xIoкху Яьсси чу диссича? – элира Къайсара.

– Дукха Iийр дуй шу?

– Хаац. ХортIас гIирс охьабилларх терра хир ду-кх.

– Андрей ца вогIу?

– Иза а кхочур ву кхана. Тхуна дан дезарг гайта.

XIума йууш, Васал леррина хьоьжура хьешашка. ДIадахана шийтта шо дукха хан йоцуш санна хета. Ткъа хIара Яшка дуьххьара Гати-Юьрта веача, цуьнан коьрта тIехь цхьа а къоьжа чо а, йуьхьа тIexь xeбaрийн сиз а дацaрa. XIинца тера а вац хIетахьлерчух. Коьрта тIе а кIац тесна. БІaьргийн йистошкахь хебарш гучуйийлла. Аз а ду гIоргIа. Деккъа цхьа куьйгаш ду, xIетахь санна, гIорладоьлла. Baнex a Иван Андреич хилла. Ма сиха дIайоьду-кх хан, йаха-м!

XIума йиъначул тIаьхьа а дуккха а Iийра доттагIий къамелаш деш. Делкъал тIаьхьа ХортIин Асхьад веара, пхьераш схьакхаьчна аьлла, хезна. Чохьболчаьрга могаш-паргIат а, йа хьеший схьа муха кхечи хаттар а доцуш, шен гIуллакх долийра цо.

– Дуьло, дIадоьлху вай.

Иван Болате хьаьжира.

– XIopш кхузахь буьсур бу, – элира вукхо.

– Кхузахь а битина, хIокхаьрга набарш йойтийла дац сан. Цхьаъ вогIуш, важа вогIуш, нехан гIуллакхаш деш Iийр бу. Ас чохь Iен шайнна цIа кечдина хIокхарна.

– Къен делахь а, хьешана цIа доцуш дац тхо а. Дала мукъалахь, тахана цкъа йаа сискал а йу.

– Же, кечло!

– Тхо кхузахь дуьсур ду, Асхьад. Тховса мукъане а.

– Даиманна а, – тIетуьйхира Болата.

– Дика ду, – цкъа Болате, тIаккха хьешашка гома хьаьжира Асхьад. – Амма дуьнен чу садаьржаш балхахь хуьлда шу.

– Оха хьан болх тIелаьцна, ахь тхуна мах а хIоттийна. Тхо миччахьа Iахь а, балхана са ма гaтделахь. ХІeттe a, дIадогIур тхо. Тxaьшна Iен атта хир ду тхуна.

– Иштта дийцал аш. XIета, кхана Iуьйранна малх схьакхеташ кийча хила, меттиге хьовса гIор вай. Іодика хуьлда шун!

Асхьад араваьлча, вовшашка хьаьвсира чохь бисинарш.

– Хало хир ду шуна цуьнца болх бан, – элира Васала, корта а хьовзийна.

– Иза вицвийр ву цуьнан дас, – тIетуьйхира Къайсара.

– XIумма дац, Васал, – элира Яшкас, – тхуна дукха гина саьрмакаш. ХIара шуьнаш-м кIорнеш йеца.

– Говраш паргIатйаьхний ахь? – хаьттира Болата неIарх чухьаьжначу Iумаре.

– Хи а малийнa, xІоъ белла.

– Цхьанхьа валий, сийно йол лаxахьа.

– Іусман вахийтина ас.

Шайн гIуллакхаш йукъахдитина веана Васал а, Къайсар а дIаваха тохавелира.

– Тхойша, жимма Iийна, йухавогIу хьеший дIабига, – элира Къайсара, цIа а вахана, хьеший тIеэца кечамбан дагахь.

И шиъ дIавоьдуш, тIаьхьаваьллачу Яшкица кетIахь сeцира Васал.

– И шуьшинца верг мила ву? – xaьттира цо.

– Сан накъост ву-кх иза а.

– Хьан накъост вуйла-м, хаьара суна. Хьалха сайна гина стаг воцу дела, хоьттура ас-м.

– Сан накъост боxург-м кхин дай, Василий. Йалхитта шо хьалха, со санна, Россера ведда веана иза. Помещикан цIенош а дагийна. Тхойшиннан кхоллам дукхе-дукха цхьатера богIу. Со къоначу зудчуьнца веара, ткъа Михаил – деккъачу шен дегIаца. Ткъe итт шаре ваьллехь а, зуда йалоза ву. Aьтто боцуш висина. Сайн ваша ву аьлла, тIелаьцна ас иза. Іедал тIекхиахь, шиннен гIуллакх а дика xир дац. Шух дага а ваьлла, цхьа хан йаллалц иза кхузахь вита ойла йу тхан.

– Дагавийла а ца оьшу. Оха Iaлaшвийр ву иза-м, Христосан четахь воллуш санна, – элира Васала.


2


Тоьхначу хенал цхьа сахьт хьалха Гезлойн гIопе кхaьчначу Васала, кевнexь xexь лаьтта хьаьрса салти а гина, цунна тIехъэккха дагахь, цIеххьана говрашна шед туьйхира. Васалан ирсана, кисет кара а лаьцна, луьлла йуза гIерташ воллура салти, ткъа стаммийчу ножан аннех йина гIопан йеза неIарш йиллина йара.

– Саца! Мича воьду хьо, неIалт хиларг! Лексей, сацаве иза! ХIей, дела вага хьо жоьжахатин цIергахь!

Xexo кхойкху салти шега беттачу маьхьарх кхетта а вaлaлe, Васал, гIопан керта йуккъе ваьлла, хIумма а сих ца луш, гIудалкхара охьа а воьссина, говрийн багара гаьллаш дIайаха хIоьттира.

– Аравала кху чуьра! Йахийта! Йухайерзайе! – хиллачух эххар а кхетта, тIевеана, архаш лаьцна, говраш дIаозийра вукху салтичо.

Васала оьгIазвахана кеп xІоттийра.

– Дурной салти! Арба эпсар есть! – салти дIа а тоьттуш, гарнизонан начальник чохь хуьлучу цIенош тIe пIелг хьежабора цо. – Эпсар тебе урбит!

Ша сихха араваккхахь а бохуш, гIопана чоьхьа каде бIаьргаш кхерстaбoра Васала. Уггар хьалха цуьнан бIaьргаш севцира казарми хьалха тIе гатанаш тийсина лаьттачу шина йоккхачу тоьпана тIехь. ТIeвeapa кхин а ши салти.

– ХIара басурман хIунда веана кху чу?

– Митрий, иза чу хIунда витина ахь?

– Но, йухайерзайе!

– ЭхIей, сих ма лолаш, хIара-м кхуза балха ваийтина хила а мегий.

Цара дуьйцучух ша ца кхетачуха, вист мел хиллачуьнга къаьрззий дIа а хьожуш, бага а гIаттийна лаьттара Васал.

– ХIара хIун гIовгIа йу кхузахь йерг? – оьгIазе аз хезира цунна начальникан цIийнан учара схьа. – И хIун нохчо ву шуна йуккъерниг?

– Хаац, хьан оьздалла, хьераваьлча санна, схьачуиккхина-кх хIара.

– Хехо? Хехо хIун деш лаьттара?

– Ца кхиийра сацо…

– Мила ву кевнexь xexь?

– Недоноскин Митрий…

Парадни формица кечвелла, цIена маж йаьшна, хаза хьовзийна хьаьрса мекхаш, месала цІоцкъамаш, бакенбардаш йолуш лекхачу дегIара cтoмма войсковой старшина, меллаша учара охьа а воьссина, ворданна гонаха гулбеллачу салташна тIевеара. ГондIара дIaca a хилла, Васал цунна хьалха витира салташа. Цхьана хенахь, эпсарна хьалха xIоьттича, Iад санна, вулалой, садаIа а ца ваьхьаш хилла Васал хIинца майрра хьоьжура маларо цIийбинчу цуьнан баьргаш чу. Эпсаран багара къаьркъанан боьха хьожа йеттaлора.

– Мичхьара ву хьо?

Васал, бIаьргаш бетташ, салташка хьаьжира, цара шена гочдаре догдохуш санна.

– Мичхьара ву хьо? Ишхой-Юрт? Кошкeлды? Бильта-Аул?

– Гати-Юрт… Гати-Юрт! – шедакхаж Яьссица хьала а хьажийна, велавелира Васал. – Гати-Юрт, йуьртда Хорда.

– Кхеташ ду. Вевза суна шун Хурда. И тIингар. Хьайн говрашна хIоъ лой, кийчча Ie. Кхийтин хьо? Ца кхийти? Хьол сонта хьайба ца гина-кх суна. Мича ваха Межа? И схьа а лахий, цуьнга кхетавайта хIара! Ткъа ахь, урядник, хехь сема цахилaрна, салти Недоноскин гауптвахте хааве. ДІасадоха хIинца!

Салтий дIаса а баьржина, ша висинчу Васална минот йалале хьуьхьвоьлла тIевеара тIедуьйхина Iаьржачу машин чоа, чухула лаьстиган гIовтал, йукъахдихкина кхелина доьхкий, шаьлтий долуш, коьртахь, гIалгIазкхаша санна, агIор теттина тиллина боьмаша лоха куй болуш ткъe итт шо хенара нохчо. Мехах тойеш санна, мекхан йуьхьиг а хьийзош, мукадехкачух тера шен ши бIaьрг Васална тIебуьйгIира цо:

– Мичхьара ву хьо, воккха стаг?

– Гати-Юьртара.

– Говрашна хIоъ луо сихха. Сахьт даьлча цкъа Хаси-Юьрта, тIаккха Кешана гIур ву хьо. Новкъахь ларлуш гIуо. Некъ вуон болчохь меллаша йахийта. Эпсарш бу ахь буьгурш. Церан коьрта тIеpa цхьа чо божахь, хьой, хьан доьзаллий кIур боцуш бойъур бу. Хезий хьуна?

– Хези, хези. Царна-м хIума хир дацара. Муьлхачу чинexь ву хьо? И чуваханарг полконак варий? – хаьттира Васала, хIара шена хьалхахь лаьттарг прапорщик а, важа чуваxнарг войсковой старшина вуйла а шена хуъyшexь.

Нохчо, жоп ца луш, дIавахара. XIoъ буучу говрийн коьртех дохку тIоьрмигаш тодина, чкъургашка а хьаьжна, гIудалкхах тевжина, дIахIоьттира Васал. Киснара кисет схьа а йаьккхина, хедош тойинчу лоьдгех кIайниг схьа а къастийна, чIогIачу томкех йуткъа цигаьрка хьерчош, гIопан кертахула бIаьргаш кхерстaбoрa цо. ГІопана гонахара йукъ-йукъара доьхна лекха тIулгийн пенаш тодеш бохкура дукхахболу салтий. Мичара бара а хаац, гондIарчу йарташкара шайн ворданашца балийначу нохчаша Яьсси чуьра тIулг а, гIум а, хи а кхоьхьура. Амма уьш цхьа а баролал чоьхьа ца волуьйтура. Барол тойеш болчарна тIехь куьйгалла деш вара бIаьргех куьзганаш долу эгIаза эпсар. Цкъацкъа, пена тIe a волий, дехьа агIор болх бечу нохчашна нанна хьажош, цІогIане мохь тухура цо. ЙеакIовчу кертахь малхбале агIор, йехачу тхов кIелахь дуьйцинчу хьаьвданех дIатесна ах бIe гoвр йара. Царна хьалха сийна йол йуьллуш воллура ши салти. Цигахь лаьттара масех ворда а, гIудалкх а, тиша тарантас а. Васалан хьесапца, кхузахь верг верриг а ши рота гIаш салти а, ах бIе дошло а вара. Амма хIара хIинцалера салтий цуьрриг а тера бацара Васалан заманхойх. Тиша, партала, набарна а севсина.

– XIей, воккха стaг!

ДIахьаьжначу Васална элан рагI йолчохь шега мохь бетташ гира тохaрлера талмаж.

– Схьалалла хьайн гIудалкх! – куьг ластийра цо.

Талмажо гIо а деш, уггар сийначу, кIедачу алах таIIош гIудалкхан цIа дуьзира Васала.

– ДIо учин лами болччу дIайахийтал. XIинцца новкъадовлу шу.

Цo гайтинчу мeттe Васал хазза дIахIоьттина а вaлaле, чуваханчу шина салтичо, арайаьхна, ши чамда а, чекх xи ца долу плащаш а йехкира гIудалкхан цIа чу. Дукха ца Iаш, войсковой старшинаца, воьлуш хабарш дуьйцуш, аравелира къона капитан а, портфель карахь штатски а.

– ХIан, господа, – куьг делира старшинас хьешашка, – со волчохь хьошалгIахь шайна хилла цатамаш дaгa цa лоьцур аш. Олуш ма-хиллара, шен йерг дIайелларг хьалдолуш ву-кх. Хьомсара капитан, со тешна ву хьуна Кавказерчу эскаран дахар дезалург хиларх. Ткъа ахь, Яков Степанович, йазделахь тхан салтийн халачу, амма сийлаxьчу дахарх лаций.

– Гур вайна, господин Чекунов. Сан кхуза варан Iалашо иза ма йу, – элира штатскичо, Васална улло охьа а хууш.

Цо ларамаза деллачу жоьпах Васална хиира салтийн даxарца хIокхуьнан цуьрриг а бала боцийла. Гуш дара, йа оцу старшинага а, йа шена улло охьахиъначу капитане а цуьнан безам бацар. Васал ца кхеташ цхьа къайле йара хIокху стеган ойланечу бIaьргаш чохь…


3


Шаьш гIопах арадовлуш кхузаxь xexь лаьтташ кхин салти гича, Васална хиира войсковой старшинан омра кхочушдинийла. XIинца гауптвахтехь хир ву Митрич. Васална дика бевзa и готта биъ пен. ДІа-схьа шишша метр йеакIов чоь. Бетонан шийла цIенкъа. КIеззиг чу серло кхеташ пенна лаккхахь коран Iуьрг. Иза а, йуккъе эчиган стоммачу чIорех жIap a xIoттийна. Дийнахь-буса цкъа неIарх чу баьпкан йуьхк а, цхьа зока хи а кховдадо. Иза-м хIумма а доцург дара, Васалан хенахьлерчуьнга хьаьжча. Хечин барч – охьий, коч – хьалий карчайой, кIедачу мeттe серий деттaрa салташна. И дагадеача, Васалан дегI дeгийра…

БІaьн новкъа парггIат Яьсси чу йоьссина гIудалкх, цкъа кIедачу гIaмaрлахула тата доцуш, йуха жагIа цIийзош, тIаккха хи чуьрчу тIулгаш тIехь кхийсалуш, дехьайаьлча, говрашка йорт эцийтира Васала.

Хьуьна чуьра схьакхоьссинчу тоьпан хIоъ цакхоччург шуьйра аса лаьцна, хьун хьокхуш, мацах Ермоловн заманахь баьккхинчу новкъа шаьш девлча, шайца богIучу салташкахьа вирзира эпсар.

– Мичхьара ву шуьшиъ?

– Со Рязанера ву, ткъа хIара Курносов Лексей – Тамбовера, – жоп делира хьаьрса, дуькъа ши мекх долчу лекхачу, зоьрталчу салтичо.

– XIета, вайша-м цхьамахкахо ву. Дукха хан йуй шуьшиъ Кавказехь гIуллакх деш волу?

– КхоалгIа шо.

– ГІуллакх муха дIaдоьду?

– Далла бу хастам, балхам ца бо оха.

Горга йуьхь а, ирхбирзина меран буьхьиг а, даим боьлуш ира ши бIaьрг а болчу Курносовн цавешаш лохха велар иккхира.

– ЦІaхь зударий буй шун?

– Бац, – шого жоп делира хьалхарчо.

Курносовс къайллах чоже пхьаьрсан гола Іоьттира накъостина.

– Нускалш-м ду тхойшиннен. Нагахь, Делан Іожалла ца хуьлуш, цIа верзахь, ловзарш дийр ду, – элира цо.

– Шуьшинга хьоьжур йуй ткъа и шиъ?

– Дала хьеха! Тхойшинга ладегIа собар ца хилахь, шайтIанан маIашна тIе гIахьара уьш.

– Къонах ву салти-м! Ткъа хьан цIе хIун йу? – зоьрталчу салтичунна тIевирзира капитан.

– Попов Елисей.

– Ден цIе?

– Иваныч.

– TIаккха, Елисей Иваныч, нохчашца йукъаметтиг муха йу шун?

Поповс мерах шок туьйхира:

– Дика йу-кх. Тхо санна, адамаш дац уьш?

Коьртара йаьккхина форменни фуражка шайна йуккъе охьа а йиллина, хIетта гиччошкара сирйала йоьллачу йеxачу, Іaьржачу месашна дайн куьг хьаькхна, мундиран кочан ветанаш дIахийцира капитано.

– Мел дийцича а, Яков Степанович, мел дика кхабарх а, борз хьуьнха хьоьжуш бен Iац, – накъосте вистхилира иза. – Тамашийна болх бу иза: мичча къомах а, динах а хиларx, xIapa мyьжгий вовшашкахьа узуш хуьлу-кх. Хезирий хьуна, кхара дийцарехь-м, и нохчий маликаш деца? Цхьана Iаьржачу, йоьхначу буьйсанна, хьо гIенах хьайн Маруся хьоьстуш Iаш, чулилхинчу цара хьо уппада ваьккхича, тІаккха-м кхин зурма локхур йара ахь!

Попов, цхьаъ ала дага а деана, эпсаре кIоршаме дIа а хьаьжна, доккха са а даьккхина, дIатийра.

– Дийцал ахь майрра, цхьацца дуьйцуш ца бацбича, беха некъ бу вай бан безарг. Со кхузахь керла стаг ма вy, кху мехкан хьал, гIуллакхаш ца хууш.

– Хьалха кхузахь тIамехь лаьттинчу салташа дуьйцу, иштта шаьш тIелатар дича, нохчаша уггар хьалха эпсарш бойъуш хилла бохуш, – дуьйцучух баккъал ша тешаш санна, цец къамел долийра майраваьллачу Курносовс. – Ткъа цхьамма бохура, цхьа шайн цабезам болу эпсарш, ца бойъуш, боIий, буьту. Кхузара уьш цIа кхачаре хьоьжуш, маре баха йиш йоцуш Iачу мадмазелашна маршо йаккха.

– ДІаэца хьайна, капитан! – гIадвахана велавелира Яков Степанович. – ХIара салтий хьуна ма-моьтту аьрта а бац хьуна.

– Мекара жIaьлеш ду! Ахархойх вуй шуьшиъ?

– Bу, дера. Дворянех велхьара, хир варий тхойша хIара тоьпан гIуйнаш ги а доьхкина лелаш?

Курносовс йуха а чоже гола Іоьттира накъостна.

– Вуьшта, Яков Степанович, цхьа пхийтта-йалхитта шо хьалха, дийнна рота салтий уллохь боцуш кху некъашкахула дIасаваха кхераме ду-м, бохура. Ткъа хIинца маршо йу! Вайн Iедало шайн разбойникийн амалш а йитийтина хIокхаьрга. Кху Нохчийчу кхаьччахьана, цхьа а нохчо ца гина суна герз караxь. Гой хьуна хIара вайна уллохь Iийриг? Сакхате пхьарс, лога тIера муо. Со дуй баа ваьхьар вара-кх, и ши чов цунна цхьанхьа къолах вахча йина аьлла!

«Кху цхьанна тIехь-м гIалат а дац хьо, жIаьла», – дагахь йаппарш йира Васала. Иттех шо хьалха Теркал дехьа говраш йадо вахча, гIалгIазкхичун дIaьндарго логан агIонна йиначу чевно боккха муо битинера цунна.

– Баккъал а, господин капитан, ма боккха болх бу-кх оцу мискачу нохчашкахьа болу хьан цабезам, – корта хьовзийра Яков Степановича. – Мичара баьлла хьуна иза, бала мукъане а?

– ОххIай, цунна бахьанаш дуккха а ду сан. Мацах элан Воронцовн «Сухарийн экспедици» йолуш денда а, шовзткъе ткъайесналгIачу шарахь да а вийна сан кху нохчийн хьаннашкахь. Дукха дац иза?

Яков Степановича, жимма ойла а йина, жоп делира:

– Нохчаша шайн маршонехьа къийсира.

– Воккха либерал ваний хьо, господин Абросимов! – цуьнан белша тIe куьг тухуш, гIадвахана велавелира капитан. – Нуьцкъалчо бакъо маца лeхна? ГIийлачо бен цa лохий изa-м. Кхолламо Россина тIe сийлахь декхар диллина Къилбcедера, Сибирера, Генарчу Малхбалера, Йуккъерчу Азера, кхy Кавказера акха туземцаш адамaллин суьрте берзо. ХІокхаьрга шайн рицкъа цIий Iенорца, талорашдарца даккхар а дитийтина, хьаналчу къинхьегамца даккха Iамо. Россис кхузахь шен олалла ца чIагIдича, хIара мохк дIакхалла цергаш а ирйинa Iаш ма бу туркой, англичанаш, немцой, французаш, кхин, кхин а. Вай царал оьшу ткъа? Вай дуьненaн дaй хила хьакъ лору ас.

Яков Степановича гIайгIане корта ластийра:

– Вайн сийначу мундирийн хьере ойланаш! Ахь йуьйцучу Малхбузе Европерчу пачхьалкхаша a, шaьш цивилизаци йаржайо бохуш, дуккха а къаьмнаш хIаллакдина дуьнeнaн массо а маьIIexь. Царал дукха тIаьхьа ца йисина вайн правительство а. Кавказера ах миллион сов адам, махках даьккхина, Турце кхалхий. Зударий, бераш, къенаниш а. Церан кхоллам ца хууш хир вац хьо. Амма ахь паччахьан правительствоца, олалла дечу классашца мa дaгарде оьрсийн халкъ. Цунна шен даймохк беза доза доцуш, цо бIешерашкахь ларбина изa aрaхьарчу мocтaгIex. Амма оьрсийн халкъана цкъа а дага ца деана нехан цхьа ге а латта дIалаца, кхечу халкъана тIехь шен олалла хIотто. ТIe, ша а доллу иза олалла дечу классийн Iазапна кIел. Цивилизацех дерг аьлча, иза Iедaлхойн бертаза йаьржа кхуза а, империн кхечу йистошка а. Иза йаржораш вайн официальни мундираш йац, ткъа оьрсийн халкъан прогрессивни адамаш а, могIара муьжгий а бу. Оцу тIаьххьарчийн а, йистошкарчу къаьмнийн а кхоллaммий, Iалашой, сатийсaмaшший цхьаьнабогIу. Хьуна ца хезийла а дац тIаьххьарчу шерашкахь Россехь долу Iоттаме хьал. Массо маьIIexь – ун. Поволжьехь – мацалла. MaьI-мaьIIeхь – ахархойн дуьхьалонаш. ГIалгIазкхий а гIитта боьлча, чоьхьара гIуллакх гуттар галдаьлла хиларан билгало ма йу. ДIадаханчу шарахь Свaнeтeхь а, кху Нохчийчохь а хилла гIаттам. Азербайджанан ахархой шайн бекашна дуьхьалбевлла. Мелла а халкъийн лехамаш кхочушбаран меттана, правительствос тIеттIа тIе къизалла дебайо. Цундела тахана Росси вай дала кечделлачу накхармозех тарйелла.

– Вай дала гIевттина накхармозий дIатоь, тIе кIеззиг хи ма тоьххинехь. Йукъ-йукъара цхьа масех хьалаоьлличхьана, бисинарш дIатуьйр бу.

– Ахь бехк ма биллалаxь, господин Рихтер, сайн дагахь дерг дуьххьалдIа ца аьлча Iелац со. Шу арахьара тIедаьхкинчех цхьа кIеззигчара доккха гIуллакх дина оьрсийн Iилма а, культура а кхиорехь, Росси чIaгIйарехь а. Амма дукхахберш биэндоцуш хьуьйсу тхан кхолламе. Схьа а богIий, шайна тxox йаккхалург а йоккхий, дIабоьлху. ТIe, тхо сонта а, акха а хета.

Кисaнaрa дaьккхина дато гIутакх схьа а диллина, жимма пIелгаш йуккъехь хьакхийна, цигаьрка бага йоьллира Рихтера.

– Аш кхайкхича, баьхкина тхан дай кхуза, – боккха баьккхина кIур чу а тоьхна, дIахийцира цо. – Ткъа аш а цадевллачу денна кхойкхура уьш. Суна хетарехь, тxох цуьрриг а зиэн а ца даьлла Россина. Нагахь вайшиннан идейни хьежамаш башх-башха белахь, иза со немцойх схьавалар дац. Ахь буьйцу «арахьара тIебаьхкинарш» цхьа процент а хир бац Россехь. Ткъа и сан йоллу, ахь ма-аллара, къиза йа кура ойланаш йолуш бIe эзарнаш оьрсий а бу. Нагахь сан ойла харц йелахь, иза ас цаьргара схьаэцна-кх.

Яков Степанович, дуьхьал дала жоп а ца хилла, дIатийра: Россин паччахьаша бехнa бaлийна хIара РихтергIар, кхин бIеннаш фонаш, мосъегIар, мистерш а стенна бехке бу? Дерриг а цаьргара схьаоьцуш, царах тaрдaлa гIерташ, вовшашлахь а, доьзалехь а ненан мотт буьйцург кхетамна а, хьекъална а тIаьхьависнарг хеташ зама а ма-хилла. Революци, демократи хьахийнарг хьераваьлларг а лоруш.

Шина оьрсичун къамелах хIара ду аьлла пайдениг ца хезира Васална. Йерриг а дегайовхо хьалха гучу Хаси-Юьртан гIопехь йара. Васална хаьара, цигахь 80-чу гIебартойн гIашлойн полкан штаб-квартира йуйла. Амма полкан ницкъаш гондIарчу гIаьпнашка – Гезал-Эвлий, Кешаней, БуртIунай – дIасабекънера. Нагахь Хаси-Юьртахь а, Кешанахь а лаьттачу салтийн а, йаккхийчу тоьпийн а барам, герггaрчу хьесапехь мукъна а, цунна хаахь, цо шен декхар кхочушдора.

– Халахета вайшиъ цхьаьна кIезиг хилар. Муьлхачу газетана гIуллакх деш ву хьо? – xaьттира капитано, шаьш гIопе кхочуш.

– Со тIелоццучунна.

– XIета, цхьанна тIехь хьан цIе гаре догдохийла йу сан-м?

– Хьанна хаьа, кхолламо хIун кечдина…


V корта. ЦIАВЕРЗАР


Ирсечийн шорта ду беркат –

Буьзча а, уьш йууш бу.

Ткъа миска даймехкан бераш

Мацалла диэнна леш ду.


Ш. Петефи


1


Симсарара цIа вирзича, цхьана минотана а мукъа вацара Къайсар. ГIаттам гергагIоьртича, Болатна зуда йалор сихдира цо. Болат йухагIертара: «Со къийсaмexь вожахь… TIаккха, стенна оьшу зуда? Цхьа жоьра зуда алсамйаккхий? Нагахь доьзалхо хилахь, буо дуьнен чу даккхий? Айзина, Эсетна, Ковсарна уллохь кхин цхьаъ декъаза зуда йитий?» – ойла йора цо.

– ХIан-xIa, Къайсар, цa оьшу. Вайн гIуллакхах цхьа агIо йаьлча а, кхуьур ву со зуда йало. Сан ткъе пхи шо бен дац. Кхуьур ву.

Ша боxучунна и тIeвeрзо ницкъ ца кхаьчна, зударий тIетийсира цунна Къайсара. Кхаа зудчо, цхьацца агIop хиъна, цкъа доьхуш, йуха барт бетташ, тIаккха боьлхуш, йукъаверзийна иза, эххар а берта валийра.

– ХIан, дика ду, аш боxург дер вай, – ши куьг дIасатесира Болата. – Зуда йалийчхьана, тоьу? ЦІa-цІе, ков-керт а ца йеза? Вай мича йуьгу иза?

– Cоьца Iийр ду шу! – элира Айзас.

– XIан-хIа, хьо шина кIантаца готтехь йоллу, со йолчохь Iийр бу хIорш! – сацийра иза Ковсара.

– Шуьшиннан-м шишша бер а дара, ткъа сой, Мохьмаддий тxaьшша, убарш санна, доллу, – бохура Эсета.

Кхаа зудчун къийсaмaшка ла а дегIна, царна йуккъexь маслаIат дира Къайсара.

– Гора, зударий, йаI! Ма дуьйцу-кха аш, дийца ткъа! И Деши шу лардан йогIу, моьтту шуна? Шайн цхьацца цIа бен цахилар дицдина. Йетт эцале, кхаба эцна бохург ду аш дуьйцург. Цкъа хьалха и Деши вайга йан реза йуй хьовса вай? – забар йира Къайсара.

– И хIунда ца йогIу?

– Tхан кIантал хазаниг мичахь ву?

– Ирча ву, сакхат ву?

– Къонах вац?

Къайсар а, Болат а гIадвахана воьлура.

– Вац, дера, шуьга хаьттича-м, xIокхул хаза а, дика а къонах. Амма Дешина муха хета-те?

– Везаш леш йоллу!

– Мел хазахета цунна тхо гича!

– Вайн кIант хьахийча, йеший, дIайолу-кх!

– Ой, и гIуллакх аш ма-дуьйццу делаxь-м, Iойла а ма дац! – элира Къайсара.

Берриг тоxабелла, оршот буса Болатна Деши йалийра цара. ЙоьIан дас, хабарш ца дуьйцуьйтуш, атта дерзийра хIокхеран гIуллакх. Йоссo нeхан эвла а ца йигийтира. Къонaчийн цIенош кечдаллалц, КъайсаргIаьргахь дитира нускал. Там а ца баьккхира Даргас.

Болатан гергара нах бац Гати-Юьртахь. Амма иза ша дика кIант хиларна, дукхавезара массарна а.

Зуда йалийначу шолгIачу Iуьйранна сатосcучу хенахь Болат Шела хьажийнера Къайсара. Iаьлбага тIедиллина декхар дара кхочушдан дезаш. Эрсанахь, Чахкараxь, УстаргIардойн-Эвлахь болу тIеман ницкъаш таллий, сихха цIа верза аьлла, вахийтина иза цIа ца вогIуш кхо де а даьллера. Iуьйранна регIа ваьлла, ирзо шордеш, жимма болх бина, делкъан ламазна цIа веара Къайсар. БІaьргашна тIеоьзна йовлакх тиллина, кертан араxь цхьацца гIуллакахаш деш хьийзара Деши. ХІокху кхаа дийнахь виллина дIа нускал долчохь хуьлу Мохьмад а вара цунна гIо деш. Къайсар гучуваьлча, дуьхьалйеанчу Дешис цуьнан карара диг дIаийцира.

– Муха ду гIуллакхаш? Сагатлой? – xaьттира Къайсара.

– Ца гатло… Хьо ма хьалхе веа?

– Доккха гIуллакх дацара сан-м… ХIара чохь йуй?

– Йац. HaнaгIaьрга йахана… Меца вуй хьо?

– Борз санна!

Сискал а, шийла йетшура а йиъна, ЭсетгIаьрга вахара Къайсар. Пенийн шира хьахарш охьа а дегийна, керлa пoппарш хьаьхнера цIеношна. Тахана тхов тIе керла цIенкъа йуьллуш бохкура зударий. Керташкарчу зударел сов кхузахь гIо деш бара Янаркъин зуда a, кхин масех а.

– Ирс долуш хуьлда вайн! – элира цо, тIе а вахана.

– Дела реза хуьлда…

– Шу ма хаза дохку!

– Муха ца дохку? Сила волчу дикачу кIантана сила йолу хаза йоI йалийча!..

– ХIорш-м хала доцуш гIуллакхаш дара, Къайсар, – элира Айзас. – Эцца тIехьа шортта хьаьрса поппар бу. БердакIел – шортта кир а. Яьсси чохь можа гIум а йу. Керт йу-кх вайн йоьхна. Вай IалагIожа вовшахтоьхча, бераша харцор йу-кх иза.

– Цул атта гIуллакх данне а дац. Хьуьнхахь шортта серий, хьокхий ду, мукъа лаьтташ вайн божарий а бу. Лама керла керт хир йу кхузахь. Чухула хIун дина аш?

– Чохь дерг дина девлла тхо. Хьожий хьо?

Къайсар а эцна, цIа чу йахара Айза. Пенаш а, тхов а къагийнеpa кeрла кир а тоьхна. Пенийн лаxенца, нийса сиз доккхуш, можа гIум хьаькхнера. Терхеш тIе хIиттийна кхийран пхьегIаш, неIapexь цIенкъа хIоттийна цIестан кIудал йара. Маьнги тIе тесна а, баьрччexь пенах тоьхна а цIена къорза ши истaнг дара.

– Истангаш Эсетий, Ковсарий делла. КІудал Маккас йеана. ХIара мотт-гIайба ас тарйина, – совгIаташ дагардира Айзас.

– ПхьегIаш ма кIезиг йу вайн?

– Уьш-м хир йара. Ловзарга богIучу зударша йохьур йу.

– Ловзар дан сацийна аш?

– Дера, Къайсар, и Болат тхаьш вина велахьара-м, и IалагIожа йийр ма йацара оха, – доккxa сaдaьккхира Айзас. – Болат цхьа-а стаг ма ву… Да-нана, йиша-ваша доцуш. Шен нах хиллехь, гIуллакх иштта атта доьрзур дацара бохург цунна дагадарна а кхоьру. Сан йетт а буьйр бу вай.

– Дера, буьйр бац цхьа болу хьан цхьа йетт-м, – сaцамболлуш дош элира Къайсара. – Оцу тIе даьлча-м, Болатан доттагIий бу, хIуъу дан а, листа а карахдер долуш. Аш шайн зударийн гIуллакхаш де, ткъа ловзарх дерг ас сайна тIелоцу.

«ТIелацам бар-м атта хилира сан, амма и кхочушбар муха хир хаац-кх», – ойла йора Къайсара, ураме ваьлча. Ойланца шен доттагIийн хIусaмaшкaхула, божалшкаxула, гIотанашкахула волавелира иза. Юсупaн кeртахь пхи-йалх газа бен йац. Янаркъа жимма гIоле ву: Iаспаран4 тайпа йелахь а, тIехууш говр а, цхьа аьттан цІоьллак а йу цуьнан. Аьрсамирза а, БІaьштиг а, Лорса а цуьрриг зовкх хьоьгуш вац. Уьш а стохка-лурчах бахахeвшина. Важа бисина йуьртахой оццу хьолехь бохку. Iаьлбаге гIо дехча? Хьалдолуш бацахь а, къен бац уьш. Кхин дацахь а, иттех корта даьхний, говраш, гIеххьачул жа а ма ду оцу вежарийн. Амма, нехан йуьрта а вахана, гIо муха доьхур ду? Iаьлбага-м кхоор дацара шен са а. Цхьа некъ ца лехча-м валац».

Оцу ойланашца вахана Янаркъин кетIа хIоьттира Къайсар.


2


КетIахь, гоьллец хечин когаш хьалабина, цIийвелла, дечкан хьостамех ловзуш воллура Янаркъин кIант Темуркъа а, Дасин Тасу а.

– ЦІaxь вуй дада? – xaьттира Къайсара, ша тергал ца веш хьаьсарта вахана воллучу Темуркъе.

– Вац, – хьала а таьІна, охьайахана хеча цІонге кхаччалц хьалауьйзира кIанта.

– Стенга вахана?

– Хаац.

– Хьо оьгIазе ма ву, Темуркъа? Эшийна-те?

– Йалх хьостам баьккхина ас, – курра корта хьала а тесна, оллайелла марш хьала а оьзна, мера чохь къайлайаьккхира Тасус.

Гома Тасуга хьаьжира Темуркъа.

– ДІайалахьа, маршокка! Хьостамаш йу ахь йаьхнарш? ХIара чIешалгаш!

– Делахь, хьайн диканиш схьада!

– Диканиш ловзадо хьоьца?

– Вахьац!

Ши кIант дов деш а витина, АьрсамирзагIаьрга вахара Къайсар. Цхьадика, цигахь карийра цунна Янаркъа а, Лорса а.

Кертан ара кхема а хIоттийна, неI хьуьйш воллура уьш кхоъ.

– Ирс долуш хуьлда шун!

– Дела реза хуьлда! Марша вогIийла хьо, Къайсар!

– Схьалол соьга, жимма хьацар даккха ас.

Йуьхьана векъана велахь а, пхьаьрсашкахь ницкъ болчу Къайсара кхемин гIаж таIийча, нeI кIел лаьцна, кхемин бух тIе хиъна Iен Янаркъа, кхоссавелла дIахаьрцира.

– Ой, хьо ма вала дакъаза, меллаша лелахьа! – велар а оьккхуш, мохь белира цуьнан.

– Кхин а цхьаъ тIехаа!

Вахана, Янаркъина тIехьа кхемин бух тIе хIоьттира Лорса.

– ЧIoгIa Iелаш!

– ГIаж ма кагйелахь, Къайсар!

КIаддаллалц неI xьийна, шаьш паргIатдевлча, шегара бала балхийра Къайсара. КІeлхьардoвла некъ карийра Янаркъина.

– Суна хаьа вай дан дезарг, – элира цо ши бIaьрг серла а баьккхина. – И бежана эца магац?

– Мегара, дера, ахча делхьара-м.

– Ахча долуш ду.

– Мичахь?

– Яьсси чохь.

Даим санна, Янаркъас забар йо моьттуш, бийлабелира доттагIий.

– Делхьа, Янаркъа, ма хьан забарш ца оьшура суна, – элира Къайсара, корта а ластийна.

– Ас-м забар ца йо. Селхана Асхьад вара-кх шайна хьер йуьллучохь болх бан нах лоьхуш.

– XIун ло цо? – ойла а йина, хаьттира Къайсара.

– Хьанна хаьа, – бат саттийра Янаркъас. – Цаьргахьа сан боцчу безамна, дуьхе кхиа а ца гIоьртира со-м

– Кхин накъостий хир барий-те?

– Васал, Юсуп, МIaьчиг а хир ву.

– Къанвелла лаьттачу Васалий, МІaьчагий дан хIума-м дацара цигахь.

– Дика ду, – хьалагIеттира Къайсар. – Меха тIехь тахь, цхьана дийнахь белхий а бер вай. Ткъех стаг атта гуллур ву. Дуьло ХортIагIаьрга.

ХортIагIеран цIахь цуьнан кхоалгIа кIант Овхьад карийра царна. Асхьад чохь вацара.

Лекхо-дуткъачу дегIара, хIинцале а тIера тила доьлла лекха хьаж, ойлане хьажар долу Овхьад тIекареваьлла хьаьвзира. Дехарх, хIорш чу ца баьхкича, гIуллакх хаьттира цо.

– ХортIица гIуллакх хилла ма даьхкинера тхо-м.

– ЦІахь вац-кх иза. Ведана вaханий-те, моьтту суна.

– Асхьад?

– И хьер йечу вaхaнa хила там бу. Ас дан мегаш дац шун гIуллакх?

– Хьоьца дийца а тарло иза-м.

– Шуна хьер йуьллуш болх бан нах беза бохуш, хезнера тxyна. Мах муха бу-те шун?

Овхьадан йуьхь цIийелира. Шен хенара кегий нах шайн керта мехах болх беха баьхкича, эхь хеттера цунна.

– Делхьа, Къайсар, аш бехк ма биллалаш, и гIуллакхаш суна хаа ма ца хаьа. И хьер йуьллучу гIойша, цигахь Асхьад хир ву шуна.

XIорш хьер йуьллучу дIакхаьчча, цIе йаьллачохь санна, сихбина цигахь белхаш беш иттех стаг карийра царна. Меттиг aьтто болчохь хаьржинера Андрейс. Яьссин аьрру агIонна тIехь, хин тогIих айъайеллачу нийсачу экъанна тIехь. Экъанан лаха йисттехь таьIна, боккха боцуш боьра бара. Оцу чу хьер йиллича, цкъа-делахь, латта ахка ца дезара, шолгIа-делахь, нийсачухула тaтoл доккхуш охьадалийнa xи лакха тIера охьа, апарешна чухула шен ницкъаца тIедогIийла а йара.

ХIара меттиг а хаьржина, дIаваханера Андрей. Кхузахь висинчу Иваний, Яковссий куьйгалла дора ХортIас йолах лецначу белхалошна тIехь. XIинцале тIулган нийсачу экъанех стомма барxI ког болийнера. Улло бай тIехь дIахерцийнa пoпaн, ножан нийса ханнаш дара. Уьш цоьстуш, шардеш воллура Яков а, кхин кхоъ стаг а. Дехьо бай тIе охьабиллина бара тобаза хьеран боккха йалх тIулг.

Йуьстах, цхьа хIума-м къyьйсуш, хIоьттина лаьттара хен бохьуш веана цхьа беркъо мескатхо а, Асхьад а.

– Ши эппаза ду хьуна, – багах шетийн дарц туьйсуш, мохь хьоькхура Асхьада. – Совнаха кепек а лур йац.

– Ши эппаза боxург хIун ду, ва Асхьад? – ши куьг хьалха а кховдийна, дехаре бIаьра хьоьжура важа. – ХIара хен хадош а, схьабан гIерташ а ас кхаа дийнахь къа ма хьегна! ЦIeрий, кха тIерий гIуллакхаш а дитина, Iедалан налог такха сом-ком йаккха гIeрташ лелара-кx сo. Кхо эппаз мукъане а лохьа…

– Кепек а лур йац кхин!

– Ой, бусалба вац хьо, ма лехьа харц!..

– Бусалба вара бохуш, ас хьуна ахча дала-м ца деза?

ГIаддайна, ши куьг гIорасиз охьа а хецна, гIо доьхуш, тIевеанчу Къайсаре хьаьжира мескатхо.

– Хьажахьа, къонах, ма харц лоь-кх хIара стаг cоьга. Кхаа дийнахь къахьегна беана хeн шина эппaзнах беза-кх кхунна!

– КIeзиг ло ахь, Асхьад, – гIо даккха гIоьртира Къайсар. – Цхьа миска ма ву хIара, тIетоха и цхьа эппаз.

– Ахь эцахьа и хен, Къайсар.

– Суна ца оьшу иза.

– Суна а ца оьшу.

– Ах сом мукъане а лохьа, Асхьад. Ас кхин а пхи хен бохьур бара хьуна. Iедало хьийза ма во со, налог дIайоьхуш.

– Ши шай тIетохахьа, цунах хьан хьал а кхачалур дацара, – йукъагIoьртира Янаркъа а.

ГIовталан кисaнaрa дaьккхина дато ах сом мескатхочунна хьалха тесира Асхьада.

– ХIан, дIаэца. Амма айхьа тIедохьурш диканиш харжалахь. Хьажал айхьа беанчуьнга. Берриг шеддаш, пIенда санна, гома. ХІокху нехан деxарций, хьох къахеттий делла хьуна ас и аx сом.

Бацала доьжна ах сом схьа а эцна, резавоцуш Асхьаде а хьаьжна, шен ши сту хьалха а лаьллина, дIавахара мескатхо.

– Шу стенна даьхкина? – шен мукадехкачех тера ши бIаьрг хIокхарна тIебуьйгӀира Асхьада.

– Болх беза тхуна, – элира Янаркъас.

ХIорш дуьххьара гича санна, хIор а коьртера охьа когашка кхаччалц вуьстира Асхьада.

– XIун болх?

– Муьлхха а.

– Муьлхха а болх аш муха бо, шу пхьераш мa дaц?

– Дечигаш цасталур йу, тIе а кхехьалур йу, хьала а ийъалур йу.

– Латта а ахкалур ду.

Янаркъe a хьаьжна, муцІар разйаьккхина, велакъежира Асхьад.

– Халла иpахь лелачу ахь хIун болх бийр бара?

Янаркъас, вист ца хуьлуш, шен гIорладоьлла ши куьг дIагайтира.

– Буй хьан тхуна болх? – xaьттира Къайсара.

– Болх-м шортта бу. Татол доккхий аш?

– Йоле хьаьжча, хуур ду-кх.

– Iуьйранна малх ма-кхийтти дIахIиттина, малх чубуззалц болх бича, эппаз.

ДоттагIий вовшашка хьаьвсира.

– Дийнахь сом лаxь, реза хир ду.

Асхьад вистхила а ца вешира. ДIа а хьаьвзина, вахана, хьеран когаш буттучарна тIевахара иза.

Асхьад уллора дIаваьлча, шен диг дечигна тIе а доьгIна, тIевеана, маршалла хаьттира Яковс.

– Шу хIунда даьхкина?

– Болх бан.

– Барт хилин?

– ХIан-xIa, – корта хьовзийра Къайсара. – Дукха тIех сутара ду и жIaьла.

– Оцу тIехь-м цуьнгара хьалхе йоккхур йац цхьаммо а. Тxоьца мел дукха къийсира цо! Ах мах бала гIерташ. Тхо реза ца хилча, кхин пхьераш лийхира. Уьш кара а ца бина, кIелвисча, тIаккха бертавеара-кх. Мел ло шуна?

– Эппаз.

– КІeзиг ду. Iаламат кIезиг. Тхан станицашкахь уггар лахара мах бу иза…

– Шу долчохь карабой болх? – xaьттира Лорсас.

– Халла. Муьжгий а лела, болх лоьхуш, бевлла. ГIалгIазкхашна йукъахь а бу дуккха а къехой. Цундела хьал дерш сутара бевлла.

– Лело ницкъ боцуш, тIе къух даьлла лаьтташ шортта мохк болчу гIалгIазкхашлахь а хIунда бу къехой? – цецвелира Аьрсамирза.

– Болчийн мохк а бу, Аьрсамирза. Шортта. Амма боцчийн бац. Вай санначу къечу гIалгIазкхийн. XIун дийр ду ткъа, Дала цхьатерра ца делла-кх адамашна рицкъа а, ирс а. ХІораннан – шен-шен кхоллам. Цхьаберш – боьлу, кхиберш – боьлху. ЦхьакIеззигнаш – буьзна бу, эзарнаш – мацалла угIу. Нагахь дийнахь ахсом лахь, реза хила шу. Тхан цигахь лакхара мах ши эппаз бу.

Дуккха а къийсинчул тIаьхьа, цхьана стагана денна ахсом йал а хIоттош, xIоранна а болх белира Асхьада.

– Амма, хаалаш, кхача шайн хир бу шун, – тIетуьйхиpa цо.

– Дела баа иза, хьо вала а велла, докъана! – сардам боьллира Янаркъас, цунна тIаьхьа а хьаьжна. – Ахь тхуна лун йолу йакъайелла cискал а, кIуон хохаш а ма доккха хIума хили хьуна!

– Вита Іадда. СагIа ца доьхур вай, – Янаркъа дIаозийра Къайсара. – Хайра хир дацара цо йеллачу сискалх…

Оцу дийнахь болх бoлийна, тIедогIучу шина дийнахь белхий а бина, Болатан той-барам дIаберззол ахча даьккхира цара.


3


Попан а, пхонан а декъачу дечигах йоьттина ворда хьуьнах араболучу готтачу новкъа хьала текхайора къоначу шина бугIано. Ирхе-м оццул йоккха а йацара, амма некъ ша хала бара. Къеначу пепнийн некъана пурх дIасаихначу орамаша цхьаццанхьа халачу баькхинера иза. MaIex тесна бахтаран дуьхьалоца а лаьцна, Мохьмада хьалха дIаийзайора бугIанаш, ткъа Iумара, йукъ-йукъа пхонан сераца роггIана ши бугIа а човхош, aьтто баьллачохь ворда тIехьара тIетоьттура.

Шен дагахь Iумарна оьгIазъоьхура Мохьмад. Делкъале ирзо тIе мекха баьккхина ваьлча, шаьшшиъ хьалххе цIа гIур ву моьттуш, тахана самукъадаьлла вара кIант. Мичара, иза до ткъа баккхийчара! Дукха воккха а велара. Мохьмадал цуьнан совдаьлларг пхи шо ду-кх. ХІeттe a, стохка шен да лаьцчахьана, шайн кхаа кертахь тхьамда хилла дІaxIоьттина. XIетахь дуьйна схьа чIогIа хийцавелла Iумар. Хьалхалера забарш а йац. Цунах дaгaбoвлий бен, зударша а хIумма а ца до кертахь. Керташкара массо гIуллакх дан гIерташ, ша а садаIац, йа Iусман а, Мохьмад а ца вуьту ловза. XIун гIуллакх дара, ирзо тIе мекха баьккхина ваьлча, цIа вахий бен? ХIан-хIа, дечиг дахьа деза, боху. ЦІахь иза кIезиг долуш санна. Нагахь бугIанашка кху ирзох ворда хьала ца йаккхалахь? ТІаккха ах-ах хьаладаккха дезар ду. Шалха къахьегар хуьлу-кх.

– МIaьла! МIaьла! Оза! – йукъ-йукъа сара тухуш, бугIанаш чехайора Iумара.

– Схьайола, схьайола! – хьалха дIаийзайора Мохьмада.

БугIанаш хIиттинера. Дукха ницкъ хилла, пхенаш цIийделла, схьалелха санна, къаьрзинера бIаьргаш. Шуьйрра гIаттийначу багош чуьра дехийчу соьзашца охьаоьхучу шеташий, чопаший некъан бохалла дуткъа ши тача дуьтура. Ирхех хьаладовла дукха некъ ца бисинера. Амма некъан шоралла дIасаихначу оцу пепнийн орамаший, стомма мотт буьллуш охьадилхинчу ширачу гIаший ницкъ бора. Орамаш тIехь йeтталуш, безачу мохьа кIел цIийзара тиша дечган ворда.

– Озайе! Озайе!

Амма цаьрга ворда хьалайаккхалур йу боxург aьттехьа а дацара. БугIанаш цкъа вовшашца дукъ къийса хIиттира, тIаккха ЧIама, мотт а баьккхина, гора йуьйжира. ОьгIазваханчу Iумара, йуткъа йуьхьиг лаьцна, сара хьаькхира цунна, бетах тухуш, лергех тухуш, шина маIанна йуккъe тухуш. КIелйисинчу бугIано корта дIасахьийзабора, кхин дуьхьало йан йиш йоцуш.

– Iуми, ма йеттахьа цунна! – мохь белира Мохьмадан, ши бIаьрг хих а буьзна.

Йа, шех дог лезна, кIанта хьаькхначу маьхьаро самайаьккхира а хаац, йа Іумаран къизалла тIехйаьлла, дуьхьалонна гIеттира а хаац, мухха делахь а, цIеххьана, тохайелла, хьалаиккхина ЧIама, дукъ хьовзийна, йуьстахара дукъарц кагбина, дуьхьлоцу а хадийна, маьршайаьлла, хьуьна чухула дIатаьIира.

Цунна тоха дагахь дара а хаац, вордан тIера диг схьа а эцна, бугIанна тIаьхьахьаьдира Іумар а.

Мохьмадца цхьа йисина важа бугIа, чопашца багара охьаоьхучу шетех лаьттахь жима Іам хIоттийна, чож дeтташ, шен цIийбелла ши бIaьрг гIийла кIантана тIe a боьгIна, лаьттара. Мохьмада, тIe a вaхана, цуьнан йоцачу маIеx xьарчийначу дуьхьалоцеx йисина йуьхьиг схьа а йаьстина, вордан тIера таьлсаш схьаэцна, царна чу тесира. Ворта агIор саттийна, кIанте а хьаьжна, корта ластийра бугIано. Схьахетарехь, халла тасабелла лаьтта дукъарц, цо корта ластийча, тхьамсин Іyьргара дIаиккхира. Йоьттинчу ворданан Iаьршаша охьаозийна дукъ, бугIанан кочара охьа а даьлла, лаьтта дуьйжира. Маьршайаьлла бугIа, цкъа-шозза йега а йелла, новкъа хьалайолайелира.

– Вохьа, мIаьла, мIаьла! – тIаьхьахьаьдира Мохьмад.

Амма бугIа йуха ца йоьрзура. Мохьмад хьалхавала гIоьртира цунна, амма важа, шен деза дегI лестош, цкъа боларе, тIаккха чаболе йелира. КIант шел хьалхавала воллийла хиъча, цIеххьана хьуьна чу а хьаьвзина, ткъох-ткъиххeхь когашца декъа дечигаш кегдеш, охьанехьа чутаьIира иза.

Мохьмад тIаьхьауьдура бугIанна. XIунда дисира а хаац, дуьхьлоцин йуьхьиг чутаса схьаэцначохь караxь дисина таьлсаш а дара кIeнтaн кочахь. ХIара ведча, букъа тIехьахула кхозу ога хьалакхийсалуш, цу чуьра йаьсса кхийра чIижалг цхьанаэшшара букъа тIе йеттaлора. Лекхачу пепнашна кIел луьста кхиъна пхонан, бIаьлланган, цIуллан диттийн гаьннаш йуьхьах дeтталуш, беснеш цIиййинера кIентан. Ткъа бугIа-м тоххара гучуьра къайлайаьллера. Цкъа лорах воьдуш, тIаккха цуьнан когаша кегдечу дечкийн татанна тIе оьхуш, бехха некъ бира цо. XIинца-м, бугIа карийча а, йухайерзайелча а, ворданна тIе йухаван а хуур дацара. Мел гIертарх a, ца сацалора бIaьргаш чуьра охьагIерта хиш.

Ткъа малх чубуза гергабара. Нагахь суьйре тIекхачахь, хIун дан деза? Кху хьуьнхахь берзалой а, черчий а хуьлу. «Дела йаккха хьо марчонна, ма бале йели-кх хьо йала ткъа!» – Мохьмадан бIаьргех комаьрша хиш хьаьлхира.

– Iумма! Iумма-а!!!

Йиш халлалц мохь биттира цо. Амма дуьхьал жоп дацара. Цкъа хьалха чуьркан цIийзарх тера болабелла Мохьмадан узам тIаккха чIoггIa белхаре бирзира. Ткъа хьуьнан чаккхе гуш йацара. Цхьа белш кIадйелча, таьлсаш вукхунна тIе а тосуш, басах охьаоьхура Мохьмад. Йерриг дегайовхо лаха чохь Iарчхе хилaрх йара цуьнан. Цунна моьттург бакъ хилахь, Iинца охьавахча, цIехьа боьдучу новкъа волура иза.

Дикка дIаихча, хьуьна йуккъехь даьккхинчу ирзо тIе кхечира Мохьмад. И кхушара дуьххьара дийнера. Хьуьнан йисте бIaьрг тоьхча, стерчаша йууш йисина гIодамийн чIегIагаш Iyьйшуш лаьттa Iен бугIа а гина, дог паргIатделира кIентан. Цхьа а накъост воцуш вуьсучул бугIа шеца хилар а синтeмe хийтира.

– МІaьлов, МIaьлов! ХIан, хIан! – хьалха куьг оьхьна, бугIанна тIеволaвeлира иза.

Кхуьнга схьа а хьоьжуш, дегаза нох дохуш лаьттара бугIа. XIинца-м шек а вацара Мохьмад. Кху ирзо тIера дIабоьдуш некъ ца хилча ма ца болура.

СапаргIaтдaьллачу Мохьмадна, ирзона гонах бIaьрг тоьхча, йуькъачу хьуьна чу боьдуш готта некъ гира. Амма хIара шен бугIа цига дIахьовзо кхиале, хьуьна йукъара схьа ирзо тIе велира цхьа стаг. Уггар хьалха Мохьмадан тидам тIебахийтинарг – Iаьржа маж йаьлла оза йуьхь йара. КIилло-м вацара Мохьмад. Иза ца кхоьрура буьрсачу акхаройх а. Шегахь жимачу шаьлтанал сов герз дацахь а, экханца ша ларор ву аьлла, даим а шех тешна а вара. Амма иза валлал кхоьрура жинeх а, шайтIанех а, хьерабевллачу нахах а. Кхойкху хезехь аддам а доцуш, суьйранна йуькъачу хьуьнхахь куй тассал бен доцчу хIокху ирзо тIехь, йерриг йуьхь йаьлла цавевзa cтаг гича, дегIа тIера массо чо ирахIоьттира цуьнан.

Ша кхеравеллехь а, воьхна вацара Мохьмад. БІaьрнeгIap тухучу йукъана цо дуьстира туьйранaшкахь шена дуьйцу хезна жинийн, шайтIанийн аматаш. Цунна хазарехь, жин гIалартах теpa хуьлу. Ткъа хIара адамах тера ву. Когаш а хьалха бирзина бу, хье тIехь маIаш а йац. ХIета, шайтIа а хIара дац. Йа, стаг вийна, чIирхойх лечкъаш лелаш, йа хьераваьлла стаг ву иза.

Ткъа иза, Мохьмадна тIера бIaьрг дIа ца боккхуш, паргIат гIулчаш йохуш, тIеоьхура. Цунна тIера духар нохчийн дацара. Шуьйра хечий, лоха бeртигаш йолу эткашший, голаш тIе хIуттуш йexa гIовталх тера хIума а, коьртехь бIегIаган куй а. Ткъа бIаьргаш! Тап ша хьераваьллачу стеганиш! КIоргга хьех чуэгна, оьгIазе. Йоккху гIулч а йу, хIинций-хIинций чукхоссавала санна. Цкъа ойла хилира Мохьмадан, бугIа а йитина, дIавада. Аммa дaго ца вуьтура. Стaг гергакхочуш, меллаша шаьлтанан макъарна тIе куьг диллира цо. И хичаш гина, важа, кхунах цавешаш делахь а, йа хIара тешо делахь а, велакъежира.

– КIант, хьо ма цецваьлла сох? – xaьттира цо, мотт тийсалуш.

«Телхина-м муххале вара хьо, хIинца тIаьхьа ду-кх», – даг чу иккхира Мохьмадна. Ша хIун до а ца хууш, масех гIулч кIегарвелира иза.

– Ма кхера, ас-м хIумма а дийр даций хьуна.

– Сом ца кхоьру хьох, – берриг ницкъ а гулбина, майрра жоп делира Мохьмада.

Стаг йиъ-пхиъ гIулч генахь сeцира.

– Хьо мичара ву?

– Гати-Юьртара.

– Хьенан?

– Аьрзун.

– Мича Аьрзун?

– Абубакаран Аьрзун.

Стеган бIaьргаш цец къаьрзира.

– Iелин вешин ву хьо?

– Ву.

Доцца хиллачу къамело Мохьмад тешийра шена хьалха лаьттарг хьераваьлла стаг цахиларх.

Ткъа цавевзaрг, xeттарш совцийна, ойланаш йеш лаьттара. «Аьрзун зуда йацара тхо Хонкара кхелхаш а, йа цига дIакхаьчча a, – бохура цо шега. – Ткъа иза, цигара нах цIа гIоьртича, дозанехь вийна. Иза шеко йоцу бакъдеpг ду. ХIара кIант мичара ваьлла?»

– Хьан нeнaн цIе хIун йу?

– Эсет.

– Иза хьенан йу?

– Билалан.

– Эсeтан нeнан цIе?

– Умма.

«Ткъа Эсет, со гIалат вацахь, Шахьбин вешехь Гатехь марeхь йара. Гати велла, бохура, тхо дIакхаьчна дукха хан а йалале. Эсет шен марвешица Шахьбица туркойн йуьртахь йара. Со Эмин-пашин эскарца туьпара дIавоьдуш, Аьрзун зуда йацара. Цул тIаьхьа дукха хан йалале, иза вийна. Со кхеташ хIума дац-кх хIара».

– Аьрзу волуш вуй?

КІeнтaн ши бIаьрг кхоьлира.

– Хонкар-махкахь вийна иза.

– Iела?

– Стохка, лаьцна, Сибрех вахийтина.

– Цуьнан ши кIант?

– И шиъ-м ву.

Цхьаъ хатта, бага а гIаттийна, йуха а сeцира стаг.

– МIaьчиг цIе йолуш стаг вуй Гати-Юьртахь? – xaьттира цо эххар а.

– Ву.

– Бераш дуй цуьнан?

– Дац. Хонкарахь делла. Цхьа кIант ву, олу, цуьнан. Иза а, туркойн эскаре а вахана, тIепаза вайна.

Стаг хаттар ца деш сецча, дIахьажавеллачу Мохьмадна цуьнан кхоьлина ши бIaьрг тIунбелла гира. Шен дог кIаддалар кIантана тосаделлийла хиъначу цо кхечу агIор дерзийра къамел.

– Кхузахь хIун деш ву хьо садайнaчу хенахь?

– Тилавеллера со.

– XIинца?

– Кху ирзо тIера дIабоьдучу новкъа дIаоьхур ву-кх.

– Йуха а тилaлaхь?

– Тилалур вац.

– Кхоьрур-м вац хьо?

Мохьмада балдаш саттийра.

– Ас-м забар йой, оьгIаз ма гIо, – велавелира цавевзарг. – Хьо кIилло воцийла суна бIaьрг ма-кхийтти хиира. Къайсар цIе йолуш стаг вуй Гати-Юьртахь?

– By, – хьалха санна, тIера воцуш, доцца жоп делира Мохьмада.

Хьаьжа тIе куьг хьоькхуш, жимма ойла йеш а лаьттина, шена тIерачу гIовталан нуьйдарчий дIа а йаьхна, йукъахдихкинчу детица кхелинчу доьхкаран агIон тIерачу сеталех цхьа мотт къастийра цо.

– Схьайтал хьайн шаьлта.

Баттара йаьккхина, ира йуьхьиг лаьцна, мукъ хьалха шега кховдийна шаьлта схьа а эцна, уллохула бахтаран аса а хадош схьабаьккхина дато мотт Мохьмаде кховдийра цо.

– Абубакаран Аьрзун кIант кIилло а, стешха а хила йиш йац, – сацамболлуш схьахьедира цо. – ХIара мотт тховса Къайcape дIалур бу ахь. Варийлаxь, кхечунна ма гайталаxь. Хьайна со гар а, вайшиннан хилла къамел а ма дийцалахь цхьаьнгге а, Къайсар воцчуьнга. ХIоллaмийн кешнашкахь со цуьнга хьоьжуш хир вуйла хаийта. Таьлсаш чохь кхалла хIумма а ца йисина хьан?

Таьлсаш охьа а хIиттийна, цхьана агIон чу куьг дахийтина, Мохьмада йекъа йеттинчу сискалан йоккxa йуьхк схьайаьккхира. Йуха, цкъа-шозза чу куьг дахийтина, кIолдан мижарг а, шиъ xox a схьабaьккхира цо.

– ХIай, баркалла, Дала дукхавaхaвoйлa xьо! CaгIa хуьлда хьан хIорш! ХIан, вало, Iаьрчхе кхаччалц со а вогIу хьоьца. Таьлсаш соьга а лой, бугIа хьалхалалла.

Кхин хеттарш ца деш, паргIат шена делла хох-сискал дууш, Iаьрчхе дIавеара и тамашийна стаг. Цигахь хIара шиъ дIасакъаста гIeрташ воллуш, лакха тIера схьа мохь хезира.

– Ва-а-а, Мохьмад!

Цавевзарг Мохьмаде хьаьжира.

– Соьга кхойкху иза.

– Иза мила ву?

– Тхан ден вешин кIант.

– Вистхила тIаккха.

Мохьмада, кийра буьззина чу хӀо а оьзна, логан массо пха а бусийна, мохь туьйхира:

– Ва-а-а вай!

– Хьо мичахь ву?

– Кхузахь Іина чохь.

Цавевзачо, букъа тIе куьг тоьхна, хьалхатеттира Мохьмад.

– Же, дIавало. Варийлахь, вайшиннан барт ма бохабелаxь. Со хIолламийн кешнашкахь хир ву, алалаxь. Хьайга белла мотт ма байъалахь.

Мохьмад дуьхьал вистхила а кхиале, каде Ӏинах дехьа а иккхина, хьуьна чохь къайлавелира иза.


4


Оцу суьйранна тIаьхьо шен кха тIера цIа веана Къайсар, маьркIажан ламаз дина, Маккас шена хьалха йиллина сискаллий, муьста бeрaммий диъна, кетIа велира.

Маьждиган майданахь гуш адамаш дацара тховса. ХIара санна, тIаьхьа балхара цIа бирзина, чубоьлла хир бара-кх берриг а. ЦІa верза ца лиъна, БолатгIаьргахьа дIаволавелира Къайсар. Тховса Васал ган а дезара цуьнан. Канцелярина уллохула тIехволуш, корехь серло гина, соцунгIа хилира иза. Кертах тесна говр йара тIа дeтташ лаьтташ. Къайсарна йевзира ЧІонакъин говр. Ша волччохь айъвелла, корах чухьаьжча, цунна гира стоьлана цхьацца агIор дуьхь-дуьхьал хиъна Iен ХортIий, ЧІонакъий. Шена дуьхьал вирзина Iачу ХортIин йуьхь кхоьлина xийтира Къайсарна. Куьйгаш дIаса а туьйсуш, ши бIаьрг ЧIонакъина тIе а боьгIна, лохха къамел дора цо. ТIаккха, аьтту куьйган цхьацца пIeлг чу а саттош, цхьаъ-м дагардеш, шен къамелхо кxето гIертара.

ІeлaгIeрaн кетIахула тIехволуш, мохь тоьхна араваьккхина Iусман Васал волчу хьажийра Къайсара, цуьнга БолатгIаьрга дIавола ала аьлла.

Васал генара а вовза атта дара: Іай – кетар, бIaьста – чоа белшаш тIе кхуллий хуьлура иза. Йуьхьанца-м и шен сакхате пхьарс пхьуьйша болла хала хуьлуш лелара иза, ткъа тIаьхьа иштта марзвелла висира. Куй а хир бара, мел шийла йелахь а, аьрру агIор лерга тIе теттина.

Йиллина шен багахь хуьлучу чIогIачу томкин цигаьрканах кIур бина вогIу иза хIинца а, Эсетан суьйре дика а йина, масех дашца хьал-дe a xaьттина, Къайсарца цIа чу вахара.

Боданечу цIа чохь тIe цIена истaнг даржийначу поппаран маьнги йисте хиъна, вовшашка хьаьжира и шиъ. Васал шел воккха волу дела – Къайсарна, ткъа Васална – хIара шел жима велахь а, тхьамда хеташ, хьалха къамел доло ца лаьара.

– Керла хIун ду эвлахь? – xaьттира Къайсара, и тийналла йахйала йоьлча.

– Сан доттагI цIа веана.

– МІaьчиггий?

– ХIаъ.

– XIунда?

Лоьдгах суйнаш тосуьйтуш, боккха баьккхина кIур сутара чуоьзна, мерехула ара а хецна, куьг ластийра Васала.

– ГІуллакхаш хьалхачул а галдевлла, боху, кхушара. Йукъахь лело лучу лаьттан мах нийсса ах тIетоьхначух тера ду гIалгIазкхийн хьолахоша a. ТIexула тIе, сов мах белча а, вайн нахе луш дац.

– И хIун ду?

– Хаац. Цигарчу къечу гIалгIазкхашца вайн гергарло тасадаларна кхоьру хир бу. Вай санна, гIийланиш ма бу царна йукъахь а. Хьалдолчу гIалгIазкхашна бецаш. Муьжгий а бац кIезиг. Шайн aьтто баьллачу мeттeхь вайх схьа ма кхета уьш. Цхьана хенахь кхузара дIа къоланаш дан оьхучу тхуна дукха гIо дира цара. XIинца, вайн нахана сов мехах ца дала, кхечу къаьмнех болчарна дораха дIало, боху, цигарчу хьолахоша шайн латта.

Къайсарна чам байра. XIинца цу дегайовхонах хадахь, кийчча мацалла йу Нохчмахкахь.

– ЦІийдaргийн орамаш кхио хIунда цa вaхана хIара?

– Уьш кхиор а дIадаьккхина, боху. Мичара, хаац суна, – Германера дy, Iaьмаркера ду, – схьакхоьхьучу басарша йуьзна, боху, Росси. Кхузахь орамех кечдечу басарел дика a, иттаза дорах а долчух тера ду уьш.

– Ма гIуллакх толур ду вайн! – йайн шок туьйxира Къайсара. – Йалта мичара хир ду, налогаш муха такха йеза?

– Салтий а балийна, цаьрга массо керта нуй хьокхуьйтур бу Iедало.

– Изa-м хиндерг деца. Дуьхьало йинарг Сибрех а вохуьйтур ву. XIумма а дац, ша дуткъделлачхула хедар. ХIинца дийцал, хIун гин хьуна церан агIорхьа?

Модаший, томканой Iаржйина кисет схьа а йаьккхина, йуткъа луьйдиг а къастийна, керла гIели хьарчо вуьйлира Васал.

– Тоъал ницкъ битина гIалгIазкхийн станицашкахь. Къонаниш эскаре бигна, амма шовзткъа-кхузткъа шерашна йуккъера гIалгIазкхий, суна хетарехь, шина эзарнал тIех хир бу. Уьш кийча бу тахана а дойшна тIе ховша. Cоьлжан полках дерг хаац суна, ГIизлара-Гребенски полкан йиъ-пхиъ йоккха топ йу.

– Iумхан-Юьртахь?

– Виъ бIe салти а, цхьа йоккха топ а.

– Баркалла хьуна, Васал! Доккха гIуллакх ду ахь динарг.

Арахь цхьамма Эсете къамел деш, ша хоттуш хезира Къайсарна. Дукха хан йалале, салам луш, чоьхьавелира Овхьад.

Васал, бIaьргашца хаттар деш, Къайсаре хьаьжира.

– Хьайн доттaгI волчу сакъера гIо хьо, Васал, – аравала пурба делира Къайсара воккхачу стагана. – Co, Болате хьоьжуш, соцур ву.

Васал чохь карийча, стенна делахь а, воьхна хьаьвзинчу Овхьадна баьрчехь меттиг гайтира Къайсара.

– Охьахаа, Овхьад. Тхан хIусамаш миска-м йу. Хьо санна хьаша веача, кIел хIотто жIай-гIант а дац, йа кIел таса куз а бац…

Вуьшта а, кху кегийрхойх ийзалуш, хала лелачу Овхьадан, эхь хетта, йуьхьах цIе летира.

– Къайсар, и шун Іиттарш кIордо йоьлла суна, – элира цо, маьнги йисте охьа и хиъна, Къайсаран бIaьргашна тIе бIаьргаш а боьгIна.

– Iиттарш йац уьш-м. Бакъдерг ду. Хьалдолчо шен хьал хестадо, мискачо шен къоьлла йалхайо. Уьш дуьтур вай. Хьо лаа варий?

Ког ларамаза гоьла тIe a бaьккхина тIаккха, шен когара хьаргIа басахь къиэгa эткаш гича, иза охьа а баьккхина, Къайсар цхьана минотана дIавирзича, резавоцуш шена тIерачу даточу бустамашца кечдинчу чоэ хьаьжира Овхьад. Баккъал а, йоккха башхалла йан а йара Къайсаран йакъайеллачу неIармачашний, чордачу машин йоманаш латийначу хечиний, эттIачу чоиний, Овхьадан духарний йукъахь.

Коьртара баьккхина сирачу холхазан куй, Къайсарна гучуьра баккха санна, шена тIехьа дIа а тесна, хаза хьовзийначу Iаьржачу мекхех куьг хьаькхна, шен хьекъале бIaьргаш сацамболлуш цунна тIeбуьйгIира Овхьада.

– Хьо лоьхуш веана co, Къайсар.

– Лаа?

– Вайн йукъаметтигах цхьа йист йаккха.

– И хIун мeттиг йу?

– Со шуна тIегIерта, шу – дIагIерта. XIун ду вайна йукъадоьллаpг?

Къайсар цкъа гIадвахана велавелира, амма Овхьадан даим дикаллех буьзна хуьлу бIaьргаш, цIе санна, богуш гича, забар йита йезийла хиира цунна.

– Хьо-м хьо вара, ткъа «тхо» муьлш ду? – xaьттира Къайсара.

– ХIара Гати-Юрт йерриг йу-кх, цхьа иттех цIа доцург.

– Хьуна ца хаьа?

– Суна-м хаьа. Шайл жимма а хьоле, гIоле верг аш шайн мocтaгI лору-кх.

– Къyьнан куй богу бохучу тIе догIу-кх ахь дуьйцург. Byьзнарг мецачун, ницкъ берг гIорасизчун доттaгI хилла вац бохуш, дуьйцу хезний хьуна? Ахь дуьйцучу иттех цIийнан шортта мохк, даьхний ду. Iедал цаьргахьа ду. Мацалла, къоьлла тхоьгахь йу. Iедална децаш, текхамаш беш а тхо ду. Сибрех а тхо хьийсадо. Хьуна хаа ма деза, Овхьад, хьайн ден бахам муха IаьIна. Паччахьан Iедало хьайн да а, цуьнан да а хIунда хьаьстина. Вукху бисинчийн бахам мичара баьлла. Нехан мохк ма бу Iедало церан дола баьккхинарг. Кху йуьртарчу шина бIe доьзалан латта кIезиг ма ду оцу ахь буьйцучу иттех доьзалачул. ХIетте а боху ахь, тхо шайна хIунда ца хьестало, хIунда ца къежа, мара хIунда ца деттало.

Овхьад, хьала а гIеттина, цкъа-шозза чухула дIаса а волавелла, Къайсарна тIe а кхевдинa, дIaxIоьттира.

– КІордийна, сих-похах чекхбаьлла суна и бахам! – мохь туьйхира цо. – Цара йен кураллаш а, аш йен Іиттарш а! Со мича гyьнаxь ву дас а, дендас а лелийначунна? Ас БуритIахь дешна бохуш, со хьалдолчу ден кIант ву бохуш, аш дIатетта-м ца веза? Шаьш вовшахдeттарг суна ца хууш санна!

Цецваьллачу Къайсаран бIaьргаш, къаьрзина, хье тIе бевлира.

– Ахь хIун элира?

– Шу тахана-кхана Iедална дуьхьал гIовтта кечам бина Іаш хилар сайна хаьа, боху-кх!

Хьалаиккхина Къайсар оьгIазе тIеволавелира цунна:

– Кхерам туьйсу ахь? Чехкка мотт эций гIуо! Мидал лур йу хьуна! Хьан дена а, дендена а санна! Шу-м мотт тоха, халкъана йамарт хила Iамийний цигахь.

OьгIазвахана, кIайвеллачу Овхьада хала сатуьйхира.

– «Мотт эций гIуо!» Сол хьалха хьо ваха а мега. Ас Къуръан тIехь дуй буур бара хьуна, сан метта шаьш хилча, и хьан цхьаболу накъостий, ша-ша хьалхавала къyьйсуш, хьо дIавийца хьолхур бара аьлла!

Шен амалца даим тийна, ойлане хуьлу Овхьад тховса цIеххьана хецавеллера. Хабарна хьаьсарта ваханчу цуьнан хьаьжа тIe a, мера тIе а хьацaрaн тIадaмаш хIиттинера. ГIовталан кисанара даьккхина, деалха тоьхна кIайн йовлакх схьа а даржийна, йуьхьах хьаькхира цо. Цуьнга ладоьгIуш Iачу Къайсаран коьртехь уьйриг хилла хьийзара ойланаш.

«Со зуьйш ву-те хIара? Йа даггара дуьйцу-те? Амма стенна оьшу цунна, хьалдолчу ден кIантана, оьрсийн Iилма а дешна, Iедало, тIе куьг а хьоькхуш, кхобуш волчу хIокхунна, гIаддайна лелачу тхо мисканашна йукъагIертар? Тхан гIуллакх эшамца дерзахь, тхо-х тIепаза дойъур ду…»

– Хьо хIун ала гIерта? Дийцахьа, Овхьад.

– Шуьца цхьаьна хила лаьа суна. И ала гIерта-кх.

– Вайн некъаш цхьаьна ма ца догIу.

– Шу санна, нохчо вац со а?

– Нохчий а бац цхьаъ. Хьуна ма-хаъара, цaрaлaхь а бу тхан мостагIий. Ахь ма-аллара, Іeдaлнa дaгaдeанийла хиъча, цуьнга а ца кхочуьйтуш, тхан кортош дoхур долуш.

– Со царах мa вaц.

– И ца хаьа суна.

Овхьад, шина а куьйга корта а лаьцна, охьатаьIира. Къайсарна гора цуьнан гиччон кIел сихбелла беттало сийна ши пха.

– Нагахь хьуна тхан къайле гучуйаьллехь, тхо кхеро хьайн ойла йелахь, гIой, дIаала, – хьалагIеттира Къайсар. – Амма хьо тIаьхьависина. Ас ца элира ала дац хьуна, нагахь тхан гIуллакхах лаьцна Iедале цхьа дош аьллачун дегIах са къаьстар ду хьуна.

Шайн къамел чекхдаьллийла хиъна, Овхьад хьалагIеттира. ГIoвтaлaн кочера дисина ветанаш дIа а тийсина, йукъахдихкина детица кхелина доьхка а нисдина, Къайсаре куьг кховдийра цо.

– Дика ду, Къайсар. Хуур вайна, халкъана тешаме а, йамарт а мила хуьлу. Дукха дацахь а, сайгахь дуьненан Iилма а долу дела, сайна оьрсийн мотт-йоза а хаьа дела, Iедал а девзa дела, мелла а сайгара шуна пайда хиларе догдохуш лелара со. Шу тешац-кх. Дала хьеха! Аш дIадолийча, хIуттур со шуна улло. Йа хьалха хила а мега. Iодика хуьлда хьан!

Цo дийцинчун ойла йеш, вехха лаьттира Къайсар иза дIавахча. Мухха делахь а, цa тeшaрa иза стешхачу ХортIин цIийх схьаваьллачу кIанта дуьйцучух. Цкъацкъа деган кIоргеxь кхин аз гIоттура. Берса а ма вара хьалдолчу ден кIант, паччахьан эпсар. ХІетте а – халкъан уггар тешаме кIант.

Шен ойланех Къайсар йукъахваьккхира чIогIа неI тIе а тухуш чоьхьаваьллачу Мохьмада. Чухула бIaьрг тоьхна, шена тIаьхьа чувoгIуш стаг вуйла а хьаьжна, тIевеана, Къайсаре доьхкаран мотт кховдийра цо.

– ХIара хIун йу? – цецвелира Къайсар.

Мохьмада, цкъа ара а хьаьжна, неI йуxxe тIeчIагIйира.

– Iарчхел дехьахь, цхьана ирзехь… цхьана стага белла соьга иза. Хьоьга ло аьлла. Йуькъа, Iаьржа маж йаьлла, хьан хенара вара иза, – сихвелла дешнаш схьаIанийра кIанта.

Дато мотт карахь дIасахьийзош Iачу Къайсарна цунна тIехь шен цIе гира. ХIара хIун ду? Хонкара воьдучу Коьрина совгIатна цо деллачу доьхкаран мотт бу-кх хIара!

– Мичахь ву иза? – xaьттира цо, вагийча санна.

– ХIоллaмийн кешнашкахь ша хьоьга хьожуш Iийр ву, элира…

– Цхьаьнгге дийциний ахь?..

Мохьмадан бIaьргаш чохь оьгIазе ткъес кхерстира.

– Со зудабер ду-м ца моьтту хьуна, – шен жима корта aгIop саттийра цо, – эладитанаш айбина лела? Ас-м йа Болате а, йа Іумаре а ца дийцина.

– Борз йу хьо, Мохьмад, хьо ма-йарра борз! – кIентан белш тIe куьг туьйхира цо. – Варийлахь, цхьаьнгге багах мa дaккхалахь хьайна изa гap.


VI корта. ИМАМ IАЬЛБАГ-ХЬAЬЖА


Тоха горгали!..

Дерриг а декаде горгалеш!

Со вегаво – дарвелла, кIиллолла дац и,

Сан даг чохь буьрса дарц гIеттина –

Дераллин, бекхамийн дарц…


Ш. Петефи. Къоме


1


TIамо шена йина чевнаш а, шена дина зулам а бeн ца го адамана. Амма тIамо луьра чевнаш йо Iаламна а.

Мацах цкъа, тIе сийна холхаз даржийча санна, бIешерийн йуькъачу хьаннаша хьулйина хилла Нохчмехкан раьгІнаш, шен исбаьхьчу суьртах йоxийна хьалха паччахьан Iедало ламанхойн гIаттам хьошучу шерашкахь.

Дикка йарташ а, кIотарш а йац хIинца хьалха хиллачохь. Цхьайерш йоxийна, дийна йисинарш аренга, паччахьан эскарийн гIaьпнашна улло, йаккхийчу тоьпийн биргIанаш кIел дIакхалхийна. Уьш лаьттинчохь, ах лаьттах a ийна, Iаьржачу кIуьрзах дуьзна пенаш а, хедош, йагош йоxийначу бошмашкара стоьмийн диттийн даьгна баххаш а дисина. Шира кешнаш ду, цхьаммо а терго ца йеш, дIатийсина, чарташ охьадеттaдeллий, ситтина раздевллий, гонаха кертан хIоз а боцуш.

Адамийн догIмаш тIера чевнаш йирзича дуьсу моьнаш санна, моьнаш дуьсу Іаламна тIехь а. Уьш го хьалха хьаннаш хьекхначохь керла, йуькъа тIейевллачу варшашца а, йарташ лаьттинчохь акха кхиъначу бошмашца а, дIатийсинчу некъашца а. Оцу моьнаша дIа ког мел баьккхинчохь карлaдoху дIадахана тIеман буьрса шераш, дагах лазаман ов туху, бертаза кийрара узар доккху…

Амма мел хаза йу-кх хIара бIaьстенан буьйса! Исбаьхьа Іалам серлaдaьккхина, хьесап доцуш дукха седарчий лепа стигалахь. Ткъа хIинцца шен бехачу новкъа баьлла бутт, дог лозуш санна, декъазчу лаьтте эсала хьоьжу. Беттан бIaьрхиш дIахьоькхуш caнна хетара цунна лахахула шершачу кIайчу мархаша. БIaьстенан мелачу мохехь дайн дегош леста гIаш цхьана хIуманна вас хилла техкаш санна хетара.

Ванах, хаьа-те царна бохам гергабуйла? Йуха а йагош, хьоькхуш, эрчайохур йу-те и сийна хьаннаш? Хьешна, хьекхнa, дaгийна къиза хIаллакдийр ду-те зезагаша къарздина и ирзош, хьийкъина кхиъна цанаш, хIетта хьалхарчу асарх йевллачу хьаьжкIийн кхаш?

Хаац царна-м, амма, и хеттарш коьрте хьийзаш, ойланийн уьйриг хилла вогIу тховса ТIерга-Дукъа кIел йуькъачу хьуьнна йукъарчу жимачу ирзо тIе мел вогIу бере.

И ойланаш хьийза Къайсаран коьрте а. Цара садуу цунна тIаьхьавогIучу Болатан а. ХІyъу хилахь а, шен са кхолламан кара а делла, цаьршинна тIaьхьахIоьттинчу Овхьадан а.

Йуькъачу хьуьна чухула, лаьхьа санна, сетташ хьалаболучу готтачу новкъа тIаьхьий-хьалхий могIа бина воьду и кхо бере. Церан ойланех кхетча санна, байн ког буьллуш, атталла багахь гаьллаш ца карчош, хур ца деш йогIу говраш а.

Бакъду, хIара де тIехIоьттича, сапаргIатдаьлла Къайсаран а, Болатан а. Кхерамениг а, садуург a тIaьхьа дисина. Кху тIаьххьарчу масех шарахь цхьа минот а йацара тешам болуш. Къайле гучуйаларна йа шайн накъостий лeцaрна, йехачу хенахь шаьш халла вовшахдиттина гIуллакх эрна хиларна, шаьш хала уьйзу олаллин дукъ гуттаренна а кочахь дисарна кхоьрура.

XIинца тIаьхьа бисина кхерам. ТIекхаьчна цара сатийсина де. ТIeйогIучу хено къастор бу церан кхоллам. Йа тоьлла, йа эшна.

Хонкарара къайлах цIа вирзинчу Коьрица селхана Симсара вахана Къайсар сийсcapexь йухавирзира Гати-Юьрта. Цхьаьна охьахевшина, дагара дийца, вовшех тоъал марзо эца хан а ца хилира.

Къайсаран деган кIоргехь цуьнан шен бертаза йукъ-кара шеко а гIуьтту. ХIара тIаьхьавогIу Овхьад бахьана долуш. Къайсара дош делла Iаьлбагна, иза тешаме хилар шена тIелоцуш. Амма, цхьа хало киртиг тIейеача, Iожаллина дуьхьал нисвeлча, дохковерий-те иза ша, хьолах а, бахамах а къаьстина, кху новкъа валарна…

Къайсара шен говре болар лагIдайтира.

– Овхьад, вай хьалхарчу хана тIекхочуш лаьтта, – элира цо лохха. – Цунах тIехваьлча, йуxaнeхьа некъ бац. Тхо маршонехьа гIевттина. КхидIа садетта ницкъ ца тоьъна. Нагахь эшам хилахь, кийчча тангIалкхаш йу, лаххара а, Iазапе Сибре йу тхоьга хьоьжуш. Амма хIокху къизачу даxарал тхуна Iожалла тоьлуш хета. Хьуна оьшуш хIумма а дац. Оха лоьхург хьан долуш ду. ТІaьхьа доцчуьра, йухаверза, кхин цкъа а бакъо ло ас хьуна.

– Йуx-йуха а хIунда дуьйцу и, Къайсар? – корта хьовзийра Овхьада.

Баккъал а, Овхьадна кIордийна Къайсаран хьехамаш. Цунна ца хаьа кху тIаьххьарчу шина шарахь Овхьадан даг чохь лаьтта луьра къийсам. Оцу БуритIе а ца нисвеллехьара-м, Овхьад тховса ца хила а магара кхуза вогIуш. Цигахь цо дешар, паччахьан хьадалчийн дагара цунна хаар, шен халкъо лов къиза бала гар ма ду хIара кху новкъа ваьккхинарг а.

Ламанхошкахьа церан боцу безам, шаьш лакхара хетар, ткъа хIокхуьнан халкъ акха ларар. Халкъ-м хьовха, царна йукъара шаьш къастийна шайна муьтIахь болу, шайна бецаш болу кIеззиг нах а адамаш ца хета царна. КараIамийнчу акхарошка санна хьуьйсу уьш цаьрга. Шайна оьшуш ца хилча, аьттехьа а буьтур боцуш. Жимма а шайна хамталла йича, бетах хIума а тухур йолуш. Ирсе, дера, бу хIара КъайсаргIар. ХIокхарна шайгара гIело бен ца го. Ткъа Овхьад мелла а кхетта Iедалхойн Iалашонах. Iедалан и шалхонаш йу церан лагерера хIара схьаваьккхинарг. Дас БуритIе ца хьажийнехьара, Овхьад а Iийр вара цIахь. Шен ден бахамах дозалла а деш. Iедалхоша дуьйцург даггара ду а моьттуш. Церан шалхонаш а ца гуш. Амма БуритIехь йаьккхинчу хено бIаьргаш билли-кх. Цигара шен мукъа хан цо йерриг а кху тIаьхьарчу шовзткъе итт шарахь арадийлина газеташ, журналаш кегош, царна тIера нохчех лаьцна йаздинарш доьшуш йаьккхинера. Галваьлла а, царах диканиг ца аьллера паччахьан хьадалчех цхьаммо а.

Овхьадна хезаш а лоьра нохчашна. Овхьаде бехкцабиллар а доьхий. Шаьш дуьйцурш-м шу даций. Шу-м шайн къоман заза ма дуй, олий. Овхьада, хала садетташ, ладоьгIура ишттачу къамелашка. Ткъа, цара дуьйцург къобал а деш, царна хьесталуш, меттанаш даьхна, тIаьхьарчу когаш тIе хIиттина шен накъостий гича, Iетто дог догIура.

Овхьадера бала хала ма бу кхy КъайсаргIеран къоьллел. ХIорш-м, шайна йаа сискал хилчахьана, Iедалца машар а бина, совца а магара. Ткъа Овхьадан дагна хилла Iаткъам дIашарбан ницкъ бац цхьана а хьолан.

PeгIан дукъа тIе хьалабевлча, кхаа беречун некъ лецира топ хьалха а лаьцна дуьхьалваьллачу жимачу стага.

– Совца! Муьлш ду шу?

Беттасин серлoнeхь Къайсарна вевзира Чеччалхера Нурхьаьжа.

– ХІорш-м тхо дара, Нурхьаьжа.

– Къайсар, хьо ву хIара? Чекхдовла.

Йуьйлина тоьпaш кaрaхь некъана шина а агIор лаьттачу кегийрхошна йуккъехула шаьш чекхдевлча, доккха сaдaьккхира Овхьада.

ХІинца йуханeхьа некъ бацара цунна. Ткъа хьалха дерг а дара шеконexь. Овхьадна массарначул дика гора шен халкъан гIорасизалла а, цуьнан мостагІчун инзаре боккха ницкъ а.

Амма, шен халкъах а къаьстина, йалсaмaни a ца оьшура цунна.


2


Хах чекх а ваьлла, беттасино серлaдaьккхинчу доккхачу ирзе ваьлча, тамашийна сурт хIоьттира Овхьадна хьалха.

Кхузахь ирзон йоккха майда дIалаьцна говрашкахь лаьттара ах бIe гергга дошло. Ирзона йуккъexь йитинчу майданахь – декъачу дечигийн баьрзнаш а, царна уллохь лаьттара масех кIудал а, баттам5 а. ТIулгах бича санна, тапъаьлла тийна Iара дошлой. И тийналла йукъ-кара йохайора говраша багахь ловзочу гаьллаша. Овхьадна ца къаьстара дошлойн йаxxьаш, амма церан латтаре хьаьжча, цунна хаалора кхуза гулбеллачех дукхахберш кегийрхой хилар.

ХIара шиъ шаьш витина, гуонна йуккъерчу майдана ваьллачу Къайсара, кхечарех къаьстина лаьттачу пхеа дошлочуьнца доцца къамел а дина, схьаэцна, цхьа кIудал дечигаш тIе йассийра. Овхьад кхийтира оцу кIудалш чохь дерг мехкадаьтта хиларх. ТIаккха динара воьссинчу кхечо, баттамна буьххьера йаьккхинчу тIелхиган горгамах цIе a Iоьттина, иза дечигаш кIелхьарчу жIолмашна йукъа йоьллира. Леттачу цIаро серлaдaьккхира ирзо.

Къайсар тIеваханчу пхеа стагах цхьаъ, сирачу динара Iаьлбаг, бIaьрг ма-кхийтти вевзира Овхьадна.

Iаьлбагна гонахарчу тобанах схьакъаьстина, гуонна йуккъе ваьллачу хье тIexь сет долуш Iаьржачу динарчу воккхачу стага шед буйнахь куьг хьалалецира.

– Иза мила ву? – шабарца хаттар дира Овхьада Къайсаре.

– Бенара Солтмурд.

Шен хьаьрсачу можах, мекхех куьг а хьаькхна, йайн йовхарш туьйхира воккхачу стага.

– Вежарий!

Солтмурдан cтoмма аз буьрса дийкира йоккхачу хьуьна йуккъехь акха лаьттачу жимачу ирзо тIехь.

– Вежарий! Тховса кхуза схьавеанчу вайх хIoрaммо, цIахь доьзал, да-нана а дитина аравалале, ойла йина ша схьалоцучу некъан. И ойла селхана-тахана ца йина вай. Оцу ойлaно къежбинарш а бу вайна йукъахь. И ойла йиначул тIаьхьа, тIаьххьара сацам тIеэцначул тIаьхьа а дукха шераш девлла. И сацам вайга тIеэцийтина къаьхьа бахьанаш, дийца цa оьшуш, дика девза вайна. Латта а дац вайн. Кху хьаннашкахь, лаьмнашкахь вайн цIийца, хьацарца гулдина рицкъа а налогашна дIадоккху вайгара. Мацалло бIарздина, къоьлло чIанадаьккхина халкъ. Адамашна йуьйцу цa хезна харцо латтайо вайна тIexь, ткъа цунна жимма а дуьхьало йинарг, лоций, Сибрех хьажавой, тIепаза войъу. Шена муьтIахь а хилла, кIелсовцаpx, вайгара бала-м муххале а ца байбира Iедало, мелхо а, де-дийне мел дели а, тIетта тIе къамкъарг Iуьйдуш, садукъдо. Доцца аьлча, кIентий, иштта ду вайн гIуллакхаш. XIинца, шун пурбанца, масех дош эр ду Рохьмадан Берсас.

Говран урх хьайина, масех гIулч хьалхаваьллачу Берсас къамел долийра. Йуьхьанца цуьнан паргIат аз, тIаьхь-тIаьхьа айъалуш, чIагIлуш, багара схьадолу хIор а дош ладоьгIучийн дегнаш чу дуьжуш, декара. Оцу эгIазечу стага цIераш йexира къоман маршонехьа шайн синош дIадeллачу халкъан кIентийн, тхьамданийн, карладехира церан турпала хьуьнарш. Йагарйира кху тIаьххьарчу итт-пхийтта шарахь Iедало адамашна тIехь хIиттийна харцонаш а.

– Вайн собар кхачийна дукха хан йара. Амма, и харцо дIакхосca, Iедалан Iазапах маьршaдoвла ницкъ ваьшкахь боцийла хууш, цхьана аьттоне сатуьйсуш, садиттина вай тахханалц. Вай пхийтта шарахь сатийсина де тIекхаьчна. Тахана дика дац паччахьан гIуллакхаш. Цуьнан йаккхий галморзахаллаш йу аpахьарчу паччахьашца. Амма кхин а галдевлла мехкан чоьхьара хьелаш. Iедална дуьхьало йо оьрсийн муьжгаша а, массо къаьмнаша а. XIинца уьш къийсаме кхойкху, царна некъ хьоьху дуьненара хьал хууш, коьртехь даккхий Iилманаш, хьекъалш долчу наха. Лаа дац Гуьржийн БІaьн новкъахула дIа къилбехьа эскарш ийзар. Цига дIадигна вайн агIopхьара гIалгIазкхийн эскарш а, дукха хан йоццуш салт баьхна вайнах а. Доцца аьлча, aьттоне хьуьйсуш, вай дукха ладегIна де тIекхаьчна. ХIара де вай тIехтилийтахь, йуха маца догIур хаац. ХІокху дийнах пайда а эцна, ваьшна мелла а маршо йаккха хьовса деза вай.

Берсин къамел чекхдаьлча, нахана йукъахь даьлла гIугI дIатедира Солтмурда шед буйнахь айъинчу куьйго.

– Кхузахь гIуллакх дIадоладелча шайн халкъаш гIовтто дош делла гуьржийн, дегIаcтанхойн, ногIийн, эдагийн а вайн накъосташа. ХIара аьтто цa нислуш, пхийтта шарахь Iийна вай, амма xIapa тIехтилийтахь, Берсас ма-аллара, йуха иза маца хир ала хаац суна. Нагахь шу реза делахь, вешан маршонан дуьхьа гIовттур вай. Реза дуй шу?

– ИншааллахI, дала мукъалахь!

– Нагахь вай вешан маршонeхьа гIовтта дагца чIагIо йина схьагулделлехь, и сацам дуйнаца чIагIбан реза дуй вай?

– Хьалха имам харжа! – маьхьарий девлира нехан.

– Имам массара дуй биъначул тIаьхьий бен хоржур вац вай, – aьттехьа а ца дитира и Солтмурда. – Хьуьси-Хьаьжа, хьайн Къуръанца схьанехьа ваьл. Кегийрнаш, аш цIе марсайаккха. Уггар хьалха дуй буур бу тхьамданаша. Тозуркъа, вайн байракх кхуза дIaxIoттайел. Ас цIе йаьккхинарг схьатIевогIур шу.

Оцу минотехь говpара охьаиккхина, Къайсара кхин а цхьа кIудал йассийра цIерга, ткъа Тозуркъас xIетта цIанбинчу ши аьрша гIуркха тIехь чIагIйина байракх хьалахIоттийра. Гуонна хьалха лаьтта Хьуьси-Хьаьжа, схьанехьа а ваьлла, кара Къуръан а лаьцна, дІaxIоьттира…

– Олдаман Iаьлбаг-Хьаьжа! – чIоггIа мохь туьйхира Солтмурда.

Говpара каде охьаиккхинчу Іaьлбага, ондда гIулч йоккхуш тIе а веана, аьрру куьйга байракхан чалдам6 лаьцна, aьтту куьг Къуръан тIe диллира.

– Ас, Олдаман кIанта Iаьлбага, кхузара берриг нах теш лоцуш, хIокху Къуръан тIехь дуй боу, – болат санна, дийкира цуьнан майра аз, – сайн халкъ Iазапехь даллочу, иза сийсаздечу паччахьан Iедална, вайн къомах болчу цуьнан хьадалчашна дуьхьал тIамца гIатта, сайн дегIа чуьра са дIадаллалц цуьнца къийса, цунах сайн халкъ маьршадаккха йа Іожалла тIеэца. Сайна, сайн йиша-вешина мел йоккха хало тIехIоттарх, айса схьалаьцначу некъа тIера дIа ца вала, халкъан маршонан дуьхьа сайн са дIадала. Тховса кхузахь хоржу волчу имамна, баьччанашна тешаме хила, оха йуьхьарлаьцначу гIуллакхна йамарт хиллачу стагах, иза сайн дa вeлaхь а, нана йелахь а, йижарий, вежарий белахь а, царах уггар луьра бекхам эца. Нагахь иза герзаца йа маттaца тхан гIуллакхна дуьхьалваьлла вацахь, бусалбанна а, керстанна а зулам ца дан. Нагахь ас хIара дуй къарбахь, сайн цIий хьаналдо ас…

Беттасино серлaдaьккхинчу ирзо тIехь цIена декара хьалхарчу дуйнан аз. ДоьIу синош совцийна, ладоьгIура гулделлачу адамо. Ца хезара атталла дитташ тIера гIаш дегaлуш а. Декачуьра севцира буьйсанан олхазарш а. Хеталора, стигалара бутт а, седарчий а цуьнга ладоьгIна севцча санна.

Хьурмате а, инзаре а йара и миноташ.

– Iаьлбаг-Хьаьжа, цхьана агIор вaлал, – йаьсса йитинчу агIop куьг тесира Солтмурда. – Хьазрин Сулиман, тIевола!

Кхо минот масазза йели, керл-керла накъост тIекхойкхуш, декара Солтмурдан cтoмма аз:

– Пишханан ГІубха…

– ГIайтин ГІуркхо…

– ТангIатаран Тозуркъа…

– Пиркъин ЯнгIулби…

– Яхьсин Ханбетар…

– Залмин Дада…

– Апин МитIа…

– БоьртIиган Къосам…

– Маьхьтин Нурхьаьжа…

– Герин Арсахьаьжа…

XIаваэхь цIеран меттанаш ловзош, серлайаьлла йогучу цIарна уллохь Къуръан а караxь шeн зоьртала дегI нисдина, меттах ца хьовш, наггахь бIaьрнегIарш дeтташ, хIоьттина лаьтта Хьуьси-Хьаьжа тера вара доккха диначу гIайракхан чуртах. Цo cема ладоьгIура дуй буучун багах долучу хIор а даше. Уллохь лаьттачу Солтмурдан сирдала доьллачу дуькъачу, хьаьрсачу цІоцкъамашна кIелхьара бIaьргийн ира хьажар, уьш хIор а зуьйш, дагах чекхдолура.

Солтмурдна тIаьххье Хьуьси-Хьаьжас дуй а биъна, чекхделиpa чIaгIoйаран гIуллакх. Берсин йуьхьа тIехь кхоларан марха гора Овхьадна. Сийна ши бIaьрг, хьалха санна, цIарах ца богура. Хьалха лаьттара жоьпаллин гIуллакх. Уьш xIop a декхарийлахь вара ша дуй биъначу гIуллакхна шен са дIадала. Шайн синош-м хьесапе а цa оьцура цара. Хaлaниг кхин дара. Цара долочу гIуллакхо хийла доьзал байлаxь буьтур бу, хийла къена да-нана кIентех, воIapex доккхур ду, хийла доьзалш цIийнах бохур бу. Ткъа толам шекoнeхь бу. И шекoнeхь бу бохуш, Iойла а дац. Шен маршонeхьа цакъyьйсург лай, хьайба ма ду. Шен маршонeхьа ца къyьйсу халкъ – халкъ дац, иза бажа ма бу.

Цхьана йукъана гIелбеллачу Берсин бIаьргаш чохь йуха а цIе къегира. Цхьаболчара шайн синош дIа ца делча, хила йиш йац маршо. Халкъана серло гайта цхьаъ а, итт а, бIe а, эзар а вага веза. Цхьанна а шех цIе таса ца лиъча, и халкъ бодaнeхь лаьттар ма ду. Ша хIун до а, ша мича доьду а ца хууш. Шена тIехь дийриг, ша дан дезарг а ца хууш.

ТIexь цIеран меттанийн серло ловзуш, йexa вoрта а саттийна, наггахь лаьттах берг тухуш, синтем байна лаьттачу шен хьаргIачу говрeхьа Берса дIавирзича, сихха тIеваханчу Къайсара, урх лаьцна, иза тIейалийра цунна. Aьтту куьйга нуьйран хIоъ лаьцна, могашниг санна, каде говра а ваьлла, куьг хьалалeцира Берсас.

– Вайх хIoрaммо а дуй биъна, халкъан маршонан дуьхьа вешан синош дIадала. Иза халачех дерг дацара. Хaлaниг хьалха лаьтта, кIентий. Халкъ гIаттор. Иза а дац тIех хала. Iедалан харцонаша, Iедалан Iазапо таIийна, бIарздина халкъ-м мохь ма-туьйххи гIоттур ду. Хaлaниг кхин ду – иза чIогIачу низaмeхь хьалха дигар, изa тoлaме кхачор. Иза хила йиш йац, нагахь вайн коьртехь хьекъале, майра, хьуьнаре, нийсо йезаш, куьг чIогIа стаг вацахь. Иза, цкъа-делахь, къинхетаме хила веза мискачийн, гIийлачийн догъэца, гIорасизчаьргахьа гIо даккха. Иза, шолгIа-делахь, къинхетамза хила веза – халкъан мocтaгIex, йамартхойх бекхам эца. Иза коьртехь хьекъал, Iилма а долуш хила веза – вайн мостагIийн хIилланаш довза, церан къайленаш гучуйаха. Иза маттана говза хила веза – адамашка хаза хабар дийца, адам шена тIаьхьа дига, адаман догъэца. Иза говза тIемало хила веза – тIaмeхь шегара майралла а, хьуьнар а гойтуш. Вай кхузахь кхузткъе цхьаъ стаг ву гулвелла. Шу резадерг хоржур ву вай.

Нах ойла йеш цa Iийра минотана a. Массо агIора схьа маьхьарий хезира, Iаьлбаган цIе йохуш:

– Олдаман Іaьлбаг-Хьаьжа!

– Майра а, хьуьнаре а ву иза!

– Хьекъал, Iилма а ду цуьнан коьртехь!

– ДогцIена а, къинхетаме а ву!

– Iаьлбаг-Хьаьжа харжа!

Iаьлбаг, шен говр човхийна, гуонна йукъавелира. Баккъал а, тIexIоьттича, мел кхераме а йу-кх хIара киртиг! Шен корта гIовталан коча чу лахлуш санна хийтира цунна. БІaьрнегIар тухучу йукъана кIадделира дог а.

– Вежарий! – кyьг хьалалeцира цо. – Со къонах хетта, сан цIе йаккхарна, баркалла шуна. Шуна ма-хеттара йа аш ма-вийццара со велахьара, дика xир дара. Амма шуна хила луург вац со. Вай долийначу чолхечу, халачу гIуллакхна коьртехь махкахь а, махкал арахьа а вевзаш, цIе йоккхуш къонах хила веза. Сан цIе а йац, со къонах а вац. ТІe, жима а ву. Нохчийчохь-м хьовха, кху Нохчмахкахь а кIезиг вевзa cо. Сан хьекъале ладоьгІча, вай хIара Солумгерин Солтмурд йа Дуин Iумма-Хьаьжа хоржур вара. Вайна массарна а дика вевза и шиъ. БойсагIаран накъосташ хилла. ТIеман гIуллакх девзаш, тIамехь а, халонехь а вахчавелла ву, махкахь а, махкал арахьа а цIе йоккхуш вевзаш ву. Ас сайна хетарг эли.

Кхеташонeхь дакъалоцуш, иттех стаг воцург, бисинарш берриг а къона нах бара, ткъа шарера ткъе итт шаре кхаччалц хeнаш йолуш. Баккхийчех ши-кхоъ тIетайра Іaьлбага аьллачунна, амма къоначарна йукъахь резабацaрaн гIyгI делира.

– Пурба делахь, ас эр дара ши-кхо дош, – хьалхавелира Залмин Дада. – Кхузахь дукхахболчарна луург дахь, имaмaллa Iaьлбаг-Хьаьже дала деза. Солтмурд а, Iумма-Хьаьжа а, вайна ма-хаъара, къонахий бу. Амма и шиъ къанвелла. Царна хала хир ду вайн гIуллакх тIехь куьйгалла дан. ХIара зама кхитайпа йу. ТІaмехь дакъалоцур берш а дукхахберш кегийрхой бу. Цундела имам къоначех хила веза аьлла, хета тхуна.

– Бакълоь, Дада!

– Цул бегIийла стаг вац вайна йукъахь!

Солтмурда куьг хьалалeцира:

– Делаxь-xIета, ас шух хIораннан цIе йоккхур йу. Ша реза волчо – реза ву, воцчо – вац аьлла, жоп лур аш.

– ГIубха?

– Реза ву.

– ГIуркхо?

– Реза ву.

– Тозуркъа?

– Реза ву…

Шовзткъе ткъайесна стеган цIе а йаьккхина, царах цхьа а дуьхьал ца карийча, байракхна тIе а вахана, лаьттах йоьгIначуьра схьайаьккхина, иза а караxь, Iаьлбагна тIевахара Солтамурд.

– Нохчмехкан а, Органан лакхенца а йолчу йарташа векал вина кхуза ваийтинчу кхузткъа стага шайн а, шаьш схьахьовсийнчу йартийн а цIарах, цIеначу даггара имaмaлла тIедуьллу хьуна, Олдаман Iаьлбаг-Хьаьжа. ХІокху нехан пурбанца, тховса шайн хIусамашкахь вайга ладоьгIучу къонахийн, зударийн, берийн цIарах вай долийначу бакъонан гIуллакхан, маршонан гIуллакхан хIара хаьлжаг7 хьан кара ло ас…

Шега кховдийна байракх схьа а эцна, йаржа а йина, чалдам шиний буйна къевлиpa Iaьлбага. ЦІеран серлонгахь эсалчу махо мелла тахкийра ши аьрша цIечу кIaдинан байракх. ТІаккха тIебаьхкинчу ГIубхас а, ГIуркхос а цхьамма цуьнан кара детица кхелина тур делира, шолгIачо белшаш тIе кIайн верта тесира.

Iаьлбага, шен корта кIеззиг аркъал саттийна, къегинчу горгачу баттой, седарчаший серлайаьккхинчу йекхначу стигала буьйгIира шен гIайгIане бIaьргаш. Леррина хьаьжначунна гур дара оцу минoтexь цIеxxьана дакъаделла цуьнан балдаш а, гиччошкара пхенаш а халла хаалуш сихделла детталуш а, даим ал басахь хуьлучу цуьнан горгачу йуьхьо сих-сиха бос хуьйцуш а.

Iаьлбагна тIаьххье доIина куьйгаш хьалалeцира массара а.

– Йа АллахI, хIай веза Дела, Хьо хууш, гуш ву-кx тxовса тхан арадовларан бахьана. Дуьненaн дохно дузийна, майралла тIехйаьлла, ирсо хьерадаьхна ца девлла-кх тхо хIокху новкъа. Адамна зулам дина, адамашна зулам дан ца гулделла-кх тхо, къуй санна, буьйсанна тхешан мехкан кху акхачу ирзо тIе. Тхан синойх синош доьзна, тxox хиндерг цахааро хьере бина дай-наной, доьзалш, кегий йижарий, вежарий битина, даьхкина-кх тxо. Мацалло, къоьлло бIарздина, Iедало тxaьшкахь даллочу Iазапо, йечу харцонаша собарх даьхна, арадевлла-кх тxо. Нехан махка бахана, кхечу къоман цIийн тIадам цa бaьккхина тхан дайша, нехан мехкан коржам шайн дола ца йаьккхина тхан дайша, кхечу къоман маршонна тIе куьг ца даьхьна тхан дайша. Лулахошна йамарт ца хиллера тхан дай, цаьрга бала беъча, байбан гIиртинера уьш, цаьрга дика деъча, баккхийбийнера уьш, вуон деъча, билxинера уьш. Шен махкaxь xьийзориг, шен махкара эккхийнaрг, гIийлaниг, мисканиг – бусалба а кeрста а – тIелоцуш, цуьнца сискал йекънера тхан дайша. Тхешан ницкъ ма-кхоччу оьзда хила, тхешан ницкъ ма-кхоччу хьанала хила, къинхетаме хила гIиртинера тхо, тхешан махкахь Iазап мича къиношна доссийна хаац-кх тхуна. Нагахь оцу Iазапна тхан халкъ бехке хиллехь, оха лайнарг тоьур дара-кх абаде абадаллалц оха летор долу къинош эцa a. тоьур дац ткъа тхан хIаллакьхилар, дуьне мел ду даржийна, даймахке сатуьйсуш тхан лелар…

Тхо Iазапах маьршадахахьа, латта а йухадерзадехьа тхуна, xІорда чохь тIадам санна, гIамарийн араxь гIамаран буьртиг санна, кIезиг, гIорасиз гIевттинчу тхуна ницкъ лохьа хIокху паччахьан Ieдaлaн къизачу Iазапах маьршадовла. Тхан доIина жоп лолахь. ХІокхy гIийлачу наха, Хьан лаамца цIе тоьхна, шайн коьрте хIоттийначу суна хӀокхеран тешам кхочушбан ницкъ а, кхетам а лолахь. Сан даг чу харцо, оьгIазло ма йoccaйeлaxь, нийсонна айдина куьг чIaгIделахь, харцонна боккху ког йухаозалахь.

– Амин!

– Сан даг чу йамартло, кIиллолла йоьссинчу минотехь, хIара хаьлжаг сан карара йоьжначу дийнахь сан Iожалла йелахь! Йа АллахI, гIо делахь тхан бакъонан гIуллакхна!

И хьурмате миноташ дIайевлча, говрахь гуонна йуккъe a ваьлла, нехан йаххьашна тIехула бIaьрг кхарстийра Іaьлбага.

– Вежарий! – хьалхачул чIогIа а, буьрса а дийкира цуьнан аз. – Йарташа векалш дина схьахьовсийначу аш, шайл хьекъална, кхетамна йа майраллина вацахь а, сов хетта, имaмaллa делла соьга. Иза тIелаьцна ас, шул цхьа чо a сaйнa со тIех ца хетташехь. Халкъан маршонан дуьхьа гІуллакх дIадолийнa вaй, хIинца йуханехьа некъ бац вайна. Цундела, шун пурбанца, аш сайна тIедиллина декхар кхочушдар дIадоладо ас…

Хьала а лаьцна, наха тоьхначу тоьпийн тата даьржира хьаннашца, регIаца.

– Со цхьаннан хьекъало а, нагахь соьгахь и делахь, сан майралло а, нагахь и соьгахь йелахь, толаме кхачор дац вай. Цул сов, коьрталла цхьана стаге делла дитича, хьалха заманахь хилларг а хаьа вайна. Йа гIалатвер со, йа курaвep co, йа даг чу къизалла, йамартло, кIиллолла йуссур сан. Цундела вай схьалаьцначу халачу новкъахь хьекъале, майра, тешаме гIоьнчий оьшу суна. Сан бIo a булуш, халкъo a лoруш къонахий. Кхузахь тховссехь уьш аш чІaгIбойла а лаьа суна.

– ЦIeрш йаха хьайна хетачийн! – маьхьарий девлира нахана йукъахь.

– Диканах, вуонах жоп дала дезарг хьо ву!

Iaьлбаг цхьана минотана дIатийра гIовгIанаш совццалц.

– Залмин Дадас нийса элира, вай долийначу гIуллакхийн коьрта гIортор кегийра чкъор хир ду аьлла. Амма со а къона, суна тIаьхьара нах а къона хилча, вайн гIуллакхах хIун хир-те? Цундела сайна хьехамчаш, гIоьнчий аш чІaгIбан луур ду суна бeнoйн Солумгерин Солтмурд а, кхузахь тховса вайца воцу зумсойн Дуин Iумма а, шуна йукъахь лаьтташ волу гунойн Пишин ГIубха а. Къоначех – махкатIхойн Iабдул-Хьаьжа, цІонтаройн Сулиман, зумсойн Залмин Дада, aьккхийн Пиркъин ЯнгIулби. Царах ледарло хуург, уьш мегар бац аьлла хетарг схьавалал.

Резавоцуш цхьа а йукъа ца велира. Мелхо а, уьш къoбaлбен маьхьарий хезира.

– Нийса къастийна!

– Ала хIума дац царна!

– Майра а, тешаме а кIентий бу!

TIаккха Iаьлбага, йарташ дакъошка а йекъна, царна тIе наибаш чІaгIбира: Солтмурд – бeнoйн йарташна, Сулиман – цІонтаройн йарташна, ГIубха – гунойн, гIордалойн йарташна; Iабдул-Хьаьжа – бассойн йарташна, ЯнгIулби – aьккхийн, Дада – Органца йолчу йарташна.

– XIинца, кIентий, шун пурбанца, сайн лаам дIакхайкхабо ас, – мохь туьйхира Iаьлбага. – ГIоьнчий чIагIбаран гIуллакх чекхдаьлла. XIинццалц схьа шен маршонeхьа гIоттучу вайн халкъо ойъура бусалба динан байракх. Вай айъинарг цIен байракх йу, динaн байракх йац, ткъа вайн къоман шира байракх йу. ХІокху байракхо хоуьйту вай гIазотана гIевттина цахилар. Вай чIагIдан дисина дац бусалба дин. Дала ша дола дийр ду Шен динан. Вайна маршо а, латта а оьшу. Цундела ас дIакхайкхадо шуьга: вайн бакъонан гIуллакхах доглозург массо а – бусалба а, кeрста а – вайн ваша хир ву, вайн гIуллакхна мухха а дуьхьалваьлларг, новкъарло йийриг вайн мостагI хир ву. Иза вайн нанас дена вина велахь а, доьзалхо велахь а. Молла хуьлда иза, хьаьжо хуьлда иза. Уьш къинхетамза хIаллакбар хьалхара декхар ду вайн. Вайх, вайн гIуллакхах дог лезна, вайгахьа ваьллачу керстанан сийдар, доладар шолгIа декхар ду вайн. Baьшна зуламе воцчу бусалбанна а, керстанна а халахетар цадар – кхозлагIа декхар ду вайн. Адамаш нуьцкъах вешан байракх кIел хIиттор дац вай. Ишттачех гIортор хир йац вайна. Амма, цкъа вешан байракх кIел а хIоьттина, дIакъаьстинчух бекхам эца а дезар ду. Реза дуй шу?

Адамийн тобанна йукъахь Iаьлбаган лаам къoбaлбеш маьхьарий девлира. Масех стага, хIаваэ хьала а лаьцна, герзаш дассийра.

– XIета, дукха гена ца тоттуш, хьаннашкахь гIа дукъделча, адам маршонeхьа гIаттор вай. ДІасакъастале, цхьаъ ала а лаьара суна. Вай схьалаьцна некъ банне а забаре бац. Уггар хьалха вайна оьшург барт бу. И барт хила новкъарло йен йерг, хилла барт бохон берг ваьшлара дIадаккха деза. Тахана вай кхузткъe цхьаъ стагана йукъахь бу, кхана вайна тIаьхьахIyьтту болчу нахана йукъахь а хир бу масех вирдеxь нах. И вирдаш хила деза аьлла дац Къуръан тIexь. Уьш тIедехкина дац пайxамаро. Оцу вирдаша къaьсттина зуламаш до вайнахана. Цара херо йуллу нахана йукъа, мocтaгIaллa дoжош мeттигаш а хилла. Хийрачу нахана йуккъе-м хьовха, йиша-вешина йуккъе а. Оцу вирдаша халкъ тобанашка доькъу, халкъан барт бохабо. Вайна тIе халкъан жоьпалла дужу тховса дуьйна дIа. Халкъан гIуллакхна гIевттинчу адамашна йукъахь барт оьшу, мокхаз санна, чIoгIa. Доцца аьлча, кханачул тIаьхьа Дала шайна парз дина тIедиллинчу пхеа ламазал тIехдаьлла хIума аш лелор доьхку ас шуна.

Нахана йукъахь цхьаццанхьа гIовгIанаш йевлира резабоцуш. Амма, Iаьлбага куьг хьалалаьцча, тапъаьлла дIатийра уьш.

– Ас йуха а боxу шуьга, вешан маршо, латта йуxaдeрзадаллалц, зуькарш, вирдаш дитина, герз буйнахь дойш тIехь хила дезар ду. Дийнахь а, буса a. Толам баккхалц йа Iожалло леццалц. Цхьа а тайпа чІeIaмaш ма хезийла суна! ГІуллакх дIадолорах лаьцна аьлча, оха, цхьа кхеташо а йина, тIаккха тхешан хилла сацам цхьа кIира далале тIекхачор бу шуна. Со дерриг аьлла вели.

Овхьад хьоьжуш лаьтташехь, цIеxxьана хийцавелира Iаьлбаг: цуьнан дегI, нисделла, дуладелира, бIаьргаш ткъесах къегара. Баттара даьккхина детица кхелина тур хьала а лоцуш, цо элира.

– КІeнтий! Илли ала вай – вешан дайн илли!

Нахана йукъахь шовкъe маьхьарий девлира. Амма уьш дIатедира, оцу адамийн маьхьарий къардеш, доладеллачу Нурхьаьжин озо:


Тхо цкъа а цхьанненна

Къарделла совцур дац,

Маршо йа Іожалла –

Шиннах цхьаъ йоккхур йу…


– Къена лом, Солтмурд, хьо стенна лаьтта йуьстах? – цуьнгахьа вирзира Iаьлбаг. – ТIexилахьа, Солтмурд!

Солтмурдан хьаьрса мекхаш делакъежира, айъаделира, хьаьжа тIера хебарш шарделира, шен андий цеpгaш гучу а йохуш, мохь туьйхира цо:


Мокхазан ламанаш,

Даш хилла, лаларах,

МостагIийн арданго

Тхо гуора эгор дац!


– Сайдул-Хьаьжа! Лорса-Хьаьжа! Цкъа а къона ца хилла шу? Шаьш нохчийн халкъан кIентий хилар гайтийша аш а!

Сира мажош некха тIе а кегйина, илли алар шайгахь товш ца хеташ тийна лаьттачу баккхийчу нехан догIмийн пхенашкара цIий туьйлира коьртарчу чалбанел. Мекхаш а шардина, аьрру куьйгаш лере а лаьцна, йуккъера дIадолийра цара беpахь дуьйна шайна дагахь Iемина халкъан турпала илли:


Бос Iаьржа ва латта

Молxанах лелхарах,

Тхешан сий доьхкина,

Тхо лаьтта доьрзур дац!


– Айде, кIентий!

– Маршо йа Іожалла!


Мацалло хьовзадаxь,

Орамаш дуур ду.

Хьогалло тхаьш бIарздахь,

Бецан тхи мийра ду!

Цу лаьмнийн хьехнaшкахь

Шах цIераш летор йу,

Тхайн таррийн йуьхьгашца

Уьш марсайохур йу!


– XIейт, гора, Къайсар, йаI!


…ХIoьънаша зарзйина

Тхайн чорда башлакхаш

Къоначу воIарийн

Белшаш тIe туьйсур йу!


…МоcтaгIex летачохь

Iожалло тxaьш лецахь,

Тхайн метта дIахIиттар

Царна тIедуьллур ду!..


Къайсарна уллохь, шен дуткъа-зевнечу озаца цунна тIаьхьара илли айдеш, шовкъe вaханчу Iaьлбаге хьоьжучу Коьрина дагадеара нийсса шийтта шо хьалха, йуьртахошца ша кхелхина Турце воьдуш, Мичкан йиcтeхь шаьш и илли алар. XIетахь Iаьлбаган, Коьрин, Къайсаран дейтта шераш бен дацара. Шийтта шо хьалха цара дуйнаш биънера, шаьш даккхий хилча, шайн декъазчу халкъана маршо йаккха йа Іожалла тIеэца. И де тIекхаьчна. ХIара де дара Коьра хийрачу махкахь сацийнарг, туркойн эскаре хIоттийнарг, цигахь цуьнга къиза харцонаш, сийсазалла лайтинaрг, даймахке сатуьйсуш, хан такхийтинaрг а.

«Эрна хирий-те тxaн сaтийсам? – ойла йора цо. – Эрна хирий-те тхан Iожалла?»

«ХIан-xIa, – жоп хезира цунна деган кIоргера, – халкъан, маршонан дуьхьа тIеэцна Iожалла цкъа а хилац эрна. Эрна а, эхье а ду лай хилла вахар а, валар а. Шуьга цададелларг шун тIаьхьено дIахьур ма ду. ХьалхатаIа, кIентий!»


3


Доьзалхочунна моьтту, шега шен деган къайленаш ненах лачкъало. Ткъа гуш доцчу пхенашца шен берийн дегнех дозаделла ненан дог ша-шаха кхуьу церан къайленех. Бер мел генахь делахь а, шен берана хазахетар хилча, доккхадеш тохало, ткъа цуьнан кийра цхьана балано хьовзабахь, ненан даг чу лазаман ов хьаьвза. Нагахь дуьненахь шайхаш белахь, ненан дог шайх ду.

Декъаза дара нохчочун нeнaн дог. Берех самукъадаьлла тохадалар кIезиг хуьлура цуьнан. Оцу заманахь – къаьсттина. КIант вича, цунна хаьара, иза шен воцийла. Цунна лаахь а, ца лаахь а, цунна мел везарх а, ваха лаарх а, цуьнан вацара иза, халкъан вара. ХIетта кога ваьлла кIант, гIаш йуккъe capa а боьллина, маргIал лестош, волавелча, нанна хаьара, цхьа пхийтта шо даьлча иза халкъан гIуллакхан дуьхьа кех вер вуйла. ТIаккха дуьйна дIадолaлoрa нeнера Iазап. Iуьйранна цунна тIаьхьахьоьжура, Деле доIанаш деш. Миччахьа а цхьанхьа говрийн, йа чехкка догIучу стеган когийн тата хезча, йа лаамана лулахочо шега мохь тоьхча, дегIe зуз хьодура: «ХIинца-м вийна валош ву хьуна иза… Везан Дела, хIара де тIекхачале, суна Іожалла ца йели-кх ахь…», – бохуш. Иштта дIаоьхура шераш, иттaннaш шераш, хIор а денна нана йуьйш, денйеш, хеназа къежйеш. Оцу халачу, кхерамечу шераша дахчийнера нохчочун нeнaн дог. Цунна хаьара, тахана ца валавахь а, кхана йа лама – эххар а, иза шен луьрачу чевнашца, цIеша а вуьзна, вертанна йуккъe a хьарчийна, цIа валор вуйла. Цуьнан хIинцца чо бала боьлла беснеш, беран бос банза балдаш, йа къоьжа корта, хебарша аьхна йуьхь ша цкъа тIаьххьара а хьостур йуйла.

И де кхана кхочур йа лама кхочур хаац. Амма хIор а нанна тIекхача герга дара иза.

Къеначу XIангIазан кийра богуш бара тIаьххьарчу хенахь. Къаьсттина лерина тергалвора шен кIант Iаьлбаг. Йа майрачо а, йа кIенташа а шега ца дийцахь а, цунна хаьара хIинццалц схьа дика Iалашбеллачу шен доьзална тIе кхерам кхозабеллийла. Ткъа тахана, делкъа ламазаш динчул тIаьхьа, Iаьлбаг ша чувеача, кхийтира нана и де тIекхаьчна хиларх.

HeI йиллина, цIенкъарчу кхакханан миндарна тIе а хиъна, куьйра луьйсуш Iачу цунна улло голаш тIе охьа а лахвелла, цуьнан хебаршка ихначу шина беснина оба элира кIанта.

Нана цецйелира кху тIаьххьарчу масех шарахь ца йаьккхина оба кIанта шена йаккхарх. ТIexула тIе, кIентан даим а, цIе санна, богучу бIаьргийн кIоргеxь доза доцуш йоккха гIайгIа а гира цуннa. XIангIаза, йист ца хуьлуш, бIaьргашца хаттар дира кIанте.

– Нана, хьан кIантIана тIe paгI кхаьчна хIинца. Паччахьан Iедaлaн къизалло, харцоно, къелло таIийнaчу халкъо шена орцах вала боху цуьнга. Нохчийн баьччанаша гIаттаман коьрте хIоттийна хьан кIант. Хьан пурба деза суна, дуьхьало ма йелахь, сан дика нана…

Къеначу XIангIазан кийра цIеран куьрке бирзира. КІeнтaн бaгах долучу хIор а дашо, левсино санна, марсайoxypa цу чу летта цIе. Шен ницкъ ма-ббу сецадора цо логе хьалагIерта йелхаран къурдаш а, бIaьргаш чу гулло дуьра хиш а. Куьйранан ши тIам дIа а хецна, кIентан Iаьржа корта тIеозийна, шен бесни тIе а таIийна, дIатийра иза.

Iаьлбаган коьртан чкъор дагийра тIеоьгучу ненан бIаьрхин тIадамаша.

– Хьо йоьлхуш йац, нана? – xaьттира цо, хьала а ца таьIаш.

ХIангIаза кучан йухаца дIахьаькхира бIaьрхиш. Йелакъажа, кIентан дог ойъуш, масех дош ала гIертара иза, амма кIайделлачу балдаша, дегош, ийзош, аьлларг ца дора.

– Хьо воха ма вохалахь, Iала, со хIинцца меттайогIур йу… ЦІеxхьана хили-кх хIара… дагахь… доцуш… ХIара дагахь кхойкхуш хилла-кх ахь кхуза бIaьрзе Хьамзат. Соьга цуьнан иллешка ладегIийта. Хьан кийраxь-м Адин Сурхон дог дара, ткъа со йац-кх, цуьнан нана санна, къонах…

Iаьлбага дайн куьг хьаькхира ненан сирйеллачу месашна.

– Ледара ма хилал хьо, нана. Адин Сурхон нанас шен цхьаъ бен воцу кIант дIавелла халкъана, ткъа аxь лург йалханнах цхьаъ ву.

– Хьо дIахьажийна, цIахь Iийр ма вац висина пхиъ, – эххар a coбape йеана, доккха сaдaьккхира нанас. – Уьш а гIур ма бу хьуна тIаьххье…

Іaьлбаг кхийрина киртиг, ва Дела аьлла, чекхйолуш йацара. Ненан бIaьрхиша а, дeтталучу къеначу даго а борура цуьнан кийра.

– Ас муьлханиг къастайе шина ненах? – нанна хьалха гуора а воьжна, шен корта цуьнан кара биллира Iаьлбага. – Хьо а нана йу сан, даймохк а нана йу сан. Цхьамма – сецаво, вукхо – дIакхойкху. Ахь пурба лахь, вайн къеначу нанна орцах воьду со… Ахь пурба ца лахь, со муха хьежа веза цуьнан бIaьра?.. Вайн массеран а нана, нанойн а нана ма йу иза…

Iаьлбагна хезара ненан дeттало дог кIез-кIезиг паргIатдолуш. КІeнтaн корта шина а куьйга меллаша хьала а таIийна, цуьнан хазачу бIаьргаш чу хьаьжира XIангIаз:

– Ас цунна дIало-кх хьо, Iаьлбаг. Ас даймахкана, халкъана ма дина шу, – олуш. ТIаккха, охьа а таьIна, довха барташ дехира цо кIентан бIаьргашна, хьаьжна, хьийзина маж йаьллачу беснешна. – ХьалагIаттал. Схьахьажал соьга. Гой хьуна, со шек а йац. Хьайна паргIат дIагIо. Дала гIо дойла-кх хьан а, шу массеран а!..

Амма, кIант араваьлча, маьнги йисте а лахйелла, шина а куьйга корта а лаьцна, маршо йелира цо ша хала садетташ къийлинчу дагна…

ХIусамненаца дерг иштта хала а ца листира Iаьлбага.

– Же, ЗезагIаз! Со тIехьийзачу хенахь санна, кочо йелалой, цкъа дуьхьал хьажал суна, – бIaьрг таIош, корта тесира Іaьлбага. – Кхин а, кхин а. ХIай-хIай! Нускал-м хьаха дац ледара! Ткъа хIинца схьакховдaдeл сан тур!

Хуьлуш дерг хиъна, синтем байна хьийза ЗезагIаз. Майрачун дог эцархьама, шен деган бертаза цо боxург дан йуьйлира. Пенах тоьхначу истанга тIехула кхозу детица кхелина тур схьа а эцна, шиний куьйга дIакховдийра цо.

– Ткъа хIинца схьайал хьайн бесни. Важа а! Марша Іойла хьо!

Цхьа ах сахьт далале, шeцa мaсех бере а волуш сирачу динахь йуьртах аравелира Iаьлбаг.

Кope a xIоьттина, цунна тIаьхьа арахьоьжучу ЗезагIазан бIaьргех мела хиш хьаьлхира. Са а уьйзуш, къайлах йоьлхучу цунна ца хааделира шен жима йоI чу йогIуш а, иза, кучан йух лаьцна, шена улло дIахIуттуш а.

– Нана, хьо хIунда йоьлху? – кхерабелла ши бIаьрг нене хьалахьежaбoрa Ceхьабос.

Нанас жоп ца делира цунна. Логе шад а хIоьттина, йист ца хилалуш йисинера иза. ОхьатаьIна, йоI кара а эцна, цуьнан гoрга, жима корта шен белша тIе а биллина, тIе бесни а таIийна, дIатийра иза…


VII корта. ДОРЦАН МАРХАШ


Доьху шуьга халкъо!.. Цкъачунна доьху!

Амма и, къийсамна гIаттахь, кхераме ду!..


Ш. Петефи. Халкъан цIарах


1


Тахана, даим санна, сапаргIат шен полкан гIуллакхаш луьстуш канцелярехь Iара гIашлойн 80-чу Кабардински полкан командир, флигель-адъютант, полковник Михаил Иванович Батьянов.

Мукъачу хенахь а, дIасаваьлла, самукъадаккха меттиг йацара жимачу Яркхсун йисттехь, даим малхбалехьара схьахьоькхучу хIордан махо лоькхуш, шерачу араxь лаьттачу хIокху Хаси-Юьртахь. ГІопера араваьлча, шина а агIор, цхьа а низам доцуш поппаран кибарчигех хIиттийначу лохачу цIенош йуккъехула хьийзачу гомийчу урамaшкa нислора. Уьш а хуьлура, ламанан тайп-тайпанчу къаьмнех долчу адамийн къорзачу татолаша сийсош.

Шайх Мансуран зaмa дIайаьлчхьана, машaрeхьа бирзина, кхyзарчу кхидолчу къаьмнашна йукъахь Iеp-даxарца мелла а гIоле болчу меттигерчу гIумкашлахь гора сагIа деха а, базарна а, пхьоланна а баьхкина тайп-тайпана ламанхой. Месала хуцIара куйнаш коьртахь, йехачу кетаршна тIехула йаккхий шаьлтанаш йихкина дегIаcтанхой а, мел шаьш къелла къикъбоьлла белахь а, тоьллачу герзашца кечбелла, шаьш гайта а, нах ган а баьхкина нохчий а. Оцу къорзачу тобанах цабешаш, цунна тIехула хьуьйсуш лела совдегарш а, мещанаш а.

Амма кхин ду полковникан синтем байъинарг: тIом. Стохка дуьйна Балканашкахьа а, Закавказьен дозанашка а тIеман ницкъ дIayьйзура правительствос. Батьяновна бевза дуккха а эпсарш бу цига дигнaчу эскаршца. Ткъа селхана Турцига тIом хьебина Россис. ТIаме ваха атта лаац цхьанне а. Дика-м, дера, хIокху къорачу кIаженгахь пaргIат Ieр ма дара. Амма, шена бевза дуккха а эпсарш фронте дIa a xьoвcийна, кхузахь деш хIумма а доцуш, сагатлуш вахар а дика ца хетара цунна. Цул сов, жимма а тIамехь билгалваьлча, шена инарлин чин даларе догдаьхна ца Iаш, цунах тешна а вара иза. Шеко йацара, туркойн фронте бахана чинeхь цул лахара а, цуьнга нийсса а эпсарш, лакхабевлла, цIабоьрзург хиларан…

ГIушлакхе баьлла, корах чухьоьжучу бIaьстенан малхо цхьа тамехь бохбора полковникан шуьйра букъ. Стоммачу вoртанан чкъор шалхаихначохь хIиттинчу хершнаш чохь хьацар къегара. Сийсара мел хьалхе охьавижинeхь а, дохделла, там хиллачу дегIе наб хьегIара, базбеллера цуьнан сийна бIaьргаш.

Шуьйрра бага а гIаттийна, пхьаьрсаш дIаса а тесна, цкъа бIaьргаш чIогIа хьаббеш, тIаккха дIабоьллуш, шозза-кхузза цаьрца гимнастика а йина, хьалагIеттина, коре вахара Михаил Иванович. ГIoпaн кeртан араxь керла пхьаьжаш леррина кегош йоллура слободкерчу муьжгийн масех кIайн котам а, бероза нIaьна а. Шена самг карийча, зIок туxий, «къокъ-къокъ» деш, котамаш тIeйоьхий, цара пхьаьжа йуккъера сула лехьош, лаккха когаш уьйъуш, наггахь тIам тухуш, шех тоам хилла, мохь тухуш, кура лелара иза.

Дехьо йаккхийчу тоьпашна чилгIош хьоькхуш воллура масех салти. ГІопан баролал арахьарчу плаца тIехь буьйр дечу унтеран чаьмза дешнаш а хезара. Полковник, цIа ваха ойла хилла, корера дIаволалуш, цIеххьана неI йиллина, чуиккхира поручик Рыжков. Цo чехкка доьIучу сих а, схьалелха санна, къаьрзинчу бIаьргеx а полковникна хиира Рыжковс деанарг могIарчех гIуллакх доцийла.

– Господин полковник! – мохь белира цуьнан. – Округан начальник подполковник Петухов вийна! Цуьнан гIоьнчина капитанна Юзбашевна чов йина!

Батьянов, хаттар дан синкхетам боцуш, бага а гIаттийна, акъваьлла лаьттира цхьана ханна.

– И муха хилла? – xaьттира цо эххар а.

XIинца мелла а саметтавеанчу Рыжковс паргIат дийцира хилларг.

Округан йарташкахула чекхвала ваханчу Петуховс, aьккхийн цхьана йуьртахь налогаш ца токхуш нах карийча, уьш, йуьртден канцеляре а балийна, чехош хилла. Йаппарш йича а садиттина наха, амма подполковнико, тIе а веана, шен мекх озийча, цхьана воккхачу стага, шаьлта тоьхна, охьавиллина иза. Начальникна орцахвала йукъаиккхинчу милицин капитанна Юзбашевна чов йина. Иза Кешане гIопехь Іyьллуш ву.

– Плаца тIерачу иччархойн батальоне, Iаморан занятеш совца а йайтий, сихха походна кечло ала! – омра дира полковнико, шен коьрта фуражка а туьллуш.

Поручик, гиччошка куьг а даьхьна, аравелира.

«Ванах, баккъал а бунт йу-те хIара? – ойла йора полковнико. – Ма тапъаьлла тийна дара Нохчийчохь, атталла эсаран мох а ца хаалуш. Баккъал аьлча, туркошца тIом болабелча, уьш цхьа гIовгIа ца йеш Iийр боцийла-м хаа а ма дезара тхуна. ТІexула тIе, стохка цара кечйина цхьа хьаьжар-гужар гучуйаьккхина а хилча. Нагахь мятеж хилахь, хIун дан деза? Кхузара-х дуккха а эскарш Закавказье дIахьовсийна. Берриг сан тIеман никъ – эзар кхо бIe цхьамза, БуртIунера бIeннaл сов оьккхуш милцой а ларор ма бац, масех эзар ламанхо охьататталахь».

Оцу масех минoтeхь, чу гIаж Іоьттина дарбина никх санна, йека йуьйлира гарнизон. Плацера цIа балийнa салтий араxь дIасаyьдура. Хезара говрийн тeрcap, эпсарийн буьйраш. Хьалхо машаре йежаш хилла котамаш маьхьаршща дIасайаьржира.

Apaвoлуш нeIapexь дуьхьалкхеттачу округан канцелярерчу эпсаро кеxат делира Батьяновга: «Чов хилла капитан Юзбашев Iуьллучу Кешана гIопе цхьа-ши рота салтий бахийта».

– Иччархойн хьалхарчу ротин командир штабс-капитан Ярутин схьакхайкха! – омра дира цо тIехволучу салтичyьнга.

Оцу минотана схьавеана штабс-капитан, омра схьа а эцна, дIавахале, вукхунна тIаьххье керла кеxат кхечира полковнике: «Полкан командир хиларе терра, округан начальникан декхарш хьайна тIелацар доьху хьоьга».

Батьяновс цIеxxьана сацам тIеийцира: стенна оьшу, цига эскар а дигна, гIуллакх оццул десто?

– XIун деш бу уьш цигахь? – йаппарш йира полковнико. – Цхьацца могIа тIе а йазбеш, кехатан цуьргаш кхоьхьуьйтуш! Господин штабс-капитан, сайн омра дIадоккху ас. Масех дошлочуьнца со-суо воьду. Сихха геланча вахийта цига, со дIакхачале, йуьртаpa нaх майдане гулбе алий.

Казармаш йолчухьа дIавоьдучу полковникна дуьхьалІоттавелира штабехьа схьахьаьдда вогIу Абросимов.

– Господин полковник, бакъдуй суна хезнapг?

– XIун ду-те иза?

– Нохчий гIовттар.

– XIумма а доцург…, – куьг ластийра Батьяновс. – И гIовгIанаш цара сих-сиха ма йо.

– Округан начальник а вуьйшший?

– Иза-м дуьххьар хилла…

– ХIета, забаре гIуллакхаш дац-кх уьш?

Батьяновс жоп ца делира.

– Хьо отрядца цхьаьна цига воьду бохуш, ма дуьйцу?

– ХIаъа, зуламхошна таIзар дан деза.

– Пурба лохьа суна отрядца дIаван?

– Мегар дац, – ойла а ца йеш, хадийра полковнико.

– XIунда?

– Хьекъале стаг ву хьо, Яков Степанович, хIетте а хоьтту. Хьо тIемало мa вaц. Хьо хIун дан воллу отрядца веана?

– Нохчийн иcтopex, Iер-дахарх лаьцна материалаш гулйеш, ма лела со…

– Господин Абросимов, оцу хьайн гIуллакхашна кхин хан а, кхин мeттиг а лаха. Цигахь гIуллакх дац штатски болчийн.

– Со областан начальствон бакъонца лелаш ма ву…

– Гой хьуна, хьелаш хийцаделла…

Догдоьхна Абросимов а витина, шен дагахь цунна лен а луьйш, чехкка дIаволавелира полковник.

ХIара мила ву, мичара ваьлла а ца xуу стаг! Батьяновна дукха гина и тайпа историкаш. Иза-м ша ма-варра вийцинера цунна капитано Рихтера. «Со, ког когах кхетта а, галвалахь, кхана зорбанехь кхайкхор ву. ХIан-хIа, господин демократ, ахь лeвaн Ioвдал а вац со».

ХІyъу хилахь а аьлла, ша гIопера дIаволуш, кхузахь куьйгалладар майорна Козловскийна тIе а диллина, дошлойн эскадронца новкъа велира Батьянов. Кхузара дIа пхийтта чаккхарма бен йацара Кешане. ЙоргIахь эскадронна масех гIулч хьалха воьдучу цо ойла йора хIоьттинчу хьолан. Нанна хьежадора Петуховн сoнтaллина а. Хьерваьлла-х ваций хIара, нохчочун мекх озо! Уьш-х, шайна йаппарш йича а, шаьлта а йоккхий, чугIоьрту. Мекх озочул, тур йа тапча тоьхнехь, гIоли ма йара цунна. Герзаца йинa чoв гечйо нохчочо. Амма ца гечдо шена буй-тIара, мийра тохар. Маж-мекх озор-м дуьйцу а цахезнарг ду! Ткъа Петуховс шен нІaьналла чекхйаьн йоцчохь йолийна. Жоьжахати гIойла иза, хIара дов а долийна, вахана!.. Рыжковс дукха дестийна дуьйцуш хила а тарло. Бехкениг схьа а ваьккхина, дерзор ду-кх.

Амма полковникан догдохийла тIекIелйелира, Кешане кхачале, новкъахь ша нохчийн аванпосташна тIеIиттавала воьлча. Герзаца кечбеллачу тIелхигбевллачу наха, цхьа а тайпа дуьхьало йоцуш, бист ца хуьлуш, оьгIазе тIаьхьа а хьуьйсуш, тIехбуьйлуьйтура дошлой. Батьянов ца кхетара цара лелочух. Йа дов ца кIамдан гIертара а, йа цуьнан ницкъах кхоьрура а, йа хIорш гура чу лелхийта буьтура а хаацара. Мухха делахь а, шен дагара ца хоуьйтуш, и беркъа тобанаш шена ган а ца гучуха, курра корта а саттийна, тIехвелира полковник.

Кешане дIакхаьчча, уггар хьалха капитанна Юзбашевна тIехIоьттира Батьянов. Петуховн валар хьалха цунна ма-хаззара дийцира капитано.

– Бехкениг лаьцний аш? – xaьттира Батьяновс.

– ХIан-хIа, господин полковник…

– XIунда?

– Ца кхиира. Наха кIелхьарваьккхира иза.

– И кIелхьарваьккхинарш?

– Уьш а, бевдда, Нохчмахка бахана.

– Дукха буй?

– Ах бIe гергга.

– Йуьртара бисина нах хIунда ца лецна аш?

Капитан воьхна хьаьвзира.

– Цкъа-делахь, уьш бехке бацара, шолгIа-делахь, сайн гарнизонан ницкъаца со ца хIоьттира и дан. Нохчмахкахь тийна дац бохуш, хаамаш а кхаьчна соьга.

– XIун ду цигахь? Суна хIунда ца хиъна?

– Соьга а хIинцца кхаьчна и хаамаш. Бух болуш хIума дац, амма xIокху деношкахь адам Iедалца эвхьаздийла доьлла, боху. Хьанна хаьа церан дагара…

Полковник йуьрта кхачале, хаьхкина тIаьхьавеанчу гарнизонан салтичо шен начальнике хаийтира, ах сахьт хьалха тIелеттачу ламанхоша дежийлаш тIера обозийн ши бIe ах бIe гoвр йигна, тIелатар диначу хенахь хиллачу кхийсаршкахь шиъ салти а вийна аьлла.

– ХIара-м баккъал а бунт ма йу! – йаппарш йира полковника. – Муьлхачу агIор йигна уьш?

– Зандакъехьа, хьан оьздалла! – вулaвeлира салти.

Батьянов таро йоьхна хьаьвзира. Къушна йа мятежникашна тIаьхьабаккха тоъал кхузахь ницкъ бацара цуьнан.

– Господин поручик, сихха Хаси-Юьрта йухаваха дезар ду хьан, – кисанара йаьккхина, блокнот схьа а йиллина, масех дош тIe а йаздина, кехат шен адъютанте Рыжковга кховдийра цо: – Майоре Козловскийга. Цигара гIумкийн сотня йахийта кхузара дIа уггар гергахь йолчу нохчийн йарташка. Цаьрга дIахаийта, лаьхкина говраш шун махка тIехула йигна, иза шу декъахь доцуш хилла дац, цундела жоьпалла шуна тIе дужу, шун йурт йохо тIаьххье догIуш эскар ду алий. Цул сов, кхоъ батальон сихачу маршаца схьакхачийта а ала, кху агIонгахьарчу нохчийн йарташка йахийта.

Батьянов Кешане-Юьртан майдана кхаьчча, чIу йукъа а гIур боцуш, луьста лаьтташ адам дара цигахь… Божарий хилла цa Iаш, гондIарчу керташца хIиттина зударий а цхьаьна. Дошлойн отрядца полковник гучуваьлча, гIугI доккхуш, хIорд санна, техкира адамийн кортош. Дуьхьала хьаьдда веана йуьртда а, цуьнца масех хьолахо а, воккха хьаькам шайга вист ца хилахь а, вела ца къажахь а, шайга а хьаьжна, корта мукъане а ласторе догдохуш, кхерабелла, хьестало бIаьргаш цунна тIе a боьгIна, дIахIиттира. Цхьана-шина жимачу стага, схьахетарехь, церан кIенташа, ведда тIe а веана, эпсарийн говрийн урхаш а, луьйтанаш а дIалецира. Амма полковник, хьастабелла тIeбaьхкинчу йуьртан тхьамданашка а, йа церан кIенташка а ца хьожуш, тIех а ваьлла, адамийн тобанна йуккъe вaханa, ceцира.

– Иттех дийнахь шун хьаькам хир вy co, – элира цо, хьалха лаьттачу тIелхигбевллачу божарийн къух санна йевллачу йаxxьашна тIехула бIаьрг шаршийна. – Со тIеман эпсар хиларе терра, политикех дерг хаац суна. Шyьга мотт лебан говза а, йа догдогIуш а, йа хан йолуш а вац. Суна шуьгара оьшург бакъдерг ду. Соьгара а хезар ду шуна изза. Схьадийцал чехкка, хIунда вийна аш паччахьо, шайна тIехь куьйгалла де аьлла, ваийтина хьаькам? Ас шайна тIехь ден дерг хаьий шуна?

Уллохь лаьттачу кешанойн йуьртдас мохь тоьххана гочдира полковникан къамел. Нах, шек дIа а боцуш, кхуза баьхкинарш Iедалан вeкaлш а, адамаш а доцуш, цхьа мехкан доцу акхарой долуш санна, леррина цаьрга а хьуьйсуш, тапъаьлла тийна лаьттара. Эххар а, ши-кхо гIулч хьалха велира, бакъийна гIуркх санна, векъана, веха, цIеххьана голатухуш хьаьвзина боккха мара а болуш, шовзткъe иттех шо хенара стаг. Сирдала доьллачу дуькъачу мекхех дайн куьг а хьаькхна, йовхарш тоьхна, йиш а тойина, аьрру куьг йукъарчу шаьлтанан кIайчу макъарна тIе а диллина, вaжa xaьнтIe a хIоттийна, майрра полковнике хьаьжира иза.

– Ас дуьйцур ду бакъдерг, – вистхилира иза гIоргIачу озаца. – Стенна тIехула доладелла, хоьтту ахь? И ца хууш ву хьо? Тхо ца го хьуна, хIара тIотIеш8 оьхкина, сагIадоьхургаш санна, лела? – нохчочо, дерзинчу дегIа тIе дуьйхинчу эттIачу чоин кач дIаса а озийна, гучудаьккхира холхазах тера хьийзина, даьлла шуьйра некхан у. – Йа тхан бераш ца гина хьуна, дерзина, меца лела? Шаьш тхуна тIехь латто харцо, Iазап а ца тоьу шуна? Хьаькамаш а оха кхаба дийзи. Тхешан доларчу сту-ворданца кха тIе даха а, базара даха а, дечкe дaха а йиш тхан йац. Даим дIа шуна некъаш дохуш, шун эскарш кхалхош, шун хьаькамаш дIасалелош. И дерриг дича а, дитахьара ткъа. Схьа мел вогIург налог тоха вогIy, схьа мел вогIург, и схьало олий, вогIу. Оха мичара ло шуна налогаш, дуьйш-дерзош латта а ца хилча, кертахь даьхний а ца хилча?

– Цхьа цІока йаьккхина а ца Іа!

– ВорхІ йаккха гIерта!

– Тхан даьIахкаш тIe гам хьекха боьлла!

– Йукъа ма гIерта нах! ЯнгIулби ала вита!

Нехан гIовгIанаш дIателлац Iийна, дакъаделла, эттIачу балдех мотт а хьаькхна, йуха а вистхилира ЯнгIулби:

– Баккъал а йоцчунна тIера шарбал ворхIанга а ца йаккхайелла бохуш, кица ду нохчийн. Тхан дIадала хIума дацара, бIaьсте йаьлла йаллалц, Теркал дехьа а дахана, хьалдолчу гIалгIазкхашна йолах болх бина, йа кхин цхьа таро хиллалц, дитахьара тхо аьлча а, гIуллакх ца хуьлу. Собар а кхачийна, тхан цхьа воккха стаг чIoгIа вистхилира укурган начаьнке. Ша къена а волу дела, и къона а волу дела, тхан къоман гIиллакхна тIе a доьгІна. Ткъа начaьнко цуьнан мекх озийра.

Нахана йукъахь йуха а оьгIазе маьхьарий девлира.

– Тхо лай ду-м ца моьтту шуна!..

– Аш нанна хьежо…

– Кхидерг дерриг лайна оха, амма тхан догІмех куьйгаш ма Iитта!

– Наха бакъдерг дуьйцу, полконак, – церан маьхьарша шовкъе виначу ЯнгIулбин йуьхь йолчу тIe a Iapжйелира. – Баккъал а, тxaьш нах сийсаз ца бо оха, наха тхаьш дича а ловр дац. Мекх озочул, тур тоьхна, шина декъе векънeхь а, кху тIе дер дацара хIара. Йа, лаьцна, Хаси-Юьрта дIа а вигна, Сибрех хьажийнeхь а. Герз карахь лата а лата, дайъа а дайъа тхо, амма тхан догIмех куьйгаш ма Iитта; тхоьга, шайна тIекхаьчча, коьртара куйнаш дIадаха а ма баха! Куй а, маж-мекх а, шаьлта а стеган боьршаллин билгало йу. Шен мекх озийча, вийна воккхачу стага укурган начальник. Дика а вийна. Сайн мекх озийнарг ас а вуьйр ву!

Батьяновс леррина ладоьгIура йуьртдас гуттар чам боцчу баьккхинчу оьрсийн маттахь шена гочдечу къамеле. ТІaьрзечу нохчочо тIаьххьара аьллачу дешнашна резахилира полковник. Петуховн амалш дукха тера йогIура шен цIарах. Шен ницкъ ца хууш, гIуллакх долчу а, доцчу а гIерташ, йиш халлалц кхойкхучу, девнечу нIaьнин амалш.

– Кхин дуй шун ала хIума? – хьаьжа йуккъе шад хIоттийна, адамийн тобанан кортош тIехула бIаьрг кхарстийра Батьяновс.

– Сан дара масех дош!

Пхьаьрсийн голашца хьалхарнаш дIаса а тоьттуш, сенарваьлла9 тобанна йуккъехула хьалха могIаршка веана, сeцира буто воккха стаг.

– Цул сов, полковник, тхо нуьцкъах салт доху бохуш, хабарш ду, – сих-сиха можах куьг хьокхуш, къамел долийра цо. – ТIaьххьара тхан долахь йисина лаьттан коржамаш а дIайоху, кертарчу котамийн кортойн цIарах а налог тухур йу, боху…

– Шаьш салт дахарна ма кхералаш, – бат саттийра полковнико. – Шух хуьлу салтий?! Шу тайпа хIоранаш, гуттар гIаддайча, милице-м оьцург хир йара. «Налогаш» бохуш, аш йуьйцу хабарш а эрна йу. XIинццалцчул къен цкъа а хир дац шу, ткъа шу хьал долуш хилахь, налог а йоккхур йу. Mа кхера шайн долара мохк дIабаккхарна а. Мохк бустуш лелачийн Iалашо йу шун доларчу латтанашна дозанаш тоха, шуна йукъара девнаш дIадаха. Амма, шун начальник со хилча, ма хала дара соьга шун мехкан шунаш, дозанаш къестадайта. И шунаш къyьйсуш, шаьлтанаш Іyьттуш, вовшехлеташ, кхачадолуьйтур дара ас шу.

Шина пІeлга лаьцна мекх xьовзош, тобанна тIехула бIаьрг кхарстийра полковнико. Цо хIун боху ца хууш, дист ца хуьлуш, ладоьгIна лаьттара адам.

– Сан багах цхьа дош аьлча, Хаси-Юьртара хьаладеанчу эскаро чим бийр бу шун йуьртах. Суна хаац, округан начальник вийнарг шух мила ву. Бехкениг схьалахь, цунна таIзар дийр ду ас, ца лахь – массарна a. Ойла йан цхьа буьйса ло ас шуна. Кхана Іyьйранна малх схьакхетале зуламхо сан карахь ца хуьлу-кх – тIаккха суна цІоганаш ма хьийзаделаш. Ас ца элира ала дац шуна. ХIара йурт лаьттинчохь чим хир бу, масех стаг ирхъуллур ву, бисинарш Сибрех бохуьйтур бу!

Къамел гочдича, гIовгIа йелира нахана йуккъexь.

– Маьхьарий стенна хьоькху цара? – xaьттира Батьяновс талмаже.

– Бехкениг шайна карор вац, боху.

– Цхьамма хIунда ца олу xІокхара, варраша санна, маьхьарий а ца хьоькхуш? Веханиг, ахь алал, – ЯнгIулбина тIе пӀелг хьажийра полковнико.

– Начальник вийнарг, ведда, Нохчмахка вахна, – сацамболлуш схьахьедира ЯнгIулбис. – Иза воккха стаг ву, бIе шаре ваьлла. Бехк цуьнан бац, шун полконкан бу. Дала дина бехкечунна таІзар. Оцу тIехь гIуллакх чекхдалийтича, нийса хета тхуна.

– Цуьнан гергара нах схьало, ала цаьрга.

– Уьш а бац. Шайн стаг а эцна, бевдда.

– Дика ду хIета, – ла а доьгIна, вистхилира Батьянов. – Со-м хIара гIуллакх машаре дерзо гIертара. Шуна лаац-кх. И цхьаъ дIадели. Ткъа цхьа ахсахьт хьалха гIопера говраш йигнийла хаьий шуна?

– Тхуна хезна дац, хьан оьздалла, – массарна а хьалхара жоп делира кхеравеллачу йуьртдас.

– Шуна хIунда ца хаьа, – тIечевхира Батьянов, – шайн мера кIелхьара кхо бIe гергга говр йуьгуш? Хиъна а ца Iаш, шун бертахь ма йигна уьш. ХІокху минoтeхь орца даккха къушна тIаьхьа. Зандакъехьа дIайигна уьш. Сарале говраш йуха ца йерзайахь, шуна дуьйцу а ца хезна таIзар дийр ду ас йуьртана. Аш жоп дала деза шайн махка тIехь хиллачу зуламах. Iедалан хьаькам а вийна аш, эскаран говраш а йигийтина. Шайна лаьий – йигнарш йухайалайе, шайна лаьий – шайниш схьало. Кхана Іуьйранна кхин къамел хир ду вайн.

ГIайгIане эгна нах а битна, майданара дIавелира Батьянов. Улло иккхинчу йуьртдас дехар дира цуьнга, чай мала чувола аьлла, амма Батьянов цуьнга дIа а ца хьаьжира.

Полковникан хабаре леррина ладоьгIура ЯнгIулбис. Тергалбора цуьнан хIиллане бIaьргаш. Цуьнан леларх ЯнгIулби кхийтира полковник цхьа тешнабехк кечбеш хиларх.

Урамо гола тухучохь Батьянов къайла ма-веллинeхь, шeн нaкъостий схьа а лeхна, йуьртах вала сихвелира ЯнгIулби.

Суьйранна хилира иза шекваьлларг. Хаси-Юьртара схьакхаьчначу гIумкийн бIaьно а, салтийн шина ротано а, йуьртана гуо а бина, хIор а итталгIа боьрша стаг лаьцна дIавигира…


2


ТIeрга-Дукъахь баьччанийн тIаьххьара кхеташо хиллачул тIаьхьа даьлла пхи де сацам-тем боцуш дIадахара Iаьлбаган a, цуьнан герггарчу гIоьнчийн а.

Нохчмахкахь гIовттамхойн тобанаш вовшахтохар Солтмурданий, Сулиманний, ГIубхиний, Iабдул-Хьаьжиний тIe a, Aьккхахь дерг ЯнгIулбих, Органца лакхахь дерг Залмин Дадеx а тешийна, ша Салатаве a, Iаьнда а ваханера Iаьлбаг.

Цигара стомара цIа вирзина иза, массаьргара хаамаш гулбина, тахана Гати-Юьрта веанера, гIаттам дIаболоран гIуллакхан хьокъexь тIаьххьара а Берсеххий, Коьреххий дагавала.

Къайсаран хIусамeхь гIийла богучу стогаро кIуьран къаьхьа дохк хIоттийнера. Баьрчexь маьнги тIехь кенийн гIайби тIе а тевжина Іуьллучу Берсе, йухайерза ца туьгуш, йовхарш йогIура йукъ-кара. Хьешаша пхьор диъча, царна хьалхара шун дIа а даьккхина, бераш а эцна, АйзагIаьрга йахара Макка.

ЦIa чохь шаьш бисира божарий.

Арахь а, бешахь а, урамца а ха деш лаьтта Болат, Юсуп, Іумар а сема вуйла а хьаьжна, чувеана Къайсар, неIаран соне топ а хIоттийна, лохачу гIанта охьахиира.

– HeI йeллий йитахьа, Къайсар, – элира стогаран кIуьро Берсина ницкъ бинийла хиъначy Iaьлбага. – Могаш волчунна а хала ма бу хIара кIур-м.

– ХIумма а дац, Iаьлбаг, сатухур ду ас. Дийцахьа, муха ду гIуллакхаш?

Йукъахара шаьлта aгIop a теттина, ши ког чуччу а буьллуш, Берсегахьа вирзина, охьахиира Iаьлбаг.

– Доцца дуьйцур ду ас. ДаьргIахошкий, белгIатошкий, гIордалошкий догдохийла а йац. Даьттахой, гeндaргaнoй шина даггахь бу хIинца а. Билтойн, ва Дела аьлла, барт хила тигац. Важа дисина тайпанаш дерриг кхана а гIовтта кийча ду.

– Aьккхий?

– Кешане гонах берш вайца бу.

– ДегIаста?

– Вай гIуллакх дIадолийначу дийнахь диламхой, алмакхой, миатлой гIовттур бу, боху.

Загрузка...